Асланбек Гайтукаев. ХIун ца тоьа-те адмана?

Саид-Хасан Кацаев
 Дерриге чекхдер ду, ткъа бакъдерг дуьсур ду.
                А. Твардовский. 
   
Боккха хилам бу нохчийн литературехь: зорбане яьлла Кацаев Сайд-Хьасанан "Бодашкахь" цIе йолу книга. Цу тIехь дуккха а ду яздархочун дика, шайх дийца, яздан а хьакъдолуш дийцарш. Царна юкъахь "Машар", "Теш", "Кафка" кхидерш а. Делахь а, суна къаьсттина дагах кхеттарг, тахана хьахо луург а "Яздархо а, тIом а" цIе йолу эссе ю.
Ас дуьххьара и ешнера шолгIа тIом балале "Васт" газетан агIонаш тIехь. "Орга" журнало а хаам бира шен рогIерчу номерехь зорбане йолуш Кацаев С.-Хь. тIамах йолу эссе ю аьлла. Амма и номер араялаза йисира. Яздархочо бохург газетан кхаа номерехь дIасакхоьссина хиларна, газет шуьйра даржош ца хиларна, тIом сиха тIекхачарна а дика довзаза дисира халкъана. Дуккха а нехан дегнашна синхьаам луш дара, хIара тIом дика дIабирзина а боцуш, мелла а кхерамечу хенахь, яздархочун и эссе "Даймохк" газетехь араялар.
Автор цхьалха вац тIом ца безарехь: тIамна дуьхьал дош эзарнаша аьлла, ала а олу тахана а. ТIамо кIант ца вина, тIамо кIант вийна. ХХ бIешо, 2-гIа эзар шо чекхдала 6 шо дисча, хазлуш, зазадоккхуш схьайогIуш хиллачу Нохчийчохь баьлла тIом ирчачех, къизачех, зуламчех цхьаъ бу. Цо дина зенаш, зуламаш къаьсташ гуш ду: хийла адам хIаллакь-хили; эзарнаш заьIапхой, буобераш, мухIажарш баьржи; шаьш доьллачу маьршачу Iер-дахарх дуьйхи бIеннаш эзарнаш адамаш: нохчий, гIалгIай, оьрсий, жуьгтий, эрмалой, и. дI. кх. Юьйхи гIаланаш, ярташ, иттаннаш шерашкахь адамаша хала йина гIишлош (тахана котамна кIара ян а хала ду, олу наха). И гIишлош, ярташ, гIаланаш йохий уьш еш къа ца хьегначара, ямартчу наха. Уьш хIун ю царна, цара-м миллионаш адамаша кога яхийтина йолу, шайн хьацарца, цIийца халкъо кхиийна а, ларйина а йолу, 1991-чу шеран референдуман жамIашца а халкъан дукхах долчу декъана йиса лиъна йолу пачхьалкх йохий, бIаьрган негIар ца тухуш, оцу халкъан бахам цхьана 100 стага кисана а буьллуш. (Цу пачхьалкхехь вуо хIуманаш кIеззиг дара, дацара бохург дац сан иза). Ишттачу нахана хIун ю хIара тIом?!
Кацаев Сайд-Хьасана схьалаьцнарг халкъан агIо ю. Цо цхьанггехьа а ца узу, халкъехьа бен; цхьаннах а оза а ца ло иза, Делах а, халкъах а кхоьру, цундела шен дош а олу, ийза а ца луш. Цо дуьйцург тIеман къаьхьа бакъдерг ду, вайна иза дезахь а, ца дезахь а. Хьалха тIом а, Сибрех а гина воцчу цунна ша лайнарг ду деза. Цуьнан метта хилла волу со а, вайн халкъан доккхах долу дакъа а цунах дика кхета. Йовхачу кабинеташ чохь Москвахь, Мазлах-ГIалахь, я ЧIулга-юьртахь Iийнарш, я тIеман цIе хаа ма еллинехь, бевдда бахана Iийнарш, я хIинца а Iаш берш, я, ца хуьлчу даьлча, дIатоха карахь герз долуш, бевдда лелларш   уьш ца кхета а тарло авторх.
Статья йийцаре еш а, йоьшуш а тидаме эца деза кхин а: иза язйина 1995-чу шарахь, хьалхара тIом болабелла цхьа шо а кхачале, тIамо Iадор уггар алсам долчу хенахь. Статья ца язйина воккхавеш а, сийлаллина а. И тIамна дуьхьал, машарехьа аьлла дош ду. Дош ду ира, самонан, ойлане воккхуш, къинхетам, гIо лацар доьхуш. ГIо лацар доьху яздархошка, поэташка.
Массо а махкахь бехачаьрга, къаьсттина оьрсашка. ХIунда? Дешан ницкъ боккха бу. Сулейманов Ахьмада а ма аьлла:

ГIала яккха со ца воллу,   
Цул чIогIа ду адаман дог…
Ирчу дашца ца даккхалахь,
Тоьпе-м и ца даккхало?!.

ТIеман агIо лаьцначу яздархойн цкъа а сий ца хилла, ларам ца хилла цара яздинчу дешан а. Оьрсий  Россин титульни къам ду. Оьрсийн яздархойн герз - церан машаре, маслаIате дош хаза лаьа-кх Сайд-Хьасанна. Ша церан а, царел хьалха баьхначу а яздархойн произведенеш йоьшуш, церан идейх пайдаоьцуш, дашах марзо оьцуш схьавеана дела, кхиъна дела, ша уьш а, церан дош а лору дела, церан дош тахана а оьшу дела…
Солженицын, Бондарев, Астафьев, Солоухин, Лиханов, Белов, Распутин, Ананьев, Приставкин, Антонов, Чивилихии, Алексеев, Залыгин, Лихоносов, Алексеев…
Церан дашах ша пайда эцна дела. ТIом бан ницкъ алсам болчун иза дIаберзо ницкъ а алсам хир болу дела. Оьрсийн яздархойн дешан ницкъ а, иза гайта таро а алсам йолу дела.
Нохчийн халкъан цхьа а бехк боцу дела, хIара тIом муьлххачу а гонахарчу къомана а тI**** тарлуш хилла дела… (Бевзаш болчу куьйгалхоша а тIе ма чIагIдо иза).
Нохчийн халкъо кху 300-400 шарахь лайнарг, 3-4 эзар шарна а тоьар долуш, дукха долу дела.
ХIаллакьхилла школаш, вузаш, библиотекаш, музейш, архиваш, паркаш, сквераш, хIолламаш, больницаш, театраш; хедаш ду некъаш, марзонаш, гIиллакхаш; зен хилла литературана, искусствона, ерриге куьлтурана, могушаллина, Iаламна, синошна, догIмашна,  хьекъалшна, юкъаметтигашна, бартана… Хьаналчу  нехан яйна белхан меттигаш…
Оьрсийн яздархой! Шайн совгIаташ, дахаран аьттонаш боцуш дисарна а ца кхоьруш, тIамна дуьхьал шайн аз айийша.
Иштта маьIна ду Кацаевн статьян. ТIом - и харцо ю. "Дуьненахь цIе йоккхуш волу Европан а, Американ а муьлхха яздархо схьалаьцча а, шайн аз айина ву тIамна, харцонна, фашизмана дуьхьал: Драйзер, Роллан, Шоу, Чаковский, Федин, вежарий Манн, Лакснесс, Толстой, Андрич, Брехт…" - яздо автора.
Масалш дуккха а ду. Харцонан тIом бинчун а, и тIом бе баьхначун а, и бечохь вист ца хуьлуш, бен доцуш IадIийначун а сий хилла дац. ТIом   кхечу пачхьалкхо беш хилча а, шен пачхьалкха чохь хилча а   иза тIом бу, лазор, валар, бала хьегар, гергарчех, доттагIех валар а цхьатерра ду. Бомбанаш а, ракеташ а цхьатерра лелха, кхерам адаман дахарна хиларца. ТIамо цкъа мацца а меттахIотталур дерг дохийна ца Iаш, дохадо цкъа а нислур, меттахIотталур доцург: тIамо байинчийн хиндерг, церан хила тарло безамаш, доьзалш, кегийчийн яйна бералла, тIаьхье, цара дIаелла тарло Дала Iаламна елла къайленаш, яздан тарло могIанаш, дахка тарло суьрташ, хIиттон тарло хелхарш, ян тарло Iамалш, дан тарло дуккха а диканаш.
Кхоамаза хьалхе дIахьо лечо шеца Iилма, похIма…
Цкъа а меттахIотталур йоцу, Iилманехь-техникехь, дешарехь, культурехь халкъ тIаьхьа тоттуш йолу, мел дукха мах баларх юха эцалур йоцу, хан дIайолу.
Неха-м шен чохь долу дов дIатаIадой дуьтуш хуьлура, васхал ца доккхуш,  тарлург тар а долуьйтуш, хьекъал долчо, воккхах волчо, ницкъ алсам болчо маслаIат алсам лоьхуш, ницкъ кIезиг болчо, жимачо собарца са а тухуш, шен сий лар а деш, гIуллакх эвхьаза а ца доккхуш, зIуганан бен чу гIаж а ца Iуьттуш. Амма хаа дезара хIара бакъдерш, хIара гIиллакхаш: къоме къам эшалур дац; вовшех леташ волу ши ваша ший а кхечу, хийрачу стага хIаллакван тарло; маслаIат нийсон буха тIехь хила деза; бехке волу цхьаъ ца вадийтархьама, ца валийтархьама бехке воцу 10 вер (хIаллаквар) нийса дац. Малхо массо хIуманна а ло IиндагI санна, стага лелийначу массо хIуманна а дахаро бекхам бо.
Сайд-Хьасанна  уггар а дукхабезаш болчу яздархойх волчу М. Горькийс а, шен хенахь кхайкхамаш бина: "Хьаьнца ду шу, культуран мастерш?"
1934-чу шарахь СССР-н яздархойн I-ра съезд дIаехьна волу, цигахь хиллачу вайн яздархоша (С. Бадуевс, кхечара) шега довха дешнаш аьлла волу, цара Нохчийчу хьошалгIа кхайкхина волу оьрсийн сийлахь-воккха яздархо Iийр вацара тахана вист ца хуьлуш.
Кацаев Сайд-Хьасанан статьян тIаьххьара дешнаш: "Тахана Нохчийчохь хьаьшнарг нохчийн культура хилла ца Iа. Оьрсийн эскарша Нохчийчохь хIаллакйинарг, уггар хьалха, оьрсийн культура, нехан дегнашкахь цунах хилла тешам бу", аьлла делахь а, догдилларца доцуш, дегйовхонца ду аьлла хета. Ша догдиллинехь и статья ца язъян а тарлора цо. Дегайовхо ю-кх статья эрна ца язйина аьлла. Цуьнан коьрта ойла дIакхочийла лаьа массо а яздархошка, тIом ца безачаьрга, жимачу халкъах кхета луучаьрга.
Тахана а тIеман хьал лаьтта дела, статья мехалла лакхара ю, иза язйина бархI шо делахь а. Адамийн кхетам бодане хилар бахьана долуш тIемаш бо политикаша, цара селхана вежарий хилла даьхна къаьмнаш мостагIалле ийзадо. Ткъа, къаьмнашна машар беза. Машарца, маслаIатца дIадерзалур доцуш дов, тIом, къовсар, вас, бартэгIар дац дуьненчохь. Цунна оьшург нийсо езар, къематде массарна хир  долуш хиларх тешар ду, аьлла хета Кацаевна.
"Даймохк безарий", цуьнан дуьхьа "дала а, дага кийча дерш", дуьненан адамийн "синойн а, синхаамийн а инженераш", аз айа тIеман зуламна дуьхьал, боху статьян автора яздархошка, къаьсттина оьрсийчаьрга. Оьрсийн яздархошна юкъахь нохчийн маттахь еша хуург, схьахетарехь, хир вац. Цундела, ший а мотт бевзачара статья оьрсийн матте гочйича   зен муххале хир дацара, халкъаш а, яздархой а вовшех кхетарехь, тIом сацорехь, тIаьхьало йоллуш маслаIат хIоттарехь беркате тIаьхье яла тарлора. Тайп-тайпанчу хетарша, зIе лехаро зен дина дац, цо мелхоне а гIо дина.
Иштта ойла хилира сан Кацаев Сайд-Хьасанан эссе оьрсийн матте яккха. Сан цу тIехь зеделларг а дацара. Шех со дагаваьлча, вайн махкахь дика вевзаш волчу поэта Цуруев Шарипа и Iаламат мехала, оьшуш а гIуллакх хилар билгалдаьккхира. Евзаш йолчу поэтессо Джумалаева Лулас литературно то а дира сан гочдар. Оьрсийн мотт дика хууш, цуьнан къайленаш евзаш а хиларна,  мелла а оригиналана герга ялийра цо оьрсийн маттахь йолу вариант. 2003 шарахь «Вайнах» журналехь зорбане а елира и.
"Бодашкахь" книга араяларца вайна Кацаев Сайд-Хьасан яздархо санна вевзина ца Iаш, гочдархо санна а вевзи. И сан воккхавер кхин а совдоккхуш ду. Суна, Нохчийчоьнах дог лозучу хIоранна а санна, доккха совгIат ду авторо шен оьрсийн маттахь йолчу книги юкъа "Яздархо, тIом а" цIе йолу статья яхийтар.