М-С. Гадаев. Даим со хьегначу ЦIен-Берде гIой...

Асламбек Гайтукаев
   Магомед-Салах Гадаев (1909 – 1972) - известный чеченский поэт, прозаик, драматург и переводчик, автор многих научных работ по астрономии и философии. Родился он в с. Чурч-Ирзе Ножай-Юртовского района Чеченской Республики. В труднейших условиях жизни он создал удивительно прекрасные стихи, многие из которых стали народными.

   Вице-президент Академии наук Чеченской Республики, профессор, доктор физико-математических наук Райком Хасимханович Дадашев сказал: «В свои 63 года жизни Магомед-Салах Гадаев более двадцати лет провел в тюрьмах. Из них 6 лет в колонии особого режима, полгода – в камере смертников. И в этих условиях, когда, казалось, практически невозможно работать, он творил, писал, причем, писал великолепно…»

   М-С. Гадаев перевел на чеченский язык произведения А. Пушкина, М. Лермонтова,
Н. Некрасова, Ф. Тютчева, И. Крылова, Н. Асеева, Д. Бедного, С. Михалкова,
М. Исаковского, С. Маршака, Н. Тихонова, С. Шипачева, Я. Коласа, С. Чиковани,
Л. Квитко и др.

   1. «Рег1ара поп» бакъабеллехь а, цунна гонах хьалакхуьуш синтарш ду…
(Гадаев Мухьмад-Селахь – цуьнан гергарчийн, вевзинчийн дагалецамашкахь)

   Лечкъийна а х1ун дийр ду, т1аьххьалц ч1ог1а к1еззиг хаьара вайна г1араваьлла вевзаш волчу йаздархочун Гадаевн дахарх, цо шена хьалха х1иттийначу 1алашонех лаьцна. Зорбане йевлла цуьнан говзарш йоцурш, цунах лаьцна кхин масех хаам бен, х1умма хууш дацара.

   Гуьмсан к1оштарчу къаночо Шамаев Г1азис ткъех шо хьалха дийцира, вайнах Сибрех бахийтале хьалха ишколашна йазйинчу киншкаш т1ехь Гадаевн байташ йара, уьш шаьш 1ама а йора, иза цу хенахь а г1араваьлла поэт вара аьлла.

   Гуьмсехь коьрта библиотекарь йолчу Бацацаева Яхас дагалоьцура йаздархочун вешица Сайд-1альвица к1оштан барамехь хилла цхьаьнакхетар а, цо цигахь аьлларг а.  Сайд-1альвис дийцинера: «Шен дахаран т1аьххьара миноташ т1ех1иттинчу хенахь, ши пхьарс а лаций ша охьахааве аьлла (оццул вочу хьолехь волушшехь) ша охьахаавайтира Мухьмад-Селахьа, меттахь вахвелла вижина а волуш д1акхалхар ледаро ма хета шена, аьлла…»

   Ишхой-Йуьртарчу Исрапилов Салмана даладора шена шен дас Джабраила дуьйцуш хезнарг: «Лаьцна волу со Мухьмад-Селахьца цхьана чохь нисвеллера. Доккха хьекъал долуш стаг вара иза. Набахте йолчу к1оштан куьйгалхо, ша кхочушбечу 1едалан балха т1ехь халуо киртиг шена т1ех1оьттича, лаьцна волчу М-С. Гадаевх дагавала вог1ура…»

   Мухьмад-Селахьах, цуьнан гергарлонех, дахаран т1аьххьарчу шерашца доьзнарг хаархьама, масех шо хьалха тхо хилира (соьца вара хьехархо, поэт Хамерзаев Заурбек) Нажи-Йуьртахь а, Чуьрчу-Ирзехь а. Воккхачу йаздархочун гергарчу наха шайн иэсехь къаьсттина лерина 1алашдеш хиллера цуьнан г1иллакхаш, амалш, кхиамаш, ткъа иштта кхочушйан аьтто ца баьллачу 1алашонех доьзнарг а.
 
   Албеков Нурадди Чуьрчу-Ирзерчу йуккъерчу ишколан хьехархо ву. Ахб1е шо сов хан йу цуо дешаран хьаьрмахь къахьоьгу. Мухьмад-Селахьах лаьцна Нураддис иштта элира:
 "Тхан дененан ваша ларалуш вара иза. Иза лаьцна волчу хенахь (60-чу шерашкахь) тетрадан 4 аг1о д1алоцуш кехат йаздира ас Мухьмад-Селахье, вайн махкара дешаран г1уллакхаш  дуьйцуш. Цо жоп даийтира, шена йукъахь «Деха шераш» аьлла байт йолуш. Х1инца а дагахь хаьа суна цу т1ера х1ара мог1анаш:

Ассаламу 1алейкум, сан йуьртахой,
Шуьга сан даггара маршалла ду.
Суьйренца, 1уьйренца вайн ойлайай,
Кийрахь дог 1овжадай, лахлуш со ву.

Доьг1на ца хиллера вайна вовшийн
Дахаран баланехь марзо эца,
Тобанехь лекхаза эшарш а тайна,
Баланаш бицбина, когаша лоьцу…

   Мухьмад-Селахьан вешина Сайд-1альвина дийшира ас и кехат. Б1аьргех хиш девлира цуьнан. Маь1нех мелла а йуххера кхета хьожуш, йух-йуха а дийцаре дора оха цу т1ера йозанаш. Т1аккха мелла а б1аьрла схьагора цуьнан г1ийла дахар, лайна баланаш, цунна т1ехь дина та1зарш.

   Кху йуьртана 1,5 километр бен гена йоцчу (цо шен байташкахь йийцинчу) «Ц1ен-Берд» олучу меттехь 1ийна бу Гадаевг1ар. Оцу меттехь «т1улг бог1арций, берд бахьарций,  б1аьста-гурахь цига дахана дог дастарций» а доьзна весеташ дина д1авахана иза. Ницкъ кхочучу кепара уьш кхочушдеш схьадог1уш а ду тхо - цуьнан гергара нах, йуьртахой.

   Ц1ен-Бердера охьабахана, Теркайистехь, Дагестанерчу Эдал-Отарахь, Гуьмсан к1оштарчу Лаха Гезлой-Эвлахь баьхна Гадаевг1ар.

   Мухьмад-Селахьан амалх, г1уллакхех лаьцна эр дара ас цхьажимма. Йоккха адамалла йолуш, хьекъал долуш, бартана сиха а, майра а стаг вара иза, нохчийн сий лардеш х1аллакьхир волуш а вара. Нохчичо нохчичуьнга х1ума аьлча ца магара Мухьмад-Селахь. «Тарлойша, девнаш ма дейша, т1ехбеттамаш ма бейша, бертахь хилийша, кхин х1умма а ца хилча, нохчий дац вай!» – олура цо.

   Лаьцначуьра ц1а веанчу хенахь цомгуш хилира иза. Тхан да сих-сиха т1аьхьавоьдура цунна. Дан дезаш дуккха х1уманаш диси шен, (Сийлахьчо шена делларг к1езиг доцудела)  уьш кхочушдан аьтто бар Деле деха эхь хета-кх шена, олуш хилла Мухьмад-Селахьа шен т1аьхьарчу деношкахь. 1972-чу шеран декабран 22-чу дийнахь д1акхелхира иза. Арахь к1орга диллина ло дара цу дийнахь.

   Мухьмад-Селахьа шен байтехь бийцина «андийн шен орамаш рег1ах д1атесна, зоьртала а, шега хьежна б1аьрг белийна а, наьрт санна а» болу рег1ара поп, мел халахеташ делахь а, бакъабели, амма цунна гонах (цуьнан орамаш т1ера) хьалакхуьуш 1аламат дукха синтарш, марг1алш ду!!!

   Х1окху йуьртана ч1ог1а ийшира иза. Дан дагалаьцначех дуккха г1уллакхаш кхочушдаза дисира цуьнан. Оха ч1ог1а к1езиг пайдаийцира цунах…"

   Меттигерчу ишколехь тхан хиллачу цхьаьнакхетарехь Мухьмад-Селахьах болу хаамаш т1ебуьзира цуьнан вешин к1анта Гадаев Арсена:

   "Аша хоьттуш хиларна, тхайн ц1ийнах, йиша-вешех лаьцна дуьйцур ду ас цхьажимма. Билта ц1е йолчу йуьртара схьабог1уш бу тхан ц1ийнан орам. Г1ада хилла тхан деден ц1е. Хьамид, Г1уда, Элса ц1ераш йолуш вежарий хилла цуьнан. Г1адин ши доьзалхо хилла: Мухьмад-Селаххьий, Сайд-1альвий (шолг1ачун кхалхар хилла 2002-чу шарахь).

   Усманов 1имранан да а Мухьмад-Селахьан шича вара. Казбек ц1е йолуш к1ант вара Мухьмад-Селахьан. Иза а д1акхелхина. Казбекан шина к1антах а цхьаъ бен дийна вац. Иза вайн республикал арахь вехаш ву.

   1972-чу шеран августан 1-чу дийнахь ша лаьцначуьра ц1а веанчул т1аьхьа (цхьа-ши бутт боцург) шен дахаран йерриг йисина хан тхан к1оштарчу больницехь йаьккхина Мухьмад-Селахьа. Кху ц1ахь кхеттера цунна и шелонан цамгар. Дика хьовсуш лоьраш бара, кхунна шенна къастийна чоь а йеллера, амма 1ожаллийца къийса йиш йацара. Нураддис шен къамелехь иза билгалдаьккхира ма-хиллара, Деле шена деха эхь хета, хьалха ша дехнарг Цуо шена делла, амма кхин а цхьана шарахь 1ожалло собар дахь, болх бан аьтто болуш а ша хилахь, цхьацца г1уллакхаш чекхдаха хьожур ву ша, олура цо.

   Оцу 1алашонашна йукъахь (кхоллараллин балхаца доьзна доцурш) – шен чоьтах йуьрта хи далор, некъ биллийтар, ткъа иштта долийна долу шен ц1енош чекхдахар, кхидолу г1уллакхаш кхочушдар а дара цуьнан. Доцца аьлча, ц1ена нигаташ дара уьш дерриге а.

   Бакъду, Мухьмад-Селахьан весеташ (ницкъ кхочучу кепара) кхочушдина. Кхузахь суна ц1е йаккха лаьа тхайн йуьртахочун Саидов Нажмуддин. Г1ебартойн-Балкхаройн Республикера бан а беана, йозаллин барам 6 тонна болу ц1ечу мармаран (мрамор) т1улг д1абог1ийтира цо, Мухьмад-Селахьан чуртана аьлла. Тайп-тайпанчу меттигашкара деана ораматаш д1адийна тхан дешархоша Ц1ен-Бердехь…"

   Нажи-Йуьртара №3 йолу йуккъера ишкол йаздархочун ц1е лелош йу аьлла хезна, оццу дийнахь цига а кхечира тхо. Ахматханов 1илмана тхуна гайтира х1инцца кечйан йолийна ала мегар долу М-С. Гадаевн ц1арахчу музейн чоь. Цу чохь дара: йаздархочун сурт, «Ц1ен-Бердехь» долчу чуртан бустам (копия), Гадаевн хилла чамда а, календарана бухайуьллург а (подставка под календарь), вайн нохчийн къоман духарца, дахарца доьзна цхьацца билгалонаш-тоьшаллаш…

   Ахматхановс  тхуна доцца дийцира:
 "Сан дешича вара Гадаев Мухьмад-Селахь. Шуьнехь а(йууш-молуш 1ачохь), шен духарца-леларца а 1аламат оьзда стаг вара иза. Арахь хатт хиларх, бедарш-м хьовха, мачин айраш ца бехдеш г1аш д1асавоьдура Мухьмад-Селахь. Уггар мехалчех бахам – могашалла - йацара цуьнан шен дахаран т1аьххьарчу беттанашкахь. Цамгар бахьанехь дуккха баланаш лайна цо, кхочушдаза г1уллакхаш дисна…"

   Гадаев Мухьмад-Селахьах лаьцна йаздан 1алашонца тхо арадовлар бахьанехь баркалла бохура йаздархочун гергарчара а, йуьртахоша а. Мухьмад-Селахьан х1ора вина де а, цо весеташкахь ма-аллара, билгалдоккху бохуш, дийцира цара. 1аламан хьелаш бахьанехь (тхо Чуьрчу-Ирзе кхачале хьалхарчу деношкахь йочанаш хиллера кхузахь) Ц1ен-Берде ца кхачаделира тхо оцу дийнахь. Машенаца хьовха, г1аш а ца вахало цига арахь хатт болчу хенахь.

   Оцу меттигна т1ебоьдуш (жаг1ин хилла а) некъ хиларе сатесна а бу кхузара нах. Амма, шеко йоцуш, цхьаъ ду Чуьрчу-Ирзерчу бахархошкахь: шайн юьртара схьаваьллачу воккхачу яздархочух ц1енчу даггара дозалла дар а, «дог-мерза гул а луш», ларамечу юьртахочун весеташ доггах кхочушдар а.

   2. М-С. Гадаевн кхоллараллах масех дош


   Доккха хилла Дала Гадаевна делла пох1ма, цуьнан кхоллам хала хиллехь а. Иза говза, ира дош ала а, хьанала къахьега а, халкъана, махкана доггах дика г1уллакхаш дан а ваийтина хилла Дала кху Лаьтта т1е.

   1909-чу шеран декабрехь Нажи-Юьртан к1оштарчу Чуьрчу-Ирзехь вина Гадаев. Иза  ваьхна 63 шарахь. Нохчий Сибрех бахийтале хьалха ишколехь доьшуш хиллачарна тахана а дагайог1у тохара шаьш 1амийна йолу оцу яздархочун говзарш. Барта йоьшуш-евзаш а хилла цуьнан дуккха а байташ.

   Гадаев Мухьмад-Селахьа (коьртачу декъана) къахьегна поэзехь, прозехь. Яздархочо лийрйоцу говзарш кхоьллина. Хийла т1едог1учу чкъурана синкхача а хуьлуш дехар ду Мухьмад-Селахьа, «х1иттинчу б1аьргаш чу сирла хиш дуьссуш», яздина мог1анаш. Литературин мах хуучара билгалдоккхуш ма-хиллара, цуьнан «Даймахке сатийсар» а, «Ц1ен-Берд» а ц1ерш йолу ши байт тоьур яра поэт даима а лара (цо кхин х1умма а язйина ца хилча а).

   Т1ехбезначу Даймахках, «бераллехь хьийзинчу даккъех», «ламанан аренех, бошмех, хьаннех, тог1енех, 1аннех, сирлачу шовданех, хьомсарчу ков-кертех, дайн кешнех» баьхначу нохчех х1ораннан а дагахь дерг - сов говза, исбаьхьа гайтина автора шен «Даймахке сатийсар» ц1е йолчу байтехь. Дагаев Валида а, Джабраилов Турпала а иллин мукъамехь д1ааьлла долу и дешнаш дерриге халкъан даг чу дийшина. Иза x1opa нохчичо шен махке тийсина са ду:

...Тезетахь техкаш го
вайн бошмаш, хьаннаш,
Г1айг1анех юьзна го
тог1енаш, 1аннаш,
Дайн кешнаш доьхначохь
упханийн аннаш,
Хьулдан да воцуш го,
язал жалала…

   «Ц1ен-Берд» байт лара мегар ду цхьа шатайпа жовх1ар. Стаг дуьнен т1е валар, цуьнан вахар, валар – уьш, хилаза ца довлуш, т1ех1уьттуш х1уманаш ду. Амма дахарх къаьстачунна лууш дерг: уьйраша ша виц ца вар, бисинарш, дог-мерза гул а луш, деган хьу йостуш хилар – Гадаев Мухьмад-Селахьа гайтина сингаттамечу, амма цхьа тамашийна дог тохадолуьйтучу дешнийн эшарца, мукъамца:

1ожалло 1ехаво, оьций д1ахьой,
Ял йоцуш вирзинарг, лар йоцуш вов.
Уьйрашна вицвелчахь, Далла а вицлой,
Базло, бах, лахьти чохь  упханан тхов...

Даим со хьегначу Ц1ен-Берде г1ой,
Цуьнга б1аьрг  тохалаш, аьтто хилахь.
Цигахь диънера ас бераллин той,
Цигахь лиънера сайн чурт а, дагахь…

   Дахаран маь1нин ойла йойтуш, оцу йоцачу хенан т1алам баре кхойкхуш хета Мухьмад-Селахьан поэзи. Цуьнан 1аламах лаьцна йолчу стихаша деккъа вайн мехкан 1аламан сурт х1оттийна ца 1аш, моз санна марздо и 1алам («Орцара г1ов», «Дарта», «Гуьйренан зезаг», «Дорцан марха»...), стаг оцу суьрташа «къиза хьовза а во», даккхийчу г1уллакхашка д1а а кхойкху.

   Гадаевн безаман лирикех а, цо берашна язйинчу стихех а къаьсстина яздан дог1ура. Ойлайийр вай кху мог1анийн, цара гойтучу синц1еналлин:

К1ордор-м дацара
Хьан б1аьра хьежа,
К1ад а лур вацара
Хьан дашна къежа.

Со ловзар дохале,
Д1авахара ваьлла:
Хьо хьалхе д1аяхчахь,
Лалур дац, аьлла…

   Гадаев Мухьмад-Селахьа дог догуш «1енийна» назманаш еша дешархой кхиор а, цуьнан кхоллараллин тайп-тайпана аг1онаш вайн 1илманчаша леррина таллар а оьшу вайна. Иза хир дара вай цуьнан «метта б1аьрг тохар», яздархочун «берд» боккъалла а «хьастар».

   
   3. Гадаев Мохьмад-Салахьан дахар а, кхолларалла а мелла а шуьйра довзуьйтучу шина  тептаран чулацамах лаьцна.
 
   Республикин Iилманийн академино «Нохчийн Республикин къаьмнийн синкхачанан жайна» могIарехь арахецна мехала ши жайна: Гадаев Мохьмад-Салахь «Безамна бIарлагIа» (I том); Гадаев Мохьмад-Салахь «Синлехамаш» (II том).

   Хьалхарчу жайно юкъалаьцна хIара белхаш:

   1.Дешхьалхе.

   2.Дадашев Райком, Бурчаев Хьаьлим «Ойланаш кхерстинарг заманех чекх» (статья).

   3.Цуруев Шарип «Гадаев Мохьмад-Салахь – нохчийн поэт а, къонах а» (статья).

   4.Поэтан байташ (царах ворхI – берашна лерина ю).

   5.Поэмаш: «Тоьпан тата», «Воккхачу стеган къамел», «Некъаза безам», «Балхам», «Попаца къамел», «Кехаташкахь поэма», «Партизанаш», «Буьйсанан бере» (поэми тIера).

   6.Повесташ, дийцарш: «Гуржи» (повесть), «Вер-витар» (хьалха лелларш), «Нус», «Догдоцург», «Ирча суьрташ», «Шираниг а, керланиг а», «Безаман ницкъ».

   7.ТIаьххьара ойланаш.

   8.Бурчаев Хьаьлим «Гадаев Мохьмад-Салахьан меттан дошам».

                ШолгIа жайна:

   1. Р.Х. Дадашев, А.Д. Кусаев «Жестокая судьба».

   2. Э. Мамакаев «Гадаев Мохьмад-Салахьан Мамакаев Iаьрбица хиллачу юкъаметтигех».

   3. Гочдарш. «Iаьршашка хьежна бIаьрг эрна ма бац» цIе йолу дешхьалхе язйина Н.Н. Альбековс – филологин Iилманийн кандидат а, Нохчийн пачхьалкхан университетан юкъарчу моттбовзаран кафедран доцент волчу.

   Гочдарша юкъалаьцна Ф.Тютчевн, А.Пушкинан, М.Лермонтовн, Н.Некрасовн, И.Крыловн, Н.Асеевн, С.Чикованин, Д.Бедныйн, Л.Квиткон, Я.Коласан, С.Михалковн, С.Шипачевн, М.Исаковскийн, С.Маршакан, Н.Тихоновн говзарш.

   4. Философин белхаш:

   - Предисловие (Р.Х. Дадашев «Вселенная поэта и философа Магомед-Салаха Гадаева»);

   - У марксистской философии нет стройной картины мира;
   
   - О механизме общественно-исторического процесса;
   
   - (в соавторстве с А.Баймурадовым) Основные законы диалектики механического движения (неорганической материи);

   - (в соавторстве с А.Баймурадовым) К вопросу о пространстве и времени;

   - (в соавторстве с А.Баймурадовым) Картина Мира;

   - (в соавторстве с А.Баймурадовым) О количественных и качественных изменениях в процессе развития;

   - Ойланаш;

   - Вайн алфавитан хьокъехь.

   5. Кехаташ.

   - «ТIаьххьара безам», я шина деган лазам (эссе);

   - Iаларойн Ваха. Кхолламан кхо маьIиг;

   - Тимаев А. Гадаев Мохьмад-Салахьца цхьаьнакхетар;

   - Шайхиев I. Иза сан охIланча вара.

                *          *          *


                ГАДАЕВН "Т1АЬХХЬАРЧУ ОЙЛАНАШНА" ЮКЪАРА:

"Нехан некъ ца бохийначун некъ бухур бац".

"Дег1ехь шортта г1ора а, дагехь доьналла а дара цуьнан, амма коьртера хьекъал кхачамболлуш дацара. Цундела цо шена ницкъ а бора - массо х1уман т1ехь т1ехвуьйлуш, нахана цатемаш а бора".

"Сайн г1алат галла синкхетам лохьа Ахь суна (До1а)"

   Гадаев Мохьмад-Салахьан кхоллараллах беркат эца кхойкху вай дешархо!