Шийла гуьйре

Рассвет 2
Можа гIаш хьийзаш Iена,
ЦIийзаш догIу шийла догIа
Цуьнца ийна леда сан
БIаьрхиш.
Хьо дIавахна
Гуьйренан шелонна къийла
Со - со а йитина
Кхайкхарах ца хезаш,
Хьо паналле вели.

Йис йиллина чахчийна
Буц санна,
Дахаро чехош,
Эга гIаш санна
Яьржина ойланаш,
Безамо багийна,
Лазийна кийра,
Доьлху дог хIун аьлла
Теде ас хIинца?

ТIулг хилла лаьтта
Со догIанехь,
Догу дог яьллачу цIергахь.
ГIа доьжна дитт санна,
Накъост а воцуш
Со цхьалха йисна.

Ас Деле доIанца кхойкху
Ницкъ лолахь суна,
Мо боцуш чевнаш сан
Ахь ерзаелахь,
Халонаш эгаеш дахарехь
Шера некъ лолахь.

Мохо ловзош
ГIaш эга гIийла...