Дневник. 1984

Саид-Хасан Кацаев
ГЕРГАРЛОНАШ

Вайнехан юкъаметтигаш херайовлар, гергарлонаш гIелдалар а доккхачу бахьанех  цхьаъ зударех доьзна ду.
Божарша – муьлш бу а ца хууш, вовшех цхьана а кепара дог ца лозу, вовшийн бала  а боцу зударий балабо. Церан, ма-дарра аьлча, кхоччуш хьекъал, кхетам а бац  и гергарло лело, чIагIдан а.  Уьйр-марзо жимчохь дуьйна кхиош ю.
 
Баккхийчара олу:
– Хьалха вайнах даима чу-тIе гIора, гергарло леладора, мерза Iара. ХIинца дерриг гергарло а телевизорца ду.

– Хьо стенгара йогIу?
– ХьошалгIара.
– Хьаьнга яханера хьо?
– Гергарчаьрга.
– Шун муьлш бу уьш?
– Даханчу базар дийнахь тхан девашас етт боьхкинчийн шичин стунвешин зудчун мардейишин кIентан зудчун ненавешин кIента-кIентехь йолчун вешин йоI яханчеран лулахой.

САРДАМ

Студенташ-филологаш бахана Нохчмахкарчу цхьана юьрта фольклорни практике. Царах шиъ сардамаш лахьош хилла. Цхьаннах, шиннах а дагаваьлла и шиъ:
– Хьанна тIевахча бакъахьа дара-те?
Юьртахоша цхьана йоккхачу стеган адрес дийцина кегийчу нахана.
– Аша хIун дуьйцу? – аьлла йоккхачу стага. – Суна ца хаа сардамаш дегIа. Со Дала дуьненна тIе кхоьлчахьана, атталгIа жIаьлина а вуо дош аьлла йистхилла яц со.
– Деллахь, баба, эхь ца хеташ, цхьа-ши сардам мукъане а алахьара ахь тхоьга, – дехна студенташа.
– Ца хаа бабина, ца хаа, – аьттехьа а дуьтуш ца хилла вукхо.
– Деллахь, баба, сардам болла хьуна чIогIа дика хаа аьлла, хьуна тIе ма хьажийра тхойшиъ, – аьлла студенташа.
– Хьан аьлла шоьга? – хаьттина бабас.
– Ша ма вийца аьлла цо.
– Дийцийша бабина, мила ву дийцийша…
Шаьшшиъ кхунна тIехьажийна стаг вийцина студенташа, дагахь кхин хIума а доцуш. ХIокхара цуьнан цIе йоккхушехь:
– Э-э, цунна хила иштий-вуьштий, – аьлла, шина кIантана цунах боккха кхаъ хуьлуш, сардам боьллина бабас.
ШолгIа шо хилла цара сардамаш тIехь болх бен, амма оцу тайпана сардам буллуш хезна а ца хилла царна. Сихха блокноташ схьа а яьхна дIаяздина цу шимма йоккхачу стеган сардамаш.
– Язде аша. Язде аша. Баба дика Iехий аша, – аьлла йоккхачу стага.

ДЕШАР

Со школехь волуш, тхан хьехархошна юкъахь дара, дешарна тIаьхьа девллачохь, муха довлу ца хууш шераш дIа а лилхина, маре дахаза дисина зудабераш. Царах муьлхха а йигинчунна дика хIусамнана, берашна дика нана а хир яра. ХIара мегар ду хьуна, и мегар дац хьуна, бохуш, гуттар Iамо а ца езаш, чехо ца езаш, лела хууш зуда а хир яра.
Кхузахь, университетехь а бу нохчийн зударий, иштта дешарна чубоьллачохь бисина.
«ХIинца а иштта товш болу, кегий болуш ма хаза хилла хир бу хIорш», – ойлайо ас, цаьрга а хьоьжуш.
Гобаьккхина кегий  нах а болуш, цаьргара зудабераш схьадаьхна долу, ма ницкъ   болуш а ду-кх дешар!
Кхин цхьа хIума а ду. Жимчохь-м зудабер Iехадала а дукха хIума ца оьшу. ХIинца кхиина яьлла йоI шен цIахь сагатло дела а йоьду  маре я Iер-дахар хийцархьама а, цIеранаш кIордабой а. Амма хIумнах кхеттал хилла, шен мах а хууш, хьекъал долуш йолчу йоIана йоккха гIайгIа ю шеца вогIур волчу, шен ойланехь волу, шена веза хьакъ долу кIант каравар, вовзар а. Цуьнга хьоьжуш, и ларвеш дIайолу тIаьххьарчу хенахь хийла йоIан хан. И божарийн бехк бу, зудаберийн бохам а.

Да я нана галдаьлла я вовшашца ийгIина, я берашна тIе десте ялийна, я доьзалан хьашташ кхочуш дан таро а ца хилла, я цIеххьана даьхни карадеана, я и совдаьлла, я цIерачийн тергонера дIа а бевлла гIала кхаьчча, хьакъ доцу накъостех кхетта, хьекъал ца кхаьчна... дуккха а зудабераш девза суна.

Цхьаболчу хьехархоша, тхуна эхь хетийта дагахь, тхо ялсаманехь санна Iаш ду, олу. Шаьш студенташ долчу хенахь, бепиг эца а ахча доцуш, вагонаш яссо дезара шайн... ХIетте а доьшура.
– Ткъа шу?

Со деша тасавеллачу хенахь кхузахь хьоьхуш дерг, суна 5-6 классашкахь дуьйна хууш хилларг дара. Подлежащи стенах олу? Сказуеми стенах олу? Ширачу Грецин, Риман мифологи, оьрсийн, нохчийн а фольклор, литература…
Нийса шайн фамили язъян а ца хууш бераш ду тхоьца доьшуш. Хьехархойн ерриг а ориентаци царна ю. И доккха гIалат ду. Цхьана агIор бехк буьллийла а яц царна. Курсехь волчу баьIа стагах кхеташ иттех бен вац. Иштта дог долу дешарх.
Дерриг дахар а доьшуш доккхур дара ас. Оццул деза суна дешар. Амма кхузахь дерг кхин ду. Муьлхха курсан елахь а, сайна луъучу профессоран лекце воьдуш, ца лууче вода а ца воьдуш, дешар дезаш вара со. ХIокхара коьртаниг расписани лору. Сан меттан кхечара ойла йина. Кхин факультет мукъане харжа езаш хиллера.
 ХIара шо дIадоладелчахьана цхьана дийнахь а тетрадаш ца даьхьна ас, лекцешка ца вахана, библиотекера цхьа а учебник ца эцна, дешаран зал чохь хиъна а ца Iийна, дагадеъча цIавогIий, кхо-диъ де доккхуш меттиг а еана.
Школехь хьалхарчу парти тIехь хиъна Iийна волу со, кхузахь и дош ца хеташ, аудиторин уггар тIехьарчу стоьла хьалха хуу. ДоттагIашца къамелаш деш, я программица йоцу книгаш йоьшуш Iа. Гучохь, гуттар а хьалхара хила цхьайтта шарахь школехь а кIордийнера суна. ХIинца мукъане а паргIато еза. Вуо лела лаьа…

Нагахь санна со школе балха водахь а, сайчул дика класс хир яц.
Сайн хиллачу хьехархойн ойла йича, хаа суна, царах цхьа а дешаран книгал, программал а сов ваьлла ца хиллий. Массо хIуманна а сайн тIаьхьа кхиа дезна сан. Цхьана агIора-м дика а ду и... Дуккха а хаттаршна жоьпаш айса лехна ас, хаьттича эхь ду моьттуш:
– И а ца хаара хьуна? – аларна кхоьруш.

ХIокху университетехь тIе мел дожош дерг кхочуш дан волахь, кхузара араволуш, дипломца заьIапхочун группа а лур ю. Дешаре оццул безам хилла волу Горькийн а, собар тоьар дарий хаац хIокху хьелашкахь деша. Пхеа шарахь-м доктор, профессор а хилалур ву, лартIехь системехь. Ткъа хIун Iамадо кхара? Кхул а гIоли, пайденна а хир яра ялх баттахь йохуш йолу курсаш. Цара-м, гIаддайча, машенаш, сахьташ я магнитофонаш, телевизорш я холодильникаш тоян, йохо, кего а Iамавора. Я бухгалтеран говзалла. Дебит, кредит... Юй а хууш говзалла ю-кх. Университет яьккхича?

БОЛЬНИЦЕРА ВОГIУШ

Лоьраш а бу тайп-тайпана.
Цхьаболчарна шайна тIе лазийна стаг валийча я цомгашниг веъча, Делан гIуда хьаьрчича санна хета, шайга цхьа боккха бала боьссина моьтту. Безабуьй, тIечеха, тергал ца во, гIоли хуьлу агIо ца лоху... И дерриг а ахча далийтар дуьхьа. Стага, ца вала, тIаьххьара капек а дIа ма ло. Адамна шена я юххерчунна дуьххьара тIеIоттаделларг доккха хIума хетарх, оцу хьолехь долу адамаш хIора денахь гуш волчу лоьрана цецвала хIумма а дац. И марзвелла цамгаршка, Iожалле а…
Амма цхьаберш хьо тIевеъча, шайн деваша веъча санна, гонаха бовлий хьан гIуллакхе, хьуна оьшучуьнга хьовсу, ладугIу, дарба хьоьху, леладо... Цул тIаьхьа царна луш дерг дукха а ца хета.

Оьрси пIелг хадийча а поликлинике воьду. Жимма сиркхо хьакхаелча а больнице чувуьжу.
Нохчийчунна больницаш лоьрашна ехкина ю моьтту. Царна тIе лелар а дош доцург лору. Ша когаш дIалелош мел ву, ирахь токху цамгар. Могашалла ларъян ца хаа нохчашна.

Дадина цхьа молха а эшна, рогIехь зударшна юкъахь ца латта, аптекан тIехьарчу неIарехь кхайкхира ас. Жимачу дегIахь, котаман кIорни санна, цхьа экама йоI дуьхьал еара суна. Чувеанчуьнга гуттар а эсала йистхуьлу иза.
Ас кхо сом а кховдийна, сайна оьшу молха дийхира. Масех минотехь схьаеара иза, молханаш, юхадогIург а дохьуш.
Баркалла аьлла, дIаволавеллачу суна, ахчане хьаьжча, и айса дIаделлачул а сов карийра. «Пхи сом дара-те ас цуьнга делларг?» – ойла хилира сан. Кисана хьаьжча, пхеа соьман кехат шен меттахь дара. Со юхавирзира. НеI къевлина яра. ПIелг туьйхира ас. Ара кхин йоI елира.
– ХIара юхадогIург нийса ца делла цо.
– Муха нийса ца делла? – хаьттира йоIа, ас кIеззиг делла боху моьттуш, гIеххьа реза а йоцуш.
Ас кхетийра иза.
– ДIа хIунда ца вахара хьо тIаккха? – елаелира иза. 

Когах гипс тоьхна, Iаса а гIертош, халла йогIура иза. Вуьшта а куьг доцуш йолчу цунах чIогIа къахийтира суна. «Ког чурабаьллехь я кагбеллехь ма забар яц и». Сайн лазар хIумма а доцург хийтира суна, цуьнгарчу балане хьаьжча.
Меттахь кIелвисначо ойлайо: «Валлалц мел беза а болх бийр бара-кх, Iуьйрана дIахоьттина сарралц, могашалла елахьара». Ткъа бIаьрзечо! Мел къелла а атта ловр яра цо, са гуш хилчахьана...
ЦIера дуьйна кху эвлайисте кхаччалц хийла и евзарг, ца евзарг а тIехваьлла хир ву цунна машенахь. Ткъа и гIаш йогIу... ХIунда? Цуьнан бераш дац, лакхарчу балхахь а яц иза, шортта ахча а дац цуьнан. Майра а, пекъар, чолакха ву. (ТIаккха ярий и-м яло езаш, дуьххьара тIекхаьчначо!) Амма и гIаш йогIу... Хуур дара-кх цуьнан цIийнада костоправ велахьара. Ког лазабар ма хьехаде, лаамана базара яхана йогIуш хилча а, цхьа а тIех вер вацара юьртара. Дера вацара, ша кхечу агIор воьдуш велахь а-м.
– Хилча хIун ду? – бохуш дуй. – Некъ товр бу-кх...
Хьанна хаа? Машен таян веза там ма бу цIийнада. Я хуур дара-кх иза совхозан директоран, я универмаган заведующин, юьртден я кхечу хьалдолчу нехан елахьара. Айина юьгур яра. ДIаса а.
Машенахь хилча, со я сан доттагIех цхьаъ вер вара-те иштта тIех? ДIа а ца хьожуш. Кхечу юьртахь хилча а боху-кхи ас. Тхо санна къона долуш, оцу наха а йина-те изза ойланаш? Тхан дог-ойла а хийцалур ю-те церан хене девлча? Нахана къа хIунда ца хета вовшех?

ДЕШНАШ

Вайнехан кафедран хьехархочо Вагапова Тамарас олуш хезна суна оьрсийн «мама» (французийн «maman») нохчийн «мамка», «мамиш» (зударийн накха) бохучу дашах кхолладелла хила тарло, бохуш.
Кхин а цхьамогIа дешнаш ду оьрсийн маттахь  нохчийн орам болуш.
Царах уггар  хьалха суна дагадогIург «дедушка» ду. Къамелехь «деда». И нохчийн маттахь нийсса кхеташ ду. «Деда» – ден да (отец отца).
Оьрсийн «баба» (зуда, денана), нохчийн – денана. Шинне а маттахь цхьатерра бакъонаш йолуш ду-те и? Я и меттанаш цхьана хенахь гергара хилла-те? Хенан йохалла къаьстина? Гергара делахь, маца, муха къаьстина? Я атталлина тIеэцначу лексикана юкъадохуьйту вай цхьамогIа дешнаш, я, ца хууш, ларамаза нисделла гIуллакх лору?
«Шура» (оьрсийн зударийн цIе) – нохчийн маттахь «молоко»; «Маша» – паутина; «Ира» – острая; «Гена» – далеко; том (гулдина яздаршна юкъахь рогIера жайна) – нохчийн маттахь стомма (диалектехь «томма») – толстый, иштта дIа кхин а.

«Зуда» бохучу дешан орамах лаьтташ ду «зуд» а. Ма йоккха башхалла ю цу шинна юкъахь!
Ойла йойтуш ду «зуд» – стаг я адам бохучу дешнех а доцуш – билггал «зуда» бохучу дашах хилар.
Тахана и дош стагана олуш хилча а «ислам» олий тIетуху.
– Цхьа зуд-ислам вара и-м.
ХIун бахьана ду-те иштта алар?
Стаг даима а зудчунна хьехар дан дезаш, иза иманехь, исламехь нисъян, латто а езаш, цунна некъ хьеха безаш волу дела, аьлла хир ду-кх и?
Дуьххьарлера зуд-ислам, дIахьаьжча, молла хилла а хир ву-кх хьуна. Дуьйцуш цхьаъ, лелош кхин долуш...

Ширачу Россехь  «муж» – «майра тIемало» бохург хилла.  (Къастаде хIинцалера «супруг» бохучух.)
Нохчийн маттахь а «майра» (диалектехь – «мар») бохучу дашо зудчун цIийнада, стаг, майра, хIусамда билгалвина ца Iаш, цу стеган (адаман) амал а къастайо: майралла, къонахалла, доьналла. «Мужчина» (оьрс.) – дошам тIехь борша стагах алахь а, нахе хаьттича, къонах бохург ду.
Стаг хила тарло – йоIстаг, жима стаг, йоккха стаг и. дI. кх. а. Цундела зудчух къастош аьлла ду боршачу, къонахчу стагах – майра (муж). Божаршна юкъахь шайн зударийн майранаш (марош) дуккха белахь а, къонахий кIеззиг бу тIаьххьарчу хенахь. Цундела дирзиний-те вайн заманахь «майра» – «цIийнада» бохучу маьIне?

Синмарзо, синош гергара хилар – и ю бакъйолу марзо.
«Самукъа» далар дош а цигара схьа ду. Я «самукъа» бохург дуьххьара стаг валарца доьзна хилла-те? «Велла», «дIакхелхина», «са мукъа даьлла», дуьненан баланах хьалхаваьлла… Ма чIогIа хийцаделла оцу дешан маьIна.

Схьагарехь, «самалха даьлла» бохург а, нохчаша малх шайн дела лоручу хенахь, стаг валарца, веллачун са далла дуьхьал дахарца доьзна ду. Са малха даьлла. Стаг велла, са стигал дахана, малха тIе. Са малха даьлла. Тахана и а са паргIат даларан, самукъа даларан маьIнехь лела. Iожаллина тIера синкъерамна тIе.

ТАХАНЛЕРА ГIИЛЛАКХАШ

Салам делла, могаш-паргIат хаьттина а валале, хьайга:
– Хьажа хIумма а дуй? – аьлча, кхета, цу стеган хьоьца кIеззиг бала хилар.

– Чу гIур ду вай. Чу вогIий хьо? – аьллачул тIаьхьа, къамел хададе. Оцу накъостан хьоьга дийца хIума ца хиларан, цунна хьо ца эшаран я иза сиха хиларан билгало ю и.

Вайн хаза мел долу гIиллакх, «пережиткаш» ю бохуш, дIадаьккхина довлуш дера лаьтта вай.
Вайн ворхIе а дел хьекъал долуш ду-те вай?
Цкъа бале-м дер ду вайна и.

ХIора стаг кхечуьнга шен дагера ца хьожуш, цуьнан я шен даржера хьожу, хьала я охьа, дукха хьолахь – хьала. И лайн амал ю, гIиллакх дац.
Мел лакхара а хьаькам сайл лакхара ца хета суна.
Стаг шех бIобулуш хила веза.

Доккхачу къомо шена магош долу дукха хIумнаш, жимачу къомо шена доьхку. Оьрсийн зудчун мичча хенахь а таро ю сакъера, шена ма тов. Нохчийн зудчун маре яхар доцург, майрачуьнца йоцург, муьлхха а юкъаметтиг йихкина ю. Оьрсийн (керста къаьмнийн массеран а бохург санна) йоI-стаг, марехь йолу зуда а сакъоьруш хиларх эхь дац. Во-всяком случае, шен къастийна цхьа везар хиларх. Иза цуьнга гIур елахь, яцахь а. Цунах цивилизаци олу цара. Ткъа нохчийн и мегаш дац. Цхьана а зудчунна, цхьана а кепара. И вай хIинца а акха хиларан билгало лору цара.
ХIокху тIаьххьарчу кхузткъе итт шарахь вайн дахарехь оццул хийцамаш хиллашехь, вай царах тар ца долуьйтуш сецош дерг ши хIума ду: бусалба дин, нохчийн амал а.
Амма дегIан хьашташа къам ца хоьржу. Даго къуьйлург дегIо гучудоккху... Нохчийн зуда, шен и къайлагIур дуй хиъчахьана, я шена и ца магийта стаг вацахь, барамехь кхечарал а совъяла тарло. Цкъа дозанал тIехъяьллачун саца хала ду. Дихкина хиларо а марздо и гIуллакх. Дукха хьолахь, ледарчу цIийнах я хьекъална кIеззиг а хуьлу иштта зуда. Нохчийн цу тайпанчу зудчунна, цуьнан тIаьхьенна а тIехь сийдоцу цIе юьсу. Оьрсийн зуда, ца хуьлчу даьлча, цхьана юьртара кхечу юьрта (районе я областе ) яхчахьана, цIан а елла яха таро йолуш ю. Муьлха некъ хоржур бу зудаберо – и юкъараллин синоьздангаллах, пачхьалкхан политиках, экономикан хьолах, доьзалийн юкъаметтигех, школехь дуьйна луш болчу кхетамах, кхин а цхьамогIа бахьанех доьзна ду.
Оьрсийн Iедалан тIеIаткъам вочу агIор бу адамашна.
Зудабер шен хеннахь маре дахийта а деза, кIантана зуда яло а еза. И гIуллакх шинне а агIор чолхе а ца доккхуш. 

ДОГ

Iевдина дерриг мутт дIа а даьккхина, йисина чIуьйриг санна ду  сан дог, хIокху шина-кхаа дийнахь. Буйнахь къуьйлуш санна.
Корта, хье а! Шуна хаа шайна ца оьшу, совдерг дицдан. Шайна эрна ницкъ ца бо аша. Амма дог! Буйннал бен доцу хьо, ма чIогIа тийсало-кх хьо ца оьшучу, хьайн сий ца дечу, хьайн да ца везачу нахах.
Дог! Хьо ца дезарг а везаш, хало хIунда йо-те ахь хьайна? Коьртан, хьен а йолу дицдаран корматалла хIунда яц-те хьан а?
Ма чIогIа сагатдо-кх ахь! Ма чIогIа лозу-кх хьо, дог!   
ЙоI, зуда а, мел хаза хиларх, стагана бен йоцучу хенахь, атта тIеерзало. Жимма а и езаелча чIогIа хала а хуьлу. Еккъа ойланаш... гIайгIанаш...
Дог догуш хилча, зудчуьнца гIуллакх ца хуьлу. Зудчун дагах цIе йилла лаахь, хьайниг ша санна хила деза.

ЛЕПАР

Сан школа... Дуьххьарлера хазахетарш, дуьххьарлера халахетарш. Дуьххьарлера доттагIий, дуьххьарлера уьйраш. Дуьххьарлера хьехархой, дуьххьарлера безам... ХIетахь дерриг а дуьне – школа.
Массо а пен, пенара сурт, массо а класс, парта, у, кира-сира, хьожа – хьоме.Чухула уьду соьца дешначийн вежарий, йижарий, вешин-йишин бераш. Юьхьа тIе ма хьаьжжа хаа хьуна, мила хьенан ву. Изза хIу, изза тайпа.
Цкъа а воккха ца хуьлуш, сайн накъосташца школехь доьшуш хуьлуьйтур вара ас со.

Тхо цхьаьна доьшуш дара. Иза цуьнан хьаша яра.
Юкъа эладитанаш, хабарш дуьйцуш, цкъа а тхойшиннан барт ца хуьлуьйтура цо. Ас тидам бинера, цкъа а ша дага а яьлла, тхан барт бан ца хьаьжира иза. Массарал а хьалха декхарийлахь ерг. Тхойшиъ ший а дика девзаш йолу. Со цунна къайлаха везара, аьлла а хета суна...

Университет. Йоккха перемена. Аудитори чохь хиъна Iа со. Учахь масех студентка ю эшар локхуш:

Пайда бац ладогIарх соьга,
Кхеташ хьо ца хилча.
Сан хьоьга санна соьга
Хьан а, кхийдаш дог ца хилча...

Хазахетачух тера ду царна Усманов Iимранан и дешнаш, мукъам а.

Схьахьажахьа, дIа ма гIохьа,
Жимма собар дехьа.
Сан дешнашка ла а догIий,
Жимма ойла ехьа...
 
«Бодане ду адамийн са, – аьлла Шерипов Асланбека, ша яздинчу нохчийн иллешкахь, – зударийн са-м муххале а».
Цунна масал ду хIара.
КIантах йоI ца кхетар ду оцу илли тIехь дуьйцург. И эшар дагах кхетта царна. Амма ахь тIе а вахана, царах хьаьнгга а къамел дича, хьан дешнашка ла а доьгIна кIеззиг ойлаян хьекъал кхочур дацара церан. ТIаккха муха кхета веза царах?

Ойланаш безамна тIеяхча, цунах сайна новкъарло хир юй хууш, суна сихха цуьнца дерг хадо лиира. Дог-ойла карзахе, цхьана хIумане сатуьйсуш хилча, стаг акха хуьлу. Цундела иза сайн дахарера дIаяйа лиира суна. Вевзаш я хIиццалц гина а воцу соьца хIун юкъаметтиг хир яра цуьнан? Хилча а тхойшиъ тайп-тайпана ши адам дуй хаара суна. КIант, йоI а тайп-тайпана хила деза бохург, суна, доккхачу декъана, нийса ца хета. Тхойшиъ дист хуьлуш доцу масех бутт бу. Амма и хIора дийнахь гуш хиларо йиц ца йолуьйту...

Накъоста къуьйсу соьца, йоIаца дIасакъаьстачу хенахь кIеда-мерза хила ца веза, мелхо а кIеззиг хета еза, аьшнаш ян еза, гIело ян еза цунна, бохуш.
КIентий ду-кх ду цхьа къена хIумнаш:
– Суна моьттура, хьо бай тIе даьлла зезаг ду, хьо хиллера кхаьлли тIе баьлла баI...
Суна иштта ца хета. ГIиллакхах воха ца веза.
Хьайн синна цкъа гергара хиллачу йоIан, шайн уьйр хаьдча, ахь сий дойуш хилча, и, уггар хьалха, ахь хьайн сий дайар ду.

Со маьнги тIе охьа а хаийна, суна юххе хиира иза. Чохь кхин цхьа а вацара. ТIейоьхна цIахь лело хIумнаш яра цунна. Соьга шех лаьцна дийца гIерта. Иза сайн лаамехь хилар го суна. Куьг кховдийчахьана... Амма суна жирга хета. И хIинца марехь яра...
Чу маьрйиша яьлча, дIа а хилла коч нисйира цо.
ХIунда гира суна и гIенаха? Маре яхале, йоьдучу буса, цул тIаьхьа а ца гина йолу... Ас доьшу Чеховн дийцарш ду-те бехке? Я накъосташца къамелехь и хьахаялар ду-те? Я ас хIинца лелош йолчу кучан бехк бу-те? (Цуьнан совгIат.) Я суна и селхана гар ду-те?..

– ЙоIана хьоьга ян лууш хилча, йиш юй-яций бохуш ца хуьлу. ХIинца хьайна зуда а ялийна Iаш хир вара хьо. Хилча хIун дара хьо доьшуш? ЮкъараIойлехь къаьсттина чоь а лур яра шуна. Я квартира лоцур яра.
Цхьана агIор дика-м дара хьо чуваре хьоьжуш, хьо ларвеш, везаш а зуда хилча. Амма и хила йиш йоций хаара суна. Ирсе хир варий со цуьнца? Ас боху йоI ярий иза? Яцара, аьлла хета суна.
ТIехула гушдерг (суна диканиг лууш), цхьана хенахь со цунна тIехьийзина хилар, тхо хьалха вовшийн дезна хилар бен, кхин хIумма а дац. Масех шарахь собар дан ца луу йоI яло езаш ю ас, цунна маре яха дагадеанера я иза, со воцчу, кхечунна а езара аьлла? Я и яло декхарийлахь вара со, цхьана хенахь езнера аьлла? ХIинца суна хазахетачу йоIана соьга ян лиъча, муха хир яра-те сан дог-ойла? Луур дарий-те суна университет яьккхина валлалц Iа?

Ас юьртарчу накъостех цхьанна йийцинера иза.
Цкъа ша со волчу веъча, иза гайтахь шена, элира цо.
Университетан хьалхара корпусан фойе чохь латтара М., кхечу зудаберашна юкъахь. Ас шена иза гайтича:
– Муьлхург? – хаьттира цо.
Дуккха а долчу зудаберашна юкъахь иза йовзийта гIертара со. Цуьнга йолу сан ойла гIеххьа шелъеллехь а, иза массарал а хаза яц, ала хIуттур вацара со. Амма сан доттагIчунна ца къастара и.
– Изий?
– ХIахIа.
– Изий?
– ХIахIа...
Дикка къахьегначул тIаьхьа:
– И боху ахь? – хаьттира.
– ХIаъ.
– ХIун ду цуьнан хаза?
– Хаза яц и?
Хазъяла мегар долуш хилла и-м, ала  лаара суна цо.
– Суна-м цхьа Маьлха-Аьзни хир ю моьттура и.
– Яц тIаккха?
– Кхечарна юкъахь къаьсташ а ца хилча, хаза хуьлий и? Вуьйш санна йоI ю-кх. Суна-м, юьхьа дуьхьал а ца хьажалуш, лепаш хир ю моьттура и.

БЕРХIИТТА ШО

1

Театр. Дерриг а хаза, цIена, къегина ду кхузахь: лаьтте, аннаш, пенаш, адамаш а. ХIинццалц телевизор чухула бен ца гина актераш а, дийна лаьтта хьуна хьалха. Бож-Iела, Сутарби, Майма... Нахана-м церан бакъйолу цIераш а ца хаа. Оццул ийна-кх и актераш, пьесин персонажаш а нехан кхетамехь. Дерриг а халкъо (тIе кхуьъ-кхуьучу чкъуро), иштта езаш тIеэцна пьеса ян а яц вайнехан драматургихь. Суна чIогIа лаара, аьтто хилча, кхуза мама яло. Ма кIеззиг ду вайн нанойн дахарехь самукъа дала хIума! Ма дукха хIума ца оьшу царна! Премьерехь хуьлу вайн гIеххьа хьовсархой. Цул тIаьхьа театр яьсса лаьтта. Цуьнан бахьанаш, бакъдерг аьлча, вайн дахарехь ду. Кинотеатраш а, доккхачу декъана, ярташкара богIучу наха юзуш ю. Уьш шайн гIалара гIуллакхе а хьовсий, морожни кхоллий, кино баха, цIабаха а ларабо. Театре суьйрана ваха веза. ТIаккха буьйсенга воьду. ЦIаваха машен яц, гIалахь Iа меттиг а яц. Вайн хIора доьзалан юьртахь ков-керт, гIалахь квартира а хиларе сатуьйсу ас. И далур а дара. Иштта дика а хир дара. Вуьшта, цхьана юьртара нах маьI-маьIIехь а ца Iаш, цхьана урамехь, цхьана кварталехь, цхьана районехь Iа безара. ТIаккха гIала цIена а хир яра, адамийн юкъаметтигаш дика а хир яра, жоьлгалла, кхахьпалла а лахлур дара. Ойла мел йи а, цул дика вариант ца карайо суна вайнахана. Цхьана фамилех, цхьана цIийнах, цхьана тайпана болу нах, цхьана цIа чохь тарбан безара. ТIаккха вовшашца яхье а буьйлуш, шайн-шайн цIа дика хилийта, хаза хилийта, цIена хилийна, барт болуш хилийта гIертар бара.
Сутарби хилла боху социйлехь берашца лаьтташ. Цхьана зудчо:
– Сутарби, хьан дуй хIара бераш? – хаьттина.
– Дац, тхан зудчун ду. Со бер хуьлуш вац, – аьлла Сутарбис.
ДIа а яздина ойлайи ас: «Ас Сутарби язди, ткъа цу гениальни актеран цIе Iаьлви ю. Кхин суначул башха нахана а ца бевза уьш. Iедална-м муххале а ца оьшу. Иштта дIа политикана театр, актераш а латтабо. Уьш мухха Iаш белахь а. Изза хьал ду вайн яздархошкахь а».

2

Комендант. Дуьххьара со иза йолчу чуваьлча гIеххьа кхеравелира. Суна цкъа а ца гинера иштта зуда. Стоьла тIехьара корта, куьйгаш бен къаьсташ хIума а дацара. ДегIана жима яра иза. Юхь, ерриг охана дича санна, хебаршка а яхана. Коьртахь боккха андатран куй. Дерриг амат а зоопаркера далийначу маймалх тера дара цуьнан. Хетара, и хIинцца ручка, кехаташ чухула дIаса а кхийсина, коьртара куй ловзош стоьла тIехула кхийсалур ю. Боций когаш, деха куьйгаш. ТIаьхьа хиира суна, иза Даймехкан тIеман ветеран хилар а. Шортта орденаш, мидалш а яра цуьнан. Муьлх-муьлхха а борша стеган а ца гина суна-м уьш оццул! Леррина хьаьжча, къамеле ваьлча а го, иза жима йолуш хаза хилла хилар. Салташна езаш хилла а хир ю. Хьаьрса месаш, миниатюрни дегI... Наггахь хIинца а йогIу кегий нах цунах Iехалуш меттиг. Студенташна жимма долу бахьана а ма тоьа анекдот даккха.
– ЙогIуш хилла Слава Андреевна, кечъелла, месаш охьа а хецна. Хаза настарш, юткъа гIодаюкъ а ма ю цуьнан... ТIаьхьа вогIучу цхьанна тайна-кх хIара, букъ тIехьахула хьаьжча. Болар сихдина, тIаьхьа кхиъна и, вистхила дагахь. И юххе кхочуш Слава Андреевна цуьнга хьаьжна... Важа, пекъар, дуккха инзарваьлла, цIеххьана сецна. Масийттаза ишттачу хьолехь нисъелла йолу Слава Андреевна кхетта-кх цо лелочух. Ша-шега а хьаьжна, настаран пхьидех бIаьрг а тоьхна: «ТIехьара-м вуо яц со», – аьлла Слава Андреевнас.

3

Андропов. Переменехь буфет чу хIума кхалла воьдуш вара со, Котар-юьртара Янурсаев Дукха-Ваха а. Фойе чохь юкъараIойлера комендант дуьхьал кхийтира тхойшинна. Иза йоьлхуш яра. И моццул сийдоцуш стаг ю хууш волу, тхойшиъ цецвелира. «ХIун хила деза-те, кхуьнан бIаьргех хи даккхал?» ТIееанчу евзачу йоIа элира: «Андропов велла». ТIаккха кхийтира тхойшиъ, амма цуьнан бIаьрхих ца тийшира.
Газеташ тIехь дуьйцучуьнга ладоьгIча, цуьнан йоцуш цамгар хилла а яц. Кийрара мел йолу меже а  искусственни. Массо а пал туьйсуш ву, цуьнан метта мила хоржур ву, бохуш. Масех кандидат хьехаво: Алиев, Романов, Черненко, кхиберш а. Андропов – къинхьегаман нахана, хьацарца болх бечарна а паргIато яла гIерташ вара. Ша дIа ма хIоьттина, массо а хIуман мах, нийсса ах бохург санна, охьабаьккхира цо. Малончаш, гIуллакхазхой а дукха сиха белхашка хIиттинера. Низам чIагIдинера. Лакхара дуьйна охьа. ГIалахь белха хенахь кино баха а ца баьхьара нах. Балха тIаьхьа висинарг, журнал тIе дIа ца вазвайта, дувал я керт тIехула лелхара. Шарахь а ца витира. Иза цамгарх велла бохучух теша хала ду.

4

Нана. Мел хаза хуьлу сарахь, гIалара цIа а веана, доттагIашца къамелаш деш. Мел синтеме хуьлу цIерачарна, гергарчарна а юкъахь йоккху буьйса. ГIалахь, мел дукха хIума йиъча а, ца вузу со. ЦIахь деккъа чай, бепиг кхаьллича а токх лаьтта. Куршлойн-эвлахь санна мерза чам болуш хи-м цхьанхьа а дац. Дависа, университетан филиал мукъане елахьара Куршлойн-эвлахь. Нанас цIе йоккхуш а хезий, бIаьргаш схьабоьллу ас. ЯлхолгIачух ах даьлла. Хьала а гIоттий, юхь-куьг дуьлий, тIе хIума а юхий кечло со. ХIума ца йиъча нанас ара ца волуьйту. Iуьйрана цкъа а хIума яа дог ца догIу сан. Амма цунна болчу синтемана стоьла хьалха охьахуу. Шозза-кхузза кхоллий хьалагIотту. (Ас мел дукха йиъча а, автобус тIе хьала ма ваьллина мацло со.) Нанас, цIахь дацахь лулахошкара доккхий а, кIиранна ахча ло соьга. Арахь муьлхха погода елахь а, тIаьхьайолий лаьтта, со гучура валлац. Со цкъа, шозза а юхахьожу. Нана, тIекхоьллина йовха бедар йоцуш, тIаьхьахьоьжуш лаьтта... Дуьненчохь цул юххера адам дац суна.

5

ГIенаш. ГIенаха дуккха а бандитех, жоьлгех а лета со. Со цец а волуш, дегI чIогIа дай хуьлу. Массо тайпа бокс, каратэ а хаа суна. Итт-пхийтта зуламхо тIелетча а дIасалестабо ас. Топ тоьхча, охьавужу. ТIаккха ладугIу. «Со вала-м ма ца велла», – хьоьху кхетамо. Юха а тIом болало... Цкъа цхьа боккха сту лийлира суна тIаьхьа баьлла. Лулахойн чарагI буьххье ваьлча а ца вуьтуш. МаIаш тоха гIерташ. Сийсара боккха текхарг гира суна. Кобра. Нийсса суна дуьхьал а бирзина, чукхоссабала кечбеллера и. Со мангал а эцна, юккъехула и бекъа дагахь, ши бIаьрг а хьаббина, чухьаьдира цунна. Ши бIаьрг схьабиллича, юха а суна дуьхьал лаьттара и... Мамас и, со ца везаш, цхьа адам ду боху. «Делахь а, зе дийр дац цо хьуна». Сих-сиха бIогIамийн телел а лакха тIема волий лела со...

6

Захалонаш. Сайга цхьацца захало хьехош несарий, йижарий а дIахIиттича, велавалаза ца Iало со. Со каникулашкахь ву. Книгаш йоьшуш, ца ваьллачу денна бен, ара а ца волу. Маж яшаза цхьа-ши кIира а ду. «Аминат, схьайолал, ахь а алал кхуьнга», – боху мамас. Дехьачохь шаьшшина цхьа барт а бина еана-кхи и шиъ. Шегара хIун даьлла хилла-те, и оццул шех юхавала, аьлла боху Л. Цуьнан ненан а къамел хилла Аминатца. «Бод санна хьийкъина, мел хаза, эсала йоI ю и. Ваха мегар дац тIаккха? Вистхила цуьнга. Хьуна хIун хуьлу?» («ГIохьа и йолчу. Мел дика йоI ю и. Цуьнан къа хир ду хьуна», –  тIе моссаза кхочу доьху шичан йоIа Асета а.) «Хаац, хIара-м вац кху чура аравер волуш, книга мел ю. Хьенан чIир кхобуш ву а хаац...» – олу мамас. Со школехь волуш тIехьийзина йоI хIинцца маре яхар хир ду-кх цо дуьйцург. Соьгара пурбанца бен яханий иза? Суна цхьа а билггал хIара аьлла езаш, яло лууш а ца хиларх, хIунда ца кхета-те хIорш? Дуьне ма-дду дIагIур вара-кх со, йиш хилча... Дешаран хьалхара шо а дIадели. Сан берхIитта шо а кхечи.

7

Iаьржа духар. С. Шамсуддин тIехьийза йоI яра юьртахь. ЦIахьболчарна а хууш, уьш реза а болуш, захало дара и. Сарахь тхойшиъ дIавижа паргIат моссаза волу, гуттар а и юьйцура цо суна. Тахана и чуваьллачу хенахь со яздеш вара. Маьнги тIе охьа а хиъна: «Соьга ладоьгIчахьана, яздан шортта хIума ду-кх хьуна», – элира цо. И кIадвелла, ши бIаьрг чубоьжна, сингаттаме хийтира суна. «ХIун хилла?» – хаьттира ас. – «З. маре яхана, – элира цо. Жимма Iийна, тIетуьйхира: – Ядийна...» – «Хьуна муха хаа?» – «Накъост веанера юьртара». – «Бакъ ца хила а там бай и-м», – элира ас. «И бакъ хилахь, суначул тхан дена новкъа догIур ду и», – элира цо. Цунна и ойла язъелла хилар гора суна. ЧIогIа гIайгIанехь вара и. ХIокху минотехь ас цунна дендолу гIо, вист ца хуьлуш ладогIар дара. Кийра бассийча паргIат волу стаг. Дагахь къийлича ницкъ хуьлу. «Бакъ хир дац и. Гур ду хьуна. Со цIавахча, цо ша дуьйцур ма ду суна. Цхьа кIур-м хилла цигахь... Амма и кхечуьнга гIур яц. Яда а йойтур  яц. И лийр ма ю цигахь. ГIур ма яц. Тхойшиъ чIогIа тешаме  ма дара вовшийн», – ша-шен теван гIерта иза. Кхуьнан маьнги тIехула дIатоьхна дара цуьнан сурт. Газета тIера Iаьржа юткъа аса а яьккхина, суьртан  маьIIе латийра цо. И елла, бохучу маьIнехь. Шена гергахь. «Гур ду хьуна, со цIа а вахана схьавеъча, и бакъ ца карийна, ас и Iаьржа аса дIайоккхуш». Iаьржа аса кхозуш йисира… Цул тIаьхьа кIира даьлча, дIадаьккхира цо сурт а.

8

Хьуна бен а доцчу хенахь. Цхьана хенахь хьайна езаш хилла йоI гича: «Ванах, хIокху йоIе сатуьйсуш хилла-те со?» – олий хета. ХIинца хьуна кхечу бIаьргашца го и. Хила тарло, цу хенахь и хьуна реза ца хилла, хьоьх ца яьшна, я хьуна цуьнга вистхила агIо ца карийна. Амма хIинца и новкъахь йоьдуш-йогIуш гича, тохарлера хьайх цецволу. Ойлайо: «Хьажахь, оццул шаьш дезачу хенахь, ца хаа-кх царна. Кхечу цхьаннан хазачу я кура-доккхачу хабарх, я цунна тIейоьхначу хIумнах, хохкучу машенах Iехало. Ткъа Iехабеллачарна, Iехийначарна а хуьлуш берг тешнабехк бац?» Замано массо хIума а шен-шен метта дIанисдо. Хьайна хазахеташ хилла йоI хаза ца хиллий, иза хьуна хазъелла хилла хиларх кхета хьо хIинца. Цхьана хенахь, ахь эрна сатийсина йолчу, хIинца цунна а лаьа хьоьца хила, хьуна башха а доцчу хенахь. ТIаьхьа кхета. Хьанна хаа, цу хенахь дог эццехь, хIинца а цуьнца цхьаьна хила там бара хьо а. Царна муха хета-те? ДагадогIу, Д. Б. юьртарчу школе директор вохуьйту, аьлла, юкъадаьллачу хенахь, бераш долуш, марехь болчу дуккха а зударша: «Кегий долуш чIогIа со езаш ма вара иза». – «Со шега ян лууш мел дукха лийлира иза», – баьхна. Цара хIинца дозалла дора цунах, хIунда аьлча и директор воьдуш вара. Цул хьалха цхьамма а багах ца доккхура. Да чIогIа молуш вара цуьнан. Юьртахь а гIараваьлла. Ткъа хIинца, йиш хилча, царах муьлххург а гIур яра цуьнга.

9

Нохчийчура оьрсий. Нохчийчохь беха оьрсий дуккха а унахцIена, оьзда бу, Россехь бехачарал. Нохчаша эхь лору, дуккха а оьрсийн гIиллакхаш дIатеттина цара. Цкъацкъа мелла а кегийчу гIуллакхашкахь а хаало и. ХьасттагIа «Богатырь» йолччара книжни туькана чохь йолчу мечикно дийцира суна, ша инзаръяьлла цхьа хIума. Курортехь йолуш шина оьрсийн зудчун къамел хазар нисделла цуьнан. Ши хьаша хилла и шиъ. Мухха а, гIали юкъахь газхи молуш, цхьаьнгахь йиъ капек а ца хилла, вукхо дIаделла. Шайн-шайн чуйоьдуш: «Ахча чукховдо диц ма делахь», – аьлла, дагадаийтина цо. Соьга цеце дуьйцура цо: «Кхузахь йина, кхиъна а ю со. ХIара дегI доккхуш суна нохчашна юкъахь хезна, гина а хIума дац и. Нохчий хIунда буьйцу? Дера ца хезна нохчашна юкъахь Iаш болчу оьрсашкара а». И доккха масал дацахь а, амма цо шина къоман амал, гIиллакхаш а гойту. Ткъа вай, лардечу меттана, вайн халкъан ламасташ хIаллакдеш ду, кхаа-веа хьаькамах кхоьруш, массо шен-шен балхах, меттигах а вогуш. Цхьанхьа хахкаделла доьлхуш ду вай... Стенга кхочур теша?

ВАЙНЕХАН КАФЕДРА

Дуьненна тIехь а цхьаъ бен яц вайнехан кафедра.
Оха мел дозалла до, тхаьш нохчийн мотт, литература а Iамош хиларх! Нохчийчура уггар а яхь йолу, оьзда кIентий, мехкарий а бу кху факультетехь доьшуш. Дуьненна тIехь а цхаъ бен йоцчу вайнехан кафедран хьехархоша а ца бийцина, хьан буьйцур бу нохчийн, гIалгIайн а меттанаш? Цара а ца гайтина кхин хьан гойтур ду тхуна масал? Дика хиларан, гIиллакх лардаран, шен халкъ дезаран масал, адамаллин масал... Суна чIогIа новкъа ду, царна юкъахь барт цахилар, вовшашца хьагI лелаяр а.

Тимаев Ваха

Кегийраш ца тешшал хIума лайна-кх баккхийчара.
– Оццул шайн деша аьтто боллушехь, хама ца бо аша. Тхо кегий долуш, оха доьшучу хенахь тIейоха яцара, кога йоха яцара. Iай школе пхьаьрса кIел ча а дуьллий довдий гIора. Кхин са ца тохаделча, цу тIе дIа а хIуьттий когаш бохбеш. Массо а аьтто бу шун, хIетте а пусар ца до аша, – дуьйцу вайнехан кафедран заведующи волчу Тимаев Вахас.
Цундела къаьсттина церан чкъурах дуккха а Iилманчаш а бу-кх вайнехан. Хала мел хили а, дешаре, хааршка а лаам чIогIа хуьлу стеган.
Ваха юккъерачу дегIахь, шен вуьззина хиларе хьаьжча, чIогIа тIахъаьлла стаг ву. Коьрта тIехьара месаш еха лелайо цо, хьалхара цIена чкъор къайладоккхуш. Экзаменашкахь массарал хала стаг ву, бохуш, дуьйцу цунна. Масална республикехь гIараваьлла волу фольклорист Джамалханов Зайнди валаво. Студенташа нохчийн мотт Джамалхановн учебник тIехула Iамабо. ГIаларчу педучилищан хьехархо, учебникан автор а волчу цуьнан, лаккхара образовани а ца хилла. Университете дIатасалуш, нохчийн маттана Тимаевс кхоъ диллина Зайндина.

Саламова Раиса

ЧIогIа къонахалла йолуш зуда ю иза. Дуккха а шераш ду цо диссертаци язйина, чакх ца йолуьйтуш лаьтта. Уггар а цIена меттиг хила езара, аьлла хета вайнехан кафедра. Нохчийн мотт Iамийна ца Iаш, нохчийн гIиллакх, гIуллакх а Iамош хилча. Амма кхузахь а ю массанхьа йоллу интригаш, вовший цабезам, хьагI, гамо а.
Тахана болуш болу нохчийн Iилманчаш, берриш а бохург санна, цхьана, тIом дIабаьллачул тIаьхьа кхиъначу, чкъурах бу. ХIетте а тар ца ло вовшашца. Хамидова Зулай санна хIилла долуш, Вагапова Тамара санна эсала а яц Раиса. Иза дуьххьал дIа ю. Цо кхечара санна, нохчийн мотт оьрсийн маттахь а ца хьоьху тхуна. Ойла йича парадокс ю и. Нохчийн университетехь нохчийн мотт оьрсийн маттахь хьехар. Юкъа-кара нохчийн маттахь масалш далош: лекха – лоха, кIай – Iаьржа, юххехь – генахь, и. дI. кх. а.
Тимаев Вахин, Саламова Раисин а хIора занятехь, итт минот хьала-охьа а, вовшашна луьйш дIайолу. Массо а кхоьруш волу, Раиса ца кхоьру цунах. Цкъацкъа дагадогIу суна: «Шаьш студенташ долуш, юьгур ю аьлла, хIара Iеха-м ца йина-те цо?» – олий. Шен ханчохь хаза зуда хилла хир йолуш а ма ю иза.
Раисас цкъа шайн да вийцира тхуна. Нохч-ГIалгIайн Iилмана талламан институтан директор, Нохчийчохь Ленинан орденан дуьххьарлера кавалер, гIараваьлла Iилманча. Жима волуш суна а гинера иза телевизор чухула. Коьрта тIехь цхьа а мас йоцуш, куьзганаш доьхкина, воккха стаг. КIиранах цкъа цо дIахьош атеистийн передача яра хIетахь. Соьл башха нах а ца хьовсура цуьнга.
Цкъа дадас аьлла дагадогIу суна:
– Кхоам бу-кх цуьнан. Нохчийчохь уггар Iелам стаг ву иза.
Ас Раисе хаьттинчу хенахь, шайн да чIогIа Делах тешаш стаг вара, элира цо. КГБ яра цунна чIогIа тIехиъна. Цундела йора цо и передачаш.
Иза шен да волу дела, бохура цо-м, дагадогIур дара суна, Раиса ца йовзахьара. Цул сов, Сумбулатов Денис аьлларг а дагахь ду суна:
– Вайнахана вайн эвлаяаш муха баьхна, цара хIун лелийна, церан дахар, хьехамаш, церан кешнаш я зераташ а стенгахь ду а ца хаа. Я уьш маса стаг хилла а. Саламов Iабдул-Хьаьлиман белхашкахь, тIехулара атеистийн басар дIадаьккхича, и дерриг а охьадиллина ду. Цу хенахь цо иштта яздар, цензурах чакхъялар а доккха хIума ду. Уьш берриш а Iехабелла цуьнга.

Джамбеков ШаIрани

Университетерчу преподавателех сан даго, уггар хьалха, шена гергара хетта, тIелаьцнарг ву иза.
Цуьнан лекцешкахь кIаргбелира сан нохчийн даше, нохчийн къоме, нохчийн фольклоре, литературе а болу безам. Цуьнга ладегIа воьлча кхийтира: цо схьадуьйцург, сан дагчохь кхуьуш дерг, сан сина юххера ду.
ШаIрани санна цIена, шайн халкъах дог лозу нах белахьара вайн коьртехь, тоххара къам а хилла дIахIиттина хир дара вай.

Минкаилов Эльбрус

Тахана ерриг Нохчийчохь а карор вац, и санна, дуьненан литература дика евзаш стаг.
Махачкалахь а йолу, Iилманийн Академин филиал а яц вайн. Нохчийн меттан, литературан а диссертаци чIагIъян, Москва, Тбилисе, Махачкала а ваха веза. Со кхеташ хIума дац и. Мелхо а цигарнаш схьабогIучу меттана. Схьагарехь, вайначул а дика хаа-кх царна нохчийн мотт, дика евза-кх нохчийн литература а.
Цундела язбо-кх вайн Iилманчаша шайн белхаш оьрсийн маттахь. Цундела хьоьху-кх тхуна нохчийн мотт а оьрсийн маттахь, тхо кхечу пачхьалкхера даьхкина студенташ долуш санна. Цундела дац-кха нохчийн къоман Iилма а. Я халкъана пайденна а.
Материальни агIо тIетоьхчахьана, и бахьанаш дохку Минкаилов Эльбрус, Джамбеков ШаIрани, Саламова Раиса а хIинццалц могIарера хьехархой хиларехь.

Овхадов Муса

Новкъахь вогIуш, воьдуш а тIекхаьчча, саца а соций, салам луш куьг а кховдадой маршалла хотту Мусас.
Университетан хьехархошна юкъахь студенташца цу тайпана гIиллакх лелош дукха бац.
Университетехь, хьо цхьа гIуллакх а хилла тIевеъча, дуьххьара гуш волуш санна хьоьжу хьоьга.
Лекцеш чIогIа дика йоьшу цо.
Студенташ кIадбалар туса ма деллина, анекдот я шеца, я накъостех цхьаьнца хилларг дуьйцу.
Забаро кIадвалар дIа а доккхий, переменера хIинцца чубаьхкича санна, керлачу ницкъаца юха а яздан хIутту массо а.

Ибрагимова Малика

Вайнехан кафедрехь лаборантка ю сан ненан шича, Ибрагимова Малика.
– Хьо вовзийта, – олу соьга цIахьболчара, – цунна мел хазахетар ду хаий хьуна! Мел дика адам ду и! Хьан хеннара кIант а ву хьуна церан. Цаьрга а гIур ву хьо... Хьуна эхь хетахь, оха олу хьуна...
Хала совцийра ас уьш, аша со бахьанехь цхьа хIума алахь, со университетера а дIавер ву, аьлла.
Суна хаа, Маликина со шен шича кIант вуй хиъча, и сан муьлхха а гIуллакхе хьожур юй, и бахьанехь сайн дешар  тIехь аьтто хир барий, цунна хазахетар дарий а. Делахь а даго ца вуьту со и ала.
ХIахIа, суна ненан шича ца еза, бохург а дац и. Иза Iаламат чIогIа догдика стаг ю. Суна и дукха а еза. Амма суна иштта атта ду. Со кхечахьа доьшуш велахьара вовзуьйтур вара ас. (Кхузахь-м студенташ шайн доцу гергарлонаш а лоьхуш Iаш бу. Я ахча, я гергарло. Иштта ю кхузара принципаш.)
Суна даима а еза хилла сайн маршо. Нехан сайца йолу юкъаметтиг а, цхьаъ бахьанехь, цхьаьннан дуьхьа хила ца лиъна суна цкъа а. Со нахана дика хетахь а, со бахьанехь ду и. Со нахана вуо хетахь а, сан бехкенна ду и. Накъостийн а ойлайо ас. Башха низамца билгалваьлла студент вац со. Цундела царна: «ХIа-а, кафедрехь шен ненан шича йолу дела лелара и-м иштта паргIат», ала меттиг бита а ца лаьа суна. ХьасттагIа:
– ХIун ду а хаац, хьо дагана цхьа гергара хета-кх суна, – элира Маликас.

НОХЧИЙ

Ма-дарра аьлча, нохчий тIемалой а боцуш, тIамехь къизачу акха нехан приемашца лела талорхой, варвараш а бу. Цхьамма нийса тидам бина, нохчийчун тайпанехь, цуьнан оьздаллин аматехь барзах тера хIумнаш хилар. Лом, аьрзу а ницкъан билгалонаш ю; уьш шел гIийлачух а лета, ткъа борз – шел ницкъ болчух, шена тIе ца тоьачун меттана, доза доцу майралла, доьналла, тIах-аьлла хилар гойтуш. Нагахь ша дан хIума доцуш бохамехь йисча, меллаша ле, кхерам, лазар, узам боцуш.
Нохчий – лекха, товш, хаза, ира юьхьа-сибат, хадам боллуш чехка хьажар а долуш бу. Цо инзарвоккху шен тIах-аьлла, каде, сиха хиларца. ТIама тIехь уьш могIанаш юкъа лелха: цIоькъалоьмаш санна каде, къинхетам боцуш хиларна шаьлтанаш хьоькхуш къаьхьа-къематде хIоттадо цара. ЦIийно хьера боху уьш, кхетам дIаоьцу, бIаьргаш кхин а чIогIа къега, къамкъаргера адаман озах тера а доцуш, цIоькъалоьман гIигI дагадоуьйтуш аьзнаш дуьйлу.
В. Потто.
ЮкъараIойлехь кара-карахула лелаш ду хIара йозанаш. Бераша дозалла а деш.
Ас а дневник тIе схьаяздо уьш.
Цхьана а тайпана нохчийн исторех лаьцна еша книгаш яц. Цкъа мацах Тифлисехь, Петарбухехь а арайийлина книгаш цкъа а гина а яц тхуна, Кавказан тIамах, Кавказан къаьмнех а лаьцна юй хаар бен.
Тхо-м филологаш а дара. Историкашна а ма яц уьш. Цара Iамош ерг а цкъа – палеолит, неолит, юха Россин истори, кхечу пачхьалкхийн шира, керла а истори, тIаккха нохч-гIалгIайн чохь белхалойн болам, революци, коммунистически партин истори а ю.
Шен къоман историкаш ца хилча хуьлуш ду и. Цундела вайна кхечу къоман стага аьлла хIора дош Iаламат мехала ду. Тахана вай мухха делахь а, вайн дайх дозалла дан хьекъал, доьналла а кхочу вайн.

Язйина герггара истори йоцчу нохчийн, турпалхойн цIераш халкъан цIийца ларъелла.

Маьршачу хенахь нохчий санна дахарна чудулуш, луьрачу хенахь мостагIчунна дуьхьал долуш а, къам дан а дуй-те?
Доккха хIума ду-кх, гуттар юттуш-йохош, йохош-юттуш ву-кх нохчи, кхин садаIар доцуш. Мел хало хьоьгу вайнаха лартIехь баха ховша гIерташ. Я пачхьалкхера хуьлуш гIо а доцуш.
«Хьанала болх», «хьанала болх», «деха сом»... бохуш, статьяш язйо вайн районийн, республикански а газетийн агIонаш тIехь.
Доьзало кхо гектар буракъаш лелийча а ма ца хуьлу хIумма а. Наггахь верг Iедална декхар а воьду, цхьаццанна 5-6 сом я гали шекар ло. ХIун де боху нахе? Я хьаькамийн бехк бу-те и? Кхиберш ца хьехийча а, совхозан директоран карахь дерг а тоьар дацара, юьртарчу нехан таро ян?
Советан Iедал дан а дуй-те Нохчийчохь?
Гуьржех, Латвехь, Литвахь, кхечу республикашкахь а нах муха беха хьажа, диканиг тIеэца, Iамо, даржо аьтто белахьара.
Цу массо хIуман ойла ян воьлча, айса доьшуш дерг пайденна ца хета суна. «Эрна хан йойуш ву-кх со. Хьанна я стенна оьшу хIара?» – ойла кхоллало. Ванах, ас доцу кхачамбацарш лоьху-те? Я и дерриг а суна моьтту-те? Нах а дика Iаш бу-те? Массо хIума а дика ду-те? Со воцург цхьа а вуй-те оцу дерригенан ойла еш? Нехан хьашташ хаарал доккха Iилма дан а дуй?

Нохчи. Цуьнан оьзда юьхь-сибат, юткъа гIодаюкъ, шуьйра белш, куц долу дегI, буьрса маж-мекх, ницкъ болу куьг, чехка бIаьрг, майра дог, тешаме дин, эсала хIусамнана... ширачу, буьрсачу лаьмнашца, чехкачу, сихачу хишца догIу.
Товр варий иза къорза халат а юьйхина, чалба а хьарчийна, эмкалан дуьрста а лаьцна гIамарш юккъехула лелаш? Шира грекаш хIорд чохь санна, тов нохчий лаьмнашкахь.
(Абдулмежидов Асланбекаца къамел диначул тIаьхьа.)

– Цхьа а топ ца кхуссуш яьккхира 44-чу шарахь вайнаха Казахстан, Киргизи а, – олу вайнаха.
Къаьхьа забар ю и.

– Гитлер тIелетта  боху вайна, – аьлча, баккхийчу наха:
– Деллахь, и сацо воккха стаг вац-те церан? – аьлла.

Нохчийчоьнах, нохчех а лаьцна дуккха а яздина.
Амма тахана а дац дуьненна тIехь вай ма-дарра девзаш. ХIунда аьлча, вайх аьлларг наха аьлла ду. Иштта схьадеана бIешерашкахь. Дуккха а дайна, вай тахана тIаьхьа кхуьур доцуш. Амма хIинца нохчий дуьненна нохчийн Дюма, Пушкин, Лермонтов, Толстойгахула бевза хан кхаьчна.
Нохчийчоь йистхир ю. Ницкъ ма-ббу!
Нохчийчоь юьйцур ю.

Нохчийн къаной – и ю-кх нохчийн бакъйолу истори.
(Виноградовн исторически школан талламаш, белхаш, принципаш а кхетамо, даго а тIе ца лацаран хьокъехь.)

1916 шеран 25 декабрехь оьрсийн паччахьа Николай II Терски областан  инарла-губернаторе господин  Клигерга  яхьийтина  телеграмма:
Ломах хьаьтт санна германан аьчган дивизина тIехецаелира гIалгIайн полк. Цунна сихха гIодира нохчийн полкаша. Оьрсийн даймехкан, цу юкъахь вайн Преображенски полкан исторехь а ца хилла, яккхий тоьпаш йолу мостагIчун эскаран дакъош дошлоша атака йина меттиг. 4,5 эзар вийна, 3,5 йийсаре валийна, 2,5  чевнаш йина, 1,5 сахьтал кIеззиг ханчохь хIаллакйира германан тIеман ницкъан дозалла – «аьчган» дивизи», вайн бартхойн тоьлуш долу эскаран дакъош, оьрсийн эскар а хьакхадала а кхоьруш хилла дивизи.
Сан цIарах, дерриг а оьрсийн эскаран цIарах а вежараллин даггара маршалла ло цу майрачу, сийлахьчу Кавказан аьрзунийн дайшка, наношка, вежаршка, йижаршка, зударшка, тIехьийзачу мехкаршка; кхин масал доцчу хьуьнарца Германан орденаш хIаллакьхиларан юьхь йолийна цара.
Россино цкъа а дицдийр дац и хьуьнар.
Сий, хастам а хийла царна!
Вежараллин маршаллица Николай II.

Германехь арадевллачу Деникинан яздарш тIехь а ду боху, Москва, Петарбуха а схьаяккха шен эскарна новкъарло йинарш нохчий, гIалгIай а бу аьлла.
Юха 40-гIа шерашкахь а мел хьуьнарш гайтина вайнаха! Амма оцу дерригено а гIо ца дира 1944 шарахь.
Россино цкъа а диц ца до шена дина дика!

Советан Iедал доккхуш оццул жигара дакъалаьцна нохчий, 40-гIа шерашкахь тIаме ца баха, цхьаберш хьаннашка хIунда идда-те? – ойлайо ас наггахь.
Россихь революци яьлча, гражданийн тIамехь вайнах большевикашкахьа хилар масех бахьана ду:
1) нохчий цкъа а къарбелла кIелсевцца цахилар;
2) паччахьан Iедало ламанхошца лелийна харц политика;
3) Ленина бахкийтинчу агитаторша (Оржоникидзе, Киров, Гикало), цаьрца цхьаьна меттигерчу пропагандисташа а (Шерипов, Ахриев) бина болх;
4) шаьш толахь, нохчий, берриг ламанхой а маьрша буьтур бу, аьлла, большевикаша дош далар.
Нохчийчохь дахчаделла Советан Iедал.
Нохчаша, гIалгIаша а сацийна Москвана, Петарбухана а тIелата кечбелла бIо.
1941-1945 шерашкахь хиллачу Сийлахь Даймехкан тIамехь а даккхий хьуьнарш гайтина вайнаха. Амма вайн къомах хIинца а лечкъадо и.
Дуьххьара фашисташ тIелеттачу Брестехь а хилла 245 нохчи, гIалгIа а (Ошаев Халидан талламаш). Вайнах цигахь ца хиллехь, и оццул лаьттар яцара аьлла а хета. Дуьххьара Эльбан дехьа а яьлла, американцашца цхьаьнакхеттарг а Висаитов Мовлади коьртехь хилла нохчийн полк ю.
Нохчийн тIемалочун васт гайта, деккъа цхьа Нурадилов Ханпашин масал тоьар дара. Шен пулемет етташ итт минотехь вийна цо 300 фашист. Верриг а (вагарвинарг!) 1000 ца кхоччуш. Масийттаза Советски Союзан Турпалхочун цIе яла хьалхатеттина Ханпаша. Веллачул тIаьхьа белла и седа а.
И гушдерг, хууш дерг, лачкъа цаделларг ду. Ткъа масане бу кхин а турпалхой, ца бовзуьйтуш я ца буьйцуш, ца хьехош. Еккъа цхьана Куршлойн-эвлара тIаме вахана масех баьIа стаг. Еккъа суьйлийн юккъера воьжна 25 стаг. Ткъа юьртасоветехь кехаташа билгалваьккхина, тIаме вахана юьртара 15 стаг бен вац. И болх беш, толлуш а цхьа а вац. Куршлойн-эвлахь Iусман вара цуьнан бала кхаьчна лелаш. Амма ахь лелориг, мел деза гIуллакх делахь а, ахча луш доцу хIума дош ца хета нохчашна. Вайн мостагIашна дика евза вайн истори. Цара шайна луъучу агIор яз а йо и. Мукъ, ручка а шайн карахь хиларе терра.
ШовзткъолагIа шерашкахь нохчийн хьаннашкахь хилларг иштта кхетадо ас:
Нохчаша Советан Iедал баккхийберца тIеэцнехь а, ша чIагIделча, Нохчийчохь дуккха а харцонаш лелийна цуьнан цIарах. Харцонна, цуьнан муьлхха а куьцехь, дуьхьал волу нохчи. Цундела герз карахь дуьхьал бевлларш а хилла, шайн аьтто баьлча. Царна юкъахь Iехабелларш, шаьш дечух ца кхетарш а. Тахана а ю нохчийн лаьмнашкахь, цхьа а тайпана цивилизаци а йоцуш, цхьа а тайпа Iедал доцуш меттигаш. Амма и тоба кIеззиг хилла, аьлла хета суна. ТIаьхьа уьш берриш хIаллак а бина. И цхьа агIо ю.
ШолгIа агIо. Царна юкъахь Iедалца бертахь нах а хилла. Нохчех берш, боцурш а. ХIун ду цуьнан маьIна? ТIаьхьа шаьш дан дагалаьцнарг (халкъ цIерадаккхар) цу тIе доза. Бандитийн, зуламхойн а бен бара и, ала таро хилийта.

Ма кIеззиг евза вайна къоман истори, литература, культура а. Ма кIеззиг ю вайн уьш йовза таронаш а. Телевидени, радио, зорба а – дерриг а вайна дуьхьал болх беш ду.

Малх балехьа вайн Дели ву,
Малх бузехьа вайн Дели ву,
Массо меттехь вайн Дели ву.
Дели воцчу вай дуьгур дац.

Вайнехан зударша, цIерадаьхна дIадуьгуш, аьлла назма.
Мамас олуш хезна. Кхин цхьаъ а ю:

Арара адамаш лелхий ахь.
Арара акхарой къахкий ахь.
Гитлер, тхо дахарх дохий ахь.
Йо дера вилла хьо яьшки чу!

Вариантехь Сталин а олу.

Баккхийнаш ларарна, цIерачех озаваларна, наха олучух ларваларна а тIехь лаьтташ ду вайнехан гIиллакхаш. ГIиллакхан коьртачу кхаа хьостанах хаьдда стаг кхераме ву.

НЕНАН МОТТ

– Оьрсийн маттахь еша, язда а атта ду. Нохчийн мотт хала бу, – олурш дукха бу.
Нохчийн мотт, ярташкахь наха вовшашка бийцар бен, юкъахь лелаш бац вайна. АтталгIа школашкахь а, массо предмет оьрсийн маттахь ю. Оьрсийн меттан, литературан а сахьташ хIора дийнахь бохург санна ду. Декъаза нохчийн мотт, литература а ца до-кх боберал башха тергал. Программица кIиранах кхо-диъ сахьт бен дац. Долчарна а, дукха хьолахь, школашкахь я хьехархо а ца хуьлу, хилча а, кхечу предметашна санна бераш тIе а ца теIадо.
Школа яьккхина ваьллачул тIаьхьа, нохчийн мотт, литература а цхьана а училищехь (педагогически йоцург) техникумехь, институтийн цхьана а факультетехь Iамош яц.
(Сайга хьаьжча а хаа суна. Школехь хьалхара дешархо волу, со а ма вара хIинццалц оьрсийн маттахь яздеш. Ас нохчийн маттахь ешна книгаш пIелгаш тIехь ягаръял бен яц. Ткъа оьрсийн маттахь мел дукха ешна вай массара а!)
Мотт, литература, культура а кхио, пачхьалкхан программа хила еза.
Пушкинна оьрсийчул а хьалха Iаьмма французийн мотт. (ХIуманах кхета луучунна и масал а тоьаш ма дара.)
ХIокху шина-кхаа бIешарахь шайн мотт, Iилма а кхио гIерташ, инзаре къахьегна оьрсаша. Ткъа вайга, хIокху цхьана бIешарахь, цхьана а кхечу пачхьалкхан яздархочун книга, нохчийн матте а ца яккхаелла. Халкъана цхьа а кино ца гайтина нохчийн маттахь. Цхьана а кхечу къоман группан эшар ца хазийтина нохчийн маттахь. И дерриг а дан нах болуш бу вайн. Пачхьалкхан программа яц.
Оьрсийн, французийн, немцойн, ингалсан, нохчийн меттанаш Iамабо университетехь. РГФ-н, филологически факультетан а бух тIехь мел дика кхоллалур яра гочдархойн отделени. Бала болуш стаг вац-кха!
Нохчийн маттахь газет а цхьаъ бен дац. «Орга» альманах а шарахь доьазза бен арайолуш яц. И а ткъех листок. Издательствос а шарахь кхо-йиъ книга бен ара ца йоккху. Уьш а шира, идейно-исбаьхьаллин агIор ледара ю.
Кхин хIумма ца хилча а университетан студенташна лерина нохчийн литературан хрестомати а яц. Юкъарчу школашна леринарш а хуьйцу хан тIехъяьлла.
Цхьа декъаза къоман театр-м ю вайн, бакъдерг аьлча. Амма и а шен ма хуьллу ца яла гIерташ, тийсалуш...
Цара бечу балхах а доьлу вай:
«– Джульетта, балкон тIе ялахь.
– ДIавала, Ромео, тхан вашас шпага Iуттур ю хьуна...»
Акха нах ду вай хIинца а. Дешийта дезара вайга.

КНИГАШ

Цхьайолчу книган дешхьалхе книгал а чулацаме хуьлу.

Приключенчески,  детективни а романаш дукха хIунда еза-те нахана? Дахарехь, дукха хьолахь, харцо, ямартло тоьлу, хьарам мел дерг деба. Ткъа оцу книгаш тIехь массо хIума шпагано, тапчано а къастадо.

Сан дагана юххера, суна язъян ма лаъара язйина книгаш: «Яйна моттаргIанаш», «Дада Горио» (Бальзак), «ЦIениг, Iаьржаниг а», «Пармски обитель», «Итальянски хроникаш» (Стендаль), «Хьоме доттагIа» (Мопассан), «Гений», «Американски трагеди» (Драйзер).
Уьш ешча, дикка хан йоккху, кхиболу авторш ца бешалуш.

Сан библиотекехь уггар «мехала» книгаш бюрократизман, плутократизман а классикийн Х. Боковн (ма эве «Бекин къонгаш» автор волчу А. Боковца), В. Виноградовн а произведенеш ю.
ДоьалгIа де ду со «Шина капитано» лаьцна.
Шозза-кхузза гина суна и кино. Амма советски литературехь оццул чIогIа суна тIеIаткъам бина книга ешна яц ас.
Книгаш меллаша йоьшу ас. ХIора предложенин, хIора дешан ойла а еш, зовкх хьоьгу. Турпалхочунна хазахетча – хазахета, халахетча – новкъа догIу. Суо тарло суна цу тIехь вуьйцург. Цунна юххера нах – сан гергара.
Цхьа пайда боцу интригаш а яц кху книги тIехь. (Тамашийна хIума ду-кхи, «Хьоме доттагIа» тIера цхьайолу сценаш осала хета-кх, кхуьнца юьстича.) Хаац, хIара книга суна оццул хазъялар, кху тIехь дерг суна гинарг, ас лайнарг а ду-те? Бералла, школа, накъостий, жималла... Иштта книга юьххьехь сихха ешна вала лаьа, чаккхенехь – юха еша.

Макалов Шамсуддин «Хьалхара гIулчаш» ешна вели со. Дикачу книго йоьшучу хенахь ойла дIаоьцу... Хьажахь, иштта хета-кх суна а, сан дагахь дерг ду-кх кху тIехь а. ХIокхо ца язйинехь, ас язйийр яра-кх иштта книга, аьлла хеташ.
ХIинцалера дахар гойтуш исбаьхьаллин произведенеш яц вайн. Я уьш хилахьара, аьлла хеташ нах а бац куьйгаллехь. Нохчи цхьаъ дан воьлча, наханчул хьалха нохчийчунна новкъа догIу. И ду галдаьлларг. Бакъволу яздархо цкъа а Iедалца нийса ван гIертар вац. Шена товш доцург ма-дарра яздан деза. Ткъа цунна вайнехан цкъа а аьтто ца хилла. Сан чкъор ду, аьлла хета суна, оцу тIехь хьалхара гIулчаш йохуш.
Макаловн повесть тIехь дуьйцург вайх хIораммо а лелийнарг, хIоранца а хилларг ду. Цундела атта ешало и. Иштта хаза, даггара а язйина произведенеш чIогIа оьшу вайн литературехь.

«Ушармин Ших».
Сан даго тIе ца ийцира и драма, тобано олу илли а.
Виноградовх, Арсанукаевх а муха тешар ву, Нохчийчоь шен лаамехь Россина юкъаяхана бохучух, муьлххачу энциклопедино а и харцдеш хилча? «Нохчийчоь яккхарна» аьлла, тIех майрачарна луш мидалш а ма хилла паччахьан.
Арсанукаев Шайхис, исбаьхьаллин агIор аьлча, хаза а ма язйина и, амма историн, чудиллинчу маьIнин а агIонаша мах мелла а лахбо цуьнан. Делахь а, ешар пайденна хир ду.
Мацах цхьана cтагана дижина Iаш долчу шинарна тIехула эккха хазделла хилла. Ведда кхоссалуччу хенахь, шинар дIаиккхина, охьакхетта иза. ТIаккха, шена тIе куьг а тоьхна:
– Шинарна тIехула эккхар дика дуй хиира суна, – аьлла цо, – кхин ца эккха.
Иштта произведени еша, йовза а еза, иштта ца язъян.
Суна схьахетарехь, шен къоман литературехь хIокху я оцу жанрехь хьалхара хиларан дуьхьа, я Iедалан дикане сатуьйсуш, бакъдоцчун бух тIехь я историца нийса ца догIуш, яздан мегар дац, мел доккха похIма хиларх.
Арсанукаев Шайхин цIе гIараяьккхинарг, цуьнан сий дойтург а гоьяьлла байт «Нохчийн мотт» яра.
Метеор санна чехка, къегина а литература юкъалелхачу нохчийн яздархойх хIун хуьлу-те баккхий хилча?

Со инзарваьккхира Ведзижев Ахьмадан «Орден» гулар тIера «Лараш» цIе йолчу дийцаро.
Суна вайнехан яздархошкахь даима а товш доцург, цара халкъан дахар, гIиллакхаш а нийса ца гайтар дара.
Ткъа зорбанехь арадаьлларг, бакъдерг долуш санна, политика а ю схьайогIуш.
Советан Iедалан зама юьйцучу вайнехан литературехь, оцу дийцарца юста произведени ца хаа суна.
ХIун дог-ойла хила еза, шайн са ца кхоош фашисташца тIом беш схьабогIучу нохчийн, гIалгIайн а салтийн, эпсарийн а, могIарера ара а дохуш, белш тIера погонаш ийзош схьа а йохуш, «предательш ду шу», бохуш, шайн тIеман накъосташна хьалха юьхьIаьржа хIиттийча?

Тургенев Иван. «Ася», «Фауст», «Дуьххьарлера безам», «БIаьстенан хиш», «Вовшахкхетар».
Безаман сий мел ду, и произведенеш а тоьар ю дуьненан литературехь цуьнан цIе лепа. Иза, суна гергахь, «Дайн, кIентийн а» проблема гучуяьккхинарг я «нигилист» дош кхоьллинарг хилла ца Iаш, безаман илланча ву.

Книга араяьлча гонорар луш яцахьара, ма кIеззиг нах хир бара яздеш. Уьш бакъболу яздархой а хир бара-кх хьуна. Бакъду, нохчийн санна долчу къаьмнийн, цунах доьзна хIумма а дац. Цхьа а нохчийн яздархо вац таханлерчу дийнахь гонорарах вехаш я вахалур волуш а.
Нохчийн яздархоша мел яздинарг вовшахтоьхча а ца кхочу шайн барамехь цхьадолчу къаьмнийн литературан корифейша яздиначуьнга. А. Дюма эр вай я Ж. Сименон.
И оцу хаттаран шолгIа агIо ю.

Базаран мехаш ца хьехийча а, Iедалан туьканахь а ю масех эзар доьхуш зударийн лерга ухку, пIелга юхку, коча ухку а хIумнаш. Муха эца езаш ю уьш, итт-пхийтта туьманах зуда, доьзал а кхаба безачу стага? ТIаккха болх беш волчу стеган уьш эца йиш ца хилча, юкъа а хIунда хоьцу уьш? Стенна оьшу уьш? Цул а хазадерг: ахь эцча а, шайна ма лиъина, ОБХСан белхахойх цхьаъ коча вогIур ву хьуна «ахча стенгара даьлла?» – бохуш. Мичахь ю нийсо?
Таханлерчу дийнахь, ши-кхо эзар а делла дашо мухIар я бриллиантан чIагарш ца эца, баьIа туьма а делла цIена аьнгалин пхьегIа чу ца хIотто, ас книгаш оьцур яра. (Дерригдуьненан литературан библотека-м суна гIенашкахь а го.) Мел доккха гIуллакх ду и! Мел пайда бер бара царах! Хьуна а, хьан мел волчунна а, хьала мел кхуьучунна а.
ХIун пайда ло лерга уллучо? И-м новкъа йоьдуш лергара йожа а тарло. БаьIа туьма а делла эцна пхьегIа, тIера чан дIайоккхуш лаьтташехь, карара хеца а елла охьа а йоьжна, баьIа дакъа а хилла яржа тарло.
Книгаш новкъахь йовр а яц хьан, карара йоьжча юхур а яц, уггар а коьртаниг – цара хьуна делларг цхьаммо дIа а доккхур дац.
Студентана ши сом, кхо сом а ахча ду, амма и книгах дала дукха ца хета суна. Кино вахча я морожни кхаьллича а дIадолуш ахча ду и. Ткъа мел къинхьегам бу книга! Мел хьацар, цIий, доглазар, безам бу цуьнца!
Итт сом схьа ца эца, итт книга оьцур яра ас.
Амма бепигца (цуьнан мехаллица!) дуьстича (соьмах пхи булка кхаллар догIу), тIаккха, бакъдерг аьлча, книгах сом а дукха хета  суна.

«Челкаш», «Коновалов» а. Оцу шина дийцаро кхечу агIор хьажийти со Горькийга.
Бакъву А. Моруа, классика кегий долуш йовзийтар бахьанехь, дуккха а шерашна цуьнга чам бов вайн. Цхьаболчера-м гуттаренна а.
Школехь хIора денахь дукха Iийшар бахьанехь, школа яьккхинчул тIаьхьа, цкъа а ойла ца латара сан оьрсийн классикех, къаьсттина Горькийн книгех. Царна лерина иллюстрацеш гича а сагатлора. «АртамоновгIеран бизнес» повестан мужалт тIера сурт а тоьар дара, и еша дог ца даийта. Еха маж йолу къано, цхьа букъ бойнарг, кхин цхьаъ а. Амма цунах тешна Iа мегар ца хиллера. Цкъа еша волавелча, охьа-м ца йиллало Горькийн книга.
Кхин цхьана хIуманах а кхетта со.
Вай кхечу пачхьалкхийн классикан тIаьхьадевлла ду, кхечу пачхьалкхан литература хазахета вайна. Ткъа царна дукхаезарг вайн классика ю. (Л. Толстой, Ф. Достоевский, И. Тургенев, А. Чехов.)
Школашкахь дукха юьйций, жимчохь дуьйна, безам боккху классиках. Школашкахь хьоьху произведенеш, уьш хьехаран методика а хийца езара вайн.

– Сийсара сахиллалц Iий-кха со, наб ца кхеташ, – олуш хезна суна хийламма.
Оцу цамгарна цхьа дика дарба хаа суна, шел диканиг кхин хуьлийла йоццуш.
Вайнехан яздархойн книга кара оьццушехь, велча санна наб кхетар ю-кх, мел холчахь волчунна а. Иштта медицинан агIор нахана  пайденна книгаш язйо-кх вайнаха.

Ширачу Грецин, Риман а мифологи юкъара цIераш (Зевс, Аполлон, Посейдон, Венера, Амур, кхиерш а) нохчийн поэзи юкъаялийча, пайдабоцуш, произведенин мах лахбеш а хета. Автор язъян Iемаш хилар, ХIХ бIешеран оьрсийн поэтийн тIеIаткъам а хаало.
Схьагарехь, и цIераш нохчийн маттахь, нохчийн поэзехь а лерсино тIе ца эцаран бахьана, вайн кхетам бусалба динца боьзна хилар ду.

Чеховн «Шен цIоки чу воьлла стаг», бакъдерг аьлча, къонах вац. Цуьнан бахьана, сан хьесапехь, и да мел верг ботт чохь хилар дац. Зонтик, куьзганаш, кхиерг а... И-м тарлур дара. Цуьнан ледара агIо, шен долахь коьрта ботт – зуда – цахилар ду.

Бадуевн книгаш еша а ешна, юха уьш юьстах а ехкина, гочдархочо шена ма хеттара язйича санна, ю цуьнан произведенеш оьрсийн маттахь. Цуьнан доккха похIма, меттан кIорге а гуш яц гочдарехь. Нохчашна гергахь цуьнан мехалла лахйийриг, шен книгаш тIехь цо хIиттийна проблемаш ваьхначу заманан хилар ю, халкъан хьашташка, шен синлехамашка а хьаьжна йоцуш, Iедало дIахьочу политикица йогIуш.

Зуда ялорца (ирсе чаккхе!) йоьрзу дукхаха йолу пьесаш, романаш, кинош а... Ма-дарра аьлча, цигара бен юьйлаяла езаш а яцара уьш.

ИНДИ

Массо а стагана халахетта, Индин премьер-министр Индира Ганди елла. Адамашна чIогIа хазахеташ, дукха езаш а яра иза. Къаьсттина нохчашна. Цуьнга йолу ойла кIеда-мерза яра вайнехан. Ерриг а Инде санна.
Нана, зуда, езар.
Дуьнен тIехь цхьаммо а ца гайтинчу кепара, схьадиллина цуьнан васт индийски кинохь.

ВУО МАСАЛ

«Правди» тIехь йоккха статья ю вайн пачхьалкхехь маларш мийларх, цунах дуьйлуш долчу зуламех, цаьрца латточу къийсамех а лаьцна.
И маларш, сигаьркаш а юкъахь оццул дукха яьржина яцахьара, уьш уьйзур йоцуш, мийр доцуш а дукха нах бу.
Редакце кехаташ яздинчу нехан, сан а ойла цхьаьна йогIу цу тIехь.
Нохчийн Iедал дацара хIинццалц чIогIа молуш. Маларх, узучух а оьрсашка болх бойтуш Iара вай. Ткъа хIинца? Маса стаг ву цо дакъаза ваьккхина, шен доьзалх, балхах, цIийнах-цIарах, гIиллакхах, стогаллах вохийна!
Муьлхха а кафе, столови, ресторан чохь ду массо а тайпа маларш. Туькан чохь дерг-м къемата де ду. Ах сов къаьркъанах йоьттина ю. Цул а яа хIума йилла цу чу. И чагIар доккхуш йолу кемсаш а  яхка цу чу.
Суна цкъа а ца гина ярташкарчу туьканашкахь кемсаш. Бакъду, наггахь Iежаш-м хуьлу. Уьш а шайн чагIар даккхаран план кхочуш хиллачул тIаьхьа совдевлларш, я даккха ца кхиалуш хIалакьхила доьлча диснарш хир ду-кх.
Юкъа дохуш ца хилча наха шаьш цIахь дийр дай, духкур дай, мийр дай, и кхин а зене дай, боху хабарш дитча бен гIуллакх хир дац. Хийламма:
– ХIунда молу ахь? – хаьттича, олу:
– Юкъа а хIунда доккху и тIаккха?
Дукха бу и ца хилча дага а догIур доцуш. Молучеран гIайгIа бо вай, ца молучеран ойла ца йо. «По праздникам» олий долало и. Цо гена вуьгу.

Хийла кIант гина суна йоIа месаш хедийча новкъа деана. Къаьсттина тIаьххьара хенахь даьржаш ду и. (Ахматова Раисина чIогIа лаара церан чIабане хьажа. Йовлакх охьадилла, бохуш, дукха агитаци йи цо вайнехан зудаберашка, ламанхойн зударшка а. Амма, дакъаза ма яларг, ган йоьгIна ца хилла и чIаба. Оцу йовлакхца дIахадийра и а.)
Шина хьешах цхьаьннан еха кIажар, вукхуьнан йоца месаш хилча (тидам биний аша?), цкъа а йоца месаш йолчо ях ца йолуьйту, мелхо а еха йолчо хедайо. ХIунда? Ша заманал а тIаьхьа йисина хета цунна? Хийла Iовдала хIума до йоIа, кIанте хаьттича, хазахила гIерташ. Амма модана тIаьхьакхиа гIертар эрна ду, кIенташна тIе бIаьрг хIуттуш, кхечарах къаьсташ кечделла зудабераш хазахетар бахьана кхин ду... И стенна дуьйцу ас?
КIенташна юкъахь а хуьлу молуш верг, воцург а, узуш верг, воцург а. Зудаберашкахь шайна цхьа хIума ца тайча, бехк буьллу кIенташа, ткъа шаьш нисбала ца хьовсу. Молуш ца хилларг а мала волало. ХIунда? Вукхо и дита ца мега? Узуш воцург а оза волало. Цхьа хIума ду моьттуш. Iехалой  я воккха хила гIерташ, я дан хIума доцуш. Накъостий а ма бу узуш. Амма, шайн рогIехь, зудабераша а ма буьллу вайна бехк. Цуьнан ойла ца йо вай.

Массара а дийриг дар – доккха хьуьнар дац.
Массарах а къастар – и ду хьуьнар.

Зударийн кIеззиг сий дечохь, шайн терго яйта, шайна тIе бIаьрг хIоттийта а, зударий берзина бовлу.
Зударийн сий дечохь, беза лоручохь – хьулло.

АЙДАМИРОВ АБУЗАР

Айдамиров Абузар чIогIа лору вайнаха. Цуьнан «Еха буьйсанаш» роман бахьанехь, хийламма нохчийн маттахь еша Iамийна шена. Суна дуккхамма а олуш хезна и. Книга-м хIинца карош а яц. Оццул нохчашна и дукха езаран бахьана – вайнаха бIешерашкахь лайна бала, халонаш а гайта авторан ницкъ, доьналла, хьекъал а тоар ду.
Нохчий – цомгаш бу. Нохчий цомгаш бу шайн шира, керла а истори йовза лууш. И вайн массеран а лазам бу.
«Еха буьйсанаш» – нохчийн эпопея ю.
Шен халкъ дезаш, шен халкъан сийдеш а хила веза яздархо. Къаьсттина жимачу халкъан яздархо. Къаьсттина нохчийн яздархо.
Абузар – ирс долуш стаг хилла. Кхиазхо волуш, ша махках ваьккхича, шен халкъан тIаьххьара кхаа-деа бIешарахьлера кхоллам бевзира цунна. Ша стенах лаьцна яздан деза а гайтира дахаро.
Вальтер Скоттан «Айвенго», «Пуританаш», «Монтрозах лаьцна» кхийолу а историйн романаш ешча, ша яздархо санна карийра цунна. Ша муха, стенах лаьцна а яздан деза кхийтира иза.
Нохчийн маттахь дуьххьара язйина роман С. Бадуевн «ПетIамат» елахь а, нохчийн литературехь гIарабевллачу яздархоша «Алун шераш», «Маца девза доттагIалла», «Лай тIехь цIен зезагаш» кхоьллинехь а, нохчий романан да, бакъонца, Абузар Айдамиров лара веза.

ЗЕЛИМХА

Дзахо Гатуевн роман цхьана а тайпана критика ловр йолуш яц. Я исбаьхьаллин, я документальни а агIор. Зелимха ца вевзаш волу кхечу къомах стаг кхетар а вац. «ХIара книга хIунда язйина ю? Мила хилла и Зелимха? Цо дина хIара ду аьлла хIумма а ма дац. Эцца цхьа бандит хилла-кх. Оццул вазвина и стенна вуьйцу-м хаац».
И ду-кх хьанна а хета дерг.
Мамакаев Мохьмадан «Зелимха» дуккха а гIоли язйина ю. Мотт а хаза бу, хилларг а ма-дарра дуьйцу. Шен тароне хьаьжжина. Амма мел дисина цуьнан а алаза!
Гуьржаша, шайн  хилла а воцчу обаргах лаьцна, телесериал кхоьллина – «Туташхиян Дата». Мел дукха ду цуьнан вастехь баккъал а хиллачу Зелимхах схьаэцна!
Россин массо а маьIIехь, атталгIа аганчура бер цхьана кхерош хилла, «Зелимха вогIу», бохуш.
Баккхийчара дуьйцура:
– Тхо Киргизехь долчу хенахь, яра Зелимхах лаьцна кино. И кино юй хуъушехь, адам чIогIа кхоьрура цунах. Буьйсана клубера ша цхьаъ цIаваха а ца ваьхьаш.
Амма Зелимха я зуламхо,  я террорист а ца хилла. Иза адам хилла. Доккхачу элпаца адам. Зелимхан-адаман, Зелимхан-къонахчун васт хIинца а схьаделла дезаш ю нохчийн литература. Зелимха кхойтта шарахь дуьхьал лаьттина паччахьан Iедалан йовссаршна. Советан Iедална дуьхьал а хилла обаргаш. (И ший а оьрсийн Iедал ма хилла царна гергахь.) Зелимхан цхьа кIант – обаргаш лоьцуш, чубухкуш милицин начальник хилла. Зелимхан ший а кIант обаргаша вийна. Кхолламан аьшнаш.

Наха юкъа валаза дукха хан йолуш, сагатделла, цхьана буса аренца йолу йоккхачу шахьара вахана хилла Зелимха. Геннахь цхьана нехан чохь йогуш серло а гина, цу серлона тIеваханчу Зелимхана синкъераман шовкъ хезна. Жимма самалха даккха дагахь, салам луш цу хIусаме чоьхьа ваьлла иза. Чура пхеа-ялх стага, Iедалан белхашкахь, даржашкахь а волу, кIеззиг терго йина чу веанчу цуьнан. Иза мила ву хиъча, когийн кIажош дегор долчу царна, Зелимха гIеххьа новкъа а хилла. И синкъерам шайна байтина  болу дела, кхин сов верг ца везаш. Цундела, шайн куро дог-ойла йолчу цара, хьешаца лаца деза гIиллакх а ца лаьцна. Шена и новкъа деаний ца хоуьйтуш, юьстаха охьахиъна Iаш волчу Зелимхас:
– ЙоI, ладугIу йиш лакхахь, – дехна.
ЙоIа гIийла пондар озийна, нохчийн ладугIу йиш локхуш, и юкъах йоккхуш, эпсарех цхьаъ:
– Хелха волург лакхал! – аьлла, цIенкъа юккъе ваьлла.
ЙоIа хелха волу эшар йолийна. Шайн накъост хелха волуш, хьешех цхьамма, тапча а яьккхина, Зелимхана когашна буха а хьажош, лаг озийна. Тапча ца яьлла. Кхин цкъа-шозза а лаг озийна. Ца яьлла. ТIаккха Зелимхас, иза юьхьIаьржа хIоьттина хьаьвзича, шен тапча кхоьссина. И ца лайна эпсар:
– Хьо мила ву? Герз лело бакъо юй хьан? Схьагайтал хьайн бакъо, – аьлла, тIевирзина Зелимхана.
– Кхуьнан бакъо бохий ахь? – хаьттина Зелимхас, шен карара тапча а гойтуш.
– Боху.
– Кхуьнан бакъо хIара ю-кх, – аьлла, кхин цхьа тапча схьаяьккхина Зелимхас. Юха вистхилла: – Со кху чу ваьлчахьана дуьйна, аша лелочух ца кхеташ я шу къонахий хетта а Iаш-м вацара, синкъерам бохо ца лууш, кху мехкарех бехк лаьцна а Iара. ГIиллакх тIера аша шаьш даьккхи хIара. Сан цIе Зелимха ю шуна. Ша суна реза воцург, соьца бакъо къасто луург а аравала, со хьоьжуш хир ву шуна, – аьлла, мехкаршка къинтIера довлар дехна, Зелимха араваьлла.
Дикка лаьттина иза, чурачех цхьа а ара ца волуш. Синкъераман шовкъ а кхин хезаш ца хилла. Арахь садаржа доладелча, юьртах ваьлла обарг Зелимха.
Цу чохь пондар локхуш хиллачу йоIа дийцарехь хиъна и нахана. Цу хенахь цуьнан кхойтта шо хилла.

– Зелимха, мостагIаша дуккхаза а тешнабехк, ямартло, кIело а йина хьуна. Хийлаза вижина Iачохь, вуьшта а, эскаро хьайна биначу го юкъара вала дезна хьан. Царах хьуна уггар а хала хеттарг муьлха кIело ю?
– Уггар хала берзалойн го хийтира суна. Говр дика накъост ца хиллехь, хIаллакьхир вара со, – аьлла Зелимхас.

Зелимхаца къонахалла къевсина цхьа обарг хилла.
– Хьо наха тIех вазвина хета суна. ХIумма а хьачул кIеззиг майралла яц сан а, – аьлла цо.
– Хабарца къуьйсур яц вай къонахалла. ГIуллакхехь хьовсур ду, – аьлла Зелимхас.
Кизлярера банк яхьа воьдуш, вовшах кхеттачу тобанца, и обарг а вигна Зелимхас. Зе-зулам доцуш дIа а кхаьчна, дийнна делккъахь банк схьа а яьккхина, сихбелла ахча таьлсаш чудухкуш хилла обаргаш.
– Зелимха, девлла вай. Орца кхачале дIадаха деза, – аьлла Зелимхаца къонахалла къевсинчу обарга.
– Мел ду ахча? – хаьттина Зелимхас.
– Ца хаа. Сихаллехь дагардеш Iа йиш ма яц. ХIинцца гIалгIазакхи схьакхочур бу, – жоп делла обарга.
– Дагардел. Къонахчунна хаа деза, ша хьош долу ахча мел ду, – аьлла Зелимхас.
Къонахалла – дегIера ницкъ бац. Къонахалла майралла хилла а ца Iа. Къонахалла – собарх ца вохар ду.

Нохчийчохь а цIе яххана иччархо хилла Майртуьпара МуцIа.
– Къеначу МуцIица нийсала топ тоха къовса стаг вац вайн махкахь а, – олуш хезна Зелимхана.
Зелимхан ира бIаьрг, тешаме куьг, дика топ а хилла. Мотт бетташ, нахана бале ваьллачуьнга, я ша бахьанехь адам хьийзош волчу Iедалан стаге а, цкъа хьалха хабар тухуш хилла Зелимхас:
– Ахь хьайн болх ца сацабахь, ас хье юккъе топ тоьхна вуьйр ву хьо, – олий.
ТIаккха а и стаг зулам дечура ца сецча, я кхин тIе а карзах ваьлча, мел чIогIа иза ларвеш хиларх, ша аьллачу хенахь, ша аьллачу топ тухий, вуьйш хилла Зелимхас.
Паччахьан Iедало совгIатана дукха ахча кхайкхийна, обарг Зелимха вийначунна.
Нахана гергахь шен цIарах, шен сий дойуш лелачарна, я ша вен, я шена мотт тоьхначунна а луьра таIзар деш хилла Зелимхас.
«МуцIа муха стаг ву, наха дуьйцург мел бакъду хьожур ву со», – аьлла, цкъа Майртуьпа веана Зелимха. Иза накъосташца а талла вахана карийна цунна. Хьуьнхахь царна тIе а кхаьчна, вовшийн девзинчул тIаьхьа, ша деана гIуллакх дIадийцина Зелимхас.
– Соьца къовсур дарий ахь нийсал топ тоха?
– Къовсур дара, – аьлла МуцIас.
МуцIас шен накъостех цхьаъ дикка гена а ваьккхина, коьрта тIе хIоа а диллина, дIахIоттийна. Юха топ тоьхна  дохийна.
– ХIинца хьан рагI ю, – аьлла МуцIас Зелимхе.
– Ас тухур яц, – аьлла Зелимхас. – Хьо наха ма вуьйццу вуй хии суна. И хьалхе бакъонца хьуна юьтур ю вай.
Хьанна хаа, вуьшта а лурвоьлла хьийзаш волу Зелимха, я ца хIоьттина хир ву, стеган коьрта тIе хIоа диллина топ тоха, я МуцIера хьалхе а яьккхина, шен мостагIийн тоба стамъян ца лиъна хир.
– Цхьа дехар хир дара сан хьоьга, – аьлла Зеламхас шаьш къаьсташ. – Дуьненан даьхнех Iехавелла, суна топ ма тохахьара ахь.
– Соьгахьа йолчу агIор маьрша ву хьо, – дош делла МуцIас.

ГУЬЙРЕ

Малх наггахь бен гучу ца болу.
Дерз, догIанаш.
Дагана гIайгIа, сингаттам базло.

САН НАКЪОСТИЙ

Нохчийн къоман декъехь боцурш, дукхаха болу студенташ гIалахь бина, кхиъна а бу.
– Ахь дIакегийча, юьртарчу нахах баша а ца беша уьш. Кура а бу хьуна уьш, даккхий хабарш а дуьйцур ду хьуна цара, тIехь тоьлларг а хир ю хьуна царна, амма, Дала тIе ма доийтийла ишттачаьрца доьхначу дийнахь цхьаьна нисвала... Хьан гIаддайча, хьуна гIо, орца оьшучохь накъостий хир бацара уьш, – боху Сайдулаев Шамсуддис.
Сайн накъостийн ойлайо ас.
Улхаев Iусман, Улхаев Iийса, Магомадов Iарби, Исрапилов Самрадди, Ахъядов Асланбек, Айдамиров Идал-Хьаьжа, Сурхаев Дибир-Хьаьжа, Такалашов Султан, Абдулмежидов Асланбек, Цуруев Шарип, Сайдулаев Шамсудди, Янурсаев Дукха-Ваха... Цаьрца гIур вара со мичхьа а. Царах теша со.

– ХIумма а дацара и-м. Хьала-охьа а вахаза волуш ца хилча, шен хеннахь дерг гIоли ду. Бакъду, нана, мел хIуъа дийцарх а, нана ю. Ненан дог са ца гатдеш Iийр дац. Делахь а, цхьа нах хуьлий цIа-м догIу цигара бераш.
– Ишттачохь цхьамма хIун аьлла хаий хьуна? «ХIокху берхIитта шарахь ца хилларг, оцу шина шарахь-м хIун хир яра соьх?»
Берриш а белабелира.
Иштта дIабахара кIентий.
(Магомадов Iарби, Исрапилов  Самрадди а эскаре вуьгуш.)

АДАМАШ

Яздархо, политик, Iилманча, даржехь волу стаг а, сийлахь хила тарло, амма адам – адам хила деза.

Хьаькамаш чIогIа хьекъал долуш нах бу вайн.
– Я к вашим услугам, – олу цара.
Дукха ойла йина ас оцу дешнийн. Вай кхетачу маьIнехь олий-те цара и? «Услуга» бохург, суна даима (дукха хьолахь гIуллакх карахь долчо), ша хьуна накъосталла дан кийча ву, алар меттана, ша хьоьгара йогIург схьаэца кийча ву, бохург хетта. «Я к Вашим услугам». Мила ву «услуга» йийриг а? Вай ду-кх. Иштта и ца хилча, хIунда ца олу цара:
– Я в Вашем распоряжении...

Политик – дуьненчохь веха.
Яздархо – адамийн дегнашкахь.

Доьзалехь коьртаниг – барт.
Адамехь – оьздангалла.

Могуш воцуш, чолакх стаг гича: «Ирс долуш ву-кх, иштта ца хилчахьана», – олий хета. Айхьа са мел туьйсург, дог мел этIарг дайло. Ойла йича, дуьнен тIехь мел долу хIума дIаделла а, шаьш могуш хуьлуьйтур бара цара.
Ткъа могуш болчарна дагахь доцуш хIун ду?

Жима волуш хийлаза:
«Иштта муха лелало-те нах?»
«Муха дало-те и?» – бохуш, ша цецвийлина хIумнаш до стага, воккха хилча, хIумма цец а ца вуьйлуш, иштта хила дезаш санна.

– Хьажахь, жима волуш олура: «ДIавижа, сихха воккха хир ву хьо». Цхьана дикане кхочур волуш санна!

Цхьаверг, бел санна, гуттар нахана ву, шена, доьзална а воцуш. Цхьаццаверг, метиг санна, даима шегахьа ву. И ший агIо а нийса яц. Гуттар дIа а ца хуьлу, схьа а ца хуьлу. Херх санна дIа-схьа а хила веза стаг.

– Адамаш-м жIаьлеш дай. Хьан вонах кхера я дикане сатийса агIо яцахь, – олуш хезна суна.

– Адамах тера дан мегаш дацара и, – олу вай реза доцчу хIуманна.
Адамах тера муха хир ду гIуллакх?
 Юха кхин ойла а йо: «Деллахь, адамах тера хилча а, хIумма а лартIехь болх хир бац-кха хьуна и. Ша доьхна гIуллакх ду-кх...»

Вайн цIахь деза ду оьрсийн зудабераш.
Нохчийн кIенташка ларам сов бу арахь.
Ца тоьачохь еза ю-кх хIума.
Массанхьа а дац деши доккхучохь деза.

1) Хьаькам – халкъан бала.
2) Молла – халкъан хьекъал, кхетам.
3) Яздархо – халкъан эхь-бехк.

ХIора а ша-шен лорручул ларахьара наха а, ма лаккхара мах хадор бара вай вовшийн!

– ХIума хуучу стеган ши капек мах бац.

Шега далуш долу гIуллакх ца дечух, «хала стаг ву хьенех», олу вайнаха. И нийса дац. Шега дан а луш, гIуллакх ца дийриг – стаг вац.

ГIийлачун ойла: «Нахе хIума йоьхучул вала везар-кха стаг».

– Адамаш маймалх схьадевлла бохучух теший хьо?
– ХIаъ.
– ХIунда?
– Дукхаха берш хIинца шайн «дех» тарбелла дела.

ГIиллакхо гойту хьанах схьаваьлла стаг. Цхьаверг – маймалх схьаваьлла, важа – хьакхех, наггахь верг – Адам пайхамарх.

БIАРЗВАЛАР

Сера дайна котам санна…
БIаьрга сара кхетча санна…
Iуьрг дайна дахка санна…
«Ой, цициг, хьо ма доьхна хьийза!» – аьлла цхьамма, тоьхна цIерга а кхоьссина.

ХIЕТАЛ-МЕТАЛ

Довха чай шелдо, шийла хи а малдо. (Iа)

АХЧА

Дикачу балха хIитта гIерташ, наха лучу ахчанна ах мукъане а сайн хилча, суна къемата шо догIуш а ца оьшура и болх. Амма дика Iа, ваха а бохучу маьIнехь ца эшна суна ахча. И хилча, айса халкъана пайденна ден долчун, ойла йина ас даима а.

Къечунна – хене вала, вехачунна – бахам тамбан деза ахча. Амма ший а цаIабар хIун ду-те цунах?
Ахча дукха мел хили а, хьашташ совхуьлу стеган. Хьалха шена цкъа а дага ца деанарг а дагадогIу. И хьажо меттиг карабо. Цкъа а сов ца долу.
Сайн дуккха а хилча, сагIийна доькъур дара ас ахча.
Нахана оццул дукха хIунда деза-те и?

З. Яндарбиев:

– ТIулг Iуьллу.
– Битахь.
– Стаг Iуьллу.
– Витахь.
– Дог Iуьллу.
– Дитахь.
– Сом Iуьллу.
– Мичахь?

И вайнехан амалехь ду.
Оьрсашкара тIеэцначех а ду.

Дуккха а долчунна бен юхалург а ца ло наха.
Ахь юхалург дехча, юьртахь уггар вехашверг а хир ву-кх хьуна массарал а гIаддайна. Хьо къамеле ваьлча, уггар а хьуна хьал долуш хетарг хир ву-кх хьуна воьлхуш. ГIийла ву ша, къен ву ша, бохуш.

Кафе-бар чу баханчохь, юург, мерг а схьаэцча, киснахь дуккха а ахча дерг къийлалуш я тIехьа соьцуш Iачохь, шегахь кIеззиг долчо вехаш волчунна хьаставала а атта дIало. Къечу стеган шел вехачуьнца яхь хуьлу. Тамашийна хIума ю ахча: дуккха а дерг дац моттийта гIерташ, доцург – ду моттийта лууш.

Школехь буфет чохь ерг а ца Iало, шишай даьккхина а, са ца яьккхича. Доьшуш дерш шайн бераш делахь а.

– Ахча дика хIума яцахьара, Iовдалчунна, берана а дезар дацара.

«МУХА ДАХЧАЛОРА БОЛАТ»

Цхьана нахана – къийсам, тIом,
                кхечарна – гIант, стол.
Цхьана нехан – дика ойла,
                кхечеран – таро, хьал.
Турпалхошна – бала, мацалла,
                Iожалла,
КIиллошна – дарж,
                бахам, чин.

Корчагин Павел (Островский Николай) – шен Даймехкан сирла кхане бахьанехь дIаделла са.

ЗУДАРИЙ

Зуда – и ахдуьне ду.
Нагахь санна, зудчо, шен дегIал сов, хьуна безам, дегайовхо а лахь, хьо ирсе вац муха эр ду?
Амма, зуда бахьанехь, шен цIерачех хедаш волчу стагана иза хьакъ а яц.

Тахана эрна хIумнаш ду: езачу йоIера дош даккха гIертар, цуьнга маре а ца йоьдуш хьайга хьежа бахар а.
Йоцург – кара лен хIума елча а Iийр яц, дола яьккхича а хьоьжур яц.
Ерг – ахь даьккхина дош дацахь а, гIур яц цхьаьнгге а, цхьана хIумане ладоьгIуш, сатуьйсуш, цхьана хIуманах тешаш Iийр ю.

«ГIала йиначун яц, яьккхинчун ю».
Цхьадолчу декъана и йоIана тIе а догIу.
ЙоI – юкъара хIума ю.
ТIехьийзаш и вай, важа вай, езарий, безам чIогIа барий... Уьш дерриш хабарш ду.
ЙоI йиначун яц, яьккхинчун ю. ТIехьийзачун яц, ялийначун ю. Амма, хазъеллачохь Iеха а велла, ядийна зуда яло мегар дац. Шена везачуьнга яханехьара, ирсе хир ма яра ша, бохург хир ду цуьнан дагахь гуттар а.

Дуьненна тIехь мел йолчу акхаройн, олхазарийн а мотт хууш хиллачу Суьлийма-пайхамаре хаьттина:
– Хьуна ца хууш хIума хир дац-кха, – аьлла.
– Зударийн хIилла ду со тIаьхьа кхиаза, – аьлла боху цо.
Новкъа вогIуш я кхечахьа а зуда хазъелча, йовза лаьа вайна. Иза жеро юй хиъча-м хазахетар, сатийсам а кхузза совболу. Даккхийдерехь вай ойла а ца  йо, иза цхьана хIуманна цIа яийтина хиларан.
Мила ю и? Муха ю? Хьаьнгахь хилла? ХIун галдаьлла? Муьлш бу цуьнан нах?
И хаттарш дицдо цуьнан гушйолчу хазалло.
«Цхьа Iовдал хир ву-кх цуьнан сий дан ца хиънарг а, – олий хета зуда йоцчу стагана. – Жайнахь а ма ду, хийла хазачу стеган ирча зуда а, хийла чамбоцчу стеган хаза зуда а хир ю, аьлла... ЦIахь болчара ехча дIаелла хир ю. Ца луъушехь яхана хIара, дукха хан ялале цIаеана хир ю. Я марнана сийдоцуш хилла хир ю. Соьца тарлур яра. Ас кхобур яра, зуда йийр яра», – моьтту хIоранна а.

«Зудчух, говрах, жIаьлех а ма теша» боху нохчийн кица, схьагарехь, Iаьрбийн жайнеш тIера схьаэцна ду. («Зудчух, говрах, туьрах а ма теша».) Вайн замано, вайн дахаро а кхоьллинарг хIара ду: «Юй а хууш жеро ялор гIоли ю, ю-яц ца хууш йоI ялочул».
«ЦIе, зуда, хIорд а – кхо бохам», – боху Эзопа.
Iийса пайхамара аьлла:
– Зуда юьтуш верг цунна нахаца лела бакъо луш ву. Жеро ялаяр – кхахьпалла ду.
ТIаьххьарчу аларехь хьалхара дакъа нийса ду. ШолгIаниг пайхамара аьлла хир дац.
Далла гергахь цIена ду, там-мах а бина, зуда долаяккхар, цуьнца сакъоьруш лелачул.

Цхьайолу зуда чIогIа питане хуьлу, доьзалехь (вежаршна, кхиношна а юкъахь) эладитанаш лелош, барт хила ца буьтуш.
Цхьаерг шен дош тIехула даккха гIерташ.
Цхьаерг цхьаъ-шиъ бер ма диннехь, хIинца-м дIайохуьйтучура яьллера ша, олий, марзошца эвхьаза йолу.
Цхьаерг, ша зуда йоций хууш, шен майрачун таро хиларна кхоьруш хуьлу, аьтто хилча, цо кхин ялорна кхоьруш.
Цхьаерг, майрачун кхин зуда яло таро йоций хиъча, шен амал лаьцна хуьлу.
Цхьаерг – шайн цIахь а доьзалан корта нана хила марзъелла – изза дезаш хуьлу.
Цхьаерг лела ца хууш хуьлу. Я шайн бераш Iамо, кхио ца хууш. Я ша йоцург цхьа а ца везаш.
Цхьаерг гуттар а массо хIума а баха дезаш, хьеха дезаш хуьлу. Цкъа аьлларг хIора дийнахь масийттаза бохуьйтуш.
Ишттачу зударшца доккху хIора де – гIайгIа.
Маре – и еккъа цхьа марзо хилла ца Iа.
Наноша маре даха, дахча лело дезарг а хьоьхуш дац шайн берашна.
Маре йоьдуш йолчу йоIана гIабали эцарх тоьаш дац. Коьрта багаж кхин ю цигахь.
Шена берхIитта-ткъа шарахь ца хьехнарг схьалаца хала ду жимачу зудчунна. Цундела цо ден-ненан кертахь доккху хIора де, хиндолчу дахарна тIехьажийна хила деза. ЙоI, юхалург елла хIума санна, дас-нанас ларъян езаш ю.

Цхьа Iаьрби хилла эмкал йоьттина жайнеш дохьуш вогIуш.
И буьйса яккха сецначу кертара зудчо хаьттина цуьнга:
– ХIун ю хьан цу эмкал тIехь ерг? – аьлла.
– Жайнеш ду, – жоп делла Iелам стага.
– ХIун ду хьан цу жайнеш тIехь? – хаьттина зудчо.
– Зударийн хIилланаш гулдина ас царна тIехь, – аьлла Iаьрбичо. – Уьш дешнарг цхьана а зудчо Iехор вац.
Цунна юург, мерг хьалха а йиллина, иза паргIат ваьллачул тIаьхьа, юха а къамеле яьлла зуда.
– ТIехьаьжна а Iилма долчу стагах тера ву хьо.
– Дуккха а шераш ду, – аьлла Iаьрбичо, – со кегийра ярташ, яккхий шахьарш йитина, генарчу гIамарш юкъахь, атта адам а ца кхочучу махкахь, Iилма Iамош, жайнеш яздеш а волу. ХIинца, хIорш нахана довзийта лууш, цIавоьдуш ву со.
– Хьо воьдучу махкахь зуда юй хьан? – хаьттина зудчо.
– Яц, – аьлла Iаьрбичо.
– Со а ю, масийтта шо хьалха цIийнада а кхелхина, цхьалха. Хьо воккха велахь а, хIинца а дегIахь гIора долуш, тIехьаьжна а товш стаг ву. ЦIийнада хиллачо битина бахам дола дан стаг воцуш ю со. Зудчун хала ду цIийна дукъ дIакхехьа, кху ялхошна тIехь Iуналла дан а. Хьуна со гуш ю. ГIунжар яц, астагI яц. Маре яха стаг воцуш ца Iийна со хIинццалц. Со реза ерг ца карош Iийна. Тховса ойла а йина, Iуьйрана жоп лур ахь, – аьлла, зуда шен чу яхана.
Iуьйра ламаз диначул тIаьхьа, сийсарлера къамел карладаьккхина Iаьрбичо. Ша и ялон реза хилар а хаийтина цо. ХIусамнанас аьлла:
– Бехк ма билла суна, къонах. Зударийн хIилланех лаьцна, эмкал йоьттина жайнеш яздина волу, хьо зие лиира суна. Уьш яздина волу хьо а, дуьххьара тIекхаьчначу зудчо Iехош хилча, уьш дешначунна хIун пайда хир бу аьлла хета хьуна?
И зуда шена къинтIера а яьккхина, шен жайнеш дага а дина, кхидIа вахана Iаьрби.

Флобера яздина: «Гуттар а зударий толлуш ву со, амма хIинца а кхетта вац со царах».

Зударшца доьзнарг, царах хьакхалуш дерг а деза ду нохчашна.
– Цхьа а масал дац вайн фольклорехь зуда сийсаз еш, – элира цкъа Джамбеков ШаIранис.
И кхечу агIор ду бохуш верг, политически заказ кхочуш еш ву.
Айса и яз ма динна дагадеа суна мацах дешна туьйра.
Шен кIанта вийна, неIсагIе дIавоьллина мостагI (джин дара иза я Iаьржа Хожа дицделла суна, и дац коьрта), валаза вуй хиъча а, цо мел дехарш дарх хьалавоккхуш ца хуьлу кIентан нанас. Ша ваша хир вара хьуна аьлча, да хир вара хьуна аьлча а. Ша цIийнада хир вара хьуна аьлча, зудчо хьала воккху иза, лаьттах воьллинчура. КIантана ца хоуьйтуш, къайлаха цуьнан чевнаш ерзайо, кхана Iуьйрана, шена кхоччуш гIоли хилча, иза юха а шен кIантана бале вала тарлой хуъушехь.
И зуда жима хилар, къона йоллуш жоьра йисина Iаш хилар а го цу туьйранехь. ЦIийнадех кхоччуш марзо эцна яц иза. Ша ваша хир вара хьуна, ша ден метта хир вара хьуна, аьлча а орцах ца яьлла йолу, ша цIийнада хир вара хьуна аьлча, шен кIантана а тешнабехк бан кийча ю зуда.
Нохчийн туьйра дуй-те и? Дукха ду-кхи вайнехан тайп-тайпанчу жайнешкара схьаэцна малхбале къаьмнийн туьйранаш, кицанаш, хабарш а. Мухха делахь а, зудчун психологи чIогIа схьалаьцна-м ю оцу тIехь.

Нохчийн жимачу зудчун цхьа а агIо яц.
Iуьйре хьала ца гIаттахь, марнанна гергахь вуо нус ю.
Буса йижина Iийча, майрачунна вуо зуда ю.

– ДIаваккха дIа. Цуьнан мачин айрин мах а бац вукхуьнан.
– Бац-те. Цуьнан-м бу хьуна гIеххьа вукхуьнан мачин айрин мах.

Зуда мара къийлар и долахь хилар дац.
                Фернандо Намора.
Ахьа мара къуьйлучу хенахь, хьан марахь иза ешачу хенахь, цунна дуьхьал туьйсуш кхин велахь, и ду доьхнарг. Стага, шен аьлларг хилча, шена езачу зудчунна ша воцург кхин дуьне а довзуьйтур дацара. Езачу зудчунна буса гIенаш гар а новкъа хуьлу стагана, цунна ца хууш а кхин стаг гарна кхоьруш.

Советан Iедал тIедале вайнехан зударий лайш санна бецаш хилла шайн декъа тIехь: кертахь, бешахь, чохь, арахь, кха тIехь а гIуллакхаш деш.
17-чу шаро яккхий бакъонаш елла царна. ХIинца шайн цIахь дерг дина а ца Iаш, Iедалан балхаца а ларабо уьш.

Ширачу заманахь зударшна шайн майранаш безаш хилла. Царна гергахь майра дерриг а дуьненан кхачам хилла. ХIинца зударшна, шайн майра воцург, дерриг дуьне а деза.

Зударийн хабаршка ладегIна дац ас цкъа а, атталгIа чурачаьрга а. Амма царна ца хууш хIума дац-кха хьуна, махкахь мел дерг.
Нахана шайн къайлаха ду моьттуш дерг а, зударша дуьйцуш хир ду-кх хьуна. Жимма а хабарна тIера йолчу цхьана зудчуьнга ладоьгIуш а язйийр ю-кх ахь мелла а книгаш, мало ца йичахьана.
Зударшна дика бевза-кх зударий а.
Мел чIогIа фантази йолуш волчу яздархочунна а дагайогIур яц, суна юьйцуш хезначу шина зудчун амал.
Царах цхьамма шен кегийчу берашна шен-шен рожехь юург луш ца хилла:
– Хечеш бехйо цара, – бохуш.
ШолгIачо (и марнана хилла куц ду) несаршка чоьнаш цIанйойтуш ца хилла:
– Сира дохадо аша, аннаш даадо. Охьайилла горгам, – бохуш.

Кхиношна уггар боккха кхаъ хуьлу, марвашас зуда дIа а яхийтина, керла нускал далийча.

– Хьайга некъахь бегаш бича муха хета хьуна? – хаьттина цхьамма марехь йолчу зудчуьнга.
– Хаза ца хета-кх.
– Хаза ца хета аьлча а, бегIийла ца хета-кх. Иштта ала гIертий хьо?
– Иштта хир ду-кх и, ахь бахахь. Къена ву-кхи хьо…
Суна тохара моьттура керста зударий бен бац шайна ма тов лелаш. Зударий берриш а цхьаъ бу. Зудчо ша тоьлча, шена мегар дуй хиъча, дийр доцуш хIумма а дац.
– Зудчун дегIаца ю интернационализм, – олу Шарипа.
ТIееанчу зудчунна бухарчу зудчо лелийна хIумнаш ца еза. Уьш маьрйижаршна, кхиношна а дIайоькъу цо, шен цIийнаден вукхунах дагалацам а ца бисийта.
Цхьайолчо чоьнаш кечйо ша, олий, чура хIумнаш лаххьийна дIа а юхкий, керланаш оьцу. ТIаккха, дош-дашера ма даьллина, со-м дIагIур ю, олий, и тIелхигаш вовшах а тухий, машен йоьттина дIайоьду… керла маре дан.

Цхьана зудчунна тIехтоьхна, маре дукха лела, аьлла.
– Мосазза яхана со? Цкъа-шоззий, кхузза-доьаззий, пхоьазза-ялхуззий бен яханий со?
И зуда хилла ткъе цхьаузза маре яхана.
Башха арифметика ю цуьнаниг. Мил-милла тIаьхьа кхуьур воцуш.

«Кхерсташ лелачу жIаьлина кхийса тIулгаш ца эшна».
Зудчунна тIедоьгIна аьлча: «Кхерсташ лелачу зудчунна ала дош ца эшна», –  бохург ду и.

Вайн мехкаршка а хьоьжуш цецвуьйлу со. Берриг а хаза, тайна а бу уьш. Дика кечло, лела а, къамел дан а, хелха бийла, самукъане хабар дийца а хаа. Шортта дозаллаш дан хIумнаш ду цаьрца. Нисбелла хилар совнаха, хьекъал долуш а бу. «ХIун бахьана ду-те и зудабераш оццул башха хилча, тIаьххьарчу хенахь, зударий битар махкахь а алсам далар? Божарийн кхачамбацар ду-те?..»
Сан ойланашна жоп луш санна, цхьамма олуш хезира:
– Хаза ду вайн зудабераш. Царах хIора а дика езар хир ю. Амма буьззина зударий, наной а хила тигац уьш.

«Хазалла – сарралц, дикалла – валлалц». Хьанна ца девза и кица? Жайнахь а ду боху: «Хазаниг-м – хаза ю бохуш кхобур яра. Диканиг – дика ю, бохуш. Хаза, дика а ца  хилча хIун дан деза?
Ширачу кицан маьIна, керлачу заманахь хийцало. Тахана «хазалла – сарралц» бохург, буйсана нускалан «дикалла» бен гуш яц, бохучу хьесапехь кхетадо.
«Хазалла –  сарралц» алахь а, хазаниг бен хаз-м ца ло вайна. Галдаьлларг – и хьуна цхьанна хазъелла ца Iа.

Майра везачу зудчунна Iуьйре тIеяр гIайгIа хуьлу.
Ца везачунна – суьйре...
Зудчун ирс – шен майра ирсе вар.

Шен марзой ца безачу зудчо нехан нах хестабо.
Стага, ша ца везачу нехан хабарех Iехаеллачу, шен зудчуьнга ден къамел:
– Нехан карахь герз ду хьо. ШайтIа ду хьан дагчохь.

Оцу хьокъехь, кхаа мутаIеламан философи дагаеа суна.
Цхьамма аьлла:
– Дикачу зудчул а дика хIума дац цхьа а.
ШолгIачо аьлла:
– Вочу зудчул а вуо хIума дац цхьа а.
КхоалгIачо, цаьрга ла а доьгIна, жамI дина:
– Дика елахь, вуо елахь а, зуда йоцуш а ца мега-кх вай.

ТАМАШИЙНА ХЕТАРГ

Вайн заманчохь тамашийна хета иштта хIума хезча:
– Хьуна-м хууш хир ду и, делахь а, ас сайна ма хаззара дуьйцу хьуна. (Юьртара къоначу жерочун цIе йоккху цо.) И йолчохь лечкъина Iаш хилла куц ду-кх, набахтера ведда цхьа накъост. Йиша, нана а боху, я йиша, стуннана а йийна боху хаац. Цхьа шо ах шо хилла иза кара ца во. Зуда, доьзал а хьийзош хиллачух тера ду-кх Iедало, шуна ца хууш хир дац, бохуш. Мухха а хIара йолчохь хевшина Iаш болуш, зуда араяьлла, шен гIуллакх долчуха. Оцу минотехь милцоша цIенна гобина. Иза шек ца воккхуш, чохь ву-вац хьажа яийтина хир ю-кх зуда. Карахь автоматаш йолуш уьш чулелхале, неI сагIехь нехаш чу кхуьйсучу ведар чу кхоьссина цо шегара тапча. Ша бахьанехь кху нахана зе-зулам хиларна ца кхерахьара, иштта кара вогIур вацара ша, аьлла боху цо. Дуй а биъна, шен зудчун корта баккхаза Iийр ма вац ша, дийна арахь минот яккхахь.

ГIалахь «Минуткехь», 35 шо хир долуш, лекхочу дегIахь зуда яра, эшарш а лоькхуш хиъна Iаш. Психбоьлницера араяьлча санна, тамашийна яра и. ХIокху дуьненна тIехь мел йолу орден, мидал а яра цуьнан некха тIехь. Белш тIехула хьала, юха гIода юккъе кхаччалц букъ тIехь а бес-бесара седарчий дара.
Эшар хада а йина назма ала юьйлира иза. ТIех вол-волург соцура, хIун ду хьажа. Дуккха а адам гулделира.
Кечъелла дIайоьдучу йоIех бIаьрг кхетча, назма хада а йой, мукъам хуьйцу:
– Ва-а, да виса хьан, къона жеро!..
Дерриг халкъ а доьлу.
Нахах, шашех а самукъа долуш Iа иза.

ЛАР

ЙоIа аьлла, гIала деша воьдучу кIанте:
– Дуккха а хаза зудабераш ду хьуна цигахь. Хьайн корта ма хьовзабайталахь цаьрга.
– Суна луъучу агIор бен хьевзаш бац сан хIара. Коьрто лелош вац со, даго лелош ву, – аьлла кIанта.

Ша баркалла аьллачу йоIа, суьрташ схьадахкийтахьара аьлла, тIе стаг ваийтича:
– Сурт хилча рицкъанаш цхьаьна ца кхета боху. И лууш яцара и? Я цунах кхоьруш ю и? – аьлла кIанта.

Ша масийтта шарахь тIехьийзина йоI маре яхана аьлча, кIанта аьлла:
– Шарахь вевзича стагана парте вала рекомендаци а ло. Зударий бовза пхи шо а кIеззиг хан хиллера-кх... Дикахо ду.
Юха ойла йира:
«Цуьнан дикалла кхечун дикалло йойур ю, цуьнан хазалла кхечуьнан хазалло йицйийр ю. Йина меттигаш а бу. Дагалецамаш… И хир ю-кх сан дагчохь цунах йисина лар...»

Автобусан корехула шен цкъа мацах хилла тIехьийза йоI гира цунна. ХIуш а дууш шен майрачунна юххехь йогIура иза. Юьхь тIехь хазахетаран я еларан IиндагI а дацара.
«ДегIан хьашташ кхочуш дича а синтем ца хуьлу-те? Я синхаам, безам, хазахетар, синтем и хIумнаш массарна а ца делла-те?» – ойла йира  цо.
ЙоIан юьхьа тIехь кхолар, сингаттам гора цунна.

БАДУЕВН – 80 ШО

ГIала тIевеанчунна моьттур ду, нохчийн яздархой а, культуран белхахой, Iилманчаш, къонахий хилла а бац. ХIунда аьлча вайн мел болу урам, мел йолу сквер а оьрсийн цIарах ю. Шен къомах волчу стеган сийдан гуьржех Iама дезара вай. Тамашийна политика ю дIайоьдуш. Нохчийн халкъ сийсаз дийриг хьала волу. Цуьнан балха тIехь кхиамаш а хуьлу, Iедало сий а до, таронаш кхуллу... Къам хасториг, Iедало шен халкъан векалийн куьйгашца, церан багахула а сийсазво. Советан Iедал дIакхоьхьург халкъ дац. Цхьа кIеззиг нах бу.
Со Бадуев СаIидан кхоллараллехь реза воцуш дикка агIонаш елахь а, цо бийцина мирзагIар тахана а дуккха а бу. Хьалхачул а дебба уьш-м.
Бадуев СаIидан 80 шо кхачарна леринчу суьйренехь дика къамел дира актера Дудаев Мусас. Архивашкахь хIинца а Бадуевн йовзаза произведенеш ю, элира цо. Цхьа а царна тIевуьтуш вац. Майра къамел дира цо, лаккхарчу хьаькамашна Iуьттуш. Нохчийн пачхьалкхан университетан филологин факультетехь Бадуевн цIарах стипенди хила дезар хьахийра. Ма дукха хан ю университетана Бадуевн цIе тилла езара, бохуш, студенташа дуьйцу. Чакхдаккха стаг вац куьйгаллехь.
Бадуевн произведенешкахь вайна ца дезарг – заманан хьу ю. ТIехула гуш дерг. Арсанукаев Iабдуллас язйина очерк йоцург, цуьнан дахар, кхолларалла а кIорггера теллина дац хIинццалц. Тахана вехаш велахьара, Бадуевс молланаш, шайхаш буьйцур бацара. Цо яздийр дара шена гонаха гуш долчух лаьцна. Шена ца товш мел долчух. Хуьлийла и вайн амалехь, хуьлийла и Iедалехь.
Бадуев – чIогIа психолог, Iаламат доккха похIма долуш яздархо хилла. Ма-дарра аьлча, и хIинца а вайна вевза аьлла а ца хета суна. ТIехула гучо къахкадо вай. Ойла тIе ца йоьрзуьйту. Со а ву цу юкъахь.
Литературоведенис атеистан мухIар тоьхна волчу Бадуевх лаьцна, гIараваьллачу къоначу поэта, Бисултанов Аптис аьллачо эккхийтира зал.
– Бадуев СаIид Делах чIогIа тешаш стаг хилла.
ЦIеххьана стелахаьштиг тоьхна, стигал къекъийна, латта этIа доьлча, кхин чIогIа инзарбевр бацара нах. Амма и дика ойла а йина, эффектана аьлла дош дара. Массо а вовшашка къамеле ваьлла, къоравоьлла, дукхаха болчарна ца хезира цо тIаьхьа аьлларг:
– Цуьнан Дела – халкъ хилла.
Бадуевн чIурах мел волу нохчийн яздархо жима волуш хьуьжарехь дешна ву. Делах ца тешийла а дуй уьш?

ЗАЙТИН ШИХМИРЗА

Дийнна цхьа пен дIалаьцна сурт ду чохь. Нохчийн иллешна тIера сюжет ю и. Юккъехь Зайтин Шихмирза, Таркхойн Шамхалан йоI Заза а ю. Зазин карахь чагIарх юьззина йоккха маIа ю. Шихмирзина тIехьа говрашкахь, гIаш а дуккха а къонахий бу. Геннахь гуш лаьмнаш ду. Зазина тIехьа, дехьо маьнги тIехь, чучча ши ког боьллина хиъна Iаш цIена кIай духар дуьйхина таркхойн Шамхал ву. Цунна гонаха хьийзаш борша, сте а ялхой бу.
ХIора стаг шаша воккхуш, хIора меженна терго а еш диллина ду сурт. Духарш, басарш, яханчу заманан васт.
ДегIастанара и тоьлла кIентий Заза езаш баьхкина бу. Иза еза а езаш, ша санначаьрца къовса а къевсина, йига луучо дан дезаш кхо хIума ду:
1) массарачул а нийса топ тохар;
2) массерачул а чехка дин хилар;
3) цIера зуда (ялийна велахь) тешаме хилар а.
Кхуззе а чагIарх юьззина маIа а оьций юкъайолу Шамхалан исбаьхьа Заза. Цуьнан карара и схьа  а эцна дIа а мелла, амма оцу кхаа хьуьнарех цхьанна тIехь эшначун корта боккхуш бу. Иштта бу барт.
Зайтин Шихмирза ву шен зудчо яхье а ваьккхина:
– Хьада, вало, наха бехк буьллур бу хьуна, шен зудчун куча юх а лаьцна Iаш ву, аьлла. Мехкан кIентий вовшах кхетачу гIо. Наха юкъа вала,– аьлла араваьккхина.
Заза дуьххьара юкъаяьлча (иллин чулацам бу иштта), биллам кхайкхийча, цхьа а ца хIутту исбаьхьчу Зазин карара Iожаллин кад дIамала. Массарна а цуьнца безам бекъа лаьа. Массо а ша-ша вала а велла, нурлепа Заза кхечунна кхачарна кхоьру. Хьовса баьхкинарш а бу. Амма цхьа а юкъа волуш ца хилча, яхь йолчу Зайтин Шихмирзас схьаоьцу маIа.
– Сан топ массерачул а нийса кхетар ю аьлла-м ца боху ас. Делахь а кIенташна тIера, – олий дIамолу.
Топ массерачул а нийса кхета Шихмирзин.
ШолгIа а цхьа а къонах хьалха ца хIутту Зазина.
– Сан дин массерачул а чехка бу-м ца боху ас. Делахь а яхь йолчу кIенташна тIера, – олий, дIамолу.
Говр хьалхайогIу Шихмирзин.
Амма таркхойн Шовхал реза волуш  захало дац и. Шовхална ша санна волчу эле я элан кIанте яхийта лаьа, цIарна а цIе яхана Заза. Чухьийзаш ялхой а болуш, дуккха а даьхни, латта, шортта бахам а болуш. Цхьана «акхачу» нохчийчуьнга а яхийтина йоI яйа ца лаьа цунна. ТIаккха цо къайлаха ши нукер вохуьйту Шихмирзин цIа. Дешица Iехаяй а, ахчанца эций а шайна тIе а ерзаяй, и майрачунна тешаме цахиларан тоьшалла дан, олий.
Шихмирза вехачу юьрта кхочу нукераш. Шихмирзега кхойкху. ЦIахь вац иза, олу зудчо.
Шина хьешо хIара ма эхь ду, олу. ЦIарна а цIе яханчу Зайтин Шихмирзин хIусам мукъане а юй хIара? Чувола олуш стаг вац. Хьеший лоруш, безаш а цIа дац хIара. Вало, нахана ма-варра вовзуьйтур ву вайшимма Шихмирза.
ЮьхьIаьржонах кхоьручу зудчо чукхойкху и шиъ.
Кхано яа а йиина, мала а мелла, шаьшшиъ паргIат ваьлча, дагара хоуьйту кху шимма. Шортта ахча а лур ду, деши а кхоор дац, олий.
– Собар делаш, со хIинцца схьайогIу шуна, – олий, лулара жеро ялайо цо, байш кхобуш, гIийла йоллуш йолу.
Шина хьешана бодашкахь шайца Iийриг мила ю а ца хаа.
Кхано важа йогIу, и ши хьаша шен кIажар а хадийна, сахуьлунга хьоьжуш а ца Iаш дIаваха-кх, аьлла.
Цара лелочух шекьяьлла Шихмирзин зуда, шена тIе цIийнаден тоьлла хIумнаш а юхий, тоьллачу дина а ***й, хьешашна тIаьхьа йоьду.
Царна хIара ца евза. Цхьаний таркхойн эла волчу боьлху уьш. ДIагойту кхара Шихмирзин зуда тешаме ца хиларан тоьшалла. Воьхку Шихмирза. Iожаллина кечво.
Амма Шамхала хьаша вина тIеэцначу Шихмирзин зудчо толам боккху царна юкъахь.
– Деллахь ма товш, ма хаза, ма оьзда, ма тIахъаьлла къонах ву и жима стаг, – цIе йоккхуьйту шен.
ТIаккха схьабоккху цо шен коьртара куй. Охьахоьцу шен деши санна цIена кIажар. ЮьхьIаьржа хIиттабо уьш.
– Хьуна хIунда ца хаара, хIай таркхойн Шовхал, Шихмирза санна волчу кIентан зудчун иштта нецех юьзна кIажар хир йоцийла? Хьажал кху сан чIабане. ПаргIат ваккха Шихмирза. Схьаяийта цунна бакъонца йогIу Заза а. ЦIахь суна хьалхара гIуллакхаш дан дика нускал хир ду и.
Иштта ду моьттуш ву-кх со и. Ас вуно жима волуш дешна и илли. Цул тIаьхьа кхин карла даьккхина а дац.
Сурт диллинарг цкъа хьалха кху чохь Iийна, вевзаш волу художник Ахмадов Шамсудди ву боху.
Массарна а къаьсттина йоI хазахета. Суна – говраш. Боккхачу безамца ехкина ю уьш. ХIара сурт Iемаш волчу хенахь диллина ду боху Шамсуддис. Чакхдаьккхина а дац. ТIехьа лаьттачеран яххьаш яьржина ю, дукхаха болчийн бIаьрг-цкъоцкъам а долийнначохь дисина.
Дагалаьцна хIума чIогIа дика ду.
Дукха студенташ чакхбевлла кху чухула. Басарш а кхоьлина, юкъа-юкъара хьакхар а охьадаьлла. Бераш тIехь сийзаш а дина. ЙоI а маьттаза яьккхина. Ма хуьллу и къайла даккха гIерта со, Асланбек а.
Сарахь, агIор ваьлча, ойлайо ас:
«Ма дика дийцар язлур дара кхунах лаьцна. Хьажахь, вайн яздархой стенах лаьцна яздийр ду ца хууш Iа. Вайн иллел а дика дийцарш дац-кх. Уьш ду-кх Гомеран «Илиада», исландхойн сагаш, финнийн «Калевала»! Оцу иллийн сюжеташ тIехь, нохчийн дахарера дийцарш кхоьллинчу яздархочун цIе дуьне мел ду евзар ю...»

ЛЕНИНАН ВАСТ

Вайнехан фольклорехь долу Ленинан васт, иза наьрт-аьрстхо санна доккха дегI долуш, тIемало-турпалхо санна гайтаран бахьана, нохчаша, шайна цкъа а гина воцу иза, даима а къоман паргIатонехьа къийсам латтийна болчу, халкъан баьччех тарвар ду.
Бакъду, Бойсахар, Таймин Биболат, Эвтархойн Ахьмад, Джумин Акхтула а наьрт-аьрстхо я нехачул сов ницкъ ца хилла. Амма церан, цаьрца цхьаьна Ленинан а, васт даздийриг, лакха доккхург а церан гIуллакхаш ду.

ЖИЛ-IАЛАМ

«Ца девзачу хичу ма гIерта».
Суна хаара, и кица адам лардаран дуьхьа кхоьллина дуй. Амма маьIна ца гора суна. Тхан юьртана гонаха чугIорта, лийча а ца мегаш хи дан а дац.
«И кица я кхечу къаьмнашкара тIеэцна ду, я вайн дайшна вайна ца гинарг гина», – ойлайора ас.
Тахана «клуб кинопутешественников» чохь гайтира цхьа Iам. (Францин колони лаьттинчех цхьа пачхьалкх яра и.) Ахь цу чу Iоьттина хIума хебаршка а йоьдий, чура са дIа а долий, якъа а лой дIахIуттура.
ДIаьвше хи. Туьйранашкара делла хи, дийна хи, цIе летта догу хи а дагадеара суна. Адамийн фантази мел йоккха елахь а, жил-Iаламан таронийн чаккхе яц. Вайна тахана туьйра долу хIума, шеко яц, цхьана хенахь хилларг, лелларг а хилар.
Вуьшта, готтачу маьIнехь, гечо ца довзахь, хи чу ма гIерта, бохучу хьесапехь кхето а тарло и кица. Ламанан хиш вуно сиха ду, чехка ду. Минот ялале вадо, хьарчо а тарло.

ТРАНСПОРТ

Маккахь, Меданахь а божарийн, зударийн а автобусаш къаьстина ю боху. ЛартIехь йолчу пачхьалкхашкахь стаг автобус тIе хьала а ца волу, охьахаа меттиг яцахь. Вай долчохь хьо тIахъаьлла ца хьовзахь я нахаца гIиллакхаш леца волахь, некъахь вуьсур ву.
ГIала йоьду автобус йоьттина ю, неIарш елла а лур йоцуш. Со тIехьа хиъна Iаш ву. Тахана аьтто хилла. Хьалха дов долу. Йистехь хиъна Iачу йоIа, юххехь лаьтташ волчу кIанте тIе ма теIа, боху. Вукхо дуьхьал цхьаъ олу. ТIаккха йоIаца хиъна Iачо и дов шена тIеоьцу. Зударий юкъа а бовлуш, салон чохь йоккха гIовгIа оьккху.
«Хьекъал дац вайгахь. ЙоI корехьа а хиъна, кIант йисте хиънехь хиндоцу питана ду-кх и», – ойлайо ас.
Ерриг а Нохчийчоь цхьа гIала а йолуш, хIора юьртахь станцеш йолуш, электричкаш лелар йолчу хене сатуьйсу ас.

ВАЙНАХ

Курсехь тхо 75 нохчи, 25 гIалгIа а ву.
Мел чIогIа тхо цаьрца уьйр таса гIертарх, шаьш къаьсттина Iа гIалгIай. Лекцешкахь, вуьшта а.
Цкъа а тхайн цIахь, юьртахь а нохчий боькъуш, къестош къамелаш ца хезна суна. ГIалахь къестадо, бекъа а боькъу.
Маьлхаша, орстхоша, аьккхаша а шаьш нохчи а дац, кхин къаьмнаш ду боху. Ахь цаьрца къамел дечу хенахь:
– Шу нохчий, – боху дешнаш хуьлу церан сих-сиха.
Оргал лакхахь Iаш болчу нехан, Оргал лахахь Iаш болчаьрга ша-тайпа юкъаметтиг ю. Иштта теркахойн а: дехьара, сехьара.
Ткъа мел херо йоьллина вайна, гIалгIашна а юкъа!
Вайх ши къам дина. Лело атта хилийта.
ГIалахь хьо вевзачу хенахь уггар хьалха хотту: «Муьлхачу тайпана ву хьо?»
Хьоьца гергарло лело мегар ду-те, дац-те? Моццул пайденна хир ву хьо? Хьоьгара схьаер юй-те?
Нохчашна дукха беза гIалгIай. (Суна-м беза уьш.) Цаьрга йолу юкъаметтиг доладаран хьесапехь ю нохчийн.
Жима къоман Iедал ду-кх шел ницкъ болу, шел адам сов долу къам ца дезаш. Суна-м жима къам, доккха къам а аьлла къесто а ца лаьа вай.
Схьаэца йоккха пачхьалкх. Царах муьлххург а ма ю екъалур йолуш, оццу билгалонашца. Уьш-м (тахана цхьана пачхьалкхехь цхьа къам а хилла бехаш болу), вовшашца тIемаш а беш, шайн-шайн мотт а болуш Iийна дукха хан ца яьлла. Цхьана паччахьо, цхьана ницкъо вовшахтоьхна уьш, бертахь я бертаза. Церан а ма ю дуккха а диалекташ. Амма цара пачхьалкхан литературан мотт кхоьллина. Декъазчу вайна моьтту, вайн дешан орамехь -а меттана -о олуш хилча а, кхин къам ду.
Вай тахана дозалла до, вайна юкъахь элий, лай а хилла ца хиларх. Суна и го тахана вайн пачхьалкх ца хиларан коьрта бахьана. Хилла белира вайн элий, лай а! Хилла велира вайн паччахь! ТIаккха вайна гонахарчу кхечу къаьмнийн санна, пачхьалкх, вешан истори, литература, Iилма, цуьнца доьзна мел дерг а хир дара вайн. Бала кхин а базло, хуьлуш дерг ган а гуш, дан хIума ца хилча.
ХьасттагIа, автобус тIехь хIара тема хьахаелча, воккхачу стага элира:
– Зудабераш вовшашка маре дахийта дезара вай, нохчий, гIалгIай, аьккхий, ламарой, теркахой, вуьйш, вуьйш бохуш, къеста а ца беш. Вайн юкъаметтигаш, гергарлонаш, уьйраш тIаьхьа-тIаьхьа хера йовлуш ю. Кхин гуш, хIара ду аьлла, схьалаца хIума а доцуш, вовшашна реза дац вай, хьанна я стенна оьшу и? Вайнах ма ду вай. Зударий дIаса а бохуьйтуш, гергарлонаш чIагIдича, херо дIаер яра вайна юкъара. Шу кегий ду. ТIаьхье шоьгахь ю. Ойлае аша.

ОВИДИЙ

Зудчуьнца къамел дан ца хууш, ца хIуттуш, и муха йовза еза, тIе муха ерзо еза, шен Iалашоне муха кхача веза хаа луучо – Овидий веша веза.

ДИКАНЕ САТАСАР

Сан ирс, сан дакъазалла а доьзалехь жимаха верг хилар ду. ХIун дохьур ду суна керлачу шаро?