Сайн ненан Жовзанан безамна

Айза Барзанукаева
"Баба, хьан день рождени маца ду?" - аьлла, хьоьга кегий долчу хенахь йо1бераша хаьттича, "потерял", олий, забар йора ахьа.
Хьаьжк1аш хьокхчу хенахь йина ю хьо олур ахьа. Нохчийн шайн махках а баьхна сийначу Сибреха бохуьйтуш хьан 13 шо бен ца хилла. Оьрсийн салтичо новкъахь оьшур ерг схьаэца пурба делча, ахьа тайнигаш схьаэца т1е куьг дехьча, салтичо яах1ума схьаэца аьлла хичаш йина хиллера.
Доьзалехь шу виъ к1ант, кхоъ йо1 хилла. Воккхах волу к1ант Гитлерца болчу т1амехь хиллера шу махках дог1учу хенахь. Ворх1алг1а доьзалхо йо1 хилла. Жимчехь елла иза. Суна дагадог1у, иза б1аьрг а хилла, елла хиллера, бохуш, дийцина.
Ткъа хьан со хилча, суна цуьнан ц1е тиллина  -  дукха яхийта, аьлла. Доггах тиллина ц1е хилла иза: дикка хан ю со кху дуьнен т1ехь йолу.
Тахана сан йолу хан яра хьан х1ара маьлхан дуьне ахьа суна дассийча, со цхьалха а йитина, хьо бакъдуьнене д1аяхча. Ма ц1еххьана дассаделира х1ара дуьне суна! Цхьалха хуьлу-кх муьлхха а йо1 шена х1ара дуьне делла йолу нанас  гуттаренна ши б1аьрг д1акъевлича.  Бакъдерг дийцича, со-м виъ доьзалхочуьнций, шен доьзална чусадиллина волчу ц1ийндеций  йисира. Делахь а, кхоьлир-кха х1ара маьлхан дуьне хьо кхин гур йоцийла хаарна.
Суна чул ч1ог1а  сан берашна оьшура хьо.  Хьо дика , тешаме дегнакъост яр церан. Соьга ца дуьйцург хьан кхеле дуьллур цара.
Бераш наг-наггахь челакх а лела, царна дов дан дезаш меттиг а йог1у. тахана барх1 ду сан берийн бераш. Ас уьш човха а до.  Ткъа хьо цкъа а аз хийцина, ч1ог1а йист хилла яцара сан берашка. Хьан собар тоьар уьш ца човхо , уьш бераш долун дела.
Хьо соьга мел хьахочо  х1инца а олу, хьан нана ч1ог1а к1еда-мерза яра, цхьаннийна а цатам  бийр болуш яцара, олий.
Марзхошца к1езиг яьхнера хьо. Сан 3 шо кхаьчначхьана хаьддера хьан зударийн ирс. Х1етахь хьан 23 шо бен ца хилла. Эх1, ма жима хилла хьо! Хьайл кхо шо воккха волчу вашас со а ялош хьайна ц1аян пурба делча, х1ара дуьне хьайна делча санна, хаза хеташ, ирсе хетта хьуна хьо. Вайшиъ цкъа а вовшийн б1аьра ца хьаьжна хьан вешина хьалха, цуьнца  г1иллакх лелош. Бакъдуьнене  д1аяхара хьо цунна хьалха ахьа вайшиъ вовшийн йист ца хуьлуьйтуш.
"Хьан нана оьзда зуда хиллера,- олу соьга х1инца а  цхьана хенахь хьан хилболчу марзхоша,- оха дог-дика дина, пусар дина ца хиллехь а, хьан нана г1иллакхах ца юхуш, чекхъелира тхоьца",- олий.  Суна а ца хезна  цкъа а ахьа царех лаьцна вон дош олуш я уьш хьайн ца хиллачу ирсана бехке беш. Массо а х1уманна  Делан йоза ду лелаш, олур ахь.
Сан деа берех шиннан ц1ерш дедас  хьан хиллачу марзхойн ц1ерш техкина хилла. Ахьа оцу шина берийн  кхин ц1е йоккхур, вукхера  ц1е ца яккхархьама.
Сан ткъех шо долчу хенахь ца бевзачарна  вайшиъ ши йиша ю моьттура.Къона а, хаза а яра хьо. "Хьайн ненах тера яц хьо",- олур соьга. Хьо-м ч1ог1а ц1ена  -  к1айн-ц1е бос болуш, 1аьржа б1аьрг-цкъоцкъам долуш яра. Ткъа со  - 1аьржа аматехь...
Цкъа  сан маьрйиша кхечира хьуна т1е хьо месаш  д1а1алашъеш йоллуш.  Ч1ог1а цецъяьллера иза, лаьтта кхаччалц  еха йолу хьан стомма ши к1ажар гича.
Амалца со мелла а чехка ю, хьох тера йоцуш. Бакъду, х1инца со хьан хене яг1ча, бераша олу соьга, цхьацца х1умант1ехь со хьох таръелла. Наг-наггахь сайн аз хьайчух тарло суна, лерехь хьо соьга йист хуьлуш санна...
Ма хьалххе дитина хилла-кх ахьа х1ара дуьне! Тахана сайн 65 шо кхочучу хенахь  дозанал араяьлла, сайн ц1аьххьана гучуяьллачу цамгарна  Европехь  дарба лоьхуш лела со, кхин а цхьажимма  Аллах1-Дала  сайна хан-зама яларе сатуьйсуш.  Ткъа хьо хьайн 65 шо кхаьчча ц1аьххьана хьалаяьлчу давленех бахьана а хилла, Далла дуьхьал яг1ара, хьайх суна бала бан кхоьруш санна, кхин меттахь хан ца йоккхуш.
"Сан ца хилла ирс дели хьуна оцу Везчу Аллах1а",- олура ахьа йоккхаерца. Синтем бара хьан дагца. Суна юххехь волу хьан нуц сан тешаме накъост вуйла хаьара хьуна. Шен нене  санна, хьан г1улкхе  дика хьожуш, чекхвели хьоьца иза.  Со лахьтичу юьллуш а диц дийр дац аса цуьнан дикалла, цо хьан дина дОла.
 Мацах цхьаммо "Хьан марнана муха ю хьоьца?"- аьлла, соьга хаьттича, ас деллачу жоьпана ч1ог1а реза хиллера хьо.  "Марнана" аьлла оццул гена яккха ца лаьа суна сайн шолг1а нана, цкъа делахь,- аьллера аса.- Шолг1а делахь, со йинчу сан ненал а дика ю и соьца",- аьлла. 
Сан шолг1а нана д1аяьлла ши шой ах шой даьлла. Цуьнан дикалла, комаьршалла, къинхетаме, собаре, бусулба дог-ойла йолуш  хилар дийцина вер а вац.
Шайн къоман уггаре оьзда, тамехь йолу амалш,   лаккхарчу барамехь г1иллакх долуш, шаьшшиннан  темаш ца лоьхуш, кху дуьненахь Дала яккха тоьхна хан  д1аяьлча, бакъдуьнене  д1айирзи шу шиъ.  Дала декъал йойла шу шиъ!
      Хьаьжк1аш хьокхчу хенахь йина сан нана! Изза хан ю-кх  вайн республикехь нохчийн зударийн Де дазден хан. Х1инца хьо схьаелхьара йо1 бераша хьан "день рождени"оцу дийнахь даздийр ду, бохуш, забарш йийр яра...
Хьайн жималлий, хазаллий д1а а тесна,  сан дуьхьа яьхна хьо. Хьан со цхьаъ бен ца хилла. Сан шолг1ачу ненан вох1анах пхиъ кхиъна. Шиммо а тхан дуьхьа  халонаш лайна. Къоман хьакъйоллу ши зуда хилла шу шиъ. Ишттачеран дуьхьа и Де билгалдоккхуш хилар  1аламат нийса ду!
Сан кхетамций, деган лазамций х1ара маьлха дуьне ахьа хьалххе дитнехь а, ма дика ду  хьуна вайн махкахь хилла болу шолг1а т1ом ца гина а, цул хьалха деана кхаа шеран г1елаллий, халой ца гина а.  1994-1995-чу шерийн  т1еман къизалла х1уммаъ доцург хиллера цул т1аьхьа  баьллачу шолг1ачу т1еман  къизалле хьаьжча. Хьан даге лалур дацара, аьлла хета,  дахаран харцонаш.
 Воккха мел хилчий бен ца кхуьу стаг чолхечу дахаран маь1нен т1аьхьа. Кхетам а шо шаре мел долу бен ца болу "сама". Ненавешина хьалха "мама"  бахар хаза дац, аьлла, соьга хьан ц1е яккха аьлча, бераллехь аса хьох Зазан аьллера. Сайн дахаран шерийн буьхьт1ера юхахьаьжина аса доьха хьоьга сайна къинт1ера яларна, нагахь санна ларамаза аса хьуна вас йинехь. Зазан! Аллах1-Делан пурбанца Ялсаманин хьаша хуьлийла хьо!
...Нагахь санна сох лаьцна дика дош ала нахана бахьана далахь, хаа ду хьуна, сан хьомсара нана,  ахьа со иштта кхиорна и дуйла...
         Франци 2015 шо