Нанна сагатло

Рассвет 2
Iуьйре йогIу, гIайгIа йохьуш
Суьйре йогIу, гIайгIа йохьуш
Ас сатуьйсу хиндоцчуьнга
Юхайоьхуш Деле хьо.

Ма еана елара хаза Iуьйре,
Ма кхетта белар дашо малх.
Сан дог доьлхуш, карзахдуьйлу
Йинчу нанна сагатло.

Дависа нана, йиш еларкха
Доггах маракъовла хьо,
Сай са дала реза яра
Цхьа сахьт хьоьца дIадахьа.

Шийла кхаъца еара суьйре,
Дог цатешаш хIинца ду...
Хилларг хIун ду хаац суна
Амма ненах ели со.

Ма йолахьа хаза суьйре,
Хьоьца бала базло сан.
Дуьхьал хIуьтту ненан суьрташ,
БIаьргаш даьлханза ца Iа.

Йоьлхуш леларна, сан Нана
Баьхк ахь суна ма билла
Къурдаш кийрахь, хорам хилла -
Лазадаьлла жима дог.