Коьртаниг - иман хилар ду. Интервью

Саид-Хасан Кацаев
КОЬРТАНИГ – ИМАН ХИЛАР ДУ

Интервью

Къамел дІадаьхьна «Маршо» радион
корреспондента Шамаев Руслана.

– Ши-кхо де хьалха Нохчийчура яздархоша, поэташа а яздина дийцарш, стихаш карор яцара-те аьлла, интернетехь лехамаш беш, сан бІаьрг тІехІоьттинарг Кацаев Сайд-Хьасана схьайиллина йолу веб-сайт яра. Уггаре хьалха ас дешнарг дара «Бодашкахь» цІе йолу дийцар. Цу тІехь яздархочо буьйцург безам бу. Амма беккъа цхьана безамах лаьцна дац и дийцар. Кацаев Сайд-Хьасана хестош дерг вайн дайн гІиллакхаш ду, цу бесса сиха, вайн бІаьргашна гуш, доьхна дІадовлуш долу. И тема гуттар а гергара ю аьлла хетало Кацаевна, цуьнан хьалхара дийцарш девзича. Цундела ларамаза дацара тхойшиннан къамел цу тІера доладалар.

– ТІаьххьарчу хенахь вайн махкахь кхирстинчу тІемаша, адамаш дайар, чолакхдар совнаха, адамийн гІилкхашна а, адамийн Іадаташна а чІогІа ницкъ бина. Дайн ламасташ лардеш шайн-шайн туьшахь Іаш долу адам, тІамо шайн хоршара доккхий, гІилкхах-гІулкхах, шайн бух тІера а дохадо. Къаьсттина тІекхуьуш долу чкъор.
Шен чулацамца, идейни Іалашонца а «Студентан дийцаршна» юкъадогІуш ду «Бодашкахь» цІе йолу дийцар а.
Цхьа хан яра, вайн къам моттаргІанашца дехаш: Іедалан политико бакъдерг яздан а ца магош, нохчашна вайл тоьлла, вайл оьзда къам дуьнен тІехь дан а дац, аьлла хеташ. Іедалан массо а тІегІан тІехь, иштта литературехь а, цхьа нах бара (тахана а бу уьш!), и Іедал къомах лардеш, къам бакъдолчух лардеш а.
Бакъдерг хІун дара?
Цу хенахь а лечкъош зудабераш дара, къайлаха еш аборташ яра. Таханлерниг – даккхий догІанаш даьхкича хи дистина дар санна ду. Мел боккха яй а тІехбогІу, кІез-кІезиг тІадамаш оьгуш буьзча. Иммунитет ледара йолчу стагана, жимма шел ма веллина, грипп кхета. Цунах, шен хеннахь дарба ца лелийча, пехийн цамгар хуьлу... пневмони, туберкулез а. Цо адам доь. Иштта экама ду къам а...
«Студентан дийцарш» орца даккхар дара. Царна уггар а дуьхьал хиллачех цхьаъ тахана ВИЧ-ун даржаран дуьхьал берашна, баккхийчарна а пьесаш язъеш ву. Могашалла ларъяран дуьненаюкъара организацеш шена ахча делча.
Кхин цхьа масал далор дара ас.
Советан Іедал доьхча, наха шайн хилла дакъош схьадохуш дара, чура организацеш ара а йохуш. Тхан юьртахь иштта схьалаьцначех дара Оьздангаллин цІа. Цу чура архиваш аракхийсинера цара. И кехаташ махо юрт мел ю дІасаидош дара. Накъост веара со волчу царах цхьа кехат дохьуш. Биначу белхан отчет яра и. Бахархошна юкъахь атеистийн болх дІабахьарх лаьцна. Юьртахь Делах тешаш вуьрхІитта стаг бен висна а вац, цаьрца шаьш кхетош-кхиоран болх беш а ду, аьлла. Иштта пуьташ тІехь лаьтташ хиларна юьйхира и нуьцкъала пачхьалкх.
«Бодашкахь» дуьйцург соьца дахарехь хилладелахь а, веккъа со хилла ца Іа дийцаран турпалхо. Иза вай кегий долчу хенахь хилла муьлхха а нохчийн жимачу стеган васт ду. ГІалахь, буьйсана нах дІатийначу хенахь, жима стаг йоІца ша висча, муха гІиллакх дара лелош дерг, аьлла, тахана тІекхиъначарна масална яздина дара ас и.
Со ГІала деша воьдучу хенахь тхан нанас (Дала гечдойла цунна) элира соьга:
– Зудабер – экама ду хьуна, зудабераш ларделахь.
Ас цкъа а ца дицдина цуьнан дешнаш.
Кху махкахь вехаш, махкал арахьа-м муххале а, нохчийн зудабер сайн йиша санна хетта суна.
Цундела кхин цкъа а билгалдаккха лаьа: «Студентан дийцарш» – лазам бара. «Мича доьлхуш ду вай?» – боху синлазам. Цул сов, 19-20 шо долу яздархо а, 30-40 шо долу яздархо а тайпа-тайпана ши стаг ву. Кхеташ ду, шолгІаниг кхиъна ваьлла стаг хилар. Халид Ошаев, Мохьмад Мамакаев а вайна тахана вевза яздархо хир вацара, набахтин хало а, цІера ваккхаран къахьо а ца лайнехь. ТІемаша туьйсина вайн чкъор. Цкъа а шех яздархо хир волчух тІамо вина...

– Кацаев Сайд-Хьасан вина 1966 шарахь. Иза вайн кхиболу кегийрхой санна шен дахарехь дукха халачу заманахь ваьхна бохург ду и. Ша яздархочо иштта дуьйцу шех лаьцна...

– Со Нохчийчохь вина, Куршлойн-эвлахь. Юьртара №1 йолу юккъера школа яьккхинчул тІаьхьа, 1983 шарахь Нохч-ГІалгІайн пачхьалкхан университете деша вахара, филологин факультете. Масех шарахь юьртахь хьехархочун болх бина. Іилмана-талламан институтехь балхахь волуш, эскаре вахара. Нохчийн яздархошна юкъахь кІеззиг нах бара эскарехь гІуллакх дина.
Суна и сайн декхар хетара. Могуш вац бохуш хІинццалц лоьраша сецийнера. Юьртара хьехархо ву аьлла а цІахь Іа йиш яра. «Армехь хилла а воцуш муха яздийр ду? Цигахь хиллачарна бакъхетар дац и», – боху ойла яра сан. Шена гина доцчух, ша ца лайнарг яздеш волу яздархо ас а ца воьшура. Яздархочунна дика школа ю арми. Цигахь тайпа-тайпана предложенеш йира суна, виса бохуш, кхидІа тІеман говзалла караерзор а. Амма суна сайн дахар, дахаран маьІна а ца гора Нохчийчоьнца доьзна бен. Сан дуьненан ерриг а марзо – нохчийн мотт, литература а яра. Кхидолчух суна кхачо яцара, мел доккха дарж хиларх. Іилмана-талламан институтан уггар а диканиг дара – ахь вуьшта а маьхза беш болчу балхах (книгаш ешар, яздар а) хьуна алапа далар...
Аспирантура, Іилмана болх а юкъахбаьккхира вайн махкахь хиллачу бохамаша. Хьалхара тІом баллалц университетан студенташна нохчийн литература хьийхира ас, кхин а тайп-тайпана белхаш бира. ТІом баккха араяьлла шиъ-кхоъ тоба а йолуш, царна юкъа цим туьйсуш, дегайовхо луш а Москва йолуш, вайн махка и зулам ца даийта гІерташ, къахьийгира оха: Цуруев Шарипа, Амагов Доккас, Амаев Ваха-Хьаьжас, Шамсуддинов Бувайсара, ас а. Герз карахь дуьхь-дуьхьал лаьтта тобанаш куьйге яхийтар, Гезлойн-эвлара дуьйна назманаш олуш, зуькарш деш, хІора юьртара адамаш тІе а кхеташ, ЧІулга-юьрта кхаччалц Машаран болар дІадахьар, кхин дуккха а дара оха дагалаьцна. Амма и хьаьхна баьлла тІом бара. Питана даржо атта ду, и дІадерзорал.
ТІом баьлча, наха шайна хьалхавала аьлча, халкъан ополченин командир лаьттина. Халонаш, харцонаш, мацалла, шело а лайна. Іедалан ямартло, адамийн кІиллолла а гина. ТІам тІехь уггар а халаниг – хьалха тешаме Іедал, тІехьа тІетовжа бух (тыл) цахилар а ду. Нохчийн и ший а дацара. Цомгаш хилар бахьанехь, Дала валарх Іалашвира со.
ТІом дІабаьлча Куршлойн районехь дешаран декъан заведующин даржехь къахьийгира. Амма Дудаев, Масхадов а волу шераш белхалочун сий-пусар деш, алапа луш а зама яцара.
Нохчийн пачхьалкх боху идея нехан дегнашкахь дуккха а шерашна юхатоьхна цара. Юьхьанца дуьйна а церан Іалашо и яра, аьлла а хета суна. Нохчийн маршоне болам саца ца белча, вайн куьйгалле хІиттийна нах бара уьш.
ШолгІа тІом баьлча, хьалхарчу тІеман зеделларг хиларе терра, Іеха ца велира даккхийчу «патриотин» (ма-дарра аьлча авантюрни) къамелех.
Хьалхара тІом, вай оццул юхабетташехь, чубеана хиллехь, шолгІаниг – вай бахьана даьккхина беара.
Оцу хьолехь суна коьртаниг тІаме вахар ца хетара, хьайн доьзал ларбар, хьуо ларвалар, тІаьхьа богІучарна масална цу питанах лаьцна яздар а хетара.
Карарчу хенахь Куршлойн районан «Машар» газетан коьрта редактор ву со. Газетан цІе ларамаза тиллина яц. Маршоне боьду некъ Машарехула бу.

– Муьлха ю хьан кхоллараллехь коьрта тема, аьлла, шега хаьттича, яздархочо доцца элира...

– Цхьа тема билгалъяккха хала ду. Яздархочуьнца кхуьуш ю цуьнан кхолларалла а. Суна школехь волуш дуьйна хазахетара яздеш. Айса ешначу книгах, авторх лаьцна ойланаш а, цу тІехь бакъ-харц долчун барам, цо сайна бина тІеІаткъам, безамах лаьцна ойланаш...
Халкъан дийцарш дІаяздеш, ала мегар ду, шарделира сан куьг. Амма зорбанехь сан дуьххьара арадевлларш «Студентан дийцарш» дара.
ХІетахь шарахь цкъа арайолуш хиллачу гулар тІехь цхьаъ я шиъ зорба тухучу дийцарша кхоччуш схьа ца боьллура авторан, цуьнан турпалхойн а идейни, синоьздангаллийн а лехамаш.
Тахана-м дуккха а атта ду зорбане вала, книга арахеца а. ХХ-чу бІешеран 80-чу шерашкахь газетехь, журналехь а дийцарна зорба тоха Іаламат хала дара. Иза къегина, кхечара яздечунна юкъахь къаьсташ мел хили а хала дара.
Зорбанан массо а органашкахь Салтыков-Щедринан «хьикмате гІумчІара» санна, «хІумма а ма хилахьара» бохуш, корта таІІийна Іаш нах хьалха а бара, тахана а бу. Айдамиров Абузара (Дала гечдойла цунна) ма-аллара, Іедало и меттигаш ларъян хІиттош бу уьш.
Со «Студентан дийцарш» тІера волавеллера, хІунда аьлча, цу хенахь суна цул дика девзаш дахар дацара. Бералла мерза дара сан. Амма бераллах лаьцна книга язъян, цуьнан мехаллах кхета а юкъа хан йолийта еза.
Цацана чохь дама лацар санна, шераша луьтту хилларг.
Хьан дахарехь мехала хилларг эсехь дуьсу, диснарг дов. И диснарг ду дІаяздан хьакъдерг. Хьаъалц ца дуьтуш кехат тІе даьккхинчо дукха шекъа дойу. Шен дешархо лара веза. Гонорар дуьхьа мелла а дукха могІанаш яздан гІерта ХVIII-ХIХ бІешераш дІадевлла. Дала боху сийлахьчу Къуръан тІехь: «ХІорд дерриг а шекъа хилча, и шекъа чакхдаллалц ша яздича а, кхачор дацара шен дешнаш». ХІетте а, Цо адамашка доссийнарг мел кІеззиг ду! Тахана доца мел хили а мехала ду дош. Дукха книгаш язйинчу яздархойн а (В. Скотт, А. Дюма, Диккенс, Теккерей, Бальзак, Л. Толстой, Достоевский, Драйзер, Голсуорси) цІе йинарг цхьаъ-шиъ книга ю-кх.
Адаман дахарехь студентин шераш – уггар а хаза, сирла, бала, гІайгІа а йоцу хан ю. Бераллин шераш, школа а тІехьа йисина, дех-ненах, йиша-вешех къаьстина, шен нийсархойн могІарехь нехан наха юкъахь шен лаамехь веха хан. Стаг мила ву, стагах хІун доллу эццахь гучудолу. Керла гергарлонаш, керла уьйраш, баккхийчеран дуьне девза. Эскарехь санна вахчаво хьо...
Хьаннах, стеннах лаьцна яздеш хилча а, бакъдерг яздан гІиртина со. Іедало я паччахьо могуьйтур дац бохург суна дага а ца деана. Юха а хьоьжуш, ларлуш яздеш хилча, эрна къахьега а ца оьшу. Сайн йозанца со са яккха гІерташ хилча, цхьа кхин агІо лохур яра ас, банке балха вахана а. Яздархочун цІарал лакхара цхьа а чин, дарж ца хетта суна.
Эскаре вахаро керла тема еара сан кхолларалле. Амма советийн идеологица догІуш дийцарш дацара уьш а.
Хьалхара тІом балале, яздарийн ши том зорбане кечъеш, дневникех ахсов ягийна дІаехира ас. Кхечо язйича ша йоьшур йоцург зорбане ца яккхал доьналла хила деза яздархочуьнгахь.
Дневникаш юкъахь суна мехала хетарг яздархойх а, кхоллараллах а лаьцна ойланаш, тІеман шерашкахь яздинарг а ду.

– Ткъа муьлш бара хьуна дагах кхеттачу книгийн авторш аьлла, шега хаьттича, яздархочо масалш далош дийцира шен кхолларалина Іаткъам биначех лаьцна.

– Уггар хьалха фольклор эр дара ас. Цуьнан тІеІаткъам беркате бу яздархочунна, муьлххачу стагана а. Дуьненан литературехь дуккха а бу дика яздархой, адаман дахарехь тешаме накъостий хилла дІахІиттина. Хало, харцо, тІом, ямартло а лан атта хуьлу дагна, куьг тІекхочучохь дукхавезачу яздархочун книга хилча. Сина а паргІато ло. Харцо, ямартло массо а заманахь хиллий хаа хьуна. Паччахьаш паччахьаллах бухуш дуьне ма ду хІара.
Балхах воьхча ша лийр ву моьттуш хуьлу нохчи. Школан директор хуьлийла иза я завсклад. Массо а стаг орцах воккхий, белхамаш беш лелаш. Дуьненан хІуманех Іеха ца вала, балхах, даржах воьхча, тІе сингаттам, бохам беъча холча ца хІитта Іамаво хьо книгаша. Амма дерриг а Делера хиларх кхета веза. Рицкъанаш Цуьнгара ду.
Муьлха яздархой бара суна дагах кхеттарш?
Бальзак, Мопассан, Мериме, Л. Толстой, Чехов, Бунин, Д. Лондон, Хемингуэй, Фейхтвангер... Список йоккха хир ю. Царах хІораннах а дийца дукха ду.
Делахь а тахана суна нохчийн яздархойх ала лаьа.
БІешерашкахь шайн зеделларг долуш, кхиина ю европин къаьмнийн литература. Нохчийн литература ХХ-чу бІешеран юьххьехь бен зІийдигаш хеца йолаелла яц.
Цундела муххале а инзаре доккха хІума ду нохчех Халид Ошаев, СаІидбей Арсанов, Мохьмад Мамакаев, Абузар Айдамиров, СаІид Бадуев санна болу яздархой бовлар. Іилма, доккха похІма а къонахаллица цхьаьна схьадеана нохчийн яздархоша.
Бакъдерг аьлча, Бадуевга йолу юкъаметтиг цхьажимма шатайпа яра сан. Цуьнан произведенийн исбаьхьаллийн мотт Іаламат хаза, дика а хиларна везара суна иза, амма цуьнан произведенийн чулацамо, идейни маьІно а авторна дуьхьал ойла гІаттайора. Бадуевн произведенешкахь дерриг а дестийна, тІехдаьккхина ду. Шен турпалхой бовла меттиг йоцчу хьоле а хІиттабой, нохчийн гІиллакхийн, Іадатийн а хазалла гайта езачохь, нисса харцахьа а доккхий дуьйцу: гой хьуна, дешархо, и шира Іадат бахьанехь хІаллак хили-кх и хьенех, минех а, бохуш. Масалш дуккха а ду. Ворда хаьрцина бердах йоьдуш йолу шен зуда куьг лаьцна хьалайоккхуш воллучу цІийнадас, геннахь вогІуш шен дех бІаьрг кхетча, цунах бехк лоций, куьг дІа а хецна иза бердах йохуьйту. Нохчийн Іадато-м ца боху хьоьга, деца гІиллакх леладарх, зуда бердах яхийта я гІу тІехь хиъна Іаш волу кІант охьаваккха мегар дац, я да чуваьлча карара бер кхихкина хи чу кхосса. Иза я Бадуевн турпалхой ледара, эгІаза хилар ду, я Іедалан тІеІаткъам бу.
Тахана Бадуевн книгаш юха йоьшучу хенахь кхин цхьа ойла а кхоллало. «Паччахьан зама» бохуш, цо гайтина хан советан Іедалан зама хиллий-те, ма-дарра ала йиш йоцуш? Эпсарш я чиновникаш, цхьана а кепара нахаца ларам боцуш, говраш хоьхкуш, герзаш кхуьйсуш лелар а, молланийн ямартло а...
ТІаьххьарчу шерашкахь масийттаза хийцаделла Іедал. Адамийн амалш тергал йича билгалдолу: сонта, кура, аьрха, шайна массо хІума а магош леларш – керла Іедале баьхкинарш бу. ЦІеххьана карадеанчу Іедална, рицкъана а морально кийча ца хуьлу уьш. Цигара схьа ду церан эхь цахетар, нахах цабашар а.
Молла – адамийн Іер-дахарехь воцуш йиш йоцу стаг ву. Дика-вуо а цо дерзош ду, маслаІатна юкъаволуш верг а молла ву, велларг дІаверзош верг а молла ву. Бадуевн произведенешкахь долчу моллин вастах нийса кхета, тидаме эца деза, советан Іедал тІедеъанчу муьрехь Нохчийчохь шарІан суд хилла хилар.
Нагахь Іедало дин лелор дихкинчу хенахь, молла уггар а цІена стаг велахь, Іедалан балха вахча, цунах, Делан лай волчура, Іедалан лай хуьлу. Нохчийн эвлаяаш, шайхаш, цІена молланаш а хІаллакбина: чубухкуш, тоьпаш тухуш, Сибрех хьежош... Цундела таханлера нохчийн молла шатайпа стаг ву: политикин авантюрист, хьанал-хьарам ца къастош динах сискал йина, хІуманах хьожа ца йогІуш... Къеггина гучуделира и 90-чу шерашкахь, Дудаев Іедале веъча, юха Масхадов волуш а, шарІан суд юкъаяьккхича...

– Іедал, яздархо а боху хаттар ира лаьтташ ду массо а заманчохь массо а махкахь. Аттачех дац иза Нохчийчохь а. Вай лакхо хьахийна ма-хиллара, нохчийн гІараваьлла волчу яздархочо Айдамиров Абузара Кацаев Сайд-Хьасане ша яздина долчу кехат тІехь ду иштта дешнаш: «Нохчийн цхьа декъаза амал ю даима вайн халкъана зуламе, бохаме йолуш: бакъдерг ала, яздан цалаар, цадахьар. Тахана вайн къоме хIокху бохамечу хьолана бехке болчийн цIерш ца йоху вай. Мелхо а, уьш хестош меттигаш а хуьлу зорбанехь. Вайн вешан накъосташа. Уьш нажжазбан ваьшкахь доьналла дацахь, уьш хестош церан цIерш ца яха-м мегар дара вай. ТIе мел еанчу режимана хьесталуш, соьмах бохкалуш, я, шайн кIиллолла, царна хьестабеллачу нехан».
Іедал, яздархо а бохучух ойланаш йо Кацаев Сайд-Хьасана а.

– Нохчийчохь тахана а яздархошна юкъахь дІабоьдуш къовсам бу, ала мегар ду, карарчу хенахь тІамах лаьцна яздан деза я ца деза бохуш. Ши лагерь эр ду-кх вай цунах. Цхьана лагеро боху шовзткъе итт-баьІа шо даьллачул тІаьхьа бен яздан ца деза тІамах лаьцна. ШолгІа лагерехь болчара (со а цаьрца ву) боху: «Тахана долуш дерг тахана дийна болчу яздархоша, журналисташа а яздан декхар ду».
Оцу хьокъехь хьалхарчара масална Лев Толстой валаво, Наполеонца болу тІом дІабаьллачул тІаьхьа дуккха а шераш девлча язйина цо шен роман-эпопея.
Ас боху: Кавказан тІамехь ша воллушехь ма-язйина цо нохчийн, паччахьан эскаран а хилла болчу тІамах – «ТІелатар», «Хьун хьакхар», «ГІалгІазакхи». Бакъду, яздархочунна йоккха произведени язъян шераш деза тарло. Амма статья, дийцар, очерк, стихотворени язъян шераш ца оьшу... Кавказан темано дІа ца хоьцуш ваьхна Толстой. И кхелхинчул тІаьхьа зорбане яьлла «Хьаьжа-Мурд» повесть. Наполеонан тІом Толстойна гина а бац. Амма гергарчийн дагалецамаша, шен зераша а гІо дина цунна тІаьхьо эпопея язъян а.
Цундела, бІе шо даьлча бен кху тІамах лаьцна яздан ца деза боху нах, я литературан, я историн, я шайн къоман а ойла еш бац. Цара ен ойла – шаьш яздийриг бахьанехь шайна хила тарло зе я пайда бу...
БІе шо даьлча бен яздан ца деза бахар – юьстаха виса гІортар ду. Бакъдерг яздар бахьанехь шена хила тарлучу зенах, зуламах а ларвала гІортар; халкъана хІуъу хилахь а, халкъ леш даллахь а, пачхьалкх хІаллак хуьлуш елахь а, ша ларвелчахьана; бакъдерг яз ца деш ІадъІар, и тема хьеха ца еш Іадйитар, и йоцуш санна... иштта позици йолуш нах бу.
Позици ала тарлой цунах? Иллешкахь советан Іедал хестийна, цуьнан хехой лаьттина нах, и доьхча, керлачу куьйгалхойн хьадалчаш, «хьехамчаш» а хІиттира. Іедал масийттаза хийцаделла цул тІаьхьа а. Юха а изза нах тІе мел деанчу Іедалан верасаш, «тешаме белхахой» а хуьлу. Уьш бу Абузара буьйцурш. Коьрте веъ-веанчух лаьцна, я церан цІарах книгаш язйийриш. Яздархо, поэт, журналист а Іедалан лай я верас хила везаш вац, халкъан лай, верас а хила веза. Бакъду кхин цхьа хІума а, Іедал кху чохь муьлххург хилча, оцу нехан шайн «дай» бу, царна болх беш уьш а бу.
Ас сайт схьаелларан бахьана а, тахана сайн книгаш арахеца аьтто цахилар а, Нохчийчохь журналашкахь царна зорба тоха редакторш цахІиттар а дара. Оцу ас буьйцучу нехан карахь ду тахана а журналаш...
Карарчу хенахь дуьненчухула баьржина дуккха а бу нохчий. Царна юкъахь кІеззиг хир бац сан дог-ойла ерш а. Шен дагахь дерг кхечо яздина карийча паргІатволу стаг. Муьлхха а произведени хаза муха хеташ ю? ХІара дар-кха суна ала лууш дерг, хІара ду-кх бакъдерг аьлла, книга йоьшучу хенахь хетий, иза оцу книган лаккхара мах хадабар ду.
Наггахь волу ахь дечух нийса ца кхеташ верг а. Масех шо хьалха Нохчийчохь «Единая Россия» партин региональни декъо а, яздархойн Союзо а литературни конкурс кхайкхийра поэзехь, прозехь, публицистикехь а. Поэзехь 1-ра меттиг Цуруев Шарипа баьккхира, прозехь – ас.
Цу хьокъехь «вайн вежарша» интернет чохь яздинарг хІун дара? Ичкерин Іедал долуш цхьаъ хьехархойн училищан директор хилла ву, важа – районан дешаран декъан заведующи. ХІинца дехьа лагере ваьлла. Масала, Кацаевн дийцар чакхдолуш йоІа шен дега хьуьнчура цІаверзар доьху: «Дада, цІаволахь, вайна ца оьшура хІара тІом».
Дехьа ца иккхина, сехьа ца иккхина. Халкъаца хилла, тахана а ву. Сайна хІора баттахь алапа лур ду баьхнашехь, «Единая Россия» парте а ца ваьлла со. Хала хан а яра и. Ахча сов а дацара суна. Нах, цхьацца аьттонаш лоьхуш, буьйлура цу парте. Іедал агІор болчу кхерамах ларбалархьама а.
Цхьана хенахь НР-н вице-премьер, зорбанан, хаамийн а министр волчу Бислан Гантемировс шега: «Хьо Ичкерехь болх бина ву», – аьлча, Шарипа: «Ву, – аьллера, – шу Москвахь, кхечахьа а квартираш ю, даьхнеш ду. Шу шайна ма-лиъина схьадогІу, дІадоьлху. Тхо цІахь ца Іийча ца довлу. Нохчийчохь муьлхха Іедал хилча а хьехархочун, журналистан а белхаш бийр бу оха».
Буха шен цІе язъян а ца хІуттуш волчу интернетхочо ала дезарг хІун дара, соьга хаьттича?
– ЦхьамогІа дийцаршкахь, статьяшкахь а («Машар», «Теш», «Яздархо, тІом а», «Маршонах лаьцна») Кацаев Сайд-Хьасана гайтина вайн къомо лайна бала, къизалла а. Ша цІахь Іаш воллушехь (буса шайн чура нах тІепаза бов хан ю и), иза дика ваьхьна и ма-дарра яздан. Европехь, Турцехь а Іаш долчу вай а (кхераме доццушехь) ца яздина цаьрга кхочуш дийцарш я статьяш а.
Шарипах лаьцна аьлча...
Нохчийн литературан исторе бІаьрг тоьхча, дуккха а тоьлла поэташ карабо вайна: Іаьрби Мамакаев, Мохьмад-Салахь Гадаев, Шайхи Арсанукаев, Мохьмад Дикаев, ШахІид Рашидов, Іабдул-Хьамид Хатуев, Леча Абдулаев, Апти Бисултанов... Ас хазахеташ йоьшу церан книгаш, марзо оьцу поэтически говзаллах. Бакъдолуш, меттан охІланчаш бу уьш. Амма со поэт хилча... Цуруев Шарипа санна стихаш язъян лаара суна. Шеко йоцуш, вайн къоман поэзин лакхе ю цуьнан кхолларалла!
Тхуна дика девза вовшийн. ЧІагІдина ала йиш ю сан: и санна къонахчун, патриотан а дог-ойла йолуш дукха поэташ ца хилла вайн махкахь, махкал арахьа а.
Яздархо хиларо халкъана хьалха декхаре во стаг. Нохчийн санна шайн аз дІахазийта цкъа а аьтто ца хиллачу къоман яздархо-м муххале а. Маьрша хенахь шен халкъан диканах вехаш, зовкх а хьоьгуш, халкъана тІе бала беъча цуьнан цІарах дош ала а хьуьнар доцуш волу яздархо, поэт а тІаьхьа тІе йогІучу замано юьстах кхуссур ву. Яздархо, Поэт – сийлахь цІе хилла ца Іа, и деза дукъ ду, хьаьнг-хьаьнгга а дахьа ца луш.
Гуттар а безамах лаьцна, я, хьалха ма-аллара, производственни романаш язъярх а, кхачо яц. Уьш шаьш кхоьллина заманца йов. Іедало хестош, яздархошна стенах лаьцна, муха яздан деза, бохуш, хьехамаш беш кхиош йолу литература, и Іедал хийца ма-деллина, дІайолуш ю. Масала, советийн литературах хІун йиси? Кхо-йиъ цІе...
Цундела Іедал, яздархо а бІостанехьа кхетамаш бу. Наггахь бен, оцу яздархочун ирсана, нислуш дац и шиъ – яздархо, Іедал а – цхьана хоршахь, параллельно схьадогІуш. Дукха хьолахь и шиъ дуьхь-дуьхьал ду.

– Кацаев Сайд-Хьасан дуьххьарлера нохчийн яздархо ву, ала мегар ду, мелла а хьул ца деш божарийн а, зударийн а юкъаметтигаш шен кхоллараллехь гойтуш верг.

– Божарийн, зударийн а юкъаметтиг дуьненан ерриг а литературехь ю. Бадуевн кхоллараллехь зуда гІийла, цхьа а бакъо йоцуш, стага тІехь хІуъа а кхолла, ницкъ бан а йиш йолуш пекъар ю. Окуев Шимин романашкахь зудчун васт кхечу агІор ду. Иза къуй-обаргийн некъа-накъост ю.
Нагахь Бадуевс кхоьллина зударийн цхьадолу васташ Іаьрбийн фольклорера делахь, Окуевс гайтина «маршо яьлла» зударий гучубевлира вайн махкахь ЛабазановгІеран тобанаш юьйлаелча. Іедал доьхна, адам вовшашца эвхьаза даьлла зама яра и, новкъа воьддушехь, котаман меха ца хеташ, тухий маьрша стаг вуьйш. Оцу нахаца хазачу машенашкахь хуьлура кечделла къона зудабераш. Робин Гуд ву ша аьлла, цхьа зуламхо араваьлчахьана, тІаьхьахІитта къуй, кхахьпанаш а массо а заманахь, массо халкъа юкъахь а карадо...
Вайна юкъахь товш дац, ас тІех эвхьаза яздо, аьлла хетарш а бара.
Тахана кху махкахь дерг хІун ду? Хьехархошна, молланашна а тІера муфтийна, президентана а тІе кхаччалц телевиденехь, массо гуламехь, маьждигехь, школехь а беш хьехамаш бу цІена хила, къинош ма летаде, зударшца хьарам юкъаметтигаш ма лелае, бохуш. Яьржина ю наркомани, тайп-тайпана вуо ун долу цамгарш а...
Дуьххьара нохчийн литературехь 80-гІа шерашкахь билгалдаьккхира и дерриг а. Юкъаралло, Іедало а берриг тІом яздархочуьнца а ца беш, цо гайтина сакхташ дІадахарна тІехь бинехь, и кху тІе деана ца хила а тарлора.
Халахеташ делахь а, дешар, культура а тІехьа теттина хилла вайн къоман, материальни кхачо хьалха а яьккхина.
Халкъ долчара къам а хилла вай дІахитта лууш делахь,  шеконаш Іадйитина, школаш нохчийн матте яха еза, культура кхио еза.
Культура – и хелхар дац, эшар яц. Хелхар, эшар а культуран дакъош ду. Культура, академик Дмитрий Лихачевс ма-аллара, – и, уггар а хьалха, Дош ду.
И Дош шен ненан маттахь хьеха деза школе деанчу берана. Шен маттахь Іамо деза гІиллакх, оьздангалла, Iилма а. ТІаккха божаберах вуьззина къонах кхуьур ву, зудаберах – мехкан оьзда йоІ.
Поэт Некрасовс аьлла: «Поэт хьоьх цахиларх дац хьуна хІумма а, ва амма мехкан кІант хила ву декхар».
Вайн декхар ду – Нохчийн мехкан гражданаш кхиор.
Стагах поэт, яздархо а цахиларх хІумма а дац, стаг хилчахьана. Къонах массарна а оьшу. Стаг воцчух цхьаммо а дан хІума дац. Стагах къонах хила йиш яц, цунна шен мотт ца хаахь, беза а ца безахь, шен бераша и Іамо а, бийца а ца лаахь.
Кхузахь цхьа масал дало лаьа суна.
Нохчийн меттан Де даздечу кхайкхина долу тхо, спискашца чудуьтуш дара. Суна хьалха лаьтташ НР-н халкъан яздархо вара. «Фамили хІун ю хьан?» – хаьттира цуьнга милцочо. Са-сайх эхь хийтира суна. Цуьнан суьрташ, произведенеш школьни массо а Іамат тІехь ю.
Оццу милцочунна, фамили хетта а ца оьшуш, муьлхха районан куьйгалхо, министраш, кхиболу хьаькамаш а, цкъа а шен гІуллакх хилла дацахь а, юьхь дуьхьал бевза, ала ваьхьар вара со.
Нохчийн дакъазалла ю и.
Тахана дерриг дуьне цецдаьлла ду Китайн экономикин кхиамех. Есачу меттехь хилла дац и. АтталгІа ширачу Китайхь, Японехь а стаг цхьана дарже хІоттавале цуьнга экзаменаш йолуьйтуш хилла. Говза сочинени, стихаш язъян хаар а лаккхара лоруш хилла. Хьекъале, доьналле а хьаьжжина хІоттош хилла дарже а.
Китайн цхьана философа аьлла, ахча а эцна стаг балха хІоттош волчу хьаькамах цецволу ша. ХІордан кеман капитан муха хир вара, шена кхаъ белча команде мил-милла а схьаоьцуш хилча? Цаьрца кхераме гена некъ бан безаш ву иза. ХІорд ловзабалахь хІун дийр ду цара, цхьанне а хІумма а хууш ца хилча?
Цундела стаг балха хІоттавар ахчанца-бохчанца я гергарлонашца а доцуш, цуьнан хьекъале, доьналле а хьаьжжина хила деза.
Вайх къам маца хир ду?
Іедал яздархочун сий дан Іаьмча.
Яздархо нахана юьхьдуьхьал вовза воьлча.
Дерриг а долало ненан мотт Іамор тІера!

– Яздархочуьнца Кацаев Сайд-Хьасанца къамел дерзош, ас хаьттира цуьнга: «Саццаза доьлхуш долчу тІемаша деанчу зуламех уггаре кІоршаме зулам муьлханиг хета хьуна?» – аьлла.

– ХІокху тІемаша вайна дукха бохамаш беа. БІенаш эзарнаш адамаш дайи, дІадолла дакъа карийнарг санехь а волуш, дукха кегийрхой, зудабераш а тІепаза дай, иттаннаш шерашкахь наха вовшах биттина бахамаш, гІишлош хІаллакьхили. Дуьне мадду даьржи нохчийн халкъ.
Замано дерриг дІадерзадо: гІишло юха йо, велларг а дІавуллу, вайн фольклорехь билгал ма-даккхара, барз тІе буц яьлча халахетар дицло, я шен доьзал кхиъча, я кхин хазахетар хилча...
Уггар новкъа дерг тІекхуьуш долу чкъор хІокху тІемаша шайн бух тІера, шайн туьшара дохийна хилар ду. Хьанах теша веза цахаар я цхьаннах а цатешар – и ду доьхнарг. Цундела бу нохчийн кегийрхой тахана а хьуьнчу дІабоьлхуш...
Яздархочун доккха дакъа ду, гІиллакхах, оьздангаллах ца дохуьйтуш, адамна шен хоршахь дІанисдала гІодарехь, адам шен орамаш тІе юхадерзорехь а.
Стаг бусалба, керста а я кхечу динехь хилар, дукха хьолахь, оцу стагах доьзна дац. Дала иза дуьненчу ваьккхинчу махках, пачхьалкхах, цуьнан да-нана муьлхачу динехь хилла бохучух доьзна ду. Уггар коьртаниг, суна схьахетарехь, стаг иманехь хилар ду.
Стаг керста я жуьгтийн динехь хиларх, Дела цхьаъ веш хилчахьана, иманехь лара веза. Амма, бусулба велахь а, иман доцуш хила а тарло. Бусалба ду шаьш бохуш, иман доцчу наха беана бу вайна-м таханлера берриг а бохамаш.
Дала Къуръана тІехь бохург харц хила йиш яц.
ХІора къоме жоп доьхур ду Ша, царна бахкийтинчу пайхамарша тІедиллинчуьнца. Хьо жуьгтийн динехь я керста, я бусалба велахь, Дала бохучунна тІехь, иманехь а велахь, хьо ялсамане гІур ву аьлла ду.
Иман хилар хІун ду?
Дела цхьаъ вар. Делах кхерар.
Дала боху Сийлахьчу Къуръан тІехь: «Баккъалла а, Далла гергахь шух уггар сийлахь верг – Делах кхоьруш верг ву-кх».
Цундела дин, вирдаш, тайпанаш а ца къуьйсуш, вайн къам иманехь нисдала деза, аьлла хета суна.

– ХІара программа дІаерзош дало лаьа Айдамиров Абузара Кацаев Сайд-Хьасане яздинчу кехата тІера дешнаш: «Сайд-Хьасан, ахь хьайн дош аьлла. ХІинца хьан бакъо ю оцу вайн дукхахболу накъостий санна безамах, Іаламах лаьцна, хІокху тІамах лаьцна дош а ца олуш, кхидерг хІуъу а яздан».
Цу дешнашна жоьпаллехь хетта ша яздархочунна Кацаев Сайд-Хьасанна а.
2010