Со - м ехар ю

Рассвет 2
Со - м ехар ю
Ца хилча санна,
Сай безам цкъа а.
Хьан юьхь сиббат
Дицдир ду,
Ца гича санна.
Коьртера йохур ю
Хьоьха йолу ойланаш,
Даге эра ду-
Вицве и хIинца.
Дуьцучу хазачу
Хабаро Iехийна,
БIаьрги алуно
Тила а йина,
Безаман цIе
Соьха кхарстийна,
Кхечуьнца дагар
Хьо дуьйцуш хилла.
Со - м лела тахана
Дог эшна гIийла,
Къайла а йуьлуш,
БIаьрхиш Iенош,
Теда гIерташ
Доьхна сан дог.
Тахана хьо лела
Курачу ойланца,
Ирсе а воьлуш,
Керлачу безамах
Дуьзна хьан дог.
Хаалахь хьомениг
ЙогIур ю зама,
Ас лайна бала
Хьоьга а кхочур бу.
Со тIакха йогIур ю
Хьуна дага...
Амма, и хир ду
Дукха тIаьхьа.