Мохьмад Эпендиев. Дахаран некъаш

Саид-Хасан Кацаев
(Дагалецамашна юкъара)


 «Сайн накъост вуьтийла дац»

 Тхан дас Муьслис везаш тIеоьцуш вара Сайдулха а, цуьнан кIентий а. Къаьсттина ша везийта хууш вара Сайдулхан кIант Хьамид. Сиржа–Эвларчу хьуьжарехь дешна а ваьлла цIавеъча, КъорIан тIера къайленаш йовза гIертара иза, хаъал дика карадерзийра суратийн маьIна дар. Хьамидах дагабовла дукха нах богIура иза Iаш волчу хIусаме.
 Шеларчу бахархоша дуьйцуш хезнера суна... Советан Iедал кхоччуш чIагIделла дацара цу хенахь. Вайн Нохчмахкахь кест-кестта кхочура хIусамашка бохамаш. Цу хенахь а кIезиг ца хуьлура вовшашна вон болх хила лууш, бахьана а доцуш моттухуш долу адамаш. Суьдехь хоттуш цхьа а дов доцуш, меттигерчу милицин белхалоша цIера ара а воккхий, тIепаза войура стаг. ТIедаьхьна арз гIаларчу хьаькамаша тергал а ца дора.
 1929-гIа шо дара дIадоьдуш. Цу хенахь Сиржа-Эвларчу хьуьжарехь доьшуш вара кхиъна валаза волу Сайдулханов Хьамид. Дешар чекхдаьлча  суьйрана Шела схьавогIура шен да-нана Iаш долчу хIусаме. Дешар тIехь дика хаарш гойтура Хьамида. Iаьрба дешар Iаморехь шен накъостел дикка генаваьлла лорура иза хьехархочо.  Сайдулхина кхечу берел хьоме хетара массаьрца а гIиллакх лело хууш кхуьуш волу Хьамид. Хьуьжарехь доьшучу хенахь а хаза мукъам болуш мовлад а, еса а деша Iеминера цунна.
 1940-чу шерашкахь а дийна дара Хьамидан да-нана. Дала шайна тоьхна хан чекхъяьлча, бакъдуьнене дIавахара да Сайдулха а, нана Хьава а. Хьамидан дахаран некъахо хилира куцдолу Амани. Иза Шелара яра. Цхьа хаза гIиллакх долуш кхуьуш вара церан хIора доьзалхо. Шен дега дIа ца кхачахь а, Шелахь ша везийта хууш вара воккхах волу кIант Салавди. Цуьнан дашал тIех ца бовлура вежарий Бадруди, Султан, Ризван, Мохьмад, йижарий-м муххале а.
 Юха а дагалоцур вай 1929-гIа шо. Шелара а волуш, обарг ваьлла хиллачу ШитIица болу тIом дIабирзинчул тIаьхьа а, сецна дацара цхьаболчу нохчаша арз а дой миска нах набахтешкахь я эвла йисте бохий тоьпаш тухий хIаллакбар. Байлахь буьсура мискачу нехан доьзалш.
 Билгалдаьккхинчу шарахь, дуьйцу  баккхийчу наха, Шелара дуккха а кегийнах чуьра ара а бохуш, дIабигира эвлайисте. Стенга вуьга а ца дуьйцуш дIагулбинчу нахах дIатуьйхира Сайдулхан кIант Хьамид а. Цу хенахь Россерчу чекисташа санна къизалла гойтура Шелан районерчу милиционераша а. Цига дIакхаьчча милицин эпсаран хорма а юьйхина дIахIоьттина лаьтташ вара Шелара вахархо Атуев Яхьъя. Гулбелчарна хьалха уьш бехкебеш яздина заявленеш доьшуш вара милицин векал. Бист хила а ца баьхьаш гIар-тата йоцуш дIатийна Iара лецна схьабалийнарш. Цара Деле доьхура шайх къинхетам баре кхойкхуш.
 Гулбелчарах хIоранна тIе бIаьрг хIоттош чекхволуш вара НКВД-н белхахо Шелара вахархо Атуев Яхьъя.ТIаьххьара а тIекхечира Хьамидна а. Цунна вевзира Хьамид. Иза Советан Iедална муьтIахь волчу Сайдулхан кIант вуй хиира. Хууш ма-хиллара, тур, шаьлта ян говзалла кхоччуш кара а ерзийнера Сайдулхана, юьртахошка ша ларийта а хаьара.
  – Хьо хIун деш ву кхузахь, хьо муха кхаьчна кхуза? – резавоцуш тIечевхира Яхьъя.
 – ЦIера ара а ваьккхина схьавалийна со, – хIумма а оза а ца луш жоп делира Хьамида.
 – Чехкка дIавала кхузара, суна хьо кхин ца гойтуш, – юха а тIечевхира Яхьъя.
 – Со санна кхуза схьавалийна суна бехке стаг ву. И воцуш хIокху меттера  дIавоьдийла дац сан, – элира Хьамида.
 – ДIавига хьайца и накъост а, – куьг ластийра Яхьъяс.
 Иштта дан леринчу зуламах Хьамида къелхьара ваьккхира шен йиша яхана нуц Байсулуев Мохьмат-Хьаьжа. Ткъех шо хир ду цуьнан кIант Шеларчу автотранспортни предприятехь куьйгалхо волу. Автопредприятин коллективехь дика лоруш а, сийдеш а ву Байсулуев ВахIид.
 Ша бакъдуьнене ваххалц вайн республикан дуккха ярташка кхочуш вара Сайдулханов Хьамид. Шен коьрта декхар лорура цо барт ийгIинчу нахана юкъахь маслаIат дар, адамашна юкъахь кхетаман болх бар, КъорIано бохург, бусалба стаг дIалела веза некъ хьоьхура нахана. Цуьнан дуккха а дара пайхамарех, эвлаяэх, шайхех лаьцна жайнаш тIера схьаэцна бакъдерш. Кертара стаг кхелхинчу наха дуккханхьа а дIавоьхура Хьамид. Шелахоша цхьабарт болуш хаьржира иза юьртакъеда. Цул тIаьхьа веданхоша а хаьржира иза шайн юьртакъеда.
 Воккха мел хили а Шелан а, Веданан а районашкарчу бахархойн воцуш ца торг вара Сайдулханов Хьамид. ХIора дийнахь а иза шайн вуо-дикане кхача лууш хуьлура ярташкара бахархой. Дийнахь масех тезет дIадерзийна цIавеъча чIогIа кIадлой хуьлура. Амма, хIора дийнахь бохург санна, Хьамидера гIо оьшуш долу адамаш лахлуш дацара.
 Бакъдуьнене ваххалц, халкъана вецаш, церан хьашт-дезаршка сема ладугIуш вара гIараваьлла Iеламстаг волу Хьамид. Цундела ларамаза дацара Шеларчу цхьана урамна цуьнан цIе тиллар. Ша санна адамашна пайде болуш, шайн сий-ларам байта хууш хила лаьара цунна шен доьзалехь хьалакхиънарш. Шен дерриге дахар цо дIаделлера адамашна.


Иза даима а яра миска

 Жима йолуш дуьйна массо а хIума довза лууш а, шен долара хIума чIогIа ларъян хууш билгалйолура сан девешин Джамалдин йоI Шукъбант. Оха, гергарчара, Дута олура цунах. Ша йина нана дIаяьлча бен ца хиира Дутина мел хала ду дуьненан дукъ дIакхехьа. Дутел йоккхах йолу Бирлант, шоззе маре а ца нисделла, цIахь сецира. Жимахволчу Iабдуллина генарчу Казахстанехь воллуш шена беза болх карийра. Ша жижиган комбинатан коллективе дIанисвеллачу дийнахь дуьйна цхьана тхов кIел Iаш долчу тхуна а, шен йиша-вешина а, дейишина а денна жижиг латтадора цо. Цуьнца балхахь болчу накъосташа а, Джамбулехь бехаш болчу нохчаша а, цуьнан сий-ларам бора. Къамелехь адамаш шена тIедерзон хаьара Iабдуллина.
 Джамбулехь оха йоккхучу хенахь а даима а тIелохуш, мукъа Iаш яцара Дута а.
 Цу хенахь цуьнан дагчу дижнера Бирлантиний, Iабдуллиний ненан метта а, йишин метта а хила. Дутина дукха нах бовзара, царна а доккха сий хетара дикачу нахах схьаяьлла йолчу Дутица юкъаметтиг дIалелош.
 Вайн Делан пурбанца нохчий, гIалгIай, Кавказера кхидолу а къаьмнаш шайн дай баьхначу махка юхабаьхкира. Дута а, дейиша Манана а Муса волчу кертахь бисира. Бирлант, Iабдуллий дукха хан ца йолуьйтуш Соьлжа-гIалахь квартира а лаьцна цигахь севцира. Циггахь болх карийра Бирлантана а, Iабдуллина а. Болх бан Iемина хиларна Шеларчу кхачанан комбинатехь балха хIоьттира Дута. Циггахь шен белхан ирс карийра гергарчу Асетана а.
 ДIайоьдура хан. Шен балхах тIеттIа самукъадолуш дIалелара Дута. ХIинца Мусан доьзалх дIаийна, царна ша сов ца ялийта гIертара иза. Ткъа Билжана, ша оьзда стаг хиларе терра, цкъа а ца къахкайора иза. ХIума юучу хенахь уггаре хьалха цунна хьалхахIоттабора кад. Шен дагахь царна баркалла олура Дутас. Шен диканах уьш кхетийта а гIертара. ЦIадаьхкина дукха хан ялале Чокки Ширванегара дакъа а эцна, цу декъа тIе охьахевшира Муьслех бисина доьзал. И дакъа шина декъе дийкъира. Лакхахьара тIехь лаппагIа йолу цIа, воккханиг лоруш хиларна, Iабдуллина къастийра, ткъа лахахьарачу декъа тIехь цIенош а дина чувахара сой, сан наний, йиший а. Юккъера Хьава нехан цIен тIехь яра цу хенахь. Дукха хан ялале Дутас а дIаболийра керла цIа хьаладоттаран белхаш. Ша хIуманан тIалам болуш хиларе терра, масех шарахь чIагIъеш, баккхийчу тIулгех ондда фундамент йина ялийтира цо. Цул тIаьхьа сих ца луш иттех шарахь доьттира пенаш, тиллира тхов.
 Кест-кестта шен цIийна доладан схьайогIура Дута. Ша кертахь гулйина сал-пал мичахь, муха дIакъовла еза хаьара цунна. МусагIаьргара схьа а оьхуш шен декъа тIехь хох, хьаьжкIа лелон а ларайора. Цецвоккхуш дара цуьнан декъа тIера ерриге коьчал тIе гата я кехат тоьхна латтаяр. Царех цхьа хIума меттах яьккхина хилча а хаьара цунна. «Ша декъа тIе схьаеъна охьахиъча-м мел дика цIийна Iу хир ю цунах», – олура луларчу наха Дутина. Масех меттиг елира Дутица гергарло дезачу наха захало хьехош. Деган кIоргехь хIуъа хиллехь а, Дутина нехан цIен тIе яха ца лиира.


И мерза ненахой

 Ма дезаш тIеоьцура тхо, Муьслин доьзалера бераш, ненайижарийн а, ненавешин а доьзалехь. Вовшашца йохье бевлча санна, тхан чIогIа сий-ларам бора Рехьантан, МухIажаран а йоIарша, кIенташа а. Шеларчу ненайишин Рехьантан ши йоI КIужий, Мединий шайн нана санна дог-цIена екхаелла яра. Кхин а хаза елакъажар дара Сиржа-Эвлахь ехаш йолчу МухIажаран йоIарийн – ПетIаматан, Тамарин, Байсарин, кIентан Зубайрин а. Царна тIекхаьчча чIогIа самукъадолура сан а, сан йижарийн а.
 Со вахана дIакхаьчча, суна дуган худар дан, чуьйнан яй кечбан йолалора сан ненанана Кемса. Ненавешин Даккин ши кIант Хьамзаттий, ШахIиддий массо агIор а сан самукъадаккха меттигаш лоьхуш хуьлура. Кегий болуш, шен кIентан бераш мел вон леларх, цхьа а царна вуо дош ца олура Кемсас. Царна тIечовхар а муха дара: «Дала дог дикане кхачавойла хьо!» Шен хIусамдена муьтIахь яьхнера иза бакъдуьнене дIаваххалц.
 Шайн дика амалш ца хуьйцура цара нохч-гIалгIайн халкъ ГIум-Азера цIакхаьчча а. Кхаа йишех уггаре хьалха бакъдуьнене дIаяхара жимах йолу Рехьант, цул тIаьхьа а дикка дIалийлира сан нана Маза а, ненайиша МухIажар а. Шайн рицкъанаш тIе дIабахара церан йоIарий а, кIентий а.
 Дуккха а дIакъаьстина ненахойн доьзалшкахь а. Ткъа таханлерачу дийне бевларш цхьаццанхьа сискал йоккхуш бу.
 Ца хьахош дита а ца лаьа со Джамбулехь зооветиринарни техникумехь доьшуш волуш Курдийски районан цхьана колхозе практикехь хилар. Гена боццуш Свердловски районехь Iаш бара сан ненайишин доьзал а. Цаьрга хьажахIотта вахара со цхьана дийнахь. Доггах хазахеташ маралелхара суна МухIажаран йоIарий а. Нуц ву аьлла а вацара церан да Iела. Суна мел оьшург дерриге хир долуш дара. Цигахь буьйса а яьккхина, дIаваха кечвелира со.
 – Хьо новкъа валале цхьа хаттар дан луур дара суна, – вистхилира Iела. – Тхан бежанашна хьалха йилла уггаре дика хIун хир яра?! – лачкъийна велакъажар а долуш, хаьттира Iелас.
 Дукха ойла еш ца Iийра со, къаьсттина ала дуккха бецаш елахь а, хьалха дага еънарг дIаэлира ас:
 – БIаьстенан сийна буц ю-кх!
 ГIадвахана велавелира Iела. Чохь берш а боьлура ас делла жоп хаъал беламе хеташ.
 – И-м суна а хаьара, ткъа хIинца тIедогIуш Iа ма ду. ХIинца хIун луо оха бежанашна?
 – Шаьш кечйина елахь Iаламан буц а ло, шурин хIора литран хьесап деш 200 грам комбикорм а ло. Бежанаш цIена а леладе, – тIетуьйхира ас.
 Шена цецвала кхин хIума ца карийча, юхавелира Iела. Цуьнан бераша а, йоьIан кIанта Барзанукаев Ахьмада а, шайн самукъа даьллачохь, хIинца а дуьйцу студент волуш аса делла жоп.


Сан йишин бераш

 1961-чу шарахь керла цIа дира ас Шелахь, хIинца Ленина цIе йолчу урамехь. Мел лаххара а 18 шарахь Iийра тхо хIусаме газ яло таро йоцуш. Джалкхехь Iаш бара Хадизов ШаIин а, сан йишин Хьаван а доьзал. Оцу хьуьнан бахамехь шортта карадора даго дечиг. Йишин бераш каде хьовзара аса Шелара дIайигинчу машина тIе дечиг дотта. Хьуьнан юккъехь шортта дара диттийн кегделла генаш. Къаьсттина каде гора кхоалгIа кIант Тимур. Сихха бIаьрг тIекхуьура дIасакхийсинчу дечигашна. Цхьа сахьт а далале машен а юттий, дIахьажавора со вежарша Шамадис, Шамхана, Тимура а. Дукха хьолахь церан дас ШаIас а дохьура тхуна дечиг. Цкъа а церан доьзалехь девнаш ца хааделла суна. ШаIа санна, Хьава а яра доьзална рицкъа лаха говза.
 Жима волуш дуьйна а вочу хIуманах ларвала хууш, Джалкхехь юккъера школа чекхъяьккхича Къилбаседа ХIирийн АССР-н Алагир гIалара хьуьнан бахаман техникум, тIаккха Воронеж гIалахь хьуьнан бахаман институт а тIехдика чекхъяьккхира ШаIагIеран доьзалехь кхоалгIа волчу Хадизов Шамхана. ГIуллакх хилча цIа а вогIуш, шен доьзалехь барт латто хаьа цунна. Цуьнан дахаран некъахо ю оьздачу нехан йоI Мадина. Даима а шен марнана ган сатесна хуьлу иза. Ткъа иштта Хьава а хуьлу шен нус ган лууш.
 Цхьана дийнахь Шамханан нанас дийцира Шамхан жима волуш муха вара хьекъалца. Дас ШаIас ша реза воцуш хIума даьлча кIанте олуш хилла: «Хьада-вало хьайна тоха сара бал суна, чехкка воьллахь». Шамхана тидам бинера, вежарша баьккхина сара стомма а хуьлий, цара бала хьоьгуш. Ткъа шена тIе рагI кхаьчча, Шамхана атта каглун болу сара бохьуш хилла. Дикка хан яьлча хиина дена шен кIант тоъал хIилла долуш вуйла. Ткъа хIинца Шамхан шен дена-нанна, вежаршна, йижаршна комаьрша гIо деш ву.


 Луьрачу Iазапехь

 СССР йоьхначул тIаьхьа цхьаьннах а йозуш йоцу пачхьалкхаш хилира 15 республиках. Амма кегий субъекташ Россина юкъахь йисира. Москвара кхерамаш а тесна шен  балхара дIаваьккхира Д. Завгаев. ХIора автономни хиллачу республикашкахь харжа болийра президенташ. Иштта Нохчийчохь а хаьржира президент. Нохчийн исторехь цкъа а хилла вацара паччахь. Ткъа дуьххьара хаьржинарг чIогIа лоруш тIе а ийцира нохчаша.
 Цу хенахь гIалгIай а бара вайн республикехь. Дукха хан ялале нохчех дIа а къаьстина шайн республикехь президент хаьржира гIалгIаша. Церан хьекъал кхечира тIом ца безаш волу президент харжа а, Россина юкъахь саца а.
 Вайн республикехь шортта герз а дитина дIадахара федеральни эскарш. Олуш ма-хиллара: пенах дIаоьллина топ цкъа а ца кхуссуш ца юьсу. Цхьана заманчохь эккха безаш бу тоьпа чу биллина патарма. Ша ларвеш йолчу гвардех тоам ца беш, кхин дуккха а эзарнаш кегийрхой салтбаьхнера Дудаевс. Цо тоххарехь лехнера тIеман бахьана. Цхьа шо а далале вевзира иза. Я беттан алапа а, я дуккха шерашкахь къахьегна долу пенси а ца лора дуьххьара хаьржинчу паччахьо. Цхьаболчарна сихха катоха а, хIума ядо а Iемира. Ткъа мисканаш я сагIадоьхуш, я гергарчара тIаьхьатекхош бара. Кхаа шарахь цхьа а зуламхо Iораваьккхина я царна суьдехь кхел йина меттиг ца еара. Кхузахь бакъонехь дара джунглин закон: ницкъ болуш волчо мисканиг хьошуш.
 1994-гIа шо чекхдолуш нохчийн республикан дозане схьагIоьртира федеральни эскарш. Геннара чудетта долийра нуьцкъала герз, маьI-маьIIехь лелхаш хезара яккхийчу тоьпийн хIоьънаш, ярташна тIехула хьийзаш гора хIаваан кеманаш. Дукха хан ялале Соьлжа-ГIали чукхечира федеральни эскарш. Хьалхарчу рогIана йохийна дIаяьккхира аэропорт. Федеральни эскаршна дуьхьало еш севцира Дудаевх а, лакхарчу Iедалх а тешна арабевлла, доьналла долу кегийнах. Нохчийчуьра 100 эзар гергга вахархо хIаллакьхилира цу тIамехь. Дукха бара тIепаза байнарш а. Казахстанах моз тарделлера нохчашна. Цигахь ма бацара цхьа а тIом. Россин дуккха а гIаланашкахь, ДегIастанахь, ГIебартойн-Балкхарехь чохь-Iойла карийра дукхахболчу нохчашна. Цхьа кIеззиг адамаш бен ца дисинера шайн-шайн хIусамашкахь.
 Цхьа вуо гIан санна дагахь лаьтта тIемаш кхехкаш хиллачу хенахь адамаша лайна Iазап, халонаш...


 Вешин йоI Резеда

 Жима йолуш дуьйна а ша езийта хууш яра сан вешин йоI Резеда. Дешар тIехь а дика бара кхиамаш. Шел дикка йоккха йоллушехь, шен дейишица синкъераме а йоьдура. Цигахь везавелира БухIан-Юьртара Iайндос. Шен берхIитта шо а кхачале цуьнга маре а яхара иза. Пхи йоI кхиира церан доьзалехь. Уьш берриш а дикачу гайтамашца школа чекх а яьккхина, лакхарчу заведенешкахь доьшуш бара, ткъа уггаре йоккхахйолчу Раисас Орджоникидзехь мединститут чекхъяьккхира. Хайдарова Раисас Шеларчу райбольницехь гинекологан болх бира дуккха а шерашкахь. Тайп-тайпанчу институташкахь дийшира Раисин еа йишас а. Цаьрга дешийта шен белхан алапа ца кхоадора дас Iайндоса а, нанас Резедас а. Ала деза, йоIарша шайна рицкъа латтор эрна ца дайинера. ГIора лахделча цара дIа ца тесира  шайн да-нана. Денна бохург санна, кхочура дена-нанна оьшург йохьуш, кхачо йора ахчанца а.
 – Сайн йоIарий кIентел оьшуш ца хета суна, – царех воккхавеш олура Iайндоса.
 – Баккхий хилча да-нана дIатосур ца хиллера сан йоIарша. – ЦIийнадас бохучунна доггах резахуьлура берийн нана Резеда а.
 Аьтто баьлча, Шелахь Iаш волу со а, Джалкхе дIаяхана йолу сан йиша Хьава а кхочура РезедагIар болчу. ЧIогIа елалой, екхалой дуьхьал йолура тхуна вешин йоI Резеда. Иштта тхо юххера гергара хеташ маралелхара кхиъна богIу йоIарий. Царна чIогIа реза хуьлий самукъадолура сан а, сан йишин Хьаван а. Ма хаза хан хиллера дIаяхнарг...  Дерриг а дицдира тIамо... 


 Вешин кIант Муса

 Жима волуш дуьйна а хIуманан хьесап дан хууш, нахаца комаьрша, шен гергарчу нехан терго еш вара Муса. Шеларчу а, кхечу ярташкарчу а наха лаккхара ларам беш хиларца а вовзара. Коьртаниг нахана дийца меттара къамел а дара, уьш говзаллица шена тIеберзо а хаьара цунна. Цуьнца цхьаьна дахаран накъост хила хьакъдолуш яра ша дукха жима волуш цо ялийна оьздачу нехан Доча-Борзера СергановгIеран доьзалера Билжан. Уггаре халачу хенахь Казахстанехь хилира цушиннан кхоллам. Адамашна вовшашна тIекхача бакъо яьлча кхечира тхо уьш Iаш болчу районе.
 Казахстанера цIадаьхкича массо шен-шен цIа меттахIотто волавелира. Даккхий цIенош дохийна а карийна, тишачу цIа чу баьхкира Мусан доьзал а, нана КIужа а. Тхо а, цIенош дохийна хиларна, цхьа хан яллалц царна тIедиссина Iийра.
 Даймахка схьакхаьчча керла гIишло яра дIахIотто езаш. Хенан йохалла карийра даго лоьхуш болу болх а. Йоза- дешарх дика кхеташ хиларна, Мусана дукха хала дацара пачхьалкхан мехкадаьттан институтехь деша. Иза кхиамца чекх а яьккхира цо. Церан доьзалехь пхи йоI (Аза, Медни, Сацита, Амати, Зараъ) а, кIант Ахьмад а кхиира. Шайн дений, нанний цхьа а арз тIе ца дохьуьйтуш, тIехдика дийшира цара Шеларчу №8 йолчу юккъерчу школехь а, пачхьалкхан институташкахь а. Дахаран новкъахь хIоранна а карийра шайн ирс. Уьш ларабора гергарнаш лара а, нахаца оьзда гIиллакхе хила а. Иштта доьзал хилар доккха дозалла хетара дена Мусана а, нанна Билжанна а.
 Шен воккхахволу ваша Муса санна нахана вевзаш вацахь а, хIуманах дика кхуьуш, нахана новкъа ца гIерташ вара цуьнан ваша Iийса. Цуьнан а бара доьзал. Рицкъанаш хиллехь хIинца а хир вара доьзалера ши кIант, церан нана а. Къона болуш хедира церан дахар. Зарема, Iашати а нехан цIен тIехь ю. Кест-кестта йогIу и шиъ да волчу хьажа-хIотта, оьшучохь гIо а до...


 Сан миска доьзал

 Халкъалахь олуш ду: «Массарна а дерг ловзар ду». Вайн нохчийн халкъана хилларг-м вуо ловзар дара. Дукха адам хIаллакьхилира хьалхарчу тIамехь. Лаххара а бIе эзар адам хIаллакьхилира Нохчийчохь хиллачу шолгIачу тIамехь а. Шина а тIамехь цхьацца кIант кхелхира сан доьзалера а. Хьалха  уггаре жимах верг – Увайс – кертахь воллушехь вийра кеман тIера ракета а тоьхна. ШолгIачу тIамехь МартантIе гергара нах болчу ваханчохь вийра Турпал. Районехь дукха нахана везаш вара иза. ДогIа санна боьлхура уьш иза бакъдуьнене дIаваханий хиъча. Ма чIогIа дезара цунна бусалба дин. Хьуьжарехь дешна ваьлча, цунах тешийра Шелара бераш Iамор. Школехь ледара дешахь а, Iаьрбийн йоза-дешар Iамо реза хуьлура бераш.
 1995-чу шеран март чекхбалале, тхайн мотт-гIайбий а эцна, эвлах довла дийзира тхан а, берриг бохург санна юьртахойн а. Сан доьзал а, йоккхахйолу йиша а Эвтарара шолгIа йиша  Хьава  Iийначу керта диссира. Кхузахь тхо тIеэца карийра ШаIин ваша Iимран (йишин марваша). Хиндерг хIун ду ца хууш, цхьа бутт сов хан яьккхира.
 Сан шичас Iабдуллас, ша ДегIастане а вахале, Куршлойн-Эвлахь йитира шен ши йиша Бирланттий, Дутий. Цигахь церан доладан йолуш яра ПетIамат а, Малика а.  ТIебаьхкинчийн доладеш, дог оьцуш а яра и шиъ. Де эшначохь шен нах бен ца карабо. Сагатделча со а воьдура сайн вешин йоIарий а, церан доьзалш а болчу.
 Гонахара тIом лахбелча тхаьш Iаш долчу хIусамашка схьадаьхкира тхо. Ма ирча сурт хIуттура урамехула волавелча. Дукхахдолчу цIенош тIера, ракеташ йиттина, тхевнаш бара бохийна. Цхьа цIа а ца дисинера корабIаьрг ца бохош. Цхьадика, ца йохош йиснера газ чекхйолу биргIанаш. Электросерло ца хилча а тоам бора, чоь йохъеш газ хилчахьана.
 ТIом лаьмнашка, хьаннашка бирзинера. Ламанан йистошка лаьхкина тIемалой 1996-чу шеран 6-чу августехь ГIала чубаьхкира. Дукха хан ялале хаьржира шолгIа президент – Масхадов. Ша хаьржинчу халкъана Iу хила ца хиира цунна а. Нохчийн Республикехь дукха бара, ша-ша эла ву бохуш, герзах а боьттина дIасалеларш. Цара Iуналла деш яра мехкадаьттан ерриге биргIанаш. Йоккха анархи яра Нохчийчохь. ШарIан суьдахой ца баьхьара зуламхошна кхиэл кхайкхо. Кхаа стагана тоьпаш тохаро а сий ца айира Iедалан. Зуламхой белахь а, гIийла, миска нах бара уьш. Ницкъ болчарна цхьана а кепара таIзар дацара...
 1999-чу шарахь, тIамах Iехабелла кегийнах тIаьхьа а хIиттийна, Россина тIелетира Басаев Шемал. Цунах бахьана а хилла Россис шолгIа тIом дIаболийра Нохчмахкахь. ШолгIачу тIамехь а хIаллакхилира 100 эзар сов миска стаг. Юха а бакъоне дирзинера бахархойн чуьра хIуманаш кхехьар, мах схьакхаччалц лечкъийна адамаш сецор а.
 Нохчийн Республикан администрацин коьрте Кадыров Ахьмад-Хьаьжа хIоьттича, адамашна чу садан дуьйлира. ХIора баттахь схьадала долийра дукха сатийсина пенси а, белхан алапа, берийн пособи а. Харцонна, ямартлонна а лам санна дуьхьалвелира иза, шен букъ тIехьа  халкъ дIа а лачкъош.
 2003-чу шеран 5-чу декабрехь президент хаьржира иза. Шел хьалха хиллачарах ма тера  ца хилира и. Нохчийн халкъана  тIе а вирзина, ша кхечу новкъа а хIуттур ву, шен халкъана хьалхара вала кийча а ву, элира Кадыров Ахьмада… Дала муьтIахь войла иза нохчийн халкъана. ТIекхочуш лаьтта нохчийн халкъо дукха сатийсина зама. Аренашкахь дIахьош ду хиндолчу ялташна кечамбар. МеттахIиттош ю заводаш, фабрикаш. Школашкахь, лаккхарчу заведенешкахь шайн хаарш лакхадоху хинболчу говзанчаша, гучуюьйлу бахархошна белхан керла меттигаш.


 Бераш – хинйолу тIаьхье

 ШолгIа том балале, зударий балийна  чувирзира тхан доьзалера Турпал, Майрбек а. Оццу хенахь нехан цIен тIе яхара цхьаъ бен йоцу Зулихан а.
 Жима волуш дуьйна олуш хезнера суна: шен берел а дукха дезаш леладо берийн бераш. Тхан доьзалехь юккъерачу кIанта Майрбека зуда ялийча ши кIант хилира хьалхарчу шерашкахь. ГIеххьа къаналле ваханчу суна къаьсттина хьоме хетара ши кIант Iилманний, Iимранний. ЦIийнан зала чохь церан самукъадалийта гIерташ, царна ловзо хIуманаш, Iаж, кампет оьцура туьканара, базарара. Оццул аьрхаволлушехь вуо човхо ца хIуттура со, воккхахволчу кIанта ша сацам боцуш гайтарна. Ша кога ваханчул тIаьхьа воккхахволчо дийриг дан лаьара жимахволчу Iимранна а. Со шаьш Iачу цIа чу ваьлча хазахетий церг елалора цуьнан. Даима а цхьа керла хIума гучуяларе сатуьйсуш хуьлура, массо хIума а довза, стенах хоттаелла хаа лаьара. Воккханиг санна керла хIума йовза лууш хуьлура жимахверг а...
 Хаьа суна, и кегийнаш баккхий хиллалц суо вехар воций. Амма со царна тIекхочучу хенахь аса дерриге дора уьш  гIиллакх долуш, оьзда кхиорна. 


 Деле сайна гечдар доьху аса…

 Сан бераш кIеда-мерза кхуьуш дара. Хасмохьмад, Турпал а воцург берриге кхиберш. 2003-гIа шо юккъе дахча зуда ялийра доьзалехь кхолгIа вина волчу Ислама. Соьлжа-ГIалахь балхахь а йолуш ГIуларерачу нехан яра иза. Хаза куц долуш, лела хууш зуда нисъеллера Исламана. Иза чIогIа муьтIахь яра марзошна. Шегара сонта хIума ца долуьйтура. Шо кхочуш ПетIамата кIант вира. Суна, мардена, боккха кхаъ а, дагана хьаам а бара кхин цхьаъ а доьзалхо дуьненчу валар. КIант а валош уьш цIа кхаьчча, суна, Нураана а боккха кхаъ хуьлура. Вовшийн цатемаш бицлора тхуна уьш цIабаьхкича.
 ТIекхечира  2004-гIачу шеран аьхке . ХIинца зуда ялоран рагI шега кхаьчний хаара доьзалехь жимахволчу Илесана. Шен гергара кегийнах, лула-кулара доттагIий дика а хьаьвзина, Шелара нускал далийра Илеса. Хьалххе  кечдинчу цIа чохь шайн къона дахар дIадолийра цара. Иман, Ислам а долуш дикачу нехан хиллера Илесан ялийна йоI. Тхан ирсана, ша езийта хууш хилира и оьзда йоI.
 РогIехь уггаре воккхахверг Хасмохьмад вара. Амма иза могаш вацара. 1984-чу шарахь Советски Эскаре гIуллакх дан ваханчохь хала цамгар кхийтира цунах. Хан чекх а ялале цIа хьажийра иза эскаран командованис. ЦIавеанчул тIаьхьа Соьлжа-ГIалара цхьана больнице а вигина Хасмохьмадана дарба леладайтира оха. Цхьа шо даьлча кхин цкъа а вигира оццу больнице. Цул тIаьхьа, шен сиркхо мелла йиснехь а, чохь-кертахь дов дохуш вацара иза. Цундела, Далла хастам а беш, сапаргIат Iара кертара доьзал. Кхоччуш иза толур воций хууш, даима а гIайгIане ву со, цуьнан да хиларе терра. Со, шен нана а дуьненчуьра дIадахча, цо хIун лелор ду те, бохург лаьтта суна дагахь. Доьзалан барт бийриг да-нана ма ду. Хьалха Дала, шолгIа лоьраша гIеххьа то а вина, иза нахана юкъа а волуш стаг хиларе сатуьйсу ас. ТIаьхьа буьсучарна а атта хир дара Хасмохьмадан доладан.
 Нагахь жима волуш аса даккхий доцу къинош летийнехь а, вайн Везачу Деле, и гIалаташ дIадойуш, сайна гечдар доьху ас.
 Бакъду, массо хIума а нисделла Iаш цхьа а вац. Амма сайна цатам хиларх я сайгара гIалат даларх, цкъа а   хIусамненаца, доьзалца а девне ца ваьлла со, я нахана, лулахошна а вуо а ца хилла, я царна зулам дан а ца гIиртина.
 Везачу Дала ларвеш, вочу новкъа ца хIоттуьйтуш, схьавеана со таханлерачу дийне. Пачхьалкхан балхахь аса хьанал даьккхинчу рицкъанах дина кертара цIенош а.
 Со дIаваха дукха хан ца йисна. Ма чIогIа луур дара сайн а, гергарчийн а тIаьхье иманехь, бертахь ехийла.
 Дерриге а дуьсу адамашна.

"Машар" газета, №№7-8, 2005 шо.