Хеназа хаьдда дахар

Айза Барзанукаева
  2003-чу шеран 23-чу апрелехь Нохчийн Республикан Дешаран министерстве веара цхьа стаг. Цо ша Шелан районера Белг1атойн-эвлара юккъера школехь географи хьоьхуш волу Катаев Хьасан ву элира. Тхуна иза дагавеара. Иза дуьххьара вог1уш вацара тхан школьни отделе.
Нохчийчоьнан районашкахь д1аехьна хилла  дешархойн олимпиада чекхъяьлча, хьалхара меттигаш яьхна бераш республикански олимпиадехь шайн хаарш зуьйш долу денош дара уьш. Белг1атой-эвлара 10-чу классан дешархо Чукаев 1алихан а вара цу олимпиадехь дакъалоцуш, Шелан районехь географи предметехула хьалхара меттиг яьккхина волу. Оцу к1антана географи хьоьхуш волу Хьасан шозза веанера министерстве шен дешархочо олимпиадни болх муха язбина, цуьнан жам1 муха ду хьажа. К1анта республикехь а хьалхара меттиг яьккхинийла а, май  баттахь Липецк-г1алахь д1ахьур йолчу Еригроссийски олимпиадехь Нохчийн Республикан ц1арах 1алихана дакъалоцур дуйла а хиъна, ч1ог1а воккхавеш д1авахара хьехархо.
   Амма 23-чу апрелехь тхуна Хьасан гича, тамашийна хийтира цуьнан юьхь-сибат. Иза сингаттаме, г1айг1ане, онддачу баланан йийсарехь вара. Шегара хьал тхох лачкъо а г1ерташ, довзийтира цо ша варан бахьана.
Шийла, ирча кхаъ бара цо баьккхинарг.
     Белг1атой-эвла йисттехь мини т1ехь иккхина 1алихан селхана д1авоьллина оха, аьлла, доккха са даьккхира цо... Дег1е зуз деана, 1адийча санна, дисира тхо иза хезча. 1алиханан юьхь-сибат дуьхьал х1оьттира тхуна, иза олимпиадехь дакъалоцучу хенахь гина ма-хиллара. Коьрте хьийзара цхьацца ойланаш. Шен дахарехь ялхитталг1а б1аьсте бен ган дог1на ца хилла цу хьекъалечу к1антана. Хала дара цунах теша, и т1едита. Мел к1езиг зама кху дуьненахь яккха дехна хилла цо азаллехь шен са кхуллучу хенахь! Х1ун  дан кхуьур ву стаг оццул доцучу дахаран кийсагехь?! Ткъа мел дукха бу и санна хеназа кхелхина, кху къизачу т1еман дерачу м1араша  вайна юкъара баьхна кхиазхой!
   Цуьнан дега-нене 1алиханах кадам бан яханчохь дуккха а тамашийна х1умнаш хиира суна пох1ма долуш хиллачу цу к1антах лаьцна. Цхьамма санна, массара а дуьйцура цуьнан хаза г1иллакхаш, башха амал. Суна хиира и к1ант гуттар а лехамехь, дикачунна т1ег1ерташ,  адамашна г1уллакх дан лаам болуш хиллий.
    Юьртахь х1ора доьзало шайга деана вуо санна т1еийцира и бохам. Када баьхкинчара  ч1аг1дарехь, 1алихан кхелхинчу буса  цхьана а доьзалехь довха пхьор ца кечдира, цуьнан лерамана шолг1ачу дийнахь цхьа а бер ца деанера школе. 1алихан д1авуллу де Чукаевг1еран доьзалан а, верасийн а хилла ца 1аш, дийнна юьртан тезет хилла д1ах1оьттира.
  Цунах лаьцна соьга дукха дийцира хьехархоша, цуьнан нийсархоша, лулахоша. Цуьнан нана Т1аус ша а ю меттигерчу школехь хьоьхуш. Цо соьга дешийтира 1алихана шена хетарг, шен лаамаш, шен ойланаш т1е д1аяздеш хилла тептар (дневник). "Х1окху т1аьхьарчу хенахь ч1ог1а дешарна т1е дог-ойла яхана вара иза,- боху нанас.- Къаьсттина 1амайора цо географи, биологи, Ислам дин, ч1аг1динера спортаца долу гергарло."
    Мацах советан 1едал долчу хенахь шен нанас гулдина хилла "Могашалла"("Здоровье") журналан массо а номер, стенна делахь а, еша волавеллера иза. Дийнаташ а, 1алам а ч1ог1а дукхадезара цунна. Шен ц1ахь баннаш а дина, цо кхаба йолийра пхьагалш. Уьш кхиъна евлча, шен алссам болчу шичошна ерриге а совг1атана д1аелира цо, х1оранан карахь цхьацца пхьагал йолуш, цаьрца сурт а даьккхира.
     1илманца цхьаьна ч1ог1а т1евирзинера 1алихан бусалба динна. Шен нана Хасав-юьрта базара йоьдуш, цуьнга дехна хилла цо, Хьаьжин ц1ийнан сурт т1ехь долу ламазан  куз а, вайн Элчанан (Делера салам хуьлда цунна) хьадисаш а, Ислам динах долу таьптарш а эцар. Нанас и дехар кхочуш а динера. Т1евирззина и таьптарш дешча, цуьнан  коьртехь кхоллаелла а, цо шен дневника т1е д1аязъйина а ойланаш, уьш евзинчун, дагах кхетар йолуш ю. Царах цхьаерш шуна йовзийта лаьа суна. Масала, "Суна товш хета" аьлла корта а болуш, гулйина царах цхьаерш:
         1. Баккхийчаьрца г1иллакх лелор.
         2. Дена-нанна муьт1ахь хилар.
         3. Хьехархойн дешархоша сий дар.
         4. Адамашкара комаьршалла.
         5. Саг1ийна х1ума ялар.
         6. Адамаш кхечу къаьмнашца г1иллакхе хилар.
         7. Шен доьзалца санна, лулахошца дика хилар.
         8. Жима ву аьлла...
   Цу т1ехь и йоза, стенна делахь а, сецна...
Нанас боху, шен к1ант шена ма-варра дика вевзаш а ца хилла.1алихан кех араволучу хенахь бисмилла а доккхий, Везан Дела, юьхь1аьржонах ларвелахь, Хьо реза воцург сан багах ма далийталахь, олий бен, араволуш ца хилла.
    Шелан районни олимпиаде вахана ц1а веача, нанас шега "Х1ун ди ахьа, болх язбелин хьоьга?", аьлла, хаьттича, 1алихана ша кхечарна г1о дан а кхиира, аьлла хиллера. "Шу къовсалуш дацара? Хьуна хьо урокехь талламан болх беш ву моьттуш ма хилла", аьлча, шега цо деллачу жоьпах цецъяьллачу нанна эхь хеттера ша цуьнга аьллачунах. Цундела 1алихан Соьлжа-г1ала республикански олимпиаде воьдуш, Т1ауса шегара даьлла "г1алат" нисдеш, аьлла хилла:"Хьайн накъосташна г1о дан хьажалахь. Дала аьтто бойла шун."
   1999-чу шарахь дешархошна т1аьххьара горгали тухучу денна кечам беш, шен нанна цхьацца байташ язъеш г1о дина хилла 1алихана.
            "Цхьайтта шо доьшуш чекхдели,
             Школа яьккхина шу девли,
             1илмане боьду шуьйра некъ
             Къасто беза хан т1екхечи.
             Некъ дика хуьлда шун,
             Дала аьтто бойла шун,
             Даима ирсе хуьлда шу,
             Воно дог ца 1овжадеш."
И дешнаш олучу хенахь:"Мама, "некъ" боху дош дахдеш, мукъамца, доггах алийталахь",- бохуш хиллера 1алихана.
   К1антах лаьцна ша къамел деш, Т1ауса дешийтира соьга 1алихана ша яздина до1а:
             "Я Аллах1 Дела!
             Тхан дайшна, наношна гечделахь,
             Тхан вежаршна,йижаршна гечделахь,
             Тхуна гечделахь.
             Муххьаммадан умматна гечделахь,
             Къинойх тхан дог1маш ц1анделахь,
             Г1ибатех тхан меттанаш ц1анделахь,
             Тхан ойланаш Хьайца елахь.
             Тхан дегнаш вовшашца ц1анделахь,
             Тхан лелар Хьайн дуьхьа делахь,
             Тхан дахар беркате делахь,
             Тхан далар ийманца делахь.
             Тхан 1есалле ца хьоьжуш,
             Тхан ледарлонаш, бехкаш ца толлуш,
             Хьайн къинхетамца гечделахь тхуна,
             Я Аллах1 Дела!"
К1орггера маь1на долу и дешнаш  пхийтта шо долчо яздина хьа эр ду? Ма доккха пох1ма, к1орггера ийман, ц1ена дог-ойла йолуш хила веза оцу тайпана кхетам болуш волу стаг!
  Стеган дахар цо дуьненчохь йоккхучу хенаца дустуш дац. Иза дустуш ду цо динчу дикачу г1уллакхашца, цо шех ала дитинчу дашца, цо шен йоккхуьйтучу ц1арца.
Т1емаш а даржийна, х1аваэ хьаладолчу хенахь герз кхетта чудоьжначу олхазарх тера хета 1алиханан хеназа хаьдда дахар, яхаза йисина лакхенаш. Амма, бакъду, и вевзаш хиллачеран иэсехь 1алиханан йисина ц1е шайн хилийта луур дара вайх хьанна а.
  Хьанна хаьа, иза дийна висинехь 1алиханах мила хир вара? Дукхах болчара нохчийн Ломоносов хила тарлора цунах, бохура соьга. Иза вайна х1инца цкъа а хуур дац. Делахь а, шеко йоццуш  ч1аг1о ялур ю вайга, цунах шен хакъана вуьззина во1 кхуьур  вара, аьлла. Нагахь иза кху дуьненчохь висинехьара...
  Массарна а тамашийна хеташ ду 1алиханан дневника т1ехь х1оттийна т1аьххьарлера терахь - 21-г1а апрель.
... Эвла йисттехь, хийла адамийн лар йитинчу меттехь, 1ожалла хиллера цу хаза йолучу б1аьстенан дийнахь тебна 1аш... Иза дара 21-чу апрелехь...
Дала г1азот къобалдойла  хьан, 1алихан! Везчу Дала ялсаманин да войла хьох!