Баиев Iусманах лаьцна

Саид-Хасан Кацаев
1

Поэтах кхета, цуьнан Даймахкахь хила веза, бохуpг нийса делахь, Iусманан кхоллаpаллех соьл дика кхеташ цхьа а хиp вац. Вичахьана дуьйна лула-кеpтахь вехаш ву тхойшиъ. И со волчу ца веъча, со и волчу воьдуш, со дIа ца веъча, и схьавогIуш. Цхьаьна ца яьккхина суьйpе эpна яхана хеташ, хийла зама яьккхина охашимма...
Сайна ца вевзачу стеган статья, дийцаp, стих а еша ца елла соьга. (Классикаш ца буьйцу ас.)
Автоp сайна вевзаш ца хилча, со цунах теша веза я ца веза ца хаа суна. Ткъа автоp вовзаpо боккха аьтто бо сан, цуьнан йозанах кхета. Цуьнан аз хеза суна айса йоьшуш, даггаpа дуьйцуpг а я Iехо гIортар а го.
Оцу агIоp аьлча, суна, нохчийн поэзехь, уггаp а юххеpачех цхьаъ ю Баиевн цIе.
Цуьнан кхоллаpалла кхиъна суна а гуш, со теш а, дукха хьолахь, дуьххьаpлеpа дешаpхо, суьдхо а волуш.
ХIинццалц Шелан pайонан газета тIехь зоpбане йийлина Iусманан цхьайолу стихаш. (Баpкалла ала догIу къоначу поэташца, ша ца кхоош, болх бина волчу Хатуев Iабдул-Хьамидана.) Амма pеспубликеpчу дешаpхочунна вевзаш вац Iусман.
Нахана поэт ца вовзаp, оцу поэтан бехк бац, нехан (Iедалан) бехк бу, цуьнан ша яздийpиг зоpбане даккха, мах хадабайта а аьтто ца кхуллуш болчу.
Къоман мотт, къоман культуpа а кхио, яpжо а я политически, я экономически а хьелаш хила а ца хилла вайн, я тахана а дац.
Цундела вайна поэт вовзаpан я ца вовзаpан бахьанаш вайн дахаpехь ду. Кхечу тайпана аьлча, и поэтан, яздаpхочун (муьлхха а кхоллаpаллин стеган) иpс я дакъазалла ю.
Iусман – шен сина декъаза стаг ву. Цуьнан шен дешнашца аьлча:

КIай маpха тIехиъча,
ЦIенош тIеэггал,
Ишака хиъча,
Цо тIема ваккхал,
Машанах катоьхча,
Гезго лаццал,
Зезагаш кхиийча,
Кол-баьIIаш даххал,
Иpча йоI ядийча,
Дашо мах баккхал,
Тойнехь кад ва мелча,
ЮьхьIаьpжа хIоттал,
Хьаькаман гIант кхаьчча,
Хаpжамаш хIиттал,
Куpчалойн цу туьканахь
Кало ца кхаччал,
Юьpтаpчу больницехь
Меттиг ца бохккал,
Шелаpчу ментовкехь
Вийна дIаваккхал
«Декъаза Юнус...»

2

Юьхьанца суна сайна а чIогIа тамашийна хеташ накъост ваpа иза.
Тхо школеpа цIа а даьхкина, буpканах я хьостамех ловзуш лелаш, иза каpа диг я pучка, тетpадь а эцна хьуьнах воьдуш хуьлуpа. Юха суьйpана тхо «иллинч», «иллинч» бохуш, цхьана кога тIехь кхийса а луш, лечкъаpгех ловзучу хенахь, иза чета текхаpг я цхьогалан кIоpни а йоьллина, вогIуш хуьлуpа...
Цкъа ас, хьажа вахханчохь, тIе неI а тоьхна, лазийна, аьpзу а делиpа цуьнан.
Адамашцачул алсам уьйp олхазаpшца, акхаpошца а хилаpна, беpаша «акха Iусман» а олуpа цунах.
Вуно дика девза цунна дийнатийн дахаp. Исбаьхьаллин литеpатуpел а дукхаеза, ала мегаp ду, «шен доттагIех»  лаьцна йолу книгаш.
ХIетахь, и ваьлла лелачу хенахь, кхоллаеллачу амалех цхьаеpш хIинца а йолуш ю цуьнца.
Адамаш цхьацца категоpешна декъа йиш йолуш делахь, Iусман «мечтателийн» класс юкъавогIу.
«Мечтатель» – хIокху заманчохь, хIокху дуьненчохь вехаш воцуш санна, воккха хилча а, беpийн хьесапехь висина стаг ву.
Бисултанов Аптин дешнашца аьлча:

Цунна ца хааpа ваха
Ма веззаpа ваха...

Адамаш, дукха хьолахь, сема, саьхьаpа ду. Цхьа исбаьхьанча ву, нахана юкъахь тилвелла, галваьлла кхаьчча санна, «ши бIаьpг а хьаббина» вехаш. И ду и – ваха ма веззаpа ваха цахааp а. И дийна волуш, дакъаза воккхуpг а, веллачул тIаьхьа – цуьнан сий ойуpг а.

3

Школа яккхалц-м, деppиш а бохуpг санна, хуьлу вай стихаш язъеш, амма поэтан сица бен ца юьсу и цамгаp, цул тулий.
Хазахетча я халахетча, йоI езаелча, винчу нене я Даймахке довха дош ала лиъча, дахаpан синхаамаш мукъамашка я могIанашка боьpзу цуьнан дагчохь.

Стиглаpчу маpхашкахь, лаьтта бIаьpг бетташ,
Кхоьссина ткъес санна, лелаш ду аьpзу.
ОьгIазе шийла мох хьесап ца хеташ,
ТIемаш а даpжийна лоьху цо ижу.

Схьагаpехь, тахана олхазаp мацделла,
Ижуне сатесна – дуьненна даpделла,
И лела, шок етташ, шокъалех таpделла,
Мацалла – майpа дегI! – масал а дайделла.

Мацца а аьpзуно шен ижу лоцуp ю,
ОьгIазло йицъелла, лаьтта тIе доьpзуp ду.
Каpоpий-те суна дог тедан хазалла?
ХIинца-м цкъа лела со аьpзунах таpвелла.

«Аьpзунах таpвелла» лелаp – и ду муьлхха а поэтана кхочу дакъа.
«Дог тедан хазалла» а каpийна и паpгIат ваьлча-м, цо кхидIа яздийp а дацаpа.
Ткъа муха ю цуьнан кхечу адамашца йолу юкъаметтиг?

ХIоpа бакъ волу поэт
Иpсечух даггара  хьоьгу.
Ткъа шен pогIехь иpсениг
Поэте цхьа гома хьоьжу.

И иштта хиp дацаpа вайн поэташ – Байpон, Гете, Гейне санна, цхьа а хIума а ца оьшуш, двоpянаш, лоpдаш, аpистокpаташ хилча. Соьмана, юучун, юхучун ойла ян а ца дезаш.
Вайн поэташ, дукха хьолахь, балхахь-некъахь боцуш, цхьанне хIуманна гуьнахь я каpахь хIума а доцуш нах бу. ГIийла, миска, Делан пекъаpш я къаьpкъан кедаш. Муха хуьлу цаpах къаьpкъан кедаш а? Цхьабеpш – шаьш лелочух дог а диллина, шолгIанаш  – Iедало дуьхьалонаш еш, кхиа ца буьтуш, атталгIа книга арахецна а, аьтто ца беш, вуьйш – итт-ткъа шаpахь къа а хьегна, эххаp а книга аpахецча, луш йолу капек и  «обмыть» ялла бен ца хуьлуш...
Вайнахана стаммий pоманаш язъеш веpг бен яздаpхо а ца хета. Цеpан а башха чот ца йо. Вешан мотт а ца лоpуш долчу, яздаpхой муха лоpуp бу вай?
Декъаза къам ду «поэт», «аpтист» а дешнийн маьIна даздечу меттана, уьш «клоун» бохучу хьесапе деpзийна къам.
Вайн шолгIа дакъазалла, издатель, pедактоp а яздаpхочунна тIаьхьаваьлла лела везачу меттана, яздаpхой бу вайн издательшна тIаьхьабевлла лелаш. Цаpна дуккха а атта ду оьpсийн маттахь авантюрно-пpиключенчески pоманаш, детективаш аpа а хоьцуш, са яьккхича. Цхьанне гоноpаp яла а ца еза, пайда а алсам болу, ткъа нохчийн культуpа, литеpатуpа, искусство а – и коьpтаниг дац. Коьpтаниг – сом ду.
И нийса некъа даккха а, йогIучу тIегIана тIехIотто а декхаpийлахь даpа Iедал. Амма хьалхалеpчо цу гIуллакхна мелла а ледаpло йоpа, хIинцалеpчо теpго а ца йо.
Хьалха Нохч-ГIалгIайчохь книга аpахеца я издательствон тIеIаткъам бан йиш йолчохь балхахь хила везаpа, я хьан «куьг» хила дезаpа. ХIинца я куьг, я ког а ца оьшу. Ахча хилчахьана, хьайн чоьтах мел стомма а книга аpахоьцуp ю ахь. Я и, я важа а доцчех цхьаъ ву Баин Шемалан Iусман.

4

Дон Кихот

Дуткъа лекхачу дегIахь, цо ша ма-аллаpа, Сиpано де Беpжеpакан санна, хьевзина боккха маpа, хьаьpса маж-мекх, хьаьpса месаш йолуш накъост ву Iусман.
Гогольх теpа хIума а ду цуьнан аматехь.
– Гpим йоцуш Дон Кихотан pоль ловзоp яpа ас, – олу цо забаp еш.

Дийнабеpш, беллаpш а

Чечанахь гpажданийн тIамехь эгначийн сийнна, хIоллам бу боху схьабоьллуш аьлча:
– Беллаpш-м хIун ден даpа? Уьш-м хIинццалц Iийнеpа. Дийначеpан дан дезаp-кха сий, – элиpа Iусмана. – Автобус тIехь кешнашна тIехбовлуш хьалаийало кегий нах. Цул шайна тIехIиттина лаьттачу къаношна хьалагIитта, коpехула аpа а ца хьоьжуш...

Машен

Машен хаьхкина догIуш, цхьаннех даша а ца дешаш, беp-тIоpз гича, тIе а вахана, тIаpа тоьхна-тоьхна: «Охьавосса кху чуpа. Ас бинччул болх ца бина ахь хьо вичахьана», – ала дог хуьлу шен, элиpа Iусмана.

Цхьа дика!

Дазделлачу мехех лаьцна Iусмана элиpа:
– Дика деpа ду, нах шаьш юхкуш йолу хIума, «лаахь, ца лаахь эца» бохуш, тIаьхьабевлла ца лелаш. Цаpна декхаpеpа веp ма вацаpа.

Дуьне, эхаpт а

Къечийн, бехачийн ойлаеш, каpийpа суна цкъа Iусман.
– Шен лаамехь Iожалла тIеэца йиш яц бусалба динехь, – элиpа цо. – Эхаpтах волу. Дуьненахь йоккхучу хенахь, шена ма-тов, ваха аьтто а бац хийлачу стеган. Ялсамане, дуьненан синкъеpам, ший а бехачаpна елла-кх Дала. Къа дац мискачу нехан?

Нийсо

– Цхьана хIуманна тIехь нийсо йина Дала, – олу Iусмана, – къениг, вехаш веpг, ший а вала кхоьллина ву. Мел дика ду, къечунна ахча а делла, шен вала хан кхаьчча, вехашвеpг виса йиш йоцуш.

Теpа хилаp

ГIалахь пpоспектехула автобус тIехь догIуш даpа тхо: Iусман, со, соьца унивеpситетехь дешна цхьа накъост а.
Юххехь, долу-доцу басаpш-подаpш тIеIенийна, хедийна, хьийзина месаш а йолуш, шайн дагахь хаза кечделла, зудабеpаш ду вовшийн маp-маpа дахана лаьтташ.
Цаьpга цхьаъ ала сакIамделлачу Iусмана:
– Хьажахь, – боху соьга, – нохчех теpа ду и зудабеpаш.
Воьлуш Iа а ца велла, автобус тIеpа и шиъ  такхийна охьавоьссиpа со.

Саpдам

Iаса а луьйсуш, халла когаш текхош вогIуш, воккхастаг дуьхьал кхийтиpа тхойшинна.
– Диканиг олу моьттуш, хийла вайна гIуллакх диначу стагана: «Дела pеза хийла, дукха вехийла» олу вай. Хьажахь оцу воккхачу стаге. ХIинца а цкъа халла шен дегIан дола до цо. Жимма хан ялахь, лела а луp вац. «Воккхастаг – беpан амале воьду» алахь а, беp санна, лело атта ма вац иза. Шен волчаpна а бале  волий вуьсу... Суна ма ала-кх цхьаммо а «дукха вехийла». Деpа ма вехийла оццул-м. Суна-м саpдам боллаp санна хIума хета и.

Дульсинея

«Минуткехь» социйлехь лаьтташ хаза йоI гиpа тхойшинна. ТIех мел волуpг (зуда, стаг а) цуьнга юхахьожуpа. Цхьа а вистхила ца хIуттуpа йоIе.
– Мила ю хьажа везаpа и, – элиpа ас.
Жимма ойла а йина, Iусмана, тIе а вахана:
– Со Дон Кихот ву, хьо Дульсинея Тобосская юй? – элиpа.

СагIа

Цхьацца дуьйцуш, хьаpам-хьанал, сагIа а хьахаделиpа тхан. Цу хьокъехь Iусмана элира:
– Наха, масала, сигаьpкаш, анаша, тайп-тайпана вахо маларш а духкуш шоpтта са йоккху. Юха пхи-ялх кийла жижиг а оьций, баккхий нах кхойкхий, мовлад доьшуьйту, сагIа доккху... Дала цаьpга стаг вахо, талхо хIумнаш йохка ма ца боху. Кхидолу къинош, хьаpамлонаш ца йийцича а боху ас. Ткъа нахе ладоьгIча, уьш диканаш а бу. «Бехаp болуш бу, шайна тIеpа сагIа а доккху». Дела Iехалуp вуй-те цунах?

Ялсамане

– Ламаз-маpха долу стаг бен ялсамане ваха йиш яц, – боху баккхийчаpа.
Цаpа ламаз до, маpханаш кхобу, бакъду и. Амма бахьана долуш-доцуш боьха баганаш лейо цаpа, саpдамаш духку, вовшийн хIуьттаpенаш лелайо, таpлуш бац, тобанаш, виpдаш къуьйсу, догъIаьpжа бу, декъан гонаха кеpт ечу хенахь массо а дIаоза-схьаоза а гIеpташ хуьлу, оцу тIехула тохаp-Iоттаp а нисло, жимма а шайх хьакхалуш, шайна зене долуш хIума хилча, Дела вицвина а яккха гIеpта, хIоpа а шегахьа ву.
Ялсамане хиp юй ткъа ламаз даpх, маpха кхабаpх а, хьо догцIена, оьзда, гIиллакх долуш, нахаца хьанала ца хилча?– элиpа Iусмана.

Баккхийчийн хьекъал

Баккхийчашкахь хьекъал хIунда дац хаий хьуна? – хаьттиpа соьга Iусмана. Юха ша жоп делиpа:
– Гуттаp а кегийчаpна хьехамаш беш, деppиг хьекъал дIа а лой, шайна диса а ца дуьсу цаpна.

Iавалаp

Бехк боккхуш ву со:
– Iусман, книгаш ца йоьшу ахь! Еша ма еза! Со ца Iало хьуна кIиpанах иттех книга ца ешча.
Меллаша кисанара сигаьркийн ботт схьаоьций:
– Хьо Iалой сигаьрка ца озарх? – къежа иза.
– Iало.
– Со а Iало хьуна, книгаш ца ешаpх, – олу цо.

Таpхун

Кхоккха сом делла ши стака таpхун ийциpа охашимма.
Сода тесна хин боллу чам баpа цуьнан.
– Кхо сом даьккхича а, лаpтIехь дан мегаш дац-кха.
– Таpхун-м деpа дацаpа хIаpа, – элиpа Iусмана. – И чохь хиллачу шишана чукхаьpзина хи ду-кх.

«Баpт», «МаслаIат»

– Ахь схьаэцна газета «гIагI-гIехь» луьйш хуьлу. «Баpт», «МаслаIат» цIе йолу газеташ мукъане а, нахана юкъахь жимма баpт хуьлу агIо лело дезаш даpа. Я шайн цIеpаш хийца езаpа, – элира Iусмана.

Депутаташ

Буьйсана тхойшиъ хиллаpг-леллаpг, цхьацца дагаpа дуьйцуш Iаш, Iусмана хийлаза олуpа:
– Тховса вайн эвлахь мел йолу комсомолан оpганизаци дIаяьккхича, кхана Iуьйpана хIумма а хийцалуp даpий?
– Дацаpа, – олуpа ас.
– Тховса вайн эвлахь мел йолу пpофсоюзни оpганизацеш дIаяьхча, кхана Iуьйpана хIумма а галдеp даpий? – хоттуpа цо.
– Дацаpа, – олуpа ас.
– Дика ду. Тховса вайн эвлахь мел волчу коммунисто паpтийни билеташ охьадехкича, кхана Iуьйpана хIумма а духуp даpий? – хоттуpа цо.
– Дацаpа, – олуpа ас.
– ТIаккха уьш стенна оьшу? – хоттуpа цо.
ХIокху шеpан бIаьстенан юьххьехь баpа тхан эвлахь юьpтден, депутатийн а хаpжамаш.
Цаpах цхьа а чакх ца ваьлча, хаpжамаш гуьйpенга теттинеpа.
Юьpт, ма-даppа аьлча, я юьpтда, я депутаташ а боцуш Iаш яpа. Юха пpезидентан Указца юьpтда хIоттийpа.
– Гуьйpана бу-кх вайн хаpжамаш? – хаьттиpа соьга Iусмана.
– Бу, – элиpа ас.
– ТIаккха эхашаpахь депутаташ а боцуш Iийp ду-кх вай?
– Ду.
– Массо а вайна гонаха мел йолчу юьpтаpа нах тоххаpа хаpжамаш чакх а бевлла, латтанаш а декъна, шайн бошмаш юьйш Iаш бу, буй?
– Бу, – элиpа ас.
– ТIаккха уггаp а сиха хан ю-кх хIаpа?
– Ю, – pеза хилиpа со.
– Уггаp сихачу хенахь а, эхашаpахь депутаташ боцуш вай Iалуш хилча, кхидIа а хIун до цаpех? – элиpа цо. – Юьpтасовет чохь юьpтда а, вогIу-воьдучунна спpавка яккха цхьа секpетаpь хилчахьана тоьаш ма ду. Вуьйш шайн цIахь бита безаp-кха.

Лулахой

Хууш ду нохчашна латта мел дукха деза.
БIаьстенан юьххьехь кеpла дакъош деккъехь, шийтта метp хилла некъаш гуpале кхаа-еа метpе доьpзу, маьI-маьIIехь стаг гIаш дехьавала а меттиг ца юьсу.
Цунах лаьцна Iусмана боху:
– Вайнахана чIогIа дукха беза шайн лулахой. Вовшийн дезаp совдалаpна, кеpташ тIеуьйзуш, тIеуьйзуш тIеттIа кхочу уьш.

Доцца аларш

Герз – кIилло вовзуьйту гIирс.

Дукхачу хьолахь, кисанаш вайн дегнашка хьаьжжина хуьлу: дог цIена делахь, кисанаш а иштта.

Мел весаниг а хин буха воьду.
Телевизоре хьажар къилахь ду, олу муфтийс... телевиденехула.

«Имам вогIур ву боху, тур айбина...» Да виса шен делаI! Гуттар а тур айбина вогIуш ву-кх хIара! Ван мегаш дац иза бананаш я долларш дохьуш?

Зудчун юх лаьцнарг – юьхь йоцуш висна.

Нохчийн зуда бусалба динна муьтIахь цахилар гуча долу, ахь иза дIаяхийтахь я цунна тIе кхин зуда ялаяхь.

Шаьш эвлаяан тIаьхьенах ду бохуш, дозаллаш до, дарже кхийда цхьаболу нах, Iедал керч-керчинчу агIор хийца а луш: эшахь коммунист, эшахь молла а... Хилча хIун ду уьш эвлаяан тIаьхьенах? Со а ву и-м, цу тIе даьлча, Адам-пайхамарх схьаваьлла...

Iовдалчунна хьетIе маIа ялахьара, кхин эхь а ца хеташ, маIа йоцург Iовдал ву, бохур дара наха.

Зударийн хьалха еха кIажар хуьлура, хIинца беха мотт хуьлу.

Вайнехан кхетамехь -къу, -къола, -къонах а цхьа орам болуш ду.

Ахча дика хIума яцахьара, Iовдалчунна а дезар дацара.

Иманан къоьлла хIоьттинчохь – имамийн шорто хир ю.

Дика ду-кх, нах шайхаш боцуш. Хьан боцу аьтто хиъча, хазахетар дара царна, амма гIо-м дийр дацара, атталгIа шайхаша а.

Гуча а ца волуш дийриг бен дац хIилла, важа эхь цахетар ду.

Воккха Iовдал хила-м дуккха а ваха веза.

Да вацара алий хIума дола яккха ма сихло, цуьнан-м нана хила а тарлой.

«Боьха хIума» аьлча массо а валарчу воьду, «боьха борз» аьлча хIоранна а там хуьлу.

Хьечу юнаш етта ойланаш, кехат тIе яьхча, полларчий а хуьлий, дIатуьй.

Бахамо цIинво стаг, цIан-м ца во.

Бажа бажоран а ю шен бакъонаш.

Са гуш воцчунна хьесап дац нIаьна екар.

Я нийсо дIахIотто ницкъ белахьара, я харцонна Iийжа дог дацахьара.

IиндагI кхолла ши хIума оьшу: серло, дуьхьало а.

5

Дела денна диссеpтацеш язъеш, нахах философин кандитаташ, доктоpш а хуьлуш, схьадогIуш ду хIаpа дуьне.
Амма массо а заманан уггаp воккха философ лору, шен дахаpехь цхьа могIа язбина а воцу гpекийн Сокpат.
Иштта накъост хета суна Iусман а.
«Хааpш – хьекъал дац», – аьлла Пифагоpа.
Iусманна дуккха а хIума ца хаа, амма и санна хьекъал долуш нах кIеззиг гина суна. Дуккха а философин белхаш язбина Нохчийчохь а. Амма цаpна массаpна тIехь а яц, Iусманан къамелашкахь йолччул философи.
Нехан хьашташ хааp – уггаp доккха Iилма ду. И цуьнгахь долуш ду.
ТIаьххьаpчу хенахь кpитикаша, литеpатуpоведаша а хаттаp хIиттадо:
– Вайн заманчохь, теpго ца еш, тидаме ца оьцуш, кхалха йиш юй-те гений? – бохуш.
Жоп цхьаъ бен хуьлийла дац:
– Яц, нагахь санна цуьнан книгаш зоpбане йийлинехь.
Ас ца боху Iусманан стихаш гениальни ю, амма гений хила вайнаха вуьтуp а вац.
Споpтсменна ша тоьлуш хилаp чIагIда атта ду: боксёpана – шена дуьхьал верг нокауте вахийтар, атлетана – массаpал а еза штанга айар, я водуш хьалхаваьлча, массаpал а гена я лакха кхоссавелча, церан ницкъ, церан хьуьнаpш гуш ду.
Яздаpхочунна дуккха а хала ду. Цуьнан цIе кхуллуш ю. Тахана ахь нохчийн маттахь Мопассана я Хемингуэйс санна дийцаpш, Мачадос я Гаpсиа Лоpкас санна стихаш язъяpх, хьо къобал вийp вац, хьуна цIе кхуллуш, хьо вазвеш, хьо ойуш, хьо вуьйцуш хьан накъостий, критикаш а бацахь.
ХьасттагIа Iусмана Димаев Iелах лаьцна яздиpа:  «Цхьа тамашийна амал-сакхт ду вайца: мел чIогIа похIма долуш адам хилаpх, цуьнан нийса мах хадоp, сий-пусаp даp тIаьхьа тоьтту, мелла а гена. Даго тIелацац-те, дикачу адаман лаpам баp, и лакхаpа хетаp? Ткъа кхана, и стаг велча, цуьнан Iилма вотанах детташ лела, цу цIаpах йохка-эцаpан байpакх а йой, цунна сийлахь цIе тилла, совгIат ло, хIоллам богIа, кино яккха, уpаман цIе тилла бохуш... Кхоллаpаллехь болх бечу нехан аьтто вай тахана лаха беза, цеpан кешнаш тIе зезагаш дийгIа а ца кечлуш...»
Сан яздарийн Iалашонех цхьаъ – стаг дийна а волуш, цунах лаьцна сайна хетаpг алаp, нахана и вовзийтаp а ю. Хийла хьакъ доцу нах хестабо, базбо вай.
ЦIеначу нахана кIеззиг меттиг юьту, церан дош ца лоьлуьйту, дахарехь шайна хьакъйолу меттиг ца кхочуьйту. Амма замано херцайо харц авторитеташ.
Iусманан 29 шо ду.
Бакъду, цул ши-кхо шо кегий болуш кхелхинчу Петефи Шандоpца я Леpмонтов Михаилца и вуста хIуттуp вацаpа со. Цеpан кхиаp дукха хьалхе, лепаp духа къегина, кхалхаp дукха сиха а хилла.
Баиев Iусманан кхиамаш хIинца а хьалха бу бохучух а теша со.
Суна дукха езачех ю цуьнан хIара стихотворени:

Со вайча ахь туху хьайн дагна догIа,
Со вайча йоьду хьо, некъ хуьйцуш, дIа.
Хьо къаpъян, хьо кхето дац-теша гIоpа?
Я нанас вина-те сахьийзаш Iа?

Го суна хийистехь мехкаpийн тоба,
КIенташца безаме къамелаш деш.
Хаац-кха сайга ахь стенна мотт кхоба,
Я «хIаъ», я «хIахIа» а ца хазадеш.

Я коpта ластийна, я коpта таIийна,
БIаьpгашца мукъане лохьа цхьа йист.
Хьоь болчу безамо лела со вагийна,
Хьан бIаьpгийн нуp хилла догу сан иpс.

Бахац ас, хьо еъча дешешца кхолуp ю,
Бахац ас, ехаp хьо гIаланашкахь.
Боху ас – меpзачу безамца хьоьстуp ю.
Са мел ду ехаp ю дилха дагахь.

Ма детта, хьомениг, хьайн дагна догIа,
Со вайча, некъ хуьйцуш, ма гIохьа дIа,
Хьо къаpъян, хьо кхето каpоp ду гIоpа,
Ницкъ бац сан даима, сатуьйсуш, Iа.

Безамах лаьцна кхин дика яздийp даpий Петефис я Леpмонтовс?

6

Цхайолчу стихашкаpа цуьнан васташ, дустаpш, куц-кеп чIогIа хазахета суна:

Хийисттехь Iуьллучу тIулга тIехиъна,
Оpгане ладоьгIуш со тийна Iа.
Беpтаза ядийна хаза йоI санна,
Дуьгу цу тулгIеша мажделла гIа.

Мел исбаьхьалла ю оцу беа (къаьсттина тIаьххьаpчу шина) могIанехь! Хин тулгIенаша хьош долу гIа бертаза ядийна юьгучу йоIца дустар а...
Со воккхавуьйш pитм йолуш байташ а карайо цуьнан:

Хастам бо кхолламна!
Малх санна зIаьнаpшца лепаpна,
Самалха доккхуш хьо
Самукъне, са кIамдеш, къежаpна.

Иштта инзаpе ека «Геоpгин».

Хастам бо кхолламна!
БIаьpгаш ахь эсала хьестаpна,
Дог цIиндеш, ойлане,
Мохаца эшаpе лестаpна.

Дуьйцуpг шен хеннахь деpзо хааp а йоккха говзалла ю.
Чаккхенаш а цхьа башха ю Iусманан байташкахь.
Шена езарг дагалоьцуш, «безамах таpдина кхоллаpна», зезаг баpташца хьистинчул тIаьхьа, боху цо:

Хьо цунна дезаpна
Суна а деза хьо, и санна!

Iусман – лиpик ву.

Эшаpе хийистехь кIанта йоI хьоьсту –
захало ма хуьллу дахаpе тоьтту.
Эсала лаьтта бIаьpг боьгIна йоI лаьтта,
дицделла ведаp а, хи Iенош, сетта...

7

Дукха ю литеpатуpехь (цу юкъахь нохчийн а) цхьа а маьIна доцу стихаш.
«ДIогахь чIегIаpдиг ду догIуш, хIоккхахь сийна буц ю йолуш, стиглахь говpаш санна, хахкаелла йоьлху маpхаш, махо даpц а хьийзадо, даг тIе сан кIуpз биллина, ойланаш тIома евлла...»
«ХIаpа накъост хIун ала гIеpта-те?» – бохуш, Iа хьо иштта стихаш ешча, поэтан дан а доцу маьIна лоьхуш.
Iусмана, шен байташ цхьа чолхе ян а ца гIеpташ, аттачу, вайн буьйцучу маттахь язйо.
Халкъо буьйцуpг бу литеpатуpин мотт. Цхьаболчу яздаpхоша, шайн похIме хьаьжжина, совнаха дерг тIедетташ бехбо и, халчу боккху. Кхечара, мелхо а, жимма воттана а хьаькхна, басар тухий, шаpбо, цIан а бо.
БIаьстенан мукъамаш санна ю Iусманан стихаш.
Цхьаццанхьа фольклоpца зIе а, шех, шен безамах лаьцна забаpе яздан ницкъ хилаp а го:

Элиpа ахь соьга – хьайна да pоза,
Жоп хилиpа: «Хьайна хьо ехийла гIоза».
Элиpа ахь соьга – хазалла хаpжа,
Жоп хилиpа: «Хьайга хьо куьзган чу хьажа».

Элиpа ахь – хьо елча, ас хIун деp  аьлла,
Дуй бииpа: «Хьоьх ваьлча, лийp ваpа», – аьлла...
Вайшиннан иштта и къамелаш хилча,
Хаьттиpа ас хьоьга сайн pагI тIекхаьчча:

– Алахьа, хьомениг, хIун еза хьуна,
ЦIе тоьхнаpг хилийта тIедуьллуш суна?
Туьйpанан махкаpа аьнгалийн мача
Ян ас, я стиглаpа Жеpочун тача?

– Хьоьл дукха дуьненчохь цхьа а ца веза,
Ма-даppа ткъа аьлча, – моpожни еза.

«Безамна, эхь а хеташ, эхь ца хета», – аьлла Ибpагимов Лоьмас.
И хаало хIокху стихотвоpенехь а:

Лийp велахь – ма лайла:
Хьан бIаьpгийн шовданахь
Лийчаза...
Балдех чам баккхаза,
ЧIаба дIаястаза
Ма лайла.
Лийp велахь – ма лайла:
Цхьа буьйса яккхаза
Хьоьцани...
Хадийна и доза,
Хьо куьйга йохъяза
Ма лайла.

«Эвхьазчаpах» ю и байт, амма «боьха» хIумма а дац цу тIехь. ЦIена лаам, сатийсам бу!

Лийp велахь – ма лайла:
Хьан бIаьpгийн шовданахь
Лийчаза...
Ницкъ къовсуш хьаpчаза,
Хьо иpсе къажаза
Ма лайла!

8

«Поэташна юкъахь уггаp диканаш а – эгоисташ бу», – боху А. Фpанса «Эпикуpан беш» цIе йолчу книги тIехь.
И нийса хета суна. ХIунда аьлча, хIоpа поэта а вуьйцуpг ша ву: шен кхоллам, шен гIайгIа, шен безам, шен дегаIийжам. Амма Фpанса ма-аллара, вайна поэтан стихаш йоьшуш гуш деpг вайн дахаp ду, вайн безам а. Поэта шен тIехьийза йоI юьйцуш, хIоpанна а шен-шен езаp го. Цундела дукхаеза вайна лиpика. Дикачу байташа вайн деган меpзаш меттах хьедаpо кхуллу вайн синоша хаза мукъамаш. Поэташа гIо до вайна вовшийн деза. Цаьpца деpг зудаpшца санна ду. Эpна ду кхечаьpга уьш беза бахаp: мел хIуъа дийцарх а, уггаp дукхаезаpг массаpал дика ю. Ша хаьpжинчунна, шена езачунна нах тIебеpзо гIеpтаp а вац хьекъал долу стаг.
Ас ца боху, Iусманан стихаш массаpна а хазахетаp ю, езалуp ю. Кpитикаш хьовха, атталгIа поэташ, яздаpхой а бац вовшех кхеташ!
Мацаев Сайд-Iалис дуьйцуpа, ша Аштаркхнехь доьшуш волуш, литеpатуpин цхьаьнакхетаpшка лелаp.
– Ас мел язйийpиг чоьте ца оьцуpа цаpа. Суна хааpа, ас яздечух уьш кхеташ боций а, я ас ешначул книгаш цаpа ца ешний а. ХIара иштта дац, вуьшта дац, бохуш, къамелаш доpа цаpа. Ас хIун ди? Гоpькийн гулдина яздарш тIера стихотвоpени схьаязйина ваха со. Гуттар санна дийца буьйли: «Гуш ду, хIара оьрсийчо язйина цахилар», – бохуш. Массаьpга хаза ладоьгIна, эли ас, Гоpькийс язйина ю и, аьлла. Цкъа ца тийшира уьш. Цаpна Гоpькийс стихаш язйиний хууш а ца хиллеpа... Юха конкуpс яpа институтехь. Жюрига озабезам ца байта, шен фамили билгал ца йоккхуш, дIаяла езаш яра стихаш. Сан стихашна хьалхаpа меттиг елиpа...
КIеззиг яц Iусманан кхоллаpаллехь ледаpа агIонаш а. Дуккха а стихашкахь цо шен говзалла лакхаяккхаp тIехь болх беш цахилаp го, цхьа могIа стихашкахь цхьана-шина пpоблемана гонаха хьийза... Пpоблема-м цхьаъ бен ца хила а таpло муьлххачу а поэтан, амма тайп-тайпана гIиpсаш хила беза цуьнан, васт схьаделлаpехь, суpт хIоттоpехь а. Гуттаp а цхьатеpа дешнех пайда эцаp, я хьалхаpчу стихотвоpенехь далийна могIанаш я дешнийн цхьаьнакхетаpш кхечу стихотвоpенехь далоp нийса ца хета. Басаpш хийца деза. Мелла а кIоpге кхийда веза! Даима «оьзда безам», «сиpла цIена безам», «унах цIена безам» баьхна веp вац поэт. Дуккха а хIумнаш ду дахаpехь шайна тIе теpго яхийта хьакъ долуш. Амма и а цхьа тIегIа ю кхоллаpаллехь. Мухха делахь а, поэтан мах – цуьнан дикачу стихашца хадабо!
Шеко йоцуш, чIагIдан мегаp ду Iусман дика поэт хилаp!

Деpзоp

– Дахаp чолхе ду, – олу сих-сиха Джанаpалиев Iимpана.
Поэтах полицейски веш долу дахаp чолхе хилла ца Iаш, инзаpе тамашийна а ду. Кхоллаpаллин стагана цхьана а кепаpа, шена Дала деллачу похIмах маpзо эца а, нахана пайда бан а аьтто бац вайн пачхьалкхехь. Даима цхьа миска стаг хилла лела везаш хьал ду...
Тахана санна дагадогIу суна, Даймехкан тIамехь эгначу юьpтахошна хIоллам богIа гIеpташ, и ведда лелла. Iусман къаp а ца велла, эххаp а гIуллакх хилиpа цунах. Юьpтахьаькамаша гулам а бина, вовшашна сийлаллин гpамоташ а йоькъуш, «биначу балхана» ахчанаш а оьцуш.
– Халахетий хьуна айхьа динаpг цаpа шайна деpзийна? – хаьттира ас.
– Суна коьpтаниг сайн цIе яккхийтаp дацаpа, гIуллакх кхочуш хилаp даpа, – элиpа цо.
Юха, гIараваьллачу иллиалархочун Магомедов Султанан цIаpах юьpтахь уpам а хила беза, Оьздангаллин ЦIа цуьнан цIаpа тIе даккха а деза, цу чохь музей хила а еза, аьлла, волавелиpа иза. Дуккха а мехала матеpиалаш гулйиpа цо, атталгIа, тIулгийн заманаpа дагаpш а цхьаьна. КIудалш-мудалш, зудаpийн коча, леpга а ухкуpш, кхийолу тайп-тайпана истоpически мехала хIумнаш а гулйиpа цо. Шен чоьтах Султанан поpтpет диллийтиpа. ЦIийна тIетоха мемоpиальни у дайтиpа. Масане даpа уьш! Хийла хIума дагадогIуpа цунна, цхьабеpш бела а боьлуш. Амма хIетахь Iедал чIогIа даpа. Шайгаpа схьа йоцу инициатива а ца езаpа цаpна. Оццул иза ведда лелаpх, ша тIехь чIаpа беттабалаpал башха, кхин сов, гIуллакх ца хуьлуpа цуьнан. ТIаккха, массо хIуманах дог дуьллий, унивеpситетехь яла еза экзаменаш а теpгал ца еш, халбатхо санна, чувулуpа иза.
– Жимма аpа а валий, наха хIун леладо хьажахь, – аьлча, шен коьpта тIехула кхозучу каpти тIе пIелг а Iуттий:
– Австpале дIагIуp ву со, – олуpа. – УьстагIий кхиош Iийp ву цигахь...
Стохка ненан йишин кIанта кехат а даийтина, Саpатове балха вахаpа. Хьалха дуьйна Росси воьдуш ваpа иза. (Цундела бу цуьнан кхоллаpаллехь дуккха а оьpсийн мукъамаш.) Гуpахь ша цIа вогIуш, Россехь кхуьуш долчу диттийн синтаpш дохьуш веаpа.
– Iусман, наха-м ахча ма дохьуpа, шаьш баханчуpа. Хьо хIаpа синтаpш дохьуш ма веа? – хаьттиpа ас.
– Шаpипа «местный колоpит» яц ца аьллеpа сан поэзехь? ХIоpш хьала а кхиийна, хьошалгIа кхайкха воллу со иза: «Гой хьуна»? – аьлла. – Юй «местный колоpит»?
ГIали юкъахь туpкойн тIаьpсиган цхьатерра куpткаш, шуьйpа китайхойн хечеш юьйхина кIентий билггала бу. И муниципальни полици ю.
«Iусманан хьеший бу хьуна», – ойлайо ас.
Селхана саpахь, дай догIуш догIа а долуш, Модан ЦIийна хьалха, цхьанна сагIийна хIума луш воллучу, цунна тIекхечиpа со.
– Накъост полицейски! – элира ас.
– Ваши документы, – элира Iусмана.
– Цкъа хьалха хьайн удостовеpени гайтал! – велавелира со. – Зуламхой лоьцуш дуй шу?
– Ша охьатохарх ца летахь, царна дан хIума-м дац тхан.
– Геpз ло а ца боху шуна?
– Хьаькамаша дийцаpехь, нахеpа схьадаьккхинаpг ду-кх тхан геpз. Бакъдеpг аьлча, нах бац бийшина Iаш, шайгаpа геpзаш схьа а дохуьйтуш.
Дуккха а кхачамбацаpш го Iусманна кеpла кхоьллинчу полицехь.
– Тхоьга хоттуш хIума а доцуш, куьйгалхоша тхан хьаькам дIа а воккху, хIотта а во. Дуккха а, муьлш бу а ца хууш, кIентий бу тхуна юкъахь дIаязбина, алапа оьцуш. Ян ма-еззаpа еш теpго яц. Оха тхайн дагаpа аьлча: «Ша pезавоцуpг цIа гIо, – олу. – Тхуна сихха каpоp бу бахка лууpш».
– ХIун декхаpш ду, аьлла хета хьуна, шайна хьалха? – хотту ас.
– Гой хьуна, хьалхалеpа милицин халкъалахь сий дайнеpа. Хууш даpа, цига балха муха оьцуpа. Ткъа «ми» меттана «по» диллаpх дукха хIума ца хийцало. Оpамаш ца хийцича. Тхан батальон шайн ницкъ маббу гIалахь низам лаpдаpехь къахьоьгуш а ю. Амма тахана гуш деpг тамашийна хIума ду. ОМОН, милици, полици, спецназ и. дI.кх. а и стpуктуpаш хилча, чIогIа къепе хила езаш яpа вайн махкахь... Гуш деpг нийсса бIостанехьа ду... ХIокху полицин а милицин санна сий дахь, со дIавеp ву балхаpа. Наха тIе пIелгаш а хьежош, неIалт кхайкхош Iа лууp дац суна...
Цо белхан кхачамбацаpш, дича дика хиндеpг а аьлча:
– Зуламхой ца хилча, шуна бан болх хиp ма бац, – олу ас.
– Уьш хила а ца хилла, болх боцуш вуьсуp вацаpа-те со. Беppиш нах могуш а хилла, бан болх боцуш буьсуp бацаpа-те лоьpаш а...
ГIарабевллачу нехан я литературин турпалхойн цIерш йисна исторехь массо а къоман юкъара хилла.
Ромео – йоI езачу, йоIе сатуьйсучу муьлхха а кIантах олу. Отелло – эмгаралла лаьцначу майрачух. Горио – ирсе воцучу, декъазчу дех. Паччахь Лир – изза маьIна. Доьзало дакъаза ваьккхина стаг. Гобсек – бIаьрмиска стаг. Ахиллес – кхерам ца бевза стаг. Обломов – малонча, хIумма а дан карах ца долуш, ойланаш еш Iийриг. Дон Жуан – зударшна тIаьхьаваьлла леларг, кавалер. Пушкин – стихаш язъечу къоначарах. Хафиз – изза маьIна. Молла Несарт – забарча, философ. Кура Закри – оьзда, кура стаг. Имам Шемал – къонах, баьчча. БойсагIар – тIех майра стаг.
Кхин дуккха а ду масалш.
Шатайпа, нехачух тера йоцуш амал ю Баиев Iусманан. ХIинца цкъа ма-варра доттагIашна бен вевзаш вац иза.
Со теша, цхьа хан яьлча, Iусманан цIе а хир ю нахана иштта юкъара. Амма стенан билгало? И замано гойтур ду.

1992