Дневник. 2002

Саид-Хасан Кацаев
МУКЪАМ

Дуьххьара Бетховенан Соната F-moll, опус 57 хезна Тургенев инзарваьлла: «…я не ожидал такой силы, такого огня, такого смелого размаха. С самых первых тактов стремительно страстного allegro начала сонеты, я почувствовал то оцепенение, тот холод и сладкий ужас восторга, которые мгновенно охватывают душу, когда в нее неожиданным налетом вторгается красота… Я все хотел и  не смел вдохнуть».
Цу дешнаша нохчийн поэтан декъаза кхоллам дуьхьал тесира суна. Авторханов Iабдрахьмана, ша пхи шо а даьккхина араваьлча (1937-1942), элира боху Мамакаев Iарбига:
– Со ца теша, кху Iедало вай маьрша дуьтур ду бохучух. Вайл хьалхарнаш а хIаллакбина, вай а дийр ду. Сан дIаваха сацам хилла. Хьо вогIий соьца? Могуш-маьрша цига дIакхачахь, халкъана, махкана а цигахь пайда алсам хир бу вайгара.
– Даймахках вала ца ло, – аьлла, цIахь сецна волу Iарби, лаца а лаьцна хьийзийначул тIаьхьа, шен халкъаца Сибрех хьажийра. Шен лаамехь Даймахках вала ца велларг, лаамаза ваьккхира.
Карахь, марахь йоцуш, дукхаха берш доьзалех къастийна, вуьш верг вуьйш, леш верг леш, аххалкъ хIаллакьхилира Сибрех.
Бухара адам а кечдина дара кхарах къа ца хетийта, дог ца лазийта. Боьха нах бу, акха нах бу, адамаш дууш, адамийн цIий муьйлуш, фашисташца тIом бан ца лаьа, предательш бу…
Мел воккха зуламхо а, Iедало лаьцначул тIаьхьа, бан болх, вижа мотт, юргIа, гIайба, юург, мерг а латтош ларво. Нохчийн къоман цхьа а бакъо яцара. Шен доьзал бу аьлла хезна, дехьа юьрта вахча а, пхийтта шо хан тухий чувуллура. Массарначул а харцо лан хала ду поэтана. Дерригенах а дика кхетарна, хьекъал сов хиларна, синхаамаш ира хиларна а, дог экаме ду поэтан. Йолчул а язйо цунна харцо, и ша стихашкахь хестийна, иллешкахь дийцинчу Iедалера хилар.
ТIехь, когахь доцуш, нехан керташка хIуьттуш, къинхетам къахказа волчу стага кховдош, кхечо эккхош, вогIуш волу Мамакаев Iаьрби цхьана хIусаме кхаьчна. Кор тоха айинчохь куьг а дуьсуш, латта висина Iаьрби, чура схьахеза мукъам лере а кхаьчна. Ша мила ву, стенгахь ву, арара шело, дерриг а дицделла. Цунна дуьхьал туьйсург Даймохк, бералла, шен дахарехь хаза, мерза мел хилларг а дара... Терк, нохчийн лаьмнаш, хьаннаш, аренаш... Мукъам хаьдча а, коьртера зуз дIа ца долуш, вехха лаьттина иза цигахь, шен оьмаран хIора мур дагаоьхуш, юха халкъан бала тIебазбелира цунна…
Цигахь лаьтташ гIорадарх, дIадаьхна Iаьрбин когийн пIелгаш.
Цул тIаьхьа шовзткъа шо сов даьлча, оцу лазамо ницкъ белла нохчийн гIараваьллачу кхечу поэтана, Мамакаев Iаьрбина лерина могIанаш язбан:

Полонез лакхийтийша, полонез,
мацаллин ноти тIера дIайолаяй,
                шелонан ноти тIекхаччалц…
Лаьмнаша шайн кIай куьйгаш меллаша шовданийн
                пиллигаш тIе дохку – болабо мукъам.

Полонез лакхийтийша, полонез,
ГIайгIанан ноти тIера дIайолаяй,
                лазаман ноти тIекхаччалц…

ХIумма а ма дац когаш ша тIехь хилча а,
Куьйгаш пиллигаш тIехь хилчахьана –
Илланча Даймахкана иштта ма воьлху даима а.

Полонез лакхийтийша, полонез…

Малхо шен дашо куьйгаш
                анайистан пиллигаш тIе дохку –
Болало Дуьненан мукъам.
ХIумма а ма дацилланча сагIа доьхуш хилча а,
Дуьне доьлуш хилчахьана –
БIешераш вуьшта лаьттар а ма дацара.

Полонез лакхийтийша…

Илланчин куьйгаш пондаран пиллигаша бен ца дохдо.
ГIорийна когаш Даймехкан лаьтто бен ца бохбо.
Рояль а ма бу дечигах бина –
Цуьнан а ма хилла цкъа орамаш.

Полонез лакхийтийша,
Даймехкан ноти тIера дIайолаяй,
                къастаран ноти тIе кхаччалц.

Мукъаман ницкъ, адаман сина цо бен тIеIаткъам а, халкъо билгалбина дукха хан ю. Тоха са доцуш, лоза бIаьрг яьлла волчу стагана, мел генарчу юьртара а, воьхий, валаво Iадхьокху пондар локху стаг…


МУЗАЕВ ИСРАПИЛ

Дешхьалхе

ХIокху книгана тIехь болх беш, сайн шира йозанаш кегош, Музаев Исрапила дийцинчу хабаршна тIекхечира со.
Исрапил Куршлойн-эвлахь, хетарехь, гонахарчу ярташкахь а, уггар воккха стаг вара. Цуьнан баьIий итт шо тIехлестина бохучу хенахь-м, со вуно жима ву. Оьрсийн-японийн тIамехь дакъа лаьцна а вара иза. Студент волуш цкъа хилла со иза волчохь. Ас хIетахь дина йозанаш кхин пайда эцаза дисира сан. АтталгIа Курачу Закрих лаьцна дийцар юкъа а ца дахана. Схьагарехь, сан кхечу тетрадаш юкъахь дайна лаьттина уьш.
Доккхачу декъана, хIара ши том, шолгIа тIом балале вовшахтоьхна яра ас...

1

Чоа, гIовтал тIера доккхуш вацара Закри. Оза, тIахъаьлла а волуш, говрахь лелаш стаг вара. Аьтто агIор топ, хаьнтIехь тур леладора цо.
Цкъа цхьамма:
– ХIара ма дика топ ю, Закри. Мичара яьлла хьуна? – хаьттина.
– ХIара ас хьо санначу стагера яьккхина-кх, – аьлла Закрис.

2

БоргIане ловзарга ваханчохь, элан йоI хелха йолуш, берриш а гIовттуш хилла. Закри ца гIаьттина. ГIункийн элаша тIе стаг ваийтина цунна:
– Шайна тIе вола боху хьоьга, – аьлла.
– Шайн гIуллакх долчуьнга суна тIе схьавола ала, – жоп делла Закрис.
Эпсарех цхьамма:
– Элан йоI хелха йолуш, массо а гIаьттича, хьо хIунда ца гIаьттира? – аьлла.
– Шу, хIокху ишалшкахь Iаш волчу кхаа-веа лайн элий хиларх, со мехкан эла ву, – аьлла Закрис.

3

– Теркал дехьа хIун дара, Закри? – хаьттина.
– Теркал дехьа шиъ бен ехкаш кхел йитна яц ас, – аьлла Закрис.

4

Закрин кхалхар иштта дийцира цо.
– Закрис нехан зудчуьнга дагара хаийтина боху, – аьлла, хезча, ша-шена тоьхна велла.

5

Тахана со ца кхеташ, суна маьIна дицделла дуккха а йозанаш ду цу тIехь. Цу юкъахь дуккха а нохчийн шира яртийн цIераш, уьш лаьттина меттигаш, царах хилларг а ду. Амма уьш соьга я деша ца ло, я дукха доца яздина хиларна, цаьрца йоьзна хилла истореш йицъелла.
Масала:

1893 да велла.
Леча паччахь (юьрт).
Хуьнгал дехьа, Майртуьпан тIехула, Лечин кешнаш олуш ду хIинца а. Цунах хьакхалуш дуй-те и?

Куршлойн-эвла йиллина кхо шо кхаьчча, нах Хункара бахана. Диъ шо цигахь даьккхина, цIабаьхкина.

Хьасар гIала (турк.). ГIазакхин Iедало лецна, цаьрга дIабелла. КIур тоьхна чу а боьхкина, юха дIахецна.

Настарш лацар.
Деда талмаж волуш къамел до:
– Шу къуй ду, вуо нах ду. ДIадахийта йиш яц.
БуритIехь прошени елла, тIеэцна, цIадаьхкира.

Кхузахь хьун хилла. КIотарш хилла.
Алхаз паччахьа (ногIи) бераш дойуш хилла.
РегIа кIел (яккхий ишалш, эрз) вахана кIант ца вейта.

Суьйлийн-эвла. Шемалца баьхкина.
Шемера схьаваьлла.
Нашха.
Куьрчала.
Симсара. Аьккха.

Миколай паччахь волуш кIотарш йохийна, ярташ ехкина, цIийнах ялх эппаз доккхуш. 180 шо хир ду юьрт йиллина.

Нийсса цкъа йохийна Iедало Куршлойн-эвлара базар, дIахIотто бакъо ца луш, обарг Зелимхас ГIизлара банк яьхьча. Вед. полк (цхьа шо).

Iалсолтан гIала. ГIалин басе. ГIунки. Кхеравелла Шемалх.

ТимирбулатовгIеран воьалгIачу ден шича ву ТIелхиг. …нашна тIехьа и чохь Iийн ор ду.

Куршлойн, Эвтархойн а доза Шемалан Iедал долуш жима тIайна тIе кхаччалц хилла. Миколай волуш, яртийн дозанаш къастош (заьIа такхош), землемеро, ша Эвтарара ваьлча, Куршлойн-эвларчу нахе хабар даийтина, говр яийта шена, аьлла.
– Рема генахь ю, – аьлла юьртадас. Цу хенахь юьртда Iапа хилла (цунах схьа бу АпаевгIар).
Вукхо, оьгIазвахана, Куршлойн эвлайистехь хадийна доза.

Варас, ШамIас (ВараевгIар), шайга пхеа шарахь дезар дайтахь, шаьш мохк юхаберзор бу, аьлла. Куршлошна ца лиира. (Архивехь хьалхалера план ю.)

Салой (стенгара бу ца хаа) – цIена элий бу.
Уьш нохчийн махка бевлча, паччахьа Къеди юьрт елла царна (Нойберана лахахьа).
Нохчийн Iеламнаха гулбелла, хьукум дина:
– Уьш элий бу, нохчий элий бу. Нохчий лелар бац царна нуй-горгам деш. ГIункашна юкъа баржо беза уьш.

Исрапил, КIацIа, Зайдеран да, Амхьадеран деваша хил дехьара даьхни дало бахана. Iуй тIаьхьа а баьхкина, ах дIаделира, ах дитира.

ДештIаьхье

Оцу хIора яздарна тIехьа дийнна шира истори ю.
ХIинца ойлайо ас: «Сайн синхаамаш, безам, кхидерг а дитина, и санна долчу хIуманех лаьцна хIунда ца яздина-те ас?» – олий.
Тхан дех, девежарех лаьцна а дийцира цо.
Салавди хилла накъосташца чIерий леца (я эца?) ГIизлара вахана. Муха ду дицделла суна, амма базарахь дов даьлча, мел йолу стол тIекIел тоьхна цара. Iедал кхачале цигара дIабевлла хIорш. Салавди, накъосташа ма гIо боххушехь, шена тIера бедар харцахьа ерзийна, царна юккъехула, царах вела а воьлуш, лелла.
Дада, Дукка, кхин а масех стеган цIе яьккхира цо, кегий нах болуш, ГIала (я БуритIе?) деша бахана. ДIаоьцу хан тIехъяьлла, юха шарахь дуьйла, аьлла цаьрга. Шайна хIинцца лаьа, юха шарале хIун хуьлу а ца хаа, аьлла хIокхара. Кху шарахь гIуллакх хир дац, шарахь собар дан дезар ду, аьлла хIокхаьрга юха а. Шаьш кхин деша дIа ца эцча, церан чохь мел йолу хIума ата а аьтта, цIабаьхкина уьш.
– Суна, нахана а дукха гIуллакх дина стаг ву хьан да, – элира цо. – Кегийра гIуллакхаш ца хьехийча а, со шозза кIелхьара ваьккхина цо. Цкъа Iедало лоцучура, юха мацалла лечура. Ша юьртада волуш, цхьана сарахь Абзу веара суна. «Хьенех, тхов тIера хьайн хьаьжкIаш къайлаяхалахь. Кхана Iедал догIур ду хьуна. Со цаьрца ца веъча ца волу хьуна», – аьлла. Пурунзехь долуш, биргадир вара Абзу. Нах, мацалла дан хIума доцуш, бецаш юий бесташ, леш хан яра и. Дукха байшна, бисина Iачу зударшна а гIо дора хьан дас. Соьга ши гектар кIа хьакхийтира цо. Цунах суна шийтта гали кIа делира.
Исрапил кхелхина дикка хан ю. Дала гечдойла цунна.
Цуьнан тIаьхьенах цхьаммо а яздина дуй-те цо дийцинарш?


СИНТЕМ ЦАХИЛАР

ТIаьххьарчу муьрехь Монтень, Ницше, Гончаров, Булгаков, верриг Достоевский а вешна ас. ХIинца Сенкевич воьшуш ву.
Схьагарехь, къоначу Абузар Айдамировна уггар а чIогIа тIеIаткъам биначу яздархойх ву иза. Доккха маьIна ду яздархочун кхиарехь жимачу хенахь, дахаро гола тухучохь муьрехь а йоьшучу книгийн. Ас Бальзак, Стендаль, Мопассан, Драйзер, Бунин а воьшучу хенахь, Сенкевич, В. Скотт а вешна хиллехьара, сан хIетахьлера дийцарш а кхечу кепара хила там бара.
Дукха беза яздархой харжар стеган темпераментах доьзна делахь а, хьуьнхахула грибаш лехьош лелачу стагах тера ву къона дешархо.
ХIинца юха а хIара шолгIа тIом баьлчахьана, хIумма а яздеш вац со. Сайн хIинццалцлера йозанех мелла а хера вала гIерта со. Со-м тоххара хера ваьлла царах. Со хIумма а яздеш ца хиларо аьтто бо сан книгаш еша. Хьалха собар ца хуьлура сан, цхьана яздархочун ерриг а произведенеш чакхъяха. Кхийолу книгаш гуш, царах кхоам хеташ а. ТIамах я революцих лаьцначарал а дукха езара безамах лаьцнарш. Цундела Франсан «Маликийн гIаттамал» а хазахетара «ЦIен лилияш». ТIамах лаьцна книгаш еша дуьххьара эскарехь вуьйлира со. Амма баккъал а царна тIеверзар тIом баьллачул тIаьхьа нисделира. Лев Толстой, Лион Фейхтвангер, Генрих Белль…
КIеззиг мел язди а, ойланаш дукха йо яздархочо.
ТIаьххьарчу шерашкахь къомана тIедеанчу зенаша, бохамаша, адамаша лайначуьнга хьаьжча, кху инзаре балин ойла йича, суна эхь хета айса хIинццалц яздинчух. Цунах кхета цхьа а критик ца оьшу тахана. Зама, зеделларг а – уггар а дика хьехархо, критик а.
ТIом болалучу хенахь сан берхIитта-ткъа шо хиллехь, сан хьалхара дийцарш а кху тIамах лаьцна хир дара. Стага йоьшу книга, яздийриг а цунна гонаха долчух, цунна гучух, цо ловш долчух цIийца, сица а доьзна ду. ХIинццалц ас мел яздийриг беккъа синхаамашца дара. Тахана ас дуккха а кIеззиг яздахь а, сан хIора могIанехь нохчийн халкъан, Даймехкан а бала, бIаьрхиш а ду. ХIора могIа деган цIийца язбеш бу.
Сайгара таханлерчу хьоле хьаьжча хаа суна, мел атта яздеш хилла ас хIетахь. ХIинца хIора дош а лазаме ду суна. Яздечу меттана ойланаш, гIайгIанаш еш Iа со. Синтем ца хиларо яздан ца вуьту. Хьалха яз ца дича синтем ца хуьлура, хIума яйна стаг санна, бIаьрзе лелара. ХIинца яздан синтем бац. Синтем цахилар хIун ду? Халкъ Iазапехь хилар. Адамна (я са-сайна а) дан гIо доцуш, гуш кхане йоцуш, таханлерчу денца вехаш хилар.
ЦIера кхочу хабарш, цхьаъ вукхул а доьхна, къаьхьа ду. Юха а репрессеш юьйлаелла республикехь. Нохчийчохь экономика айарца, нехан хьал тодарца, маршо, паргIато, белхан меттигаш яларца чIагIлучу меттана, Росси туьрца, цIарца а чIагIлуш ю. Адамашна нийсо, низам, закон лучу меттана, – кхерам, къизалла, Iожалла, ямартло а кхаьчна. Нохчийчохь уьш тахана мел чIагIбеллехь а, кхане яц церан. И хууш, нохчийн къоман хIу орамехь хадо гIерта уьш, цхьа кIеззиг, шайна муьтIахь болу нах Iадбитина. Халкъо, хIара питанаш кIорда а дина, хьайбанаш санна хIаллакдийриш бехк боцу адамаш долу дела, цхьа а дуьхьало ца еш чудахкийтира эскарш. Вай IадъIийча а дуьтуш ца хиларо гойту, уьш вайна паргIато йохьуш ца баьхкинай. (Цара цIера шайн меттара, некъахь лоьцуш а дIадуьгуш хIаллакдинчул адам доьжна хир дарий хаац вайн, дуьхьало йинехь.) Адам бIаьрзе хьийза, я ницкъ, я герз а я гIо дан цхьа а пачхьалкх йоцуш. Цхьа Дела ву-кх хIара дерриг а ма-дарра гуш, хууш а, шен сахьт хIоттийна, терзана тIехь оза а оьзна, зама тIекхаччалц бохуш Iаш. ВаллахIи Iазмор, вай нислахь, имане дагIахь, Цуьнан ницкъ ма бу, мостагIчунна ян кхин вайн дуьхьало яцахь, царна шайна юкъахь тIом баккха, уьш вовшийн карах хIаллакбан а, я Москвахь Iедал а хийцина, цаьрга шайн эскарш дIадигийта а.


ЛЕХАМАШ

1

Хьуна дика хеташ долу дийцар, хьо воцчунна, цхьанне дика а ца хеташ, ахь башха хьайн кхиам ца лорург, кхечарна чIогIа хаза а хеташ нисло цкъацкъа.
Хемингуэйс, масала, шена, нахана а хазахета дийцарш дагардечу хенахь боху, «КIай пиллаш» ша воцчунна, цхьанне а хаза ца хетара». Схьагарехь, и яздархочун оцу дийцарца боьзначу синхаамийн бехкенна ду: я цу тIехь болх беш яьккхина хан шен дахарехь дика мур нисбаларна, я произведенехь дуьйцург дагана къаьсттина юххера хилар, я алаза диснарг, шена бен цхьанне а гуш доцург, бахьанехь.
Хемингуэйн кхоллараллехь суна уггар а дика хетачех: романашна юкъахь «Марша Iойла, герз!», дийцаршна юкъахь «Килиманджарон ло», «Френсис Макомберан доцца ирс», ерриг бохург санна публицистика а. Цуьнан кхечу книгийн барам жимма лахаро белахь а, Хемингуэй веша лаьа чIогIа. Амма яздаран хатI цхьатера, цхьабосса латтарна, жимма садаIа дезаш хуьлу цуьнан прозах. Фолкнер и ала гIерташ хиллий-те, ша цуьнан кхоллараллийн мах хадочу хенахь? «Вуо яздан кхоьрура иза. Шен говр (кхетаде: хатI) карийначул тIаьхьа, цу говрара охьа ца воьссина иза». Цундела, эшамех, керлачу лехамех а ца кхерарна, Т. Вулф, ша а хьалха воккху цо.
Цуьнца доьзна, Бексултановца сайн хилла къамел дагадогIу суна. Шен кхоллараллех лаьцна дуьйцуш цо элира:
– ТIехь мужалт йоцуш, фамили ца къаьсташ сайн книга карийча, цхьа абзац ешначунна и айса язйинийла хуур долуш, хила лаьа суна сайн проза.
Эзарнаш суьрташ юкъахь девзар долуш ду Айвазовскийн суьрташ. Ша хIуъа юьллуш хиларх а: гIала я порт, хинкема я стигал, мархаш я малх дIабузар, адамаш я латта, массо а суьрта тIехь, тайп-тайпанчу басаршца биллина хIорд бу, гуттар а керлачу хьолехь. Оцу цхьанне а суьрта тIехь хIорд цхьатера боццушехь, хIетте а автор цхьаъ хилар го. Цунах олу хатI. ХIора исбаьхьанча а кхийда цу тIегIане. ХIора яздархочун сатийсам бу и.
Хемингуэйн цхьа книга ешначунна, тIехь мужалт ца хиларх, схьа ма йиллина евзар ю цуьнан проза: ша-тайпа мотт, цхьаннех а тера доцу хатI а. Доккха похIма, говзалла а йолчу мастеран билгало ю и.
Тайп-тайпана некъаш ду яздархо дIахIоттарехь.
Халкъан дийцарш, анекдоташ а гулдеш шарделира сан йоза. Оцу маьIнехь аьлча, «Молла-Несартах лаьцна» книга, шира дийцарш а дийнна мур бара сан Iамарехь.

2

Айса тахханалц яздинчу дийцаршна юкъахь суна дика хетарш ду «Диттийн IиндагIехь», «Конкурс», «Кехат», цхьайолу миниатюраш а.
Со гIараваьккхинарг «Йижарий» делахь а, амма яздархочун санна, сан дика цIе яккхийтинарг «Курачу Закрих лаьцна» дийцар дара.
«Йижарий» сан цIарца арадаьлла а дацара, кхиам а скандальни бара. Пхи-ялх баьIа агIо йолчу романехь тидам боцуш дуьсур долу, я роман хазйийр йолу и дийцар, ша цхьаъ хилар бахьанехь, цу тIехь деккъа и хиларна а, яра и ерриг гIовгIа. ХIун дара-те и вайнехан: оьздангалла, яхь я деган шалхо? ДегIан кхахьпалла (дагана деза а ца дезаш), амма къайлаха я гуш лелориг. Буьрсачу дайх дозалла деш, кхечарна хьалха дакх-даккхий хабарш а дуьйцуш, массо муха хила веза, муха-хIун лело деза а хууш, амма шена дерриг мага а деш. И цхьа а гуш дацара нохчийн литературехь. Ерриг а нохчийн литература, «боданечу гIиллакхех» къаьстина, кхуьуш схьавогIу нохчи гайтар Iалашо лаьцна яра хIетахь. Нохчичун юххехь, заводехь я колхозехь, цунна кхетам луш, галваьллачохь нисвеш, тасавеллачохь куьг кховдош схьавогIуш, воккхаха волу ваша, оьрси а волуш. Дахарехь социальни, экономически я кхин гIайгIанаш йоцуш санна. Канташа ма аллара: «Вайнахана шаьш чIенга екъалой дуьненчу довлу моьтту».
«Йижарех» Хатаев Хьусайн санна дика кхетта стаг ца хаавелла суна. Цу хенахь пединститутан хьехархо вара иза. ЧIогIа ийна, хьекъал долуш кIант. Суна Шарипегахула вевзинера иза.
– Цу дийцаро даг тIехь му битира суна, – элира цо.
«Йижарий», «Хьаша», «Лулу» оцу тайпана кхидолу а дийцарш язден мур, Монтескьес ма алллара, со цомгуш хилар дара. Сан цамгар дийцарш яздарх лаьтташ яра. Сайна гучух, дагах кхетачух лаьцна. Суна иштта ган ца лиънера вай. Яздина ваьлча, эхь а хетара суна уьш айса яздинийла хаийта. Цундела хьалхара дийцарш псевдонимца арадевлира сан. Суна новкъарло ца йинехь, студентийн цикла юкъахь цхьа баьIа дийцар хир дара. Дукха тидамаш, сюжеташ яра сан вовшахтоьхна. Гергарнаш, накъостий дуьхьал хилар сов, редакторш а лен боьлча, дийцарш яздечу меттана, хьесапаш деш яздан вуьйлира со. Сайн хьалхара дийцарш критикех лардаран Iалашонца, сюжетах хедий, литературан теори юьйцуш, гIарабевллачу яздархойн дахар, кхолларалла, церан произведенийн кхоллам, истори  а юьйцуш, кхечу хорша дирзира сан цхьадолу дийцарш. («Семинар», «Сюрприз», «Автопортрет».)
Нагахь хьалхарчех «хIорш дийцарш дац, наброскаш ю, этюдаш, очеркаш, миниатюраш» олуш хиллехь, вукхарах «литературщина» элира. Дикка тIаьхьа вийшира ас Борхес. Цуьнан цхьадолу дийцарш, сан яздаран хатI схьаэцча санна, карийра суна. Цунна суждане оьхурш а ма бара сан критикашна юкъахь. ХьагI яра-те и церан, я кхин хIума хууш бац-те уьш?
Дуьненан литературан дашочу фонда юкъадахана ду Хемингуэйн дийцарш. Дахаро сайна гуттар а чIогIа ницкъ бича, я гонаха берш сох ца кхетачу хенахь, я яз ца луш висча, сан синна керла ницкъ лучу авторех ву иза. Цхьаъ-шиъ агIо ешна а, я ешаза йисина роман луьстуш, цунах марзо оьцуш а дагана хьаам хуьлу суна. «Африкан баьццара барзаш» тIехь дуьйцу цо, шен дийцарш тIаьхьий-хьалхий редакцешкара юхакхехьийтарх лаьцна. «ХIорш дийцарш дац, наброскаш ю, анекдоташ, туьйранаш».

3

«Студент» хало яздинчу дийцарех ду. Со айса лелочух шекваьлла хан яра и. Яздан гIерташ, сайн садаа а оьший-те, аьлла хеташ. Сайн холча хIоттар жимма дайдан, политэкономин лекцехь хиъна Iашшехь яздира ас и. Дагахь, хIара ю ала, цхьа а сюжет ца хиллашехь, шен бахьанаш дара и яздаран а.
Суна, Шарипана а Сайд-Iали Мацаев вевзина хан яра и. Дукха хан йоццуш да велла, коьрта, Асланбек Шариповн портреташ тIехь болчух, нохчийн холхаза куй тиллина, маж а йитина вара иза.
Мохьмад Мамакаевн юбилейна лерина конференци ю университетехь.
Поэтах лаьцна довха дош ала хьала мел волург, вист а хуьлий охьавуссу. Вайнехан кафедран заведующи Тимаев Ваха хьалаволу. Шех Джахаевич ца аьлча, реза хуьлуш а вацара иза. БIаьргара куьзганаш дIа а дохий:
– Жима къонах, хьайн коьртара хIума дIаяккхал, – олу цо оьрсийн маттахь, тхо долчу агIор куьг а хьажош.
Тхайна ца хезчуха Iа тхо.
– Ас сайн къамел дIадолор дац, ахь коьртара хIума дIаяккхалц.
Чохь тийналла ю. Сайд-Iалис:
– Хьайн къамел дехьа, со Iад а витий, – олу.
– Коьртара куй дIабаккха ца лаахь, аравала кху чуьра, – олу Вахас.
Сайд-Iали, шен дипломат карахь, меллаша, амма корта ойий, араволу.
Цул тIаьхьа цхьа-ши де долу. Аудитори тоьаш ца хилча, наггахь расписаница а, вайнехан кафедрехь хуьлу тхан заняти. Джамбеков ШаIранин семинар ю тхан. ЧувогIучу Вахас соьгара бехк боккху:
– И хьан накъост, – олий.
– Ваха, хьол хьалха а дуккха наха къамел дира цигахь. Уггар тIехьа бохург санна, хевшина долчу, тхоьга мохь бетта безара ахь? – олу ас.
Я хьехархойх, я студентех а цхьаммо а шена дуьхьал дош дало Iемина вац иза. Цундела айса бохучунна а реза воций хууш:
– Я цхьа бахьана хир цуьнан, я чIир кхобуш хир иза, – олу ас.
Уьш цунна бахьанаш ца хетий хиъча:
– Хийла гуламашкахь зал чохь мечик гина суна, коьрта боккха куй тиллина. Цаьрга-м ма ца олу цхьаммо а, коьртара хIума дIаяккха. Вовшийн коьртара ма чIогIа доху вай куйнаш, йовлакхаш а. Цу чохь верг Мохьмад Эсамбаев хиллехь-м, эр ма дацара ахь, куй дIабаккха. Сан-м накъост бен вацара иза, хIинцца вевзина. Генара хьуна дика гина хир вац. Хьан юьртахо вара-кх иза, – олу ас.
Схьавалар Шуьйтара дара цу шиннан, Борзера.
Ваха, дукха дог детIий, ша хIун эр ду а ца ***й, тIе неI а тухуш, дехьа чу оьккху. Массо студент, хьехархо а тхойшиннан къамеле ладугIуш ву.
– ХIинца кхетта хир ву хьуна иза, – велало ШаIрани.
Кацен фамили йолуш, кхин цхьа хьехархо а вара университетехь, жуьгти. Iилман коммунизм хьоьхуш. Шовзткъе пхийтта-кхузткъа шо хир дара цуьнан. Юккъерчу дегIахь, горга а волуш.
Цу хенахь Iаьржа йоккха шляпа, еха плащ-пальто а лелайора ас. Со университетан фойе тIехваьлла, расписани хьожуш (иза стенгара кхочура а хаац!), букъ тIехьа дIа а хIуттий:
– Жима къонах, дIаяккхахьа хьайн коьртара хIума, – олура цо. Дуьххьара кIеда, хаза олура. Со иза тергал а ца веш дIавоьдура. Водий тIаьхьа а кхуьий, я кхечахьахула дуьхьал волий:
– Суна хьо мила ву хуур ду хьуна! Ас университетера дIавоккхуьйтур ву хьо! – бохуш, амал дайа воьлча, ас цкъа човхийра иза. Шена тохарна кхеравелла, басана хийцавеллера иза. Студенташ шех кхера а, цкъа аьлчахьана ша бохург дан марзвелла вара иза а. Цуьнан кIант Израиле дIавахана бохуш а дуьйцура. Студенташна массарах а лаьцна дерриг а хаьара. Лекцешкахь:
– Сан кIант ван а вац. Ас сайн дагчуьра схьаваьккхина иза! – дуьйцу бохура цо. Масийтта студент дIа а ваккхийтинера цо, зачет, экзамен а тIе ца юьллуш. Очман, Хазан, Кан-Калик, кхин а жуьгтий бара университетехь. Церан лекце вахар, цаьрга ладогIар а беккъа синкъерам бара. Оццул хьекъал долуш, говза а лекторш бара уьш. ХIара накъост, жуьгти ву аьлла а воцуш, эгIийна стаг санна вара. Цкъа бераша Соьлжа тIай тIехь схьа а лаьцна (анекдот ду-дац къасто хала ду ишттаниг), тIайх Iуьнкара чу а кхозийна:
– ТIеюьллий ахь? – аьлча, киснара партбилет схьа а даьккхина:
– Ас-м тIеюьллур яра, амма партино бакъо ца ло, – аьлла Кацена, бохуш, дуьйцура цунах лаьцна. И студенташа шаьш кхоьллина анекдот делахь а, нийсса цуьнан амалца догIуш дара.

4

БоргIанехь психбольницехь волчу юьртахочуьнгара тхайн дега кехат деана дагадогIу суна. Со школехь доьшуш вара цу хенахь. Даккхий даьржина элпашца, юкъахь могIанаш а дуьтуш, пхеа-ялх агIон тIехь яздина кехат дара и. И кIеззиг а хетта, конвертана чухула а яздинера цо. Хьалхара ши-кхо могIа боцург, кхин къаьсташ хIумма а дацара цу тIехь. Дада, цуьнан хьеший а, и деша гIертарх гIуллакх а ца хилла, къарбелла бисира. Ас хIетахь дуьйна дIадиллина латтош дара и кехат. Воккха хилча, йоза къасточу нахана гайтина а, деша хьожур ву со, бохуш. Цу стеган психологи, и ала гIертарг а мехала дара суна. Дуккха а шерашкахь лардинчул тIаьхьа, кхин дешна а доцуш, дайра сан и кехат.
ДагадогIу, дада цу стагана тIаьхьа вахана а лийлира. Цхьана хенахь тхан юьртахь уггар а вехаш стаг ву олуш дара цунна. «Хьенех, мел ахча хир ду хьан? – хаьттича: – Вайн юьртана тхов тиллича, кхин оццул буха а дуьсур дара», – аьлла хиллера цо. Шен бахам къуьйсучу доьзало латтош ву ша кху чохь, аьллера цо сан дега. Иза дукха ца Iаш кхелхира.
Кхин цхьа стаг а вовзара суна цу хенахь. Нах Iуьйрана дечке боьлхучу хенахь, иза ворда а йоьттина цIа вогIуш хуьлура. МаьркIижа бода къовлалуш воьдура иза хьуьнах. Шен зудчо кетIа хи Iанийча, тхов тIе а ваьлла цуьнга хьоьжуш Iаш волу, зудчунна тIаьхьа топ йиттинера цо: «Иза везаш ю хьо?» – бохуш, лулахочун цIе а йохуш. Цкъа юург еш, зудчо коьртах маIар хьаькхча, шена хьалха охьа а хаийна, цуьнан корта дIабаьшнера цо. «Иштта бакъахьа хир ду», – аьлла. Цо тойина мачаш, бухара айраш даалой дIайовлура, кхин ца юхуш. Говза пхьар вара иза. Цкъа ша волчу веана лулахо, дIаваха дагахь айавелча, схьаяьккхина шаьлта стоьлах дIа а латийна: «Хьо хьалагIаьтти, «парт»-аьлла, хьан са дIадели», – бохуш, латтийнера цо, кхин нах а баьхкина, цара ша дIавеххалц. Хьо мачаш эцна вахча (цо кхечарачул йораха, дика а тойора), Сибрех хилларш, кху дуьненна тIехь мел дерг а дуьйцура цо.
«Алфавит» дийцаран бухехь, ас ойланехь хIоттийна, цу шина а стеган васт ду. И яздеш нийса тон каро гIо дира суна Владимир Высоцкийн оццу темина долчу иллино, Антон Чеховн «Iилма долчу лулахочуьнга яздинчу кехато», шина-кхаа анекдото а. Нохчийн алфавитан кхачамбацарш хьахийча цхьа а ца кхетара сох. «Iилманчашна дика ца хаьа и?» – бохучу хьесапца. Цундела телхинчу стагана дIаелира ас и ойланаш. Цуьнан аматехь цомгашчун хабарна юккъехула вайн юкъараллех бакъдерг а къеда.
Оццу шерашкахь Iалвади Шайхиевга а хьахийра ас элпех дерг. Керлачу озана -гъ (ваггъай) къаьсттина тидам а беш.
Зайнди Джамалхановс тIаьххьара арахецначу «Нохчийн меттан нийсаяздаран дошамна» тIехь далийна ду и элп, изза масал а. «ХIинццалц тидам боцуш дисна и нохчийн маттахь», – бохуш. Схьагарехь, Iалвадис дийцина хир ду и Зайндега. Гомашан кийрара долучу озан ойла йича, дагадеана дара суна и. ЖIаьлин летар а «гIалх» олий яздо вай, ткъа жIаьло, ахь лерина ладоьгIча «вIов» я кхечу тайпана яздича «вгъов» олу. Iаламехь мел долу аз, нохчийн маттахь алалуш ду. Алалуш делахь, язлуш хила а деза, боху принципаш яра сан хIетахь.

5

«Чайльд Гарольд» язйина Байрон санна, «Кура Закрина» «Даймохк» газетехь зорба тоьхначул тIаьхьа, шолгIачу Iуьйрана самаваьлча, со гIараваьлла карийра суна.
Ас хIетахь хIинцачул дуккха а атта яздора, аьлла а хета суна. Стенах лаьцна яздийр ду ца хуу яздархо, хьуьна юкъахь цIе лато дечиг ца карочу стагах тера ву. Цкъа а сюжетийн къелла ца хилла сан. «Стенах лаьцна яздийр ду?» – боху хаттар цкъа а ца лаьттина суна хьалха. Ас гуттар а ойла йинарг: «Муха яздан деза?» – бохург ду. Шера схьадогIуш долу сан дийцар сецча, цкъа а нуьцкъала и чекхдаккха ца гIиртина со. Ас кхечу дийцар тIехь болх бора. Цхьанаметта яздеш итт-пхийтта дийцар хуьлура сан. Черновикаш язъеш сан Iедал дацара. Дийнахь волавелла лелаш, сарахь юкъараIойле чувеъча маьнги тIехь вижина Iуьллуш, буса гIенаха а, ойланаш йора. Кехат тIехь цIена дIаязлора дийцар. Зорбане дIалучу хенахь а, наггахь цIоьмалг, тIадам, юкъа-кара цхьацца дош хийцар бен, кхин хьен ца дора. Со тIетоха я дIадаккха гIоьртича, предложени я абзац хийцича, масийтта вариантах хьалхарниг гIоли карайора. Амма дукхаха долу дийцарш дневникашна, тайп-тайпанчу листокашна, тетрадашна а тIехь дуьсура.
Вайзаманан анекдоташ, халкъан дийцарш а дIаяздина, теллина а дац тахханалц. Амма анекдоташ хьаъа а дIаяздан тарлуш дара. Суна сайн башхалла и ца хетара. Цундела уьш дIагайта а сиха вацара со. Коьрта турпалхо со ву эр долу, безамах лаьцна дийцарш а ца гойтура. Ас сайх лаьцна яздо ца бахийта. Ма дарра аьлча, стагана шел дика кхин мила вевзар ву? Кхин хьанах лаьцна яздан деза? Шех лаьцна яздан хьакъ мила ву, яздархо санна? Вайнехан кхетам В. Скоттан, А. Дюман а романаш тIехь бисина. Сайн кхидолу яздарш литературан цхьана жанрах лара, коьртачу турпалхочун меттана суо дIагайта а, жималлийна, эхьхеташ а ца хIуттура со.

6

Воронеж йоккха хаза гIала яра. Зудабераш а хаза дара цигара.
– И хIун ду хаий хьуна? Петр I омрица Росси мел ю схьалахьийначу кхахьпанийн, дуьххьара йиллинчу чIагIоне охьаховшийначу салтийн а тIаьхье ма ю тхо. Кхахьпанаш хаза ма хуьлу, – олура цара.
Тохара ца тешара Россехь доьшуш, белхашкахь а хиллачу накъосташа дуьйцуш:
– Хийла йоIаца цхьаьна Iийначул тIаьхьа дIасакъаьста-кх хьо, цуьнан цIе хIун ю а ца хоттуш.
Цундела дара-те Мацаев Сайд-Iалис, «Студентан дийцарш» хьокъехь:
– Россехь кIеззиг хилла хьо. Доьшуш цигахь хила везара хьо, – алар а? – Аша кхузахь деза хеташ леладо зудабераш. Голал лакхайолуш хадийна коч хилча а доккха хIума хеташ. Россехь голаш тIе кхочуш коч лелаяр кхачамбацар, эхь лору. Дискотекаш ю, бараш... Зударийн юкъараIойлешкахь, шайн-шайн кавалераш сарахь вахтеро чу ца битча, кIай шаршонаш вовшахйоьхкий корехула хьалабоху. Самукъа даккхархьама дерзина зудабераш стоьлаш тIехь хелха дуьйлу. Я, кехатех ловзуш, тIера цхьацца хIума дIайоккхуш, берзина боху. Ахь шайн терго ца яхь: «Хьажахь соьга, со хаза яц? Со ца еза хьуна?» – бохуш, чулелаш амал дойу. Тахана ахь яздечух кхаьрдаш берш, кхана шаьш буьйлалур бу хьуна иштта яздан. Хьуна хьалха вогIуш волу дела хала ду.
Эскаре вахар бахьанехь кхоллараллехь темперамент сецо Iемира суна.
Юьхьанца дуьйна, айса яздийриг мелла а доца хилийта хьожура со. Дукха дешнаш мел яздо а, дешархочун терго, тидам а лахбаларна, дийцар сингаттаме хетарна а кхерам бу. Яздархой эзарнаш бу. Дешархо цхьаъ бен вац. Цу яздархошкара дешархо схьаваккха, хьан книга вуно дика хила езаш ю. Айхьа олург доцца дийца декхар ву. Нехан йиш яц еккъа книгаш йоьшуш Iа. Дуьненчохь, самукъа даккха дуккха агIонаш ю. Телевизоре хьажа, кино ваха, хазачу мукъаме я эшаре ладогIа, доттагIашца сакъера а лаьа. Болх бу, дешар а. Цундела ахь яздинарг дешархо кIад ца веш, кIорда ца еш, атта ешалуш хила еза. Ма кIеззиг язйина хIокхо. Кхин керла дийцар арадалахьара кхуьнан, аьлла, хоьтуьйтуш.

7

«Хьамзат» – тхан девежарийн, коьртачу декъана, Iедало лаьцначохь, тIаьхье йоцуш вайначу Салавдин истори ю.
Цуьнан амалца догIуш хетта, ас тIеяздина ду:
1) хьуьнах бахча, эшначара ворда ютту аьлла, вежарий вовшех летар;
2) дас шега ворда йотта аьлча, невцана хьалхара болх бар эхь ду алар;
3) колхоз – цавахаран хIоз бохург а.
Тамашийна зама хилла и. Нойберахь хилла бохуш дуьйцура Абдулмежидов Асланбека. Москвара охьаеанчу инструкцица нийса а догIуш, шайна юкъахь беднякаш, середнякаш, кулакаш а къастош хилла нах. Юьртдас шен фамили къехошна юкъахь ягарйича, цхьамма дегабаам бина:
– Со хIунда ву бидняк? Сан шиъ шинар ду. Тхан ворхIе да а ца хилла бидняк! Со дIавайал цу тIера! – аьлла, кулакашна юкъа тохийтина. Юха уьш лоьцуш, шен ши шинар бахьанехь, Сибрех а вахана иза.
Россих дIакъаьстина, «маршо» йохьуш деана Дудаевн Iедал нахана бале даьлча, кхоллаелла сан цхьацца шеконаш а ю цу дийцарехь:
«Тахана и воккхавевеш хIумма а дацара. Я Iедалца, я цунна дуьхьал болчаьрца а вацара иза. «Оьшурий-те хIара зулам? – ойлайора цо. – Вуо Iаш дара вай?» Амма дIайоьдург, мухха елахь а, цуьнан къоналла яра».

8

Яздина ваьлча мел эхь хетахь а, яздеш чIогIа хазахета суна. Айса дагийна, этIийна а дIакхийсинчу дуккха а дийцаршна дохкох ваьлла со тахана. Сийначу цIерга Iуттуш, шийлачу хи чу кхуссуш дахчош долу болат санна, хIокху шина тIамо, цаьрца йолчу харцоно а чIагIвина со. Айса яздийриг зорбане ца даккхарх, сайна яккхий гонорараш ца яларх, издательша, стаммийчу журналаша авансаш кхийдош, ас язъян тарло книгаш ца къийсахь а, тахана сан цIе дуьнен чохь евзаш ца хиларх, гоьваьллачу ингалсхочунна санна тIаьхьадевлла лелаш зудабераш, ларархой ца хиларх, тайп-тайпанчу университеташа лекцеш еша ца кхайкхарх (и ерриш а моттаргIанаш къоналлийца дIаяхана!), суна яздан Iемина. Книгаш ара-м соьга сайга а хецало хIинца. Компьютеро, ризографо а революци яьккхина издателийн балха тIехь. Дохийна церан олалла. Коьртаниг – суна бакъдерг яздан Iемина. Цул хала, цуьнга кхочуш цхьа а хIума дац. Тахана цхьанне а критико, редактора, Iедало, паччахьо а этIадойтур дац соьга ас яздийриг. Дала ма эшадойла яздархочунна Собар, Хьуьнар а!

9

Вежарий БайсултановгIар Дауд, Дадаш а студент волуш дуьйна вуьйцуш хезнера суна: «Нохчийн меттан фразеологизмийн дошам хIоттийна цара», – бохуш. Тхан довзар тIаьхьо нисделира. Церан болх дуккха а шераш хьалха арахецна а хир бара, цара гIараваьлла нохчийн Iилманча декъа а эцна, цуьнан фамили шайчарал а хьалха тоьхнехь. И дошам хIоттош, нохчийн маттахь массо а алфавитан бух тIехь араяьлла книгаш ешна ца Iаш, штудировать йина цара, къолам, ручка а караэцна.
Дадаш велла аьлла хезча, чIогIа новкъа деара суна. Шарип, тхо цхьаьний хабарш а дуьйцуш лаьттина дукха хан ца яьллера. Дешаран министерствехь гира суна Дауд. Ас кадам бира цуьнга. Наггахь бен вовшийн гуш а доцуш, къамел тасаделира тхойшиннан. Цо сан хIеттахь араяьлла книга хьахийра. «Iаьнан суьйре». (ШолгIа книга, суна вукхул а гIоли хеташ йолу, ца кхаьчнера цуьнга.) Со цецваьллера цо и оццул лерина ешна хиларх, цуьнан оццул лакхара мах хадабарх а. Билггал бакъдолуш, Нохчийчохь кхин цхьаммо а ешна хир ма яц и сел лерина, иштта толлуш а. Цо оцу книгин дина маьIнаш, хьесапаш, цо билгалъяьхна фразеологизмаш, кхидерг, кхидерг а, суна сайна а ца хаьара. Со дукха везарш, со мел хасто гIортарх, цуьнга санна кIорггера чулацам болуш алалур дацара. Цо и соьга ма дийццара дIаяздича, цул мехала статья хир яцара сан кхоллараллах лаьцна.
Со ша волчу хьошалгIа кхайкхира цо. Иза Устрада-эвлахь Iаш ву. Гуьмсе боьдучу новкъахь. Шарип, со а цкъа гIур ву аьлла, барт бина а вара. Кхин цига ваха ца кхуьуш, юха а тIом бели-кх вайна…

10

Цкъацкъа, хIинцалерчу берашка хьаьжча, цецволу со: «Ванах, церан хенахь зудаберашна тIе а хьийзаш, дуьненан классика а йоьшуш, суна ма воккха хетара со». Кхеттал хилчахьана безам бара сан книгехь, ручкехь, кехатехь а. Дуьххьарлера стихотворени пхоьалгIачу классехь язйина ас. Нохчийн меттан урокехь, шолгIачу этаж тIера корехула ара а хьоьжуш. ХIетахь эвлайист йолуш, школан кертах хотта а елла, кIаш дийна колхозан аренаш яра цигахь. БIаьста, дийно сарралц, малхо лепа а еш.

БIаьстенан аренаш,
Нур догу зIаьнарш.
ТIекхечи ларйинарг,
Даккхий хуьлу ялташ.

Кху книги юкъа яханза дуккха а материалаш йисина.
Коьртачу декъана дневникаш.
Гонкур вежарша ма-аллара, эзар шарахь ваьхча а, лечу хенахь, язданза ма дукха дисна сан, аьлла хетар дара яздархочунна. Иштта сан а, яздан лууш, хан, таро а ца хиларна дуьсуш ду кхин дуккха а: хьалхарчу тIамах лаьцна роман; шина тIеман юккъехь хиллачу хенахьлера дешаран системах, нохчийн Iедалх а лаьцна повесть; эмигрантийн дийцарш (царна юкъахь фильтрацийн лагерьх лаьцна, Европехь церан Iер-дахар, цIахь лайна баланаш, уьш тайп-тайпа нах хилар дерриг а юкъалоцуш); историйн миниатюраш; буротохархойх лаьцна повесть; бераллах, къоналлах а лаьцна автобиографически роман; нохчийн, кхечу пачхьалкхийн а яздархойх лаьцна очеркаш…
ХIокху книгана тIехь болх беш, тIедогIуш цхьа сом а доцуш, Далла тIе болх биллина, кхаа баттахь ца кхоччуш Iий со, атталгIа уьйтIа валанза а кIира, ши кIира а долуш. Хийла сахуьлура арахь, со компьютер хьалха хиъна Iаш. Нийсса ткъа шеран (1982-2002) болх бу кху юкъа баханарг. Дикка паргIатваьлла со, хIара книга зорбане кечйина. ХIетте а, ас хIинццалц мел яздинарг, сан дог къуьйлуш, шен зама тIекхачаре хьоьжуш долчуьнца дуьстича, сан кхолларалла хIинцца бен йолалуш а яц.
Яздан Iамаран мур кху тIехь чекхбаьлла сан.
Поэт, спортсмен а пенсе воьдучу хенахь бен кхуьуш вац яздархо. Яздархо кхиа 30-35 шо деза. Нагахь спортсменах чемпион тренерша веш велахь, жимчохь дуьйна ларвеш кхиош, яздархо ша-шена витина ву. Жимчохь критикаш бен, накъостий а ца хуьлу цуьнан. Хьан кхиам хилча-м массарна а веза хьо. Наха даржаш, сийлалла лоьхучу хенахь, ерриг могашалла а дIайолу яздархочун, даго хьоьхург дIаяздан а, ойлана куьг тIаьхьакхио а гIерташ.
«ХIинцца вала велла, вахка а велла дерриг а дIадер ду. Стагана ша йина Iамалш бен, карор долуш кхин хIумма дац. ХIара дуьне а духур хилча, ас яздар а эрна дуй-те?» – ойла кхоллало цкъацкъа.
Дуьненчохь йисина ца Iаш, эхартахь а книгашна юкъахь айса язйинарш а хиларе сатуьйсу ас.