Нанна лерина

Рассвет 2
Малхбалехьа
Со яларах,
Малхбузехьа
Со яларах,
Дуьне мел ду
Го тийсарах,
Йиш халлалц
Мохь беттарах
Йина Нана
Ца кари...

........................................................

Дуьнена йисте
Со гIура ма яра
Цигахь, сай нана
Гур юй хиъча.

.........................................................

Массех шо даьлла
Вай вовшех доьвла.
Дикка хан яьлла
Вай вовши ганза.
Юха, хьо йогIур
Йоци хаьа,
Амма сатуьйсу
Хьоьга Нана.

......................................................

И сийна стигланаш
ХIунда кхоьллина - те?
И Iаьржа латтанаш
ХIунда кхоьллина - те?
Дуьненчу со Везандела
ХIунда кхоьллина - те?
Сел хьалхе ненах
Къастор хилча.