Дневник. 1996

Саид-Хасан Кацаев
БЕРЗАЛОЙ

1

Нохчаша шаьш берзалой ю олу, ткъа берзалой шаьш юьзчий, мацъелчий вовшашна ямарт хуьлуш хилар диц-м ца делла теша вайна?
Шамсудинов Бувайсар.
(“Орга” журнал кегош Iаш карий.)

2

ЖIов, марс меттана вайн пачхьалкхан герб тIе борз тоьхчахьана вайнахах а берзалой хилла.
Амма дуккхаха берш шайн амалехь берзан хIумма а доцу, байракх тIера еккъа цхьа билгалонан хьаьрк схьа а лаьцна, даккхий къамелаш а деш лела, шайна пайда лоьхуш...
Оцу нахана аьлча санна хийтира суна Бунин воьшуш: “...в волки лезешь, а хвост собачий”, бохучу аларна тIеIоттавелча.

3

Цхьайолу берзалой арданга юкъахь берзалой ю. ДIасалахка ахь уьш, хIораннах а жIаьла хир ду.
(У.Фолкнер юкъара.)

4

“Мел дукха кхабарх, борз хьуьнчу хьежаза ца Iа”.
Нохчех лаьцна аьлла дуй-те и?
Оьрсашка хаьттича-м иштта хуьлу и.
ДIаюьтур ю-кх!..

5

“Я волком бы выгрыз бюрократизм”.
В.Маяковский.

Нохчийн хIу хьакхаделла хилла моьтту суна и борз а.


ШАЙТIАНИЙН СИНКЪЕРАМАШ

Баккхийчара дуьйцу:
– Хьалха-хьалха шайтIанаш гуш хилла. Юьрта йистехь синкъерамаш беш, нах сакъера лелаш. Хийла меттиг ю цара стаг Iехийна. Тойнехь тоьллаче охьа а хаийна, даош, малош, шена хуьлург хIун ду хаале кхо тIехь хиъна Iаш каравойтуш.
Цхьа стаг нисвелла синкъераме.
Гуттар чIогIа шен самукъа даьллачохь, тапчанах катоьхна боху цо.
– Ма кхосса герз, – дехна цуьнга.
ХIокхо Iа ца велла тапча ялийтича, берриг синкъерам дIа а боьхна, эрна арахь ша висна хIара.
ШайтIанийн самукъа долу боху адамаш Iехош. Амма цIарах, герзах а кхоьру уьш. Адамийн куьце доьрзу боху уьш, шайна лиъча. Амма серлонехь хьаьжча, когаш юхабирзина хуьлу церан. Хьо церан ловзарга воьдучу хенахь, дIахьаьжча юххехь а гуш, тIе мел воьду а гена долуш хуьлу боху.
Цхьа йоккха стаг йигина хилла, зуда доьзалхочух паргIат йолу хан кхаьчна аьлла. (ЦIерашца бийцина нах, жимчохь бала ца хиларе терра схьа ца лаьцна.)
– Яххьаш тамашийна хетара шена баьхкинчу божарийн, – бохуш дийцина йоккхачу стага.
Юха церан гIуллакх чакх а даьлла, бер схьа а эцна цIайогIуш, кIай шаршо юкъа а хьарчийна шад белла кхуьнга. ЦIа кхаччалц и шад схьабаста ца яьхьаш еъна иза. Шаршо схьаяьстича юкъахь кхо карийна цунна.
Цу тайпа хабарш дуккха а ду нохчийн. Хьалха гуш хилла шайтIанаш. Адамаш а цу хенахь барт болуш хилла. ХIинца адамийн кийра доьлла шайтIа. Цундела адамийн барт а боьхна. Буса чохь ша дIавижинчу стагана шайтIанаш догIуш, цара иза хьийзош меттигаш хIинца а ю. Цундела гIенах узамаш деш волу стаг самаваккха веза.
ШайтIа схьалаьцча,  хьо кхеро массо хIуман куьце доьрзу боху и. ШайтIа дацийна нах а буьйцу. Цунах текхарг хилча, хIуъа хилча а, ахь дIа ца хецахь, олу боху цо, хьо велла дIаваллалц хьуна децар дара ша. ТIаккха ша дIадоьдучу хенахь сардам буллу. Цуьнан сардам боьду а боху. Цундела, шайтIа лаьцча тIаьхьарчу тIаьхьенна а децар ду, аьлла, дош даккха деза боху цуьнгара.
Къанделлачу шайтIано, некъа йисте охьа а ***й, кхин вуо болх бан ницкъ боцу дела, дIаса лелачу адамийн мачаш чу кегий тIулгаш кхуьйсу, боху.
Суьлийма-пайхамарна Дала муьтIахь дина хилла боху шайтIанаш, джинаш а. Дала лардойла вай царах!


БЕНЗИН

Массо меттехь духкуш бензинаш ду.
Некъо гола туха-тухучохь, шайн-шайн кетIахь а дIахIиттийна итт литар банканаш ю. Чохь цIе, сийна, можа, баьццара, чакх са гуш сирла а бензин ду.
Беса-бесара бензин, тайпа-тайпана мехаш а.
Тоьхна цIераш: Алпатовера, Кизлярера, Россера, Элистара, Моздокера, Башкирера.
Цхьана кIанта “Ичкери” аьлла яздина.
Массо а воьлу и дешча.
– Ялсамане гIур волуш ву иза. Бакъдерг дуьйцу цо.
Массаьргахь дерг а ма ду цIахь, эвлайистехь, таьллинг дол-долчохь доккхуш. “Юпи” мутт санна тIе порошокаш а етташ. Цхьа-ши канистра хаьхкинчул тIаьхьа, цаца цIанбан безаш хуьлу.
Бензин даккхаран компани дIайолаяр бахьанехь, мехаш хьала ца довлуш лаьтти, дуккха а нахана (кхин тIейогIуш капек йоцуш Iаш болу), чохь юург эца сом а хили.
Улхаев Ханпашас дуьйцу:
– Гуьмсе чукхоччуш гIароллехь лаьттачех цхьаъ ву, тIех волу-волучуьнгара бензин дохуш лаьтташ. Жимма дехьа ваьлча, кхин ву и духкуш, российски ду бохуш. “Российски” хуьлу-кхи и, ахь цаьргара эцча.
Со, Iийса а ГIалара цIавогIуш Мескир-Эвлана, Цоцин-Эвлана а юккъехь лаьттачаьрга хотту Iийсас:
– Бензин дуй шун?
– Дац, салярка-м ду.
– И ца деза.
– Шун бензинал гIоли-м ду хьуна и.
Тхо делало.
Iийсас, маше хьалалатийначул тIаьхьа, хотту:
– Хьажа, бехк ма биллалахь хаттарна, яххьаш хIунда ца юьлу аша? Саба дац шун?
Берриш а, туьйранашкара туьнталгаш цIанйийриш санна, кIарула Iаржбелла, мажош яшаза, тIера хIумнаш модийн уьйриг хилла бу.
Салтийчо вела а къежна:
– Хи дац тхан, – боху.
– ОйхI, и метта дехьа шовда ма ду.
– ДIавала, цига ваха мила ваьхьа?
Жимма а дехьа-сехьа яьлла техника-м ирхйохуьйтуш ю-кхи бераша. Юха цара и дIадоькхуш, башха а доцуш юьрта чуетта.


КЪОНА  ЧКЪОР

Муьлхха тIом гуттар а къоначийн белш тIехь чакхболуш бу. Цкъа книга ешначунна я кино хьаьжначунна, велла дIаваллац дагахь лаьттар ю А. Фадеевн “Къона гварди”.
Куьйгаш, когаш кеггош, баккъаш дагош, бIаьргаш дохуш, догIмаш тIехь кхин чевнаш еш, кхарна а гуш къена наной хьийзош, наношна хьалха кхарна етташ, “къона гвардейцаш” къарбан, шайн накъостий схьабийцийта, уьш дохкох баха гIерта фашисташ. Эххар а тоьпаш туху царна, дукхах берш шахтан шурф чу кхуьйсу, тIек-тIекIал уьш дукха хиларна, уьш дийна бисарна кхоьруш, тIехула чу цхьаъ-шиъ вагонетка а хоьцу. Амма хIетте а масийтта дийнахь, бусий хеза церан узмаш…
Школехь декабристийн санна, дагахь Iамайора “къона гвардейцийн” цIераш, фамилеш: Олег Кошевой, Сергей Тюленин, Ульяна Громова, Анатолий Попов, Любовь Шевцова, Дмитрий Огурцов, Семен Остапенко, Виктор Субботин…
Тоьпаш тохале Любовь Шевцова гола хIотто гIоьрта ротенфюрер СС, амма Любас юьхьдуьххьал тIеоьцу Iожалла.
Ткъа Зоя Космодемьянская  – гIараяьлла Таня?
Эзарнаш, эзарнаш кхиберш а…
Къоналла – романтика ю. Къоналлина кхерам хIун ю ца хаа. Баккхийчара, дахаран зеделларг бахьанехь, дерриг а терзана тIехь узу. МостагIчун ницкъ шайчул а алсам белахь, къарбелла кIел а атта совцу. Дахарца йолу зIенаш а сов хуьлу церан, баларна а чIогIа кхоьру уьш. Воккхачо дерриг а, уггар а хьалха, шен сица, шена хуьлучу пайданца я зеца дусту. Къоначо – къонахаллийца, Даймехкаца…
Изза къона чкъор ду тахана Нохчийчохь оьрсийн эскаршна уггар чIогIа дуьхьал даьлларг. Дийнна делккъахь, оьрсийн карахь йолчу гIалин базарахь я цхьанхьа цIийна новкъахь вийна каравойту оьрсийн эпсар, контрактник а. Дувалаш тIехь яздо: “Оьрсийн оккупанташ! Яхийта Нохчийчура!” Листовкаш даржадо: “Нохчийчура тIаьххьара салти араваллац, доькхучура совцур дац тхо”.
ТIехь наьрташ санна, герзах боьттина салтий а болуш, ГIалин урамашкахула йогIучу БТРашна тIе хIоаш детта 9-10 шераш долчу бераша. Уьш жимма баккхий белахьара, охьа а лилхина, царна шайн карара автоматаш, пулеметаш а еттар яра салташа. ЙогIучу маршрутни автобус тIехь яздина ду: “Дерриг а Делан карахь ду”. Кхечу автобус тIехь сурт ду: тур даьккхина, белш тIе кхоьллина Iаьржа верта а долуш, коьрта холхаза куй а тиллина нохчийн кIант ву; цунна тIехула хьийза кхо корта болу, багахула цIераш етта Горыныч-саьрмик. Гуш ду, Россино мел дукха тIеман ницкъ оьзнехь а кху чу, адам царна къар ца делла. ХIинццалц танкаш тIехь лаьтташ дара оьрсийн Iедал дуьненан массо а маьIIехь. Тахана харцо толо ницкъ ца кхочу я танкийн, я кеманийн а. 
Iедало луш болу Турпалхочун седа, халкъо йоккхуш йолу цIе а – башха хIумнаш ду. Мел майра велахь а, массарел а ницкъ болуш, герзах, доьналлах воьттина хиларх, кхечу къоман маршо хьаша вахана стаг къонах вац. Къонах, вуьззина Турпалхо а, шен латта тIехь, шен цIахь, шен маршо, шен да-нана, доьзал, къоман гIиллакхаш лардеш, Делан дуьхьа велларг ву. И леш а вац!
Тахана, шайна юкъахь кхиъна, Iаш а болу дела, наха ойла а ца йо тIамана арабевлла кегийчу нехан доьналлин, майраллин а. Ткъа уьш бакъ турпалхой бу! Цхьа хан яьлча, церан цIераш легендаш хир ю…


ХАЗАЛЛАХ  ЛАЬЦНА

Тайп-тайпанчу къаьмнийн тайп-тайпана кхетам.
Масала: эмкал.
Оьрсийн – айпаллин синоним.
Iаьрбийн – исбаьхьаллин.
“Iер-дахаро билгалбоккху кхетам” бохучунна тоьшаллаш.
Кхин а масалш: борз – оьрсийн Iовдал, нохчийн – турпал;   етт – дуккха а къаьмнийн меттанашкахь дегIан куц-кеп доцчу йоIах олу, индусаша цунна хIолламаш йина, зиярташ чохь ламазаш до.


СТЕНАХ  ОЛУ  ДАЙМОХК?

Ша мичча махкахь велахь а, оьрсичо олу:
– Со кхузахь вина. ХIара сан даймохк бу.
Вина меттиг даймохк хуьлуш хилча, дуккха а нохчийн даймохк Казахстан, Киргизи, Сибрех а хир яра.


МОЗАИКА

Нохчийчохь пачхьалкхан болх бац, гуманитарни гIонах кхочуш хIума яц. Со пенсехь, я пособи оьцуш вац. ТIамо гIаддайина, нехан керташкахь а бац бан белхаш.
Дехьа-сехьара цIа вогIуш, Нохчийчу кхаьчча, дог лазадолу.
Тишъелла Нохчийчоь...
Таро ца хиларна, некъана нахера ахча а даьккхина, цIера вала дезна сан.
Дийно сарралц бетон кегайой, сарахь массо а даьIахк, меже а лозу. Я доккхуш дерг делира ахча, даьхни а.
Школехь волуш, юха университете деша воьдуш а, каникулашкахь, диплом схьаэцча а, говзаллин иттех шо стаж йолчул тIаьхьа а, бетон кегаяр тIаьхьара ца дели суна. Цкъа цхьана юккъехь, мозаикан белхаш дукха барна, сайн яздаршна а и цIе тилла ойла яра сан. Физически хуьлуш болчу ницкъал хала бу морально хуьлу ницкъ. Бакъдац балхо адаман сий ойу бохург! Балхо маймалх адам дина, бохуш, тхан коьртеш чу дотта гIиртинехь а пхийтта-ялхийтта шарахь, амма балхо хьуна ваха таро луш ца хилча, цо хьан хьашташ дуьззина кхочуш деш дацахь, оцу балхо сий-м муххале а ца ойу, сий дойу. Ишттачу балхо кхетам артбо, гIорасиз во, могашалла, нерваш а талхайо, адам виран, бежана хьесапе дерзадо. (Маймалш-м шайна маьхза бананаш а юуш Iаш ду! Кхузахь-м теттина мах бала беза царах.)
Муьлххачо а бан тарлучу балха тIехь айса йойу хан эрна хетта суна даима. ХIора дийнахь бархI сохьтехь яздича, баттахь мел дукха язлур ду! Дуьсун дерг и бен дац. Важа дерг, бепиг даа дезара бохуш, вацар ду. Хьо хьайн дегIах жоп делча волуш велахьара а дара цхьа хIума. Хилча юуш, ца хилча яц бохуш Iийр вара. Юкъаралло, доьзало а дуккха а декхарш эгадо стагана тIе. Зуда ялаяро а жоьпалла совдоккху. Шераш дIаэхарх, зуда ялаяллац стаг воккха хуьлуш вац. Наха хIун леладо ца хууш, берийн хьесапехь вуьсу къанвелча а. Цкъацкъа, Горький санна, когаша Iуьйра хIара дуьне мел ду дIаваха лаьа суна. Ша хирг хир кхунах аьлла. Яздинчух вер вац. Книгаш ешар, яздар – и дара сан похIма, сан дагана гергара. Ткъа дIайоьдуш йолу хан цкъа а юхайогIур яц. Халкъана, махкана а уггар а пайде хуьлу хан яра сан. Ткъа Iедало доьзал кхаба а таро йоцчу даьккхина адам.


ХIОЛЛАМАШ

1

ХIолламаш дикачу нахана хIитто а ца оьшу. Уьш, церан гIуллакхаш а адамийн дегнашкахь деха.
ХIолламаш хIиттоза вай Iаш дацахь, вочу, Дала, наха а неIалт аьллачу нахана хIитто езара уьш. И дара-кх тIаьхьарчу тIаьхьенна а масал.

2

ХIолламаш хIиттаяр, царна тIе зезагаш кхехьар, хьалха кортош теIабар – бусалба, керста а динца догIуш дац. Яздархочун фантазино кхоьллина болчу турпалхойн хьовха, атталгIа пайхамаршна а. Iийса пайхамарх шайн Дела виначу керстанаша дицдина Библин дешнаш: “Не создай себе кумира”. Беллачу нахана хIолламаш хIиттаяр, царна тIе зезагаш кхехьар, царна хьалха кортош теIабар – керлачу кепехь керстаналла (язычество) ду.

3

Вочу нахана хIолламаш яхкар-м вайнехан исторехь хилла ду.
КIарлагIа. ТIех волу-волучо, лаьттара оьций, барза тIе тIулг кхуссуш, туйнаш тухуш, неIалт а олуш…

4

Эвлан юккъерчу больницера Ленинан хIоллам буьйсана цьамма ван а веана, тракторна тIаьхьа а тесна, бух а яьккхина, некъахула текхош дIаяьхьнера, цхьанхьа куьг дожош, вукхахьа корта божош.
Советан Iедал долу хан ю и.
Районни милици тIаьхьаяьлла и гIуллакх талла. И дан тарлуш болчу нехан цIа а оьхуш, кегий нах зуьш хилла цара. МусагIеран керта а баьхкина. Важа-м тIузвоьлла вижина Iаш хилла.
– Муса, Муса, – дIасатоьхна хIара, – вайн больницера Ленин стенга вахана?
– Суна хIун хаьа? – аьлла Мусас. – Товелла дIавахана хир ву-кх.


НЕНАН  ДОГ

1

ЦIера ваьллачу кIантана гIайгIанехь ю нана: “Велла валаво-те, лазийна валаво-те?” – бохуш. Дехьа чохь несо кIентакIант хьоьстуш хеза цунна:
– ХIинцца хьан да цIавогIур ву, вайшинна совгIаташ дохьуш.
Нанас аьлла:
– Хьайн ненан дагахь ма вогIийла хьо, хьайн зудчун дагахь вогIийла хьо.

2

Шен нана, ваша, вешин доьзал а Хасав-Юьрта дIа а хьажийна, цIахь сецна кIант. Оьрсийн эскарш Яьсси йистте кхаччалц схьадаьхкина. Нохчийн ярташна тIеетта ракеташ, снарядаш эвлайистехь кхуьссуш санна хеза кIентан  нанна. ХIора шовкъали цуьнан дагчухула йолу.
ГIайгIанехь йолу нана телевизорна хьалха хиъна Iа, диканиг ца олу-те, ладоьгIуш. ОМОНо вуьгуш нохчийн кIант гайтича, и шен кIант ма ву, бохуш, йоьлху нана.

3

– Вало, – элира нанас шен шолгIачу кIанте, – хIун хилла хьажа хьайн вешех. И вийнехь, цунах чIир эцаза, сан юьхь-дуьхьал хIотта пурба дац хьуна. Суна са ма гатде. Хьо лахь а, наха мацалла йолуьйтур яц хьуна со, турпалхойн нана ю и бохуш…

4

Зуда ялийначу кIантана, ненан коьртах говран корта тарбелла.
Халкъан кица.
Цхьана ненан цхьаъ бен воцуш кIант хилла. Зуда ялийначул тIаьхьа, нус кертахь тар ца елла, шена ваьлла кIант. Амма гена яьлча а, марнана ца езаш леш йоллуш хилла нус. Ша оццул дукха везаш кхиийна, лелийна кIант, шех дIахаьддашехь, и могуш хилчахьана, кхин хIумма ца оьшу-кх, бохуш, Iаш хилла нана.
Цкъа цомгаш ю аьлла йоьжна кIентан зуда, дика-дика лоьраш балорах, тоьлла молханаш эцарх, толуш ца хилла. Холча хIоьттинчу майрачо:
– ХIун дича толур яра хьо, хьомениг? – аьлла.
– Тхайн йише моллина тIе а гIой, иза седажайни тIе хьажийта, аьллера ас.
– ТIаккха, хьаьжжий иза? ХIун аьлла цо?
– Хьан ненан дог ца даахь, кхин гIоли ца хуьлуш, лийр йолуш ю аьлла со.
Вист ца хуьлуш араваьллачу цо вахана шен нана йийна. Шаьлтанца цуьнан кийрара дог схьа а даьккхина, тIаьхьависарна кхоьруш, ведда вогIуш волу кIант, ког таса а белла, охьакхетта. КIентан карахь детталучу ненан даго:
– Сан кIант, лаза-м ца ви хьо? – аьлла.


ДАХАРАН МАЬIНА

Китайцин философица: цIено дар, кIант кхиавар, книга язъяр.
Суьйлаша олу:
– Хьекъал дерг ойла еш Iашшехь, Iовдалчунна кIант вина.
И дерриг а нийса ду.
Сайн дахар дIанисдечу меттана, халкъан, пачхьалкхан, дерриг а дуьненан гIайгIа еш, я дина цIено, я доьзал, я араяьлла книга а йоцуш висна со.
Хьалха гуттар а олуш дара сан:
– Кху дуьненчу вовшех марзо эца кхоьллина ду вай.
Амма тIаьхьарчу хенахь кхетта со: дахаран маьIна – Далла гIуллакх дарехь ду.


ОБАРГ  ЗЕЛИМХА

ХIинццалц, дерриг а нохчийн къомана санна, суна гергахь а, Зелимха къонах, турпалхо, тIемало, нийсонехьа къийсамхо а вара. ХIинца ойлайо ас: “Ма моьтту къонах а хиллий-те Зелимха? Мел дукха нах хIаллакбина иза бахьанехь. Мел дукха нах лецна, хьийзийна, Сибрех бахийтина, хIусмаш ягийна. Бакъо ярий-те цуьнан, ша бахьанехь, Iедале адамашна оццул гIело яйта? Нахехь оццул Iазап латтадайта бакъо ярий-те? Далла гергахь муха ду-те и?“
Оцу маьIнехь аьлча, Горовожев Саламбек къонах хета суна. Амма шайн дашах а тешна, шен лаамехь тIевахана волу иза а, цуьнан, шайн а сий дойуш, ирх оьллина-кх оьрсаша.
И санна долу гIуллакхаш хир ду-кх Зелимха дуьхьал латтийнарш а. Цо ша ма аллара, вешшехь обарг вина ма вац иза, цуьнан да, кхиберш а. Iедалан харцоно, ямартлоно веш ву стагах обарг.


ТIЕМАН  БАХЬАНАШ

1

Йоккхачу Нохчийчоьно террор латтайора жимачу Россехь.

2

“Шен кIорни яа дагадеъча, ца йовзийта, ченала хьакхийна чано”, – боху кица ду.
Цунна дайна, шена Нохчийчоь дIакхалла дагадеъча, ченала хьакхийра Россино. Ца туьллуш цIе а ца йитира, ца даржош ун а ца дисира. Амма, шен воккхаха волчу вешин, чен, аппетит а йохош, легашкахь йисина даьIахк санна, къар ца луш дуьхьал велира жимах волу ваша – борз.


ДЕГIАСТАНАХЬ

БIаьсте. ХIара шолгIа сезон ю оха Кизил-юртахь болх бен. Кхеран газеташа дуьйцург, кхузара дахар а хьалха Нохчийчохь хилларг ду. Адам доькъуш ду. Къаьмнаш, тайпанаш, вирдаш, кланаш. ТIамана кечдеш ду халкъ.
Ельцин чIогIа ца веза кхузахь. И толахь шайна кхерам го. Цхьаболу нах, шайна хIун ду а ца хууш, баха хевшинехь а, Зюганов чакхваларе сатуьйсу. Пачхьалкхан предприятеш, яккхий заводаш а хIаллакьхуьлуш лаьтташ ю. Сила болу бахамаш. Аьчкан некъаца, маьI-маьIIерчу складашкахь массо кепара гIишлошъяран гIирсаш бу схьатеттина. Иштта Къилбаседа Кавказерчу кхечу республикашкахь а. Дукха нах баха хевшина Нохчийчоьна бохуш схьайохкуьйтуш йолчу тайп-тайпана гуманитарни кирах. И дерриг рицкъа Нохчийчоьна гонаха хьийзаш ду. Чукхочург спекулянтийн кара доьду, цигара базара. Эхь ца хетарг, иман доцург гIоли а волуш ду тIеман хьолехь а. Шайн нанна тIера марчо а доккхур долуш бу нах, сом хилчахьана.
Росси юхкуш, йоькъуш, дола йоккхучу заманахь, цхьаберш къехойн, ялхойн класс юкъа, вуьйш хьолахойн, элийн класс юкъабоьлхуш, нехан терго шаьш лелочу бозбунчаллаш тIера дIаяккха а дика бара Iедална Нохчийчура тIом.
Харжамашна хьалхара компани ю дIайоьдуш. Ельцинна хьалхара адам вовшахтухуш араяьлла иллиалархойн йоккха тоба ю. Росси пачхьалкхехь бу бохху артисташ бу уьш. Берриш а кегийрахой гулло цига. ТIаккха цаьрга вистхуьлу “боец”, хIинца а шегахь дикка ницкъ болу, Борис Ельцин. Мехий детташ, искусственно лелош стаг ву иза. Тайниг санна. Я и кхечуьнца хийцича а хуур долуш стаг вац. Хууш верг ала а ваьхьар вац.
Коммунисташна адам ша вовшахкхета. Дика-вуо а гина, шайна тIехь лайна а нах бу уьш.
– Нохчийчоьно дакъа лоцур дуй Россин президентан харжамашкахь?
– Бусалба дино, КъорIано, жайнаша а хьайна тIехь хьайн куьйга керста паччахь хIоттаве бохий хьоьга?
Нохчий бусалба бацахьара оьрсаша дIахьур яцара уьш хIаллакбаран политика.
Бакъдолуш, нохчий керста белахьара-м, уьш шаьш а IадъIийр бара. Чу-ара, юкъара бовла а ца гIерташ.
Росси, цунах дуккха а сийдолу кIентий схьабевллехь а, хIинца а тохарлерра крепостная Россия ю. Шен халкъ а хIинца а лоллехь даллош йолу, цуьнан мича йиш ю кхидолу къаьмнаш маьрша довлийта?
Уггар культурни, демократични а ю бохучу Францино а ягийна Алжирехь дийнна ярташ, хIаллакбина маьрша нах. Немцоша шайна тIехь диначух, шаьш лайначух а урок ца эцна цара. Къийсамца, тIамца, герз керахь ларъярца а, къар а ца белла яьккхина бербераша паргIато.
Нохчийчоь хьахаелча, Россин демократих а хIумма ца юьсу. Монголийн Россина тIехь йолччул бакъо ю-кх оьрсийн а Нохчийчохь олалла дан.
Англи, Франци, Испани, Германи, Итали, Турци… Церан колонийн аьтто хилла, уьш церан дозанна генахь я кхечу материк тIехь хилар бахьана долуш. Нохчийн дакъазалла – Россин дозанехь хилар. Юкъахь хIорд белахьара атта хир дара…
Тахана дерриг дуьне Нохчийчоьна тIехь деш долчу пхьолане а хьоьжуш Iа. ХIунда аьлча, цкъа делахь, церан шайн а бу изза баланаш (ирландцаш, шотландцаш, баскаш, курдаш и.дI.кх.а). ШолгIа, Росси езарна дац, Россих кхерарна ду. Историна кхин дуккха а карор ду и бахьанаш. Царна юкъахь коьртачех цхьаъ: суверенитет, йозуш йоцу маьрша пачхьалкх бохучу дешнийн, ша идеян а маьIна, чулацам хIаллакбар. Россин юкъахь лоручу кхечу республикашна и маршо къахьъян, цуьнга са ца тийсийта. Оцу тIехь Россин аьтто бо (мел тамашийна хеташ делахь а!) Нохчийн пачхьалкхан куьйгалхоша. Уггар а хьалха президента. Шен бездарни политикица, солдафонски къамелашца а.
– Оха цхьаъ хилахь Росси йоккхур ю. Сан подрывникаш бу Россин массо а маьIIехь, сан даше хьоьжуш Iаш. Оха Россина герз тухур ду. Росси йохор ю. Ас кхайкхам биначул тIаьхьа, пхи минот ца оьшу сан кIенташна, Россин уггар а яккхий гIаланаш ирх яхийта.
Нохчийн пачхьалкхан куьйгаллехь, цхьаъ-шиъ воцург, куьйгалхо хила хьакъ долуш стаг ца хаа суна. Дукхаха берш масийтта разведкана болх беш нах. Шаьш хIун до а ца хууш, хIара тIом баккхал Iовдал бацара уьш. ХIара баккха ондда хьекъал оьшу. Ма-дарра аьлча, тахана кху тIамехь халкъана хьалха бевлла нах а, хIора а ша-ша ваьккхича, башха къонахий а ца хета суна. Шайна тIаьхьа хIиттина кегий нах санна, Делан дуьхьа, нохчийн пачхьалкхан дуьхьа эггал майралла а яц цаьргахь. Цундела уьш хьалха хиларо со шеквоккху.
ГIаттамхойн толам, дукха хьолахь, халкъан цхьааллех, дукхаллех а боьзна бу. Церан маршо хьаша гIертачийн толам – герзаца. Нохчий кIеззиг а бу, бекъабелла а бу, я нахехь герз а дац. Халкъана хьалха бевлларш а авантюристаш бу. Кхин дешнаш ца карадо суна, царна характеристика яла.
Муха нисдели и? Маьршачу хенахь хIара къам, хIара пачхьалкх яа а йиина, хIаллакйина, вай тIом бийр бу, вай летта лийр ду, эгначийн и гIазот хир ду, бохуш кхайкхамаш бина нах, цхьацца волуш, юьстаха бевли я бехи… Уггар хьалха Министрийн кабинет, тIаккха кхиболу хьаькамаш а. ХIун гIуллакхаш бахьанехь хIиттийна бара уьш? Нохчийн пачхьалкх кхайкха ма йиннехь, и долийна нах юьстаха буьсуш, Советан пачхьалкхан массо а маьIIера, цул сов Iаьрбийн пачхьалкхашкара а нохчийн къомах болу, оьрсийн Iедална муьтIахь а болу церан разведчикаш цIабалийра. ХIинццалц нахана бу-бац а ца хиина болу, цхьана а кепара шайн халкъаца бала а ца хилларш, халкъан кхоллам кара а белла охьаховшийра…
Iедал, ахча а карахь долчара шайна луъучу агIор язйойту истори. Амма уьш шайн къам доьхкинчех бу.
Кхин а доьхнарг ду, шаьш дIаса баханчу меттигашкахь, цигарчу нахана гергахь, уьш турпалхой, Нохчийчоьнан векалш а хета там болуш хилар. Ма-дарра дерг – оцу пачхьалкхашкахь а уьш Россин агенташ бу.
ТIеман заманахь хуьлуш йолу ерриг а харцо, ямартло а гуш, цхьанне хIуманах а ца теша стаг. Хьо волчохь хуьлуш лаьттарг, хьуна хьайн бIаьргашна гуш дерг, Iедало официально кхечу агIор дуьйцу, пуьташ бутту лаккхарчу даржашкахь болчу наха а.
Джованьолин романехь Спартакан Iожаллах а ца теша со хIинца. Шайга Рим схьаяккхалур йолчу хенахь цунна тIе ца леташ, шен накъосташа бохург ца деш, провинцешкахула леладо цо эскарш. Оцу хенахь, римлянхоша ницкъ а гулбой, кхуьнан эскар оту. Амма эгначарна юкъахь ца карадо Спартакан дакъа. Иштта хIума дуй-те, Дудаев ракеташ тоьхна вийна бохург а?
Ша дан леринарг дина ваьлча, политикана юьстаха ваьккхиний-те иза а, ша ваийтинчара? Я А.Шерипов санна, революцина (Джохара цул сов тIамана а) нах гIовтторан роль кхочуш йина ваьлча, дIаваьккхи-те, кхидIа хIара гIуллакх шайн планаца дIадахьа?
Бевдда боьлхучу кIайэскархойх цхьамма топ тоьхна, велла Асланбек, бохург шеконе хета суна. ХIунда аьлча, паникехь ведда воьду салтичунна дагахь дуьхьало яр хир дац, шен са дададар, кIелхьара даккхар а бен. М. Мамакаевн романехь, кхечу статьяшкахь а ерш официальни версеш ю. ХIокху тIамо, Троян цхьана турпалхочун санна, дуккха а хIуманна бIаьргаш биллина сан…
“Момент истины” передачехь инарла Александр Лебеда элира:
– Со ца теша, Дудаев санна волу стаг, иштта сонта велла бохучух. Иза Iаьрбийн пачхьалкхашка дIавахана аьлла хета суна…
Я оьрсаша, я нохчаша а гойтуш дакъа а дац.
Алла Дудаевас ша 10-15 метр юххехь яра Джохарана боху, ракеташ тухучу хенахь.
Суна бакъ ца хета.
Дукха хан ялале, Москвара схьа къамел до цо нохчашка, Ельцинан кхаж тасаре кхойкху ас шоьга, бохуш. Юха и Турце дIайоьду, шен доьзал болччу.
Нохчийн делегацин коьртехь Москва ваха Зелимха Яндарбиев. Уьш буьйса йоккхуш цигахь а битина, Нохчийчу веа Борис Ельцин. Жуьгтийн вариант.
Докка Завгаевс боху:
– Яндарбиев никого не представляет. Только самого себя.
Ала дезара Зелимхас оьрсашка:
– Аша шайн эскарш арадаха. Хьовсур ду вай цунна тIаьхьа мел адам ду, суна тIаьхьа мел ду.
ТIаккха-м, эскарш меттах а довлале, “нохчийн Iедал” Москвахь хир дара. Хир дацара, Зелимха дика стаг ву, и нахана дукха веза аьлла-м. Вукхаьргахь боцчу безамна хир дара-кх.
Зелимха чIогIа принципиальни стаг ву, амма дипломат вац. Ша нахана везийта ца хаа цунна. Шена хетарг, моьттург а бен-м нийса а дац, хила йиш а яц моьтту. Ша аьлларг нийса дацахь а, цу тIера ша юхаваьлча эхь ду моьтту. Нахаца кIоршаме ву.

Соьга бен, ахьа хьаьнга
                дуьйцур дара дагара?..
Хьаьнга дуьйцур дара хьайн халахетар,
Безам, сингаттам, доглазар?
Хьаьнга дуьйцур дара хьайн хазахетар?
Суна бен, кхин хьанна
                йоьлхур яра хьо даггара
Я ела хьанна йоьлур яра?
Алахьа…

Цуьнан амал йовзуьйтуш ю и байт.
Цкъа Сумбулатов Денис аьлла дагадогIу, Зелимхан цхьана дийцаран хьокъехь:
– Цхьа произведени язйина, цу тIехь бала хьегначу Зелимхан турпалхочо еш ойла ю: “Цкъа хIара араялахьара. ТIаккха-м дуьне доьхча а дацара хIумма а”. Хьо кхетий? И Зелимхан шен ойла елахь, и мел кхераме стаг ву хаий хьуна? Оцу тайпана ойланаш йолу нах Iедале багIахь, шайн Iалашо кхочуш хилчахьана, цхьана а хIуман меха хетар дац царна адамаш…
Дуккха а шераш хьалха ду, Денис и аьлча. Цхьа шайхалла йолуш санна.
Зелимха сан накъост ву. ХIинца хIара цхьайтта-шийтта шо ду суна и вевза. Маршонан боламан юьххьехь хилларг а и ву. Бакъду, суна ца хаа, мел воьзна ву и лерринчу органех. Я ву-вац а. Къа лато ца лаьа суна. Цуьнан цхьа ваша, Рамзан, вийний а хаа суна кху тIамехь, важа ваша, Суьлиман, вешин кIант, кхин а гергара бераш дара цуьнца. Коьртехь интеллигенци юкъара стаг гIоли а вара нохчашна. Литература, искусство а хIун ю а хууш. ХIара долийнарг а Зелимха хилча, цуьнга жоп деха, барт хатта атта а хир дара. Мухха делахь а, таханлерчу политикех сан дог лозуш а и бен вац. АтталгIа, эвлаяэл вазвина, цIанвина хьалаваьккхина Джохар а. Цхьаболчу нахана Дудаевгахь товш дерг – цо деш хилла дакх-даккхий къамелаш ду. Амма хьекъал долчу стагана цхьа а бух боцу, питане, зуламе къамелаш хета уьш. Зеламхица а кIеззиг бала хила там бара сан, цара тIом балале дIакхехьначу политике ладоьгIча, я нахана санна бен сайна ца вовзахьара. Жимчохьлера уьйраша юххера хоьтуьйту суна и.
Максим Горькийн дагалецамашкахь ду Александр Блока элира аьлла: “Вызвав из тьмы дух разрушения, нечестно говорить: это сделано не нами, а вот теми. Большевизм – неизбежный вывод всей работы интеллигенции на кафедрах, в редакциях, в подполье…”
Изза ала догIу нохчийн яздархошна, Iилманчашна а 91 шеран хьокъехь. (АхмадовгIар, БисултановгIар, Нунуев, Умхаев, Бугаев, дуккха кхиберш а.)
Аладдинан лампи чохь долу джин санна, шаьш меттахдаьккхина са карахь сацо, цунна тIехь куьйгалла дан а ца хиира, нийса хорша дерзо ницкъ, майралла а ца тоьира нохчийн интеллигенцин.
Цундела замано юьстаха кхийсира уьш.
Бакъду, Iедале уьш баьхкинехь, хIара дерриг а кхечу хоршахь хир дара аьлла а хета суна. ТIом а боцуш, машар хир бара Нохчийчохь. Ма-дарра аьлча, нохчийн интеллигенцин тIеIаткъамца, дуьххьара суверенитет кхайкхийнарг а, куьйгаллехь Завгаев волу, Нохч-ГIалгIайн Автономин Республикан Лаккхара Кхеташо яра. Цул тIаьхьа дIасайохийра и а, эккхийра Завгаев а… Тахана а, иза коьртехь волуш, оьрсийн ду боху Iедал, цхьа даккхий хьашташ бахьанехь, сагIа дина кIелкхоьссина хета суна.
Хьаьнгахьа ю Кремль: Завгаевгахьа я Масхадовгахьа? И къасто дезаш ду… Кхарна шайна хIун ду а ца хууш, урхалла цхьаъ юй-те церан?
Зелимха хьахочу хенахь:
– Этот бандит Яндарбиев, – олу оьрсийн инарлаша.
Масхадов хьахош:
– Этот уважаемый генерал, – олу.


“ЦIЕРАН  АРЦ”

ХьасттагIа телевиденехула гойту Шелана оьрсийн эскарша лаьцна го. ТIе ма тохахьара шайна, юьрт ма йохаяхьара, аьлла, дехаре бахана бу баккхий нах. Юьртара тIемалой а арабевллера. Шаьш тIемалой а дацара, тхуна тIом а ца оьшура. Шайна тIом бан лаахь, МасхадовгIар бу шуна… Тхо маьрша нах дара… Тхоьгахь герз а дацара… Тхайн доьзалш а кхобуш, тхайн юьртахь даха дитахьара аша тхо…
Инарла Владимир Шамановс стоьла тIе буй бетта, юьртан цIарах баьхкинчу нахана чугIерта.
– Масхадов лаца гIертар дац тхо, – дIахьедо цо. – Амма аша кхана Iуьйрана исс далале, шайга аьллачу барамехь герз охьа ца диллахь, шоьца кхин къамел хир ду. Оха юьрт йоккхур ю!
Кортош гIийла охьа а дахийтина, лаьттах Iасанаш а гIортийна Iа, лекха холхаза куйнаш техкина, нохчийн къаной...

Оцу суьрто Бадуевн повестера Кулдевичан, Хонмурдан а васташ дагадоьуьйту суна. Ша волчу биссинчу обаргашна бийша мотт, баа кхача а белла аьлла, цхьамма мотт тоьхна, лаьцна нохчийн участкан пристав волчу валийна къена Хонмурд.
– Хьо волчу хьошалгIа биссина обаргаш мичахь бу? – чугIерта Кулдевич.
– Ца хаа суна-м, – боху кхеравеллачу Хонмурда.
– Муха ца хаа? – стоьла тIе буй бетташ, бIаьргаш керчош, Хонмурд чехаво Кулдевича. – Экха! Солач! Ас гойтур ду хьуна, обаргаш муха кхаба беза!
ЦIеххьана шен стоьла тIехь Iуьллучу шедах бIаьрг кхетча, катухий и схьа а оьций, тайп-тайпана бос хийцалуш лаьттачу, Хонмурдан коьртах етта цо и:
– Ас Iамор ду хьуна аьшпаш битта, – бохуш.
– Элберт, ас дина хIума а дацара, меца ду шаьш аьлча, мостагIчунна а лур йолу сискал ялар бен. Ма байтахь суна хIара ницкъ. ГIийла стаг вара-кх со. Гечде алахь кхуьнга, – доьху Хонмурда Кулдевичан гIоьнче.
– Ахь хIун дей, бакъдерг дийца ахь, тIаккха хIумма а хир дац хьуна!.. – жоп ло Элберта.
Цара дуьйцучух кхеттачу Кулдевича, коьртара бIегIаган куй а боьжна, цIенкъа бертал кхеттачу Хонмурдана, бахтар хаддалц шед етта. ТIаккха шедан кхаж цуьнан коьртах а тоьхна, цу тIе, Iуьллучохь цуьнан дегIахь кхузза мийра а тоьхна:
– ДIайига хIара боьха хIума, – олу цо, верриг макх а велла. – Ас Iамор ду шу, акхарой!
 Коьртах, мерах цIийш а оьхуш, вехна стаг санна, дIаса а техкаш, араволу Хонмурдах бIаьрг кхетча, цу чохь гIовгIанаш хезчахьана дуьйна дIабаха айабелла Iаш болу, сени чура баккхий нах, даг тIера кхерам совболий, Хонмурде кхин шолгIа ца хьовсуш, кортош белш чу а хабийна, шаьш деана гIуллакхаш а дицдина, пенах а хьерчаш дIабоьлху…

Изза акхарой хета инарла Шамановна шена хьалха лаьтта баккхий нах, изза кхерам таса гIерта иза церан дегнаш тIе.
Россина тIом ца беза инарлаш ца беза. Адамалла йолу инарлаш а ца оьшу. Цундела дийнна делккъахь, шайн карахь йолчу гIалахь, шайн эскарна юккъехь ирхвахийтира цара тIом дIаберзо гIоьртина инарла Романов. Дудаевс нохчийн делегацин куьйгаллера дIаваьккхира Имаев а. Схьагарехь, тIом баьккхинчийн план кхочуш ца хиллера.

Буса баьхкинчу хьешашна сискал, юург а ло Хонмурдан хIусамехь. Ши обарг, буьйса йоккхуш а ца Iаш, кхин шаьшшиъ ца вовзуьйтуш, дIавоьду. Оцу тIехула, са а хилале баьхкинчу салташа, лоций дIавуьгу Хонмурд. Цкъа-шозза левинчул тIаьхьа, гIуллакх суьде а лой, суьдо итт шо хан а тухий, Сибрех вохуьйту декъаза Хонмурд.
Хонмурдан гIийлачу хIусамехь цхьалха юьсу цуьнан бIаьрса дайна хIусамнана Бану, Банус кхечахьа йина, шен майра веллачул тIаьхьа, шен ненаца Iаш йолу Залуба а. Шаьшшиннан ца нисделла дахар, шайн бехк боцуш хьийзадар а Iеткъаш, сих-сиха вовшийн тIеттIа а теIаш, йоьлху йоI, наний, бIаьргех оьху мела хин тIадамаш дIадаха а ца кхуьуш...

Дуьххьара йоьшучу хенахь, тIаьхьа студент волуш а, дуккха а шераш даьхьира ас Бадуевн кхолларалла ца езаш. Нохчех лаьцна йоккха дог-ойла йолуш волчу суна, ца тара цо гойту декъаза нохчий. Сан даго тIе ца оьцура цо нохчийн Iадатех лаьцна яздийриг, цуьнан массо а произведенехь молла вочу агIор гойтуш хилар а.
И Советан Iедало бусалба дин охьатаIийна, гIелдина хан яра. Цундела суна, со санначарна а веза вара, гергара вара молла, дешнастаг а. Мелла а оьрсех тарделла дIадоьдучу къомехь деза, хьоме хетара шира гIиллакхаш… Амма нохчийн ду боху Iедал дIахIоттарца, молланаша комиссарийн болх дIаэцча, со кхийтира мел шайхалла, эвлаяалла хилла Бадуевгахь. Цхьана а кепара эхь-бехк, иман-ислам а доцу нах бусалба дин хьеха буьйлира нахана, шаьш шайн кадаьлларг а лелош. Бадуевн хотIехь масийтта сюжет а кхоллаелира сан сайн а. Цуьнан чакхъяхаза йисинчу (“ПетIамат”, кхийолу а) произведеш тIехь болх бан лаара суна. 37-чу шарахь лаьцна, 44-чу шарахь тоьпаш тоьхначу, цуьнан дахар юххера довза, цунах лаьцна яздан а лиира суна…

Буьйса. Доккха диллина ло. ДаьIахкех чакхболуш хьоькху шийла мох. Шалго тоьпаш эцна, коча тесна тIоьрмигаш долуш, юххехь настарех хьерчаш цIийзаш догIуш лартоллу жIаьлеш а долуш, шелвелла, мацвелла вогIу Кулдевич, Мирза а. Масийтта бутт бу Мирзас, ша куьйгалла деш йолу банк яхьийта вайшинга, бохуш, Кулдевиче захало дуьйцу.
– Обаргаша яьхьна эр ду вайшимма.
Дика кеп хилла, мотт хецабеллачу Кулдевича олу:
– Ахь соьга муьлххачу а нохчийн цхьана зудчух куьйгаш тохийтинчул тIаьхьа бен, оцу тIехь барт хир бац вайшиннан.
И аьтто баларе сатуьйсуш, наггахь талла воьдуш Iедал ду цу шиннан. Хилахь гIуллакх хир, ца хилахь таллар а хир, бохуш.
Шело тIаьхь-тIаьхьа чIагIлуш лаьтта, цIийзаш тIеттIа чурабуьйлу мох, диллина Iуьллу ло массо маьIIе а кхуьссуш. Лекхачу орцан буьхьметтехь даьккхинчу ирзо юккъехь йолчу Хонмурдан хIусаме кхочу и шиъ. Мацах шина обаргана санна, хьошалла до кхарна а. Юха вох а велла, вуза а вуьзна, шаьшшингахь долчу маларх а кхетта, ойланаш къоначу Залубина гонах хьийза цу шиннан. ЖIаьлеш дIатарда олий, ара а бовлий, Кулдевич Залубица божал чохь вуьту Мирзас, ша неIаре а хIуттий.
– Ма хIоттае со юьхьIаьржа! Яхь яц хьан? Араялийтахьа со! – доьху йоьхначу Залубас. Амма Мирзина дагахь шен банк бен яц. Кхин дика аьтто болийла а яц.
Кулдевичан куьйгаш шена тIекхевдича, Залубас, ша хIун до а ца хууш, шен керара лампа гIодмаш чохь Iохкучу хьаьвди чу кхуссу. Дукха хан ялале, там хилла, араволу Кулдевич. Сихха шаьшшиннан хIумнаш схьа а оьций, йоккхастаг хьен а ца еш, шаьшшиъ гена валлац Залубега орца ца даккхийта, цунна тIехула зайла а буллий, дIавоьду и шиъ… Кхано метта еана Залуба, кхин чура ара а ца ялалой, кIуро са а дукъдой, цIе дегIах а хьаьрчий, йогу. Цунна орцах хьаьдда къена Бану а, ша бIаьрзе, цомгуш а хиларе терра, оцу цIергахь хIаллакьхуьлу.

Къаьсттина и меттиг яра суна Бадуевн ца езачех цхьаъ. Нохчийн йоIана гIазакхийчо тIе куьйгаш кховдадар, нохчийчо неI а ларъеш. ТIаьхьа, хIинцалерчу дахарера, мел дукха масалш хиира суна. Майрачо зуда, дас шен йоI юхкуш а. Балха тIехь кхиам, ахча даккха таро хуьлуьйтург. Я цунах хIумма а Бадуевн произведенешкахь санна, бохам хилла лелаш а боцуш…
Хонмурдан, цуьнан доьзалан а санна, декъаза бу нохчийн къоман кхоллам. Амма Мирзас Залубинчул башха, нохчийн къоман гIайгIа ца йо тахана шина а агIор тIемаш бечара а. Церан дегнаш къора ду. Церан бIаьргашна хьалха москван, швейцарин а банкаш, шайн счеташ тIехь миллионаш долларш а ду…
Ткъа муха мах хадабо цу дерригенан а молланаша?
– Уггар а хьалха вай теша деза, жайно дуьненахь шайтIанаш, жинаш а ду бохучух. Жайнах ца тешар, пайхамар бакъ ца вар ду, и бакъ ца вар Дела вац бохург ду… Делан цхьаъ хилар санна бакъ ду, кху арца тIехь баьхначу нахах гIуда доллуш хилар. Цу тайппана бакъду кху арца тIехь бусалбан, керстан жинийн тIом хилла хилар. И тIом болуш, цара вовшийн кхиссинчу алох, Дала цунах бахьана а дина, шен гIуда дIа а оьцуш, цIе а хьарчийна ягийна кхузара хIусамаш…
Хьан эр ду соьга хIун гIуда хьаьрчина хилла кху декъазчу Нохчийчоьнах?


ИРСЕ СТАГ

Скверехь Iуьллуш набкхетта мелла стаг ву.
Суна дуккхаза а гина оцу тайпана суьрташ. ТIехула мозий хьийзаш, кIелахь тачанаш а хIиттина.
“Хьанна хаа, ша паччахь волуш гIан гуш хила а мегий кхунна-м?” – бохург дагатосу суна. Цхьанхьа а дешний ас и?
Мухха делахь а, коьртехь кху дуьненан гIайгIанаш яций цуьнан.


ДУДАЕВН  IОЖАЛЛА

Баьччанаш леш бац, къайлабовлу.
В. Скотт.

1

Мел дукха кIелонаш, чевнаш йича а леш воцу дела, наха “нохчийн терминатор” аьлла, цIе тиллина Салман Радуевна. Цо дIахьедина, Дудаев велла вац, аьлла. И чIагIдеш дуйнаш буу цо. Ша Масхадовна а могуьйтур дац, боху, и оьрсаша бохучунна тIетахь.
Цхьаболчу наха Джохар то а велла, цIавогIуш ву, бохуш дуьйцу. (Иласхан-юьртара Хьаьжа велла вац, дIавахана ву. ТIаьххьара заманахь цIавогIур волуш ву, бохуш, тешарш а ма бу вайна юкъахь хIинца а. Iедална пайденна а хетта даима цу кепара хабарш даржош, нах боданехь латтабар.) ХIоккху, оццу хенахь цIакхочур ву иза, олу.
Джохар вийна я ца вийна-м ца хаа суна, амма шайца ткъе пхеа шарахь тIом бина волу Имам Шемал-м ца вийна оьрсаша. Нохчийн пачхьалкхан муфтий волчу Алсабеков Мохьмад-Хьусайн Хьаьжас:
– ХIара гIазотан тIом бац, – аьлла, дIахьедар дина.
Иштта, тIом балале, уггар а чураваьлла хьийзинчех цхьаъ, Кхечу пачхьалкхийн гIуллакхийн министр Шамседдин Юсеф а, шен питана тасаран мисси дIаяьлча, хIара-м баккъал а гена дала ма доллу, аьлла, ша схьавеъанчу ведда дIаваха. Кхиболу, нахана бу-бац а ца хиъна болу, вице-премьераш, мице-премьераш, тайп-тайпана хьаькамаш, церан хьадалчаш-м ас бийца а ца буьйцу. ХIара тIом дIабаьлча, юха а оццу я уьш санначу нехан кара гIур ду-кх хIара Iедал.
Цул а дагана Iеткъаш дерг, Дудаева Аллин дIахьедар ду. Москвара схьа телевиденехула нахе:
– Ельцинна кхаж таса, – олу цо.
Нагахь шена:
– Ахь и ца алахь, юьйр ю хьо! – бохуш, кхерамаш туьйсуш хиллехь, и ца олуш, яла хIунда ца елла хIара? Я шен доьзална, цIийнадена а тIаьххье, цхьанахь Турце я Марокко дIаяха езаш яра иза?
Новкъадерг, хIара халкъ Iехийна, тилийна, хIаллакдина ца Iаш, морально дохийна. ЦIеначу стагана цхьа а агIо ца йитна. ДIаваха везара кху Нохчийчура, даго витахьара.

2

Дудаевн Iожаллин хьокъехь, исторера масалш дуьхьал лаьтта суна. 
Иосиф Флавий ширачу жуьгтийн пачхьалкхашкахь уггар а дешначу, лоручу а нахах вара, Римехь а дош лелаш. Халкъан баьчча хила лааро, дерриг Iедал дезаро а жуьгтийн гIаттаман коьрте ваьккхира иза. Цкъа хьалха толам баьккхира цара римахойн эскаршна тIехь. Амма Веспасианан керла тIеяьхкинчу легионаша шайн цIийла карчийра жуьгтийн тIемалой. ТIаьххьара дийна бисинчаьрца хьулвелла волчу Иосифас олу:
– МостагIийн кара ца даха, вовшашна тоьхна дала деза вай.
Цаьрга вовшашна тарраш тохуьйтий, тIаьххьара леш воллучо шега схьакхийдочу туьре ца хьожуш, тIеман накъостийн декъеш тIехула волий, римахойн каравоьду иза.
Йийсархо волчу Иосифах, церан тешаме накъост хуьлу. Веспасиан эскаро император кхайкхийча, цо шен замок, велла дIаваллалц рента а хIоттайо Иосифна.

3

Шен толам бохьучу эскаршца Цезарь Британин гIайре тIе воьссинчу хенахь, атребатийн баьчча Комм воцург, массо а тайпанаш тIамана гIовтту римахошна дуьхьал.
Майралла, маршо езар бен, кхин герз (атталгIа аьчкан тарраш а) доцуш болу уьш, эшийначул тIаьхьа, Комм, аттребатийн баьчча, дуккха совгIаташ а эцна, Цезарьна тIевоьду, ша муьтIахь хилар гойтуш. Цезарьс хьостий дика тIеоьцу иза. Цунах политически гIуллакхаш а тешадо. Меттигерчу нехан мотт, гIиллакхаш а хууш волу иза, пайденна ву Цезарьна, цо атребатийн паччахь хIоттаво иза. Моренаш а цуьнан куьйга кIел балабо. Британин кхечу тайпанашца бартбан, шен цIарах посол а вохуьйту.
Масийтта шо долу Коммас шен паччахьалла дIакхоьхьу. Цу ханчохь римахойн Iедал кхин а чIагIло. Массанхьа а церан некъаш, церан гIишлош, церан эскарш, церан ял, церан суьдаш… Шен махкахь ша вуьззина паччахь воцийла кхета Комм. Къайлаха кхечу тайпанийн баьччанашца барт бой, римахошца тIом болабо цара. Ша вовшахтоьхна эскар эшийча, генарчу, хIинца а тIом ганза йолчу ярташкахь, шена тIаьхьахIитта нах карабо цунна.
– Вай дуккха а даа, мала, тIедуха, даьхни а доккхур ду цаьргара. Лохкур бу вайн махкара. Цаьрга вай лацалур дац, хIокху ишалшна, хьаннашна а юкъахь. Суна цхьанне а ца девза некъаш хаа. Римахой ата ницкъ бу вайн, барт хилахь.
Иштта римахойн Iедална реза боцу, кара герз эца йиш йолу обаргийн тIаьххьара тоба а хIаллакйича, Марк Антонийна тIе стаг вохуьйту цо, махкара дIаваха бакъо, маршо а йоьхуш. Марк Антоний реза хуьлу. Цул тIаьхьа атребатийн паччахь Коммах хилларг хууш стаг вац.
Вайн заманахь гиначо, дуккха а шеконаш кхуллу ширачу историн хьокъехь а. Жуьгтийн баьчча Иосиф Флавий хуьлийла иза, я атребатийн пачахь Комм, вазвина лелор вацара цхьаннех а бешаш боцчу Риман паччахьаша, уьш юьхьанца дуьйна, къайлаха шайна болх беш ца хиллехь. Арвернийн тайпана волу, берриг а галлийн баьчча Верцингеторикс санна, каравеъча набахте а кхоьссина, триумфаца цIадогIучу эскаршна хьалха а ваьккхина, римахошна дIагайтинчул тIаьхьа, вуьйр вара.
Россин арахьара, чоьхьара, тIеман а политика ерриг а ширачу Римера схьеэцна ю. Эрна дац Москвах “кхоалгIа Рим” алар, церан герб аьрзу хилар а.


IЕДАЛАН  ЦIА

Оршот дийнахь зорбанан министр волчохь гулло тхо.
Мунаев ИсмаIал тохара Iилманан-талламан институтехь дуьйна вевзаш ву суна. Со студент вара цу хенахь. Суна гучудаьлла ледара хIумма а дац цуьнгара. И мел хийцавелла ца хаа суна. Тохара санна башха тIекаренаш а ца лелайо хIинца наха. Бала а ца кхочу. ХIоран а ю шен гIайгIа.
Кхеташонехь республикехь арадолуш мел долчу газетан, журналан а редакторш бу. Массо а бохург санна  я яздархо, я поэт.
 Со – керла кхоьллинчу Куршлойн районан газетан редактор ву.
Цуруев Шарипах, Эльсанов Исламах, кхин а цхьацца накъостех дагаволу со:
– Эхь дуй-те цига вахча? – аьлла.
– Цхьа галваьлларг воьдучул, шен къомана пайденна верг хилар гIоли ю-кх цигахь, – элира цара.
Юха а Соип-моллас баьхнарг дага деара суна.
– Цхьа зама йогIу. Бож къамеле йолу. Хардангаш цуьнга ла а дугIий, маьхьарш деттий, IуьтIанаш меттах боху. ТIаккха цара цхьаьна а кхетий, мохк кегабо, халкъан сий дойу. IуьтIанаша, хардангаша, бежлоша а лелориг лелийча вайна эхь ду, олий, борша нах, стегарий, къонахий а юьстах бовлу. Вукхара гIурт бо.
Вайн къоман кхетам лахара хилар бахьанехь, иза кхийринарг хиллера вайна. Къонахий цхьана а Iедална а ца беза. Тахана махкана а совбевлла уьш.
– Сайд-Хьасан муха вохуьйтур ву редактор? Иза ДГБ-хь болх бина, ополченин командир хилла а ма ву.
Оцу тайпа къамелаш хиллий а хаа суна министерствехь сан хьокъехь. Амма политически хьежамаш къестош Iа йиш яц. Кхарна сихха газет арадалар оьшу. Районехь и далур долуш тахана со бен вац.
Тхан префект макхло, Iедалан цIа чохь со шена дуьхьал кхетча, юха, ас деана гIуллакх хиъча, векхавелира иза. Оцу дийннахь омра туху цо, со редактор чIагIвеш. 
Шен лаамехь тIемалошна юкъара дIаваьллачунна, цIахь сецначунна а Ельцина амнисти еллехь а, Нохчийчохь шайн ког хIоьттинчул тIаьхьа, цара тIама юкъа хьакхабелларш схьалахьор хиларх а кхета со.  Амма кхана лаца там бара бохуш, тахана хIума ца юуш Iайла а дац. ХIара Iедал мел ца дезахь а, балха ца вахча кхин некъ бац, ша нах ца лечкъабахь я машенаш ца идаяхь.
Министр волчара девлча, Iедалан ЦIа чу дуьгу тхо. Цигахь йоккха зал юьззина адам ду. Трибуни юххехь ехкинчу еха стоьлашна хьалха хиъна Iа Докку Завгаев, Iабдулла Бугаев, РФ-н Къаьмнийн министерствон куьйгалхо Владимир Михайлов а. ТIаьххьарниг кзузара хьал а хиъна, президентана дIадовзийтаран Iалашонца веана хир ву. Со волчу тIехьара дIахьаьжча а къаьста цунна тIера костюм. Лаххара а пхи-ялх шо хьалхалера. Хетарехь, цIена стаг ву иза. Цуьнан карахь Кремлехь хIумма цахилар, хIара тIом берзор цуьнан лаамехь доцийла а билггал ду суна. ХIара гIуллакхаш кегочара дийнахь масийттаза хуьйцу духар…
Наха шайн баланаш буьйцу.
Итум-Кхаьлла, Шуьйта а районаш йохош ю. Кеманаша тIеетташ.
– Нагахь тхо дайа гIерташ шу делахь, – боху церан векало, къамел дерзош, – тхо цхьана метта гул а дай, дайий дIадахийша. Мичча дахча а тIе етташ, кIез-кIеззиг ца дойуш…
Иза къамел дина ваьлча, цхьана хьаьжочунна дош ло Завгаевс. ГIеметта хIоьттина, амма дегIехь хIинца а дика ницкъ болуш стаг ву иза. Схьагарехь, уьш вовший бевзаш бу. Бахархоша Iедална тIеваийтина хир ву и, шайн баланаш бийца. Пайхамаран, эвлаяийн цIийнах нах, хьаьжой, молланаш а, наха лоруш, цIе йоккхуш берш а, шайна гонаха хила лаьа муьлххачу Iедална а.
– Шуьйта десантийн полк кхоьссина, – эмоцешца дуьйцу хьаьжочо. – Ерриш наркоманаш, алкоголикаш, цхьа боьха хIумнаш ю. Уьш салтий а яц. Яйийта хьалахьовсийна ю. Нохчийн тIемалой хьахабелча: “Ткъа стаг ву Iад ца Iаш, нахана бале ваьлла”, – олу вай. Ткъа стаг вац шуна цигахь. Цхьа-ши эзар тIемало ву. Цара и полк хIаллак а йийр ю. Арадаха лаьмнашкара эскарш. Со машаран гарант ву шуна. Вуьшта, цигахь эскарш а долуш, соьга хIумма а далур дац.
ТIамах едда Пригороднера Итум-Кхаьлла яхана зуда.
Асара даханчохь ялх бер дийна цуьнан. Шен дисина бераш кхаба, пособи, компенсаци а схьа ца эцалуш лела.
Завгаевс, цхьацца хеттарш а деш, шена билгалонаш йо.
– Бехкечарна таIзар дийр ду. Уьш тIемалой белахь а. – Буьйцурш оьрсий бу, хIаваэра тIееташ, бехк-гуьнахь а доцу, цхьамогIа ярташ хIаллакъеш болу. – ТаIзар дийр ду бехкечарна, – олу цо юха а. – Уьш тIемалой белахь а, хьаькамаш белахь а (Завгаевн администрацера).
Дина меттиг-м бац, бакъдерг аьлча.
Нохчийн нанойн оьрсийн тIеман хьаькамашца цхьаьнакхетар гайтира сийсара телевиденехула. Ши эзар ца кхоччуш тIепаза байина болчу нохчийн кIентех цхьаъ мукъане а гайта шайна, бохура цара. Чувоьллина велахь, мичахь ву ала. Уьш зуламхой а бац. Маьрша нах бу. Зуламхочун а йолу бакъонаш дIаяьхна тхан берашкара. Хьовсур ду, толлур ду, олу аша. Цхьа шо а даьлла цул тIаьхьа. Цхьа стаг схьавелла вац аша, кху чохь Iачеран берех. Башха а дац, сайниг хийла иза, цуьнан хийла. Цхьаъ мукъане а гайта. Я, бехк а боцуш нах хьийзабарна, шаьш таIзар дина цхьа салти схьагайта. Вац шун гайта.
Цхьа-ши де хьалха, со “Даймохк” газетан редакцехь волуш:
– Литтаран лагерьшкахь мел верг вен а вийна, доккхачу ор чу дIавоьллина боху, тIехула плиташ а йохкуш, – элира Сумбулатов Денис. – ХIинца шайн салташна дуьхьал хийца кхин стаг а ца хилла, и гIуллакх гуча ца далийта, юха дIаболийна бу боху тIом.
Жимма Iийна, ойла а йина:
– Шаьш Нохчийчура тIаьххьара тIемало вийна аьлла, уьш паргIат бевллачул тIаьхьа, зударий, шайна муьтIахь болу цхьа кIеззиг божарий а битина, хIаллакдийр ду-кх цара адам, – элира цо.
Зал чухула бIаьрг кхарстабо ас.
Суна эхь хета кху чохь кхидIа Iа.
Айса цхьа доьхнарг дале, араволу со.


ТЕЛЕВИДЕНЕХУЛА ЦА ДУЬЙЦУРГ

ТIамо хIора юьртара хьайна безаш, бевзаш хиллачийн ойла йойту: “Муха Iаш бу-те уьш? Дийна буй-те?”.
Университетехь тхоьца дешначех цхьамма дуьйцу суна, Котар-Юьртара Хажгириева Луизеран чохь мел верг вийна, олий. Цхьайтта адам боху моьтту суна. ЦIенош а дохийна. Дуьххьара царна орцана тIехьаьддарг сан доттагI Янурсаев Дукх-Ваха ву.
Ишхойн-Эвлара Татаев Абу-Супъян. Цуьнан жимах волу ваша, Iаббаз, 26 ноябрехь, дуьххьара танкаш чуяьхкича, вийнера. ХIинца Iумар а кхелхина боху, шолгIа ваша, мини тIехь машен иккхина. Абу-Супъянна чевнаш йина куц ду, хIинца гIолехь ву боху иза. Мел оьзда вежарий бара уьш. Цхьана а кепара шалхо, шайтIаналла а доцуш.
Оццу ДГБ-хь соьца цхьаьна болх бина ГIуларара Хьасан. Нохчийчоьнан дуьхьа шен са кхоор доцуш, идейно тешаме стаг вара. 26 ноябрехь вийна хилла иза а. И суна хиина дукха хан а яц. Со и балхара дIаваьлла хир ву, бохуш Iара.
Алдамова Зарета. Мел цIена, хаза, оьзда йоI хетара суна иза. Пединститутан студентка. “Орга” редакце веана со а волуш, йогIу иза. Цхьана агIор, хьалха дуьйна девзина адам, хьага а хьаьгна ду вовшийн га. Оццу ойланца еъний хаа суна иза а. Цо дуьйцу СемаIашкахь дерг. ШолгIа чубаьхкича, 80 стаг вийна салташа. Божарий юьртахь Iа баьхьаш бац. Хьийзабо. Берриш бохурш санна зударий бисна. ХIинца кхузлагIа питана дан гIерта… Заретин девежарий, денана, деда а кхелхина (байина). Юьртара цIенош, гIалара квартираш а йохийна.
Дуьйцучу хенахь бIаьргех хи а долий, юьхьдуьхьал куьг а дуьллий соцу, дош ца алалуш…
Юьртара юьрта када йоьдуш йолу Куршлойн-Эвлара кхо зуда, геннара схьа снаряд а тоьхна, машен чура аралелха ца кхууьш, яьгна. Машен лелош волчу кIентан пхьарс баьккхина. Яьгначех цхьаъ цуьнан нана ю.


НОСТАЛЬГIИ

Грекийн и дош нохчийн матта юкъадалор.
Таханлера доьхна де, махка боьссина бала, адаман цхьалла, кийрара сингаттам буьйцуш дийцар.
Дика, хаза, цIена, сирла мел дерг – селханлерчу денца.


БУРЯТАШ

Устрада-Эвла чудовлуш совцадо тхо. Дохийна тIай дIалаьцна, шина а агIор гIароллехь салтий лаьтта. Наггахь дукха машенаш гулло кхузахь, кехаташка хьоьжуш. Буряташ бу кхузахь берш. Кхечахьа долчуьнга хьаьжча, шаьш бахьанехь, вогIу-воьдучунна некъахьовзам ца боккху цара.
– Баккъал а Ельцин чакхваьлла шу кхузахь? – хоьтту цара, тхан къамел тасаделча. – Хуьлийла доций-м хаа-кхи тхуна. Тхо долчохь а ца тесна цунна кхаьжнаш, хIетте а чакхваьккхина. Еккъа фальсификаци ю-кх… ХIара тIом бахьанехь мел ахча деш бу уьш! Тхуна хIун оьшуш бара хIара, тхайн цIахь ца Iаш?
Юха, дин хьахаделча, ца тешаш, хоьтту:
– Аша хьакха ца юу? Акхаройн цIий а ца молу аша?


ЮЬСТАХА  БЕРШ

Нохчмахкан рогIера юьрт ю йохош.
Эскарш аренца даьржича, оцу ярташкара дукха адам хьалагIоьртира, оьрсий цига гIертар бац моьттуш. ХIинца берриг а тIом цига бирзина. ТIееттарг лахъеллачу юккъехь, цхьаболу нах юханехьа охьагIерта, шайн гIийла барзакъ яккхий, кегий а машенашна, тракторан лафеташна тIе а доьттина. Кеманаша, вертолеташа а некъахь нисвеллачунна тIетуху. Дуьххьара тоьхнарг ца кхетча, машен саца а йина некъа юьстаха лилхича а ца буьту, тIаьхьа етташ. Дика ду къайлабовла хьун елахь-м. Аьтто ца баьллачеран декъий тIаьхьа богIучара схьа а лахьадой, юххерчу юьртан маьждиге охьадохку. Цхьана-шина дийнахь гергара я уьш бевзачех стаг ца валахь, суьрташ а дохий, дIабухку уьш… БIаьрзе-х баций штурвал хьалха берш, царна вуно шера го, уьш зударий, бераш, баккхий нах хилар. Эскаран муштрано, пачхьалкхан идеологино а адамалла дIаяккхаза болу летчикаш, Iожаллин лай цхьа а воцчу аренашка, хьаннашка а охьа а кхуьйсий, тIехула гонаш туьйсий, дIабоьлху…
ТIом тIекхачаза я тIехбаьллачу юьртара нах оцу кеманашка а хьоьжуш, татанашка ла а доьгIуш Iа. Бераш цIенойн тхевнаш тIедуьйлу. ХIора стаг, шега хIума бохуш ца хилчахьана, IадъIа. Шайн юьрт йохош ца хилчахьана, кхийолу ярташ а IадъIа. Оццул барт бохийна нахана юкъара, дегнашкара къинхетам дIабаьккхина. Хьо хьежа а хьоьжуш, тахана уьш атахь а, кхана-кханаIийна рагI хьан юьрта кхочу. ТIаккха вукхарах дийна виснарг а хьоьжу: “Дика дара шуна тIеетташ. Тхо дайа а дойуш, шу хьежа а хьоьжуш хир ду моьттура шуна? ХIинца тхо хьовсур ду”.
Буса кетIа ваьлла лаьтта со.
Эвлайистехь лаьттачу эскаран декъара дIаетта яккхий тоьпаш. Цкъа юххехь, тIаккха геннахь хьуьнчохь тата долу, оьккхуш. “Цхьаьннан хIусаме кхетта хила мега-кх и. Цхьаьннан дахар хадийна хила мега-кх цо”, – ойлайо ас. Гена боццуш дIабоьдучу синкъераман шовкъе аьзнаш, бекачу кехат-пондаран аз а хеза суна…


МАРШОНАН  РЫЦАРЬ

А. Мицкевичан, А. Пушкинан а доттагIаллах лаьцна дийцар. Оцу заманахь Австрис, Пруссис, Россис а шайна юкъахь екъначу Польшин масалца таханлера Нохчийчоьнан хьал гайтар. Мицкевичан, Пушкинан а къамелашкахь маршонан идея схьаеллар. Цхьана а къоман бакъо яц, кхечу къоман паргIато хьаша, ша лакхара хета а.


ЛАМАНХОЙ

Дийцар я повесть. Толстой Кавказан тIамехь волу мур. ВогIуш хилларг. Цуьнан дог-ойла. Кавказан дахар, ламанхой а юххера бовзар, доттагIалла тасадалар а (Исаев Балта, Мисербиев Садо). Толстойна тIом кхечу агIор гар.
Шуьйра пайдаэца беза Толстойн дневникех, кехатех, Кавказан темина йолчу произведенех, инарлийн мемуарех а.


ДЖИХАД

1

Нохчийн тIемалоша, Басаев Шемалс куьйгалла а деш, юха а схьалаьцна ГIала. Ярташкара адам чIогIа ира-кара хIоттийна цу гIуллакхо.
Дуккха а агIонаш ю цуьнан.
Цхьана агIор, тIемалойн ойла йо. Кхин дан хIума а ца хилла бахана уьш ГIали чу. Уьш дIабаххана юьрт йохош ю. Цундела нахана ца лаьа уьш шайн ярташка бисса.
– Шу дIадоьлху, тхан маьрша нах бойу, юьрт йохайо.
Иштта наха, эскарша а лоьхкуш, масийттаза хьуьнчу, лаьмнашка а кхачий тIемалой. Шаьш арабаьккхинчу некъахь кхиам хилчахьана, нахах, махках хIуъа хилча а шекбоцуш нах дуккха а бу царна юкъахь.
– Мехкан паргIатонна араваьлла волу, сайн юьрта а вахана Iе-ваха а йиш йолуш вац со. Со а вац, сан вежарий а бац. И бахьанехь, суо леш хилча, хIара ерриг Нохчийчоь хIаллак хилча а, цуьрриг а хIума хеташ вац со.
И оьгIазло тахана дуккха а нехан дегнашкахь ю. ТIемалой оьгIазъоьху, нехан шаьш лелочуьнца бала ца хиларна. Нехан дог этIа тIемалоша шаьш, шайн ярташ а кхоа ца ярна.
– Хьалха гIали чу баханчу хенахь а хIун дира цара? ХIорш кхоссар а йина арабевлира, эскарша юха а нехан гIишлош ягийра, маьрша нах байира. Оьрсашна дуккха а ахча къайладаккха бахьана делира цунах. Я стратегически агIор а хIун маьIна дара цу операцин? Я, мацах Дудаевс аьлла долу, ткъе итт процент тIе охьадало гIерта адам? Хьанна оьшу тIаккха и дика Iер, кхузткъе итт процент хIаллакдиначул тIаьхьа? Хьанна оьшу, шен йиша а йийна, шен ваша а вийна, шен да а вийна, шен кIант а вийна, шен нана,  шен берийн нана а йийна, церан декъеш тIехь ваха хаар? И ду и дика Iер? Дийнна доьзалш, ярташ хIаллак а йина… ТIаккха а хууш ма дац, муха хир ду и дика Iер, атта Iер а. Юха а оьрсашца хир ду и хаза дахар? ТIаккха стенан дуьхьа ду хIара дерриг а?
Цхьаболчарна хазахета гIалахь адам дукха мел дели а.
– Дика! Ма Iийнехь цигахь! Ма хIиттинехь балха!
Цаьрга дийцича а эрна ду, уьш ца кхета, царна кхета а ца лаьа, оцу нехан кхин Iа меттиг яц бохучух а, балха ца бахча яа сискал ца хиларх а. Дукха хьолахь, и хабарш дуьйцуш болу нах, шаьш хIумма дина а бац нохчийн толаман дуьхьа. Ишттачу наха олуш ду и лан хала а. Я боьхна баьхкинарш тIелаца, кхаба а (уьш кIиране бовлахь-м муххале а!) де долуш а ма бац шаьш. ДогъIаьржалла, сийдацаралла, вовшех ца Iабар, вовший ца дезар…
Ойла йича-м, хIара тIом бала безаш бар-кхи. Со молла а вац, Дала оьгIазло йина вайна, бохуш къамелаш дан. Амма дуьненан, динан а истори евзачарна хууш ду, хIара санна болу болх къам Iеса даьлча хуьлуш хилар. (Ас суо а ца воккху кIелхьара.)
Цхьана а юьртахь бац гIалахь шайн гергарлонаш, цхьацца ладоьгIийлаш йоцуш нах. Царна сагатдо. ХIун деш бу-те уьш? ХIун юуш, хIун молуш, мичахь буьйшуш? Цхьа де, ши де-м доккхур дара. КхидIа хIун лелор ду? Бераша, цомгашчара а муха ловр ду и? 
Абсолютно оцу чохь болчу маьршачу нахаца – уьш арабовлийта безара аьлла – бала болуш я оьрсийн демократийн Iедал дац, я нохчийн бусалба Iедал дац.
Шина агIор лаьттачу наха тIемаш бечу хенахь, царна хьалхабевлларш цхьацца гIаланашкахь вовшахбетталуш, камерашна хьалха къежаш, вовшашка куьйгаш кхийдош, горгачу стоьла хьалха охьахуьйшуш, шампански муьйлуш, цхьаьна хIума юуш, барт бо бохуш, ткъа селханлерчу маьрша наха я дийнна эскарша, и политикаш бахьанехь, мостагIий а хилла дIахиттина болу, вовшашна тIе герзаш детташ…
Жима волуш, суна дукха гина суьрташ ду уьш.
Iаьрбийн, Африкан пачхьалкхаш, Латинийн Америка…
Со чIогIа цецвуьйлура цу хенахь оцу хIуманех.

2

КIира даьлча, цхьацца-шишша, шен ка дол-долург гIалара ара а волуш, цIаэха буьйлабелла нах. ТIамтIера дуьххьарлера дакъа а деъна. Иза а зуда ю.
Тезетахь, новкъахь а, го бина, лерина ладоьгIу наха керлачуьнга. Юьртахь серло яц, цундела хIора дош а схьалаца гIерта.
Мел дукха пуьташ а баьржа, бакъдерг хууш доцчу хенахь! Ца дуьйцуш хIун дуьту?!
Хьенех вийна (и лаккхара хьаькам ву), минехан логах урс хьаькхна (и милицехь балхахь ву) и. дI. кх. а. Нах байар, дIабохкар а хIумма а ца хета.
Ишттачу хьолехь дика евза нехан дог-ойла. Дукха хьолахь, наха дуьйцург шайна хила луург, шаьш га сатуьйсург а ду. Цкъацкъа, хIара тIом вайн вовшийн боцчу безамна баьлла, олий хета суна, оцу гамоно бижа а ца буьту.

3

Авторитетех ма сиха теша нах.
– Лебедас и аьлла…
– Лебедас хIара аьлла…
– Хачилаев… Хачилаев…
Царал хьалха а мел бара уьш?
Цара хьаьнгга а хIуъа а олуьйту, шайна оьшучу хенахь. Шайна ца оьшучу хенахь, гена а воккху. Музыка заказ йийриш ца бевза вайна.

4

– ТIемалоша шаьш кхин гIали чура арадевр дац аьлла, – бохуш дуьйцу.
Везан Дела, ойлайо ас, сайн халкъан кхетаман тIегIана тIехь велира-кх со а. Царна хуург бен ца хууш, цара ца ечун ойла а ца еш. Герз а карахь цаьрца хир вара-кх…


АДАМИЙН  ПСИХОЛОГИ

1

Ша президент хIоьттинчул тIаьхьа, Яндарбиев Зелимхас вице-президентан дарже хIоттийна Абумуслимов Сайд-Хьасан. Муьлхха а кхиверг чIогIа хийцалур вара оцу хьолехь. Куралла букъ ца сетташ. ХIара тохарлерра пекъар ву.
Суна схьахетарехь, и иштта паргIат, кIеда стаг вацахьара, Зелимхан сихачу, буьрсачу амалца тарлур а вацара.
– ХIора Iуьйрана, чура ара моссаза волу, Зелимхе ша балхара дIаваккха эр ду ша, олий волу, – боху цуьнан вашас.
– ХIун деш ву хIара? – хаьттира ас.
– Деллахь хаац суна-м. Наха хьийзош вита а ца витина, цIера ведда-кх…

2

ТIеман гIайгIа дIаяьлча материальни гIайгIа хьалхайолу адаман.
Баиев Iусман волчохь ду тхо.
Пачхьалкх дIахIотторан хьелаш, некъаш а дуьйцуш Iаш.
– Пачхьалкхе хIумма а ма еха. ХIораммо а ша дие шен гIуллакх.
И принцип ю керлачу Iедалан.
– ТIаккха нахана стенна оьшу пачхьалкх? Налогаш ялий? – боху Iусмана.

3

– Яздеш вуй хьо? – хотту ас Бецаев Iийсага. Масийтта шо дара суна и гина воцу. Безамах лаьцна дика стихаш язйора цо, амма къаьсттина Даймахках.
– Поэт “со”, “ас” баха дезаш ма ву… ДIабаханчу тIамехь айса жигара дакъа лаьцна цахилар бахьанехь, корта айина къамел дан йиш йоцуш лела-кх со, – элира цо.
Нохчийн агIо а тоьлла, керла Iедал дIахIотточу муьрехь, дукха нах карабо суна, шаьш тIеман хенахь лелийначунна дохкобевлла. Дукха нах бу, хIинца дIахIуттучу Iедал юкъагIортар дуьхьа я наха юкъахь сий дезар бахьанехь, ца хууш кхетта а, шайна чов йина а хуьлуьйтур болуш. Шаьш тIама юкъа хьакхабелла ца хиларна, дагахьбаллам бисина.
– ХIара иштта доьрзур дуй хиънехь, дакъа лоцур дара хьуна ас, – олу царах волчо.
Нохчийчоь эскарша яьккхина йолчу хенахь, бистхила а ца баьхьна я нохчашна луьйш леллачу наха, тахана, ас хIара динера, и динера, бохуш дуьйцу. Цхьаволчо, ша дика вевзарг я ша тIамехь дакъа ца лаьцнийла хууш верг юххехь хилча, ша хIоккхехь, эццехь а тIом бина баьхча а эрна дуй хууш, дашца йина а оьрсашна дуьхьало йира ша, ала гIерта. Хилларш, лелларш хьехадо.
Цхьамма дуьйцу:
– Ирзо тIе ваханера со. Оьрсийн салтий бара цигахь. Ас цаьрга: “ХIара латта хIунда хьоьшу аша?” – элира. Суна йиттина, йиттина дIабахара уьш.
Шена салташа йиттира аьлла а, нехан ойланехь хьалавала лаьа цунна. Ирзо тIеваха ваьхьа хIара, дийнна юьрт кешнашка яха а яьхьаш ца хилча? Беш ма хьеша мича аьлла хIокхо, берриг мохк схьа а баьккхина, и ма хьеша ала стаг а воцуш, шайна ма-тов леллачу салташка?
Оьрсий тоьлла бевлла аьлла хетачу хенахь, жимма а тIамах хьакхавеллачу стагах, вуо цамгар йолчух санна, нах къехкачу хенахь, тIеман юьххьехь ополченцийн командир хиларна, хIумма а дохкох ца ваьллера со. Сан эвххьаза бIаьргаш чу хьожийла дара царна.
Тахана, нохчийн агIо а тоьлла, даржаш дIаса доькъучу хенахь, хIоранна а цаьрца хилла велира ша, аьлла хетачу хенахь, царна юкъара дIавалаза велира со, аьлла а ца хета суна.