Дневник. 1994

Саид-Хасан Кацаев
НОХЧИЙН ПАЧХЬАЛКХ

1

Пачхьалкх – и паччахь вац, парламент я Iедал дац.
Пачхьалкх – и  закон ду.
Законал а цхьа стаг вазвар яц пачхьалкх.
Пачхьалкх – и халкъ ду, юкъаралла ю, къам ду.
МогIарерчу стагана, Iедалан гIуллакхехь волчунна, паччахьна а цхьатерра хила деза закон.
Стаг паччахьна я Iедална муьтIахь цахиларх, и пачхьалкхана дуьхьал хилар дац.

2

Юккъерчу бIешерашкахь Iаьрбийн паччахьаша, жоьлгашца къийса шайн кхин ницкъ ца хилча, уьш герга а узий, лаккхара даржаш а лой, шайгахьа бохуш хилла. Къоланаш, зуламаш а хаъал лахлуш хилла царах тешийначу кIоштахь.
Дуьненна а хьалха вайн пачхьалкх а кхайкхийна, исторехь дуьххьара президент а хаьржина дIахIиттича, хетарехь, оццу принципца, Iедалан массо а декъе дIанисбира жоьлгийн корматалла йолу нах. Балха оьцуш диплом а хьашт дацара. Набахтехь Iийна аьлла, справка хилчахьана. Чохь дукха шераш мел дехи а, жоьлгийн корматалла лакхара мел хили а, дарж лакхара лора.
Амма Iаьрбийн жоьлгашкахь йолу къонахалла, сий а ца хили вайчаьргахь. Вайн къуйн хьуьнар цхьаъ ду – шайн говзалла кIоргъяр, масштабаш шоръяр.

3

Муьлхха а  къоман пачхьалкхан коьрте кхаьчначу хьекъал долчу наха берриг а ницкъ дIабелла къам, пачхьалкх а вовшахтохарна, денъярна а.
Вайна, царна а юкъара башхалла – вай тайпанашка, тукхамашка а декъадалар ю.

4

Тахана вайн Iедалехь болу дукхаха берш, политикаш я Iедале бита хьакъ долуш нах а бац. И хабарш а Iамийна, нахана тов-товчу агIор а дуьйцуш, шайн принципаш йоцуш нах бу. Царна цхьа синкъерам санна хIума ду гIурт кегабар. ГIовгIа йоккха мел хили а, самукъане ма хуьлу ловзаргахь.
Лаккхара политикин культура ца хилар бахьанехь, нах Iехало цу хIуьцIу-пIуьцIилгех.

5

Советан пачхьалкх – массо а заманан массо а халкъаша сатийсинарг кхолла гIертар дара. Лаьтта тIехь идеальни пачхьалкх кхолла гIортар дара и. Къинхьегамхой баха ховшоран Iалашо хилла ца Iаш, къаьмнаш гергара даран Iалашо а яра и.
Массо а революцин коьрта гIалат, Ленинна хетарехь, уьш пачхьалкхан машина шарьян, тоян, кхио гIертар ду. Ткъа и йохо, кагго езаш ю, хьехна цо.
Вайн заманхойн коьрта гIалат, Советан пачхьалкхан механизм тойина, шарйина, кхиочу меттана, йохийна дIаяхийтар ду.

6

Ма дика хир дара-кх дерриг а дуьне цхьа пачхьалкх хилча.
Ма ирс долуш хир дара-кх адам!
ХIун къуьйсу-те наха?
Дукха хенахь дуьйна хууш ма ду, къинхьегамхойн, белхалойн а вовшашца къийса хIума цахилар.
Дерриг а питанаш Iедало лелош ду.
Массо а зулам лакхара охьа ду.

7

Пачхьалкх кхуллург арахьарчу нахана эффект ян а ца гIерташ, чоьхьара нах реза бан хьажа веза.
 Нахана бепиг, болх лучу меттана, тIеман парадаш гойтуш бу хIорш.

8

Массо а цIеначу ойланна хьалхабовла боьха нах карабо.
Вайн куьйгалхой – вайн пачхьалкхан коьрта мостагIий бу.

9

Жима ю Нохчийчоь.
Доккха хьекъал ца оьшу халкъ даха хао, Дала вайна деллачу има-беркатах болу пайда чу хьовзийчхьана. (Нохчийчура заводаш, фабрикаш, кхийолу а организацеш-м ас хьеха а ца йо, луш алапа а доцуш белхаш беш йолу.)
ХIара нохчийн ду боху Iедал “Маршонан майданал” къилбехьа, къилбаседехьа, малхбалехьа, малхбузехьа а баьIа метар дехьа долуш а дац.
Районашкахь, ярташкахь а цхьа а закон, тIаьхьий-хьалхий арадуьйлу президентан указаш а кхочуш деш дац. Iедалх тешна ца Iаш, массо а ведда лела, доьзал кхаба гIерташ. Барт бан, цхьаьнакхета, Iеха ца дала, Iедале шаьш бохург дайта а ца хаа вайна, политикан кхетам ца кхиъна вай хIинца а.
Iедал – ша, халкъ – ша.
Оцу хIоьттинчу хьоле хьаьжча, ойлайо ас: “Ванах, хIокху Iедало шаьш Индехь я Китайхь куьйгалла деш белахьара хIун лелор дара-те?”
Вай хьалха цадахадаларан коьрта бахьана, куьйгаллехь берш а, хьаькамийн юккъера тоба а пачхьалкх ян лууш, я ян гIерташ, я ялур ю бохучух шаьш тешаш а ца хилар ду. И ду доьхнарг.
Меттигаш хийцарх жамI ца хийцало. Ша вочу агIор бен.

10

“Маршо, Нийсо, Барт”.
Шаьш кхочуш дийр доцург кхайкхадо-те массо а революционераша?
Тахана наха иштта маьIна до цу дешнийн:
– Цахилларг, Доцург, Хиндоцург а.

11

Ахча даккхарал а хала ду и лардан.
Iедал даккхарал а хала ду и дIакхехьа.
Нагахь пачхьалкх – и хIума йолу тоба йоцчарах ларъеш организаци елахь, и вайна оьшуш яц. ХIунда аьлча, хIинцца хIума караеана оцу тобана юкъахь берш вукхарах схьакъаьстина дукха хан яц, уьш царах дикка херабовла кхиънехь а.
Пачхьалкх – къам тобанашка а ца доькъуш, дерриг а адам, халкъ дIатардаран, лардаран а организаци ю.

12

Нохчийн пачхьалкх ца езачара “Маршо я Iожалла” боху кхайкхам а, шайн догъIаьржалла, харцахьа баьккхина: “Марчо я Iожалла” аьлла.
Ма чIогIа цабезам хила беза, оццул шен халкъ ца деза!

13

Школьни система ерриг йоха а йина, юха кхолла гIерта вай. ЦхьамогIа ехаш йолчу пачхьалкхашкахь а лаккхара образовани мехаза хилча, кхиберш а цу тIе кхийдачу хенахь, вай юккъера школаш цхьаьна мах луш хилийта гIерта.
АтталгIа хьолана юкъаелла Iачу Швецехь а яц хьуьнаречу берашна лерина школа.
Дукха хьекъал ца оьшу и реформаш мел зене ю хаа.
Вайн дерриг а халкъ дара ликбезашка охьахао дезаш, кхетамна оццул лахара долу.
БIаьрзе воцчу стагана ган деза, цу “сийдолчу” школашкахь доьшун дерш къаьсттина хьуьнаре бераш доцуш, “къаьсттина хьуьнаречу дайн” бераш хилар.

14

Ванах, Россина гергахь, гуттар а вай хIунда ду-те бандиташ?
Я оьрсаша къайлах биначу талламаша, нохчий Африкера банда олучу къомах схьабевлла хилар гойту-те?
Со студент волуш, историкаша дуьйцура, паччахьан заманахь Iедало нахана, къаьмнашна а юкъа питанаш туьйсура бохуш, шайна дуьхьал ца бовлийта.
Нохчийчохь, Россехь дерг а изза дуй-те, шекву со.

15

ЗIийдиг хоьцучохь шен цIийлахь хIаллакйира оьрсийн демократи, дийнна делккъахь “КIай ЦIа чу” яккхий тоьпаш а етташ.
И дуьненна а гира.
Амма массо а паччахь, президент, премьер-министр а сихвелира керлачу дажалан агIо лаца.
И дерриг а хIумма дац.
Телефон тоха “Чечен-пресс” чуваханчу суна, Ельцин декъал веш “маьршачу пачхьалкхан” президентан Дудаевн телеграмма гайтира. Эшахь, гIо дан тIеман ницкъ а боуьйтур бу ша, аьлла.
Сайн бIаьргашна ца гинехь, со тешар вацара.

16

Iедалехь болу нах хьекъал долуш хилча, цара шайна дуьхьал мел аьллачух пайда оьцу. Кхачамбацарш дIадаха, кхин а дика хила, халкъан аьтто бан, нийсо ларъян, закон чIагIдан а хьовсу.
Iедалан цхьацца даржашкахь хьакъ доцу нах алсам хилча, цара и проблема атта ерзайо: шайна реза воцург, хIума олуш верг а я балхара дIавоккху, я воь.
Стага хьайна ца тов бакъдерг дийцарх, и хьайн мостагI а ма лара.
Стага хьесталуш, мел эсала къамелаш дарх, и хьайн доттагI ву а ма мотта.

17

Хьолахошна хIун оьшу къоман маршо?
Вехаш верг вуьшта а ву маьрша.
Церан маршо – Ахча.
Церан Дела – Ахча!
Церан девиз: Неха-м са далахьара!

18

Цхьайолчу зудчунна шена ницкъ бийриг, ша ца лорург веза.
Дайн мостагIий беза къонахий – декъаза тIаьхье ю.

19

– Дала аьтто бойла, – олий, къастара вай хIинццалц.
Кху замано декъначул тIаьхьа, тIетуху:
– …дикачу хIуманна тIехь, – олий.

20

ЯрагIи Мамадаев, Дудаевн правительствон хьалхара вице-премьер, ву эфирехь. Журналистан хаттаршна жоьпаш делла ваьллачул тIаьхьа, нехан а таро ю шайна луург телефонехула хатта.
ЯрагIи тIехьаьжна а вуьзна стаг ву. Шовзткъе итт шаре ваьлла иза, дукха варстарна, логе мохь гIоьртина, халла бен вист ца хилало. СадаIар хала ду. Стомма ворта, шалха чIенга а ю цуьнан. Наха дийцарехь, жимчохь дуьйна Джохаран доттагI ву иза. (Уггар мерза, тешаме а гергарло!) Цхьаьна дукха левзина дела, воккха хилча а шайн ловзар цхьаьна бертахь дIадахьа, ша президент хIоьттинчул тIаьхьа, Джохара схьавалийна иза, Россихь бизнес лелош Iийна волу. (Вуно йоккха, ехаш организаци йолу ЧИУС хIаллакйира цо хьалха Iедалехь, бохуш дуьйцу.) Джохаран спонсорех цхьаъ вара иза, IиндагIан экономикехь. Иза КОУНХан куьйгалхо, юха хьалхара вице-премьер хIоттош а, цуьнан кандидатура чIагI ца еш дуьхьал бевлира депутаташ, амма Джохара, парламентехь болчу цуьнан накъосташа а чакхваьккхира иза. (Иштта хIоттийна ву, хIора а бохург санна, вице-премьер, министр. Вай тIаккха а олу: “Джохаран бехк бац. Гуо боьха бу”. Цо ша бина гуо бу-кх цуьнан.)
Наггахь дагадогIу суна: “Шена гонаха мел волу стаг вуьзна волу дела, халкъехь а изза хьал ду моьттий-те президентана?” Шуьйра къорза галстук, иномарка, шиборт йолу кастом ерг бен цунна тIевуьтуш а вац.
Тахана Нохчийчохь лакхара хьаькам мел верг а (цхьа кIеззиг боцурш), арахьара чувалийна ву. Шаьш кху чохь къахьегга, кхиъна, даьхна, марзо эцна а ца хиларе терра, къинхетам боцуш, амма дикачу артисташ санна шайн роль ловзош, хIаллакдо цара шайн куьг тIе мел кхочург.
Телефон ека. Хаттар до ЯрагIига:
– Республикехь семечка бен карош бац. Хьалха мел беза а орешка хьулура. Маца хир бу, мичахь карор бу, муьлхачу мехах эца йиш хир ю?
Хаттарх дика кхетта а воцуш, цо хIун дуьйцу я оцу тайпа проблемаш нехан хуьлий а ца хууш волу, хоьттучуьнца бала а боцуш, цхьаъ алархьама боху цо:
– Хир ду, Дала мукъалахь, кестта вайн хIоранна чохь а стоьла тIехь орешкаш.
Стага хоьттург кIора бу, кхо дуьйцурш – баIарш.


ДУКХА  БЕЗАЧИЙН  ДУЬХЬА

Шена дукха дезачу ден-нена дуьхьа, зудчун, берийн а дуьхьа эхь дицдан а тарло, лачкъо а тарло. Цундела, жоьлгаш лоьцучу меттана а вониг дича кхел ян гIертачул, гIоли яра адамаша мацалла, шело а ца хьоьгучу кепара дуьненан урхалла дар. Адам, шен билгалдинчу гIуллкхех хаьдча, дог-дикаллах долу. Халчу киртиге кхаьчначу стага къола до. Нагахь дуьне вуо урхалла деш а хилахь, адамаш мацалла, шело а хьегахь, зуламхой цкъа а хедар бац.
Адамашка бала а хьоьгуьйтуш, цаьрга закон талхадойту, тIаккха и церан бехк бо – и ду халахеташ дерг.
                Кэнко-Хоси.

Доккха хIума ду-кх, ХIV бIешарахь а японски монахан хууш хилларг, тахана а схьалаца, кхета, цунах жамIаш дан а хьекъал ца кхочу нехан.
Маьрша пачхьалкх, коьртехь лартIехь Iедал а хилча, хIора нохчи хьолада хир вара. Миллион адам даха хаадар дийнна республикана хIумма а дац. Вайн санна Iаламан ресурсаш а хилча-м муххале а. ГIамаршкахь оазис йиллина Iаш ма бу Iаьрбий. Дика масалш дуккха а ду. Оьрсийн Iедалан олалло, идеологино артбина, харцахьа баьккхина, бехбина нохчийн кхетам. Кхечу пачхьалкхашкахь бехачу нохчашка, вайга а хьаьжча гуш ма ду и.
Вай нахах тардала лууш делахь, къилбаседехьа хьежар Iад а дитина, бусалба динах, нохчийн гIиллакхех, дуьненан Iилманах а пайдаэца беза.
ДIахьовсийша, оьрсийн салтийн ког кхаьчначохь, кху дуьненан муьлхха маьIIехь – зулам, питана, тIом бу.
Оьрсийн – шаьш а бехар боцуш, нах баха а буьтур боцуш Iедал ду. Цу тIехь боккха бехк оьрсийн халкъан а бу.
“Оьрсийн хьун”, “оьрсийн аре”, “оьрсийн са”, “дерриг дуьне а оьрсашна тIехь лаьтташ ду”, боху хабар дийца шайна меттиг битчахьана, шайна тIехь дечиг а доккхуьйтур долуш бу уьш.
Оьрсашна шаьш бехаш ца хиларан, массо вочу хIуманна а бехке кхидолу, оьрсийн доцу къаьмнаш ду моьтту. Амма бехкениг церан Iедал ду. Тахана а дуьненан импери, дуьненан жандарм а хила лаар ца диталуш долу.
Кхечу агIор хьаьжча, могIарера нах чIогIа дагана кIеда, ийна, цхьана а стагца, цхьана а халкъаца гамо йоцуш, хьаьнгга а Iехалур болуш, массаьрца а гергарло дезаш, бакъболу интернационалисташ бу. Суна даггара къахета царах.


МАРНАНА

1

Сэй-Сёнагон (966-I0I7).
Наггахь бен нислуш доцург:
Нуц хестош волу стунда.
Марнанна еза нус.
Цу хьокъехь-м нохчийн кица а ма ду: “Массо а ненан йоI дика хилча, вуо несарий мичара бовлу?”
Нус езаш марнана-м наггахь хилла а, хила тарло. Амма суна цкъа а ца гина шен марнанна реза йолу нус.
Ас даима а ойла йо: “Шайн нанойн ойла хIунда ца йо-те цара? Шайн берийн ойла хIунда ца йо-те цара? Шайн ойла хIунда ца йо-те цара?”

2

Йоккха стага шен несарех лаьцна:
– Шайн майранашца наб къуьйсуш, бийшина Iаш болу зударий ца беззашехь, нисбели-кх суна. Аьлча вониг ю, ца аьлча ца хаа.
Зуда ялоза волчу кIантах лаьцна:
– Борша цициг санна, дийно сарралц наб йо, буса сахиллалц кхерсташ лела…

3

Марнана кIелйисча, гучуболу несан безам я цабезам.

4

Марнана ца езачу зудчунна шен нус а езар яц.
Марнана ца еза зуда шен несана а езар яц.


ДУЙ

Атта дуй буур бац стага.
Ахь баа ца боххушехь, дуйнаш бууш волчу стеган, уьш къера хиларан цхьа а шеко яц.


ДЕНАНА  ЙОЛЧОХЬ  МЕРЗА  Ю  ЮУРГ

Массо берана, хIинцца шайн чохь йиина деана хилча а, мама йолчохь хIума кхалла, чай мала а лаьа. 
– Мама йолчохь дерг мерза ду? Ду? Мала аша.
Юха соьга олу:
– Тхо кегий долуш тхан денанас олура: “Яа аша, яа аша. Бабас ломара хица хьакхийна йина ма ю хIара. Бабиниг мерза ма ю”. Хьажахь, хIетахь и, баккъал а, ломара деанчу хи тIехь йина ю моьттура тхуна…


ЯЛСАМАНЕ

Яздархой хир буй-те цигахь?
Шина маьIнехь ду и хаттар.


КХУ  ДЕНОЙН  ОЙЛА  ЕШ...

1

– Цхьаболчара кадетташ, вукхара садетташ зама ю хIара. Вайн президенто а ма-аьлла: “Хьо борз елахь – катоха, къонах велахь – сатоха”, – хеза массанхьа а.
Ка йохуьйтург борз лору, важа – миска.
ХIинццалц нохчийн кхетамехь турпал, къонах хиллачу барзах къу-борз йина вай. Маццалца садетта деза-те бисинчара?
Могуш, къона а хилча, яьлла бIаьсте а йолуш, эрна дIадоьлхучу денойн кхоам хета. Дала хьуна делла хьуьнар, ницкъ, хаарш цхьанне агIор пайда эца йиш йоцуш лаьтташ ду. Цхьа меже йоцуш меттахь Iуьллуш велахьара, суна схьахетарехь, хIинцачул а дуккха а паргIат хир вара...
Сан хIокху заманца уггар а ца догIург, схьагарехь, жимчохь дуьйна ас йинчу дерриг а дуьненан гIайгIа ю. Массо а шен, лично шен бен бала боцуш лелачу хенахь, хIинца а соьх дIакъастаза ю и гIайгIа.
ХIокху ткъе вархI шаре вежарша тIейоха, когайоха а оьцуш, кара ахча а луш ваьлла со. Суна даима а сайн коьрта декхар яздар  хетара. И сан даго ма бохху аьтто-м хьалха а бацара, амма цхьа дегайовхо, тешам бара. Ахь лелориг, нохчашна дош ца хеттехь а (нохчашна ахча доцург цхьа а ца хета дош), амма Советан пачхьалкхо сийдеш, лоруш, доккха маьIна луш а гIуллакх дара и. Тахана и а дIадаьккхина. Тешам, дегайовхо а яц. Кхоллараллийн стагана биснарг – беккъа цхьа сингаттам бу...
ХIинца вежарийн доьзалш а баккхий хилла, со а гIеметта хIоьттина. Гуттар а соьга соьмаш кхийдийна а ца бовлу уьш. Я башха и тIедан агIо а яц церан. Тхан доьзална цкъа а нуьцкъала болх беш бен ахча даккха ца хиъна. Аьлча а, кхин некъ битна а бацара. Амма и болх бар а дацара хIумма а, луш долу алапа хьан гIуллакхана тоахьара. Юучунна, тIеюхучунна а дайал ца хуьлу и. Ткъа Iедало луш квартираш я коттеджаш ца хилча, атталгIа бархI соти латта а хьо винчу, хьан вархIе а да ваьхначу юьртахь эца дезаш хилча, хIун дан деза адамаша? ЦIено, рагIо дича а мел дукха хьашташ ду стеган! Машен, кхидерг, кхидерг-м ас дийца а ца дуьйцу.  Велча дIаволла а деза-кх стагана ахча. Мичара дала деза и?
“Сталинан заманахь, цул хьалха а нахана гIелонаш ечу хенахь, мичахь хилла яздархой? Яздархой хIунда Iийна-те Iад?” – ойла йора ас хьалха.
  Диктатура сайна тIехIоьттича (Советан пачхьалкх йолуш суна хаа а ца елла йолу), кхийтира со: яздархойн карахь хIумма а ца хиллий.
Эскарера цIавеанчул тIаьхьа масийтта болх хийцира ас. Iилман-талламан институт, “Даймохк” газетан редакци, пачхьалкхан университет, фольклорни центр... Юха Шарипа, ас а керла газета диллира, къоначарна литература юкъабахка мелла а аттачу даккха. Амма болх беш волчу стеган цхьанхьа а пусар дац. Президенто шега хIумма ма еха, боху. Къонахаша йоьхуш ца хуьлу. Йоккхуш хуьлу. Алапа, пенцо бохург хIун ду? Вайн дай а ца Iийна пенцо догIуш. Шайн болчара кхаба беза баккхийнаш а, шаьш  нах делахь. Зударша пазаташ тега, божарша хьостамий де. Iилманийн докторш, профессорш а оьшуш бац. ХIун доктор, хIун профессор ву и, хIун Iилма ду цуьнан, шен доьзал хене а ца баккхалуш волу? Вайн яхь йолу кIентий масийтта пачхьалкхан доза а хададой, машенаш ялош богIу, карахь цхьа кехат доцуш... Шайн кхин дан хIума дацахь, хьаьмцаш, элхьаьмчаш лахьаде...
Оцу къамелаца анархи яржийра пачхьалкхехь. Iилма, хьекъал а оьшуш дацара. Оьшург  зуламхойн, ямартхойн, къуйн амал яра. И йоцчо дан хIумма а дацара республикехь. ХIинццалц цкъа а ца хиллера сан, дIаваха веза кхузара, боху ойла.

2

Юкъаделира, Турце деша яхийта вовшах тухуш тоба ю, боху хабар. Цхьайтта баттахь туркойн мотт Iамор бу, цул тIахьа экзамен елла, луъу институт харжа йиш хир ю. Суна чIогIа ваха лиира цига. Кехаташ кечдина чуделира ас. Вовшахтохаран болх дIахьош ерг, президентан хьехамча Хамидова Зулай яра. Дешаран хьокъехь шена тIевеъча, со ханна воккха ву, элира цо. Амма и деша ца ваха бахьана дацара. “Ахча дала деза-те ас, суо деша вохуьйтург?” – ойлайора ас. Амма сан ахча дацара, я хилча а ас лур дацара. Со, со саннарг а цига вахар, вайн махкана а юьхькIам бацара? ЮьхькIам лоьхуш мила ву кху махкахь?
Яндарбиев Зелимха волчу вахара со, иза Зулайга вистхилийта дагахь.
Цигахь вевзира суна Закриев Ваха.
Иза Горбачевх къасталур воцуш, хабар хаза, говза а дуьйцуш стаг вара.
– Йитахь, хьуна стенна оьшу Турци? – элира цо. – Дешар а белхан дуьхьа дац? Со волчу отделе балха волахь. Со гIалин администрацехь пачхьалкхан политикан отделан куьйгалхо ву. Ас сайн заместитель оьцу-кх хьо. Цкъа делахь, хьо Зелимхан накъост хиларна а. ШолгIа, хьо битамехь, товш, оьзда кIант хетарна а. Ас бохург дахь гIуллакхаш вуо хир дац хьан.
Зелимхас, Вахас а берта валийра со.
Пачхьалкхан политикан отделан болх дIаболабалале, юьйхира тхан отдел.
Цхьа бозбунчаллаш юкъа а доьлла, Ваха вен дагахь, дийнна делккъахь, администацин чулелха  буьйлира маскаш йоьхкина герзах боьттина нах. И Лабазанов Русланан тоба яра.
ЦIахь воцуш, балхахь воцуш, динарг хIума а доцуш, лурвоьлла хьийзош Ваха а вара. Гергарчаьргахь лечкъина Iаш.
БерхIитта шо кхаьчна кIант вара Вахин. Гуттар а суна иза валхавора цо.
– Жима волчу хенахь цул дика бер а дацара хьуна. Цхьаъ бен вац бохуш, мел оьшург латтош, оьцуш, гуттар а ахча кхийдош качвир-кха ас. Пхийттара а валале бале велира суна иза. ХIара квартира, дача а йоцург хIумма а ма ца йисна сан...
Бала хьегначух тера дара Вахас.
КIант водий цхьанхьаша дIавоьдуш, нахера декхарш дохуш, Вахас токхуш... ТIаккха а и дерриг а хIумма а ца хетара Вахина, цо наркотикаш Iадйитчахьана. И воцчохь, Ваха цунна мел дов деш хиларх, и гуча ма веллина, хах-олий юьхь екхалора цуьнан. Цунна и мел веза гора суна.
ХIинца Ваха хьийзавар бахьана – кIанта шайн “Джипп” йигна, бохура Лабазановс. Сихха дIадала  дацахь а, ша и токхур дара, цунна дуьхьал тIехь гIишло а йолуш дача а лора, хан лахьара шена, дийхира Вахас. КIант а вац карийна. Иза а цIавогIур ву...
Вахина кхин кIант а ца гира, цунна кхин хан а ца елира.
Суна чIогIа къахийтира Вахех.
Амма со гуттар а цецваьлларг: балхахь волуш оццул дукха хилла болу, цуьнан накъостех цхьа а вацара юххехь, цуьнан гIуллакх телхича.
ХIокху Нохчийчохь и тIе ца воьдуш Iедалан структура, хьаькам а ца висира. Орца дацара. ХIунда аьлча, Лабазановн дуьхьала волург, Iедална, президентана дуьхьал волуш вара. Царна дуьхьал баккха ницкъ бацара нахехь. Амма Iедало, цунах Лабазанов шаьш винехь а, и шайн вац бохура.
Нагахь санна Лабазанов бандит велахь, ша цхьана-шина баттана Пачхьалкхан кхерамазаллин департаментан куьйгалле хIоттаве, ша хIаллакйийр ю и банда, элира Вахас. Амма и ца вахийтира.
…Тхан да велла хан некъа маше а ца яхалуш яра. Ло диллина, некъа ша а бина. Вевзина цхьа-ши кIира а бен доцучу соьга, гIала со дIавеъча кадам бича а волура Ваха. Иза гIалара дуьйна схьавеара. И бIаьста, хазачу хенахь хиллехь, я со цунна юххера вевзаш хиллехь а, суна оццул деза а хетар дацара и вар. Цундела цо сан бинчу лерамна, со цунна уллера дIа ца велира, цунах массо а къаьхкинчу хенахь.
Вахин хьокъехь гIалин администрацин деца, вице-президентаца а къамел хилира сан.
– Вайна ца хаа царна юкъахь хIун лелла, – элира гIалин дас.
Ша вуо стаг а вацара Музаев Коьра. Вахе, хьуна дезахь ахча а ду хьуна, аьлла хиллера цо. Амма, схьагарехь, нехан девна юкъа кхийда ца лаара цунна.
Зелимхас яздина кехат делира соьга, нагахь Ваха Абхазе водахь, цигара хьаькамашка хIара дика тIе а лаца, дIа а тарве, вайн накъост ву, аьлла доьхуш. ТIаккха хиира суна хIара Iедал доций, кху наха пачхьалкх йийр йоций а.
Горькийс аьлла: “Нуьцкъала приемашца эшо йиш яц идеяш”. Амма кху республикехь массо идея, массо хIума а ницкъаца хьаьшна ду. ХIуъа хиллехь, хIуъа леллехь а, ницкъ берг тоьлуш ву, ницкъ берг бакъ ву.
Сан а, тхан цIерачийн а са меца ца хилла цкъа а. И тхан дайн цIий ду. Са меца доцу нах юьстаха буьсуш, са меца нах хьалхабевлла тахана. Царна андий пайданаш а хуьлу кху муьрехь. Уьш цхьанне хIуманах а ца къехка.

3

ГIалин администрацин пачхьалкхан политикан отделан начальникан декхарш кхочуш деш ву со. Iедалан система болх беш елахьара, лаккхара дарж дара хIара. Амма таханлерчу дийнахь сан карахь хIумма а дац. Кху махкахь, президент воцчун, цхьанне карахь а дац хIумма а. Бакъду, лаккхарчу хьаькамийн шайна пайда бан агIо карайо. Цунах тоам беш Iа уьш. Пачхьалкхан политика, пачхьалкх а ца оьшу цхьанне а. ХIара отдел а, схьагарехь, Ваха дIатарвар Iалашонца кхоьллина хилла. Коьрин заместителех цхьаъ (Цамаев Баудди) кхечу балха ваьлча, Ваха цига дIахIотто. Зелимхин распоряженица йиллина яра и. Болх бан хууш, наха юкъахь лела хууш стаг вара Ваха. Дуьххьал дIа доьзалхочо дакъазваьккхина лелаш. Иза балхахь виснехь суна дуккха а хIума Iамор дара цо.
Вахин гIуллакх галдели.
Цо олуш хезнера суна:
– Советан Iедал тIедогIучу хенахь Соип-Моллас (Дала къайле цIинйойла цуьнан) баьхна нахе: “Парте довла, Iедалан белхашка нисло, деша а деша, гIуллакхе нисдала а гIорта. Аша и ца дахь, цхьа бож хьалха а яьлла, IуьтIанаш, хардангаш тIаьхьа а хIиттина, вайн халкъ шайн лайн амале дерзор ду цара. И дайта мегар дац.
Вайна ма-хаъара, эхь-иман, гIиллакх-гIуллакх, хьарам-хьанал къастош берш сийцира кхарна тIаьхьа ца хIуьттуш, Iедалан балха ца боьлхуш, шайна олучух ларлуш а. Ткъа цунах хилларг вайна тахана гуш ду. Хала хеташ делахь а, дукха нах бу вайна юкъахь лайн амале бирзина. И бахьана долуш вайна хуьлуш лаьтта дIаьвше дирзина талораш а тIедуьйлуш ду, дебаш ду...
ХIинца Вахин меттана гIалин администрацин ден заместитель Хамидова Зулай яийти. Иза, сихха мукъ шен караэцна, реформаш ян юьйли. Йохказа йисина Iедалан гIишлош йохка сацам би, библиотекаш а дIакъовла еза, цу чу воьдуш цхьа а вац, эли, дешар а мехах хила деза, эли.
Со цкъа а реза вацара Iедало йина йолу гIишлош, кафе хийла и, туька я муьлхха а кхин гIишло цхьацца жоьлгашна йохкарна. Юхкучу хенахь боцу лахара мехаш хIиттабо. И хIотториг алсам шайкай, и гIуллакх дечунна ло. Кафе, туька а ян луучуьнга шайга яйта.
Пачхьалкхан махбаран сектор болх беш яц. Дерриг а ахча нехан карахула хьийза. Цундела дала алапаш дац. Шарахь цкъа делча а, наха и базара хьо, цигара дIа и махкал арадолу. Туькана чохь эца хIума елахьара, ахча банке гIур дара. “Товар = деньги = товар” ца хууш бу хIорш? Базарахь йоккхуш йолу ял а, кху махкахь мел дерг санна, халкъана, пачхьалкхана хьовзочу меттана, хьаькамийн кисана йоьдуш ю. Библиотекашка нах ца лелар, деша цалаар дац, “Iер-дахаро билгалбоккху кхетам”, бохург ду. Цхьа а тайпана производство яц кхуьуш, я оцу балхана кхуллуш хьелаш а дац. Дукха ду уьш... Деш долу хIума а цхьа лартIера доккху. Урамашна тохку цIераш нахе яха а ца ло, телевиденехула хезча а боьлу: Хьамдин Хьумидан Iабдул-Хьамидан урам, Наиб Уллабин моллин урам...
Пачхьалкхан политикан отдел гIалин администрацехь хилча тоьий-те? Республикан масштабехь хила ца езара? Къоначарна лерина цхьа а тайпа пачхьалкхан политика яц. Цхьанне кепара политика а яц. Еккъа цхьа политика ю-кх лелош ерг!
Урамашкахула иномаркаш хоьхкуш герзашца “Дон Кихоташ”, “Робин Гудаш” мел бу, пачхьалкхан политика хьехаяр а эхь ду. Алапа доьхуш верг - пачхьалкхан мостагI ву. Иштта ю пачхьалкхан политика.
Ас боху: Делан дуьхьа ламаз до, марха кхобу, сагIийна хIума ло, нехан гIуллакхе а хьожу, амма Iедалан болх ца бо. Iедалан балхахь волчу стагана алапа дала деза.

4

Администрацин буфет чохь ву со.
– ХIокхуьнан хIун мах бу? Оцуьнан хIун мах бу? – хоьтту транспортан декъера белхахойх цхьамма. Иза доккхачу дегIахь, шовзткъа шо хир долуш стаг ву. Кофе, кхин цхьа хIума а оьций охьахуу иза.
– Хьо ма бIаьрмиска  ву. Кхин хIумма а ца оьцу ахь? – олу буфетчицо.
– БIаьрмиска-м вацара со, миска ву-кх, – олу вукхо.
Мехаш лакхара ду буфет чохь. Белхан меттигах доьзна дац-кха стеган гIуллакх. Мисканиг миска ву-кх мичхьа хилча а.
Тхан отделан болх гIалахь еккъа вывескаш хийцар бен ца го кхарна. ХIара Iедал делахьара, гIалин администрацин дас цкъа аьлча, тоьар дара царна уьш хийца. ХIинца а Советан заманахьлера вывескаш ю Нохчийчохь кхозуш.
Ас дуккха а предоженеш ялайо отделан болх тобаран, пачхьалкхехь кхолладелла хьал нисдаран а хьокъехь. Амма уьш хIаваэхь кхозу. Соьга цхьаммо а балхара дIавала ца  олу. Со суо кхетар вац-те, бохуш, Iаш хета. Сан метта хилча, муьлхха а кхечо, Музаев Коьрина тIе а вахана болх боьхур бара. (Балтикехь цхьажимма юххера довза кхиънера тхо. Сайна вевзачух, пайдаэца ца Iемина со хIинца а. Суна мелхо а эхь хета.) Зулайс-м, ша тхан куратор хIоттийначул тIаьхьа, хIумма хала а ца олуш:
– Суна и отдел оьшуш яц, – олу.
Ваха дIаваьллачул тIаьхьа, тхо шиъ висна отделехь. Шен студенташ хилла ду аьлла а, гIиллакх ца лоцу Зулайс. ХIара я кхин болх бийр барий ашшимма, ца олу.
Сайн накъосте олу ас:
– Вайшиъ дIавала веза балхара.
Ша вер вац, олу цо. Со, заявлени чу а лой, дIаволу. Цул тIаьхьа ши кIира далале, сан накъост а дIавоккху.

5

Ас дукха ойлайо кху хиламийн.
Халкъана кхунах баьлла пайда, сайна вевзачу цхьана суьрташдохучун кхолламехь гина суна. Хедийна яккхий салтийн эткаш, коьртахь хьирчина шляпа, тIехь тиша, беркъа вара иза масийтта шо хьалха а. Нах вовшах кхет-кхеттачохь суьрташ дохуш лелара иза. Хетарехь, цунах вехаш а вара. ХIинца а сиха-сиха го суна иза, тохарлерра духарца лелаш, чIогIа Дудаевгахьа а ву. Со цуьнга хьожу... “ХIара санначу нехан дуьхьа дацара мел лелийнарг? Хьалха а суьрташдохург вара иза, хIинца а ву. Хьалха а гIали юккъехула хедийна салтийн эткаш текхош вара иза. ХIинца а ву. ХIун хийцам хилла цуьнан дахарехь? ХIун гIоли, хIун паргIато? ХIун тоделла?”
Цуьнга хьаьжча, хIара дерриг а дош ца хета суна. Дукха хан йоццуш бен ца хиъна суна, иза нохчийн парламентан декъашхочун Абумуслимов Сайд-Хьасанан ваша хилар.
ХIокху Iедалан юкъа гIерташ болчу нахах, сайл декъаза стаг и бен ца карийна суна. Нохчийн пачхьалкхан Iилман лард йилла гIертарг а, Шейх-Мансур, Имам Шемал, кхидолу массо а тептарш кегош воллург а, ваьллинарг а иза ву. Цуьнан меттехь милла а кхин хиллехь, тахана хIун дуур ду, хIун духур ду, хIун хохкур ю ца хууш хир вара. Цунна шен меттиг я парламентехь а ца карий, я университетехь а ца тарвели. Со санна ваха ца хууш стаг ву.
ХIунда ву иза иштта? ХIунда ву со иштта? ХIунда ду тхо иштта? ХIунда ду хIара иштта? Мичахь ю-те тхо санначийн меттиг? Эхь-бехк дайина, катоьхна яьккхинарг бен, хир йоцуш ю-те кху пачхьалкхехь? Соьл чIогIа мила вара, кху халкъах, кху махках а дог лозуш? Амма соьца, нахаца а бала болуш цхьа а вац.
Эвлаяаша баьхна, бохуш дуьйцу, цхьа хан йогIур ю, оьрсех бовла ца луш, цхьаболу нохчий дIагIур бу. Уьш дохкох бевр бу. “Тхан белларш схьабелира-кх, хIара сурт ган йиш елара-кх царна”, бохуш дехар ду буха дисина адам, некъахь йоьжна хIума карийча, куралла и схьаэца охьатаIа а ца дешаш.
Тахана-м и оьрсий кхайкхина схьабалочу хьоле даьккхина кхара адам.
– Дудаевн бехк бац. Го бу боьха. Цунна вайнах ца бевза, цIахь Iийна а воцуш, – олу.
“Цо ша бина го бац цуьнаниг? ЛартIехь волу стаг цхьа а цунна мегаш ма вац. Я лартIехь долу дош цуьнан багара долуш ма дац. ТIаккха хьенан бехк бу и? Бан-м бу вайна юкъахь цунна а эвлаяан дакъа луш берш, вирд доккхуш берш а”, – ойлайо ас.
1991 шарахь хиллачу тешаман, дегайовхонан итталгIа дакъа а ца дисна.
“Везан Дела, тиллачех ларвелахь со. Нийсачу новкъа вигалахь. ШайтIан зенах, зуламах, нехан хьагI-гамонах, вочу бIаьргах, Iедалан вонах а ларвелахь со. Къинхетамца хьажа Хьо соьга, Сийлахь волу Дела”, – доьху ас.
Урамехь, гIудалкх чохь бер такхийна догIуш, зудий, майрий го суна. Берриш а чолакх. Когаш, куьйгаш, яххьаш, бIаьргаш. Далла духахьара а ма хетийла...
Чолакх вац со, гIунжара вац. Амма, таханлерчу дийнахь, суна со мел хьекъал долуш хетахь а, атталгIа зуда яло таро а яц сан. Я со цхьаъ хилла а ца Iа иштта. Дукха нах бу-кх, шен хенахь кIантана зуда яло, шен хенахь йоI маре яхийта а йиш йоцуш.
Хьекъал дуй-те, суна хьекъал хеташ дерг? Цхьа кхин маьIна дуй-те цуьнан? Муха олу американцаша: “Хьекъал долуш велахь, хьо вехаш хIунда вац?”
Хьуна, хьо волчарна а пайденна дацахь, хьекъал ала тарлой цунах? Цундела аьлла-те: “Берзалошна юкъахь – барзах угIа”?
Кхетам кхиъна боцчу къомах волу исбаьхьанча чIогIа декъаза ву. Массо а агIор.


ОРГАН  ТIАЙ

1

Дуьненчохь сахуьллуш баьхкина, ДГБ-н, кхин а тайп-тайпана декъашкара а тIемалой  тIелетира микрорайонехь иссазза тIекIел дина масийтта цIа схьа а лаьцна Iаш волчу Лабазановн тобанна. Делкъал тIаьхьа шиъ далале чакхъелира операци. Дукхах берш бойуш, биснарш схьалоьцуш а. ТIаьххьара куьйгаш а айина араваьлла кхо-виъ стаг, чIирхоша автоматаш йиттина вийра. Амма Лабазанов вацара царна юкъахь. Цхьаболчара иза зударийн хIумнаш а юьйхина, ведда бохуш дуьйцура. Дуккха а маьрша адамаш ма дара цу цIенош чохь Iаш. Царна юкъахь а бара дуккха а белларш, лазийнарш а. Бисинчеран хIусамаш йохийнера. Цу юккъехула хьийза мародераш а… Цхьаболчара дуьйцура, дерриг а дIадирзинчул тIаьхьа, шеца ши-кхо накъост а волуш, паргIат ара а ваьлла, машенахь дIавахана Лабазанов, бохуш. ЦIийна хьалха ялх, вархI иномарка, цхьаъ-шиъ БТР а яра йохийна лаьтташ. Кхечара дийцарехь, Руслан оцу Iуьйрана цу чохь хилла а вацара. Цуьнан шен нах бара массо а структурашкахь.
Цул тIаьхьа, цхьа хан яьлча, Устрада-Эвлара тIай дIалецира Лабазановс. ЦIера а цигара вара иза. Юха а тIегулбала буьйлира цуьнан дийна бисина накъостий, доьхнарг а дина шайн цIерачех уьдуш леларш, тIехь чIир ерш а. Цо царна герз а лора, яа, мала а хуьлуьйтура, хахка машен а, шайна луъург дан бакъо а. Поселкехь шайн квартираш яра церан, чохь зудабераш а долуш…
И хан яра со ДГБ балха ваханарг а. Хьекъал долу нах дIабовлучу хенахь.
- Ша оцу агIор Iаш верг а, цкъа тIай мукъа даккхалц, цIа ма гIерта, - олуш дара тхоьга. Амма хIинццалц еша книга хилчахьана, хIумма а оьшуш хилла воцу, квартирехь суо Iаш, буьйсана юккъехь цхьа сингаттам богIура соьга. ТIаккха, книга охьа а юьллий, буьйсана исс-итт даьлча а цIаван новкъа волура. Зама тешаме яцахь а, машен сацош верг а каравора. Наггахь-м цIакхачале йиъ-пхи машен хуьйцуш меттиг а нислора. Соьга хIун хоьттинера и лело? ЦIахь а довдора.
- Хьо вагIахь, хьалхе цIавола. Хан яьлча цIа ма гIерта, тхан сагатдо ахь.
Тхоьца балхахь берш, шайн квартираш йоцурш, гергарнаш бол-болчохь дIатарлора гIалахь. Машенаш ерш АтагIахула, Чечанахула, Мескир-Эвлахула го а боккхий лелара, Орган тIай тIехула ца бовла. И кхераме дара. Муьлхха а тIеман структурашкара верг, шайн каравеъча, бехк буй-баций ца бохуш, тоьпаш тухур йолуш бара уьш. Цхьанне-м, дера, ца лаьа Iовдалчу Iожаллица вала, амма тIаьххьарчу хенахь цхьана ницкъо цIа ийзавора со. Да дIаваьллачул тIаьхьа, дуккха а хIуманна самукъадалар, сакъерадалар дIадаьллера. Нохчийн куьйгалхойн политике ладегIа, дикане сатийса а кIадвеллера. “ГIала Iадйитина, цIавирзича хIун дара-те?” - боху ойла а хьийзара коьрте.
Сан цхьаболу накъостий цецбевлла, со кхуза балха веана.
- Цуьнан меттиг ма яц иза. Сайд-Хьасан яздархо ма ву, интеллигент.
Амма яздархо волчу Бабельс ЧКахь, Буденныйн эскарехь а гIуллакх дар бахьанехь язйина “Говрэскар”. Иштта революцин теш, гражданийн тIеман декъашхо а волчу Шолоховс “Тийна Дон” а. С. Моэман, Г. Гринан а хилла аьттонаш, дуьне гар а нислур доций-м хаа-кхи суна кхузахь. Хьан хьекъалх пайда эццал кхетам болуш нах бац Iедалехь. Вуьшта, хьалха гуттар а ойла йина: “Стенах лаьцна яздийр ду вайн заманахь?” - боху хаттар тахана дIадаьлла сан. Яздархо ваьхьчахьана, яздан ца кхиъал дукха ду гонаха.
Цул сов, вай дерриш юьстаха латтар бахьанехь, Iедалан массо а тIам, мацах Соип-Моллас ма-аллара, хьакъдоцчу нехан кара боьду. И а хIумма дацара, юьстаха Iа мегар дара, цара дийриг, лелориг а вайн дахарна вочу агIор тIеIаткъам беш дацахьара. Массо а белхан сий дайина. Луш капек а йоцуш, волавелла лела а кIордийна. Сан уггар а дог детIарг, даккхий гайш долу нах хаьнтIе тапчанаш оьхкина, баккхий хьаькамаш а хилла лелар ду. Дакх-даккхий къамелаш а деш.

2

Нохчийн Республикан кхерамазаллин департаментан хаамийн-аналитически декъан куьйгалхо ву со. Амма дукха хан ялале, шен Зелимхица юкъаметтиг эгIар бахьанехь, Гелисханов Султанна ца веза со. Зелимхан рекомендацица кхаьчнера со кхуза. Масийттаза веъча а, Султанна кхин тIекхочур ца хилла, эххара Зелимхе шегга телефон тохийтира ас. Бакъдерг аьлча, цхьана предприятехь я организацехь куьйгалла дар гIоли, атта, пайденна а хир дара суна. Юккъерчу бараман дарже цкъа  тасавеллачо велла дIаваллац дIа а ца хоьцу и меттиг. ЦIий муьйлу цIубдар санна, тIеттIа толуш, версташ, хьанлуш дIахIутту, адаман куьцара а волий. Шен ямартло гуча а яьлла, балхара дIаваккха хьовзавахь, оьздангаллах вухий лела.
Сан декъе мел кхочу хаамаш Лабазановх, Гантемировх, Авторхановх а бу. ХIоккхахь и дина цара, эццехь и дина. ХIоккхул герз ду церан, хIоккхул тIаьхьахIоьттина стаг ву. ХIинца хIара дан дагахь бу уьш. Оцу кеппара цхьа кIур. Цхьадерг со волчу кхочуш а дац. Султан чIогIа тешаш, цо ладугIуш а кхин накъостий бу цуьнан. Ас иштта хила дезара, вуьшта хила дезара аьлча а, ладугIий дуьту цо. Хила гIерта хIара доккха питана ца хилийта лууш стаг вуй-те коьртехь, ойла хуьлу цкъацкъа. Ша хирг хир кхунах, аьлла, санитарийн декъера маьнга, мотт а беана, кабинет чохь агIор ваьлла, айса еана цхьа барз книгаш хьалха а ехкина Iа со. Классикийн библиотекера, бесара иллюстрацеш йолуш, стаммий томаш ю уьш: В.Гюго, Н.Гоголь, И.Бунин…
Ма генахь ву со кху хиламашна!
Мичча хенахь а, ДГБ схьайоккху вай аьлла, уьш чубаьхкича, дагахь диканиг бен доцуш, царна гергахь мостагI а волуш, гIаддайча, кхосса тапча а йоцуш ву со. АтталгIа и а луш яц, подвалаш йоьттина долчу герзах. Сан декъехь йолчу мечикно чай доккху суна делкъахь. Кхин а цхьацца зударий чубогIу. Сагатлуш цаьрга хилларш-лелларш а дуьйцуьйту ас.
- ХIоккхул йоккха, нуьцкъала йолу хIара гIишло дIаяккхар муха нисделира? Герз дацара?
- Дера дара, шарахь тIом балла-м. Кху чура ара вала а ца дезаш, шортта юург а ма яра.
- Шу хIетахь аракхиссинчеран карахь гIожмаш бен ма яцара.
- Москвара телефон туьйхира тхан куьйгалхочуьнга. Массо хIума Iаддитина, неIарш йиллина, табелан герз цхьаьна охьадиллина дIадахара тхо.
ДагадогIу суна, мел ца везара Хасбулатовна Завгаев. ХIун дара царна юкъадеана? Со студент волуш, Хасбулатов Нохчийн университетан ректор хьалхатеттинера Москвас, амма Завгаевс тIе ца лецира иза. Кхузахь хьалхатоьттург Кан-Калик вара, жуьгти. Москвас Кан-Калик чIагI ца веш, нохчийн обкомо Хасбулатов тIе а ца лоцуш, дахделира и гIуллакх. Эххара, Кан-Калик туьйлира. Ша Россин Лаккхарчу Кхеташонан куьйгалхо волуш, ДудаевгIеран боламах пайда а эцна, Завгаев вохийра Хасбулатовс. Ша Нохчийчу веана волуш, телевиденехула къамел дира цо. “Ас, экха санна, аьчкан гурахь вохьуьйтур ву хьо, балхара дIа ца валахь”, - элира цо. Иза шен лаамехь дIа ца ваьлча, Аслаханов ваийтира цо, гIаттамхой ира-кара хIитто. Оцу буса Политсерлонан ЦIа а схьадаьккхира, Докка а аракхоьссира, Соьлжа-гIалин  парткоман хьалхара секретарь волу Куценко а, шолгIачу этаж тIера чу а иккхина, кхелхира. Цхьаболчара и чукхоьссина, бохуш а дуьйцура.
Оцу хиламашкахь жигара дакъа лецира Б.Гантемировс, Р.Лабазановс а. Джохаран тешаме накъостий бара уьш. Тахана уьш мостагIий бу. Муха ду и Бернард Шоун? “Революци тоьллачул тIаьхьа, революционераш хIаллакбар дIадолало”. Россин масалца а гуш ду и: П.Кропоткин, Н.Бердяев, Л.Троцкий кхиберш а.
- Тхо Iедале дахка гIерташ дац, тхуна нийсо еза, - бохуш, дIахьедарш диначу ДудаевгIар, шаьш Iедале кхаьчча, Хасбулатов а дIатесира. (Уьш тайпа-тайпана командашкахь ловзуш бара.) Цхьана минотана а, Нохчийчоь Росси юкъахь йоцуш гуш воцчу Хасбулатовна моьттура, ша Завгаев дIаваьккхича, Дудаев Москва дIа а кхайкхина, цунна безза болх белла (эшахь Генштабан куьйгалхо а), ГIала шена муьтIахь волу стаг хIоттор ву. Амма йоха карзахъяьлла Росси ларъян араваьллачу Хасбулатовга, шен меттиг а ца ларъелира.
Суна кхечу агIор ган лаара хIара дерриг а. Джавахарлал Нерус, Махатма Гандис шайн хьекъалца, кхетамца а яьккхина Индина маршо. Оха хIаллакйийр ю Англи, тхан мостагIий ду шу, ца баьхна цара. Вай вежарий ду. Тхо шоьх дIакъастарх, тхуна шу ца дезар дац и. Воккха хилла кIант а бов ма воккху доьзалехь. Шен дена, нанна а накъост ву иза. ХIокхул тIаьхьа а, вай вовшийн гIуллакхе ца хьаьвсича ца довлу… Иштта дийца дезара аьлла хета суна Россица а. Амма вай и кхеро гIерта. “Пийлана леташ делахь, ницкъ болуш ду хьуна жIаьла”, - бохуш, Iа ладоьгIуш берш. Амма и харц политика ю. Цунах зулам бен дер дац. Ткъа кхин хIун хьехар дийр ду Советан пачхьалкхехь законехь хиллачу къуйша? Царах масийттана “Мерседесаш” президентан ЦIийна хьалха сих-сиха гора суна. КГБ-н къайлахчу литературах сан декъехь ца хууш йисинчу брошюри тIехь карийра суна церан цIераш. Хьанна болх беш бу уьш берриш а: ФСК-на, ЦРУ-на я кхечу цхьана организацина, кхета хала ду. Джохара дайна, кху чохь болх ца беш разведка ян а яц, еккъа цхьа нохчийн йоцург.

3

Iуьйрана ГIала ван лаьтташ волчу суна, “Вольва” сацайо. Банкир Дидиев Бадрудди ву. Тхан школехь хилла завуч, сан воккхах волчу вешин хьаша. Цхьацца дуьйцуш схьавогIу тхойшиъ. Сайн карара пакет салон чу охьаюьллу ас. 37-чу шарахь лаьцна, итт шо хан а тоьхна Сибрех вахийтина, вайна волчу тхан девешин, Мовсин, гIуллакх ду цу юкъахь. Мовса хIетахь Хоси-Эвлахь юьртакхеташонан секретарь хилла. Шина стага шайн куьйга яздина арзаш ду. Буьйсана, шийтта долуш, цIа вогIуш вара ша, Мовсин корехь йогуш серло а гина, чохь аьзнаш а хезна, мохь а ца тухуш неI йиллира ас, чохь вежарий БехоевгIар (цу хенахь гIарабевлла хилла обаргаш), церан накъостий а бара. Стоьла тIехь юург яра, юххехь герз а дара, бохуш яздо цара. ТIехь церан адресаш, цIераш, фамилеш а ю. Цхьаъ цу юьртара ву, важа луларчу республике дIакхелхина. Цо шен керла адрес яздо. И кехаташ Мовса лаьцначул тIаьхьа хIиттийна хила тарлуш ду. Тешаш дуьйцург Мовсас шега барт хаттар тIехь бакъ ца до. Жима волуш суна кхечу агIор хезнера иза лацар. Болх генахь болуш дIасалела хала ду шена. Баркалла дац. Iедалан болх хIунда бо ахь, бохуш, буьйсана хьуьна юкъахь дуьхьал а буьйлуш, обаргаша кхерамаш туьйсу. Обаргашца гергарло ду хьан, бохуш, Iедало а хьийзаво, аьлла, пачхьалкхан балхара дIа а ваьлла, меха лелаш хилла Мовса. Махбар доккха зулам лоруш дара Советан Iедало. Иштта цкъа стунвешица вахана барзакъ деана хилла цо. Дика чу кхаьчна а валале, хьан стунваша лаьцна, аьлла хезча, хьаьдда милици керта вахана Мовса. Цигахь дар-дацар хилла, цхьанна тIара тохарх кхин цIа ца веъна иза. (“Хьамзат” цIе йолчу дийцарехь а хьахийна ду сан и.)
Вукху девешин, Салавдин, гIуллакх ца карадо суна. Чоьхьарчу гIуллакхийн министерстве хьожуьйту ас. Тхоьца университетехь дешна йоI, Санет, ю кхузахь архивехь. Цо цигахь ду олу и. Даккха хьожур ю ша. Воккхаха волчу девешин, Сайтиниг, хуьлийла дац. Иза Казахстанехь лаьцна…
Цундела цхьа а бахьана дацара тхан дена и Iедал деза.
Жима волуш, и дерриг а ца хуучу хенахь, чубаьхкинчаьрца цуьнан тасаделлачу къамелехь а хийлаза гора и. Цу хенахь пионер волчу суна: “Кхара хIун дуьйцу-те? - олий хетара. - Ма ца кхета уьш. Баккхий болу дела хир ду и. Цара юьйцу зама дIаяьлла”.
РогIехь Бадуевн, НКВД-н подвалашкахь аьхьна кхиболчу нохчийн яздархойн а гIуллакхаш дара сан. Коьртачех цхьаъ и а дара, со кхуза варан бахьана. Суна яздан лаара царах лаьцна. Цхьанне а евзаш йоцу, арайийлаза церан произведенеш я куьйгайозанаш карадаре сатуьйсура ас. Амма балха хIоьттина а валале, соьга архиваш цхьаммо а кегайойтур яцара. Девешин гIуллакх тIекхача а мел къахьийгира ас. Архиваш чувосса лаарх, цкъачунна гIуллакх ца хилла сан. Санета ша схьадеара и. ТIехьаьжна стохка, лурчах дIадиллича санна хетара и, дукха цIена долуш. Кабинет чохь хиъна Iаш и тептар схьадиллича, шашаха бIаьрхиш хьевдира. Сайн ден вежарех цхьа а гина вацара суна. Берриш а Iедало хIаллак бинера...

4

Органа йистте кхочу со, Бадрудди а. Иномарка ца хиллехь, дийнахь тергал а йийр йоцу машен, сацае олу тхойшинга. Iедалан структурашкара белхахой кхузаш лела ца баьхьий хаа царна.
- Ассалам Iалайкум. Охьавоссал ший а.
Тхойшиъ охьавуссу. Багажник схьайоьллуьйту. Герз дуй хьоьжу. Карийча хIун дан бохку хIорш? Кхарна хьан елла и лело бакъо? Салон чухула куьйгаш хьоькху. Сан пакет схьаоьцу. НКВД-н мухIарш, штампаш а йиттина, Мовсин гIуллакх карадо. Оригинал. Ас девешин берашна гайта цIадеанера и, чура ара ма даккхалахь аьллашехь. Шайн да дага а ца вогIучу царна, доккха хIума дара и. Воккхаха волчу Саламун, кхоалгIа шо хилла хIетахь. Самади - ненан кийрахь.
- ХIара кехаташ хьенан ду?
- Сан ду-кх.
- Юьстаха яккхал машен, - олу Бадруддега. - Схьакхайкхал Руслане, - юххехь лаьтташ болчех цхьаьнгахьа воьрзу иза. Важа цхьана агIор дIахьоду.
Секундашкахь ойла йо ас. ДегIах хьовсахь удостоверени карор ду. ТIаккха хиндерг ала хала ду. Ша тоьлур воцчара вадахь а, карахь герз доцуш волу стаг вер хIумма а хеташ вац Лабазанов. Малхбалийн охьатохалатаран мастер волу, масийттамма (царах цхьаъ Куршлойн-Эвлара а вара) лата юьстаха вала аьлча а ца ваьллера иза. Амма тIехьа бIо, хаьнтIехь “Стечкин” а йолуш, доза доцуш майра стаг вара иза.
Соьгахь кхин цхьа удостоверени а ду, гIалин администрацехь болх бина. Машен чухиинчу Бадруддина тIевоьду со. НеI йоьллий, цхьанне а ца гойтуш, ДГБ-н цIен удостоверени дIало ас цуьнга:
- ХIара къайла даккхахь, - олий.
Соьгара и схьа а оьций, машен генна юьстаха йоккху цо. Оцу ханчохь, Руслан тIеваллац ца Iаш, къамеле волу со. Уьш тIегулбелча, со юьхьдуьхьал вевзарг хила а тарло царна юкъахь. Цундела хIара сихха дIадерзо лаьа суна.
- Хьажахь, накъост, хьан хIун претензи ю? - олу ас, со сацийначуьнга.
- Кехаташ дуй хьоьгахь?
- Ду.
ГIалин администрацехь волуш яьккхина, президентан ЦIа чу пропуск дIагойту ас.
- ХIа-а, хьо саннарг вара-кх оха лоьхург.
- Со лечкъаш ма вацара. Со лаа лоьхий аша?
- Дудаевна болх беш вац хьо?
- Цхьанхьа болх ца бича волий стаг? Россехь Ельцин ву, Нохчийчохь Дудаев ву. Нах бала-м ца беза?
Сан къамелан логико цецвоккху иза.
Со кхидIа а тIетаьIа:
- Хьажа, ахь и кехаташ бахьанехь сацийна со, цхьаъ ду моьттуш, - олу ас. Лабазанов схьакхачале, биснарш а тIегулбалале вала гIерта со. - 37-чу шарахь лаьцна, вайна волчу тхан девешин гIуллакх ду и. Шу санна, Iедало бандиташ лоручу обаргашна, гIо хIунда дина аьлла. Суна цхьацца гергарлонашкахула карадаьхкина и кехаташ. Шайна юург, мерг а елларг, хIокху Iедало лаьцча муха хетар дара хьуна?
- И хьайн деваша хиларх муха тешор ву ахь со?
- Хьан карахь цуьнан, сан а кехаташ ду-кх. Фамилешка хьажа…
Хьажа а хьожий:
- Бехк ма билла сацаварна. Тхо нахана вочу балхана арадевлла дац, - олу цо. - ДIадаха мегар ду шуна.
Нахана “дикачу балхана” арабевллачийн карах, суо Iожаллех хьалха ваьлла хиларх кхета со.

5

Цхьа хан еара Нохчийчохь Гелисханов Султанан сий массарал айаделла. Дудаев, кхиболу министраш а цхьа а чот йоцчу бевллера халкъана гергахь. “Миска нах”, “миска нах”... “Мискачу нехан пусар дац. Церан бала болуш бац министраш. Массо а шена юуш ву. Хьенах жуьлиг ю, Минех жуьлиг ю”, - бохуш, цо телевиденехула ден къамелашна реза хиллера адам. Къаьсттина ярташкара дукха нах оьхура и волчу.
Iедал доьжна, пачхьалкхан кхерамазаллин департаментан куьйгалхо волчу Гелисханов Султанан когашкахь дара. Охьа а таьIна схьаэцчахьана. ТIеман командираш а цо аьллачунна тIехь бара.
Масийттаза Султан балхара дIаваккха гIоьртира Дудаев. Зелимха а гуттар луьйш вара Султанна. Болх бан ца хаьа цунна, бохуш. Султан цунна лоьра. Суна хала дара цу юкъахь болх бан. Шайн болх ларбан дукхах болу нах шен хьаькамо дуьйцучунна тIетов, шайн дагахь хIуъа делахь а. Зелимха лен воьлча Султанегахьа гIо доккхура ас. Султан лен воьлча Зелимхегахьа озара. Шинне а ца товра и. Доккхачу гIуллакхна юкъ йихкина нах кIеззиг долчу хIуманашна эгIар нийса ца хетара суна.
Оцу муьрехь уггар нийсаниг президент шен даржах мукъа а ваьккхина, керла харжамаш хIиттор дара. Цо барт бийр бара Нохчийчохь. ТIаккха цхьа а оппозици хир яцара. Дудаевс Iин чу дуьгуш ду халкъ. ХIаллак хуьлу некъ бу и.
Боцца мур бара и, Султанега Iедал шен караэца лур долуш. И дан иза ца хIоьттира. И мур сихха дIабелира. Цхьамма куьйгалла деш тоха, лата а вуьззина нохчи ву иза. Дуккха а кхечу министрел Нохчийчоьнна тешаме а. Амма дерриг халкъан, пачхьалкхан а дукъ, хиндолчун жоьпалла а шена цхьанна тIелаца атта дац.
Тамашийна контора яра и. Кадрови эпсарш берш, боцурш а Нохчийчоьнна болх беш ду шаьш бохуш, Хасав-Юьрта лелаш берриг пойзалла дIалуш бара. Ши-кхо стаг вара цигахь со тешаш. Царах цхьаъ Абу-Супьян. Султанан шича. Ас балхара дIаволуш дIахьедар яздича, дукха лийлира иза, сиха ма лахьара, Султан а хIинца кхетта хьуна, бохуш. Суна оьшуш дацара и.
Воккхачу стагана, цомгашчунна а мелла атта хир ду гонаха йолу харцо лан. Цаьргахь кхин сингаттам бу. Къона, могуш а волчунна мел хала ду и. Авантюристаш, къуй, кIиллой а коьрте ховшийна, царна са а детташ ваха...