Ненан нанас элира

Адам Делибер
Маьрк1ажа хан яра Жансари уьйт1ахь долчу доккхачу б1арийн дитта к1елахь хиъна 1аш, мичара дели а ца хууш цхьа сурт б1аьргашна хьалха хоьттича. 1адийча санна шен нена нана гина цунна т1е хьаьда, орцах еара кхиана йог1у  Жансарин йоь1а йо1, Пет1амат.
- Баба! Ахьа х1ун до? Хьуна дика ца хета? ?- хеттарш до йо1а…
Жансарий меллаша метта я г1ерта,  амма  ницкъ ца кхочу цуьнан…
Чуьра хи а карахь мох санна хьаьдда йог1у Жансарийн йо1, Пет1аматийн нана а, Совдат… Чехкка йоьхьах шийла хи хьаькхна, хина къурд бойту Совдата шен нене.
Метта еара и орца бахьана а хилла Жасарий, куьйга эшара Пет1амате, т1е а кхайкхина и йо1 мара а йоьлина , Жансарийс элира:
- Сан йо1! Ца хуург хоттуш хилалахь, дайша дитина кицанаш карла дохуш, хьайна хьалха болчарна 1амош хилалахь!  Стаг воцу стаг хьайна хьалха ма хьийзиталахь! Вехаш ву и стаг!- алий маре а ма делахь! Ахчанах стогалла ца эца луо, я ахчанца и стогалла долчуьнгара даккха а ца луо!- сихъелла дуьйцу  Жансарийс шен хьехарш…
Меллаша шен йоь1а куьйгаша т1е яз луо иза…
И т1аьхьара хьехамаш бара Жансарийс бинарш шен доьзалехь…
Кхана 1уьйрана доккха тезет дара Жансарий 1ийначу кертахь…
Б1аьра доьхала хоьттинчу к1ентан суьртуо д1а йигира и йоккха стаг…
Делера цунна къинхетам боьхуш, цунна тоьшаллий хоьттина юьрта яра…йоьлхуш…б1аьрхиш лечкъа а деш...