Дневник. 1983

Саид-Хасан Кацаев
ЯЗДАН IЕМАШ

Механизаторш, хьелиозархой бацахьара, вайн районийн, республикан а газеташна тIетоха хIума хир дацара, вайн журналисташ интервью эца стаг воцуш буьсур бара. Цхьа политика хир ю-кх и.
Яздархочо, уггар хьалха, шен дахарх, шена зеделлачух пайда оьцу. Цул тIаьхьа дерриг дисинчух а... Цхьа Iалашо а лаьцна, амма шена ца хуучух лаьцна язйина книга наха сихха йицйийр ю. Автор дийна а волуш. Классикийн, церан турпалхойн а дахар дуьстича, дуккха а цхьатера хIумнаш карадо. Дукха хьолахь, турпалхочун амал, синхаамаш, сингаттамаш а авторнаш хуьлу. Оцу тайпана, шен дагара лечкъа а ца деш язйинчу книгийн кхоллам, ша яздархочун адамаллин, къонахаллин, синхаамийн а барамах, мехах а боьзна бу. ПхоьалгIачу классехь дуьйна яздеш ву со. Цхьана хIумано сагатдича, дIа ма яздиннехь паргIатволу. Юьхьанца: хазахетачу йоIе кехаташ, тхайн юкъаметтигах лаьцна хетарш а. ТIаьхьо дневник шоръелира. Сайца хилларш, лелларш, дахаро кхолла йолуьйту цхьацца ойланаш а йоцург, наха дуьйцуш хезнарг а дIаяздан вуьйлира со. Шира хабарш, вайзаманан дийцарш а куьг шардарна дика ду. Яздархочунна дешан экономи Iамайо цара. Халкъан кхолларалла – цхьа тIегIа ю яздархо кхиарехь. Соьл чIогIа воккха хила ца лууш стаг хир вуй-теша? Суна схьахетарехь, дерриг дахар а книгаш йоьшуш доккхур дара ас. Кху дуьненчохь цул мехала хIума ца хета суна. Кху шарахь 10 класс яьккхина велира со. Мамина ца лиира со цIенна гена вала. Иштта университете кхечира со. Вайнехан факультете.
Сайн дахаран Iалашо яздархо хилар го суна. Ойланаш дукха йо ас. Кху дийнналц айса мел яздинарг тIехь долу  дуккха тетрадаш, блокноташ а ягийна ас.

БЕЗАМАХ ЛАЬЦНА

Дахарехь хийла хан йогIу кIентан, йоI езаеллачу хенахь, цо бохург дийр долуш. И шена реза хилчахьана, хIокху доккхачу дуьненахь кхин хIумма а ца оьшуш.
Мел дукха ду цу хенахь йоIан карахь!
Шайна лиъча (я хиъча) цаьрга далур доцуш хIумма а дац. Масане хуьлу кIант? Сигаьрка узуш, къаьркъа молуш, кехатех ловзуш, харцахьа, вуо мел дерг а лелош. И ша доллу хIума а цхьана хенахь марзлуш ду: жима волуш, школехь доьшучу хенахь я дешна ваьлча, вина денош даздеш я эскарера цIавеъча, я зуда ялийча. Шена езачу йоIа дита аьлча, шегара вуо хIума дуьтур доцуш кIант вац. (Кхечо аьлча ша тергал дийр доцург а, кхочуш дийр ду кIанта, езачо аьлча.) Амма зудаберашна ца хаа и. Царна, дукха хьолахь, шаьш дезарш атта хета. Шайн ирс къасто ца хаа царна. Юххехула тIехдолуьйту, пусар ца деш. КIентан мах тIейоьхначуьнца хадош берш а бу. Я цо дуьйцучу къамелах самукъа даларе терра. Я церан цIерачийн тароне, я кIентан куьце (йоIан санна юьхь-сибате а) хьаьжжина.
Цкъа делахь, «Хазалла – сарралц, дикалла – валлалц» боху кица дицдо цара. ШолгIа, йоI езаш волчу кIенте говза къамел а ца дало. Дерриг а дагчохь къуьйлу цо. Безам дIабийца мотт ца керча цуьнан, амма кийрахь тулгIенаш еттало... Иштта кхоллало стихаш.

Жимчохь чIогIа экама бу безам, синхаамаш ира бу. Шайн безам ларбан хьекъал ца кхочу шинне а. ЙоIана а кхин кIант везало, кIанта сатуьйсург а кхин хуьлу.
Дуьххьара моьтту: «ХIара ма ю ас ялон ерг. Велла дIаваллац кхуьнца вехар ву со».
Цхьа хан дIайолу. Кхечун васт хуьлу хьан ойланехь.
«Хьалха Iехавелла хиллера со. ХIинцалерниг баккъал а ду», – ойлайо ахь. Амма и а тIаьххьара ца хуьлу.
Дукха бац дуьххьарлера безам ларбинарш. Цунна бехке «дуьне довза» лаар, цхьа кхечу хIумнах Iехавалар я нах юкъабовлар, вовшех ца кхетар, хьекъал ца кхачар, шена тIекхийдарг атта хетар, цхьа даккхийчу, шена  ца девзачуьнга сатийсар...
Амма безамах валарх, ирсе вац хьо, алий ма хета. Дикачух дог ма дилла. Хьуна еза йоI маре яханехь я везачу кIанта кхин ялийнехь, ма мотта, цуьнца доцург хьайн ирс дац. Мел доккха ду хIара дуьне! Яханчул а диканиг карор ю хьуна. Важа хийла дохко яла а там бу.
Йисарх хьо хьеший маре а бахана, цхьалха, ма хьовза йохий, кхин сов баккхийбуьш бац хьуна уьш а. Хийла ю хьуна царна юкъахь а хьоьх хьоьгуш...

Марзделлачу хенахь хаьдда хIума дагахь чIогIа лаьтта. Цуьнан мах а лакхара хадабо.

Хазачу йоIана бен ца хеташ тIех ца волуьйту синхаамаша.

– Уггар хазаниг мила ю хаий хьуна?
Ша-шена жоп ло:
– Хьуна езарг.

– ЙоI, хьан хан юй?
– Ю, – олий, сахьт тIехьожу и.
– Иштта ца бохий ас-м...

– Махкахо...
– Со хIунда ю хьан махкахо?
– Муха яц? Цхьана латта тIехь дехаш ма ду вай.

Безам бахана кIант – романтик ву.
Зударий  – шийла реалисташ.

– Куьг дIадаккхахь...
– Цхьа куьг доцург хьуна везар ма вац.
– Иштта ма ца боху ас...   

КIант шеца эвхьаза вала воьлча, йоIа:
– ДIавала, ас, сту боккхур бу хьоьгара.
– Со бу-кх цхьа сту.

 – Соьга зуда ялаяйта ца бохку хIорш.
– ХIун хилла?
– Юха а жижиг хьуш гуча а ваьлла, харж ян дийзи-кх сан.
– ДIавалахь, ас сайн йоI йоуьйтур ю-кх хьоьга.
– Ахча дац сан.
– Ас лург йоуьйтур ю хьоьга...

– Дала лардойла вай ирча зуда, хаза стунйиша а нисъяларх.
(Кегийчеран дог-ойла.)

КIантстаг, йоIстаг а гуш хуьлу юьртахь. Нехан тIе бIаьрг хIуттуш. Нехан муха ду хаац суна, суо везачу йоIе дийца хабар ца хуьлу сан. Цхьаъ дийца дезий хаа, вист ца хуьлуш Iийча нийса доций а, амма и Iеха ца ло. «Хазачу пуьтел къаьхьа бакъдерг тоьлу», – олу. Соьга я къаьхьа бакъдерг, я мерза пуьташ а ца боттало.

Цхьа дийнош дара, со хIокху хенахь хьуьнха, лайн зезагаш дан лелаш. Цкъа-м, со диттийн могIаре кхочуш, даккхий чимаш долуш ло а деара. ХIетте а юха ца вирзира со. Юьхьа дуьхьал шийла мох хьоькхура. Боккхачу кхура кIелара бес-бесара зезагаш дехира ас.
Нахана ца гайта, сарахьо юьрта веара со. ТIаккха меллаша керта а вахана, церан неIаран сагIе охьадехкира...
Со могуш воцуш хилла, аьлла хезча, шина-кхаа дийнахь школе а ца веъча, шен куьйга йина чуда яийтира цо. И йиначу дийнахь ас йоккха кIеда чан кIорни елира цунна.
Школа яьккхинчул тIаьхьа дуккха а кIентий бара  цунна тIехьовза лууш. И реза ца хуьлура цхьанне а. Со ву бохуш.
Захалонаш хьехадора. Нанас, соьга бен йохуьйтур йолуш яц, олура. Цкъа яда а йира иза. Схьаяьккхира.
Суна лиъчахьана кхочуш хуьлуш дара дерриг а.
Со суо а ца кхетара сайх.
Хьалхе хетара зуда яло.
ЙоI маре гIуриг хиллера.
Билггала ас ша ца юьгий хиъча, яхара иза. Ца яьллачу денна.

Со везаш, сайга ян лууш хилла йоI маре яхча, чIогIа хазахета суна. Маре бахале, баханчул тIаьхьа а, уьш тергалбар и комеди ю. Амма сихха цуьнан меттиг дIалоцу кхечо. Ша вукхул а хьакъ йолуш хеташ. И трагеди ю.

– Хи мел дезачунна езийла, – бохург дика хIума дац.
ЙоI цхьана кIантана езча а тоьар ду.

Цо лечкъадора шен дагара.
Цхьанне а ца хаара иза мила езаш ву.
Цкъа массарна а гуча велира иза.
Къайлаха записка язйина хIокхо шена хазахетачу йоIе. Вукхунна нохчийн маттахь деша хууш ца хилла. Тхан курсера зудаберашка дехна цо шена и ешар. (Уьш хьеший бара.)
Ша гучуваьллий хиъча:
– Чами болчу тракторца тхойшиъ тIеттIа таIийча а Iебар вацара со цунах, – элира цо шен безамах лаьцна.

Накъоста къа-бала балхийра суна:
– Шена шел жиманиг я шел воккханиг бен ца веза боху цо.
– ХIинццалц хьо цул жима вара, – хьехар дира ас, – дукха ца Iаш, хIинца и йолчул а воккха хир ву хьо. Хьо веза мегар ду хьуна цунна. Иштта дIаала ахь.

ЦIЕ

Ког биллинчохь лар юьсу. Ло дашарх дIа а ца йолу.