Мухтар Ибрагимов. Цуьнан тема - и дахар ду...

Саид-Хасан Кацаев
(Кацаев Сайд-Хьасанан кхоллараллех лаьцна ойланаш)

Нохчийн литературехь кIеззиг бац хьакъ болу яздархой. Церан произведенеш а ю вайн литературан хазна хилла лаьтташ. Делахь а, республикехь I990-чу шерашкахь кегаре даьллачу хьоло вайна гайтира: интеллигенци олуш долу къоман хьалхара дакъа (цуьнан алссам терахь) шен чIагIъелла граждански позици йоцуш хилар; къуйн, авантюристийн тобанна цхьаберш бохкабалар, биснарш бага хи эцча санна дIахIиттар. Амма буьззина патриоташ болу яздархой а бара, шайн ирачу герзаца - дашца, зуламна, тIамна а дуьхьал йолу дог-ойла дIакхайкхош; нохчашна, кхидолчу къаьмнашна санна, нийсо, Машар а безар дIадовзуьйтуш.
Цу чолхечу хенахь дуьххьара евзира суна Кацаев Сайд-Хьасанан цIе. Иза  уллера вевзича, тхойшиннан гергарло а тасаделира. Иза цуьнан кхоллараллех даьлла беркат а хета суна.
Студент волуш дуьйна язъеш хиллачу Сайд-Хьасанан кхоллараллин дукхах долу дакъа шуьйрачу ешархочунна девзаш цахиларан бахьанех цхьа ша-шах кхийтира со. Цуьнан деган лазамаш, ойланаш, нохчийн литературехь кхолладеллачу хьолах доьзна кIоргерра дегаIийжамаш, цIена ойланаш... Цхьа а тайпа макхо йоцуш цу дерригено а гойтура, иза нохчийн литературехь керла, хIинццалц вайн цхьа а ца хиллачу тайпана яздархо хилар.
 Делахь а, замано дерриг а шен метта дIанисди. Таханлерчу дийнахь иза вайн республикехь шуьйра юкъараллина, ешархошна а дика вевзаш яздархо ву.  Россин яздархойн Союзан декъашхо, вайн махкахь дIаяьхьначу литературни, журналистийн а масех конкурсийн лауреат, литературехь, журналистикехь кхиамца къахьоьгуш схьавогIу. Цо хьалхара меттигаш яьхначу номинацеш шаьш дуьйцу шайх: «Тоьлла дийцар» (2004 шо), «Тоьлла публицистически статья» (2005 шо), «Нохчийн меттан хазалла» (2006 шо).
Цо литературехь диначу гIуллалкхийн хьесап, шен хене хьаьжча, хIумма а кIеззиг дац…
ЧIогIа мехала, тIаьхьало йолуш а ду бакъволчу яздархочун хIора а маьIне дош. Мила ву бакъволу яздархо? Хетарехь, цуьнгахь оьшу, дешан исбаьхьаллин говзалла йоцург, цIена дог-ойла, бакъ-харц къастор, граждански позици хилар и.дI.кх. а цхьамогIа билгалонаш. Шеко йоцуш, и дерриг а щеца долуш ву яздархо Кацаев Абзун кIант Сайд-Хьасан. Нохчийн литературехь реализман декъехь цхьа ша-тайпа лар юьтуш яздархо ву иза. Сайд-Хьасан ца гIерта кхечу яздархойх тарвала (леларца, кхоллараллица а). Цуьнан шен йозан кеп ю, хатI ду. Яздархочун, журналистан а похIма цхьатерра билгалдолу цуьнан нохчий, оьрсийн а меттанашкахь язйинчу произведенешкахь. Цо гойту Сайд-Хьасанан кхолларалла кхуьуш, шорлуш, тIаьхьало, хиндерг а долуш хилар. Дахарехь, литературехь а атта некъаш ца лоьху цо, лан ца доьгIу шайн ира «зилбукъарш» кечдина, шайна цIераш ян гIертачу цхьаболчу критикийн маьхьаршка а. Ца хьоьжу чиновникийн агIор хила тарлучух, ца туьйсу церан диканашка дог а.
И ду-кх бакъволчу яздархочун хатI, цуьнан юьхь.
Дахаран бакъдолчо ондда тIеIаткъам бо Сайд-Хьасанан кхоллараллина. Цо лерина ладоьгIу шен халкъан лазамашка, цуьнан лаамашка, лехамашка. Цундела, иза даима а халкъаца некъ беш ву…
Дахаран ма-дарра долу суьрташ ду яздархочо йозанца кхуллуш долу васташ.
Сайд-Хьасан Кацаев коммерчески яздархо вац. Цунах ахча хилчахьана хIуъа яздийр долуш, пайда хир буй хиъча милла хастор волуш. Цхьа шайна атта некъаш карийна, хIума десто, хаздан а, доцурш, харцдерш дийца, яздан а марзбеллачу «яздархоша» ондда духьало, новкъарлонаш а йира цуьнан произведенеш зорбане ца йовлуьйтуш. Шайн ма-хуьллу ка-маIарш а йиттира, амма церан «къахьегар» эрна хилира…
Вайн яздархоша «эхье» хеташ, готуьйсуш, тесна йитина йолу реализман агIо (дахарехь хуьлуш дерг ма-дарра схьагайтар) шен Iалашо а лаьцна йолийна аьлла хета Сайд-Хьасана шен кхоллараллин юьхь. Иза билгалдолу вайна цуьнан «Студентан дийцарш» цIе йолчу циклехь. Вайна го кегийчу нехан, студентийн дахар, церан лехамаш, деган кIоргера ойланаш, бевза синхаамаш, дуьнене болу хьежамаш, кхоллало уьйраш, безаме ойланаш… Иза а ма ду вайн дахарехь коьртачух цхьа доккха дакъа. «Натурализм», цул тIех а цIераш тахка хьевсира къоначу яздархочун кхоллараллина. Юьхьанца сан а «Iаьнан суьйре» цIе йолу гулар йоьшуш: «ХIара ма атта язйина ю, иштта-м аса а язйийр ма яра», - бохучу тайпана ойла кхоллаелира. Амма тIаьхьа кхийтира со: дахаран суьрташ оццул терадогIуш литературни произведенехь схьагайтар, цхьа ша-тайпа яздархочун похIма, иза кхечу яздархойх къастош, шен хатI, лаккхара говзалла а оьшуш хIума ду. Хетарехь, и ду-кх Сайд-Хьасанан произведенеш еша атта хилар, сюжетийн башхаллаш чолхе йоцуш, цо кхуллучу турпалхойн васташ ешархочунна дагах, сих а кхеташ хилар. Цуьнан васташа шайна тIе ойла йохуьйту, и чIагI а йо, дерриг а дикачуьнга, хьан даго вониг дIатотту, къобал ца до, емалдо. И ду яздархочун хIора а произведенехь коьрта тидам тIебохуьйтуш дерг, дIакхайкхош дерг а. И ду-кх Сайд-Хьасанах шен юьхь йолу, граждански позици а йолуш хьакъ волу яздархо вийриг.  Муьлхаччу а яздархочун книгаш ешча кхоллалуш яц-кха цу тайпа ойланаш…
Къаьсттина ала догIу забаре дийцарех.
«Молла-Эсартах лаьцна дийцарш» керла кхиам бу яздархочун кхоллараллин новкъахь. Дуьнен тIехь а гIараваьлла вуьйцуш волу цу турпалхочух дийцарш хIинццалц гулдина дIаязданза лаьтташ дара нохчийн маттахь. Хетарехь, нохчийн маттахь язйинчарах, уггар а самукъане лара йогIу и книга. Бехк а бац, халкъо бIешерашкахь кхоьллина дийцарш ма ду уьш! Книган мехалла лакхайоккху авторо халкъан дийцарш гулдина ца Iаш, дуккха а Iилман-талламан болх бина хиларо а.
«Со яздархо ву!» – бохуш, оьшучохь, ца оьшучохь а хабарийн «гIаланаш»  ца юттуш,  гIуллакх долуш-доцуш телевизоран берте ца хьийзаш, башха нисбелира Сайд-Хьасанан нохчийн литературе болу беха некъ, яздархо хилла дIахIоттар а.
Гонаха йолчу харцоно, тIеман Iазапо чIагIбира аьлла хета цуьнан яздаре болу лаам, безам а. Цунна шен декхар хийтира тIеман бакъдерг дIадовзийта, цуьнан боьха Iалашонаш гучуяха а. Ша кху махкахь Iаш, вехаш хиларе терра, цунна ма-дарра гора тIамо юьтуш йолу боьха, къиза а лар. Иза оцу дерригенан теш вара, цо иза шен дагца луьттуш бохам бара!
2004-чу шарахь оьрсийн маттахь зорбане елира «Бодашкахь» цIе йолу гулар. Цу юкъа йогIуш яра I995-чу шарахь язйина «Яздархо, тIом а» цIе йолу эссе. Цу тIехь цо кIорггера таллам бо (цхьана а нохчийн яздархочо, Iилманчас а бина боцу) тIемаш хиларан бахьанаш билгал а дохуш, юьйцу тIамо вуо тIеIаткъам беш йолу гIиллакх-оьздангаллин, моральни а аспекташ. Дуьнен тIехь хиллачу тIемашкахь, революцешкахь а яздархоша, поэташа а лаьцна дакъа довзуьйтуш, билгалдоккху интеллигенци даима а харцонна, тIамна а дуьхьал хилар.  Исторически доккха маьIна ду «Хьаьнца ду шу, культуран мастерш?» бохучу кхайкхаман.
«Халкъ кхетадарехь, самадаккхарехь, серладаккхарехь а доккха дакъа дара яздархочун. Тхан аз-м тахана цхьанне а хезачохь дац. Амма суна, дуьненан уггар а сийлахьчу литературех цхьаьннан болчу, оьрсийн яздархойн аз а ца хеза».
Оьрсийн гIарабевллачу яздархойн цIераш ю цо йохурш.
«Шу дист хIунда ца хуьлу? ХIунда ца кхетадо аша халкъ? Халкъана ца лиъча, халкъо бакъбеш, магош а ца хилча, цхьана а Iедало бийр ма бац тIом. Я оьрсийн къоман серлонан, цивилизацин а миссех Iехалуш ду шу, я боккъал а оьрсийн эскарш кху чохь конституционни къепе еш ду бохучух теша шу? Я орденаш, мидалш, дахаран аьттонаш, тайп-тайпана литературни совгIаташ а дIадахарна кхоьру?»
ТIеман билггал йолу Iалашонаш гучуйоху: «тIеман хьалхарчу деношкахь ГIалара дешаран лаккхара заведенеш, библиотекаш, школаш, заводаш а хIаллакъяро».
ЖамIа вайл а оьрсий холча хIитта безаш ду: «Тахана Нохчийчохь хьаьшнарг нохчийн культура хилла ца Iа. Оьрсийн эскарша Нохчийчохь хIаллакйинарг, уггар а хьалха, оьрсийн культура, нехан дегнашкахь цунах хилла тешам а бу».
ТIеман темина яздина дара «Машар», «Теш» а цIе йолу дийцарш, кхин а цхьамогIа очеркаш, статьяш: «Дудаевх лаьцна», «Иерусалим яккхар», «Локка», «И мерза ненахой», «Церан арц», «Ял яккхар», «Бегемот», «Маршонах лаьцна»...
Шен халкъах болчу лазамо кхоьллина яра и произведенеш. Лахь-висахь аьлла, деш долу весет санна, цхьана а кепара хIилла доцуш, бакъдерг ду царна тIехь яздинарг.
Кацаев Сайд-Хьасанан кхоллараллин, цуьнан кхиъна яьллачу граждански позицин а кхоччуш мах хадийра Халкъан яздархочо Айдамиров Абузара (Дала гечдойла цунна) ша цуьнга 2003-чу шарахь яздинчу кехата тIехь.
«Талант йолуш Iилманчаш, поэташ, яздархой, молланаш, кхин, кхин а нах хуьлу. Амма церан талантан а, церан стихийн, романийн, Iилманан белхийн а ши кепек мах бац, нагахь санна уьш шен халкъана тIе бохам беъча, цунах дог лозуш, цуьнгахьа гIо доккхуш бакъдерг олуш, иза бохамех кIелхьарадаккха шайн ницкъ кхочург деш бацахь. ХIокху тIаьххьарчу шераша зийна вайн интеллигенци. Сан даго лоьхурш Iаламат кIеззиг гучубевлла».
Нохчийн цхьа декъаза амал ю, боху Абузара, даима вайн халкъана зуламе, бохаме йолуш: бакъдерг ала, яздан ца лаар, ца дахьар а. И бакъдерг ала ваьхьначу Сайд-Хьасанна Дела реза хуьлда а олуш, шен кехат хIокху дешнашца чакхдоккху Абузара: «Сайд-Хьасан, ахьа хьайн дош аьлла. ХIинца хьан бакъо ю, оцу вайн дукхахболчу накъостийн санна, безамах, Iаламах лаьцна а, хIокху тIамах лаьцна дош ца олуш, кхидерг хIуъу а яздан».
Яздархочун дневникаш - Кацаевн кхоллараллехь керла гIулч хилла ца Iаш, нохчийн литературехь а керла жанр ю. АтталгIа дуьненан тоьллачу яздархоша а шаьш кхелхинчул тIаьхьа бен зорбане ца яьхна дневникаш. Ларлуш. Кацаевс ша дийна а волуш зорба тухуш ду царна. И ду церан мах лакхабоккхург а. Цуьнан турпалхой, ша автор хилла ца Iаш, цунна гонах мел верг а ву. Цуьнан хьалхарчу книгашкахь а турпалхой яздархочун фантазино кхоьллина боцуш, дахарера схьаэцна бара. Къаьсттина дика гора и шолгIачу «Яздархочун школа» цIе йолчу книгехь.
Л.Толстойс аьлла ду: тIейогIучу заманахь яздархоша романаш язйийр яц. Шайн дахарехь хиллачу мехалчу хIуманех, шаьш теш хиллачух а лаьцна яздийр ду.
Дуьззина тIедогIу и Кацаевн кхоллараллина. Шен, вайн массеран а дахарехь хиллачу мехалчух, ша теш хиллачух а яздо цо. Абузара ма-аллара: доггах, майрра, халкъах дог лозуш, хьекъале.
Иза ХХI бIешеран яздархо ву.
«Машар» газетан агIонаш тIехь арадуьйлу Кацаевн дневникаш юкъара дакъош. Яздархо дневникашна тIеверзар масех бахьана го суна. Цкъа делахь, шена ала луург исбаьхьаллин хормехь алар кIеззиг хетар. ШолгIа, вайн сихачу заманахь романаш язъеш, уьш араяха таро хиллалц собар деш Iан йиш ца хилар. Шена луург халкъе, куьйгалхошка а сихха дIакхачо лаар. Уггар а коьртаниг - и шен цIарах хилар а.
Муьлхха-муьлхха а яздархо ваьхьар вац и дукъ шена тIелаца. Паччахьашка, хIара дуьне шайна ловзо кхоьллина ду моьттучаьрга а, дIахьедо цо: «Куьйгалле кхаьчначу стагана моьтту ша динарг нийса а ду, и мага а деза, и дохо стаг вац. Нохчийн амалехь цхьа сакхт ду и а. Мухха делахь а, Iедална дицдала ца деза цхьа хIума: цхьаболу журналисташ эца йиш елахь а, яздархочун бIаьрг шайна тIехь хилар. Исторехь яздархочун къоламца буьсур болуш бу паччахьаш а». («Иерусалим яккхар». ДештIаьхье.)
Кацаевн цхьа дийцар ду дуккха а шераш хьалха яздина, къона яздархо волуш – «Автопортрет».
«Яздаpхочо шел хьалхаpчун каpаpа охьайоьжна байpакх дIахьо, – аьлла ду-кх цу тIехь, – pеволюционеpо санна».
Абузара, ша сий деш, дуккха а шерашкахь леккха схьаена нохчийн литературан байракх, оцу кехатца Кацаев Сайд-Хьасанан кара елла, аьлла хета суна.
Хетарехь, хьо декхарийлахь ву, Сайд-Хьасан, кхидIа а, хьайн къоман лехамаш, лазамаш ларба, бовзийта а.
Дала аьтто бойла хьан!