Мухтар Ибрагимов. Ахь хьайн дош аьлла...

Саид-Хасан Кацаев
Деза а, мехала а маьIна долуш ду яздархочун хIора а дош. Хетарехь, яздархочуьнгахь коьртаниг исбаьхьаллин дешан говзалла хилла ца Iаш, цунна оьшу бакъдерг ала а, яздан а доьналла, бакъ-харц къасторна цIена дог-ойла, иштта дIа кхийолу а билгалонаш. Бакъдерг дуьйцуш яздина исбаьхьаллин дош - и яздархочун мехала герз ду, амма хьакъволчу яздархочун буйнахь, иза иштта ала догIуш хета суна. Цо бовзуьйту шен халкъан лазамаш, лехамаш, диканиг, дахарера схьаэцна сакхташ.
Кху тIаьххьарчу шерашкахь махкана, къомана тIехIиттинчу къизачу халонаша схьагайтира хьакъболчу яздархойн къелла. Кхузахь ала догIу: къомана тIебеъна бала, хало лан а, ловш, хаамийн гIирсашкахула а, исбаьхьаллин произведенешкахь а бакъдолу дош олуш мискачу нахана орцахбевлла дIахIиттира цхьамогIа яздархой, журналисташ, поэташ.
Ишттачу тобанан могIарехь вара, яздархочун, журналистан мехалчу герзаца Кацаев Сайд-Хьасан Абзуевич а. Цо элира бакъдолу дош. Элира, кхоччуш кху махкара бохаман цIе лах а ялале, хила тарлучу кхераман ойла а ца еш. Цо шен декхар лерира и санна дерг хецца алар!
Кацаев Сайд-Хьасан нохчийн литературехь, хетарехь, хьалхахьа некъ беш, керла, реалистичечки агIо дIайоьллуш кхаьчна яздархойн могIаршка. Олуш ду-кх: "Стеган мах цо дуьйцучу хабаршца хадош бац, цо деш долчу гIуллакхашца хадош бу". Йоццачу хенахь, Сайд-Хьасана диначу гIуллакхийн хьесап хIумма а кIезиг дац. Цуьнан оцу темина яздинчу дийцаршкахь дуьйцург заманан лехамашца догIуш, оьшуш а ду. Яздархочуьнгахь дешан говзалла, яздархочун, журналистан а похIма цхьатерра билгалдолу нохчийн, оьрсийн а меттанашкахь язйинчу произведенешкахь. Иза а мехала ду. Оцу хьоло гойту Кацаев Сайд-Хьасанан кхолларалла кхуьуш, шорлуш, хиндерг долуш а хилар.
Сайд-Хьасана шен кхоллараллехь ца лоьху атта некъаш. Иза цкъа а ца хьоьжу шайн "зилбукъарш" кечдина Iаш болчу критикийн кхиэле а, ца хьоьжу чиновникийн агIор хила тарлучух зенах, са ца туьйсу церан дикане а. Цо леррина ладоьгIу халкъан лазамашка, цуьнан лааме, иза цо дIа а бовзуьйту шен кхоллараллехь, тайп-тайпанчу жанрашкахь язйинчу произведенешкахь. Халкъан Iер-дахар а, цуьнан лазам а шера бевзаш хилча бен язлур дац оцу темина. Амма яздархо, даима а санна, халкъаца некъ беш ву.
…Нохчийн яздархоша "эхье" хеташ, готуьйсуш юьтуш йолу агIо схьа а лаьцна, йолийна аьлла хета Кацаев Сайд-Хьасана шен кхоллараллин юьхь, хьалхарчу деношкахь дуьйна.
"Студентан дийцарш" цIе йолчу циклехь цо довзийтира кегийчу нехан Iер-дахар, церан синхаамийн хьежамаш, уггар хазачу - къоналлин хенахь кхоллалучу цIеначу безаман марзонаш. Иза а ма ду, адамийн дахарехь коьртачух цхьа дакъа. Сайд-Хьасанан "Iаьнан суьйре" дийцарийн гуларан агIонашкахь кхоьллина васташ, цхьана агIор васташ а дацара. Хетало, уьш цхьа ша-шах, атта кхолладелча санна. Суна дагайогIу сайн къоналлин хан, студентан дахар. Дийцаршкахь дахарехь ма-хиллара дара. Цунах олу реализм.
Оцу хенахь доьналла оьшуш гIуллакх дара ишттта яздар. Цу некъахь мел халонаш Iиттаелла, мел дуьхьалонаш, цакхетамаш хилла, атталгIа яздархошна юкъахь а, Сайд-Хьасана гайтира шен шолгIачу, «Яздархочун школа» цIе йолчу, книги тIехь.
Дукха хьолахь яздархоша гIеметта хIиттича романан я дагалецамийн кепехь яздеш дерг, Сайд-Хьасана хуьлуш лаьтташехь дIаяздинера. Боккха ницкъ, шен похIмах тешам а оьшуш гIуллакх дара и.
Вайн исторехь, литературехь а уггар кIеззиг евзачех цхьа агIо ю яздархойн дахар. Оцу маьIнехь аьлча, Сайд-Хьасанан дийцарш къаьсттина мехала ду. Яздархойх, церан дахарх, балхах а лаьцна цо санна яздина стаг вац вайн литературехь. Иза яздархочун кхоллараллин лаборатори хилла ца Iаш, цуьнан шен дешнех пайда а оьцуш аьлча, - къоначу яздархошна йоккха школа ю.
Иштта ала догIу миниатюрех а. Нохчийн литературехь дуьххьара и жанр юкъаяьккхинарг а ву Кацаев Сайд-Хьасан.
«Молла-Эсартах лаьцна дийцарш» керла кхиам бара яздархочун кхоллараллийн новкъахь.
Дуьнен тIехь а гIараваьлла вуьйцуш волчу цу турпалхочух дийцарш хIинццалц дIаязданза лаьтташ дара нохчийн маттахь.
Суна схьахетарехь, нохчийн маттахь язйинчарна юкъахь, уггар а забаре лара тарло и книга. Бехк а бац, халкъо бIешерашкахь кхоьллина дийцарш ду уьш.
Сайд-Хьасана, студент волуш дуьйна, халкъан забарш гулйина ца Iаш, Iилман-талламан белхаш а бина. Книги юкъаялийначу «Муха кхоллало анекдоташ?», «Харц-бакъ молланех лаьцна дийцаршкахь», билгалдахаршкахь а Молла-Эсартан васт мелла а цIандина совдолчух, тIеяздечух а.
Цул сов, билгалдаккха деза, дуьненан Iилманехь Молла-Эсартан васт кхолладалар мур XIV-XV бIешераш лоруш дара. Сайд-Хьасана шен талламашкахь вайна гойту Молла-Эсарт, мел лаххара а, кхин а диъ-пхи бIешо «воккха» хилар. Оцу турпалхочун васт карадо эзар шо хьалха баьхначу Iаьрбийн яздархойн жайнешкахь.
Кацаев Сайд-Хьасана халачу хенахь а дIа ца тесира ша билгалбина некъ, бакъдерг ма-дарра яздеш, къаьсттина тIеман Iазапах. Шен цIахь хиларе терра, цунна ма-дарра гора тIамо юьтуш йолу ирча а, боьха а лар. Иза оцу дерригенан теш вара, цо иза дагца луьттуш бохам бара!
2004-чу шарахь араелира "Бодашкахь" («Во тьме») цIе йолу гулар. Оцу книго гайтира Кацаев Сайд-Хьасан шен граждански позици а йолуш, кхиъна ваьлла, вайн махкахь тоьллачех яздархо хилар.
Дукхахберш, «ХIун хуьлу-те?» бохуш, ладоьгIуш Iашшехь, Сайд-Хьасана цхьамогIа дийцаршкахь, статьяшкахь а нохчийн халкъан агIо а, къонахчун позици а йовзийтира. Цу юкъахь уггар хьалха цIе яккха хьакъ ду «Машар», «Теш» дийцарш,   "Яздархо, тIом а" эссе.
Кацаев Сайд-Хьасана кIорггера таллам бо, билгал а доху тIемаш хиларан коьрта бахьанаш, тIамо къомана эшам беш йолу моральни, нравственни аспекташ, дуьненан тIемашкахь интеллигенцис, къаьсттина яздархоша, лаьцна дакъа, харцо тоьлур цахилар а.
Халкъах болчу лазамо кхоьллина произведенеш яра уьш, халкъан уггаре а кхерамечу (1995-2002) шерашкахь. Лахь-висахь аьлла, деш долу весет санна, цхьана а кепара хIилла доцуш, бакъдерг ду царна тIехь.
Цундела ларамаза дацара  вайн республикехь хиллачу яздархойн (2003), журналистийн  (2004) шина а конкурсехь Кацаев Сайд-Хьасанна хьалхара меттиг ялар.
"И стаг шен меттехь ву", - олуш ду-кх халкъалахь. Изза ду-кх Сайд-Хьасанан цIарах ала догIург а.
Къомана везаш, лоруш а волчу халкъан яздархочо Айдамиров Абузара (Дала гечдойла цунна) ша 2003-чу шарахь Сайд-Хьасане яздинчу кехата тIехь цуьнан кхоллараллин лаккхара мах хадийра. И кехат чекхдолура хIокху дешнашца "…Сайд-Хьасан, ахьа хьайн дош аьлла. ХIинца хьан бакъо ю, оцу вайн дукхахболчу накъостийн санна, безамах, Iаламах лаьцна а, хIокху тIамах лаьцна дош ца олуш, кхидерг хIуъу а яздан…"
Иза, дуьххьалдIа, яздархочун Кацаев Сайд-Хьасанан кхоллараллин кхоччуш дика мах хадор лара догIу.