Собаре лаьмнаш - 2

Саид-Хамзат Нунуев
С-Хь. Нунуев
**

Собаре лаьмнаш (2-г1а дакъа)            


И Дела ша воцуг, накъост ца хиллачахь
Нохчаллех ца духуш, дирзи вай ц1а.
Дуьненчохь уггаре собаре лаьмнашкахь
Дехар вай ирсах ца хьоьгуш кхи цкъа.

Харцоно 1адийна лаьттина латта
Сагатдеш, дилхина шовданийн хиш
Шу-м х1инца, тхо санна, даккхийдеш, лаьтта
Гурдаций шуна – м тхан б1аьргаш чохь хиш.

Даккхийдеш чукъерза стиглара седарчий
Ирс 1енош, чукхетта и дашо малх.
Ца гиний шуна – м тхо горъэгна цкъа а.
Ца гиний шуна – м тхо къарделла цкъа.

Собарца, хьекъалца, эхь – ийман дебийна
Дехар вай Нохчаллех ца духуш цкъа.
Йилбазан букъ бойна, бакъо а толийна
Дехар вай ца ца хедаш вайн махках цкъа.

И Дела ша воцуг, накъост ца хиллачахь
Нохчаллех ца духуш, дирзи вай ц1а.
Дуьненчохь уггаре собаре лаьмнашкахь
Дехар вай ирсах ца хьоьгуш кхи цкъа.

Куп ма-ю гонаха хезара Селим - Солтаг1ера чуьра потефоно лоькху хелхаран йишший, чохь болчара детта т1арашший. 
 Дехьа-сехьара веанчунна мотталур дара кху чохь цхьанхьара бехке хьеший баьхкина, я зуда йоссийна бина синкъерам бу. Амма лулахошна дика хаьара цу чохь берг синкъерам боций а, цу чохь денна г1овг1а латтош берш Селим-Солтий, цуьнан накъостий Майрбеккий, Турчий, Аьрзуллий вуй а.
Иза дара 1958-чу шарахь, б1аьста, Меъний Чоь олучу жимчу юьртахь. Доттаг1ий вовшахкхетта масех бутт баьллера. Шаьш Казахстанера ц1адог1уш шайца еана сом-ком кхаччолц сакъоьрура накъосташа.
  Ц1абирзанчу нохчашна ца хеара шайна 1едало юха а бийриг тешнабехк буй. Ц1а - м хьовдийтинера цара нах, амма шайн ламанан районашка юха хьала ца бохуьйтура. Я аренца белхан меттигаш а ца нисъйинера, я нисъя дагахь а бацара. Царна леара, цу кеппара, нохчий юха а махкара арабаха. Шайн лаамца. Экономикин г1ирсашца.
— Болх-м ца бина а, я бийр боцуш а дацара вай, — бал чекхбаьлча д1адолийра Майрбека шайн хаьдда къамел, — кху колхозехь цхьаъ бен машен а яц, цу т1ехь а болх беш цхьа суьйли ву.  Сайна машен ма-хилли, со балха а г1ур ву,  цхьанхьа балхахь ца хилча вер вац. Ткъа оцу сан вукху г1уллакхна х1ун до вай?
— И муьлха ду? — хаьттира, бага а г1аттийна, цо дуьйцучуьнга ладуьйг1уш 1ачу Аьрзуллас.
— Цкъа х1ара чуйоьттинарг д1амала вай, т1е т1уо лацарга ца хьийсахь, — шен г1арг1доьллачу озаца схьакхайкхира Турча. Д1амеллачул т1аьхьа шен бетах куьг а хьаькхна, туьхала 1оьттина хох т1е а кхаьллина, д1адолийра Майрбека юха а:
— И  Тамара боху йо1 схьаялайо вай, я ца ялайо? Шух суна накъостий ца хилахь, со эццига Мажаран некъенан цхьа беркатдоцу ши борз а эцна, и ядо ца вахчи вер вац.  Дуй шу тховса соьца арадовла борша? — И эвхьаза къамел Майрбека шен накъостий яхь баха деш дара.
       Майрбекан а, Тамарин а юкъаметтиг накъосташна дика евзара. Тамарина ца лаьара шозз-кхузза бен гина воцу, хьена, мила ву а ца хуучу Майрабеке иштта сиха маре яха. Бакъду, т1етаь11ина захалу дуьйцуш церан эвлахь марехь йолу кхеран юьртахо Замани-м яра. Вуьшта, Майрбек а вара т1ехьаьжна куц долуш а, маттана шера а.
      Ша цунна ч1ог1а езаеллий а хаь¬ара Тамарина, амма сихъяла ца лаьара. «Воккхаха волчу шина вашас зударий балабаллац йог1ийла хир дац сан, — т1аьххьара а жоп деллера Тамарас. Амма Майрбекан безам де дийне мел дели марсаболуш лаьттара. Шен дола Тамара ер яц боху ойла аьттехьа а ца юьтура йо1 езаеллачо.
— К1ант, цкъа хьайн раг1у дина х1унда ца долуьйту ахь? — Кхоьрруш хаттар дира Майрабеке пеша гонаха хьийзачу Селим-Солтин зудчо Пих1ас.
— Хьан х1ун бала бу цуьнан? — Кхин и хьайн бага бур-бур аьлла ахь схьайиллинчул т1аьхьа, делор, ю ас и хьан гара ши ност кагйийр, мангал! Хьан хьекъал эшахь, тхо хьох дагадевр ду хьуна! — Т1ечевхира цунна маларо марсаваьккхина х1усамда. Цхьана к1еззигчу ханна чохь мел берш д1атийра.
— Делахь, х1ун до вай? Цкъа юха а иза охьахаийта доьлхий вай? — дагавелира Селим-Солта.
— И охьа а хийшош, цунна хьекхийна цергаш яаелла сан-м, — резавоцуш элира Майрбека. — Аьтту балахь, тховса и ядон еза вай!
       Кхин къамелаш деш, хье ца белира къаьркъано бохбина накъостий. Селим-Солтас шен нуц схьа а кхайкхийтина, цуьнан «Победи» т1е а хевшина, ялх сахьт долуш эвлал аралилхира уьш.
Шерачу арахула хахкаелла йоьдура накъостийн «Победа». Цкъа басайистехь сацийна, шаьш новкъадаьккхина «Московски» къаьркъанан ши шиша дасса а дина, юха д1алилхинчу накъосташ-на кху Нохч-Г1алг1айчохь шайга ца ян йо1 ян а яц моттаделира. Цхьамма «Вай к1ентий дехийла-а» олий йиш йолош, вукхо «1айтт! Маржа, Тамара я1!!» — Олий мохь тухуш, екхначу б1аьстенан суьйренан маьрк1ажан хенахь д1акхечира накъостий шайн юьртахо Замани ехачу кеберте. Ши накъост машина чохь а витина:
— Хьада, ялол, сихха г1ой, Тамаре схьакхайкхал тхуна, цуьнга дан дезаш къамел ду тхан, — х1усамнана йо1 схьакхайкхийта а яхийтина, чоьхьабевлла, охьахиира Майрбеккий, Селим-Солтий. Х1орш мелла хиларх шек-м елира Замани, делахь а, юьртахойн г1уллакхе ца хьаьжча эхь ду шена, аьлла, хьаьдда яхара.
— Марша дог1ийла шу! — чоьхьа йоллушехь, йо1ана а хиира к1ентий бехна хилар. Делахь а, сихха юха а йирзина, д1аяха эхь хийтира. Иза неПарехь сецира.
— Тамара, шу х1ун деш ду? Могуш буй чохь берш? — къамел д1адолийра Селим-Солтас.
— Парг1ат 1а тхо-м. Шу муха 1а?
— Тхо а ду цкъа кху сохьта буьйсанаш йохуш. Бакъдерг дий-цича, атта-м ца йоху оха и буьйсанаш.
— Х1унда? — Цецъелира йо1.
— Сагатдеш, цхьаъ холчахь хилча, сингаттам ма лаьтта ц1ен т1ехь, — г1айг1ане вахаран сурт х1оттош, элира юха а Селим-Солтас.
— Могуш воцуш стаг-м вац шун? — Пеххьа йоьхна-а хаьттира Тамарас.
— Дера ву. Я цхьана а дарбано то вийр волуш а ма вац.
Цецъяьлла, йист ца хуьлуш лаьттара йо1, цуьнга ла дуьйг1уш.
     Горгачу юьхь т1ера ц1ен балдаш меллаша меттах хьера, х1ун эр ца хууш. Къинхетаме догура б1аьргаш. Хиира йо1ана т1аккха цо вуьйцург мила ву. Шега ечу забарах кхетта, къежира.
— Хьуна бакъ хета хир дац ас дуьйцург, — юха а г1айг1ане воь-
ду сурт а х1оттош, д1адолийра Селим-Солтас. — Гой хьуна, Тамара, тхо бераш дац. Тхаьш лелориг х1ун ду ца хууш, мукъалла ара-девлла лелаш а дац. Хьо тешалахь, оха арабаьккхинарг сонта некъ цахиларх. Х1унда аьлча, тхо цхьана дикачу балхе сатуйсуш, хьан нахаца а, хьан тайпанца а, хьо ехачу кху юьртаца а гергарло а дезаш, тхещан сил а дукха хьо а еззш арадевлла ду. Хьуна тхо девзащ хила а там бу. Бакъду, шаьшшиннан Майрбекаца йолу юкъаметтиг хьуна хьайнна дика хуур-кх, вуьшта, ас бохург дича, кханий, ламий, юхашарий, бохущ, д1а а ца тоьттуш, хьо тховса д1айог1ур яра.
И дешнаш хезча, йо1 цкъа цец а йолуш, Селим-Солте хьаьжира, делахь а, дош а ца олуш, корта охьа а оллийна, д1айирзира.
— Эвххьаза шаьшшиннан цу хьокъехь къамел де, со дехьа чу волу, — аьлла, Селим-Солта чуьра аравелира. Эхь хеташ, корта аг1ор а берзийна лаьттара йо1. Майрбек, т1ера ши б1аьрг д1а ца боккхуш, леррина хьоьжура йоь1ан аматашка: стаммий ц1ен бал¬даш, ц1ена беснеш, деха лаг,   нийса горга ши ност.   Кхиъна йог1учу йоь1ан куьцо малдинера к1ентан са. Хаза, эсал дийца г1ертара йо1аца, мотт наг-наггахь тийсалахь а.
— Тамара, х1ун бахьана ду те хьо сил ч1ог1а суна дуьхьалялар? Ошшада биллах1и, езар яц хьо суначул дукха цхьана а к1антана! — Д1адолийра Майрбека. — Ца теша те хьо ас дуьйцучух? Хьо йоцчохь цхьана а минотана парг1ат 1алуш вац-кх со, ша ван а веа-на, кху шун Т1улга-эвлахь цхьа бун а йина, цу чохь а 1аш, хьо яьлл-яьллачухула ца лелахь. Къа ца хета хьуна сох? Делан вазлор, ас делаца ч1аг1о йийр ма яра хьуна, хьуо суна мел дукха езий ха-ахьара, меллаша суна т1аьхьа а х1оьттина, соьца д1айог1ур ма яра хьо! Х1унда ца кхета хьо сох, Тамара?
Йо1 йист а ца хуьлуш, лаьттара. Иза иштта мел 1ан а, к1ентан ойла марса юьйлура. Цкъа т1екхетта, йо1 мара йоьллича х1ун дара те? Т1аккха, баккхий нах юкъа а боьлла, соьга схьалур яцара те х1ара? — дагадеара, маларо корта хьовзийначу Майрбекана, т1аккха а, цахуьлчу далахь а, шаьш х1ара ядон даьхкина хилар дага а деана 1адда 1ийра. Кхин а сохьтехь гергга хьоьстуш, йо1е къамел дира Майрбека. Т1аьххьара а хаьттира:
— Тамара, хьо суна сайн сил дукха езий а, со хьох ваьлла 1а-луш воций а хаьа хьуна, алахьа соьга т1аьххьара а, соьца я тховса д1аян, я соьга кху к1иранах маре ян х1инцца хан йилла реза юй хьо?
— Яц, — элира йо1а меллаша. Цул т1аьхьа дукха ца 1ийра Майрбек йо1 йолчу чохь. Вагийча санна сехьа чу а иккхина:
— Селим-Солта, хьоьца цхьа жимма г1уллакх дара-кх сан, — аьлла, иза а эцна, ураме аравелира. Цаьршиннан цхьана х1уманна барт хилира. Шайна т1аьхьа араяьллачу Заманин 1одика а йина, пурх бирзинчу урамех хьалаерзийра хьешаша шайн машина. Шен дагахь: «Уьш д1а баха-кх, цхьадика! — аьлла, Замани чу яхара.
Цхьа итт минот гергга зама яьлча, бодашлахь меллаша схьа-г1ерта Тамарий, иза ц1а кхетон йоьду Заманий къаьстира маши-нан чиркхаш д1а а дайина, тебна 1ачу накъосташна. И шиъ шайна улло ма-нисъелли, аралилхинчу накъосташа, т1****табелла хьала а айина, Тамара машин чу кхоьссира.
— Ва-а-а, дела! Орца далийша-а-а!!! — мохь беттара машина чукхоьссинчо.
— Селим-Солта! Майрбек! Ма яккхийша со дакъаза, шайн устазан дуьхьа, 1е 1адда! Ва-а-а, дела! Ас х1ун дер-те!!! — т1е-етталора Замани. Хьербевлча санна, машина чу лилхинчу накъост-таша тергал а ца дора Заманис ден дехарш. Т1еетталуччохь иза а йитина, сихонца д1аэккхийтира цара шайн «Победа».
Буьйса юккъе яхана, шоллаг1а сахьт доладеллера цара яла а йина, Тамара Селим-Солтаг1еран чу йоккхуш.

      Дийнахь дечу къамелехь хьахавелла дела дара, хаац, цу буса юха а г1енаха Кунта–Хьаьжа дуьхьалх1оьттира Ибрах1имна. Устаз велавелла, векхавелла вара. Шен дикачу накъостаца санна къамел дора цо Ибрах1мца. Цо цхьа тамашена дийцар дийцира.
     - Ас цхьа хаза, кхаъ борлуш х1ума дийца хьуна? – доггаха вела а къежна, хаьттира устаза.
     - Дийцахьа. – хазахетарца ладог1а кечвелира со Кунта – Хьаьже.
     - Мангала ваханчуьра вог1ура сой, сан да Киший, ваша Мовсарий. Малх чу бузуш, садовш хан яра иза. Мархай бут а бара иза, п1ерасканан суьйре.
     Цу дийнахь, делкъахь жимчу 1ожен синтарт1ехь кхиъна боккха, хилла баьлла 1аж карайнера сунна. И цхьа1 бен бан а бацара цу снтара т1ехь 1аж. Мархай бутт болу дела, и 1аж тхайн дега д1а ца луш, ц1а бохьура ас, кучан чета а боьллина, сарахь марха достуш тхайн нанна Хедина д1абала дагахь. Барх1 – исс шо бен кхи хан а яцара сан х1етахь.
     Тхо Эртана Коьрта уллох, гу т1ера готтачу г1ашлой новкъахула чудуьйссуш, цхьа тамашена стаг кхийтира тхуна дуьхьал. Т1ера духар нохчийн дацара цуьнан. Коьртах хьарчайначу чалбайо гойтура иза цхьанхьара 1арбийм махкара хилар. Саг1адоьхуш лелачарах тера а вацара иза. Тхо шена улло кхочуш, геннахь юьстаха а таь1на, тхуна некъ буьтуш сецира иза. Салам дела, корта а та1айра цо тхан дега.
     Улло кхаьчча, некъахочун куьг а лаьцна, салам схьаийцира тхан дас. Хьо лаа лелий, накъосталла оьший? – хоьттура цуьнга тхандас, амма некъахо ца кхетара, вела а къежзаш, корта те1абора. Т1аккха, куьйга эшарехь хичаш а еш, марха даста а, буьйса яккха а чу вола, бохуш, доьхура тхан дас. Цо бохучах кхета а кхетта, нохчийн маттахь «баркалла», аьлла, шен дагт1е куьйгаш а дехкина, кхи а ч1ог1а баркаллийца вела а къежна, д1аваха д1аволовелира некъахо. Тхан да цунна т1аьхьа хьоьжура. Со ведда т1аьхьавахара, иза гена валале. Четара схьабаьккхина, боккха ц1ен 1аж кховдийра ас цуьнга. Некъахочун б1аьргех хиш девлира. «Со х1ара 1аж бан ма веанера», нохчийн маттахь элира цо, соьгара 1аж схьа а оьцуш. Ас иза цхьангге а ца дийцира, я дега а, я нене а. Суна хийтира, и стаг сайна юха а цхьанхьа ган везаш ву, аьлла.
     Ткъех шо зама елира цул т1аьхьа. Баккхай хийцамаш хуьлуш лаьттара вайн дег1астанахь. Т1емаш, гамонаш, х1аллак хуьлуш лаьтта адам. Суьлийчуьра схьакхоьхьу бусалбан дин къинхетаме дацара. Цу дино ярташ ягайойтура, адамех яссайора. Шемална т1аьхьа а х1оьттина, дакъаза долуш лаьттара къам. Суна вайн къомах къа хетара. Вай иштта х1аллакхила йиш яц, аьлла а хетара. Со Шемална т1е вахара. Ас Шемале хаьттира, мел адам дайина, лазийна, дакъаза даьккхина, х1аллакхилча дуьтур ду вай керстанан Россин пачхьалкхо парг1ат даха, уьйр – гергарло Туркойн а, кхечу бусалбанан пачхьалкхешца а лелош?
     Имам реза вацара цу хаттарна. Цунна шера хеара, вай г1ел мел дели, жим мел дели, г1азакхий кхи а сов эвхьаза бевр буй, уьш вай дерриге а х1аллак а дина, вайн мохк шайн долабаьккхича бен вайх 1ебар боций. Со стена т1ева г1ерта кхийтира иза, ас бохург толмача шена гоч ма диннехь. Реза воцуш, ша хиъна 1аччахь д1асахьаьвзира иза. Со цунна дуьхьаг тахти т1ехь охьалахвелла 1ара.
     - Вайна Дала г1одийр ду! Уьш дукха хиларх, Делан ницкъ алсам бу! – Т1ечевххина жоп делира имама.
     - Къур1ано бохург дика хууш болчу  1еламан наха х1у бохуте цуьнах лаьцна? – Хаьттира ас, Шемална шел воккха 1еламстаг ца хетий сайна хуъушехьа.
     - Керстанна к1ел сацар, церан харцонашна къарвалар, царна муьт1ахь хилар - хьарам лерана дукха! – Мохь туххуш элира Шемала. Т1аккха т1етуьйхира: - Церах летта валар г1азот дукха! Иштта бохукха Къур1ано а, жайнаша а! Къур1ано а, жайнаша а бохучунна дуьхьал вала дагахь – м вац хьо?
     Цу дешнашца сан дагчу кхерам таса г1ертара имам. Со цуьнца кхи къийса ца велира. Суна доггаха лира кхид1а а деша. Х1унда аьлча, даго хьоьхура, Къур1ано адамашка шаьш мостаг1ашка дайитай, кхачадайта бохийла йоций. Даго хьоьхура, бусалбанашна цхьайолу г1елонаш т1елаца а, уьш лан а т1едилланий Дала, х1унда аьлча, бусалбанаш, бусалбан дин кхачийна, доьхча дерриге а дуьне а духур ма ду. Бусалбан дино бен ма ца до кхоччуш адамех адамаш, адамах адам. Ткъа муха х1аллакдойтур ду шаьш къизачу акхарошка? Хьуьнах дахча акхаройх лардала ма хеа вайна, текхаргех, довдий, юьстаха ма лелха вай, ткъа шина когаш т1ехь йолчу акхаройх, д1овш тухучу текхаргах лардалар эхь х1унда хетта вайна? Царна д1овш, 1овдал ницкъ беллехь, вайна хьекъал, кхетам ма бела Везачу Дала!
     Цу доллучунна а сайн хаарш а, кхетам а алсамбаккха, со бусалбан паччахьалкхашкарчу 1еламнахана т1е вахара, церах дагавийла а, кхид1а лелайчи бусалбанан динца дог1уш дерг муьлха ду, хьажа а.
     Аьхкенан довха де дара иза. Шемахь цхьа шайх волчахь хьошалг1ахь вара со. Цу Шемахь, Дамаскехь  угаре а ч1ог1а дешна стаг ву, бохуш, вийцинера сунна и шайх. Со Нохчмахкара вуй шена ма хеъанехь, цо элира соьга:
     - Со мел дешна велахь а, хьуна алсам а, тамашена а х1умнаш дуьцу дерг Авалу – Хьаьжа  ц1е йолуш цхьа шайх ву, цуьнан тайпанан орамаш а,  хетарехь, шун Нохчамахка доьлхуш ду. Иза х1инца воккхахилла, дезткъа шаренга хьалаг1оьртина. Хьо ша волчу веъча ч1ог1а хазахетар дара цунна. Амма некъ гена а, хала а бу, къаьсттана кху аьхкенан чиллахь. Цундела ас, хьуна иза волчу ваха лаахь, некъанакъосталлина сайн к1ант а, эмкалш а лур ю.
     Со доккхачу баркаллийца реза хилира.
     Кхаа дийнахь, бусий некъ бира охшимма, новкъахь наггахь бен са ца до1уш.
     Юьртана юьстаха, цхьана берда уллохь хиллера Авалу – Хьажин х1усам. Цуьнан х1усамнана а, даккхий хилла бераш а, берийн бераш а ч1ог1а хазахетта, даккхийдеш улло хьийзара, со Ночмахкара вуй хеъча. Авалу – Хьажин ден да Мака – Медана веанчахь сецна хиллера кху махкахь, Даймахке юха ца воьрзуш, шена т1ехь хатарца 1оттаелла ч1ир а йолу дела.
     Х1усамна хьалха цхьа тамашена хаза, лерана лелош 1ежийн беш яра. Цуьнах воккхавеш, шайха дийцира, и беш ша муха кхиийна.
     Авалу – Хьажина, жима стаг волуш, иза цомгаш, к1елвиссана волуш, малайк деана хиллера. Цу малайко аьлла  жимчу стаге: «Хьан 1ажал т1екхаьчна, амма Къинхетамечу Дала цхьа декхара т1едуьллу хьуна. Бусалбан дин галдоккхуш лаьтта цхьаболчу наха. Вайн динна керла ницкъ оьшу. И ницкъ – пайхамарийн т1аьхьенехь бу, цу пайхамарийн т1аьхьенех биссанарш хьан дай бен а бац. Мацца верзий а хьайн Даймахке а верза. Хьо нийсачу новкъахь хилахь, цхьацца билгалонаш хир ю хьуна».
     Малайко шега дийцинарг г1ан хилла, я цамгараг ч1аг1алло х1оттайна б1аллаг1а хилла, ца хууш дуккха а шнраш д1аихна Авалун. Т1аккха иза дешарна к1орге ваьлла, кхоззу Хьажин ц1а Мака – Медана а вахана.
     Цхьана дийнахь Багдад г1алахь музейхь цхьа тамашийна тептар гина Авалу – Хьажина. Цу тептар т1ехь дерг 1арбийн маттахь ца хилла, нохчийн маттахь хьесап далуш хилла, элпаш 1арбийн делахь а. Гуттар а ч1ог1а Авалу – Хьаьжа цецваьккхинарг – цу тептара т1ера дешнаш Ибрах1им пайхамара дитина ду, аьлла хилла. Т1аккха кхета волавелла Авалу – Хьаьжа шега Малико дина къамел г1ан ца хиллий а, шена дуьхьала х1оьттинарг б1аллаг1а ца хиллий а, нохчийн къомехь цхьа инзаралла йоллий а.
     Цул т1ехьа ойла ян волавелла Авалу – Хаьжа, и х1ун билгало яра техьа цу Малико шена хир ю аьлларг?
 
Майрбекана ядийна, луларчу юьртара  зуда ялийна хилар шоллаг1чу 1уьй-ранна  массарна  а д1ахиира. Селим-Солтас, 1уьйрре вовшахтоьхна, хаийта нах бахийтинера. Амма йоь1ан дассий, вежарший: «Ядийна йигна йо1 шаьш юьтур яц, я йо1 схьало, я шаьш мостаг1алла хьедо», — аьлла, бахийтинарш юхахьовсийнера. Шайн йо1 ядийна йигар йолчарна доккха эхь хетара. Ялийна зуда шайгара д1аяккхар ядийначарна а хетара т1е эхь дуссуш санна.
Масла1ате сатуьйсуш, цхьаццанца дагавуьйлуш лелара Майрбекан тишвала волавелла да, Халад. Цкъа юха а дехаре бахийта баккхийнах вовшахтоха беза, — бохург дара дукхаха болчара хьоь-хург.
Тамара берта ялон г1ерташ, иза хьоьстуш, 1ехош гонаха хьий-зара Пих1а.
— Хьо шена сил а дукха еза дела ма ялийна цо иштта сихвелла.
Елха х1унда йоьлху хьо? Зуда-м вайн нехан ядош ма хуьлу. Цуьнан дан долийна цДенош а ду. Уьш дина а довлийтина, шаыншинна хаза дехар ма ду шуьшиъ. Хьо стенна г1ерта д1аяха? Хьо д1аяха мел г1ирти а, божаршна юкъахь машар хир ма бац. Далалардойла вай, хьанна хаьа, цхьа юьхь1аьржо хилахь, елла д1аяллалц дагахьбаллам хир ма бу хьуна. Майрбек а ма ву ткъа ша нисвелла, безамехь стаг. Цо шена хьо езаре терра, хаза 1алаш а еш, хьеста а хьоьстуш, лелор ю хьо! Хьан ц1ахьберш а бац х1умма а бохуш а, хьо реза хилчахьана реза ду шаьш, аьлла цара а.
И дешнаш шена хезча, йоьлхучуьра лаг1 а елла, леррина Пих1ане хьаьжира Тамара:
— Ахь боккъалла а бохий?
— Дера боху. Тахана кхузара нах ма баханера шуьга. —Т1аккха, тхан дас х1ун аьлла?
— Хьан да а, вежарий а, х!ара тТуллакх цхьана дикачу аг1ор
д1адерза лууш бу-кх. Уьш дуьхьал бац захалуна, хьо берта еъчхьана.
Оцу къамелаша жим-жима меттаялош лаьттара йоьхна, холча-х1оьттина хьийзачу йоь1ан ойла. «Баккхийчу наха д1ай-схьай ихна-а, хилла даьлларг цхьана аг1ор д1анисдийр дац техь», — дог дохура х1усамнанас. Вуьшта, г1уллакх-м д1анисдала генахьо дара.
Шоллаг1чу дийнахь юьртахошна хиира йоь1ан наха: «Я йо1 схьало, я шаьш цхьа шиъ вен а вийна бен, шаьш юьхь1аьржа х1ит-тор дуьтур дац, — аьлла юха а нах хьалахьовсийна хилар. Цул т1аьхьа а, г1айг1ане ваханчу Халадна шай-шай диканиг хила а г1ерташ, хьехарш лора юьртахоша: «Зуда д1аелча вайна т1е эхь дог1у. Тайпанна т1е деана ца 1аш, йоллучу юьртана а. Цундела Шуьйтара воккха молла Бексолта вига веза царна т1е дехаре!»
 
 Уггаре а наха лоруш вер-верг вовшах тоьхна, кхин а шозза де-харе нах бахийтира Халада Тамарин гергарчарна т1е. Милицера баьхкинчаьрга-м Тамарас ша ядийна яц, бертахь еъна ю, аьллера.
 Мацца а Тамара ядийначаьргахь йита реза хилира и ерш. Де-харш дечарна жоп делла, масла1ат хилира. Амма, шаьш оьг1аз бахана хиларе терра,   боккха там элира.
 Ахча нахера юхалург даккха дийзира Халадан. Майрабек, цкъан а такхалурдуйтехь, аьлла, декхарла вуьйжира.
 Ша - тайпа йог1у лаьмнашкахь аьхке. Маьлхан декхна де х1оттарх, ца йолу йовхонан тов. Гобаьккхина ирхихначу хьаннаша хьулдинчу лаьмнанщй, и лаьмнаш эрина чу1ийдалучу шовданаший, ког бил-лал меттнг йоцуш, хьийкъинчу бецан сеналлой ц1ена, сирла, мела латтадо х1аваъ. Мичча аг1ор ваьлла сецча а, 1аламо хьоьстуш сан¬на хетало.
«Маржа Даймохк я1, ма хаза а бу хьо, ма шай-кай яла меттиг йолуш мохк а бац хьо», — ойла йора цу дийнахь 1уьйранна колхозан конторе болх беха а вахана, ц1авеанчу Майрбека. Кон-торехь кхуьнга ферме говраш 1алашъян г1о цкъачунна, хила ма хиллинехь, машина лур ю, аьллера. «Говрийн пхаьжаш бахарх со декхара ваханчуьра вер вац, — дог эт1ара Майрбекан. — Ч1ог1а хала далон дезаш хилла х1ара нускал а», — к1елд1ахула б1аьргаш къерзабора цхьацца г1уллакхаш деш, чухула д1асахьийзачу Тамарега.
Кху шинне а реза йоцуш, 1аьржачу буьйсанал а 1аржъелла, когаш текхош чуй, арий юьйлуш лелара Майрбекан десте Хазару а.
— Чохь мила ву? — хоттуш хезира Майрбекана арахь.
— Хьан нийса накъост ву-кх, маьнган т1е баьрче охьа а хиъна, эла-эпсар санна 1аш, цунна мерак1ел хьийзаш цуьнан нускал а ду, — дуьхьал г1ур-г1ур деш хезира дестечо.
— Оссалам 1алайкум! Хьо х1ун деш 1уьллу доьхка хаьдда топ санна? — чоьхьавелира Селим-Солта.
— Ва1алайкум салам! Со х1окху тхешан модаш юьзначу кер-тахь юьртаден болх   беш  ву-кх, — ша 1аччуьра хьала а г1от-туш, жоп делира Майрбека.
— И хьаькамалла хьаьнгга-хьаьнга а лелалуш дац хьуна, хьуо х1окху зударшка д1а ма ваккхийталахь!
— Кхара ца ваккхахь а, ца ваьлча-м вер вац. К1ордийна хьех а, мерах а чекхъяьлла суна, схьакхаьчна а валале х1ара ц1енойн ши лапг1а а, х1ара балха ваха меттиг йоцу юрт а, х1ара мера к1ел хьийза зударий а. Шен да хьакхийца воллийла суна кху ц1а ван марздинчун. К1ант-м Павлодаре д1атаь1ар ву Далий, эвлаяаший мукъалахь! Буьтур вай шуна х1ара сацкъарх буьзна, муьста Дай¬мохк.
— Сих ма лол хьо д1аваха. Со-м хьуна балха ваха меттиг йийца веаний!
— И х1ун меттиг ю?
— Иза дера ю шортта кара х1ума ян чот а йолуш, 1аламат дика меттиг.
— Ткъа хьуо х1унда ца воьду хьо, иза иштта дика меттиг хилча?
— Да виса, ахь яьккхина итт калас яьккхина елара! Ца дийши. 1овдал хили. Т1аккха а цхьана х1уманах ка ца тоьхча, хьо декхара-лара а вер ма вац.
— Зуда! Катоххе юург кечъел! — мохь туьйхира Майрбека Тамарега. — Дийцал ткъа, и х1ун меттиг ю?
— Хьуьна т1е объездчик воьдий хьо?
— Хьуьнан хехой?
— Х1аъ! Кхетий хьо ас бохучух?
— Иза хьуна дика дага-м деа! Ткъа со вохуьйтур варий цига?
— Хьо х1унда ца вохуьйту? Хьалхо цигахь хилла цхьа суьйли д1авахана. Цига ваха хьажа веза хьо. Леснийчина жим-т1ама там бан дезар ду, бакъдерг дийцича.
— Иза-м хала доцург дара, къаьркъа ца молуш хир ма вац иза. Хьуна вевзий иза?
— Жим-т1ама вевза. Хьо реза велахь, ас дуьйцур ду хьуна цуьнца.
— Реза ву. Ч1ог1а ву. Хьун ца езаш а, дечиг ца дагош а цхьа а вац, д1айохкарх, атта кхачон гергаяхана иза а яц. И болх ас бийр бара хьуна!
  Майрбек керлачу балхахь дукха ца витира. Билет а доцуш нахе къайлах, хьекхийтина хьун гуча а яьлла, балхара д1аваьккхира.
  Цхьана февраль беттан малхо ло дашош, хат баьллачу дийнахь, кара чамда а эцна, почта яхьаш еанчу машина а хиъна, юьртах велира Майрбек.
«Болх лаха вахана», — дуьйцура ц1ахь болчара шайга иза хаьтича.
«Ас кехат ма тессинехь, т1аьхьа йог1ур ю хьо», — декара Тама¬рин лерехь цуьнан т1аьххьара дешнаш.
Кехат хьеделлера. Мацца а, б1аьста, май баттахь деара кехат ден ц1арах. Цу т1ехь дуьйцура, болх хила мегаш бу. Са ма гатде, бохуш. Тамарех лаьцна х1умма а дацара. Т1аккха Тамарас ша яздира майрачуьнга кехат. Хаийтира, шаьшшиннан х1инца жима йо1 хилар. Дийцира, цунна Лайса, аьлла, ц1е тиллина хилар. Амма дуьхьал жоп ца дог1ура. Тамарин ч1ог1а сагатлора. «Цхьаъ хила-м ца хили техь? Цхьа хьовзамма-х ца 1оттабелла техь?» — марсадаьллера са. Цецъюьйлура, шен марден а, меран дестен а парг1ат 1ерах.
Цхьана дийнахь Халада ша волчу чу кхайкхира Тамара.
— Х1ун боху ахь, Дада? — чоьхьаелира Тамара.
— Хьан дагахь дерг хаьа суна, — д1адолийра мардас къамел. — Хьайна башха ницкъ ма бе ахь.
    Цхьа тамашийна д1адолийна и мерза, эсала къамел хезна Та¬мара, лаьттачохь, йист а ца хуьлуш, сецира.
— Со суо а вац хьуна оцу к1ант ю бохучу стагйоцчу х1уманах воккхавеш 1аш. Цо д1адолийна цхьа х1ума а ца хуьлу беркат долуш. Цунах лета сан а ца тарло, вуьшта, шега д1абохучух и кхеташ а вац. Суна схьахетарехь, Дала суна 1азапна велла ву и к1ант.
  Тамара корта а оллийна, эхь хеташ 1ара.
— Вуьшта, Тамара, — жимма сецна д1адолийра Халада ша ден къамел, — суна хьох ч1ог1а эхь а хета, хьох дог а лозу. Дог гуш верг Дела ву-кх, хьо сайн йо1 санна ма еза суна. Хьуна бохам цахуьлуьйтуш и сайн к1ант иттазза волуьйтур ма вара ас.
«Х1инца х1ун ала воллу те х1ара? Хьайн ц1а г1о ала-м ца вол-лу те?» — ц1еххьашха дагадеъна, ц1е летира къоначу зудчун дег1ах.
       —Тамара,  ас-м хьо цхьа х1ума ала чукхайкхира. Хаалахь, Тамара, тахана дийнахь а, кхана къематан дийнахь а, хьо сан йо1 а ю, хьоьга вон вист хилла стаг а, хьуна вон болх бина стаг а сан мостаг1а а ву хьуна. Кху ц1ен т1ехь маьрша хир ю хьо, цхьана а дена а къийла а на луш. Ас хьан сий мел ден, кху лула-кертарчу наха а хьан сий цадарна а ца кхоьру со! Ас и дерриге а х1унда дуьйцу хьуна аьлча, хьуна дагадан тарло, и хьайн ц1ийнада боху х1ума д1аяхана д1аяйча, хьуо цхьанна а кху ц1ен т1ехь ца оьшу, аьлла. И бакъ дац. Парг1ат хир ю хьо кху ц1ен т1ехь. Хьуна лиъна-чу хенахь, хьайн дехь-ненехь х1ун хьал ду хьажа, ц1а а йохуьйтур ю хьо. Муьлхха а хьайна лиънарг соьга схьаала мегар ду хьуна...
Ша кху ц1ен т1ехь шо сов хан йоккхуш, дуьххьара хезаш дара Тамарина и тайпа мерза дешнаш. Садетта г1ертарх 1а а ца елла, ша 1аччохь, б1аьргех хи а хьаьдда, елхар иккхира Тамарига.
— Тамара! Д1аяла д1а! — Ша 1ачуьра хьала а г1аьттина, улло хьаьвзира Халад. — Хьо иштта к1еда стаг юй ца хаьара суна. Д1адахал и хиш! Сонта хила мегар ма дац! Ас-м хьо елхийта ца дира хьоьга и къамел! Шек д1а ма яла хьо кху дуьненан балхах! Хьо сонта стаг ма яц. Хаза, хьайн йо1 а 1алашъеш, цхьана а х1уманан г1айг1а а ца еш, 1е хьо. Яг1ахь, и стаг йоцу х1ума цкъа ц1а йог1ур хир ю.
Тамарас шега х1умма а олий те, бохуш, ладуг1уш, сецира Халад.
— Соьга ала х1умма а дуй хьан? — хаьттира цо, нус йист ца хуьлий хиъча.
— Дац, Дада... Баркалла хьуна!
— Дика ду делахь. Парг1ат хила хьо х1инца.
  Мардас шега дина хаза къамел юх-юха а дага оьхуш, йоккхаеш Тамара лелаш, кхин а ши бутт гергга хан йолуш лаьттара. Цхьана сарахь хи т1е яханчуьра йог1учу Тамарига почтальоно кехат делира. Кехат юха а Халаде дара.
«Павлодарская область, Майский район, пос. Майский», аьлла, дара буха яздина адрес. Чукхаьчначу Тамарас, сихха шен карара ши ведар охьа а диллина, шен лулахойн йо1 схьа а кхайкхина, ке¬хат мардега д1адалийтира. Товш ца хийтира шен майрачуьнгара кехат мардега ша д1адалар.
— Конверта чохь ши кехат хиллера, х1ара хьоьга ду — аьлла, д1акховдийра йо1а шалхатоьхна кехат. Кехат сихха схьа а эцна, т1ехьаьжначу Тамарас дийшира: «Хьуо реза елахь, кху адресца т1аьхьа йола», — аьлла масех дош. — Вукху кехат т1ехь х1ун дара? — хаьттира цо йо1е.
— Ша совхозехь трактористан балха а х1оьттина, шена са а ма гатде, хила ма-хиллинехь, ша ахча а тосур ду, декхар д1адала— аьлла дара-кх, — элира йо1а.
       - Кхин х1умма а дацара?
        - Х1ан-х1а.
Иоьхна лаьттара Тамара: «Муха йола боху цо    соьга д1а? Со муха г1ур ю жима бер а эцна, суо д1а, цхьана накъост а воцуш? Иза а «хьайна лаахь  йола  боху...
И муха яздина кехаг ду, оыг1аз вахча санна? Шина-кхаа бат-тахь ца яздеш а 1ийна, яздинчу кехата т1е кхин х1умма а дилла йиш яцара-те цуьнан? — дагадеара т1аккха ц1еххьашха. Шегахь цхьа к1еззиг а йовхо йисина хилча, яздийр ма дацара иштта шийла кехат... Цкъа ц1а а яхана,  ненах дага ца ялахь ер яц...»
— Дада, со ц1а яхана, буьйса яьккхина ян мегар да¬рий? — хаьттира цо Халаде.
     — Дера мегар ду! Муха мегар дац, — пурба делира мардас.
Шоалг1ачу дийнахь Тамара ц1ахь яра. Кара-кара оьцуш, хьоьстуш хьийзайора нанас а, ненан йишас а, йижарша а жима Лайса. Майрбека даийтина кехат дагадог1ий, ойланашка йоьдуш, цхьа к1еззиг зама яьккхира Тамарас, шен нене дагахьдерг ца хьахош. Т1аьххьара а, дийцаза ца 1аелира.
— Мича? Муха? — Децъюьйлура нана.
— Хьер-м ца ваьлла иза, — элира ненан йишас. Цаьршимма цу дийнахь динчу къамелаша ойла йохийнера жимчу зудчун.
Ша Майрбеке язден долчу кехатан ойла еш лийлира Тамара шоллаг1чу дийнахь сарралц.
«Сайн дагахь мел 1аьткъинарг т1еяздича, халахетар ду цунна», ойла йора цо.
Буьйсанна, ц1ераниш берриш д1а а бийшийтина, яздира цо:
«Стаг, хьан кехат схьакхечи тхоьга. Ахь х1ун леладо ца хууш, ч1ог1а сагатдеш бара хьан да а, кхиболу ц1еранаш а. Муха ду те-хьан 1ер-вахар? Чохь 1ен меттиг муха ю хьан? Ахьа-м соьга, сайна лаахь, д1айола боху, со д1аеъча муха, мичхьа 1ийр ду те вайшиъ?
Цунах лаьцна х1умма а ма ца яздо ахьа? Суна д1аян лиъча а, соьца накъост а ма вац, ша вайшиннан жима Лайса йоцург. Со-м ахь бохург ца дича ца йолу, вуьшта, суна-м хьо ц1а ван а, вайн дан долийна раг1у чекхдаккха а луур дара. Юха а хьоьгара кехат даре сатуьйсуш 1ийр ю со. Ц1а са ма гатде. Дада а, Нана а дика 1аш ду. Оьшуш х1умма а дац.  Ахь кехат тесча, хьуна луъург дийр ду ас. 1о дика йойла хьан. Тамара».
Алссам милт чуоьзна, г1ийла богучу мехкадаьттанан чиркхана хьалха шен йо1 кехат яздина яллалц ши б1аьрг а биллина, ладуьй-г1уш 1ийра Бикату.
         - Ахь х1ун до, йо1? — хаьттира цо шоллаг1чу 1уьйранна, кога ши кало а туьйдина, конверта чу диллина кехат кара а эцна, араолучу Тамаре.
         - Почте йоьдура со-м, мама.
         - Асмаъ ма ю туькана шекар эца йоьдуш, цо д1атосур ду хьу-на хьан кехат.
          - Дика ду х1ета. Х1ан, Асмаъ, яьшки чу таса ма дицделахь, - д1аделира Тамарас кехат шеи жимаха йолчу йишига.
     Ца хаьара Тамарина, и кехат шега схьалолахь-аьлла Бикатус; Асмаъ йохуьйтуш хилар.
    Цхьа буьйса а яьккхина, Тамара шен марзошна т1е хьала яхара.
   Цуьнан лар къайла ма-елли, охьахаийра Бикатус Асмаъ Павлодарехь волчу Майрбеке кехат яздан.
«Стаг, — д1адолалора кехат, — со кхеташ яц ахь лелочух. Вала воллуш санна т1екхетта яда а йина, со дакъаза яьккхи ахь, сан нах сийдоцчу а бохуш, х1инца дуьне ма-дду д1а а вахана, тилла ле-лаш ву хьо. Хьуна со ма атта хета! Хьуо мел хехкалучу со хехкаелла ер ю аьлла хета хьуна? Бакъ дац хьуна моьттурш! Со-м хьа-ха ю нахана нах а хеташ болчу, тоьллачу нехан йо1, х1умма а хьох ийзаяла меттиг болуш а яц! Хьайна лаьий, нах санна ц1а а веана, ваха хуур ву хьо, ца лаахь, ц1а а волий, йита а йитий, со д1аяхийта. Схьахетарехь, хьайна оылуш ядийна ца хилла ахь со, хьайн дений, дестечунний хьалхара яцон ядийна хилла.
  Кхин сан хьоьга дийца х1умма а дац. Цу шиннах хьайна луъург къастор ду ахьа!»
«Шена вайн йо1 езахь, ц1а а веана, шен зудчунна уллохь 1ийр ву, ца езахь, йитина ц1а яийтича а х1умма а дац. Цул г1олийниг а карор ву» — барт хиллера ненан, ненан йишин.
 
Цу дийнахь, хьалххе хьалаг1аьттина, х1уманаш йиттина, якъон хьала а оьхкина, шеца Селам-Солтийн зуда Пих1а а яьккхина, дан долийна бешара асар чекхдаьккхира Тамарас. Т1аккха чу яхана, мардений ,меран дестечунний яах1ума елла, пхьег1аш д1а а яьхна, уьйт1а нуй хьоькхуш 1ара Тамара.
— Тамара, кхоана х1ун ло ахь? — Геннара мохь тоьхна, схьа-кхайкхира почта лелошъерг. Жимачу зудчун дог тоха-делира.
— Хьуна х1ун еза? — Шена хазахетар къайладаккха а г1ерташ, т1ейолаелира Тамара.
— Цкъа хелха ялал хьо, — иза хьийзон г1ертара къона поч¬тальон.
— Д1аялахьа, йо1, дог ца дог1у сан хьоьца ловза, хьаьнгара ду и кехат?
— Хьан Смелый-Бекера ду-кх, хьоьга лично в руки аьлла даий-тина!
— Х1ета-м яллане а ер яцара со хелха, схьалой ялал!
— Х1ан, д1аэца, йиш яц сан хьо хелха йохуш 1ан,    вуьшта, ас иштта атта д1алур-м дацара хьуна и, — ела а    йоьлуш,   иккхина яьлла, д1аяхара почтальон.
«Лично в руки» аьлла т1еяздинарг юха а деша а дешна, хаза-хетта, шен халатан кисана диллира Тамарас кехат. Т1аккха, цкъа чуиккхина, самаяьлла йоьлхуш йолу шен Лайса караэцна, и хьеста а хьоьстуш, меллаша йолаелла, дан долийначу раг1уна т1ех яьлла, цхьана дечка т1е охьахиира.
— Лайса, хьажал, вайшинга дадас кехат ма даийтина, — киса-нара схьадаьккхина, конверт шен йоь1ан жимчу куьйгана к1ел а диллина, цуьнах йоккхаеш, цхьа минот ялийтира Тамарас. Т1аккха, кехата т1ехь яздинарг деша х1оьттира: «Зуда, тахана дуьненахь а, кхана къематан дийнахь а, ворх1 ц1е тесна, сайна хьарам йина, нахана хьанал йина, йити ас хьо», — и дешнаш дара кехата т1ехь нисса кхузза яздина. 1адийча санна меттахахьан ца яьхьаш 1ара Тамара. Сихха юха а адресе хьаьжира. Кехат Майрбекера дара.
— Хьуна х1ун хилла Тамара, хьуна т1ехь бос ма бац, хьаьнгара ду и кехат? — цецваьлла хаьттира Халада, йоьхна, жима йо1 а эцна, ша волчу чоьхьаяьллачу несе.
— Дада, х1ара кехат цуьнгара ду-кх, кхуо х1ун боху-те? — йоьхна, хаьттира жимчу зудчо.
— Х1ун ду цу т1ехь? Х1ун боху цо? — несал а воьхна, хьалаик-кхира марда. Кехат цуьнга д1а а делла, едда, араиккхира Тамара. Мохьбетташ кхайкхарх, Тамара схьайог1ур а ца хилла, кехат а эцна, сихвелла, лулахошка вахара Халад. Лулахошкахь хиира цунна а, кхиболчарна а кехат т1ехь яздинарг х1ун ду.
— Х1ай, веза Дела! Велара-кх хьо яздинарг цкъа суна уллохь, соьгара хьо ваккха стаг а вацара, Делан шиний къур1анор, хьо верал хьалха х1ума дийр ма дацара ас! — холчах1оьттина хьий-зара Халад. «Лулахошка а дешийтина, нахала мукъа ма даьккхи делара!» — ойла йора цо.
Лехна, Селим-Солтаг1аьргахь карийна, ша волчу чу йигира Та¬мара.
Ша къамел д1а муха долор ца хууш, воьхна хьийзара Халад. Къанвала волавеллачу цуьнан кхоьлина б1аьргаш хих дуьзнера, аз дегадора. Шен лекха чола куй схьабаьккхина, стоьл т1е охьа а буьллуш, г1анта т1е охьахиира воккха стаг.
Йилхина, ц1ийделла б1аьргаш гайта эхь хеташ, неПарехь, аг1ор а йирзина лаьттара Тамара.
— Тамара, — меллаша вистхилира Халад, — и кехат цу хьеръ-яьллачу х1умано шен корта хьаьвзинчохь яздина ду. Со цуьнан да а волуш, хила йиш йолуш х1ума дац и цо цу кехата т1е яздинарг. Вайшиъ сихдала мегар дац. Ас цига кехат яздойтур ду цуьнга, сайн дагахь дер-дериг т1е а дуьллуьйтуш. Т1аккха хуур ду вайшинна дан дезарг. Ахь хьайна ницкъ ма бе. Хьо а д1аяхча, со суо цхьаъ ма вуьсу...
         Сан кхин йо1 а яц, я к1ант а вац. Вериг а нехан кхардам бу. Цу Делан элчанах дуй буу-кх ас, и тайпа кехат кхаьчна ца хилийта, иза велла аьлла кехат кхочуьйтур ма дара ас. Ахь цхьаний дега а ма хьахаде и даийтина кехат. Со 1овдал хили, иза а эцна, лулахошка вахана. И хьайн дагара а д1адаккха. Х1умма а ца хилча санна, 1адда 1е. Хьоьга вистхила стаг а вац хьуна, со дийна мел ву!
Халад луьйчуьра сецча, Тамара меллаша дехьа чу елира. «Кхул т1аьхьа х1уъа дийцича а, хила хийцам бац» — хьоьхура зудчун доьхначу даго.
Шоллаг1чу дийнахь, юьртахь мел волчу стагана д1ахиира Та-марийга юьтуш кехат даийтина хилар.
Цул т1аьхьа ши к1ира даьллачу хенахь, т1аьхьа а еана, нанассий, ненан йишассий д1айигира Тамара, хьажа-х1отта юьгу, — аьлла.
Шо гергга хан елира цул т1аьхьа, мел дехаре нах эхийтарх, а йолчара шайн йо1 схьа ца йоуьйтуш. Халад ша а ваханера Тамарийна т1аьхьа, амма йоь1ан ц1ерачара цунна шайн йо1 гуча а ца ялийтира. Цул т1аьхьа дукха ца 1аш, ялийна, х1етта кога яхана жима Лайса а д1аелира мардега.

Т1ебеара 1965 чу шеран апрель бутт.
Тишвелла, де доьхна Халад, шен зуда Хазару а, жима Лайса а эцна Меънийчу к1отара 1ен д1авахана   кхоалг1а шо доладеллера.
«Ц1а а веана,   хьан нахана юкъахь ваха ца хиъначул т1аьхьа, сан к1ант вац хьо. Со да ву алий а, я со веллачу тезета а хьайн ког боккхур бац ахьа», — бохуш Халада шен к1анте кехаташ тийсина а, Майрбек гучувалаза а ялхолг1а шо доладеллера.
Цу апрель беттан хьалхарчу деношкахь к1елйисина, меттахь шо гергга хан а яьккхина, кхелхира Хазару. Берриг дуьненан синкъерам а, синтем адуьненан маь1на а, х1инца ялх шо кхаьчначу Лайсица доьзна дара Халадан. Сиха йоккха хуьлуш йог1ура йо1. Лерана ларъеш, ц1ена, йовха лелайора Халада к1ентан йо1. Ша цхьанхьа базара д1аса ваьллачул т1аьхьа, йо1ана хаза-хазаниг, х1уманаш эца г1ерташ, воллура. Иштта гулделлера Лайсин кхоъ тайнаг, кегий пхьег1аш, жима пондар, буьрка, дуккха а кхин а лов-зон х1уманаш. Хьалххе г1уллакх дан 1ама а дийзира Лайсин. Х1у-ма йиъна пхьег1а ц1анъяр а, чу нуй хьакхар а, бежнаш божал чу лахкар а, и тайпа г1уллакхаш Лайсас х1инцале а шена т1елаьцне-ра. Наг-наггахь, Лайсин сагатлуш санна а хетий, иза шен йишин йо1 йолчу Нала хьошалг1а йохуьйтура Халада.
Амма хьошалг1ахь сиха к1ордадора Лайсина. Ма-хуьллу шен деда волчу юха ян сихлора.
— Дада, тховса дуьйцур дуй ахь суна туьйра? — хоттура Лай¬сас х1ора суьйранна а.
      - Дера дуьйцур ду,  —Г1адвоьдий, къежара Халад.
— Хазаниг дуьйцур дуй ахь?
— Ду. Дера ду!
Амма гуттар дуьйцуш долу туьйра цхьаъ хуьлура Халадан. И цхьаъ бен ца хаьара цунна, керла-керла х1уманаш т1едетта-м г1ертара. Туьйране ладуг1уш лаьтташехь, меллаша набаро хьулбора йоь1ан боккха, стигал санна сийна ши б1аьрг.
Сирла, хьаьрса месаш,   жима мара, елаелча, беснеш т1е х1уьтту к1аьгнаш — дерриге а йоь1ан юьхьан аматаш Майрбекан ненан, Эсилийнчух тера хетара Халадна. Хетара, Павлодарехь елла д1айоьллинчу шен йо1ана дуьхьал дала цхьа къинхетам а бина, х1ара кхоьллича санна. 
Цхьана дийнахь, колхозан хьаьжк1ашна ха деш, го боккхуш ле-лачу Халадна геннахь, юьртара схьабог1учу г1ашлойн новкъахула меллаша схьаг1ерташ цхьа жима зуда гира, каралаьцна боккха т1оьрмаг а болуш.
«Х1ара зуда мила ю те, хьанна дага веана-те со?», — бохуш, леррина хьоьжура Халад зудчуьнга. Цхьана хенахь иза некъаца хьаьвзина, меънашна юккъе юьйлира. Цул т1аьхьа, еана, к1отарна лаккхахьа саца а сецна, «Х1ей нах!» — бохуш, кхайкха юьйлира. Дехьо, хьаьжк1ийн майданан сонехь лаьттачу Халадах б1аьрг ца кхетара цуьнан.
— Тамара! — Меллаша кхайкхира Халад жимчу зудче. Сихха схьайирзинчу Тамарин б1аьрг кхийтира шен хиллачу мардех.
— Дада! — цуьнга д1ахьоьжуш йог1аелира жима зуда. Б1аьргех, 1овраш санна, хиш хьаьвдира. — Дада! — меллаша, т1еяхана, къевллина мара кхийтира иза воьхна лаьттачу Халадана.
Халад вист ца хилалора. Цуьнан б1аьргех а хиш хьаьвддера. Логе шад х1оьттинера.
Пеххьа хан ялийтира цаьршиммо вовшашна мара а кхетта, диет ца хилалуш.
Т1аьххьара а вистхилира Халад:
— Тамара, ма хала еъна хир ю хьо. Цхьа а накъост а вац хьоь-ца? Ма к1адъелла хир ю хьо. Схьайоьл чу. Ма латтал. Со-м суо валале, хьо кхин гур а юй те сайна, бохуш, ма 1ара. Хьо-м йог1ур йолуш хилла. Ма дика ду, Тамара, хьо еъна. Ма хаза хетийти ахь суна! — Шен б1аьргех куьйгаш а хьоькхуш, хиш д1адаха г1ертара Халад.
— Со-м йог1ур йолуш ма яра, Дада. Нана д1аяьлла аьлла а ма хезира суна. Х1инццалц 1ийн-кх, ян аьтту боцуш.
Х1инца а, сайн нана йолчу еъанчуьра схьаеана со. — 1итталуш, дуьйцура Тамарас. Цунах хаалора Тамара шен керлачу марзойх ч1ог1а ийзалуш хилар. — Дала геч дойла-кх вайн д1аяханчу Нанийна. Дала шен х1усамах йоккхаейойла иза, — юха а доггах елхй йолаелира Тамара, Хазаруна кадам беш.
— Х1ун де, ткъа, уьш вайга хоьттуш х1уманаш дац. Дерриге а ду-кха вай цига д1адаха дезаш. Ма елха. Уьш вайга нислур дац, — Тамара теян г1ертара Халад. Къахетара жимчу зудчух, шен к1ант бахьана долуш, цуьнан 1аьвжана хиллачу жимчу дагах.
Кара боккха нуй а эцна, араелира Лайса. Тамарин ши б1аьрг х1инца йо1ана т1е бог1абеллера.
— Тамара, хьо чу г1о, со цкъа юха а хьаьжк1ийн майдана го баккха дезаш ву, — д1аволавелира цуьнан дагара хиъна Халад.
— Дика ду, Дада. Ас собар дийр ду, — сецира Тамара, йо1ана т1е яха эхь хеташ.
— Собар а ца деш, вайна чай дохдел ахь, — аьлла, д1авахара Халад.
Меллаша т1ейоьдура Тамара ганза пхи шо сов хан яьллачу шен йо1ана. Йо1, леррина схьа а хьоьжуш, лаьттара. Б1аьргех, сецо г1ертарх ца туьйш, оьху хиш д1а а хьоькхуш, ела а г1ерташ, улло яхара нана йо1ана. Лайса цецъяьлла хьоьжура шена ца евзачу зудчуьнга.
— Лайса, хьо х1ун деш ю? — Йистхилира Тамара.
— Х1умма а. — Эхь хеташ, корта д1ахьийзабора йо1а.
— Лайса, ас хьуна дуккха а х1уманаш ма еъна. Схьайола, чу-г1о вайшиъ? — Куьг а лаьцна, чоьхьаяьккхира Тамарас йо1. Т1аккха, ша цхьанна а гур йоций хиъча, къевллина мара а йоьллина, цунна обанаш баха х1оьттира. Йо1 д1аг1ертара.
— Хьажал, Лайса, х1орш кучамаш ю хьуна. Х1ара кастюмчик ю хьуна. Хьажал, х1ара йовха мачаш! Х1ара носкеш ма хаза ю. Гой хьуна?
Йо1 меллаша къежара, бес-бесарчу, хазачу х1уманех шен б1аьрг кхетча.
— Со хьан мама ма ю, Лайса. Со ца евза хьуна? — Юха а маара юхкура нанас йо1. Дерриге а дицдинера карлабаьллачу ненан безамо. Вехха лийлира Халад доггах хьаьгначу безамах Тамара къахко ца лууш, чу ца воьдуш.


     Мархийн баттахь, п1ерасканан буса г1ан гина Авалу – Хьажина. Малайк х1оьттина цунна дуьхьал. Малайко аьлла: «Нохь пайхамара к1елхьарадаьккхина х1у юха а телхаш лаьтта. Цу х1ух бухадиссанарг Нохчмахкахь цхьа 1ожан синтар ду, цу синтар т1ехь цхьаъ бен 1аж а бац. Нохчамахка а г1ой, и 1аж хьайна муха карабо хьажа. Цу 1ожан х1у ахь юхадоладахь, денлур а ду, дебар а ду бусалбанан дин. И х1у даржош берг мох хир бац, нах болчу нехан дош хир ду. Адамаша цу дешнашка ла доьг1на, уьш мацца а юха ийманчу а боьрзур бу. Х1етале шайна а хуур ду царна, шаьш иймане ца дирзича х1у хир ду а, эхь – ийман бен дуьне духучара сацон кхи ницкъ боций а».
     Суна Авалу - Хьажа дагавеара. Ас цуьнга хаьттира:
     - Ткъей ит шо хьалха Ночмахка веарий хьо?
     - Веара – жоп делира х1усамдас.
     - Хьо лаьмнашкахула лелаш, мангалара вог1уш цхьа стаггий, ши к1антьтий дуьхьала кхитирий хьуна, цареха жимха волчу к1анта боккха ц1ен 1аж белирай хьуна?
     - Белира дера! Цу 1ожан х1ух кхиийна ю-кха ас х1ара беш! – кхоччуш цецвелира х1усамда.
     - Делахь, х1инца тхойшиъ а кхачийкха Дала цу хьан беша. И хьуна х1етахь 1аж белларг со вара хьуна.
     Авалу – Хьаьжа цу дешнаша цец ца ваьккхира. Цо, эсала вела а къежна, элира:
     - Суна хеара, Кунта, хьо кху беша кхочур вуй. Х1ара ша – тайпа беш ма ю. Х1ара адамийн синош дузор долуш беш ю. Х1ара кху лаьтта т1ехь Аллах1 Дала вайшинга йиллийтина ялсаманен беш ю. Башха бу кху бешара стом. Инзаре ю цу стоьмийн марзо. Цу марзоно кху дуьненчуьрчу массо а адамийн а синош 1абор ду. Ма дика ду, Кунта, со валале хьо кху беша кхаьчна.
     Х1етта девлира Авалу – Хьажин б1аьргех хиш. Уьш уьхура, 1овраш санна.
     - Бехк ма биллалаш, со стена воьлху хеий шуьшинна? – хаьттира х1усамдас. Охшимма жоп далале, элира, - ма яккхий халонаш ю нохчашна т1ех1уьттур йолуш. Уьш ерриге а ловр ю нохчаша. Лан угаре а халаниг – Делан ц1арна т1ехьа а лечкъаш, вовшен бойуш, вовшашка харцлуьйш, хьийзар бу цхьана хенахь нохчий. И дерриге а цара дуьненан рицкъанах 1ехабелла лелор ду. Амма шаьш муьлуш ду а, хьенан т1аьхьенаха ду а, шайна лелайчи эхь дерг х1ун ду а хеъна даьлча, доллучу дуьненна а пайде бевр бу нохчий.
      Иштта тамашена къамел хилира – кха сан цу махкахь – дерзийра Кунта – Хьаьжас шен къамел. Цул т1ехьа со сихха самаиккира.
      - Суна а гира хьастаха цхьа тамашена г1ан, - меттаха велира Хьасан. – Эртанахь, Хедин зератехь дукха нах бара, зингат санна схьагулбелла. Лакха т1ехь цхьана наха зуькаран ч1уг хьора. Инзаре йоккха ч1уг яра иза, стигланаш а, латта а д1алаццал. Ц1еххьаршха стигал къевкъира. Мархаш евлла, 1аржделира дерриге а дуьне. Мичхьара йолу ца хууш, цхьа тоба гучуелира. Церан карахь яккхий 1аьржа канистраш, ведарш дара, бензинах дуьзна. Хьалхаваьлла вог1учун карахь ц1арах догуш хаьштиг дара.
     - Аш х1удо? Шу лаа дуй? Хьара бензина, ц1ей стена дохьу аш? – хаьттира цаьрга наха. Хаьштиг айдина вог1учо мохь туххуш жоп делира:
     - Зераташ дар, стагах Дела ван г1ертар Къур1ано магийна дац. Аш лелош дерш 1есачу динан х1уманасш ду. Тхо х1ара зерат ц1е тесна, даго дохку, шу бакъ дине дерзо а дохку!
     И дешнаш церан багах довллушехьа, схьахахкабелира зуькар деш хилла нах. Уьш дарбелла бара.
     - Схьадаккха цаьргара бензин, охьабахка уьш, ц1е тасай, багабе уьш! – маьхьарий доьттура цхьаболчара.
     - Дагаде! Аш ц1е тесна, дагийча тхо г1азотехь хир ду! – къар ца лора вуьйш.
    Наха, т1екхетта, цаьргара бензине, хаьштигге схьадаьккхира. Уьш лаьтта охьа а бехкина, царна т1е бензин 1ано дагахь хилира. Т1аккха адамаш юьккъехь г1овг1анаш евлира. Ша массо а зерата аг1ор хьаьжжанчахь, 1адийча санна виссира. Шарула к1ай марчох йича санна к1ай еха коч а йолуш, зерата чуьра араяьлла йог1ура Кунта – Хьажин нана Хеда.
     - Совца, собар де! – элира цо меллаша нах баго кечбеллачаьрга. – Х1орш бац кхераменаш. Кхерал а кхераменаш – сан к1антан вирдехь ду шаьш, бохуш, цунна т1ехьа а лечкъаш, нехан хьакъ дууш берш бу. Зератан г1ишло, ягийча а, г1ишло бен яц. Мискачу нехан – боберийн, биссана 1ачу зударийн, цомгашчера, заь1апчера, бакхий хилла, к1елбиссанчеран хьакъ лечкъош, кхаь1наш делчи бен церан г1уллакхе ца хьовсуш берш бу кхераме, мел цара каде зуькарш дахь а, мед дукха цара мовладаш ешахь а. Д1ахеца, д1абахийта х1ара нах. Х1орш а кхетар бу, оьг1азаллой, гамонай, т1амой х1умма а ца нисдой.
     И дешнаш а аьлла, Хеда меллаша шен коша чу юхайирзира. Зерат даго дагахь хилларш, дохкобевлла, кортош а ихкийна 1ара. Дерриге адам а ойлане даьккхинера Хедин дешнаша. Со самавелира.

Къанлуш лаьттачу Халадан коьртехь карладуьйлура Хазару елла, тезет х1оьттина де. 
 Хазару д1айоьллинчул т1аьхьа дукха нах ца х1иттира вон деанчу керта. Нахера кадам схьаоьцуш, Халадна улло х1итта шен нахах ши-кхо стаг а ца велира. «Иштта хир дацара ондабевлла, г1уллакхехь, нахана буй а хууш, наха лара а лоруш доьзалш, йиша-ваша хиллехь. Нехан тезеташкахь, бер деллачохь а, д1а-х1уьтту марзой, стунцахой, дехой, ненахой. Лапп-олий д1аоьцу бала, г1айг1а.    Со лаьттара,   цавезачеран даьлла луург а муьйлуш». 
Г1елвелла, лазар иккхира Халадан дег1е. Дагар а, хорша а: оьхура. «Ванах, сан кху охьавожарх, кхалхар нислахь, елла х1усам-нана ца лайна, велла эр ду-кх суна наха!», — г1айг1а хиллера вок-кхачу стагана.
Цу сарахь, хьалаайвелла, чиркх латон карах ца долуш, юрг1а-нах хьерчаш 1уьллура Халад. Юха а т1е хорша ян г1ертара. Къовлалуш лаьттачу бодано даг т1ера сингаттам алсамбохура. Ц1еххьашха, не1 а йиллина, чуелира жима Лайса.
— Дада, ас чиркх латабе вайшинна? — хаьттира жимачу йо1а.
— Дера латабе! Хьуна хуур дуй? — цецваьлла хаьттира Ха¬лада.
— Хуур ду, ахь оцу чуьра 1аржъелла х1ума д1ахадаяхь-м, — жоп делира йо1а.
— Схьабал т1аккха чиркх, меллаша, т1ера куьзга а ца дохош. Х1инца д1ора тукар а схьада. Х1ай, дадийн дика йо1 я1! Вайшим-мо иштта д1ахадор ю хьуна кху милтан юьхьиг-м. Х1ай, дела яха хьо дукха! Схьаял х1инца сирникаш. Х1ан, д1ах1оттабел стоьл т1е.
Чохь серлаелира. Ша динчух йоккхаеш, къежара йо1.
— Схьайоьл х1инца дадийна юххе. Иштта. Цхьа оба алал да¬дийн бесне т1е. Иштта. Эй, дукхаяха хьо, ма йо1 а ю! Ма дукха х1уманаш оьцур ю хьуна дадас!
— Дада, ахь суна жима а йолуш, коромысло оьцур юй? — де-ден яьллачу юьхьа т1е куьг хьаькхира йо1а.
— Дера оьцур ю! Хи кхехьа йоллу хьо дадийна?
— Иоллу.
Халад велавелира. Дег1е г1ора дог1уш санна хетаделира. Улло еана, йо1а юха а цуьнан бесне т1е оба элира.
— Дада, и хьан месаш ма ира ю. Уьш д1а х1унда ца йоху ахь?
— Хьуна лаьий ас уьш д1аяха?
— Лаьа.
— Лаахь, дера ю ас кхана 1уьйрре д1айохур.
Воккхачу стеган б1аьргех хи делира. Амма цу хинан, х1ор т1а-дамо кийра бастабора, кхулуш лаьтта коьртера ойланаш серлайо-хура. Дахаран марзонний, ца1аллин къахьаллиний юккъехь лаьт-тара х1инца жима Лайса. Цо воккхачу стеган дог-ойла дахарехьа ийзайора.
Халадна шерра дага дог1ура йо1 йина де.
— Ио1 ю боху вайн несан, — шийлла эккхийтира Хазарус ламаз оьцуш воллучу Халаде. Халад вист ца хуьлура.  Когех хи кхорзуш 1ара.
— Оьшуш-м яра хьуна цу дена иза, — реза йоцуш элира т1ак-кха Хазарус, ц1ийнаден вист цахилар шена хетачу аг1ор туьдуш. Халад-м шен елларг а, яйнарг а, ши йо1 дагаеана 1ара, шен х1етахь холча х1оттар карладаьлла.
— Вуй! И х1ун ю цо юьйцурш?! Лар т1ехь ян а юй хьо, зуда? Йоккхаен езаш яцара хьо мелххо а? — т1ечевхира цунна Халад.
— Ас-м вайн к1ант д1авахана лела дела бохура, — юхаелира Хазару.
— Д1аваханехь, ц1а а вог1ур ву, ваханчу новкъа. Вала ваха-на-м ца моьтту хьуна иза? Я шен доьзалхо сов вер ву моьтту хьу¬на цунна? Кхин и тайпа х1ума ма хазийталахь суна кху чохь!
Лайсин дуьхьа вехара х1инца Халад. Лайсин а дацара Халадал уллора адам. Марг1алан дуьхьа лаьтташ хетало хьуьнах къена поп охьакхетча йисина юьхиг. Юьхиго доггах малхе хьалакхийдош санна хетало шена т1ера хьалакъедда марг1ал, цо шен хилла ир-сен дахар дахдарга сатуьйсуш. Иштта, вовшех даларна кхоьруш, вовшех даьлча тоха са доцуш, зама йоккхура къорачу к1отарахь, колхозан аренашний, хьаннашний юкъахь дехачу дедассий, к1ен-тан йо1ий.
Готта, кондарша а, коьллаша а хьулйина 1уьллура Меъний-чоь олучу уллорчу юьрта боьду г1ашлойн некъ. Лайсин пхи шо кхаьчна а дацара, Халад и некъ тоба волалуш. «Кестта Лайсин ишколе яха дезар ду кху новкъа», — дуьйцура воккхачу стага шех кхеттачуьнга.
Дукха сиха т1екхечира йо1 школе яха деза хан а. Денна, йо1 д1аоьций а, и ц1айог1уш дуьхьал а воьдура Халад.
Тахана мел даьккхи ахь? — хоьттура дедас.
— Пхиъ!
    — Стенна?
— Ешарна.
— Ткъа яздарна?
— Яздарна селхана даьккира.
Дика, ц1ена лелайора Халада шен жима доттаг1а. Цкъа а дов ца дора. Цхьа х1ума дара Халадан коьртехь гуттар а, д1а ца до-луш; шен дега кехат яздал 1амахьара Лайсина йоза. Ас дуьйц-дуьйцург т1е а дуьллуш, язда..
Амма цунах Халадна моьттург ца хилира. Халадна йо1ах къа хийтира, иза иштта кехат язда охьахаон. Йо1а ша яздира шен дега кехат, Халадах лачкъийна.
«Дада, хьо ц1а маца вог1ур ву? Сан сагатло ч1ог1а. Суна хьо дукхавеза. Со йоьлхуш ю хьо ц1а ца вог1уш. Ц1а вола, суна ги тосу сумка а, ботинкаш а, бантикащ а дахьаш».
И кехат шена кара деъанчу конверта чу а диллина, яьшки чу теснера Лайсас. Ткъа конверт-м, мацах цхьамма даийтинчу кехатах буха дисинарг хиллера, т1ехь Халадан адрес а долуш.
Сихха юхадеана кехат почта лелочуьнга дешийтира Халада. Хиллачух кхеттачу воккхачу стеган  дог 1аьвжира. Лайсех лачкъийра, кехат юхакхаьчна хилар.
Масех дийнахь лийлира Лайса б1аьргаш а къегош, ша динарг дедега ца дуьйцуш. Т1аьххьара а, 1а а ца елла, бежнаш 1алашдеш Халад воллучу божалан берте а еана, элира, х1илланца къежа а къежаш:
— Вайн Казахстанехь волу Дада а вог1ур ма ву кестта ц1а.
— Хьан боху иза? — ца кхеташ, висира Халад.   
    — Суна хаьа-кх.
— Хьуна стенах хаьа?
— Хаьа-кх, — елакъежира йо1.
— Стенах хаьа дийцахьа, Лайса, ас ц1азамаш эца ахча а лур ма ду хьуна.
— Ас кехат ма яздина цуьнга...
Халад кхийтира.   Йоь1ан кехат-м 1уьллура воккхачу стеган кителан хьалхарчу кисанахь, доккхачу даточу сахьтана уллохь. Ца хаьара, Лайсин ц1ена аз шен дега д1а да кхочуш и сахьт мел детталур ду...

Т1аьхьий-хьалхий, г1арг1улеш санна д1аихира шераш. Шозза ахча кхечира Халаде, Майрбекера ду, аьлла. Ша-м цкъа а гучу ца ваьллера. Хабарш хезара, цхьанхьа-м машенахь авари а йина, лаьцна хилла бохуш. Лаьцначохь, кхечу къомах йолчу зудчунна т1е вахана бохуш а дуьйцура.
Ден дог ца тоьра, «вац шен к1ант», — бохуш, мел д1ахерва г1ертарх а
Цхьана аьхка-м цунна т1аьхьа ваха ойла а сецнера Халадан. Наха дохко ваьккхира, карор вац хьуна, аьлла. «Ванах, со лахьг со д1аволла а вог1ур вац техь иза?» — т1аьхьа-т1аьхьа 1еткъара дена.
 

Х1ора шарахь, аьтту хилла-хиллачух, шен йо1 ган йог1ура Та¬мара. Вуьшта, йо1 шена т1е дукха ца ийзайора. Хаьара, йо1 т1еийзо ша яьлча, керлачу марзошна товр доций а, йоь1ан дагна 1ий-жам алсамбаккхар бен, цунах хила кхин г1олий йоций а.
Шен нанас дина ваша а, йиша а ч1ог1а дезара Лайсина. И шиъ цхьацца даладора Тамарас, ша йог1уш. Гулйой, т1еюха тайп-тайпана х1уманаш а йохьура йо1ана. Халаде, елха а йоьлхуш, цкъа эккхийтира цо цхьана дийнахь, ша еана йолуш: «Делор дац сан тахана а Лайсел дукха дезаш х1ума кху дуьнен т1ехь! Дерриге а д1алур ма дара ас, суо цунна юххьехь хилийта»...
Лайсина хетара, ша барх1 класс Меънийчохь чекх яьккхина яьлча, уьссалг1ачу а, уьтталг1ачу а классашкахь деша нанас д1аюьгур ю. Халадна-м хаьара, цунах г1уллакх хир доций. Йо1е-м дог ца дохо олура: «Дика ду, йохуьйтур ю ас». Шен дагахь-м Халада аьттехьа а ца дуьтура ша йо1ах а хаьдда 1ийр ву бохург. Вуьшта, шена т1е х1оьттинарг ца лелийча-м ца волу стаг.
Х1етта яьллера Лайса экзаменаш д1а а елла, барх1 класс чекхяьккхина. Цхьана дийнахь к1отара кхечира Амма, г1алахь ехаш йолу Халадан нанас кхечунна йинчу йишин йо1. Иза леррина Лай¬са д1айига еана яра. Йоккха хилла йог1учу зудчунна шена хьал-хара г1уллакхаш дайта стаг оьшура. К1отарахь кхиъначу Лайсас х1уманна к1адо йийр йоций-м цунна шера хаьара. Цул сов, школехь дика доьшуш, кхеташ хилар а товра.
Халадна йо1 д1айигийта ца лаьара. Вуьшта, х1илла долчу ву-кхо-м, Лайса йоллучохь бен ца доладора цу хьокъехь къамел:
— Вай, дела яха хьо дукха, ма хаза йо1 хуьлуш а йоллу! Къа дац кхуьнан хазачу коьртан кху акхачу лаьмнашна юккъе а йоьллина латтор? Хьо, хьаха, ю децас шеца г1ала д1а а йигна, шена  улло охьахаор. Итт класс чекхйоккхуьйтур ю, т1аккха уггаре а лакхарчу институте деша а йохуьйтур ю!
Халада реза воцуш, б1аьргаш къерзабора. Вуьшта, Аммас иза тергал а ца вора:
— Хьо-м 1емана вара х1окху ч1ожа а хиъна 1ан, хьакхарчашний черчашний юккъехь. Кху йоь1ан ду-кх къа! Хьо-м хьайна жижиг кхехко а, хьокхам батта а 1емана вара. Етт а узу, зударшчул а дика. Г1одде а г1аддахь, хьайна цхьа Заббари ялае. Хьа-хьа-хьа!
      Халадан чот йоьхнера. Ойла хьавзинера. Цкъа делахь, йо! сацон шен ницкъ кхочур буй хиъча, доггах дуьхьал вер волуш вара иза. Шоллаг1а делахь, йо1ана д1аяха лууш хилча, шен дагара а хаийтина, цунна ницкъ бан а ца лаьара.
      Мухха делахь а, цу аьхка, хьалхара сентябрь т1екхаччале, Аммас Лайса шеца  Соьлжа — г1ала д1айигира.
а.
Берийн уьйраш к1оргера ца хуьлу. Шайна доггах дезаш долчу амна а шаьш атта чов йой ца хаьа царна. Дикахо а хила мега берийн ойланаш иштта к1оргера йоцуш. Хьалхе дуьйна г1айг1анаш т1еийзош хилча эр а хир дацара бераллехь яьккхинчу хенах ирсен зама!..
Лайса сихха юьйлира шен керлачу дахарх. Цхьа тамашийна, самукъане г1ан тарделлера цунна ша кхаьчнарг. Дешаро юьхьанца жимма г1айг1а-м хилийтира: кхузахь «пхеаннаш» иштта атта ца дохкура, Меънийчохь санна. Делахь а, шо юккъе далале Лайса шайн классехь уггаре а дика доьшучарна т1аьхьа кхиира. Ур-аттал, Меънийчохь ца хьехначу ингалсан маттах а кхета йоьллера. Цу меттан хьехархочо хьийхира йо1ана, школа чекхъяьккича, филоло¬гически факультете деша яхар.

   Аьхке к1отарахь дедеца йоккхура Лайсас. Вуьшта, цига яхча г1ала юхаян ч1ог1а са хьаьвзара. Аммех а йоьллера йо1. Ненаца эцаза бисина шатайпа мерза безам меттах1отто санна, хьерчара цунах.
  Цу шарахь экзаменаш дика д1а а елла, хьехархойн дешар деша яхара Лайса.
  Башха йо1 хиллера цунах. Аммега захалонаш хьехораш а бевлира.
  Цхьана сарахь телевизоре хьоьжуш 1ачу Лайсина улло охьаиира Амма.
— Хийла оьзда йоцуш, х1ун ю а ца хуу х1уманаш ю кху г1алий юккъехула юьйлаелла лелаш, и к1ужалш а охкийна, мийла а муьйлуш, шеташ а кхуьйсуш. Бусалба а, керста а йоцуш х1уманаш ю уьш, шайн каяьлча, стаг вийна а, ахча а доккхур долуш. Царна я х1усам а хьашт яц, я доьзал а хьашт бац, шайна мала къаьркъа хилчахьана. Хьий, не1алт хила царна! Боьрша йоцу х1уманаш!  Варийлахь, йо1, хьан-м корта хьовзорий ишттачу х1уманаша!
Лайса йист ца хуьлуш 1ара. Цунна дуьххьара хезаш дацара Аммас и тайпачу кегийчу нахана ден дов.
— Зударий кхаба нах ю уьш, мецигаш? Тера а яц и х1уманаш боьршачу нахах. Суо майра воцуш йисарх, г1ур яцара со и тайпанчу х1уманашка.
Лайса ела къежара. Аммина шена а ца хаьара, ша билггал хьанна дов до. Ша ма вийццара дакъаза ваьлларг цунна вевзаш цхьа а вацара. Делахь а, йо1 ларъялийта, дов дора, цуьнан хиндолчух йогуш. Лайсина иза дерриге а шерра хаьара.
— Зуда а, доьзал а кхаба-м, хьаха, ду хала. Къонаха хила веза нехачул г1ийла а йоцуш, х1усам латто. Шортта х1ума йоккхуш а хила веза, доьзалан да, ша да велахь. Цхьаверг хуьлу шен зудчуьнгара соьмаш а кхоьхьуш, пивнушканашний, буфеташний хьалхахьа хьийзаш. Хьий, дела хила царна делан не1алт! Йовсарш! Паспасаш! Хьий, х1орш ма хила боьрша, х1ан-х1а, ма хила!»
Лайса юх-юха а елаяла дог оьхуш,  садетташ 1ара. Саму-къадолура Аммас ечу «воспитанех».
Ищерски совхозехь кемсаш чуерзош болх бечу студенташна юккъе кхечира Лайса, дешаран шо д1а ма доладеллинехь. Сен¬тябрь беттан декхна, довха, хаза денош лаьттара. Дийнахь дуккха а болх бан дезахь а, суьйренаш ч1ог1а самукъане хуьлура. Лайса-м балхах а ца кхоьрура. Шен накъостийл дукха къеста ца лууш, юха-ийзалуш ца хилча-м, цо дийнахь шиъ-кхоъ норма а кхочуш йийр яра. Йоь1ан самукъане, балха т1ехь каде амал цхьаболчу накъос-ташна сихха евзинера. Дуккха а бара к1енташна юкъахь Лайсега къайлах сатуьйсурш а...
Иза дара болх юккъебаьллачу хенахь. Лайсаг1еран группехь Муса ц1е йолу цхьа г1ийла студент вара. Делана хесара а, могашалла дика а йоцчу к1антана хала дара вукхара санна норма кхочушъян. Делккъа хенахь, кемсийн моларшна юкъахь, бай лехь, алор ваьллачохь, наб а кхетта висинера иза. Цхьана хиллачу накъосташна виц а велла, сарралц 1иллинера к1ант цу беца т1ехь, наб еш. И г1уллакх къасто, группехь болчу комсомольцаша суьй-ранна собрани йинера.
Еххачу барака чохь, цхьана соне гулбеллера комсомольцаш. Дукхах болчарна, ма-дарра, х1ара собрани стенна гулйина а ца хаьара. Собрани схьайоьллуш, комсорга Демхаева Азас мохь туххуш хаийтира:
— Накъостий комсомольцаш, тахана вайн группехь 1аламаг эхье, дагахь доцу х1ума хилла. Вайна юкъара студент Саидов Муса идейно кхиаза а, морально ц1ена воцуш а стаг хилла. Шен накъос¬тий хьацарш а девлла, къахьоьгуш бохккушехь, иза, — доккха х1ума дац и дагадар а? — кемсийн моЛаршна юккъе а вахана, д1авижина хилла! Вай болх беш хилла, ткъа иза шен наб а еш, Ленах проспектехула волавелла лелаш хилла, мороженнеш а юуш, улло йо1 а яьккхина!
— Хьа-хьа-хьа-хьа! — бийлабелира цхьаберш.
— Аза, хьуна х1ун хаьа цунна Ленах х1ун гина? Цунна улло яьлла йоьдуш хилла йо1 хьо-м яцара? — мохь туьйхира Лехьара цхьамма. Ша дукха генаяьллий а хиъна, комсорг мет-таеара:
— Ца хаьа суна, цунна Ленах х1ун гуш хилла-м, и саннарг вайна юкъахь оьшуш воций-м хаьа. Суна схьахетарехь, Саидовна та1зар а долу, иза вайн къинхьегаман лагерера ц1а хьажо а веза!
И санна волчо ийзош ю вайн группа юха а, социалистически йо-хьаллехь тола ца юьтуш! Доьху, шайна хетарг олуш, къамелаш дар.
Цхьа а вист ца хуьлура.
— Саидовга ладог1а деза! Цо х1ун олу х1унда ца хьовсу вай?— схьакхайкхира ша хиъна 1аччуьра Лайса.
— Бакъ лоь. Мусага дийцийта деза цкъа хьалха, иза муха хил¬ла, — Летайра уллора накъостий. Воьхна, к1ай а велла, аннех бинчу маьнганна улло тасавелла, ша-а хиъна 1ан Саидов меллаша хьалаайвелира. К1ант цу балхана дукха ч1оЛа юьхлаьржа х1оьт-тинера. Пийлла, дегочу озаца:
— Н-накъостий, ас д-доьху шуьга со лагерера д1а ца вахий-тар. Аш х1инца д-д1авахийтахь, духур ду-кх сан дерриге а дешар а... — элира цо.
Кхин д1а ца дийцаделира Мусага.
— Хаттар дуй Саидовга дан? — мохь туьйхира комсорга.
— Ду! Хьуна Ленах х1ун гира? — юха а мохь туьйхира т1ехьара схьа цхьаммо.
— Дийнахь х1уъа гинехь а, тховса д1авижча-м билггал вайн комсорг Аза гур ю хьуна цунна! — велавелла, г1адвахара цхьа кхин. Чохь болу дукхахберш, юха а бийлабелира. Иаккха, 1а а ца елла, ша 1аччуьра:
— Со кхеташ яц, накъостий, вай лелочух! Х1ара тховсалераниг собрани а яц, я собранех тера а яц! Стенна гулделла вай? К1ад-веллачу студентана наб кхетта аьлла гулделла? Ткъа х1инца дуьй-луш 1а вай, кхунах йоккха концерт а йина. Муса дег1аца г1ийла волу дела, иза атта хеташ лела вай! Мичхьа ю шун стогалла а, оьздангалла а? — Т1ечевхира Лайса дукха хан йоццуш буьйлуш хиллачарна. — Цхьа а та1зар а дийр дац, я лагерера д1а а вохуьй-тур вац! Суна схьахетарехь, х1ара собрани вай эрна гулйина ю. Ца го шуна, Саидов ша а ву хиллачунна холчах1оьттина 1аш, вай даг т1е туьха ца тийсича а. Цул, вай комсомольцаш делахь, вай цунна г1о дан декхарийлахь ду!
— Нийса лоь, нийса боху!
— Молодец, Лайса!  — маьхьарий девлира  массанхьара а.
— Лайсега шефство эцийта еза Саидовна т1ехь, — 1оттар ян вуьйлира юха а Лехьара цхьаъ.
— Саидовна оьшуш яц шефство. Шефство цхьа хьо санна, кий-рахь къинхетаме дог а, коьртехь хьекъал а доцчунна оьшу! — д1а-кхайкхира Лайса. Чохь берш юха а бийлабелира.
— Саидовга шегара ишттаниг кхин дер дац алий ч1аг1о мукъа яккха, — реза йоцуш хьийзара комсорг.
— Оьшуш яц цхьа а ч1аг1о. Нийса боху Лайсас. Ца го шуна, Муса ша а мел юьхь1аьржа х1оьттина? — реза хилира дукхах берш.
Цу сарахь дуьйна цхьаццаверг Лайсина 1оттар ян вулура, Саидов т1ехтухий. Лайса-м шек а ца йолура:
— Т1аккха? Сайна луъург дан йиш ю сан. Сайна лаахь маре а г1ур ю цуьнга. Муса, юьгур юй ахь со? — забар еш хоттура цо к1анте.

Дийна делккъехь дара иза. Кемсийн плантацешна юккъехула биллинчу готтачу некъа т1ехула хахкаелла йог1ура ц1ен бос болу цхьа «Жигули». «Х1ара мичара яьлла кху юккъе? Нехан машенаш лтта юьтуш а ма яцара кхуза?» —  хоьттура студенташа. «Жигули»-м улло г1ертара. Машина сацийра Лайсаг1еран группа-ца волчу совхозан бригадира.
— Аш х1ун до, накъостий, шу лаа лелий кху аренашкахула?
— Тхо-м цхьа г1уллакх долуш даьхкинера, воккха стаг. Цулла а, х1ара студенташ муьлхачу курсера бу дийцахьа тхуна, — шек а воцуш машина чуьра схьакхайкхира горга юьхь а, боккха корта а болу жима стаг. Кхагаран а, г1иран а ийна хьожа етталора цунах. Цунна уллохь хиъна 1ара ханна жимма цул воккхо-о хир волуш, ши мекх долу къонаха. Цунна-м, дукха мелла вахарна, наб кхет-таш йоллура. Машинан т1ехьарчу миндар т1ехь 1охкура пивон луккха а шишанаш.
— Шу хьан дитина кху чу? Хехой бацара некъаца? Кхуза ма-шинашкахь дахка йиш йоций ца хаьа шуна? — хаьттира реза воцчу бригадира.
— Дера дитина цхьа хьо санна волчо. Валохьа цулла а д1о-1индаг1е а валий, хьайн дег1ах кеп йоллахьа, тхойшинга барт а ца хоьттуш, — кисанара куро-о схьадаьккхина, туьманан ц1ен кехат кховдийра боккха корта болчо бригадире. Дехьо  кхара х1ун леладо техь, бохуш севцна лаьттачу делкъанна сада1а гулбеллачу сту-денташна дерриге а гуш дара.
— Со хьан соьмаш оьшуш вац, накъост, юхаерзаел цкъа хьайн ворда! — оьг1азвахана, т1ечевхира бригадир. Машина чохь верг, куро-о стаг вара. Чуьра охьавосса а ца вешаш, бригадирана дуь-хьал лоьра иза:
— Дела дуьхьа, воккхастаг, ма доккха хьаькамалла хета хьу¬на и хьайгахь дерг! Со кхузахула д1а ца вахийтар бен кхин х1ум-ма а дийр дарий ахь суна? Хьа-хьа-хьа! Цулла а, дуьхьалара д1а а валий, кхисса а ца луш, оцу студенташка вист мукъа хилийта-хьа со.
       -  Кхосса-м ас х1инцца хьо волуьйтур ву хьуна! Яхийтал цкъа кхузара! — оьг1азвахана, макхвелла хьаьвзира бригадир. Машина чохь волчо лелочунна реза боцуш, цахуьлчу далахь, бригадирехьа г1о а доккхур долуш, дог эт1аш 1ара х1инца студенташ а. Массеран а безам байра цу горга, ерстана бат йолчу къонахчух. Ткъа иза-м х1умма а ца хилча санна, вела къежара. Шега луьйш волу бригадир х1инца тергал а ца вора.
— К1ентий, Дадашева Лайса боху студентка евзий шуна, фило¬логически факультетера? — схьа мохь туьйхира машина чохь вол¬чо. Кемсийн цхьана мог1ана юххехь, наг-наггахь камс а кхоллуш, хуьлуш долчуьнга б1аьрг бетташ лаьттара Лайса а, масех цуьнан накъост а, машина чохь волчо и хаттар деш. Массо а х1инца леррина Лайсега хьаьжира. Йо1, ша х1ун дан деза ца хууш, г1еххьа йоьхна йисира. Бригадир а юхавелира, машина чохь волчо студен-ташна юкъахь тоьллачарех йолчу йоь1ан ц1е яьккхича. Студенташ-на а моттаделира и веана шиъ Лайсин гергара ву. Хийцаелира царех йолу ойла а. Делахь а, г1еххьа цец-м бевллера уыи: йовза х1унда ца евзу машина чохь волчунна шена хьалхха лаьтта, ша хоьттуш йолу йо1?..
— Со ю цхьа Дадашева Лайса-м! Х1ун дора ахь сох? — мохь тоьхнна хаьттира йо1а.
Берстана корта берг, схьагарехь, мелла а воьхна висира. Маши¬на чуьра охьа а воьссина, т1евахча а, йо1 юьстаха ер яцара. Иза гур дара. Чуьра д1а мохь бетташ а, х1умма а дуьйцийла яцара.
— Хьоьца цхьа жимма г1уллакх дара-кх сан. Сарахь шайн лагерехь-м хир яц хьо? — хаьттира машина чохь волчо. Х1инца мас¬со а кхийтира цу къонахчо лелочух, цуьнан Лайсица х1ун г1уллакх ду а. Х1етта карладелира Лайсина шега кху балха яле цхьа к1ира хьалха шега шен дешичас Аммас дина хилла къамел...
— Вайн йо1 яханчун де шича к1ант ву боху-кх цхьанхьа искаладехь балхахь а волуш, ч1ог1а куьцехь, нисвелла к1ант, — хабар долийра цу сарахь Аммас Лайсега. — Шортта кара х1ума йог1учохь а ву боху, х1ун дуур, х1ун духур ца хууш, шен долахь уггаре а тоьллачех машен а йолуш. Вуьшта, зуда ца оьшу шена бохуш, дуьхьалваьлла ву боху-кх! Шайн г1ад а, амал а дайина боху цара, цо зуда ца ялош!
Лайсина, дийца ма-доллийнехь, хиира и хабар стенна т1е дог1ур ду. Делахь а, ша ца кхетачуха-а элира:
— Миска иза, къа ду хьуна ишттачун...
— Ой! Иза-м зуда яло чот йоцуш хир ваций, иштта ца бохий ас-м! — кхераелира Амма Лайсина «моьттинчух». — Массарел а тоьлла йо1 лоьхуш ву бохий иза-м!
— И муха карор ю цунна? Иза а ма дац башха атта г1ул-лакх а?
— Д1аялахьа д1а, — куьг ластийра Аммас. Иза-м дерриге а хьоьга безам болуш долийна дай цара!
— Д1аяьллахь, Деца, со ма яхийталахь цуьнга! Со саннарг яц хьуна цара лоьхуш ерг, — елакъежира йо1.
Аммас-м кхин а дехха дийцира шега хьахийна захалу хазда г1ерташ. Лайсина х1инца уьш дага а ца дог1ура.
  — Хир яц! Со тховса обарг яла дагахь ю! — мохь туьйхира йо1а. Накъостий доггах бийлабелира, Лайсас делла жоп хазахетта.
Машина чохь волчун йовхоно ц1иййина юьхь кхин т1е а, кхохкийра. Сихха юха а ерзийна, моторе цхьа вон мохь а олуьйтуш, д1аэккхийтира цо шен «жигули». Цул т1аьхьа а дукха бийлира студенташ а, совхозан белхалой а, хиллачух самукъа даьлла. Массарел а ч1ог1а воккхавера цу къонахчо дог дат1ийна хилла брига¬дир.
 
Аммийн бехк бацара, Лайсина Алик хазва г1ерташ х1уманаш дийцарх. Яьлча а, йоьлча а ца юьтура иза к1ентан гергарчара. Шега йо1а к1езиг ладуг1ий хиъча, лулара Зарема ц1е йолу, Орджоникидзехь лоьрийн институтехь доьшуш йолу студентка т1етуьй-сура цунна цо, маттара а еш.
Зарема хаза яцара я дег1аца а, я юьхьаца а. Амма эсала, г1иллакхе, тайна йо1 яра. Цундела Лайсина а лаьара цуьнца гергарло лело. Зарема хьажа-х1отта ц1аеанчу деношкахь гуттара а цхьана хуьлура ши йо1.
Лайсас д1а ца эцча, Заремина лора Алика совг1ат. Лайса гар ца нисделча, ара кхойкхий, Заремица къамел деш а там хуьлура цун¬на. Лайса д1а мел къехка, марсавуьйлура Алик. Лайса шена т1еер-зор уггаре а коьрта 1алашо лаьцнера ткъей итт шо т1ехъиккхина а масех шо даьллачу къонахчо.
— Ма 1овдал ю хьо, Лайса. Цо-м хьо куьйгаш т1е а йиллина, лелор яй. Х1инццехьа шега йола а ма ца боху цо. Наг-наггахь веъча, ша дуьйцучуьнга ладогГа, шена дуьхьал йола боху. Ма та-машийна ю хьо! К1ант т1ехьавзорах-м, цуьнга яхар т1е ца дужий, — .лен йолура Зарема.
— Ас х1унда хьовзаво иза т1е, сайн цуьнца самукъа долуш ца хилча? Шозза веанера институтан берте, суна дуьхьал вог1у ша, аьлла. Улло а волий, мацделла ж1аьла санна къежа а къежаш, хетта волало: «Хала дуй хьуна деша?», «Шианнаш-м ца доху ахь»? «Цхьаболу хьехархой суна бевзар а бу, цаьрга х1умма а ала оьший?» Ас ма леста аьлла сайна т1аьхьа. Кехаташ а, совг1аташ а ма тийса аьлла. Ша ца везий, хьашт воций    хиъча,    йо! Гадда
юьтуш ца хуьлу к1анта вайн 1едалехь? Ас сайн ваша-м лоьлуьйтур ма вацара иштта, ц1армат а ваьлла.
— Цунна-м езий хьо. Хьо саннарг ца карош ма 1ийна иза, х1инццалц зуда а ца ялощ.
— Со шега яллац 1ахь-м, 1ахар вуьсур ву хьуна иза, ша къан-валлалц.
— И бохург х1ун ду? — ца кхийтира Зарема.
— Эса ца деш бисинчу аттах олу-кх 1ахар етт, — елаелира йо1. — Хьуна иза а ца хаьз?
— Ца хаьа суна-м. Тхан бежнаш а ца хилла.
— Суна ч1ог1а дукхадеза бежнаш. Наггахь ч1ог1а сагатло сан, осьалаьцна, хьаста кегий эсий, я 1ахарий доцуш. Оцу муц1аршна т1е обанаш бохур дара ас царна!
— Бежнаш лелочул, церан кхош дохучул, ца тоьла эппаза а луш, туьканахь шура а оьцуш 1ар?
— Эппаза делла шура а, дера ю, эппаза делларг санна. Суна юьртахь 1ен луур дара, кху г1алахьчул а.
— Алик санна, оьш-оьшург чудахьаш майра хилча, г1алахь 1ерал атта а, дика а х1умма а дац хьуна. Суббота—воскресеньехь меллаша хьайн «жигули» чу а хиъна, хьайн майрачуьнций, бераш-ций, хьайн дедушка волчу юьрта хьошалг1а а йоьдуш, луъ-луъучу д1аса а хохкуш 1ийр ма ю хьо. Уггаре а тоьл-тоьлларг т1еюха а хир ю.
— Хьо г1охьа, Зарема, оцу Алике, хьайна иза иштта дика хетахь.
— Со яц цунна езарг. Со хьо санна хаза яц.
— Хьо-м соьл а иттаза хаза ю. Хьан боху хьоьга хьо хаза яц? Хаза хиларх хуьлуш ма дац ирс.
— Массеран а шен-шен ду ирс. Хьан ирс-м, суна хетарехь, Аликца доьзна ду.
— Сол ирс доцуш стаг яц-кх хьуна, нагахь иза иштта делахь!
И тайпа къийсамаш гуттар а бохург санна хуьлура шина йоь1ан. 
 
Иза дара Лайса кхоалг1ачу курсехь йолуш. Алик ч1ог1а холча х1оьттинера йо1а ша тергал ца веш. Дешна яьлча иза шега йог1ур ю аьлла дош даккха г1ертара иза йо1ера. Лайсас-м аьттехьа а ца дуьтура Аликан хьокъехь шега хьехориг.
Лайсин накъосташна а коьртаха ваьллера ц1ечу «жигули» чохь институтана хьалха оьху боккха корта а, доккха гай а долу и къонаха.
—Алик хьо ядон дагахь ву аьлла ма хезна суна. Вала-а-лай, ма юьхь1аьржо ю иза. Ахь хьайн бехках дойтуш ду хьуна цуьнга иза-м, — т1ейирзира Лайсина цхьана б1аьстенан сарахь Зарема.
— Хьан бохура иза? — ца ешаш, хаьттира Лайсас.
— Устазор, хезна суна хаза-м!
— Х1ан-х1а. Алика ядор яц йо1.
— Х1унда?
— Йо1 ядийча, чу ма вуллу. Ткъа чу вуллучун болх а бита беза. Алика шен болх буьтур бац. Ца вевза хьуна иза?
— Между прочим, иза скряга вац хьуна. Мел подаркаш пред¬лагал,  йира цо хьуна!
Лайсина боккъала а сингаттам баьккхира Заремас аьллачо а, шен накъосташа ечу цхьацца къедорех а. «Эхь-м дацара оцу боьха-чу х1уманна, къаьркъа меллачохь, со машен чу ийзаяйтича а. Ларъяла еза цунах. Хьанна хаьа, цуьнан даг чохь х1ун ду...»
Лайсина ша институтера ц1а ма кхаьччинехь хааделира Амми оьг1азе  а, цхьана х1уманна реза йоцуш а хилар.
— Лайса, ахь Аликна х1ун аьлла? — ц1енкъа юккъехь саца а сецна, т1ейирзира иза йо1ана.
— Х1ун аьлла? — йоьхна йисира Лайса.
— Ахь Аликна стаг вац аьлла?
— Дера ца аьлла ас-м...
— Муха «ца аьлла»? Дера цуьнан ц1ийнах мел волчо а ч1ог1а хала хетта дуьйцуш-м ду, ахь иза зуда ядон стаг вац аьлла бохуш!
Лайса дуьхьал йист ца хуьлуш г1еххьа хан елира. Иза шен «дипломата» чуьра книжкаш д1асакегон юьйлира.
Аммин б1аьргаш т1унделира. Нехан хабарш бакъ хиллий хиира цунна.
— Хьуо цхьана стаг юй ца хаьа хьуна? — боккъалла а г1айг1а хилла, дийца йолаелира Амма. — Ма е кураллаш нехан стагана.
Иза-м хьо езаш лелий. Хьан-х да а вац, волчун дуьхьа, деваша а вац, ваша а вац, улло вала.    Некъайисттехь   даьлла дитт санна, хьуо цхьана стаг юй ца хаьа хьуна? Гиний хьуна да воцу дитт, ткхволу-волучо т1е т1улгаш а, г1ожмаш а кхуьйсуш, эшначо сэра а, га а доккхуш, лаьтташ? Ас-м хьоьга цуьнга г1о а ца боху, на-гахь хьайна ца лаахь. Вуьшта, сийсаза ма ве нехан стаг. Наха могуьйтур дац хьуна. Кхетий хьо ас бохучух?
— Кхета, — г1ийлла жоп делира йо1а.
— Вайн заманахь шай-кай йолчу наха х1уъа а до. Дича, цердн иза атта д1а а доьрзу. Ларло. Нахана кураллаш ма е!
Цу дийнахь дуьйна дуьххьара кхоччуш г1айг1а хилира Лайсина: «Ванах, ван а ма вац, цхьаъ т1ех1оьттича, соьгахьа г1о дакка стаг-м... Мила ву, кхоччуш сан г1айг1а а хилла, суна улло вала, соьгахьа г1о даккха?
Х1оразза а шен да дага мел веа, логе хорам х1уттура. «Ца хаьа-техь цунна, шен йоккха хиллачу йо1ана верас оьший? Хьекъалха, кхетамха х1умма а ца дисина техь коьртехь? Бала а хир барий техь цунна, сох х1уъа 1оттаделча а? Нана... ненан майра... уьш-м, х1уъа дийцича а, хийра нах ма беца. Цхьа юьхь1аьржо сох 1отта-лахь, ненан майра-м хаза а хеташ, 1оттар йийр йолуш ма вай шен зудчун дуьххьара хиллачу марзошна. Дада... веккъа ц1ена цхьа къена Дада ву-кх сан балийна орцах ваьн верг а, сан г1айг1ано вожон верг а, цхьа юьхь1аьржо суна т1ех1оттахь...»
Къонахчун санна къовладелира Лайсин дог. Ша-шен тешийра: «Суна х1ун оьшу верасаш а, дола дан нах а? Со суо ларор яц сайн г1уллакхашца, сайн дег1ан дола дан? 1едал а ду эшначохь г1о дан».
Лайсина хиира Алика болх бен меттиг мичхьа ю. Цу дийнахь иза, цхьана подвал чохь йолчу жимчу кабинета чохь цхьацца ке-хаташ луьстуш воллура. Цуьнца кхин аддам а дацара.
Ян а еана, Лайса чоьхьа яьлча, бага а г1аттийна, воьхна висира Алик, хуьлучух ца кхеташ.
Лайсин коьртахь т1еоьззина тиллина йовлакх дара. Дипломат-кин т1ам, доггаха 1аьвдинчу куьйган п1елгаш сенделлера. Аз дега-дора:
— Накъост, хьо цхьацца хабарш юьйцуш лелаш ма ву суна? Айхьа х1уъа дийцича а, хьайна могуьйтур ду моьттий хьуна?
— Ахь х1ун дуьйцу, Лайса? Х1ун хабарш? Ас-м ма ца дийцина х1умма а... хьуна ма дика карий со? Хьо муха кхечи кхуза, кхача мукъа? Охьахаахьа х1оккхуза... — Хьалаиккхина, юьстах лаьттачу г1анта т1ера х1уманаш д1асатийса вуьйлира иза.
— Со, с-со 1адда йита, ца йитахь ас... ас... — ц1еххьана йоь1ан елхаран мохь белира. Б1аьргех, 1овраш санна, хиш хьаьлхира. Алик ши куьг д1аса а кхуьйсуш, воьхна лаьттара.
— Вуй, ма елха! Д1аяла д1а, хьо х1унда йоьлху? Х1ун хилла хьуна?..
Лайса йоьлхучуьра сихха сецира. Кхуза а еана, елхар дацара цуьнан дагахь данне а. Мелххо а, ала кечдина    дара: «Хьуна мА мотталахь, со йо1 хилча, г1ийла ю. Ас сайн деден к1отарара охьа а еана, оцу гай т1е топ тухур ю хьуна». Амма иза х1инца алалур дацара. Дерриге а дохийра елхар эккхаро. Делахь а, ша чуьра ара йолуш, беснеш т1ера хищ сихха д1а а хьаькхна:
— Ас могуьйтур дай хьуна, кхин хьо айхьа со ядор ю бохуш лелахь. Со 1адда йита. Хьуна со а ца евзу, суна хьо а ца вевзу. Кхул т1аьхьа ахь со 1адда ца йитахь, ас... ас милицига д1а саца-войтур ву хьо!
— Собар дехьа цкъ9! Собар дехьа, х1ай! Лайса! Лайса!! — т1аьхьа хьаьдира Алик. йо1-м, едда, кертал араиккхира.
Цул т1аьхьа, кхин ца оьхуш, парпг1ат йитира Алика Лайса. Йо1 ч1ог1а йоккхаера эццигахь ша баьккхинчу толамах, шен елхар дагадог1ий, ша-шен оьг1аз эхахь а.

     - Хьасан, х1у аьлла хета хьуна, кхоллайтур юй вайга Москвас вешан пачхьалкхе, шайх д1а а къастайтина? – хаьттира Ибрах1има.
     - Кхоллайтур яра вай кхолла г1ерташ хилча-м, - жоп делира 1илманчас. Гарехь, и цо дуккха а ойланаш йина проблема яра. – Вай вешан пачхьалкхе кхуллуш хилча мехкадаьтта дуьхкуш долу ахчанаш лечкъа а ца деш, вешан пачхьалкхенан парг1атонпан фонде дахка дезаш дара. Дудаевн министраш берриге а къуй бара, уьш къуй буй цунна шена а хеара, х1етте а уьш совцо де дацара цуьнан.
     - Пачхьалкхе кхоллале хьалха ойла ян ца езара – хьенах хир бу накъостий, мел мекара хир бу мостаг1ий, муха лело еза дипломатии, дуьненаюкъара юридически хьелаш муха д1анисда деза? – Хьасанна хетарг хаа лира Ибрах1имна.
     - Ч1ог1а нийса боху, - реза хилира Хьасан. – Вайн берзалошна шаьш буьрса ю моттайтичахьанна берраш шайх кхералур бу, моьттура.
     - Москва ша ма яра уьш ир-кара х1иттош ерг.
     - Дера яра! Америкехь къаьмнийн этнически психологи а 1амайна, хьехамча хилла улло х1оттайна ма яра Ельцинна Галина Старовойтова олу цхьа сионистин агент. Цо бахайтуш ма дара Ельцине «Берите суверенитета столько, сколько переварите»… Цу дешнаша эвхьаза ма даьхнера дерриге а Советски Союзера къаьмнаш. Вайн 1овдалш цу хабарех тешнера, иза а, ишттанаш а провокаци юй а ца хууш. Дера, пачхьалкхе кхолла ша-тайпа хьекъал, собар, барт, ницкъ, ахча ма оьшу. И цхьа а вайн дац. Цундела, хетарехь, вай х1инццалц хиллачу пачхьалкхенан бахьанех а довла мега. Ца хеза хьуна Жириновски бохучу кхахьпано а, и санна болчара а вайх губернеш е, вайна генерал-губернаторш х1иттабе, бохуш?
     - Дала аьтто бинера вайн шортта, эрна довш латтанаш а долуш, шортта мехкадаьтта, газ, лаьттахь массо а тайпа маь1данаш долчу пачхьалкхех д1а а тоьхна, вайна цуьнах пайдаэца хаахьариа, - доккхаса даьккхира Ибрах1има.
     - Бита безара ет 1адда, шура а йоккхуш, ц1огана к1ел г1ожамаш а ца 1уьттуш. Вай и леладахь а, жуьгтий-м чубаьржаш бу Ставрополе, латтанаш а оьцуш. Цул хьалха цара х1у долайна хеай хьуна? – хаьттира Хьасана.
     - Х1у долайна?
     - Эзар шо хьалха Хазарии олуш цхьа пачхьалкхе ма хилла йоллучу а Къилбаседа Кавказехь, Ростовл а дехьа а йолуш. Тюркаш хилла и пачхьалкхе кхоьллинарш. Цигахь бехаш болу нпах бусалба динехь хилла. Амма жуьгташа шайна цхьа кехат карайна аьлла долайна, цу кехата т1ехь хазараш иудеяш хилла…  Иудеяш, хиллехь масех совдегар хилла хир ву Хазарехь. Совдегаралла а, ростовщичество а, Къур1ана чохь угаре а хьарам дина долу, ч1ог1а лелош мА хилла х1етпахь жуьгташа. И бахьана а дина, Хазарии жуьгтийн пачхьалкхе а хилла, и хиллачу меттехь керла Израиль кхолла а еза, бохуш ойланаш юкха цхьаболчеран.
     - Т1аккха царна кхузахь деха Кавказан къаьмнаш новкъа хир дац? – хаьттира Ибрах1има.
     - Ду дера! Цундела вовшен коча туьсуш дац цара Кавказан къаьмнашше оьрсийе? Цундела долайна дац царна йохкаеллачу прессайо Россин мостаг1ий «лица кавказской национальности» бу, бохург? 
     - Ма говза 1ехадо вай цара, - г1ийла элира Ибрах1има. – Ма тоьлара вайна т1емаш а ца беш, дебча. Вай ваьш дайа а ца дойитуш, дебаш хиллехьара, Ростов д1а кхаччалц хир дара вайн доза.
     - Говза лела эрмалой ерриге а Ростов, Армавир, Краснодар, Сочи,  Новороссийск схьаяьккхина бовлуш бохку. Вай – берзалой ю ваьш, бохуш, чуг1ерташ, ваьшна асарш дойту х1ора шовзткъа-кхузткъа шо мел дели, деба ма дуьйладелли.
     - Дера ю декъаза берзалой. Кестта вовшен пехаш дуур ду. Мича бахьаненна латтаво, масала, вайшиъ кху ор чохь? Иштта ч1ог1а зене ву вайшиъ къомана? – цергаш хьакхийра Ибрах1има.
     - Конфуции вуьйцуш ма хезна хьуна? – хаьттира Хьасана.
     - Китайра философ вуьций ахь?
     - Вуьйцу. Цуьнан коьртачу хьехамо х1убоху хеай хьуна?
     - Х1у боху?
     - Дуьхьло йийриг кагло, сетташ дерг дуьссу, - бохукха.
     - Политика к1еда лелаяхь адамаша шаьш дайа ца дойайту бохург дукха иза? – кхийтира Ибрах1им.
     - Вайн эвлияа Кунта-Хьаьжас бина хьехамаш а ма бу иштта. Шаьш дайа а ца дойитуш, деба – баьхнакха вайга массо а кхеташ волчу устаза а, шайхаша а, политикаша а. Вай ла-м ца дуг1у. Цхьа имам валахь, цунна т1аьхьа ца х1иттича эхь ду моьттукха вайна.
     - И бакъ ду, - реза хилира Ибрах1им. И нийса боху ахь. И ца хууш-м нах а бацай. Амма шаьш 1овдал лелчи царна кара ши сом алсам кхачахь, царна и ши сом бен кхи гуш х1ума-м хир дац, мел  цу шина соьмо шаьш дакъаза дахахь а.
     - Къоман кхетам лахара хилар ду иза, - элира Хьасана.
     - Вайн вовшех цадашар а ду.
     - Вовшех ца деша, ваьш муьлуш ду, вайн орамаш мичхьа д1абоьлху ца хуудела. – шиб1аьрг къегира Хьасанан.

Меънийчохь школехь болх бан меттиг ца хилча, Халада бакъо елира йо1ана, хьайна бакъахьа хеттарг де, шен могашалла а х1инца вон яц, аьлла.
Шех цхьаъ 1оттаделча, шена т1аьхьа ладийг1а да а, вежарий а боцу дела, вочу адамех ларъяла г1ертара Лайса. Массаьрца а оьзда, г1иллакхе хила а лаьара. Нах безара Лайсина. Цаьргара вон ца гинера цунна х1инца а.
Г1еххьа вас хиллера цунна, ша шен районехь ца йитарал совнаха, луларчу районехь а уггаре а генарчу юьрта балха хьажийна хиларх. Цигахь хала хир ду, я д1асалела аьтту боцуш ду бохург дацара йо1ана дагахь. Цунна гора кхечу къоначу хьехархошна улло бевлла, церан г1уллакхаш д1анисдеш лела нах. Кхунна уллохь аддам а вацара.
…Амма дерриге а кхечу суьрте дерзийра Ибрах1има. Гушшехь безам бахара йоь1ан цу х1айтъаьллачу, самукъанечу к1анте. Цхьа эсала, тешаме хийтира цуьнан 1аьржа, баккхий б1аьргаш. И б1аьргаш сутара, эвхьаза ца къерзара къоначу йоь1ан куьцехьчу дег1е. Цаьрца оьздангалла, собар хаалора.
Лайса тешара Ибрах1имах. Дуьххьара и вевзинчу дийнахь дуьйна а тешара. Шатайпа безам бара Лайсин цу деношкахь к1анте Лаьттинарг — вешега санна. «Иштта хир вара-кх сан ваша а, велахьара» — дагадеанера цунна, х1ундда деанехь а.
Хойбаха д1акхаьчначу, екхна даьхкинчу оцу гуьйренан денош¬кахь юьртахь 1ен йо1а йина хилла ч1аг1о кхин а алсамйолуш лаьттара. Х1инца цунна, ша йисинчохь дуьхьалтуьйсура цу хиндолчу дахаран суьрташ:
«Баса йисттехь, лаьмнашкахьа а дирзина, дукха даккхий а до-цуш, амма ц1ена, хаза 1алашдина ков-керт. Божал чохь ет-эсий. Иттех уьстаг1а, москалш, котамаш. Бешахь йийна картолаш. Ул¬лохь хае. Ибрах1им...   мангал хьакха г1ур ву. Дада а хила мега цуьнца. Воккха велахь а, мангал шел дика ца хьокхуьйту цо цхьаьнгге а. Со цаьршинна т1аьхьа г1ур ю, йина мерзза юург а эцна.
Т1аьхьо-о бераш хир дара. Хаза. Самукъане. Могуш. Кхо-виъ к1анттий, шиъ йо11ий... Бераш, дерриге а, хьалххе болх бан 1амор дара, Дада тхоьца цхьаьна хир вара, наггахь уьстаг1ашка а хьо-жуш, берашна болх бан а 1амош...»
 
 
Делкъал т1аьхьа кхоъ даьлла хан яра Курсет Алик волчу скла¬да чоьхьа йолуш.
— Соьца г1уллакх ду хьан? Со оьшура хьуна? Х1ун еза хьу¬на? _ меллаша хаьттира складан заведующие чоьхьаяьллачуьнга, нахана хазарна кхоьруш санна, д1аса б1аьргаш а къерзош.
— Хьа-хьа-хьа! Х1умма а дера ца еза суна-м. Со узнавать ца йо ахьа?
— Дера ца евза суна-м... — бехкала вахара Алик. — Мила ю хьо?
— Хьа-хьа-хьа! Евзар яц. Хьо слишком маленький вара х1е-тахь, со шозза-кхузза а ян-м еана шуьга. Хьан папа а, мамка а хо¬рошо меня знают!
— Со волчу чу г1о вайшиъ? — элира Алика, цо деанарг гкххьа доккхо-о г1уллакх хилар герга хетта.
— Я из Жихалоя. Курсет. Хансолта ю-кх х1окху стеган ц1е а.
— А-а! Девза дера-кх. Х1инца евзи суна хьо а. Отеца дуккхазза а хьахаво Хансолта, бакъахьара, ларош стаг ву, олий. Х1ун деш ду шу? Могуш 1ай? Сингаттаме х1ума-м дац?
— Дика хан йоккху цкъа кху сохьта. Все нормально. Цхьа ккззиг г1уллакх хилла, в город охьа еъанчуьра чу йирзира со-м, хьо болх беш волу место а хаьттина. Вовзар а хир ду. Цхьа х1ума а дара обговорить дан дезаш... Хьажахьа, ма воккха, красивый па¬рень хилла хьох! Хьо-м хьайн папел а онда ма ву. Хьа-хьа-хьа! Вуьшта, жениться дан воллуш-м ца хилла хьо, схьагарехь. Хьэ х1ун дагахь ву, парень? Как-не стыдно? Хьа-хьа-хьа!
Алик кхуьйлира. Цунна ца дезалора зуда ялоран хьокъехь шеца къамел долийча.
     — Кхуьур вара иза ялон-м. Мел дукха бу уьш, х1ара дуьне а дуьзна.
  —Иза-м бакъ ду. Делахь а, со-м цхьа новость хезна ма еанера хьо волчу. Вайна юкъахь гергарло а, уьйр-безам а хилча, дог ца 1адели-кх сан хьо волчу придти ца дича. Хьуна со х1инцца бен ца евзинехь а, вай-м вовшийн родство терять дан йиш йолуш даций. Кхин х1умма а ца хилча а, вай Казахстанехь цхьана яьккхина время а тоьар яра. Ма хийла неприятносташ лай! Делахь а, в то время прожить йина хан, не знаю почему, веселый а хета. Вовшехсамукъа а долура, вовшийн чу а доьлхура. Хьан отецций, х1ара стаггий, нас семей пять-шесть вон ца 1ийра цигахь. Шортта кушать было, когда нехан не было. Лела хууш хилча, так бывает. Видишь,
хьо а дика тасавелла, хаза х1ума йоккхуш воллу.
Курсета алсам дах мел ди а, догъэт1аш, корта а оллийна 1ара Алик. Хьешо т1аьххьара а элира:
— Со-м, бакъе а, цхьа интересни новость дийца йоллий хьуна,— шен г1ант Аликана улло хилийра Курсета, — цхьа йо1 ю на нашей стороне, Хойбаха олучу юьртан школехь болх бан еъна. Лайса ее кажется, зовут...
Алик ша хиъна 1аччохь, шен дег1а т1е хьаланисвелира. Цкъа леррина Курсетан б1аьргаш чу а хьаьжна, юха а, эхь хетта, б1аьр-гаш идон вуьйлира. Ша верриге а ладоьг1нначохь висира.
— Хьуна евзарий и йо1? Кху городехь учиться а дина, хьалаеана ю-кх иза.
— Евзара, — г1ийлла элира Алика.
— Х1ета, правда дукха наха дуьйцуш дерш, — г1адъяхара Кур-сет, жимчу стеган даг чохь хуьлуш долчух кхетта.
— Х1ун дуьйцура наха? — цецвелира Алик.
— Деха дара уьш дерриш дийца-м. Хьа-хьа-хьа! Вуынта, йо1 хьо везаш йолчух тера хета-кх суна.
— Хьан боху иза? Аьлча а... цо ша бохура иза?—къежира х1ин-ца Алик а, шена зудчо дуьйцург г1еххьа тамашийна хетташехь.
— Цхьацца разговораиг дийцина-кх цо шеца школехь болчу накъосташка, так, мол, хьенех бохуш цхьаъ вара шена юьхьанца ч1ог1а т1аьхьа ваьлла. Шена доггах езаш хиллехь-м ядийна а, ехна а д1аюьгур хир яра ша цо, бохуш. Шайт1анаш ма ду и х1инцалера мехкарий. Шайн дагахь дерг цкъа а ма ца хоуьйту цара к1анте. Суна-м цо дийцина иза ч1ог1а понравиться ца дира. Цо-м и услы¬шать дан аддам а вац, хьо вевзаш стаг а хир вац моьттуш, дийци¬на хир дара иза. Бехк бацара цуьнан бан-м. Уллохь ваша-йиша а, кхин башха гергарнаш а ма бац цуьнан.
Аликан коьртехь сихха карлаевлира Лайсин сирла месаш,  юьхь, башха дег1. Шерра дуьхьалх1оьттира цуьнан дерриге а амат. Х1окху чу а яьлла, йоьлхуш, цуьнан б1аргех хьаьвдда хилла хиш, оьг1азе ши б1аьрг... «Кдо-диъ шо хан ма яьлла цул т1аьхьа. Бок-къалла а, хийцаелла хила ма мега цуьнан амал. Аммаг1ар а ма бара гуттар а, т1етаь11ина сан г1уллакх дуьйцуш. Пала д1а а тес¬на, лома д1акхаьчча, цигара халонаш а гина, цхьацца ойланаш йина хир ма ю цо...»
— Т1аккха, вай... аьлча а, ас х1ун дича бакъахьа хета хьуна?
По со иза йолчу?
— Вахча, о чем ты будешь с ней говорить? Иола хьайга баха воллу хьо? Ткъа иза юха а ломаться дан йолалахь х1ун дийр ду ахь? Цулла а, цхьаъ х1унда ца до ахь?
— Х1ун?
— Эццига, цхьа ши товарищ а ваккхий, хьала а волий, машен-чу а кхоссай, д1а х1унда ца юьгу ахь, сета а ца еш? Берта ца ярна кхоьру? Я Хой-бахара хьайна т1аьхьа мила валарна кхоьру хьо? Цхьанхьа-м, на хуторе дедушка ву боху цуьнан. Цунна т1е с хорошим калымом цхьа бездельникаш старикаш бахийтичахьана дерриге а будет в порядке. Нагахь г1уллакх 1едале далахь а, хьан иза замять дан таро хир моьттуш а ма ю со... Жимт1ама шай кай ца гулъелла вайшиннан? Хьа-хьа-хьа!..
Алик ойла еш сецира. «Ванах, ма бакъ лоь х1ара зуда! Со х1ун деш 1а те, кхуза охьа а хиъна, сайна а иза дага ца дог1уш? Мацах, ядо, аьлла, со меттахволучу хенахь-м студентка ма яра иза. Бехк бацара, кхераелча а. Ткъа х1инца... Х1инца иза диплом а долуш, -говзанча ма ю, шен лаамехь а йолуш. Х1инцца ма ю цуьнан уггаре а х1усаман, кхерчан ойла ен хан! Хиъна хир ма ду цунна, маре а таро йоллучохь дар г1олий юй!» — аьлла хийтира цунна.
— Курбика ю элирий ахь хьайн ц1е?
— Курсет ю.
— Х1аъ, Курсет элирий ахь-м. Аьтту болуш ду боху ахь цигара
иза д1айига?
— Конечно! Гой хьуна, шу божаршна зударий ма-барра ца бев-зу. Если-б знали, ч1ог1а атта хир дара шуна жить дан. Шуна моьт-ту мехкарша багах схьадуьйццург бакъ ду. Иза аьттехьа а ма дац. Зударшна х1уманнах а бояться а ца деш, шек д1а а ца волуш верг везий ца хаьа хьуна? Из-за себя балхара слететь дарх а шек а ца волуш, набахте вахарх а шек а ца волуш волчунна сихха т1ейоьр-зу хьуна муьлхха а йо1!
Аликна дагадеара мацах цкъа Лайсас аьлла бохуш шена хез-нарг: «Алик санна волчо ца ядайо йо1...»
— И цхьа коскас ю хьуна цунна гонаха хьийзаш. Бригадир ю аьлла прислать йина, Хойбаха... цхьа стиляга. Цо голову вскру¬жить дан мегаш бу цуьнан. Ч1ог1а т1аьхьа ваьлла ву боху цунна иза. Йо1 ша-м не любит, видимо, его. Цундела, т1аьхьа сайна обид¬но хилахь а, аьлла, еар-кх со. Дан-м что хочешь де.
— Хьо ян-м бакъ еанера, меттахвелира Алик. — Собар дел цкъа. Д1а ма г1ол. Хьастаха деана индийски чай а, кофе а, цхьацца х1ума а ю тхан кхузахь, — хьалаиккхина, цхьа доккха кехат кара а эцна, д1асахьаьвзира завсклад.
— Ца оьшу. Ей богу, хьашт дац х1умма а! У нас все-все есть. Вуй, дела, дан ма дара тхан это тоже...
— Хаьа суна. Дац ца боху ас. Делахь а, собар дехьа. Мел хаза упаковка йолуш чай а, кофе а ду х1орш!

 
Белхан хан чекхъяллалц ца 1ийра Алик. Араиккхина, ур-атталла шеца балхахь болчаьрга вистхила а ца ларош, д1атилира шен воккхаха    волу    ваша    дукха хан йоццуш    балха х1оьттинчу
милице.
— Ахь х1ун до? Хьо лаа лелий? — цецваьлла висира Сайдулла.
— Дагавала везаш вара-кх со хьох. Цхьа г1уллакх дар-кх...
Ши ваша, юьстахваьлла,  кафе чу вахара.
— Дага йог1ий хьуна мацах цкъа оцу зударша хьехош хилла Лайса боху студентка?
— Амма йолчохь 1аш хилларггий?
— Х1аъа.
— Йог1у. И х1ун дагаеана хьуна юха а?
— Суна-м ца еанера иза. Иза ша йолчух тера ду-кх со дага веана.
— Муха? Мичхьа ю иза х1инца?
— Ломарчу цхьана районе хьажийначух тера ду. Цигара охьа-еанера-кх тахана Курсет бохуш цхьа зуда. Хансолта бохуш, ц1е йоккхуш хезнерий хьуна вайн дадас?
— Хезнера.
— Цуьнан зуда еанера-кх, вай шайна девзаш хиларе терра, аьлла.
— Х1ун бохура цо?
— Доцца аьлча, ша х1етахь лелийначунна дохко яьллачух тера хета-кх суна иза. Цхьацца хабарш йийцина, со ша оьшуш хилле-хьара, ядийна хир яра, бохуш...
— Ваха а вахана, къаста х1унда ца до ахь ткъа? Ша ядийча йог1ур йолуш хилча, хаза дийцича а йог1ур ма ю иза.
— Цулла а, цхьа х1ума дича муха хир дара? — элира Алика, официанткас шена деана чорпийн бошхап улло а хилош — ши-кхо накъост а эцна, ваха а вахана, хоттур дара: йо1, хьо хан йилла реза ю, я яц, аьлла. Цо реза ю ша бахахь, хан юьллуьйтур яра. Ткъа реза яц бахахь... та11ийна машен чу а йоьллина схьаялор яр-кх.
Сайдулла а чорпийх тасавелла воллура. Мацца а:
— Иза 1едале ялахь, хало-о хир ду-кх вайна, — элира цо.
— Со чуволлар бен, кхин х1умма а хир дуй?—т1ечевхира Алик.
— Хьо чу-м вуллуьйтур вацара вай. Изза х1ума а д1адерзон таро ца хилча, вайх дан а х1ун до?
— Т1аккха, стенах вогу хьо? Шай-кай со кхоор йолуш вац цу г1уллакхна, эшахь сто тысяча а!
— Сих ма лол хьо. Сиха вай хьо-м. И мершиг йоцург кхин йо1 хила а ма ца хилла кху вайн республикехь, хьоьга хаьттича-м!
— Дитал эрна хабарш. Цулла а, иза муха дича нийса хир дара 1едална хьалха?
— 1едална хьалхай? Цкъа загсе заявлени ло шимме а. Иаккха, баттахь ойла а яй, юха г1о ший а, кара зезагаш а эций, улло гер-гарнаш а бахий. Цигара, шаылшиннан п1елгех мух1арш а дохкий, юхадола. Вай т1аккха т1етаь11ина къоьрур ду-кха, «горько!!!» — бохуш!
Аликан дог эт1ара. Цо чорпин бошхап юьстаха теттира. Бетах салфетка а хьаькхна, хьалаг1атта вуьйлира иза.
— Собар де, котлета а ю схьаян езаш, — воьлура Сайдулла. Алик, боккъала а оьг1азвахана, аравала воллура.
— Собар де! Охьахаа! Стенна лела хьо, бер санна? — т1ечев-хира Сайдулла. — Кхин доккха х1ума ма 1отталойла вайх, иза бен!
Алик юха а охьахиира. Сайдулла кхийтира, боккъала а цхьаъ дан дезаш хиларх.
— Йо1 ядорах-м йоккха хан ца тухура, ядийначул т1аьхьа иза хьийза ца йичхьана, нагахь 1едале даьлча а. Хьийзаяхь, изнасило¬вание лорур ю. Ца ядийча ца ялахь, ядийна, цхьанхьа йосса а йина, Амма а, гергарнаш а т1етаса дезар ду. Берта ян а мегий иза-м. Х1умма а доцуш, дика д1адерза а мега. Цу районера милиции на¬ чальник а ву суна г1еххьа вевзаш. Ледара накъост вац. Шена т1едаьхьна г1уллакх деш ву. Прокурорна т1евахийта стаг а карор ву вайна. Вуьшта, со шуьца хиллий хаахь, суна дика хир дац. Делахь а, х1умма а дац. Со а вог1ур ву шуьца, т1ера барзакъ а хийцина. Машен муьлха юьгур ю вай?
— Сайниг йигча, цхьаммо номерш д1аязъяхь, сихха т1екхуьур бу...
— Номерш-м д1аяха а мегар дара.
— Ваьшшинца накъост Къорчу Хотера вайн гергара хуьлуш волу Хуту вига веза вайшиммо. Йосса а, иза волчу йоссон мегар ду. Нацкъара меттиг дика хир ю юьхьанца.
— Хуту ц1а веана?
— Веана. Суна гира хьаотаха. Веанера со волчу, дикка шен дег1ах «кеп а йоьллина».
— Гучувалахь, дика хир дац цунна а. Шоллаг1а чувуллуш хан алссам тухур ю к1антана.
— Битахьа и хьайн кхерамаш. «Чувуллур ву», «хан тухур ю»... Нах а бац зуда яда а еш, д1а а дерзош, 1аш?
— Наха-м дуккха а х1уманаш а, хьаха, леладо. Лецча а, чу-боьхкича а, башха духуш х1ума а доцуш ма бу дукхахболу нах. Дозалла хета цхьацца волчунца ша «чохь хилла» алар. Вай а, уьш а, цхьаъ ма дац. Хьо а дикачу балхара вуху. Со а балхара а, пар¬тера а вуху. Вай цкъа кху сохьта массо аг1ор а дика д1атийсаделла схьадог1уш ма ду. Нехан луур дер ду вайх, и цхьа студентка бахьа-нехь. Кара х1ума кхочуш, ларош, г1уллакхехь болу нах мискачу нахана безаш ца хуьлий ца хаьа хьуна?
— Хаьара суна иза-м. Дерриге а хаьа. 1овдал ма вац со а. Жима а вац! — оьг1аз воьдуш лаьттара Алик юха а.
— Маца доьлху вай? — хаьттира Сайдуллас сихха.
— Кхана.
— Кхана г1уллакх хир дац. Кхана 1ийча, лама г1ур ду вай, дала мокъа лахь. Кхана ахь, г1ой, Хуту кечве. Ц1ера вала а ма мега иза. Шен бага шегахь сацае а ала. Кхечуьнга цхьаний дега багах а ма даккха.

 **

Йо1 ядон бартбиначара кечам лерина бира. Сайдуллас ехна, такси яьккхира шена вевзачу накъостера. Хойбаха улло шаьш г1оьртташехь, т1е хатташ хьаькхна, номерш бехйира, ца къастийта. Юьрта чу вуллучохь, сацийна, цхьана жимчу йо1е хаьттира, школа мичхьа ю, аьлла. Иза яхийтина, Лайсега хийисте схьакхайкхий-тира.
 Готтачу урамехь аддам а дацара. Шелгашца, диттах схьакагдина га а сетош, сагатдеш  д1асахьийзара Алик. Вукху шиммо геннара, машиначуьра схьа б1аьрг беттара цуьнга.
      Иттех минот елира. Геннара схьайог1учу Лайсех б1яьрг кхетта, Алик ц1ено т1ехьа лечкъира. 
Школера схахьаьдда йо1 сиха яра. Цуьнан дагахь, шен дедена Халадна цхьа сингаттам хила хиларх кхерар дара. 
Гуьйренан малхехь товш къегара Лайсина т1ера к1ай коч, де-шех лепара готта тиллинчу косынкина к1елхьара белшаш т1е етта-лун хьаьрса месаш.
—    Машинах б1аьрг кхийтира Лайсин. Цуьнан бо-лар, г1еххьа лаг1делира. «Такси... Там бара иза... Дада!.. Казахстанера ц1а кхаьчна...» Дог кхиссадала дуьйлира «Ткъа ара х1ун-да ца волу цу чуьра цхьа а? Со ца го хир ю х1инца а?»
Хи юххе кхоччушехь, Лайсин дог дуьйхира. Чуьра са д1адаьлча санна, охкаделира куьйгаш. «Алик!.. Х1ара мацахлера бала  мичара баьлла? Х1ун дича, муха аьлча г1ур вара техь х1ара д1а, кхин цкъа а юха а ца ван?»
— Здравствуй, Лайса!
Йо1а г1ийлла корта та1ийра:
— Хьо ву х1ара?
— Со-м хьо х1ун деш ю хьажа веара, ганза дукха хан яьлла
дела.
— Ца оьшура. Хьо х1унда вог1ура? Стенна хьоьгура ахь эрна къа?
— Эрна ду техь?..
Лайсин дог ца дог1ура цуьнга лен а. Иоь1ан дуьхьал йист цахи-ларх Алик шеха-а кхийтира.
— Замано хийца ма хуьйцу стаг а, цуьнан амал а, ойланаш а. Сан лаамма-м хьуна тохара дуьйна хууш бу. Со хьалхалерраниг ма ву. Хьан даго х1инца х1ун боху хьажа со варах, сан бехк буй техь?
Иза геннара веана а хиларна, Лайсас к1оршаме кег ца дора цуьнан дешнаш, г1иллакх лоьцуш. Цо   Аликна там бора.
— Са-м ца гатло хьан кху к1отарахь? Муха 1ало хьо кху дуьнена йистте а хиъна? — Лайсин дагахь дерг ша кхин т1е а дестадо моьттуш, дийца волавелира иза.
Лайсас шеи дагахь рог1ера урок д1айолаяла йисина миноташ ягарйора.
— Гуттар а учительница а хилла лела дагахь юй хьо, Лайса? — хаьттира Алика. Йо1 ца кхетара, цо иза муха хоьтту. Завсклада дуьйцура:
— Хьо санна берш-м берашка дог а эт1адойтуш, шен могушал ла а талхош, халла, алапина т1е а хиъна 1аш   ца хуьлий. Хьо санна болчарна-м дерриге а дахьа а дахьаш, когашка охьадуьллуш хуьлий, —   къежара Алик. И дешнаш, Аликан хьесталуш велакъежар, и дерриге а Лайсина уггаре а цадезарг дара. Иза х1инций-х1инций д1айоьду ша, бохуш лаьттара. Цо дага-лоьцура Ибрах1им. Мел декъаза, осал, пайдабоцуш хетара цунна хьесталуш, дозаллаш дан г1ерташ хьийза    и    Алик    Ибрах1имца вуьстича...
— Лайса,  хьайна лаахь, тахханехь д1а а йола соьца, хьайна лаахь, хан а йиллий, кара х1ума а ло. Со дийна а волуш, хьо кхечуьнга кхачарна ца кхоьру-кх со! — шершабора Алика, шен  тешха  ши б1аьрг йоь1ан куьцехьчу дег1а т1ехула. 
— Со дийна а йолуш, хир долуш х1ума дац-кха иза! — хадийра оьг1аз йоьдуш лаьттачу йо1а. — Хьо иза къастон веана хиллехь, сан кхин дийца х1умма а дац хьоьга.
— Вуй! И бохург х1ун ду? Иза муха элира ахь? — вухуш лаьт¬тара Алик. И дешнаш улло а ца дог1ура хьастаха Курсета деана хиллачунна. 
— Кхин ма волахьа со ган, але. Ас деха ма дехнера хьоьга, ч1огг1а! Сан йиш яц. Сан урок ю х1инцца хила езаш, — д1айола-слира йо1.
— Собар! Собар дел цкъа! Сан накъостий а бу хьоьга бист хила лууш! — куьг ластийра Алика машина чохь волчу шинга, йо1 д1а ца яхийта, цунна хьалха а эккхаш.
— Мила накъостий? Х1ун дийца бохку уьш соьца? — ца кхе-таш йисира Лайса. Машина-м, хахкаелла, улло еана, сецира. Цу чуьра охьавоьссира цхьа зоьртала къонаха.
— Барт ца хуьлу шуьшиннан? — хаьттира цо, цхьа тамашийна къежа а къежаш.
— Барт ца хилча-м ца болу! Лайса, ялохьа, д1адоьлху вай кху-зара, — тккхевдина, куьг лаца вуьйлира Алик.
         Лайса кхераели-ра цуьнан, вехначу стеган санна, ц1ийбеллачу б1аьргех. Зоьрталчо, т1ехьашха т1екхетта, бер санна хьалаайина, кара лецира йо1. Машиначохь волчо т1ехьара не1 схьайиллира. Мохь аьлла, карара яла г1оьртира Лайса. Дуьхьалтиссалора, машина чу ца хаайойтуш. Т1еведда Алик, йоь1ан когех тийсалора, уьш машина чоьхьа баха г1ерташ. Цхьа мача когара охьаюьйжира. Алика и мача, воьхна, шен кисана те1айора. Т1аккха, кисана тар ца елча, иза а эцна, ма-шинан т1ехьарчу г1анта кхоьссинчу йо1ана улло охьахиира. Дехьа хиъна 1ачу Хутус, бисмаллаш а дохуш, йо1 шегахьа д1аийзайора. Т1оме хиъначу Сайдуллас машина сихха юха а хьовзийна, басаху-ла д1аэккхийтира.
— Д-д1ахеца со! Сацае машен!!! Сацае, араялийта со!!!. — мохь хьоькхура кхоччуш холчах1оьттинчу йо1а. Алика цуьнан бат д1акъуьйлура:
— Собар! Г1овг1а ма е. Ас ца элира хьоьга, суо воцчу к1анте хьо кхочур яц? Хьуна ца вевза со ма-варра! Все будет в порядке!
 
Кхаа сохьтехь гергга некъ бира йо1 ядийна боьлхучара. Къорчу Хоте д1акхача масех километр бен ца йисинера. Малх чу бузаза бара.
— Буьйса йоллалц цхьанхьа хьуьна юккъехь собар дан деза вай, — элира Сайдуллас, машина лаг1 а йина. Важа шиъ, цо бохучух кхетта, реза хилира: машина чуьра охьайоккхуш а Лайсас мохь хьекхарна кхоьрура уьш.
Цхьана бай т1е машина д1а а х1оттийна, шишанех а, юучух а кадетта вуьйлира Сайдуллий, Хутуй. Алик Лайсина уллохь, маши¬на чохь 1ара.
«Т1ох-х-х — аьлла, машина чуьра тата делира цхьана юккъехь. Шаршу т1е йиллинчу юучух тасавелла воллу шиъ цецваьлла виси-ра. Сайдуллийна Алик йо1ах леташ волуш санна хийтира. Иза ма¬шина улло вахара. Т1ара-м Лайсас цуьнан вешина тоьхнера. Али-кан мерах ц1ий доладеллера. Сайдулла оьг1аз вахара.
— Тхойшиъ цхьана сохьтана юьстах волу хьуна...
И дешнаш хезна, Лайса мерз санна юлаелира. Билхина ши б1аьрг, етта, хьирчина месаш, хьирчина коч, дерриге а йо1ах къа-хетийта декхара долуш дара. Амма къаьркъано вохвинчу Сайдул-лин даг чу туьйсург цхьаъ бен дацара: йо1 къаръя еза, дерриге а д1адерзон таро а, ницкъ а болуш бу!
Машина чуьра охьавоьссина, стака дуьззина къаьркъа мелира Алика. Сихха т1екхаьллира кара еъанарг. Хутус дассаделла стака юха а хьаладуьзира. Алика иза а д1амелира.
— Схьаэца вайшинна а кхалла х1ума. Юьстах волу вайшиъ, — кхайкхира Хутуга Сайдулла. Хуту кхийтира шега бохучух.
Машиначуьра хьалхара г1ант охьа а дижийна, йо1ах тийсавала вуьйлира Алик. Нодарчий д1аевлла, гучудаьллера цуьнан горга, ц1ен гай. Хьацарша дуьзна куьйгаш йоь1ан дег1а т1ехула кхерстара.
Лайсин аьтту хилира д1акхевдина, машинан не1 схьаелла. Ме¬саш лаьцна, Аликан корта охьа а та1ош, машина чуьра араиккхира. Шен ког ма боллу едда, хьуьна юккъехь д1аяйра.
Къаьркъано тхьузболийна корта машинах а бетташ, араваьлла Алик мохь бетта вуьйлира:
— Сайдулла! Хуту! Схьавада ший а сихха! Х1ара зуд карара дели!!!
     — Вуй! Ядийти-кх ахь иза!! Х1унда хоьцура ахь иза д1а? —
воьхна хьаьвзира ши накъост. — Мича аг1ор едира иза?
— Иштта д1а, — п1елг хьежабора Алика ша ведда воьддушехь.
Юха кара ца яха, доггах еддера Лайса. Хаа ца   лора    1орачу
когашна т1улгаша, к1охцалша ен чевнаш. Ша гена мел ели а йок-кхаеш, 1аржлуш лаыгтачу гуьйренан хьуьнан к1орге юлуш лаьттара иза.
Сахьт гергга хаш елира. Лайса х1оьттинера. Кхийсалуш, дет-талора карзахдаьлла дог. Настарш егайора. К1айчу кучан белшаш .а, букъ а хи чу 1оьтгича санна т1адийнера даьллачу хьацаро.
Стоммачу попан диттах букъ а тоьхна, садо1уш сецира иза. Хьуьна юккъера бол а кхин а алсам т1етаь1аш лаьттара. Шелдала доладеллачу хьацарэ оза дег1 хорша еъча санна, дегон долийра. Гуьйренан суьйре ша а шелъелла йог1ура.
«Лайса!» «Лайса-а, собар де! Юхаерза! Евр ма ю хьо!» «Ма ада буьйса юлуш ма-йоллу вайна!» «Оха ц1а кхетор ю хьо! — маьхьарий детташ, г1аьхьабевллера маларо марсабаьхна накъос-тий. Лайсина, гена мел ели, церан аьзнаш ца къаьстара. Хетарехь, уьш харцахьа баханера.
Жимма садаь1на, д1асахьаьжна Лайса кхераелира: булуш лаьттачу боданехь, гобаьккхина ирх ихна дитташ бен х1умма а дацара. Цхьа шатайпа тийналла яра хьуьнхахь х1оьттина, мохан х1уо до-цуш, йо1а х1ун до тень, бохуш леррина ладоьг1на сецча санна. Кхераялар алсам долуш лаьттара.
Ша едда еанчу новкъа юха яха дагахь, меллаша д1айолаелира Лайса. Дерриге а дицдинера ц1еххьашха ойланех хьаьрчинчу кхерамо.
Кестта Лайсин болар сихделира. Ц1еш тийсина, лазон, шелло 1ора когаш а ца тергалбеш, едира... Йоккха юкъ ялале цунна хьалхахьа цхьа серло хааелира. Хетарехь, цигахь хьун кхачайора. Хазахетта, йо1 сихха д1ахьаьдира. Амма, цхьана к1оргачу бердана йистте кечира. Лайса, кхераелла, юхаиккхира. К1оргачу 1ин чохь яьлла а, луьста хьун яра. Йо1 кхийтира, ша тилла хилар. Кхоччуш йоьхначу, цуьнга мохь белира.
«Х1е-е-ей!» — кхайкхира иза, Аликг1арна а ша гучуяларх шек ца йолуш. «Х1е-е-ей!»... — юхадеара 1инал дехьа ирх баханчу т1ул-ган бердах кхетта г!ийла аз. Ио1а юха-юха а г1ора ма-дду мохь беттара.
— Собар! Хезий хьуна? — хаьттира Сайдуллас шена гена воц-цуш, ладуьйг1уш лаьт-тачу Хутега.
— Х1ан-х1а.
— Ладог1ал, т1аккха.
Юха а геннара схьахезира йоь1ан дуткъа аз. Х1инца шиннена а. Ши накъост аз хезначу аг1ор д1ахьаьдира. Улло мел г1оьрти шера къаьстара цаьршинна кхераеллачу йо1а доггах бетта мохь. Амма ший а дуьхьал ца кхойкхура. Кхоьрура, йо! юха а ядарна.
Дикка 1аржъеллера. Екхначу стигло серло ца лора г1а охьа-доьжна, 1ораяьллачу хьуьнхахь.
— Езара хьо кху хьуьна юккъехь тховса йита, берзалошка яийта! — мохь туьйхира т1ехьахула т1евеанчу Хутус. Лайса, цунах яда дагахь, д1аэккхаш йоллура.
— Собар дел! Яха меттиг бац хьан тхох яьлла, — дуьхьал иккхира Сайдулла. Кхераеллачуьра меттаеана йо1, тийжаш елха х1оьттира:
— Со х1унда хьийзайо аш, акхарой? Нохчий дац шу? Х1унда г1ерта шу со дакъаза яккха? Шаьшшиннан йишийна т1ехь х1ара лелийчи  муха  хетар дара шуьшинна? Д1айига со ц1а! Ас доьху шуьшинга. Ма хьийзае со. Со суо йийча а, 1ийр ма яц цу Аликехь. Х1унда хьийзайо аш со эрна?
Лайса, де кхачийна, шийлачу лаьтта охьахиира. Къаьркъано кхетам баржийна а, ведда веана хьуьхь воьлла а ца хилча, к1ез-зиг мукъа къа хета тарлора шина къонахчунна шаьшшиннан когашка охьайоьжначу жимачу йо1ах. Вуьшта, х1инца цаьршиннан дегнаш чохь алссам оьг1азалла кхехкара. Йо1а мел дуьйцучо а цаьршиннан дералла алсамйоккхура.
— Г1аттал цкъа хьала! Х1инца хьо нуьцкъала текхор дара хьуна тхойшинна оьшург! Охашиммо, хьаха, ю хьо саттийна, куьй-гаш т1ехьа а дахийтина юьгур! — т1ечийхара Сайдулла.
— Йо1, ма дакъаза яла хьаьхна хьийза хьо! Цулла а, хьайга боххург де. Харцхьараниг ма дац хьоьга бохург. Яло, д1адоьлху вай. Хьалхаяла! — т1ечийхара Хуту а.
— Ца яг1ахь, дера ю вайшиммо такхийна юьгур! Ша куьйгаш т1ехь айина хьур ю моьтту хир ду кхунна, — охьатаь1на, лаза а беш, йоь1ан пхьарс схьалецира Сайдуллас.
— Д1айог1у со... Д1ахеца сан пхьарс! — елхар сацийра Лайсас. Иза доггах тийшира шена уллохь лаьттарш адамаш цахиларх.
Уьш кхоъ мацца а машина улло кхечира. Ши къонаха Алике кхайкха х1оьттира. Дуьхьал цхьа а вист ца хуьлура. Х1инца иза вайнера. Дикка 1ийра уьш хьуьна юккъехь вайначуьнга мохь бет-таш. Йо1 ша а йитина, лаха генна хьуьна юккъе д1аваха ца х1ут-тура и шиъ.
— Сихха х1ара хьо волчу х1усаме д1а а йигна, юхавог1у вайшиъ, — элира Сайдуллас Хутуга. Йо1 чу а хаийна, машина ма - йоьдду сиха д1аэккхийтира.
Лайса Хутуг1еран чу а йигна, сихха юхахьаьддачу шинна Алик дукха леха ца дезаш карийра. Буьйсанна, са а ца гуш, цхьана 1ин чу воьжначу цуьнан жимма п1енданаш лазийна хиллера. Лаккха Сайдуллас ойла йира, Аликан хьал вон ду мел моттийти а, Лайса атта берта йог1ур ю аьлла. Цул сов, шоллаг1чу дийнахь, сихонца ядийна Амма хьалаялийра цо Лайса йоссийначаьрга. Аммина а моттийтира Алик ч1ог1а вон хьал долуш, вала воллуш, реанимация палатий чохь ву.
       - Вай-вай-вай! Со яла елла, вий-кх хьо йо1а нехан стаг, бер-дах а тесна! — йо1ана т1е етталора амма. Лайсас Амма мара къуьйлура:
— Деца, со цкъа а г1ур ма яц цуьнга, иза дийна висахь а! Са суо яла реза ма ю цуьнга  ца йоьдуш. Суна иза б1аьрга ван а ма ца веза, со х1унда хьийзайо аш массара а? Цара-м со уьстаг1а санна айина, машен чу а кхоьссина, ядийний! Уьш-м адамаш даций, ж1аьлеш дай! Х1унда г1ерта хьо со цу акхаройн когаш к1ел йолла? — йоьлхуш, тен ца туьгуш хьийзара йо1.
— Вай, со яла елла! Ма хьийзайо-кх аш со массара а! — ша а елха йолаелира Амма.
— Цкъа цу вайи невцах х1ун хуьлу мукъа хьовса вай? Иза дийна висахь-м, хала а ма дацара х1умма а. Магахь, тарлахь, 1ийр яра хьо марехь а. Ца магахь, хьайн ц1а г1ур яра-кх. Масане бу дуьххьара, дешшехь маре да нисделларш а, кхузза-доьазза маре Ихнарш а. Башха доьхна х1умма а ма дацара, цкъа Аликна г1олий хилахьара-м!
— Деца, ас, милиции ц1арах кехат яздина. Иза почтан яьшшикна чу тосур дацара ахь?
— Вуй! Д1аяьллахь! Айхьа х1ун дуьйцу хаьий хьуна, хаа а? Наха вайна мел бехк буьллур бара хаьий хьуна? Ткъа Халад? Цуьнан ойла йой ахь, янне а? Цо ловр ду моьтту хьуна и юьхь1аьр-жо шена т1ех1оьттича? Иза-м лийр вай, дог а даьтт1а! Иза вен г1ерта хьо? Къа ца хета хьуна цунах?
Шен к1отарахь волу цхьана деда дагавеана, Лайса доггах елха х1оьттира. Амма теян г1иртича а дош ца хуьлуш, ехха хьа-лаохьа идира цуьнан готта, хебна белшаш.
 Цу дийнахь-буса Лайса дикка худаеллера. Б1аьргаш чуэгнера, дег1ера г1ора лаг1деллера. Шен дахарехь уггаре а коьртаниг хаьдда, доьхна д1адаьлча санна хетара. Х1инца ша Ибрах1имна оьшург цахиларх а дог диллинера.
Аммина хаьара, Лайсина шен деда мел дукха веза. Хаьара цунна там берг дан, Лайсас шена мелла а хало хуьлуьйтур юй а. Цундела цо йоккхаерца т1еийцира шега Сайдуллас, Халад волчу г1ахьара, аьлла, дина хьехар а.
Аликан гергарчара вовшахтуьйхира Халадна т1ебахийта кхин а баккхийнаш, царах шиъ — Нохчийчохь ц1ейоккхуш волу ши молла.
Хьалхарчу дийнахь 1орачу когашца, еккъачу кучаца шийлачу, гуьйренан хьуьнахула идар ца лайна, Лайсех дагар хьаьрчира. Цамгар марсайохура мел хиллачу цатемаша...

**

Гуьйренан дацлуш лаьтта де суьйренгахьа лестинера. Йоккха юкъ ца йисинера геннара схьакъерза шелбелла малх даккъашна т1ехьа д1алачкъа а.
Сийсара шена гина тамашийна г1ан дагара ца долуш, цуьнан ойланаш а еш, божал хьалха хьийзара бежнашна докъар таса араваьлла Халад.
Тийна лаьттачу 1аламехь, геннара схьахезира воккхачу стагана к1отара схьабоьрзучу новкъахула т1етт1а алсамюьйлуш гер-га г1ерта машинан г1овг1а.
«Мила ву техь хан йоцчу хенахь кхуза вог1ург?» — сагатделла, шен карара шада охьа а диллина дуьхьалвелира Халад. Кестта гучуелира гата тоьхна машен а. «Пирсидатал хила мега. Лаа вог1ий техь х1ара? Я цхьа сингаттам баьлла техь?» — ойла кар-захйийла елира цуьнан. Кху т1аьхьарчу шерашкахь мел бог1у кхаъ а вониг нисбала 1емина волчу Халадан даго къобал ца йора да-гахь а доцуш, юккъехула схьаг1ерта машина.
Бисмаллаш а дохуш, меллаша машина чуьра охьабуьйлура цхьа ч1ог1а кечбелла, зоьртала дог1маш долу баккхийнах. Цхьаъ. Шиъ. Кхоъ!.. Халадна царех цхьа а ца вевзара. Дуьххьара гора кхунна и холхазан даккхий куйнаш техкина къонахий. Халадан юьхьа т1ера бос байра.
— Оссолом 1алайкум! Вахалой хьо, валлалой хьо? — т1ебуьйлабелира воьхна лаьттачу воккхачу стагана тамашийна хьеший. Елаелла, хьастаелла, еана маракхета сурт дира йишин йо1а. Ха¬ладан жимма са парг1атделира.
— Ва1алайкум Салам! Д1аволлу со-м, хала а, атта а. Схьадуьло, чоьхьа довла! — шен г1ийлачу х1усам т1е куьг хьажийра Халада. — Шу лаа дуй? Сингаттаме х1ума-м дац? — 1а а ца велла хаьттира воккхачу стага шен йишин йо1е, хьешашка и тайпа хеттарш деш ца хуьллушехь.
— Сингаттаме х1ума а дац, вай лайначаьрга а, нахана т1ех1уттучаьрга а ладоьг1ча. Х1умма а доцург дера дара иза дан-м, Ваша, чохь дуьйцур ду вай дерриге а.
— Бисмалла - х1иррахьманир - рахьим, — дах де-еш бисмалла а даьккхина, Халадан х1усаман не1аран т1ам схьалецира хьалха-ваьлла воьдучо.
— Х1орш муьлш бу? — 1а а ца велла, юха а хаьттира цецваьллачу Халада шен йишин йо1е, жимма т1аьхьа а сецна.
— О-о! Д1аваьллахь, Ваша! Х1орш дера бу вайн Нохч-Г1алг1айчуьра уггаре а беза молланаш, — куьйгаш ластийра Аммас. — Кхарна хьалха ваьш ледара гайта йиш яц вайн, х1уъа дина а. Ва-рийлахь! Т1аккха кхетар ву хьо доллучух а! Со шуна юучунна г1айг1а беш кху чохь соцур ю, дика ладог1алахь цара бохучуьнга. Церан дош дохадойла яц хьуна вайн!
Стаг г1ийла а, беркъа а, тишвелла а хилча 1овдал а ву, цунна наха лелориг а ца хаьа моьтту, иза атта а хета цхьаболчарна. Изза дара Халадца Аммас лелориг а. Ненавешина ша хьекъал далар а, хьехам бар а нийса хетара цунна. Воккхачу стага-м дегабаам ца бора. Цунна дукхабезара к1еззиг бен ца бисина шен гергарнаш, Х1уъа дина а, царна там берг лелон а г1ертара.
     Бусалба динах лаьцна дукха хьехамаш бора баьхкинчара, Халадера цхьаъ даьла, я кхуьнга къаьркъа дитайта шаьш даьхкича санна. Ткъа Халад не1ар саг1ехь лаьттара, х1ара баьхкина тамашийна хьеший муьлш бу а, ша дан дезарг х1ун ду а ца хууш. Хуьлучух иза дуьхе кхиийта башха, сихбелла хьеший а бацара. Цаьрца цхьаьна Амма хиларехь шеквара Халад, х1орш Лайса еха-х ца баьхкиний техь, бохуш. Вуьшта, Майрбекера юха а цхьа хьашт доцург даьлла, цуьнан гГуллакхо х1орш арабаьхна хила магар а д1а ца тоттура даго.
Кхин а дуккха а дийцира баккхийчу наха пайхамарша лелийна бохучух, жайнаш т1ехь ду бохучух лаьцна. Хетарехь, цара хьоьгу и къа шаьш боккъалла а дика, ч1ог1а дешна молланаш хиларх Ха¬лад тешийта г1ерташ дара. Цунна санна дара кхоалг1ачу накъоста и шиъ Халадна вовзуьйтуш дина къамел а:
— Х1ара хиъна 1ийриг Теркайистехь а, охьенгахь массанхьа а, вайн ерриге а Нохч-Г1алг1айчохь а вевзаш волу, ч1ог1а дешна 1е-лам стаг Увайс-молла ву. И цунна улло хиънарг ву Бакар-молла. Со а ву цхьана наха кхаьршиннах а тоьхна, леррина хьуна т1е ваийтина. — Къамеле ваьлла, г1анта т1ехь хиъна 1ан иза жимма д1атийра, ша аьллачух Халад дика кхетий техь бохуш санна. Ха-лад-м ладуг1уш 1ара, не1сагг1ехь диллинчу г1анта т1е охьа а лахвелла.
— Тхо лаа арадевллий техь аьлла хета хир ду хьуна, — юха а д1адолийра кхоалг1ачо.
      -  1имран, дукха даздай а ма дийцахьа. Ахь-м кхерор ву стаг, иштта ч1ог1а дийцахь, хьа-хьаъ! — велакъежира Увайс-молла, шен коьртара схьабаьккхина холхазан куй маьнги т1е охьабиллина,, четара схьаяьккхина, узбекин жима пес коьрта а туьллуш. — Кегий хилаза ма дац вай а. Халад а вац жима хилаза. Сонта стаг а вац х1ара, схьагарехь. Ма-дарра д1адуьйцур ду вай... Халад, хьан к1ентан йо1 маре йигна охьарчу цхьана наха. Харцхьарчу наха а ца йигна, декъачу хьаьвдий т1е а ца йигна. Вуьшта, вайн нах дукха ч1ог1а цецбовлу, шайх цхьаъ 1оттаделча. Х1инца, хьуна ма-гарра, тхо ду вовшах а тоьхна, арадаьхна. Бакъдерг дийцича, и йо1 а ю боху г1еххьа реза йоцу-уш. Цундела кхерабеллачух тера ду и нах а. 1едалца дерг-м аддаме а ца хьежош, шаьш д1адерзор дара цара. И йо1 яр-кх, Халад, кхето езаш...
Халадан дог 1аьвжира. Х1ара доллучух а кхийтира. «Веза Дела, сан к1анта лелийнарг ду-кх ахь суна дуьхьал даьккхинарг!» — хьаьдира коьрте.
— Мичхьа ю и йо1? — хаьттира воьхначу дедас, ша хоттучун башха ойла а ца еш.
— Йо1-м генахь йоцчух тера ду. Некхачор ву вай хьо цунна-м, — элира Бакар-моллас. — Хьо т1е ца кхачахь, кхечара бохург-м башха дан йоллучух тера а дац иза...
Увайс-молла цхьа реза воцуш д1ахьаьжира Бакаре. Гарехь, кхуо меттахь доцург элира. Цу дешнаша Халад кхин т1е а вагийра:
— Ядийна-кх иза. Бертаза йигна-кх аш иза... — эккхийтира дедас. Увайс-моллин ерстинчу, уьрсаца та11ош яынначу бета т1е-хула велаваларан моха шершира:
— Оха аьлча а, тхо дахкийтинчу нехан кегийчара ядийначух тера ду. Тохара-м зуда, ша к1ант волчу к1анта яда а еш, мага а мегаш хуьлура, х1инца эвхьаза баьхна-кх и зударий а кху 1еда-ло. — «Зударий» — бохург цхьа озийна-а, цавеша-аш элира моллас. Х1ара и гГуллакх х1уъа дина а к1адда, х1умма а доцург хе-тийта г1ерташ хилар гуш дара.
— И зуда-м стага шена цунах х1усамнана ян ядош яй, — хье-къале дош ала вуьйлира Бакар-молла. — Шена езаш а, оьшуш а ца хилча, ядор а ма яцара иза. И ца хаьа-кх вайн х1инцалерчу т1е-кхиъначу зуьдаберашна. — Увайс-моллас санна, цунах д1атарлуш аьлла дара кхо а х1инца и «зуьдабераш» боху дош. — И к1ант а дукхахенахь дуьйна хилла ма боху цунна т1ехьийзаш, — т1етуьй-хира Бакар-моллас, невцан бехк жимбеш.
Вист ца хуьлуш, тийна 1ара Халад. Чохьболчарна ца хаьара, цо стийнан ойла йо. Цуьнан байначу басах, шаьш беанарг кхунна хаза кхаъ боций-м кхийтира. Воккхачу стеган г1айг1а жимма яйа вуьйлира Увайс-молла:
— Маржа я1, нахана т1ех1уьттучу даккхийчу х1уманашка хьаьжча, ма доккха х1ума дац тахана вай арадаьккхина лелориг! Хьастаха машено к1ант а, нус а, йо1 а — цхьаний кхоъ дийначохь тезетахь хилла со. Шуна а хезна хир ду иза. Хийла х1уьтту наха¬ на т1е ондий х1уманаш. Хилаза цадаьлларг, делан 1ожалла т1е х1оьттича, иза лан де хила деза муьлххачу стагехь а, зудчехь а. Хьо а ву аьлла хезна тхуна, Халад, дуккха а вонаш лайна стаг. Хетарехь, хьо цецвала-м х1умма а дисина хир дацара кху дуьиенчохь. Делахь а, ваьшна т1е кхана х1ун х1утту а ца хаьа-кх вайна. Ваыи делла д1адовллалц лан дезаш ду-кх вай х1ара баланаш.
Увайс-моллийна гира, ша х1инца аьлла дешнаш Халадан дагах кхетта хилар. Са дуткъделлачу воккхачу стеган корта оллабеллера.   Хиира  моллийна     х1инца,     кхид1а     кхуьнца     муха дийца деза.
— Лайса ю бохурий аш цу йоь1ан ц1е? — хаьттира Увайс-мол¬лас.
— Ю, — ч1аг1дира г1анта т1ехь хиъна 1ачу 1имрана.
— Лайса хьуна ч1ог1а дукхаезаш ю, хьан цул хьоме х1ума дац бохуш хезна тхуна, — юха а дийца волавелира Увайс-молла.  - Цу делан вазалор, вац вайх цхьа а цу йо1ана вон болх хила лууш а, хуьлуьйтур болуш а! Дела ву-кх дог гуш верг, и хьан к1ентан йо1 а, тхешаниг а бен-башха ма ца хета суна! Х1инца и йо1 йигнарш сайна бевзаш нах бацахьара, кхуза схьакхаччалц вог1ур а ма вацара со! И нах ма-бара хьайна бевзаш хилча, хьо а Ладвахана а хир ма вара, хьайн йо1 цу нахе кхаьчна! Дера бу уьш ламаз-марха долуш, нахана юкъахь лела хууш, дукха ч1ог1а дуьненан рицкъа т1едир-зина нах! Соьлж-Палахь вац уьш ца бевзаш цхьа да! Массанхьа а: базашкахь а, туьканашкахь а, складашкахь а бохкуш нах бу уьш. Лакх-лакхара хьаькамаш бу цу Г1алахь царна бевзаш а, цаьрца Г1уллакх дог1уш а, - дуьйцура кхи д1а а хабарчас, -  И шун йо1 йигнарг а волчух тера ду цхьанхьа-м складехь. Ваша а волчух тера ду цуьнан милицехь болх беш. Доц-ца аьлча, х1инца сихонал хьалха вайн собар а, хьекъал а даьлла, и йо1 кхето вайн ницкъ кхачахь, ша елла д1аяллалц, шена а, шен т1аьхьенна а сискал хилийта чот хир яра-кх цу йоь1ан. Хьан г1ул-лакх а вон хир дацара. Молха эшна, г1о иэшна, накъост эшна хьовзар масане нисло вайн! Хаза меггарг, ледар а боцуш накъостий хир бара-кх цу нахах хьуна а!
— Дера бу уьш оьзда нах! — дош ийцира Бакар-моллас. — Кхин х1умма а ца хилча а, вай схьадовлуш вайга цара дина къамел тоьар дара! Кегийчара лелийнарг сонта Луллакх дуй-м царна шайна а хаьа. Делахь а, х1ун де т1аккха.   Даккхийчех дац иза-м.
Вуьшта, и х1инцалера кегийнаш дукха ч1ог1а шайн амалехь нах бу. Денна оьхьуш кинош ю, йоынуш кинишкаш ю, лоькхуш телеви-зорш, радиош ю, церан х1ун бехк бу корта хьаьвзича а.
— Эх1! Ма бакъ боху ахь иза! — меттахвелира х1инццалц молланаша дуьйцучу «хьекъалечу» къамелех дукха ч1ог1а инзарвуьй-луш 1аш волу кхоалла накъост — 1имран.  -  Тхан дас-нанас могуьйтуш да¬цара суна цхьа ламаз а, марха а дитча. Х1инца дукхахболчара шаьш а ца до ламазаш, я шайн берашка а ца дойту...
— И зама-м д1аяьллера, — сихха юкъаиккхира Увайс-молла, шен ши накъост гена вала воллий а хиъна. — Ламаз-марха ца ле-лорах-м, сонта бацара вайн кегийнаш а. Дера юьйцу Лайса дукха ч1ог!а Лиллакхе, эсала, бакъахьара йо1 ю бохуш. Наха дуьйцучу къамелашка ладийг1ина, суна а езаелла иза-м!
       Лайса дуьхьалара ца йолура. «Дада, ас хьо кхузахь дукха вуь тур вац хьуна, хьо мел дуьхьал вийлахь а! Тхо долчохь мел аьтту болуш ду хаьий хьуна уьстаг1ий лело! Хьо мегар волуш а вац уьш ца лелош, — йоьлура Лайса, шен хаза ши б1аьрг а къегош.—Хьайн а са ца гатло хьан, Дада, кху аддам а воцчу к1отарахь? Кхузах-хьа-х свет а яц. Х1ан-х1а, Дада, кечлой 1ел хьо, ас дукха вуьтур вац хьуна хьо кхузахь! Сан мел сагатло хаьий хьуна хьо кхузахь хьуо волуш! Со мегар а яц, Дада, хьо уллохь ца хилча». Х1етахь Халадан б1аьргех хи даьллера. Цхьаммо а ца бинера воккхачу стагана оццул там.
Ткъа х1инца? Х1ун дан деза х1инца? Сан к1анта леллийнарг ду-кх х1инца суна т1едеанарг а. Со дуьхьалвийларх, наха бехк-биллар бен, кхин х1ун хир ду цунах? Лайса дуьхьалъяьлла хир ю, ас х1ун эр ца хууш. Т1аьхьо берта гТур ю, шен нана санна... Иштта ду-кх заманан х1уманаш... соьга уьш хийцалур дац.
— Дукха ойланаш а ма е ахь, Халад, — схьакхайкхира Увайс-молла, — замано ша-шаха д1асалуьстур ду хьуна дерриге а. Вай-на там бийр болуш дуьне ма дац х1ара. Шена т1е х1оьттинарг лело деза къонахчо. Хьо-м ледара вац олуш хезна суна кхузарчу наха. Хьо ледара хир ву аьлла хеттехь-м, тхо хьуна т1е дог1ур а дацара. Хаьа тхуна, ахь тхан юхь йийр юй а.
— Г1уллакх 1едале кхийдорах беркат ца долу цхьанна а, — ма-барра шаьш беана некъ бовзийта вуьйлира Бакар-молла. — И йо1, шен кадалахь, тахана а едда, милице эккхар йолуш ю. Т1ак-кха вайна ма хаьа, зударшца долу г1уллакх вайн х1инцалерчу 1ё-дало мел ч1ог1а лелош ду! Бе а бехк а боцуш, и к1ант а чувуллур ву, цуьнца хилларш а чубухкур бу, алссам хенаш а тухуш. Шуна юккъе мостаг1алла а, нехан цабезам а боьр бу.
Чохь юха а тийналла х1оьттира.
— Шен дешичас аммас бохург а, хьаъа дуьйцург а тергал ца до цо, — мацца а вистхилира 1имран. — Ахь аьлларг дан декхар а ду цо, цхьаммо а аьлларг ца деш а.
— Дийр ду дер-кх. Шен дедас аьлларг ца деш йо1 хуьлийла а дуй? Со-м теша цо кхуо аьлларг дийриг хиларх а, х1ара г1уллакх, инша аллах1, Дала мукъалахь, дика, хаза, бертахь д1адоьрзург хиларх а! — меттаххьайра Увайс-молла.
— Г1уллакх 1оттадалаза а ца даьлла, 1отталуш, нах болчу нахах 1оттаделча атта ду, — вистхилира Бакар-молла. — Суна кху Халадах б1аьрг кхетташехь хиира вай бохьу некъ цхьана ба-къахьарчу т1ег1ан т1е бер буй...
Юха а массо а Халада х1ун олу хьожуш, д1атийра. Халад-м ладуьйг1уш 1ара, корта охьа а бахийтина, кхин х1ун дуьйцу-техь баьхкинчара, бохуш. Кхийтира Халад, уьш ша эр долчуьнга ладо-г1а севцна хиларх.
— Х1ун де ткъа, къа хьегна-кх аша, кхуза кхаччалц схьаг1ерташ. Вайга хаьттича, вай иза иштта а хуьлуьйтур дацара, — вистхила дийзира Халадан. Кхунна шерра хууш дара шен нахана хьалха а, нехан нахана хьалха а ша масла1ат цадича ца волий. Х1унда аьлча, кхунна бехк буьллийла яра нехан. Лехтухур дара, шен к1анта лелийнарг цаго кхунна, аьлла. Халадна нехан бехк а, не1алт а ца оьшура. «Вуьнпа а, цу к1ентан х1умано а юхь1аьржа х1иттош волчу сан, кхин т1е г ц1е южур ю-кх, х1инца кху наха бохург а ца дахь», — дара дагахь.
Шен декъазчу кхолламах тешнера воккха стаг. «Берриге а Де¬лан болх бу. Цо диннарг ца лайча вер вац», — сецнера ойла.
— Баркалла хьуна. И веза Дела реза хуьлда хьуна! Юхьк1айчу х1иттий ахь тхо, оха беана некъ эрна ца байи. Дала шен дуьхьа лорийла ахь тхуна бина там! — баркаллаш баха вуьйлира Увайс-молла.
— Дела реза хуьлда хьуна, Дала хан яхъйойла хьан! — т1е-вирзира Бакар-молла а. 1имран а хьаьвзира дукха ч1ог1а баркал¬лаш бохуш.
— Х1ун хили? Барт хилин шун? — ерриге а екхаелла, елаелла сехьа чу иккхира Амма.
— Хили, къур1анор-кх, барт ца хуьлийла дан а дарий, кху оьз-дачу х1усамехь? Кху Халадах б1аьрг кхетташехь хиира суна, х1а-ра ледарчех воций, — хастийра иза Увайс-моллас. Яккхий г1овг1а-наш яьхнера массара а цхьаьна луьйш. Кхеран самукъадалар алсамдохура дехьачуьра схьаетталучу кхорзучу жижиган хьожано.
Халад к1еда стаг хилар а, кхуьнца кхид1а а шайна дийца атта хирг хилар а хааделла молланаш, дикка эвхьазабевллера. Шайн дег1ах жижиг а тоьхма, т1е индийски чай а мелла,   арабевлла хьеший, цхьацца сов долчу хабаршка бевллера. Х1инца х1орш башха а, ца башха а ца къийлалора тишвелла вог1учу воккхачу стагах а, цуьнан х1усамах а.
— Дера бевлла з1инца зударий эвхьаза, д1адолийра юха а Увайс-Моллас.
     — Майранашна шаьш мел муьт1ахь хила беза хаьий техь царна? Мел къилахь ду хаьий техь майранашна шаьш дуьхьалонаш лелаяр?
— Хьан дашна юккъехула делахь а, сан дара дийца цхьа хаза х1ума, — юккъаиккхнра Бакар-молла.
— Дийцал ткъа, — ладог1а кечбелира чохь берш. Амма дехьа чохь пхьег1аш д1айохуш йоллура.
— Зударий хилла цхьанхьа-м зих1арте бахана, — дийца волавелира Бакар-молла. — Шаьш цу зих1артера ц1абог1уш вовшашка дуьйцуш хилла цара, х1инца вай санна, зударий шайн майранашца муха хила беза. Цхымма, царна юкъа туркх ларалуш йолчо аьл¬ла: «Зуда, нагахь жайно ма-бохху иза лелаш елахь, буьйсанна нисса кхузза т1ех1отта еза шен майрачунна, ша оьший хьуна, шеца г1уллакх дуй хьан? — бохуш. Т1аккха бен шен майрачун къилара ца йолу иза».
Цу къамеле ладийгТина цу дийнахь цаьрца    нисъеллачу тхан эвларчу Залпаа а. Далла гергахь дика стаг хила г1ерташ йолчу цо, дика д1алаьцна и хьехар.
Сарахь, балхара ц1акхаьчна, аг1орваьллачу шен майрачунна т1ех1оьттина Залпаъ:
«Стаг, со оьший хьуна?» — аьлла.
«Ца оьшу. Ас-м ма ца кхайкхира хьоьга», — цецваьлла майра.
Буьйса юккъе яхханчу хенахь юха а сама а ваьккхина, хаьт-тина Залпаа майрачуьнга.
«Стаг, со хьашт юй хьуна? Соьца г1уллакх дуй хьан?» — аьлла.
«Дац, зуда! Витахьа со вижинчохь. И х1ун ю цо юьйцург?» — шекваьлла майра. Делахь а, шен коьртах юрг1а а хьарчийна, юха а д1авижна. Кхоноле, сахуьллуш, юха а ян а еана, т1ех1оьттина зуда:
«Стаг, во стаг, хезий хьуна? Х1инца а дуй хьан соьца г1уллакх?»
«Ой! Со вала велла!!! — хьалаиккхина т1аккха майра. — Неха-м зих1арте бахча, кхетамчу а бог1ий боьрзуш ма хуьлура, хьо барше а еана йирзина-кх цигара ц1а, хьан да нелца валларг!!!»
— Кхахь-кхахь, кхахь! — буьйлуш, г1адоьхура хьеший. 1имра-на б1аьргех ч1ог1а вийлина, хиш девллера. Цхьа Халад 1ара, бат а сеттош, шен а вела дог дог1у моттийта г1ерташ.
— Тхан юьртахь а хилла цунах терра цхьа г1уллакх, — дийца волавелира т1аккха Увайс-молла. Цхьана зудчун, (цуьнан ц1е як-кха ца лаьа суна) майра веана хилла Казахстане балха ваханчуьра ц1а. Новкъахь ц1ерпоштано д1асавиттина, гуттар к1ад а велла, ц1акхаьчна, иза сихха д1авижна хилла. Цу балхо г1еххьа васйина хилла цуьнан зудчунна. Шоллаг1чу 1уйранна божал чу яхча, цу чохь 1уьллучу шайн аттана гай т1е мийра бетта бохура зудчо. «Хьа-лаг1атта, хьайн ден докъанна т1ехь хьо бераг, хьо-ам бац Казах-станера беана»,— бохуш.
Ма доккха ирс доьссина-кх кху х1усаме аьлла хетар дара цу сарахь Халадан кора к1ел нисвеллачунна. Ч1ог1а самукъане беларш хезара цу сарахь оцу тишачу к1отарахь.
 
     - Вайна ваьш ларда, вешан х1ора стаг а мел мехала ву хуур дара, вай мичхьара схьа ду, х1у ц1ий ду вешан пхенаш чохь вайна хаахьара, - дуьйцура Хьасана. – Суьлийн имамаша дойуш схьадог1у вай, х1аллакхилар г1азот ду бохуш. Жуьгтийн луур толайчи г1азот муха хуьлу? Мостаг1ий нохчий бу, бохуш вайцна т1е п1елгаш а хьежош, кху чохь т1ом а болайна, дерриге а Россин хьал доладоккхуш бац уьш?
     - Дера, иттех жуьгтийн олигархана д1а-м делла дерриге а, - реза хилира Ибрах1им. – Цундела вукха Березовски а кху чуьра т1ом марсабохуш, миллионашкахь ахча чукхуьссуш воллуш. Иза а, и саннарш а совцош стаг а вац.
     - Цхьа баьхьарча ву суна вевзаш. Дудаевн командехь ву иза, - дийца велира Хьасан. – И баьхьарча Турце вахайтина хилла т1омбечу нохчашна ахча гулда вайн бусалбан вежаршкара. Цо дийцарехь бусалбан вежарша вайна луш шай а дац. Дерриге ахча а Американ ЦРУ-с кхехьайтуш ду. СССР йоха а йина, совца дагахь бац уьш. Росси а йохо леа царна. Россица т1ом беш нохчаша шаьш байича-м церан ши ет бехка.
     Жимма хан елира ши йийсархо вовшашка вист ца хуьлуш. И шиъ вовшех дика кхетара. Амма цаьршинна хеара, цакхеташ дудаевг1ар а боций. Амма кхета а кхетта, юха а бевлла, къоме шайна луъу куьйгалхой харжайтича уьш цу куьйгалхошна юьккъехь хир бацара. Церан даржаш, хьал-бахамаш, хамрц кхоьллина турпалхойн ц1ераш йита езара. И царна ца леара. Къомал а сов шаьш дезара царна а, царна улло хьийзачарна а.
     Дерриге а галдаьккхинарг «оппозиции» ю шаьш, бохуш кхоллаелла тоба а яра. Цу «оппозицина» шен къомаца кхетош болх бан а, 1едалехь болчаьрца дипломатии лело а ца леара. Царна сихха федералашкара танкаш а, автоматаш а, ахча а даьккхина, т1амца Дудаев воха а вина, турпалхой хила леара. Цундела холкъан цаьргахь Дудаевгахь боллучал а безам бацара. «Дехьаранаш а, сехьаранаш а, берраш а зулуман дай бу, вовшашцуа барт лохуш мел воцург» - олура наха.
     - Дудаевна ша дукхавезаш лела моьтту шена т1е Жириновски, Боровой, Кобзон, Полторанин, Бурбулис, кхи а иштта дуккха а жуьгтий -  дуьйцура Хьасана. – Ца лела. Варийлахь, юха ма валалахь, хьо бакъ ву хьуна, оха накъосталла дийр ду хьуна, - бохуш лела. 1ехош ву и шизофреник. Мел дукха бехкбоцу адам ду цара х1аллакдеш! Ма кеста кхачор бац х1ара т1ом, цу Москвахь долу 1едал жуьгтийн карахь мел ду. Амма х1инца и церан карара дер а дац. Америкехь цхьана доллара т1ехь шайн масонийн билгало йина цара – бухь хадайна пирамида. Ткъа Россин герб а шайн ткхей итталг1ачу масонийн градусан билгало х1оттайна – ши корта болу аьрзу. Г1азакхий-м 1адда 1ийр болуш бу уьш шайн чета бехлуш хилахь а, шайна мала къаьркъий, т1екхалла жима колбасай хилчахьанна.
     - Т1ом сацо безара х1уъа дина а, хьаьнгга орцаш даьхна а, - г1айг1ане элира Ибрах1има.
     - Хьаьнга доккхур ду ахь орца? – мохь тоьхнна меттаха велира Хьасан. – Вайн луларчу республикийн куьйгалхоша, цхьа Аушев воцчо массара а куьйгаш та1айнера кху чохь т1ом болабе, аьлла Ельцине яздинчу кехата бухе. 1аьрбий ахь бийцахь, церал боьрша йоцуш х1уиманаш ян а яц кху дуьнент1ехь.  Цара эвхьазабаьхна ма бу шайн нах ца хиларца и жуьгтий а. Вайна кху чу цхьа молханийн гали ца даайтуш, яхтанаш, говраш, совнаха машенаш а оьцуш, нускалш а далош 1ийр йолуш юкха и шайхаш ю боху пасписаш! Вайн, нохчийн вовшашца барт ца хилахь цхьангге а х1умма а далур дац, я цхьа а х1умма а дан а г1ертар вац.
     - Х1ета ма атта а, ма хенахь а нислур дац иза, - хетарг элира Ибрах1има.
     - Ца нислахь дера ду  вай х1аллакхир. Делан дош ду, аьлла ду исламехь, 1овдалчу къаьмнийн метта кхи къаьмнаш кхуллур ма ду ша, аьлла. И дика болх хир букха вайна. Вайн хьаькамашна массо а заманчохь политически лозунгаш кхийсса, болх бо шаьш моттайта суьрташ лело дика хеа, экономикайца бала ца хуьлу. Цундела цара ютту аьшпийн г1аланаш херцаш д1айовлу.
      Экономикан бух боцу х1ума г1ан, б1аллаг1а, сурт ду.
       Ши х1ума оьшура вайна – вовшашца бартте, экономикай. И шиъ ца хилахь дуьне мадду цыганаш санна д1асадаьржар ду, бухабиссанчара вовшен пехаш дуур ду, мел ч1ог1а зуькарш дарх, мел дукха Хьаьжиц1а вай ихарх, ийман а, беркат а хир дац. Мацалло дардо адам. Меца стаг вон бусалба ву, вон керста ву. Мецачу стагана бен а дац бепиг мичара, мухха даьккхича а.

Дехарш дарх, ша д1а ца йохуьйтий хиъна даьлча, къонахчо санна сатоьхна, шех 1оттаделлачун цхьа йист яллалц собардан ой-ла сецира Лайсин. Ши де д1адаьллера цо юучух мотт тохаза. Дег1 догура, б1агор оьхура.
Холча х1иттина, гонаха хьийзара кху х1усамера а, лула-кулара а зударий, йо1 бертаяло г1ерташ. Г1уллакх ца хуьлий хиъча, бо-жаршка дехарш дора, йо1 д1аяхийтахьара, бохуш. Вукхара Халад берта вало яхана Амма схьакхачаре сатуьйсура.
Лайсас шегара хьал цхьангге а ца дуьйцура. Вуьшта, иза х1ин-ца когаш т1ехь а ца латталора. Цамгар т1етт1а марса юьйлура.
Чукхаьчна Амма йоьхна йисира:
— Ой, со яла елла! Хьуна х1ун хилла, х1ай йо1? Хьо йоьжна ма 1а? Хьуна т1ехь-м бос а ма бац?!
Улло яхана, Лайсин коьрта т1е куьг диллира цо.
— Вала-а-а-лай, ц1е летта богуш ма бу хьан корта-м! Х1ара дара хьуна ахь х1инца долонза дисинарг! Хьо-м леш ма йоллу! Чуьра араиккхина, цхьаъ-м хьажийра Аммас, машен т1е а хаий, лор валон г1о, аьлла. Сихха юха Лайса йолчу чу иккхира.
— Ой, д1аяла, оццул осал хуьлуш хуьлу ткъа йо1? Хьо бен ца еана маре? Вайн-м дерриге а д1анислуш лаьтта х1инца, Алик а товелла, хьалаг1аьттина боху. Хьан Дада а реза ву кху захалонна. Цо дош делла, ша дуьхьал вац, аьлла. Хьоьга а ледара ма хила бохура цо...
    Цхьа вон, тамашийна Лайсас схьахьажийначу б1аьргаша 1адийна, шен хабар сацийра Аммас. Иза г1еххьа кхераелира Лайсин гонаш 1аржделла, чуэгначу оцу б1аьргех. Х1инца и б1аьргаш де¬харш деш, г1ийла дацара. Аммина царна чохь инзаре боккха ницкъ, оьгазалла,гамо гира.
— Ва-а-ай, Дела, со х1унда хьийзайо те аш массара а? — елхар иккхира Аммига, — со-м шуна массарна а диканиг хилахьара, бо¬хуш, ма г1ертара. Х1инца хьуна а сох мостаг1а тарлуш лаьтта-кх. Веза Дела, ма декъаза стаг хилла-кха со, кху дуьненчу яьлчахьана а, у-у-у!..
— Ма елха, Деца, тоийта, — пиилла элира Лайсас, шен хих бузуш лаьтта б1аьргаш ца гайта, корта пенехьа а берзош. — Хаьа суна хьан бехк боций а. Вуьшта, Дада берта валон, х1унда даха-нера шу? И пекъар дог к1еда стаг вуй хууш даханера? Аш ма-дар-ра дийцина а хир ма дац цуьнга... Иза реза хилча х1ун ду, со дийна а йолуш, со резахирг ца хилча? Лахь-м шайна луъург дийр ду аш суна т1ехь.
— Вай, со яла елла! Ма дуьхьалели хьо, ма дуьхьал ели! Иштта хьо дуьхьал юй шайна хуъушехь, яда мукъа стенна йора кхара а? Вай, со яла елла! Ас х1ун де ткъа х1инца? Соьга х1ун де боху ахь?
— Со д1айигахь кху чуьра. — Корта схьаберзийра Лайсас, лер-рина Аммин б1аьргаш чу а хьожуш.
— Ой! И бохург х1ун ду? Соьга хьо д1аюьгуьйту ткъа кхара? Т1аккха кхарна т1е мел доккха эхь дог1у ца хаьа хьуна? Х1орш-м тамашийна нах бай...
— Тамашийна хир бу хьуна х1орш... суьда хьалха х1иттинчу хенахь.
— Х1а-а? Х1ун элира а-ахь? — цецъелира Амма, ша йоьлхуш, ден узарш а совцийна.
Суна т1ехь лелийнарг шайна иштта дуьсур ду моьттуш хир бу х1орш? — къегира Лайсин б1аьргаш, — д1аевлира и хенаш. Со¬ветски законашца жоп лур ду хьуна цара массара а шаьш лелий начунна. 1ехабелла хьуна уьш, нагахь шайна х1ара иштта доьрзур ду моттахь!
— Д1аяла д1а! — кхераелира Амма. — Къур1анор йоллу хьо вайн массеран а сий дайа! Нехан вайх белам а, луург а даккха. Халадан а сий ма дойу ахь. Цуьнан дош ма дов...
— Долчун сий довр дац. Сий доцурш нахана д1абовзарх а х1умма а дац. Шайна х1ара г1уллакх долчу т1е а чамбоцчу дала ца лаахь, д1айига со кху чуьра.
— Х1ай йо1, хьуна цхьа х1ума хаа а хаьий? — лере таь1ира Аммай Лайсина.
— Х1ун «х1ума»?
— Аликан ваша Сайдулла ша ма ву Грознехь милицехь, уггаре а лакхарчу хьаькамашца болх беш.
— Кхи-м бийр бац хьуна цо цигахь болх, х1инццалц бинехь а.
— Х1унда? Муха?
— Цо динарг д1ахиъначул т1аьхьа, цхьана дийнахь а бойтур бац цуьнга милицехь болх.
— Э-э, йо1, ма ца хаьа хьуна. Дерриге а айхьа ешначу кинишканашна т1ехь ма-дарра ду моьтту хьуна дахарехь? И милицехь болу нах-м берриш а вовшашца барт болуш, вовшех бозуш бай! Х1уъа дича а, вовшашна могуьйтий цара-м. Уьш-м шортта, галеш-кахь ахчанаш а, уьйр-безамаш а, таронаш а йолуш нах бай! Тоьар ду цара спекулянташкара мел оьцу ахчанаш а, кхин х1умма а ца хилча а. Ткъа ахча долчу стеган Луллакх д1адоьду, иза харц ве-лахь а, бакъ велахь а.
— Хуур ду вайна иза а.
— Варийлахь! Ахь-м кхаьрга шайга хьахорий ишттаниг! Къур1анор дацара кхарна эхь хьо йийча а...
— Ишттачаьргахь марехь 1е а боху-кх ахь соьга?
— Хаац суна-м. Уьш а хала адамаш ду. Хьо царал а хала ю. Везан дела, еана а ма хила елара со кху захалонна юккъе! — юха а елха х1оьттира Амма.
— Суна цхьа г1ан гира сийсара, — г1ийлла ела къежира, Лайса.
— Далий, маликаший кхаъ беш, диканиг хила ду! Дийцахьа, муха гира хьуна? — т1ейирзира Амма, б1аьргех девлла хиш йов-лакхан т1омаца д1а а хьокхуш.
— Со елла яра, марчо а хьарчийна барам т1ехь, наха айина, д1ахьош...
— Ва-а, устаз, т1е ма дог1ийла ша!..
— Елла елахь а, сан дог-ойла ч1ог1а парг1ат, сема, сирла яра. Со леррина хьоьжура сийначу, наггахь бен марха йоцчу стигала. Гуьйренан малхо сан юьхь, яга ца еш, эсала хьоьстура. Ц1еххьана сан б1аьрг кхийтира можачу лаьмнашна буьххьера схьаиккхина, сихонца хахкаделла дог1учу лечанах. Сан бараман га т1е охьа а хиъна, лере а таь1на, цо соьга элира:
— «Хьоьга д1аяха сих ма ло боху цхьана ламарочо. Жимма собар де боху. Хьоьга д1асахьажа боху дассаделлачу, акхадовлуш лаьт-тачу лаьмнашка. Хьо д1аяхча, шен ницкъ кхочур бац боху царна чу са дилла»...
Леча бараман т1омана т1ера хьала а Лаьттина, стиглахь д1а-дайра.
Аммас цецъяьлла ладулура йо1а дуьйцучуьнга. «Ванах, харц луьйш-м яц техьа х1ара?» — Харцлуьйчух тера а дуьйцура худаел-дачу, Лелъеллачу йо1а.
— Лайса, сан йо1, и х1уманаш х1унда дуьйцу ахь? Ялар стена хьехадо ахь? Ас лор валон машен ма яхийтина. Хьуна х1инцца г1олий хир ма ю, дала мукъалахь!
Лайсин б1аьргаш Леххьа къегира:
— Боккъала а лор вог1ур вуй? — сихха хаьттира йо1а.
— Дера вог1ур ву, кху сохьта-м!
«Х1уъа дина а, цуьнга суо кхузара д1айигийта хьажа еза!» — дагадеара Лайсина.
1уьйранна дуьйна кхоьлина лаьттинчу стигалара дерза эха доладеллера. Тийна, готта, сингаттаме дара кху хийрачу нехан х1усамехь. Мичча яха а реза хир яра Лайса цу чуьра д1аяьлла.
Арахь, гена йоццуш, машина сецира. Лайсин са карзахделира.
— Схьакхечи моьтту суна лор вало ваханарг, — чуьра ара ели-
ра амма.
Еха хийтира Лайсина лор чу ца вог1уш, яьлла хан. Гарехь, х1у-саман дайша иза цхьаъ дуьйцуш, дехарш деш, сецавора.
— Хьо юй и цомгуш ерг? —   цхьа воьхча санна, чоьхьавелира лор.
— Ю, — меллаша элира йо1а, шегахь долу хьал, долчу т1е а Ладдайна ду моттийта а г1ерташ.
— Х1ун хилла хьуна? Х1ун лозу хьан? — г1ант маьнганна улло а хилийна, йо1ана улло охьахиира Леххьа хенара волу, къежвел-ла лор.
  Жоп лучу меттана, Лайсас узарш долийра. Иаккха цхьа хан яьлча, валаволлучу стага санна, б1аьргаш а карчийна, «халла» бага а Латтийна,   элира:
— Хаац...
— Вуй! Х1ара х1окху хьол т1е яллалц х1унда латтийна аш? Ен г1ерта шу х1ара? Соьга, Лара ма даккха, бохуш, дехарш дан эхь а ца хетарий шуна? Шу-м х1ара яларх а шекдевр долуш ма ца хил¬ла! — воьхна хьаьвзира лор. — Соьга а шайн декъашхо хила бо¬ху аш?!!
Арахь г1овг1анаш евлира. Юкъ-кара тийжаш, йоьлхучу зудчун узам хезара. Хуту а, йоккхо-о ши зуда а, лор волчу чоьхьа иккхи-на лаьттара.
— Телефон юй кхузахь? — хоьттура лоьро.
— Яц, — сихвелла жоп делира Хутус.
— Яцахь, и со схьавалийна шофер вахийтал сихонца «скорый помощь» ялае, алий. Йо1 больнице д1а ца йигча, ер яц!
— Собар дехьа... Ладог1ахьа цкъа соьга... Схьаволахьа цкъа, цхьа х1ума дийца вайшимма, — лоьран лере г1ертара Хуту.
— Ма дийца! Соьга кхин х1умма а ма дийца! Аш соьга х1ара д1а ца йигийтахь, со х1инцца вахана, милици а ялош вог1ур ву. Т1аккха хир дуй шун дан х1умма а?
Лайса цу сарахь больнице охьайижийра.

Халадан озачу, яшаза хан яьллачу, хебаршка ихначу юьхьа т1ехь ц1еллех х1ума дацара. Гарехь, шега Лайса больницехь ю аьлла хабар кхеттачу сохьтехь дуьйнна дара цуьнгахь и воьхна, хьолчах1оьттина хьал. Тишачу х1уманашна т1ехула юьйхинчу ц1е-начу лавсанан плащах а хаалора иза сихвелла схьахьаьдда хилар.
— Лайса, хьуна х1ун хилла? — г1ийлла хаьттира цо, йоь1ан маьнганна улло охьа а лахлуш. Йо1 йист а ца хилалуш, елха йолаелира.
— Воккха стаг, шун юй х1ара йо1? — хаьттира Лайсина уллорчу маьнган т1ехь 1уьллучу цхьана стоммачу зудчо.
— Ю. Х1унда бохура ахь? — д1ахьаьжира цуьнга Халад.
— Елахь, и пекъар ма хьийзаяйтахь оцу нахе, — д1ахьажийра зудчо коре п1елг.
— Муьлш бу уьш? Х1ун нах бу уьш? — ца кхийтира Халад.
— Уьш дера бу х1ара йо1 яда а йина, дакъаза яьккхина хьий-заш берш! Х1у дараш! — Мохь туьйхира зудчо, хетарехь, массарна а ша аьлларг д1ахазийта а г1ерташ.
Халад цхьажимма ойла еш сецира. Цунна ца хаьара х1инца ша дан дезарг а, ала дезарг а. Иза меллаша Лайсига хьаьжира.
— Дада, со х1инца тоелла. Со хьо схьакхачаре хьоьжуш 1аш яра кху чохь. Д1айигахьа со кху чуьра, — аладелира Лайсига. Цул т1аьхьа, пенехьа а йирзина, доггах йилхира.
— Вуй! — воьхна хьаьвзира деда, — Дера юьгур ю-кх хьуна лаахь-м...
— Со т1е х1ума а юьйхина, арайолу хьуна, Дада.
Халад меллаша уча велира. Стомма зуда Лайсин т1еюху х1у-манаш схьая яхара. Корах чу хьуьйсучарна хиира Лайса Халадца д1аяха г1ертий.
       Халад, оьг1азвахгна, мерах шок а етташ, д1асахьоьжура уча-хула а, арахула а ле.лачу адмашка. Лаьара, Лайса яда а йина, х1инца цунна т1аьхь ладуьйг1уш хьийзарг, царех къасто, мила ву. Цхьа а ца къасталор1а. Доллучух а кхеттера х1инца воккха стаг. Кхеттера, шена т1е баккхий нах муха бахкийтина хил¬ла а.
Доггах оьг1азваханера Халад харц юкъарчалла дахьаш еана хиллачу Аммина а.
Халадан дуткъаделлачу дагахь карладевлира дерриге а мел хилла, мел 1иттаделла вонаш. Ерриге а дегайовхо а яра Лайсица йоьзна. «Кхунна г1ехь а йина-кх х1инца харцо... Мел са детта деза х1инца а? Меллац лан еза х1ара харцонаш... къанвелла-чу 1уьйранна муххале а!»
— Де дика хуьлда хьан, воккха стаг! — вела а къежаш улло-веара Халадна цхьа похо къонаха. Халад, дуьхьал вист а ца хуь-луш, вон хьоьжура цуьнан къежачу б1аьргаш чу.
— Хьо суна дукха ч1ог1а бехке хуьлуш ву. Хьоьга вистхила а товш-м дера дацара с:уна. Сан ц1е Хуту ю. Доцца аьлча, захалш ду-кх вай х1инца... — куьйгаш д1аса а тесна, цхьаъ ала г1оьртира къонаха.
— Делахь, дера воллийла хьан ворх1е а да а хьакхийца, вир!— т1екхетта легаш схьа.лецира воккхачу стага «захалан». — Яла сан б1аьргашна хьалхара д1а, йовсар! Ас къур1анор дара хьан и са парт-т, аьлла,схьаоьккхуьйтур!
Ластийна, ученан не1арх аракхоьссира Халада къонаха. Г1овг1а х1унда яьлла ца хууш, шайн халаташ а охкийна уча лилхира цомгашнаш а, лоьраш а.
Халад ша а аравелира.
— Воккха стаг, сих ма лохьа. Сиха хуьлий вай нохчий-м, — улло веара Халадна ц«ьа жимо-о, безамехь стаг.
— Хьо х1ун да воллура суна, со сих ца валийта? — т1евирзира цунна Халад. — Хьо а-м вац сан «захалшха»?
— Ву! — делира жимчу стеган багах.
— Велахь, ахь а и ойла хьайн ненах сте! — доггах ластийна, т1ара туьйхира Халада цуьнан лерга улло, коьртара шляпа кхоьс-сина, йиъ-пхи метр гена д1а а йохуьйтуш.
— Ва-а, устаз! Хьо хьера-м ца ваьлла х1ай стаг, х1ай?! — маьхьарий девлира зударика.
— Ваьлла! Ваьлла! Ваьлла, заддаш! Шу а-м дац сан «захалш¬ха»? — т1евирзира царна моха еана воккхастаг.
— Ва-ай-й, Дела, довдалаш, иза лар т1ехь вац шуна! — д1алил-хира зударий.
— Милици ялаейш.а! Сайдулла, хьо х1ун деш лаьтта, хьайна т1ара а тохийтина? Д1авигийта иза! Чуволлийта! — маьхьарий деттара зударша, юьстах а лилхина.
— Хьашт яц милици! Ма е г1овг1анаш! Д1аг1ур ду вай кхуза-ра, — зударшка куьг ластийра т1ара кхеттачо.
— Воккха стаг, хьуна моьттарш бакъ-м дац хьуна! — дехьа маь11ера схьа мохь туьйхира ша Хуту ву аьллачо.
Халад д1асахьаьжира. Гена боццуш 1уьллура йоьхначу кертах схьабаьлла стомма г1уркх. Халада, т1еведда, и г1уркх кара лецира.
— Суна моьттурш бакъ дац-кх шуна, шу цхьаъ кху кертара могуш-маьрша аравалахь, фашисташ! Ас к1езиг ца яйина шу санна йолу боьха х1умнаш т1ам т1ехь а! — т1еведира царна Халад, г1уркх а айбина.
Цу сарахь цо Лайса больницера ара а яьккхина, к1отара д1айигира.


**

Ломара ярташ, к1отарш 1едало юхаденйийр йолуш ю. Массо а дежийлашна, цанашна т1е некъаш дохкур ду, керла больницаш, школаш, туьканаш йохкур ю, дIасалелащшь автобусаш хир ю боху хабар республикехула сихха д1асадаьржинера. Цунах х1ун хуьлу техь, бохуш, ладоьгIна 1ара Теркайисте баха охьабахана дукхаха болу ламарой. Алма-Атара, Чимкентера, Павлодарера, кхин а маь1-ма11ера кехаташ туьйсура ламароша ц1а шайн гергарчаьрга, и хезаш дерш х1ун хабарш ду бохуш.
Дукха хан яра Теркайистехь веха Жабир шен да Къеди волчу Хойбаха кхачаза. Хьалабахана баьхкинчаьрга дегара хьалде-м хоттура Жабира. Вуьшта, уьйр-безам т1аьхьа-т1аьхьа херлуш лаьттара. Охьавола шеца 1ен, бохуш, хабарш кхоьхьуьйтура Жабира дега хIоразза а. Амма дена цаьрга ладийгIа а ца лаьара.
Кху т1аьхъарчу шарахь сингаттам алсамбаьллера Къедин. Х1инцца ша кхоччущ д1атесна хетара цунна.
Хьалха говрех, уьстаг1ех ч1ог1а самукъа долура. Аьхкенан за¬манчохь, баргол тухий, говр уллохь яжа а юьтуш, лекхачу баца юккъехула дежачу уьстагIашка б1аьрг беттар — цул йоккха дуьненан марзо яцара берахь дуьйнна жехь, бежехь леллачу Къедин.
Стохка гурахь Ибрах1има колхозан жа т1е нисвина, и 1а Теркаййстехь даьккхира воккхачу стага. Амма кхин дIа а оцу жа тIехь бол чу нахаца лела де дацара. Къоналлийца цхьаьна, сихъ-сиха д1аяхнера могушалла. К1ентийх, церан доьзалех марзо эцар а ца нисделлера.
Юха а ша цхьаь вара Къеди. Сийначу, малхо къагийиачу аьхкено а ца тедора хIинца цуьнан къаналло дуткъдина са.
Хойбаха юххехула, генна лаха чохь дог1ура цхьа сирла, ц1ена ахк. Дукхах иолу ханцу цхьа юххехь, де довхачу хенахь хина уллохь тIеоллабеллачу бердан 1индаг1ашка жа а лоллуш, яьккхинера Къедис. Стохка шозза-кхузза бен цу к1оргачу 1инах чу восса б1о ца боьллера воккхачу стеган. Х1ундда хеттехь а, хета-деллера цу хица эцна, дина ламаз утгаре а ц1ена, уггаре а мелехь хир долуш санна. Сих ца луш, чам боккхуш, ихьацца къурд беш канахь схьа а оьцуш, молура цо и хи а. И хи молучу заманчохь шеи генаяьлда къоналла карлайолуш санна мотталора.
Лаха маь11ехь, хино ног туххучохь совцура х1етахь кегийнах а, мехкарий ,а. Мехкарий хьийзаш чуболучу новкъа, гихь к1удалш а йолуш, бог1ура. К1ентий — лахара хьала, говрашкахь.
Цхьана Хойбахара баьхкина ца 1аш, гонахарчу дуккха а ярташкара а, к1отаршкара а богIура кхуза кегинах. Ц1е яххана меттиг яра иза, Хин Голе, олуш. Хийла забарш, кицанаш, бийлар, безаман алун дешнаш хезна кху ч1ожахь чуохкаделлачу бердашна! XIинца.» кхоччуш яссаелла, йицъелла х1ара метгиг. Ураттала Хойбахана юккъехь долчу шовданна уллохь а наггахь а ца го ке¬гийнах. Х1ара ахк а цхьа жимделла, г1елделла, кхоччуш дегабаам бинчу боберах тарделла долуш санна тарло.
Аьхке юккъе яханера Къеди а ахка чу восса карах ца долуш. Геннара, басейистера чу б1аьрг беттара воккхачу стага 1инчу, чу¬охкаделлачу бердийн 1индаг1ашка дечкъачу шинаршка, маьлхан з1аьнарша къегош, ногъетташ доьдучу хинан а сане.
Тахана. уъйрре, малх башломана тIехьара хьалаайбалале, меллаш ког боккхуш, ахкачу волавелира Къеди. Х1инццалц сан¬на яра г1ашлойн некъана гонахарчу заза хецначу бецан хьожа. Хазделла, къарзделла, къегина д1ах1оьттинера хилла яьллачу аьхкенан 1алам. Къедина шегахь ницкъ хаабелира. Вас хилира, ша хIинццалц кху 1инчу ца вуссуш Iийна хилла а.
Чувоьссина ваьлча, хахкаделла дог1учу хинан гIовгIано кхоч¬чуш дог-ойла екхийра Къедин.
Легашка цхьа хорам г1оьртира. Воккхачу стагана шена хIинца а ца хаьара и хорам г1ортаран бахьана. Амма и кхета гIоьртинехь, ойлано хьоьхур дара т1аьххьара а гуш хила мегара х1ара хи, кхуьнан башха гIовгIа, кху 1инан шатайпа ц1ена, мерза т1уналла...
Къеди бер санна воккхавера. Чуоллабеллачу бердана улло вахана, дай куьг хьаькхира шогачу шийлачу т1улгах. Т1аккха, корта шашах улло гIоьртина, шен маж яшаза, оза бесне т1ета1ийра т1улгана. Б1аьргех хинан масех боккха тIадам бедира.
Эхь хетта, воьхна висира Къеди. Д1асахьаьжира, цхьа а вуй техь уллохь, аьлла. Аддам а дацара. Даьсса дара 1ин. Чуьра лечарчийн к1орнеш д1аяхана, дассаделла банмаш санна, ламанэн баххьашкахь ирхъихна лаьттара йоьхний, йохазий бIаьвнаш. Лиха¬чу бецо хьулйина, 1охкура ламанан т1улг отуш, даьхна ошанаш. Лахъелла, жимъелла хетара иллешкахь, бийцинчу, ц1еяххана  хиллачу махкахойн  тIек1алйина г1аланаш.
Де дохделлера Къеди басахула, цхьацца ког боккхуш, хьалагIоьрташ. Коьрта ов деттара. СадаIа сецча а паргIатехь ца вуьтура 1аьвжина тIекьаьрзинчу малхо. Х1ора мел боккху ког а хьалхе баьккхинчул беза боккхура.
Голаш егон юьйлира воккхачу стеган. Ша охьакхетарна кхеравелира. Б1аьргашна хьалха бода хьийзара. Дог детталора, кийрара схьаэккха санна.
БIаьста ихначу догIанаша некъ хадийна, артаделла т1улгаш гучудаьхна, цхьа вон меттиг яра, иза хьалавала везачохь. И меттиг дагахь йоллура Къедина. ГIайгIа хиллера х1инца цигахула хьалаваларан.
Д1акхевдина, алссам буц кара а лоцуш, хьалагIоьртира Къеди. Буц орамашца схьаелира. Шин а ког шершина, басах чу вахара Къеди.  Цунна   тIаьххье чухахкаделира    ира,    мокхаза  тIулгаш...
Кхоалг1ачу дийнахь ч1ерий лоьцуш лела бераш 1итаделира велла, къийгаша б1аьргаш а диъна Iуьллучу Къедин докъаннча тIе.

 * *
Чаьмза дара Жабиран хIинца Хойбаха шен да веллачу кхачар. Нахера схьа х1умма а ца хазяхь а, церан бIаьргаш чохь гора цунна бехк. Цкъа а ша к1елхьара вер воцу бехк!
— Тезет кхузахь х1оттор ду, я Теркайистехь х1оттор ду ахь? — хаьттира Жабире цхьана воккхачу стага, цуьнан дагара хаа лууш.
— Кхузахь х1оттор ду. Кхуза хьалаволур ву шена ван луург.
— Атта-м  цигахь,  хьо 1аш  воллучохь х1оттийча дара  хьуна...
Жабир кхийтира, и «атта» бохург а цхьана аг1ор шена Iуттуш хиларх.
Кхоччуш холчах1оьттинера Жабир. Да дийна мел ву, иза цкъа а лийр а вац моьттура. Х1инца кхеташ лаьттара иза шен бехкан бара мах.
Бакъду, цхьа бутт хьалха, ломара дахар тода 1алашо лаьцна Iедало, аьлла шена хезча, ойла йинера Жабира шен дена улло хьала вал. «Цхьанхьа колхозе балха а вахана, уьстагIий а, даьхний а, накхарш а лелош 1ийр ву-кх. Х1ун хала ду цигахь 1ен, некъаш а, чиркхаш а, автобусаш а хилча?» — дагаваьллера иза шен х1усамненах а. «Хьайна луъург дехьа. Бераш а ондадевлла х1инца» — реза хиллера къона, уггаре а мерза шераш ломахь даьхна йолу х1усамнана а.
Г1ийла тезет хIоьттира Жабиран ден кертахь. Ураттала Сибрехула лелла жимха волу ваша а ца кхечира. Дехьа-сехьара нах а к1езиг баьхкира. Саг1ийна бийна, боккха ши етт д1асабийкъира Жабира.
«Херадовлуш лаьтта адамаш вовшашна. Шеллуш лаьтта уьйр-безамаш. Дуьненчохь ваьхна а х1ун до, нахана юкъара марзо, гергарло д1адаьлча?» — ойла йора Жабира. Доллучунна а бехкениг нах ламчуьра д1абевлла, маьI-маь1не д1асабаржар долуш сан¬на хетара. Кхоччуш ойла сецира Хойбаха юхаван, шен доьзал а, салпал а яхьаш.
       Хьалхара секретарь гар хир дарий-техь тхойшиннан? — делкъал т1аьхьа райкомам приемни чу велира Ибрах1иммий, Жабирий. Масех бут бара районе керла хьалхара секретарь, Шерипов Махьмуд Вахаевич ваийтина.
— ТIевуьту де-м дац цуьнан тахана. Оршот дийнахь волийша ший а.
Жабир кхуьйлира. Цуьнан тховса Теркайисте д1аваха 1алашо яра. Д1авахале ша дагалаьцначу г1уллакхан цхьа йист яккха езара.
— Маре яха кечъеллачу йо1а а ма хуьйцура наггахь буьйса. И шен де масех минотана хийца йиш яцара техь, диканиг, хьан хьаькаман? Алахьа цуьнга. Х1ара сан накъост генара веана ва¬ра, — дийхира  Ибрах1има секретарше.
— Собар дел, делахь. Хотту ас, — чуяхара секретарша. Йоккха хан ялале араелира: — Жимма собарде боху шуьшинга, ша телефонехула къамел дина валлалц.

Тезетара нах д1а ма жимбеллинехь ваханера Жабир юьртадена Дардаилна т1е. Дагаваьллера цунах, юьрта хьала кхелхича х1ун дара техь ша, аьлла. Дардаила дохийна дийцинера г1уллакх: болх бан меттиг а, бежнаш а, уьстаг1ий а лело меттиг а яц. Ломаца цхьацца акха к1отарш а ехкина, 1аш болу нах а д1абохор болуш бу, бохуш.
Дог-ойла кхоччуш йоьхна 1аш, вевзира Жабирна Ибрах1им. Цо дерриге а кхечу аг1ор дийцира: ломахь нах оьшу. Ярташ а, к1отарш а денйийр йолуш ю. Некъаш дахка, г1ишлош ян, колхозан даьхний лело нах оьшу! Хьайца баг1ахь кхин а нах хьалабалабе, бохуш. Цул т1аьхьа Жабир Къосумна т1е ваха¬нера.
Колхозан председатела г1уллакх юьртадасчул а доьхна дийцира.
Кхин хьала а ца ван, д1аваха ойла хиллачу Жабирна т1е юха а Ибрах1им 1оттавелира. Т1аккха хилира цаьршиннан хьалхарчу секретарана т1е ван барт. Ибрах1имна хезнера, хьалхара секретарь ломара дахар денда ч1огIа лууш ву бохуш.
— Къосума лелориг-м суна дика хаьара, дерриге а хьалхарчу  секретаре д1адийца аьтту бацахь а, — Жабиран лере таь1ира ИбрахIим шаьшшиъ приемный чохь хиъна 1аш. — Оцу акхачу кIотаршкахь болчу нахера х1ума ма южу царна. Ткъа и к1отарш хи¬ла ма еззара, 1едало мага а еш, арендехь пачхьалкхан бежнаш а, шайнаш а кхобуш хилча, цунна х1умма а южар яц. Хойбаха хьала нах кхалха а ца лаьа цунна, шен гергарчу нахана Султанов Iойтамнрг1арна новкъарло хиларна кхоьруш. Юьртадена Дарда¬илна а ца лаьа Къосумца эг1а.
Приемный чохь горгали бийкира. .
— Чуваха мегар ду шуьшинна, — элира секретаршас.
Хьалха чуваьлла Жабир де дика а дина, охьахиира  хьалаг1аьттина, дуьхьал веанчу  Шариповс гайтинчу. 
— Охьахаа. Ма латта.  Дийцал, шуьшиъ сингаттаме хIума дахьаш-м ца веа¬на? — шен метта, кресло чу охьахиира хьалхара секретарь.
— Сингаттаме хIума а дари дейцара оза-м, — гIеххьа ламарошкахьа озош къамел долийра Жабира. — Iен-ваха Хойбаха хьалакхалха дагахь бара тхо. Оцу шун маттигарчу 1адило башха мага а ма ца до и гIуллакх-м. Х1акху Ибрах1има-м ламаройн 1ер-бахар тодийр далуш ду а, нах охьенгара хьала балор бу а ма ба-хура...
— Хьо охьахь вехаш-1аш ву?
— Ву...
— Дукха хан юй хьо цигахь волу? – лерана хьоьжура хьалхара секрктарь хьеше.
— Со а, сан гаргара нах а, дуккха а ду тхо-м, даймахке ц1адирзичахьайну а цигахь дахиш. Дукхахбариш тIаьхье охьабахкина а бу, Хуршов волчу хенахь к1отарш йохош, охьабаьхна.
— Х1окху бригадира х1ун боху хьоьга? — къежира Махьмуд, И1брахIиме а  хьаьжна.
— Кхо-м хьаладуйла баху. Балхиш хир ду баху, некъаш дахкучахь а, гIишлош ячухь а, дохнаца болх ба лаучохь а.
К1еззиг хан елира Махьмуд Вахаевич вист ца хуьлуш, цхьана х1уманан ойла еш.
       —Обкомехь а, Министрийн Советехь    а мага а  йина, йоккха план ю ламаройн дахар-1еран хьелаш тода х1оттийна. Цигара дук¬кха а доррах жижиг а, шура а, т1аргIа а даккха 1алашо ю тхан. Иза цхьа а хир дац цига цкъа хьалха некъаш, социальнн дахар-1еран, культуран хьашташ кхочуш ца дича.
Шуьшинна ма-дарра хаа лаахь, цхьа 1алашо ю тхуна дагаеана: оцу лаьмнийн дежийлашкахь цхьана а колхозаца йозуш а йоцуш, машинно-даьхнийлелоран станци йилла.  ЭМЖЕЭС эр ду-кх цунах, доцца, аьлча. И йилла, ма-дарра    аьлча,    хала   а дац.  Российски Федерацин Министрийн Совето а бакъо елла и дан. Доллучул   а ч1ог1а со кхоьруш верг хьун ду дийца ас шуьшинга?
        - Х1ун ду? — сихвелла хаьттира, ши б1аьрг а къаьрзина, хиъна 1ачу Ибрах1има.
        - Дера ду, нах цига хьалабог1ур бу, я бац цахаар. Цунах жоп далалур дарий шуьшинга а суна?
        - Нах хьала баг1уриг ба шайна 1ен-баха аьтту хилачи. Шайна пачхьалкхан балхиш бан моттиг а хилачи, алапа даг1уш, шайга жим-т1ама даьхний а леладайтича, царна дакъур а даккхайтича, — майрра элира Жабира.
        - Къосумг1ара  а, Дардаилг1ара а новкъарлонаш ца яхь  муххале а бог1ур бу! — т1етуьйхира Ибрах1има.
         - Цаьрга-м вай новкъарлонаш йойтур яцара. Г1о дойтур ду, — тешшош элира хьалхарчу секретаре.
        - Делахь, со кхалхина хьала ва мегар дуй? — хаьттира Жа¬бира.
        — Мегар ду. — Реза хилла, хьалаг1аьттира секретарь.— Нахе а иштта д1аала мегар ду хьуна. Тхан-м шовзткъа гергга щи¬товой  ц1енош а ду заказ дина, цхьаццанхьара к1отарш денъя. Масийтта  миллион ахча ду цу балхана  пачхьалкхо  схьахецна!
— Делахь, охашимма кхин хьан хан ца йойу. Хьуна баркал¬ла. 1одика йойла хьан! — аравала дагахь, хьалаайвелира Жабиррий, Ибрах1имий.
— 1одика йойла! Некъ дика хуьлда. Хьалакхалха луучаьрга массаьрга а д1атохалаш вайн хилла къамел. Латта шен дайшка д1алур ду вай. – шеко йоццуш элира районан куьйгалхочо.
     — Тухуриг да, дала мукъалахь. Баркалла хьуна!
— Баркалла шуьшинна а, варна. Ашшиммо хазахетийти суна.


   Жабир новкъа а ваьккхина, шен мотоциклахь юхавирзинчу Ибрах1иман догойла цкъа а ца хиллачу кепара екхаелла яра. Тахана жоп карийра цунна кху дийнна шарахь шен дог 1ийжинчунна: «Ванах, цхьаннен а бала бац техь кху ламаройн? Иштта акха, декъаза, де-дийне мел дели тишлуш лаьттар йолуш ю техь эзарнаш шерашкахь дай баьхна х1ара токхе, беркате меттигаш?»
  Ибрах1им бер санна г1адъуьхуш, воккхавера. Доггах тешара, ломахь кестта  баккхий хийцамаш хирг хиларх.
Амма ц1еххьашха дог 1аьвжира: хилла хазахетар декъа Лайса уллохь яцара. «Ма хир дара, — ойла йора к1анта, — х1инца хаьхккина со Хойбаха хьала вахча, ас школа уллорчу ц1ийнан кор тоьхча, цу чуьра Лайса араяьлча... Х1унда ду техь дахарехь деррйге а иштта диканиг дикачух атта д1а ца уьйш? Х1унда г1ерта те дахар гуттар а стаге къийсам латтабайта?»
1ибрах1имна ша, олуш ма-хиллара, стиглахь ву а, лаьттахь ву а ца хаьара. Тахана 1уьйраина т1екхайкхина, юьртабахаман отде¬лан заведующийца Курбановца г1ала охьавахийтинера Шариповс Ибрах1им, машинно-даьхнийлелоран станции директор х1оттош, приказ схьаэца.
 Приказан копи а, мух1ар а, штамп а яхьаш хьалавеанера и шиъ. Шариповс доггаха декъалвира керла ди¬ректор.
Сарахь Жихала ц1а веача, шен дега а, нене а дийцира Ибрах1има, ша директор х1оттийна хиларан хьокъехь. «Къосума шена навкъара д1аваккха, цхьа бозбуанчалла  дина», — ойла йира дас, ткъа к1анте дега элира:
— Х1умма а дац. Хьуо кхетар ву т1аьхьо.
-  Кхерамен болх-м бац иза? — йоьхна къамел дора нанас, Сепета.
 - Дас,    шеко а  йоцуш, ч1аг1дира:   
— Мегарг болх белахьара, хьоьга кхочуьйтур а бацара Къосумг1ара. Х1инццехь заявлени далар г1оли ю хьуна, хьуо д1авалийта аьлла!
Ибрах1иман дог доьлура. Схьах1уьттучу суьртехь, цо х1инццалц дагалецнарш кхочуш дан 1аламат дика аьтту нисбеллера. Шек вацара к1ант, хьалхарчу секретара оьшучохь шена накъосталла дийриг хиларх а.
Ибрах1имна юьртабахаман урхалла чохь йолчу ц1еношкахь шенна йоккха каби¬нет елира. Г1еххьа лелийна елахь а, белхан г1уллакхна «УАЗ» машина а, шофер а, мух1аррий, чековый книшкий чуйилла сейф а елира.
 «Х1ора кварталехь цхьацца-шишша трактор а, машина а йог1ур ю хьуна. Кхо-йиъ «Камаз» машина а, иттех трактор а, юьртбахамехь оьшу кхийолу машинаш а хир ю хьан  — аьллера Шариповс.
Шен дагахь хуьлучух кхетар а волуш, шен воккхаверах дакъа а хир долуш къаьсттина цхьа стаг вуй хаьара Ибрах1имна кху дуьненчохь. Иза Лайса яра.
1ай а, б1аьстенан юьххьехь а Ибрах1им вахарх, гучу ца яьллера цунна йо1. Лечкъинера. Болх а д1атеснера, районехь болчара диплом д1адоккхур ду хьан, бохуш, кхерамаш туьйссушехь.
Цхьана а метте ца йоьдуш, шен дедеца к1отарахь д1асецнера йо1. Кхузза-доьазза  Ибрах1има  дахьийтннчу    кехаташна  а  жоп  ца деллера.
...Иза яра август беттан мархаш евлла, мела делкъахан. Бай хьоькхучу мохо къехкайора кхачош лаьттачу аьхкенан тов. Шен машина чу алссам бензин а доьттина, Лайса йолчу к1отарехьа вирзира Ибрах1им.
Тийна дара Халаддий, Лайсий дехачу к1отарна гонаха. Ур-аттала, ехачу б1аьстено а, аьхкено а саццаза олхазарша лоькхуш хилла шакарш а д1ажимъеллера. Баьццара а, боьмаша а 1еха лаьцна, жимделлера цхьана хорша дирзина охьаоьху шовда.
Меънийн 1индаг1ехь шен машина а сацинна, к1отарара шовданна улло болучу новкъана улло вахана, сецира Ибрах1им. Дог кхийссалора. Х1ундда велахь а, тешна вара к1ант тахана кху новкъа Лайса хи т1е йог1ург хиларх.
Хьалха санна Меънийчохь а сецна, кхайкха стаг ца вахийтира Ибрах1има, йо1 юха а ца ярна кхоьруш. Х1инца цунна ша дагалаьцначух эхь хетара. Делахь а, ерриге а дог-ойла д1алаьцнера мерзачу безаман ойланаша.
Ибрах1имна тховса къеггина дуьхьалх1уьттура йоь1ан башха амат. Цуьнан эсала, шатайпа елакъажар, сирла месаш, дакхий б1аьргаш. Лайса йоцург кхин цхьа а йо1 а къобал ца йора цуьнан даго. Ур-аттала цунах тераниг а яцара кху доллучу а дуьненахь!
      Ши сахьт сов хан елира Ибрах1им тебна 1аш. Цхьа мацца а цхьана диттах диг детташ тата хезира Ибрах1имна. Хетарехь, иза йоь1ан деда вара. «Адам хилла кху к1отарахь-м», — жимма синтем кхачо доладелла к1ентан дог д1атийра.
        Цхьана хенахь к1отар йолчуьра схьа, хи долчу ауллонгахьа тамашан цхьа жима к1орний едира, 1еха а 1оьхуш. Гарехь, иза цхьана кертара бертаза араиккхина, сарахь ц1аян езачу шен нанна дуьхьалхьаьдда йог1ура.
— 1овдал, 1овдал, юхаерза! Хьо стенга йоьду? — аз хезира к1антана, доллучу а дег1ан пхенех чекх а долуш. Шеко яцара, и аз Лайсин хиларх. Цхьана баса йистехь сецира гомашан к1орний. Едда еана, кочара чуха а лаьцна, и к1орний обанаш бохуш, куьйгаш хьоькхуш, хьеста йолаелира йо1.
К1орний ян а яра чубуза кечбеллачу малхехь т1ера ц1ока а къегаш, ц1ена. Гарехь, йо1а иза лерина ц1анъеш, 1уналла деш лелош яра.
— Хьо стенга хахкаеллера х1ай, 1овдал? Нанна сагатделлера хьан? Х1инцца ц1а йог1ур ма ю хьан нана. Цхьанххьа а г1ур яц. Ов-вай! И хьан хаза муц1ар! Схьайола, д1адоьду вайшиъ. Евр ма ю хьо хьуьна юккъе а яхана. Т1аккха берзалоша юур ю. Схьа¬йола! Схьайола ца боху ас хьоьга ?— кочара чуха а лаьцна, д1аийзайора йо1а гомашан к1орний. Цу минотехь, йоь1ан карара хеца а елла, к1орний едда, Ибрах1имна уллохь коьллаш юккъехь д1аяйра.
       - 1овдал! 1овдал! Мича яха хьо, яха мукъане а? — иза лаха т1аьхьа едира йо1, шен готтачу сийначу халатан ши т1ам а ловзощ. Ибрах1им лечкъина кхин ца 1авелира.
— Соьга-м ца кхойкху ахь? Сан ц1е йиц-м ца елла хьуна? —
схьавелира иза дитташна юккъера. Йо1 йоьхна, цецъяьлла, сеци¬ра. Ибрах1има, улло а вахана, гомашан к1орннй схьалецира.
Лайса цкъа юха а йирзина, сихха д1аяха юьйлира. Т1аккха а сецира, хьаша а витина, д1аяха бакъхьа а ца хетта.
   —Марша вог1ийла! — Г1ийлла элира цо.
- Маршалла  хуьлда хьуна  а. Х1ун деш ду шуьшиъ? Могушалла муха ю вохкхачу стеган?
— Дика ю.
-  Х1окху к1орнина х1ун до вайшимма?    Д1ахеций йита вайшимма  х1ара, ваьшшиъ кхузахь мел ду?
— Х1ан-х1а. ДIаюьгур ю ас.
— ДIаяха йоллу хьо, Лайса, кхин соьга ла а ца дуг1уш?
    Йист ца хуьлуш  жимма сецира йо1. Т1аккха меллаша элира:
— Со х1инцца юхайог1у хьуна.
Гомашан к1орний хьалха а лаьллина Лайса д1аяхара. Ибрах1имна шех доллучу а дуьненан да тарвелира. «Со х1инца юхайог1у хьуна!» — декара лерехь. Х1ара дерриге а суьйреиан малхо къагийна 1алам цу дешнех доккхадеш къегина хеталора.
Мелла а 1ийр вара Ибрах1им йо1 схьаяре хьоьжуш. Амма цо к1ант дукха ца латтийра. Шена т1е кхин коч а юьйхина, месаш хьала  а хьарчийна,  юхаеара.
     - Август бутт юккъе ма бахана, Лайса, школе д1аян дагахь яц хьо? — хаьттира к1анта.
— Кхузахь, Меънийчохь г1ур ю со школе, меттиг нислахь, — жоп делира йо1а, Ибрах1иман б1аьргаш чу а ца хьожуш.
— Кхузахь ца хилахь?
— Хиллалц 1ийр ю-кх.
— Хойбахара хьехархой а, дешархой а, берриге нах а бу хьо юхаяре ч1ог1а сатуьйсуш. Къаьсттина, ахь куьйгалла деш хилла класс. Уьш-м берриш а тешна ма бу, хьо юхайг1ург хи¬ларх.
Лайса йист ца хуьлура. Цо к1антах д1алечкъон б1аьргаш, хе¬тарехь, хих дуьзна дара. Ибрах1има къамел хийцира.
— Керла организаци ма йиллина, Лайса, ломахь. Контора цкъа х1инца а райцентрехь ю, амма юха шарале Хойбаха хьала хьур йолуш ю. Керла техника хир ю, г1ишлош йийр ю. Нах хьалабог1ур бу. Школехь бераш а алсамбевр бу. Т1аккха керла шко¬ла а йийр ю!
    Цунах терранаш Ибрах1има хьалха а дуьйцуш хезнера йо1ана. Цундела иза башха цец а ца елира.    Ибрах1имна    вас хилира: «Ванах, боккъала а кхин бала бац техь кхуьнан Хойбахахь хуьлучуьнца а, соьца а?»
— Цу керлачу организации ц1е муха ю хаьий хьуна?
— Муха  ю?
— Машинно-даьхнийлелоран    станци.  Эмжеэс    ю-кх.  Йоккха  штат а ю, шен говзанчаш а, бухгалтери а, белхалой а болуш.
— Цига балха ваха дагахь-м вац хьо? — хаьттира йо1а.
— Со-м вахана цига балха.
— Бригадиррий?
— Х1ан-х1а. Директор.
Лайсас сихха к1анте а хьаьжна,    шен б1аьргаш   дIадовдийра
— Хала хирг хир ду хьуна цнгахь.
— Х1унда боху ахь?
— Атта болх хилча, хьоьга  кхочуьйтур а барий иза?
    Ибрах1им велавелира:
— Ахь сан дас дуьйцург ма дуьйцу. Дикахо а ду-кх болх юьхьанца хала хилча.
—- Уггаре а диканиг хьо хьуо цу балхана реза хилар ду-кх, — элира йоIа. Тайра Ибрах1им шена хилла хазахетар шеца декъа веана.
Х1инццалц кхайкхича Лайса к1антана дуьхьал цаяхар, цуьнан кехаташна жоп ца далар а цхьа бахьана дара: иза ша ген г1ертар ву моттар. Шех къахеташ, гучуволлушехьа захалу хьехон вол ал у р ву моттар. Ша йиса лаьара йо1ана шена бинчу тешнабехкаца. Цхьана а ден а къинхетамаш ца оьшура, Къаьсттана Ибрах1имера... Ибрах1им цунах кхетара.. Цундела цо хйллачух лаьйна х1умма  а на хьахадора.
— Дагахь х1илланаш доцуш, дог ц1ена бу и хойбаххой а, берриге а ламарой а. Шайга и бежнаш а, уьстаг1ий а леладайтичхьа-на, баккхий а беш, цигахь бехар болуш ма бара уьш. Шайна бан хилча пачхьалкхан болх а бийр бара цара. Нах аьхкенан йохаллехь курорташкахула сакъоьруш лелачу хенахь, бала х1иттина болх беш бохкуш ма бу уьш, кхин дуьне а ца гуш. Мухха лела-дахь з, цара а бежнаш а, уьстаг1ш а лелош дацахьара, вайн базаршкахь жижиган киланан мах болчунна т1е а дикка хьала-баьлла хир бара. Цундела, сий дан ма деза цу ламаройн, уьш болчуьра  ида а ца уьдуш, цаьрца мостаг1алла а ца лелош.
— Со-м яц ахь юьйцург? — хаьттира йо1а.
— Хьо а ю! Ахь д1атийтина бераш хьан лелийра хаьий хьуна кху 1ай а, б1аьста а?
— Хьан лелийра?
— Итт класс бен яьккхина а воцчу, завхоза Хьасанбека лелийр-кх!
  Йо1ана эхь хийтира. Цунна хаьара Ибрах1им шега бакъ лоьй.
— Балха д1аян еза хьо, Лайса, боккъалла а, — дийхира Ирах1има. Йо1а жоп ца делира.
К1ентан даг чохь мерзан йовхо карла юьйлура. Марсаяьлла, хьерчара йоь1ан башхачу куьцах. Юьхьа т1ехь к1еззиг худаелчз санна хетахь а, цуьрриг а эрча ца яьллера йо1. Ехачу аьхка малхо шеи з1анаршца хьистнна, кхин а алсам къегаш    санна    хеталора и месаш Ибрах1иман даг чохь а, ойланашкахь а аьттехьа а дацара хIара йоI шен хир яц бохург. Х1уъа хилла латтахь а, хъа дуьхь лонаш нислахь а. Хаьара, Лайсина ша хийра ца хетий а, шен иза ирсе якх ницкъ кчочур буй а. Ядийнчуьра ша ц1а еъча, Лайсина хетаделлера, ша цхьанна а ца оьшу, шен деда воцчунна. ИбрахIиман ойла а заманца хийра ер ю, цунна ша йицлур ю. Х1инца к1анта и шеко д1айоккхуш лаьттара. Къаьсттина йоь1ан дагах кхийтира Ибрах1има шена т1ехтоьхна класс. «Боккъала а, х1ун Iамийнэ хир ду царна завхоза Хьасанбека...»
Ас-ам хьоьга уггаре а коьртаниг ца дийциний! — элира Ибрах1им    йоь1ан ойланаш юкъах а  йохуш.
— ХIун ду иза? — хьалаайбира йо1а мин-минотана чохь ал¬сам самукъадалар гойту шен б1аьргаш.
— Керла хьалхара секретарь ма ву тхан, аьлча а вайн райкомехь. Хезний хьуна?
— Хезна, хаза-м.
— Таккха? Хаза ца хета хьуна?
— Суна хIун бен ву иза?
— Вай! И бохург хIун ду? — цецвелира ИбрахIим. — Дерриге а районехь мел дерг ду-кх райкоман хьалхарчу секретаран карахь, Иза ма ву коьрта долчу декъана районехь социально-экономически политика лелош верг! Хьалхарчо дебохь — районехь шорта хир бу кхаьанаш оьцурш а, хьаькамашна мотт хьоькхурш а, къуй а, накхарийн доьзалехь вочу элано йоху жуккарш санна. Вуьшха, хьаналчу хьалхарчу секретарана гонаха кийрахь дог дуьззина яхь а йолуш, халкъан бала а болуш, къонахий хир бу1
Царех цхьаъ хьо а ву-кх? — къежира йо1.
— Вац, цкъа хIинца а. Ас дина хумма а дац, — хьовзавелира ИбрахIим. — Кестта дуккха а х1уманаш хййцалур ду вайн районехь. Лоллур ю жоьлгийн тоба. Цхьаберш хIинцале лоьхкуш бу.
       - Муьлш? — хаьттира   йо1а.
— Заготконторан директор Хансолта, масала...
—   Д1аваьккхина?!!
      - Ч1о1г1а ваьккхина, партера а воккхуш!
      Лайса ойланашка елира. Цунна наха дуьйцуш хезнера, ша ядаяйта боьг1на гур Хансолтин зудчо боьг1на хилла бохуш. 
      Бала базбеллера йоь1ан экамчу дагна. Наха-м дуьй¬цу, уьш меттигера дерриге а 1едал эца а эцна, цхьана а х1уманах кьера а ца кхоьруш, цхьа ч1ог1а тур текхаш нах бу, бохуш. Цундела, х1инцца Ибрах1има аьллачо ойла хьовзийнера: «Ванах, боккъалла а нийсо тола йоллу техь? Иштта, дерриге а доьхна а ца хилла те кху дуьненчохь? Я со х1инца а дукха г1ийла, 1овдал, ца кхеташ ю техь? Цундела оьшу-кх зударшна шайна уллохь массо а х1уманах а кхета а кхеташ, нийсо, бакъо тоьлар хиларх доггах теша а тешаш, харцонашка къарлур а боцуш, болу къонахий... Ибрах1им саннарш»...
— Х1инццалц леранаш д1адевлла хьуна вайн районера! Дера вац Махьмуд Вахаевич ша юьхьарлаьцначунца т1ура вер волуш, ша вен ца вехь!
— И мила Махьмуд ву ахь вуьйцург? – Ибрах1имен б1аьргаш чу хьаьжира Лайса.
— Шарипов! Вайн керла хьалхара райкоман секретарь! 

Ибрах1имма дерриге а ма-дарра дуьйцура йо1е. Самукъадаьлла, йоьлура йо1.
Лайса иштта йоьлуш хазахеташ, Ибрах1има юха а дуьйцура цхьацца х1уманаш, жим-т1ама шегара т1е а деттащ. Кьоначу шина адамна ца хаалора тоххара ломал т1ехьа баьлла, чубуза герга бахана малх а, хьокхих йинчу кертана улло а х1оьттина, чуяха йиш йоцуш лаьтта, яжа лаьлланчуьра ц1аеана гомаш а.
Лайса хьеелча, сагатделла, шовданна улло веана Халад а лаьттара цу шиннан деларх цецваьлла, и шиъ юкъахдаккха ца х1уттуш.
 Мацца а, ши г1уркх схьа а баьккхнна, цо чухийцира гомаш: «Схьайола, хьо мукъа. Вайшиннан Лайса а йог1ург хир ю, ша къамел дина яьлчахьана...» 

Кьоначу директоран лаамна жоп луш санна, декхна лаьттара денош. Косилкаш дана хьаькхна йовлуш йохкура. Ибрах1има юха а, стохка санна юьртадега Дардаиле дехна, клубехь адамаш гуламе вовшахтохинтира.
— Вайн стохка хилла къамел дага дог1ий шуна? — хаьттира Ибрахьима гулделлачу адамашка. — Цхьаберш ца тешара Хойбаха бог1уш керла некъ а хир бу, нахана болхбан меттигаиг а хир ю, керла школа а, больница а, берийн беш а хир ю, нах д1асалелош автобусаш а юьйлалур ю аьлча. Бехк а бацара ца тешча а. Х1етахь иза вайн массеран а лаам бара. Х1инца иза дерриге а хи¬ла таро ю! Вайн районера а, республикера а куьйгалхоша керла организаци йиллина кху ламанан латтанашна т1ехь — даьхнилелоран станин! Дуккха  а ахча схьахецна  пачхьалкхо керла тракторш, машенаш, г1ирсаш эца. Ткъа туьма сов алапаш а оъцуш, болх бан меттигаш хир ю нахана. Станцина оьшур бу дуккха а механйзаторш, шофераш, даьхнийлелорхой, кхиболу белхахой, - дуьйцура кхид1а а директора, -  Болх бан меттигаш хиларо еш ма ю юьртах юрт а, г1аланах г1ала а, республикех республика а, къомах къам а. Болх бан меттигаш ца хилча нах д1ауьхай, меттигаш яссало, биссанарш вовшен коча уьху, нах дера хуьлу. Иштта хуьлуш бу г1аттамаш, революцеш, т1емаш. Контора Хойбаха хьалаеъча оьшур бу бухгалтерин белхахой, кхиболу говзанчаш. Вайн йиш ю муьлхха а хасстоьмаш лело, вайга мел лелалу бежнаш, уьстаг1ий лело! Пачхьалкхо ахча делла вайна оьшуш йолу г1ишлош ян а. Цундела оьшур бу г1ишлошъярхой. Х1инццалц санна д1атесна, юьстаха меттиг хир яц Хойбаха. Иза дерриге а вайх дозуш ду х1инца!
— Цунах-м  Къосумна луъург хир дара! — ца  вешаш  мохь туьйхира зала чуьра цхьаммо.
— Керла йиллинчу эмжеэсан х1умма а дац колхозаха доцуш! Х1инца Хойбаха  «Коммунизман байракх»    колхозан  бригада  яц, керлачу организации центр ю! — кхето вуьйлира Ибрах1им.
— Накъостий, шу дика да кхета моьтту суна, - хьалаайвелира сцени т1ехь х1оттийначу стоьлана т1ехьа хиъна 1аш волу Дардаил, — вайн Хойбахахь вешан колхоз ю х1инца, х1ара Ибрах1им председатель а волуш! Дерриге а х1инццалц колхозан хилла латтанащ, х1инца х1окху Ибрах1име схьаделла. Ур-аттала охьарчу совхозаша бежанаш дажош хилла латтанаш схьаделла кхуьнга! Къуддузан х1инца бала а бац вайца. Вайн х1инца вешан колхоз ю.
— Х1ара керла пирсидатал хилча, вайн Хойбахахь кхин колхоз а хилча, Къосум волчу колхозан даьхннй х1ун деш ду кху лаьтта т1ехь? Оха лелон говраш хьенан ю? Мича колхозан ю? — ца кхеташ хаьттира, цецваьллачу колхозан говраш т1ехь волчу Дурдис.
— Юхашара б1аьста кхечу лаьм т1е дуьгур ду колхозан даьхний а, говраш а, уьстаг1ий а. Кхузахь станцин даьхний бен дуьсур дац, — кхетийра директора хаттар динарг.
        Наха ч1ог1а цецбевлла ладуьйг1ура шайга дуьйцучуьнга. «Къур1анор, и к1ант къар¬лур волуш-м вац». «Оцо цхьаъ дийр ду, ша д1а да ваккхахь!» «Вуьтур вац болх бан, нахана дика болх бан г1ерташ хиларх, цхьанхьара лечкъа а еш, шайна д1акхоьхьуш да хилахь». «Цо-м йол юхкур яра. Иза йохкан бен, стенна х1оттайна моьтту шуна?  Цхьа Къосум вузийна. Х1инца х1ара мециг юзо халахо а хила мега»… Тайп-тайпана дуьйцура наха гуламехь а, цу чуьра арабевлла, ц1а боьлхуш а. Делахь а, дукхаммо а дош делира арабевлла, докъар д1адерзош г1о дийр ду, аьлла
Къаьсттина даг чу дижира нахана  Обу1елас дина  къамел.
      —Г1иллакх, оьздангалла,    эхь-има    д1адолуаш    доллу вайна юкъара, — дуьйцура Обу1елас. — Стохка элан холанах ц1е теснарг мила ву ца хууш бац вайна юкъара цхьаболу нах. Х1инца тоьшийла юй вайи ишттаниг кхин хир дац аьлла? Эхь ца хета хIинца цхьаболчу нахана! Багахь мотт а боцуш долчу хьайбанна докъар кечдечу хенахь, марха кхабар а т1ера даьккхина дино нахана. Докъар а, ялта а цхьаъ ду! Цу докъарх ц1е тесначу стага х1уъа  а дайр ду! Юьртана а, махкана а, къомана а эхь ду иштта стаг шайна юккъера валийтар! Х1ара ИбрахIим санна хилча, со вайна юкъахь 1ир а вацара! Б1аьрзе ду вай? Ца го вайна кхуо мел лелориг, хIара хIоттийначу 1едало мел лелориг вайн дуьхьа, вайн 1ер-дахар тодаран дуьхьа хилар?..
Дукхаммо а къобалдира Обу1елин дешнаш. Воккхавуьйш, ладуьйг1уш 1ара, ши-кхо де хьалха Теркайистера шен доьзалца цхьаьна хьалакхелхина Жабир а.
Декхна, довха деара белхий возшахтоха билгалдина де а. Шариповс аьлла ма-хиллара, пхеа-ялх автобус т1ехь лома хьалабевлира йол дIаерзош гIо дан бог1уш болу райцентрера белхахой.
Ибрах1има шена гергарло, хьашто мел йолчу стаге т1екаре йина, уьш лома хIалабаьхнера.
Райцентрерчу организацешкара белхахой а, автолавкаш а, агитколлективаш а, автобусаш т1ехь лома хьалататтабелча кхоччуш цецваьллера Ибрах1иман да 1абдурахьман «Ванах, х1ара х1ун ду? Хьоккхул боккха ницкъ карахь а болуш, хьаькамалла ду техь сан к1анте кхара делларг?  Къосуме-м ма ца тохалора цкъа а оццул нах вовшах!»
Элан кесаршна т1ера тхи охьа дужжушехь т1ебирзинчу наха, литтанаш дан долийра.
Самукъане аьзнаш, бийларш, забарш екара ломахь. Эсала детталора гуьйренна к1ел даха кечделлачу 1аламан х1аваъ. Йовхонан тов лахъелла хиларе терра, къаьсттина къегина гора гонахара лаьмнийн басошкара хьаннаш, кхилбехьа стигла хьалаг1иртинчу башлаьмнийн ира, детех къега  баххьаш.
«Маржа я1! — ойла йора Ибрах1има, — бульдозерца тодина доцу некъаш! Ма атта хир дара, х1ара литтанаш, т1аккха холанаш деш лелачул, йол машенашна т1е а юттуш, ферманашна улло д1аяьхьча! Х1инца хьоьгург ши къа ду. 1аьно тракторш хехка еза лома, т1аьхьа салазаш а туьйсуш!».
Доггах балхана т1етаь1начу наха, йоллучу а малхабасехь д1ах1иттийнера сийначу элан  литтанаш. Цхьаберш холанаш дан буьнлабеллера. Верриге а хьацарша а вуьзна, массанхьа а кхача г1ерташ хьаьдда хьийзара Ибрах1им. Амма иза дика кхетара, х1ара тайна кеп нехан тешам д1абаьллачул т1аьхьа  кхи  х1уттур ца  хиларх.

       Де кхачо герга даханера. Доллучу дуьненах а цхьа доккха ловзар тарделлера болх аттачу баьлла, воккхавеш лелачу Ибрах1имна. Цхьа к1езиг цунна вас латториг жимма юьстахо, коьллашна юккъехь 1уьллу ирзу дара. Директор тахана цу ирзехь йолчу алана т1екхачаза вара. Иза йоцург, массанхьара а йол д1айоьрзуш лаьттара.
Хьаьдда, цу ирзе вахара Ибрах1им.
«Х1ара х1ун ду?» — цецваьлла висира иза. Бан болийна бок¬кха хола бара. Зингаташа санна т1елетта, массанхьара а наха т1еидош литтанаш дара. Беш лаьттачу холийна буьххье а ваьлла, д1а п1елг хьажош, схьа п1елг хьажош, мохь бетташ, нах сихбина воллура Обу1ела.
Кхоччуш хазахетта, г1адвахана, т1еведира  Ибрах1им.
— Обу1ели, х1ара х1ун белхий бу ахь бинарг, къайллах, суна а ца хууш?
— Нах совбевллачахь болх ца хуьлий хаьий хьуна? — мохь туьйхира Обу1елас. — Шу долчахь совбевллера мах. Цундела ас берриге а совбевлларш кхуза схьабалийра-кх!
Бан а бара кхузахь болх беш берш алссам нах, х1инца Теркайистера хьалавеана Жабир а цхьаьна. Масех стаг Жихалара баьхкина Ибрах1иман гергарнаш а бара, кхуьнан да 1абдурахьман а цхьана. Ибрах1им леррина хьоьжура, кхузахь верг мила ву. Болх бечарна юкъахь вара колхозан жа1у Дики а, говраш т1ехь волу Дурди а, юьртада Дардаил а, ур-аттал Къосуман гергара стаг Г1ойтамир а, цуьнан вешин к1ант Мусбек а, егерь Хучу а. Цхьана басахь йоллоьхьу хьоькхуш йоллура Обу1елии х1усамнана Зебирт.
Коьрта к1айн, баккхийчу нехан нес а тиллина, доггах къахьоьгуш воллура школам директор Салман Темирсултанович.
Лоьрийн санна, к1айн халат а юьйхина, литтанаш д1аидош хьийзара цхьа къона ши йо1. Цхьаъ евзира Ибрах1имна. Иза яра Лайсиин доттаг1а, хьехархо. Ткъа важа?
— Ши йо1, шаьшшиъ юхайог1уш зоки чохь шийла хи далаш! — мохь туьйхира шина йо1е, школан директора.
— Охьалахлохьа, Салман, цхьа жимма 1индаг1е, ши йо1 хи дахьаш схьакхаччалц мукъа. Иштта х1айтъаьлла  хьийза жима а ма вац хьо, — улло вахара Ибрах1им.
— Сада1а а мегар ду жимма. Довлуш дохку вай. Дика г1уллакх хуьлуш ду кхунах, — воккхавера школан директор.
Улло еана, хи делира цхьана йо1а. Ц1еххьана Ибрах1имна а хааделира, ша мел хьогах ву.
— Схьалол, йо1 и зока соьга а, — элира Ибрах1има, йоIе  д1а а хьожуш. Цуьнан  куьг д1акхевддинчохь г1уркх санна дахделла, диссира.    Зока схьа  а эцна, бете дахьа ца хаьара, воьхна.
   Зока ИбрахIимна улло охьа а диллина, эхь хетта йоI  шен накъостана    т1е  д1аяхара.    Иза яра Лайса...
— Лайса юхаеана тахана вайн школе, — йовхарш а тоьхна, жимма меттавадийра Салмана Ибрах1им.
Цхьацца къурд беш, меллаша, кийра 1абош мелира Ибрах1има цу малхо кхехкочу дийнахь Лайсин карара схьаэцна ламанан шовданан хи.

    - Оьрсийн 1илманчаша ваьшна язъйина хилла истории схьалаца вайн корта хиллехьара а ша дерриге а кхечу тайпа хила мегара, - эккхайтира цу сарахь Хьасана – оьрсийн 1илманчас Иван Поповс нохчийн тептпршна а,  шира дийцаршна а т1ера схьаэцна яздина, вайн шира дай Шемера (Шумерера) схьаг1оьртина хилар. Вай заманан йохаллица кхуза схьаг1иртина некъаш, мичхьа севцна, мичхьа хан яьккхина, мичхьара юхадебна – бохуш а яздина цо. Арсанукаев бохучу цхьана моллехь карайна хилла цунна и 1илма. Гарехь, иза цуьнга шен хенахь Арменехь а, Гуьржийчохь а лелла хиллачу инарлера Арсанукаев Иналукера кхаьчна хила а мега. Нохчийн ширачу дийцаршкахь а, тептаршкахь а йохуш йолу дукха ширачу заманахь хилла лаьмнийн а, 1аннийн а, мехкийн а ц1ераш млолланашка шайга кхоллалур яцара, бохуш яздо 1илманчаша, иза туьйра а доцуш, бакъдерг ца хилча.
     Кхи цхьа болх а бу оьрсен 1илманчас Тумановс битана. Цо а ма-дарра яздина баь1а шо хьалха нохчий мичара схьабаьхкина, муьлуш бу, мел к1орге боьду церан орам. Уьззу гойту Картлис Цховреба олучу гуьржийн ширачу тептарша а, Армянин историс а, археологис а, антропологис а, метан 1илмано а. И дерриге а галдаккха ваайтина вара вайна жуьгте Виноградов. Цуьнан мурдаш бу тахана а кху республикехь биссана, цо бохучу т1ера ца бовлуш. Цо бохучу т1ера бевлча церан шайн кандидатски а, докторски а диссертацеш харц хиларан къаро ян ма еза. И къаро а йина, доллучу а шайн дахарехь шаьш дина инзаре даккхай зенаш нахана гучудовла ца леа царна. Кхоьру уьш.
     - Историн маь1на доккха ду къоман дахарехь. Шайн истории йовзаро бен ца кхуллу къомехь ша шен мах хадоран говзалла, - реза хилира Хьасана дуьйцучанна Ибрах1им.
     - Истории гал а яьккхина т1ехевшина кху дуьненна жуьгтий. И гучудаьккхина баь1а, ши баь1а шо хьалха библейски археологаш олучу наха. Жуьгташа шаьш ши эзарре пхи баь1ай шо хьалха Вавилонехь йийсарлехь болуш язъйина Шира Весет хурритин лачкъайна истории ю.Иза гучудаьлла францин а, ингалсан а, немцойн а археологашна. Царна х1етахь карайна йозанаш – итаннаш эзарнаш зилйозанаш – х1инца а 1охку цхьанхьа Парижехь лаьтта бухахь, нахах лачкъайна. И лачкъайнарш, церан талламбар дихкинарш Ватиканера бу боху цу преступникаша. Суна ихетарехь, Ватиканера белахь а, коьртачу декъехь и доллучу дуьненан а истории лакъайна 1аш берш жуьгтий бу. Ницкъ ма бу цаьргахь. Ахча ду, дахьа меттиг а йоцуш.
     Ельцинан жуьгтийн 1едало кхузахь дитанчу герзах каетта а ца сихлуш, вай вешан истории 1амайнехьара г1оли хиллера. Иштта мА мкхуллу къоман кхетам, т1емаш барх ца кхоллало. Т1емаша адам айпе до, церан кхетам, эхь-ийман талхадо.
     - И бохуш волу вацйшиъ ор чохь ву, герзах кайиттинарш бойуш бу, хи санна… - т1етуьйхира Ибрахьииа.
     - Шаьш балар-м дитахьа, цхьа а бехк боцу машаре адам ма ду цара х1аллакдеш!
     - Акхарой хуьлукха кхетам галбаьлча адамех.
     - Акхаройл а кхераме ду адам. Адамашкахь долу герз ма дац акхарошкахь.
     - Г1уллакх метта муха дог1ур дара аьлла хета хьуна, Хьасан? – хаьттира Ибрах1има.
     - Г1уллакх метта дало кхеташ куьгалхой безара вайн къомана.Масала, культура х1у ю хууш культурин министр, 1илма х1у ю а хууш, жима стогалла а йолуш вешан Академин куьйгалхой, жима яхь йолуш яздархой, догма йоцург к1еззиг 1илманца а бала а болуш динан дай. Уьш берриге а ахчанна т1аьхьа бевлла хилча г1уллакх ца хуьлу. Вайн стаг шега цхьа дарж кхачахь каетта волало, шен аьтто баьллачура-а бохуш. Кханенан а, ша цу кханенгахь юьту йолчу леран а ойла ца йо цо. Иза дукха угаре а ч1ог1а вайн доьхнарг, - шеко йоццуш элира Хьасана.
     - Къомах къам дан г1ерташ, къоман кхетам совбаккха г1ерташ цхьа нах хила беза. Цхьа да хила веза къоман, - г1айг1ане т1етуьйхира Ибрах1има. – Шашах ма ца хуьлу цхьа х1ума а.
     - Къомах къам дан г1ертарш бац, амма къам дохо, х1аллакда г1ертарш шортта бу, - ч1аг1дора Хьасана. - Цхьана стага шена т1е а лаьцна ца вича ца хуьлу к1антах к1ант а, вешех ваша а, доттаг1чух доттаг1а а. Цхьаммо дан дезаш ду мацца а вайн къомах къам. Дечу хенахь б1ов юттуш санна буха т1ера волавала везаш ву. И бух - вайн истории бу, цу т1улган буха т1е а ца х1иттайтуш, г1амаран буха т1е вай дийг1а г1ерташ схьабог1у жуьгтий виноградовг1ар а, церан нохчийн ц1их1ураш а. Эццигехь болалуш бу бакъболу т1ом.  Эццигехь, 1илманца, хьекъалца даккха дезаш ду нохчаша шайн г1азот, герзаш а ца кхуьйсуш, герзаш кхийсар майралла, деналла ду а ца моьттуш. Майралла яц, сонталла, 1овдалла, акхаралла ю! – оьг1аз ваханероа Хьасан.
     - Мела хиллехь а пайда а хили хьуна кху ор чу кхачаран, - вела къежира Ибрах1им. – со-м и х1уманаш сайна бен ган а гойтехьа, уьш ухьаммо а хьеха а х1унда ца дотехьа, со хьераваьллате, я нах берраш а тентигбевллатехьа, бохуш ойла еш 1ара.
     - Г1ело ю нахехь. Нах меца бу. Заводаш, фабрикаш, белхан меттигаш яц. Хьолаца, таронца хьалаайлуш ерш жоьлгаш ю, ткъа жоьлгийн цу историца а, культурайца а, къоман кхетамца а, къоман хиндолчуьнца а бала а бац, - хетарг элира Хьасана.
     - Институташка, университеташка оьцуш берш а кхетам, хьекъал, хаарш алсамдерш бац, ахча сов делларш бу…
     - Ахча вукха вайн къоман дела, ма-дарра аьлча, - ч1аг1дира Хьасана, вай мел ч1ог1а бусалбанаш ду  вай, бохуш, моттарг1анаш лелаяхь а.
    
Йоккхаера Лайса. Тамашена а хетара ша Хойбахарчу наха оццул эсала, дукхаезаш юхаэцарх. «Х1орш-м хьаьгна ма хилла со ган!» — самукъане яра дог- ойла.
Лайсийна шена а безаме хетара дуьхьала мел кхетарг. Доггах могуш-парг1ат хоттура нахе. Мара а къуьйлуш, хьаста дог оьхура «Здасти Лайса  Майбековна» —  бохуш,  дуьхьалдетталун  бераш.
Хилларг — цхьа ирча, тамашена г1ан. Ца лаьара цунах х1умма а дагалеца. Къоначу ойлано дерриге а диканиг, хазаниг кьестадора 1аламехь, адамашна юккъехь, доллучу дуьненчохь  а.
Мела бетталора гуьйренан мох. Ша-тайпа яра худаяла кечъеллачу гуьйренан ламанан бецийн хьожа.
«Ма воккхаве школан директор  Салман Темирсултанович а со юхаеана.. Ма дика стаг ву иза. Ша дуьненчу ваьлчахьана цхьанна а оьгIазе т1ечевхани техь иза? Тера ву-кха иза сан дадех, Халадах. Цуьнан эсала ши б1аьрг. К1еда аз. Ма хьанал стаг ву иза. Шен накхарша луш долу моз дерриге а интернатерчу берашна даадо-кха цо. Ма лоре 1алашдо уьш. Ма самукъане, хьанал ду ишттачу стагаца болх ба...»
ОбIелий, Зебиртий ша юхаеана доккхадеш хьийзарх-м башха цец а ца йолура Лайса. Хаьара ша Меъиийчохь йоллушехь а и шиъ мел догдоьхна хир ду. «Ший а деанера со схьаеанчу деношкахь, ши пекъар, даьтта а, к1алд а, довха хингалш а дахьаш. Ас-м ца еара цаьршннна х1умма а. Х1инца ц1айодахь-м дахьар ду совгIаташ...»
 
Иттех де а даьлдера Ибрах1им Хойбахахь воцуш. Цо лелориг хууш дацара. Яккхийчу машенашкахь еана, цхьа цементах йина блокаш охьатийсинера цхьанхьа. Вукхузхьа, цхьана борза к1ел алссам бирг1анаш, б1ог1амаш кхийсинера. Д1о маь11ехь цхьа боккха, поездо д1асатекхо цистерна санна болу яй 1уьллура. «Дела ша воцчунна хууш дац цу Ибрахьим бохучу к1анта лелош дерг х1ун ду» — олура баккхийчара.
Лайсийна хетара, Ибрах1им ч1огг1а ша ган а лууш, делахь а йиш ца хуьлуш, я нахана гергахь сих-сиха мерак1ел х1итта товш ца хеташ, 1а.  Дог тешна дара дерриге а кестта карладер хи¬ларх.
     Шаьшшинан классашкара бераш вовшах  а тоьхна, уьш экскурсе эцна яхана яра Лайсий, Светланий. Бераш ловзуш а дитина, юьстахъелира и шиъ.
— Наха дуьйцург хезний хьуна? — хаьттира Светланас
— Х1ун дуьйцу цара? — цецъяьлла къегира Лайсин шиб1аьрг.
          -  Хьан Ибаршкега хьо ца ялайойту боху-кх цуьнан дас-нанас.
Цхьа тамашена 1аьвжира йоь1ан дог. Ша х1ун эр а ца хууш йисира юьхьанца. Т1аккха, дог ца дог1ушехь, елаелира:
— И хьан дуьйцуш хезна хьуна? Со лийр ю боху ткъа, цо ца йигча?
— Хаац сунам. Шун жерой ц1е ерш шоллаг1чу сортехь бу ма боху. Цундела шен дас-нанас д1ааьлла боху цуьнга, хьо ялаяхь шаьш могуьйтур дац!
— И хьан дуьйцуш хезна хьуна боккъала а? — алу яьржира йоь1ан дег1ах.
— Массара а дуьйцуш ду иза-м. Со хьан доттагIа юй а хууш, соьга схьа ма дуьйцу массара а ишттаниг.
Лайса кхуьйлира. Хьуьнан ч1ожара хьала шийла дохк г1уьттура.
 Лайсас шен готтачу белшашна т1е жакетка уьйзира. Шийлачу мохо юхалестайора б1аьштига т1ера месаш. Кху аьхка Лайсийна цу б1аьштигана т1ехь масех къоьжа чо карийнера.
Шена боккъала а ца хезнехь дуьйцур дацара Светланас ишттаниг. Х1ан-х1а. Боккъала а долийна хир ду кху наха иза. Долийна, я боккъала а бакъдерг хезна царна? Ибрах1им... Цундела лелий техь иза сох къехкаш?!!
Малхана дуьхьал хьаьддачу мархано шийла 1индаг1а даржийра лаьтта т1е. Ч1ожара дохк лаккха хьалаайеллера. Шеллуш лаьттара.
— Шелдала мега бераш, ловзуш, хьацарш а девлла долу. Д1адигий вайшиммо уьш? — хаьттира Лайсас.
— Дига, — реза хилира Светлана.
Ши хьехархо, бераш а эцна, школехьа д1айоьдура.
«Ма тамашена кхаъ баьккхи кхо соьга. Къиза. Къа ца хеташ. Дера. Х1умма а дац. Дикахо а ду хиъна. Хуур ду х1инца Ибрах1имца муха хила еза а. Х1ан-х1а. Бакъ дац иза! Ибрах1има ладуьйг1ур дац ишттачу хабаршка. Цунна шена а ма хаьа дерриге а!  Вуьшта, х1унда  1а оццул дукха гуча ца волуш?!»
— Мичхьа лела те хьан Ибрашка? Гучуволуш ма вац иза? — бераш гена девлла, аьтту баьллачух хаьттира Светланас.
— Соьга стенна хоьтту ахь? Сан х1унда ву иза? Со цуьнан дуьхьа еана-м ца моьтту хьуна кху Хойбаха хьала? — оьг1азъяхана, т1ечевхира Лайса шен накъостана.
— Ас-м хьох доглозуш хоьтту хьуна, Лайса. Оьг1аз ма эха-хьа.
— Ца оьшу. Ма лаза сох дог. Цхьа Ибрашка д1асацарх духуш дац х1ара дуьне!
— Иза-м нийса ду. Иштта алал ахь. Сайниг а сецна хьуна д1а, хьала а ца вог1у. Кехат а ца доуьйту. Цхьа кхин карийна хир ю. Иштта ма бу уьш. Тешаме ма бац. Хьарам дара уьш бахьанехь ойланаш яр а! 

Буьйса юьйлира. Лайсийна дагаеара иштта гуьйренаи заманчохь, стохка ша Хойбахахь дуьххьара яьккхина буьйса. Иштта корах чу етталора беттан серло. Иштта тийна дара. Ойланаш кхитайпа яра. Сийсара а яра ойланаш кхнтайпа. Ткъа тховса… х1йнца... х1ара х1ун ду дан мукъа? Иштта ваьсса хилла Ибрах1им, шен дахаран а, шен дег1ан а да воцуш? Х1ан-х1а! Бакъ дац! Бакъ дац! Бакъ хуьлийла а яц!
Лерана ладуьйг1ура Лайсас буьйсанга. Терго йора, машенан тата ца хеза-техь, бохуш. Аьтту хилла-хиллачух, сарралц б1аьрг биттинера х1окхо Обу1елаг1еран ц1енош долчу, эмжеэсан конто¬ра хир ю бохуш, цхьацца г1ирсаш д1асабаржийкачу к1айдаргана улло.
Мацца а цхьана машенан г1ийла тата хезира. Геннара, гу т1е¬ра чу машенан шина чиркхан серло етталора. Лайса, 1а а ца елла, меттара хьалаиккхира. Х1ан-х1а. Машен Обу1елаг1еран кертахь ца сецира. Иза эвла чу вуллучохь, цхьана нахехь сецйра. Цигахь дукха ца лаьттира. Лайса 1ачу урамехула схьайирзира, улло г1ертара. Улло схьакхечира, корах чу къегина серло а тухуш. Лайса, х1ундда кхераеллехь а, кхераелира цу серлонах. Цхьа вониг хьоьхура даго. Машен Лайсин кора к1ел сецира. «Х1орш муьлуш бу! Кхара х1ун леладо?» — йоьхна йисира йо1.
Не1 туьйхира. Лайсас сихха шен чиркх хьала а латийиа, хаьттира:
— Х1ун боху аш? Шу муьлш ду?
— Со вара  х1ара-м, Лайса, д1аеллахьа  не1.
— Лайсийна аз цхьанначух тера хийтира. Делахь а, ца вевзира.
— Хьо мила ву?
— Ахьмад вара со-м Меънийчуьра. Хьан маьхча.
— Лайсийна вевзира. Сихха не1 схьайиллира.
— Ахь х1ун до, Ваша, хьо лаа веаний? Дада х1ун деш ву? — йоьхна, хаьттира йо1а.
— Дада могуш воцуш хилла жимма. Хьо ган лаьа шена бохура-кх цо.
Кхоччуш йоьхна, чуьра са д1адаьлча санна лаьттара Лайса. Ахьмад кхин вист ца хуьлура. Вист ца хилалора. Цуьнан б1аьргех хиш девллера. И хиш Лайсийна гира. Цхьа вон мохь аьлла, ша 1аччахь охьалахъелира йо1. Ахьмада, белшаш а лаьцна, иза хьалаг1аттийра.

         Ц1еххьашха велла Халад шина дийнахь-буса гергга 1иллинера, нахана веллий а ца хууш. Мангал беха еанчу зудчунна ца хаавеллехь, кхин а 1илла мегаш а хиллера шен маьнганна ул¬лохь, лаьтта охьа а воьжна.
Сихха д1авоьллира Халад гергарчара. Майрабеке телеграмма йиллира, валар хоуьйтуш. Делахь а, иза ц1акхочур ву аьлла, тешаш-м вацара цхьа а.
Деха да лаьттира тезет а. Башха нах гучубийла цуьнан т1аьхьависина стаг а вацара. Цхьа боккха сту бийна, т1аьхьа саг1а а даьккхина, д1адирзира дерриге а.
 Д1адирзира. Лайса ша цхьаъ йисира. Доллучу дуьненчохь а цхьаъ. Ша. Цхьана аг1ор — дуьне, ярта, адамаш; вукху аг1ор — ша цхьа Лайса. Иштта хетара йо1ана. 
Дийна долчу адамехчул а алсам б1обулура Лайсин Халадан кошан борзах. Ерриге ойла а д1аг1ертара цунна улло. Лаьара доггах, цу борза т1е охьа а йоьжна, йоьлхуш, цасоццуш йоьлхуш, дехарш дан: «Дада, къинт1ера валахьа суна, хьо цхьаъ а витина, д1аяхана хиллачу! Со д1а ца яханехь, хьо лийр хир ма вацара! Со ма ю доллучунна а бехке! Д1айигахьа со хьайца! Д1айигахьа, хезий хьуна, Дада?!»
Ахьмадан зудчо а, кхечу зударша а хала схьаялийнера Лайса кошен борзана уллора. Кхин юха ца йохуьйтура. Ларйора, ара ца йолуьйтуш!». Кхоьрура, цо шена цхьаъ дарна.
«Ибрах1им... И ву доллучунна а бехкенаг! Цо элира соьга аьхка ван а веана, балха д1айола. Цо йигира со цига юха хьала! Ша-м, цкъа гучу а ваьлла, «дала гечдойла», аьлла, халла ши дош а аьлла, д1аваха. Кхин гучу а ца вели!
Ма валийта. Х1умма а дац. Суна цхьа а ца оьшу. Цхьа а! Ма ваийта ц1а сан да ву бохург а. Ма ваийта. Суна цхьа а ца оьшу. Цхьа а! Со сайн Даин кошана уллохь 1ийр ю. Суо елла, цунна улло д1аяххалц...»
Дог1а деана, хатт баьллачу дийнахь, малх чу буззуш Меънийчохь можа, боьха такси сецира. Цу чуьра охьавоьссира цхьа оза, малхо вагийна къонаха. Воьхна, кхоьруш санна дIасаидадора цо шен мокха б1аьргаш. Къаьркъа дукха мелла, цо хабийначух тера бара къонахчун бос. И хан йоцчу хенахь Машенчуьра охьавоьсанарг вара веллачу Халадан цхьаъ бен воцу к1ант, Лайсин да, Майрабек.

 Цкъа дуьххьара артелаш, юха колхозаш йохкучу заманчохь Халад кхиъна ваьлла жимастаг вара.
Да кхелхина, нана кхечунхьа маре яхана, хало лайна вара Ха¬лад берахь дуьйна. Вуьшта, т1аьхьа, кхиъна ваьлча, онда а, т1ахъ-аьлла а, куц долуш жимстаг хилира цунах.
Колхозехь жа1ун болх беш вара Халад. 
Иза дара цхьана аьхка. 1ушна юккъехь къовсамаш бевлира.
— Оха хьайна зуда ялаяхь, иза т1елаца боьрша вуй хьо? — хаьттира цхьамма.
— Зуда т1е-м кхуо х1унда ца лоцура, иза езаш шен са схьадала доллуш лелаш х1ара хилча. Цулла а, вай иза ялаяхь, ша вай¬на той муха х1оттор ду дийца деза-кх кхуо! — чуг1ертара кхин цхьа накъост.


— Х1ора к1иранна цхьацца уьстаг1а а, цхьацца ведар чаг1ар а хуьлуьйтур хир ду кхо кху аьхка, — яхь вохура кхозлаг1чо.
— Схьаялае! Нах ма хуьлда шух, ялон яцахь! — меттахвелира цхьана сарахь Халад. — Боьрша ма яц шух цхьа а, нагахь тховссехь ца ялаяхь!
Халаде уьстаг1а а бейтина, жижиг кхихкина далале, аьлла, говрашна т1е а хевшина, накъостий д1алилхира. Йохье ваьллачу Халадна башха бен а ца хетара цара шена тховса ялонъерг, жимма а иза мегаш хилчахьана.
Буьйса юккъе яханчу хенахь тоьпаш евлира. Накъосташа маьхьарий деттара:
— Хьаьнга йоссайо? Мича йоссайо?
Ломахь-м ян а яцара ши тоьлий, цхьа б1оввий бен. Б1овна чу йигар г1олий а хетта, цу чу даьккхира нускал. Мацах хьуьжарехь дешна хиллачу цхьаммо сихха мах а бира цу шиннан. Схьаийцира пондар. Д1атуьйхира вота. Пхеа-ялх 1уьно ломахь цкъа а цагинчу кепара хелхар даьхьира.
Халад г1еххьа воьхнера. Зуда ялон баханарш иза йоцуш бахкарна кхоьруш, дог детталора к1ентан х1инццалц. Ткъа х1инца, ялийнарг мила, муха ю ца хууш, кхин а сов деттадала доладеллера иза.
Йиъна а, мелла а бевллачул т1аьхьа, 1ушна набарш т1е г1оьртира. Амма Халадан наб яйнера. Цуьнан са б1ов чохь доллура.
Накъостий цхьацца шайн тоьланашна чу д1а а нисбина, нускал долчу сихвелира Халад.
Нускал т1ехьа а дирзина, эхь хеташ лаьттара. Товхахь къагийначу ц1аро лепайора цуьнан можачу дарин кочччий, к1айн шифонан йовлаккхий.
Йовхарш а тоьхна, нускална улло г1оьртира Халад:
— Хьо ян мукъа мичара, мила ю? Х1ун ю хьан ц1е?
         Нускал т1ехьа дирзинчуьра схьа ца доьрзура.
— Эхь ма хетахьа, х1ей, схьаерзахьа, хьайн юьхь мукъа гайтахьа... Хьенан ю хьо? Мича юьтрара?
- Нускал дист ца хуьлура.
- Эхь хета хьуна? Ма хетта эхь. Со-м хьан майра ву бохург вай. Вайшиъ хьаха ду бертахь, мерза хан яккха дезаш. Алахьа, муха ю хьан ц1е?
- Нускал юха а дист ца хуьлура, меттаха а ца хьовпа.
- Мот кхобуш-м яц хьо соьга? Майраче кхобуш ма ца хуьлу мот, 1овдал, цуьнан гергарчаьрга а накъосташка а кхобуш хуьлу. Иза а ца хеа хьуна? Хьо мичахь карайна кхарна кара мукъа? – оьг1азвоьда сурт х1оттайра Халада. Нускал юха а меттаха ца хьовра.
- Вуй, х1ара-м лаа а ма дац. Ас дуьйцург ца хеза хьуна? Къора-м яц хьо? Тамбара цара суна х1уьттаренна къора нускал далайна хила… - х1е – е – е, хьоьга лоьй со-м.
Нускал меттах а ца долура, цуьнан багах цхьа дош а ца долура. Кхин садетта к1ордийначу Халада нускал т1ехьашха меллаша мара доьллира. Хьожа бохура цуьнан к1айчу йовлакхах. Г1одаюьккъе,  гай т1ехула куьгаш шершадора.
- Шек а ма яла хьо, хазаниг, вайшиъ-м бертахь 1ийр ду хьуна. Эхь ма хетта. Хьо ирча елахь а, къора елахь а, муха елахь та мегакха сунна. Кхи сан са ма даахьа. Яло, маьнганна улло добду вайшиъ – д1атакхайра, г1одаюьккъера а лаьцна, Халада шен нускал. – Кхера ма кхера. Цу балхах-м цхьа а ца елла хьуна. Хьо а лийр яц. Бертахь, эсала г1уллакх дийр ду вайшимма.
Нускал юха г1ертара. Халад х1инца кхоччуш оьг1азвоьдуш лаьттара. Куча бухахула  куьг хьала а дахайтина, йоь1ан самалда дагахь, менганах д1ата1айра Халада нускал. Нускало юхаластайначу коган гола кхетта, чоже лазар хьаьдира к1ентан.
— Вуй! Ахь х1ун до? Хьо-м лаа а ма яц. Хьо ц1ингаш бетта ялийна-м ца моьтту хьуна? — воьхна хьаьвзира, чож лазийна Халад. — Цунах хьаха хир дац г1уллакх! Со накъосташна хьалха юьхь1аьржа х1отто-м ца г1ерта хьо? — доггаха т1евирзира жимастаг.
Нускал дуьхьал летара. Х1уъа дича а ца къарлора.
— Вуй! Хьох ма де Дала хайра! — хьацарша а вуьзна, воллура цкъа а цу тайпачу меттехь зударшка х1ун дийца деза ца хуу Ха¬лад. — Хьо мичара карийна кхарна кара мукъане а? Хьо соьх лета аьлла ялайна кхара? Хьо яла мукъа мичара яьлла кхарна?
Кхоччуш оьг1азвахана Халад нускална т1ера  дарен коч эт1он вуьйлира.
— Вуй! Дакъаза маяларг, хьо-м мах а бина, сан зуда яй, хьо
стенна дуьхьалъяьлла? Хьуо мича юьгу ца хаьара хьуна? — хьуьхь воьллера иза.
Мацца а, корех чу серло къежа йолаелча кхийтира летта г1елвелла Халад шена далийна нускал... эвлайистера Ханмирза хиларх. Иза хиллера накъосташа датон сахьттий, уьстаг1ий лур ду а аьлла, барт а бина валийна.
Цу буьйсанна, шайна набарш кхетта моттийтинехь а, цхьа а вижина ца хиллера царех. Уьш берриге а хьовсуш, ладуьйг1уш хиллера Халада «нускалца» дуьххьара буьйса муха йоккху...
Къежара х1инца Халад, и дагадеъча, корта ластабора, х1етахь ша юьхь1аьржа х1оттава г1ертар карладолий.
Шоллаг1чу сарахь ша араваьлла, далийра Халада шена нускал. Бакъдерг аьлча, хан яьлла-а жеро-м яра иза Халаде хьаьжча. Дахар а, безам а ца хилира цунах. Халадан жа т1аьхьа ваьлла лелар а ца дезара нускална. И шиъ д1асакъаьстира. Цул т1аьхьа, наггахь а юьрта ца вог1уш, гуттара а жа т1ехь д1асецира Халад. Шен раг1 т1екхаьчча а, шен метта цхьа кхин накъост юьрта охьа воуьйтура. Жаца ша цхьаъ вуьсуш меттигаш а дукха йог1ура.
Иза дара аьхке гуьйренгахьа лестинчу хенахь. Цу т1ейог1учу, муьстачу сарахь Халад ша висинера жаца. Сингаттаме уг1ура ж1аьлеш. Арахь латийна ц1е а дерзано д1аяйинера.
Буьйсанна юккъехь ондда ж1аьлеш летира. «Экха хила мега»— дагадеанчу Халада, араваьлла, цкъа-шозза топ кхоьссира. Ж1аьлеш летачуьра ца совцура. Цхьана    хорша д1а а тебна, ладуьйг1ира Халада.
Лахара хьала говрахь цхьа стаг велира. Сихвелла, къехкош, жа юккъера уьстаг1ий д1адига г1оьртира иза. Халад нисса цунна т1ехьа хоршара хьалаайвелира. Лаг оьзна, пхоьазза йолучу тоьпан цхьа даьндарг къонахчун лерга уллохь ялийтира жа1уьно:
— Охьавосса говрара, хьайн ненах сте ярг! Везачу Делах дуй ма буу ас, х1ара йисина йиъ даьндарг хьан дег1ах ма йоьду, аьлла!
Къу кхин юха а ца хьожуш, говр д1аэккхийта вуьйлира. Хала¬да, лаг озийна, шоллаг1а даьндарг говран г1ог1ах туьйхира. Говр лазийна, 1отта а елла, охьакхийтира. Бере жа1унна дуьхьал верза дагахь хилира, шен юкъахара шаьлта а яьккхина.
Стигла екхна, беттаса гучудаьллера. Цуьнан серлонехь Халадна къаьстира шаьлтанан лепар.
— Батта чу йилла хьайн шаьлта, къонаха, герзаш цхьатайпа дац вайшингахь! — мохь туьйхира Халада. — Кхузара д1а г1ур вац хьо, кханалера де т1екхаччалц. Т1аккха энкеведахь а дуьйцур ду-кх вай!
— Халад, хьо вуй иза? — вистхилира къу.
— Со ву! Хьо мила ву? — т1ечевхира жа1у.
— Со... с-со ц-ца вевза хь-хь-хьуна? — хаьттира жа дига веанчо, толкха а лелхаш. Халада г1еххьа хан ялийтира, ойла еш, дуьхьал вист ца хуьлуш. Т1аккха хаьттира, цунна т1е ерзийна топ д1а а ца йоккхуш:
— Кулак винчу Нажмуддин к1ант Ачар вуй хьо?
— В-в-ву, ву! — жоп делира лаьцначо.
— Д1аволол цкъа хьуьлла б1ов чу. Цу чохь дуьйцур ду вайшиммо кхид1а.
Халад цецваьлла виссира Ачаран юьхь яйча. Иза худаелла д1аяьллера. Цхьа, б1аьргашший, марий, мажжий бен ца юьссуш. Хала¬дан дог 1аьвжира. оццул дакъазаваьллачу цуьнан хат1 гича. Т1еерзийна топ а охьаяхийтира.
— Шу дохийна Сибрех д1а ца дигнера? Хьо мичара ваьлла? — хаьттира Халада.
— Тх-х-хо Чу ст-т-танци олучу мет-т-техь дара. Цигахь дели сан да а, нана а, вок-к-кхаха в-волу в-ваша а. Со ц1авеа-кх, дийна виссарна, хьуна м-ма-гарра...
— Хьо муха веа? Ц1а ваийти хьо?
— Ц-ца в-ваийти. Ш-шина баттахь даьхки с-со а, сан в-в-вешин бераш а Чу ст-т-танцера. 
Халад кхийтира. Ачар лечкъаш лелаш вара, 1едало лацарна кхоьруш. Соне, дечкан маьнган т1е охьа хаийнера Халада ша лаьцна велийнарг. Ша не1арехь лаьттара. Юх-юха а цецвуьйлура иза верстана, горга юьхь-сибат а долуш, самукъанечу жимастагах хиллачух. Ачаран б1аьргаш чухула сих-сиха д1асакъерзара, дуьххьара х1усам гучу акхачу х1уманан санна. Халадна дагадеара: меца хир ву х1ара. Делахь а, юург хьахон хьалхе хийтира.
— Уьстаг1ий лачкъон х1унда веанера хьо? Уьш ахь лачкъийча, со чувуллур вуй ца хаьара хьуна?
— Лачкъон ца в-веанера, д1адига в-веанера... масех уьстаг1а мукъа. Уьш н-нисса ах тхан ден Нажмуддин хилар д-диц-м ца дел-ла хьуна? — къегира Ачаран ши б1аьрг.
— Хьан да кулак а вина, схьадаьхна ду уьстаг1ий. Х1инца уьш колхозан ду.
— Дера ду. Колхозан д-ду! Сан д-да а, нана а мацалла дели. В-ваша йиттина, чевнех в-ели. Аш тхан уьстаг1ий д-дуур ду! Тхан деца гамо хиллачу ховхийн тайпанан Муьслима харц п-п1елг а та1аб-байтина, х1аллакдайти тхо д-дерриш а. Муьслиме ч1ир н-нисъяйта ца х1от-т-тийнера иза 1едало юьртада. Х1инца т-тхо дерриг а х1аллак хили. С-со цхьаъ ву висинарг. Ц1а ма-кхеччи, девешин бераш юха а л-лийци. Цхьа ши з-зуда а, б-бераш а ю муьсталгаш йиъна гайнаш а йистина, акхачу к1о-таршкахула л-лелаш.
Ачаран дешнашкахь оьг1азалла а, мостаг1алла а ца хаалора Халадна. Хетарехь, уьш ерриге а худаелла, кхачаелла д1аевллера. Х1инца Халадна хьалха хиъна 1аш ерг цхьа ц1окий, даь1ахкашший яра, юккъера дилха д1а а даьлла. Жа1унна къахитира цунах.
— Ас юург йохьу хьуна.
Ачар ша хиъна 1ачуьра хьалаайвелира:
— Цулла а д-д1а вахийтахьа со сихха, цхьа ши-кхо уьстаг1а а л-ой. Зударий а, б-бераш а дукха ч-ч-ч1ог1а екха, аьхкано а ж-ж-жижиг а дааза!
— Д1авахийта йиш яц, — г1ийлла элира Халада. — Хьо 1ийр ма вац юха а уьстаг1ашна т1е ца г1ерташ.
    Уллорчу тоьлий чуьра схьаэцна, сискал а, нехча а делира Хала¬да цунна. Цхьа ах сискал яа а йиъна, важа ах а, нехча а чета диллира Ачара:
— Д1ав-в вахийтахьа со х1инца, 1едале д-д1а-м лур хир ма вацахь со ?!!
— Вохуьйтийла дац, накъостий схьа ца кхаьчча. Говр мукъане хьенан лачкъийнера ахь?
— Л-лачкъа ца йина, сайн г1уллакхе ялийна!
— Ялийнехь, 1ийр ву хьо, меттах а ца волуш, сан накъостий схьакхаччалц! — шена хьалхха ц1енкъа топ а х1оттош, не1арна уллорчу пенах букъ а тухуш, охьахиира Халад.
   Меллаша йоьдура хан.
— Ж1аьлеш. В-варраш. Боьха х1уманаш, лай — ц1еххьашха девне велира, корта а оллийна 1ан Ачар. Бодашлахь Халадна дика ца къаьстара цуьнан бГаьргех девлла хиш.
— Ахь х1ун юьйцу, х1а? Хьанна бохуш ду ахь иза? — хьалаиккхира Халад.
— Шуна м-массарна а боху, хьуна а цхьаьна! — дуьхьал вирзира Ачар.
— Х1ун хилла х1инца? — ца    кхетара жа1у   ц1еххьашха   меттах ваьллачух.
— Харцонца х1аллакди аш тхо! Хьанна новкъа в-вара м-мискалла куйнабисте н1аьний а дина, лелаш волу с-сан да а, деваша а?
Хьена хьакъ дууш л-лелийнера оха уьстаг1ий? Хьарам д-дара уьш тхуна? Мича б-бакъонца делла уьш шу мецигашка д1а, х1инццал шайна уь-уь-уьстаг1ий а, хьайбанаш а кхион карах а ца долуш лел-ла д-долчу? Дала хьарам д-дойла шуна уьш! Дала б-беркат ма дойла шуна царах!
         Халад оьг1азвахара
— Д1асацаел, къонаха и хьайн бат! Хьажахьа, цхьана маь1аргона д1а а хоьцур-кх ас хьо!.. Къур1анор, воьду хьуна хьо х1инца-м энкеведан кара!   Ловзур яц хьуна хьан лар кхин кху лаьмнашкахула. Кхин ца до хьуна ахь къолаш цхьанна а. Х1инца Сибрех водахь, кхин юха а ца вог1у хьуна хьо!
Ачар маьнган т1е а лахвелла, д1атийра. Халадна юха а къахета доладелира цуьнах.
Ачара оллийначуьра корта хьала ца ойбура. Халадна цунна наб озийча санна хетаделира. Цхьана хенахь, наб т1ег1оьртира Халадна а...
Мацца а ша кхетамчу веъча, боьхна, гонахьа хьийза накъостий гира Халадна. Иза меттахь 1уьллура. Корта лозуш бара. Цхьана х1уманца къевллина бихкина а бара иза.
— Стенга вахана Ачар? — маьнги т1ера хьалаэккха вуьйлира Халад.
— Мила Ачар? Хьан тоьхна хьуна коьртах шаьлта? — хеттарш дан буьйлира накъостий.
— Кулакаш бина бахийтинчу Нажмуддиг1еран к1ант... Ачар... веанера уьстаг1ий дига. Ас лаьцна латтош вара иза...

Сихха йирзира жимачу стагана йина чов. Халад юха а шен жа т1е д1авахара. Ачар 1едална кара вахаза, цхьанхьа-м ша санна болчу бевдда лелачу нахаца ву олий хезара Халадна. Вуьшта, шена динарг декха, ша цунна т1аьхьаваьлла лелча а атта иза лацалур воций хаьара.
Дуккха а яра, цу чолхечу шерашкахь лаьмнашца лелаш Ачар санна берш вовшахкхетта, тобанаш. Цхьаццаммо царех обаргаш алахь а, амма, 1едало бандиташ олура.
Ломахь яра колхозан узуш долчу хьелийн цхьа ферма. Цу шарахь, аьхка, дуьххьара лома хьелийозархочун болх бан еанера Эсила ц1е йолу хаза, оза йо1. Накъосташна юкъахь ц1еяххана яра Эсила, школехь дика дешна ю бохуш. Х1етахь халла бен зудабер дохуьйтуш дацара школе. Соьлжаг1ала хьехархойн училище деша яха а г1оьртина, дас-нанас цига ца йохуьйтуш, хьажийна яра иза лома дохнаца балха а.
Халадна доггах, цкъа а ца гинчу, ца моьттинчу ц1еначу безамца езаелира и тийна йо1. Ломаца гена некъ бой кхочура сарахь иза гархьама. Юьхьанца къехкара Эсила Халадах. Иза иттех шо воккха ма вара цул. Эххар а тийшира йо1 оьздачу, нийсархоша лоруш волчу к1антах. Реза хилира Эсила Халаде яха. Уьш дара Халадан дахарехь уггаре а сирла, ирсен шераш.
1941-г1а шо т1екхочущ ши бер дара Халаданний, Эсилийнний: кхо шо кхаьчна йо1 Яхийта а, диъ шо кхаьчна Майрбек а.

 **
1941 шо т1едеара.
Цхьана юьртара цхьана дийнахь кхузткъей кхоъ къонаха вигира т1ам т1е. Царна юкъахь Халад а вара.
 Кавказан дошлойн дивизе кхечира Халад а, дукхахболу накъостий а. Шозза чов хилира Ха¬ладна. Т1аьххьара а хиллачу чевно иза сацийра    Львов г1алахь, госпиталехь.
Халадна шерра дагадог1у и де. Каштан олучу диттан 1индаг1ехь динчу г1анта т1ехь 1ара Халад. 1аса а луьйзуш, т1евеара Вла¬димир ц1е йолу уллорчу палатий чуьра салти.
— Харитон, хьуо Кавказера нохчо ву элирий ахь хьастах?
— Элира.
— Шаьш кхалхийна, юккъерчу Азе д1адигний хаьий хьуна?
— Муьлуш «шаьш»? Муха д1адигна? – ца кхийтира Халад.
— Шун дерриге къам а. Ямартхой хилла боху шу. Гитлерна дохкаделла хилла боху шун дерриге а къам а.
— И х1ун ду ахь дуьйцург? Иштта йо моьтту хьуна забар?
— Забарш ян дог дог1уш вац со-м хьоьга. Хаттал кхечаьрга а. Массо а т1еман дакъошкара а д1абохуш бу боху нохчий а, г1алг1ай а, балкарцаш а, кхин а цхьацца берш. Тешам    бац-кх шух, схьадийцарехь.
Халадна дукха шера дуьхьал х1уьтту х1инца а цу салтичун юьхь-сибат, дагадог1у махоркано г1арг1адолийна цуьнан аз. Шерра дагадог1у, цо еш ерг забар хиларх ша тешна хилар.
Масала, цхьа ах шо хьалха кехат кхаьчнера ц1ера. Халадна деша ца хаьий а, ткъа нохчийн маттахь яздина иза дешийта стаг лаха хала хир дуй а хууш болчу ц1ерачара и кехат оьрсийн мат¬тахь яздинера.
«Хьоме муженек» — «дийшира» накъосташа и кехат, — хьо цу т1ам т1ехь г1еххьа хьевелча санна хета суна. Ц1авеанчул т1аьхьа хуучул, х1инццехьа хиъча дика хир ду хьуна цхьа х1ума. Масех бутт хьалха т1ам т1ера вайн эвла вухавеанера цхьа тракторист. Танка чохь д1акхетта корта жимма галбаьлла ву иза, делахь а кхийолу х1уманаш ерриге а меттахь ю цуьнан. Вайн кхо бер а ду цунах «дядя» бохуш т1аьхьа а даьлла лелаш. Ц1ен т1ехь боьрша стаг оьшу. Оха иза тхайца 1ен схьавалийна. Ахь хьуо лелачохь хьайна цхьа г1айг1а бахь а, тхо дуьхьал хир дац хьуна...»
Моха хьаьддачу Халада, катоьхна схьадаьккхира салтичуьнгара кехат. Ладоьг1уш 1ен накъостий буьйлуш г1адъоьхура. Х1етахь ч1ог1а хьовзавелла, юьхь1аьржа х1оьттира Халад. Х1инца а шега дуьйцург цхьа ишттаниг ду моьттура. Ч1ог1а ца товра кхунна и «забар». Делахь а, девне ца волура.
        Салтичо, газетан цуьрг яьккхина, цу юккъе махорка а йоьхкина, йист туйнашца т1е а латош, цигаьрка йира. Лата и йина, иза бага йиллира.
 - Да-а-а, доттаг1а, къиза х1ума ю т1ом. Хийла бехкбоцу бераш
а, зударий а, къанбелла нах а юкъаийзабо цо. Шун къам а юьстаха
ца диси.
Халад кхоччуш цецвелира Владимира иштта дийца долийча. Лаьмнашкахула буьйлабелла лелаш хилла Ачар санна болу пекъарш а, царна г1о динарш а схьа а лецна, цхьанхьа Сибрех д1абигна хир бу моттаделира цунна. Амма ойланехь аьттехьа а дацара, дерриге а къам а дохийна хир ду, царна юкъахь шен Эсила а, бераш а хир ду бохург...
— Вели хьуна хьо а, доттаг1а, т1ом бина. Госпиталера ара ма велли, д1авохуьйтур ву хьо а шайн къомана т1аьххье. Юха хьайн эскаран декъе кхочур вац хьо.
Халад, салтичунна уллора хьала а г1аьттина, д1авахара. Амма и тайпа «кхаьънаш» дуккхаммо а дохура. Халадан ч1ог1а ц1а сагатделира. Вуьшта, цхьана эпсарца динчу къамело кхоччуш тешийра, «ц1а» бохург х1инца д1адаьллий...
«Ванах, чевнаш йирзина евлча, со а цхьанхьа тыле д1ахьажон мегара кхара, нохчо ву аьлла, фронтера д1а а ваьккхина», — дагадеара Халадна. Цу эпсаре йийцира цо шен даг чуьра шеко. Мухха делахь а, лелон дарбанаш чекх а девлла, г1олий хилча, Халадан, шен эскаран декъе д1аваха таро хилира. Иза дара 1944-чу шеран аьхка.
Польша мукъайоккхуш яра Халад а, цуьнан накъостий-т1емалой а юкъахь болу полк. Цхьана дийнахь Халаде Эсилийгара кехат кхечира. Иза дара Казахстанера, Павлодарски областера схьатесна.
«Тхо т1амна к1елхьара дохуш, эвакуировать дина, схьадалийна кхуза, Иртыш хи улле, — яздора Эсилас. — Тхо 1аламат дика т1е а ийци кхузахь. Даа а, мала а шортта ду. Чохь 1ен ц1енош а ду. Майрбек а, Яхийта а,  дика 1аш ду. Хьоьга мар¬шалла ло боху. Сихха толам а баккхий, ц1авола а боху. Тхуна са ма гатде. Тхо 1аламат дика 1аш ду. Т1ом чекхбалале юха Кавказе д1адига а мега тхо. Т1аккха, кестта ц1ахь вовшах кхетар ду вай...»
Иттех салтичуьнга дешийтира Халада и кехат, шега-шега, къай-лах доьшуьйтуш. Цо ч1ог1а сапарг1ат даьккхинера. Масане хезара кхузахь цхьаццаммо юьйцу хабарш: берриге а нохчий Каспиский х1урда т1ех бохуш, хи чу баханий, мацалла беллий...
Юьхьанца шен сих дог а диллина леттехь а, х1инца, фашисташ х1аллакбаран де улло мел г1оьрти, доьзална алсам сагатлора Ха¬ладан. Дагара ца йолура Эсила, цуьнан бакхий,  сийна б1аьргаш, к1еда амал, ховха меженаш.
     Хаза д1анислуш лаьтташ яра цу шиннан х1усам т1ом болабалале. Керла тхов тиллина, чу у а тоьхна, тодинера ц1енош. Ши етт а, эсий а, иттех уьстаг1а а бара. Колхозо хьаьжк1ийн ялта а лора тоъал.
     Самукъане йоккхура хан аьхка ломахь а, 1ай эвлахь а. Амма иза дерриге а т1амо дохийна, даржийна д1адаьккхира. Вуьшта, Халад доггах тешна вара, т1ом чекх ма беллинехь, шайн дерриге а хьалхачул а дика д1анислург хиларх. Эсила а ша х1инца ц1акхаьчча ларъеш, хьоьстуш, шен йо1 йолуш санна лелор ю аьлла хетара. Наггахь ша-шех эхь а хетара Халадна ша зудчунна а, берашна а оццул ч1ог1а сагатдар. Амма дог ца 1ара..
Гуттара а ойланашкахь дуьхьаллаьттара Халадна ша ц1а кхочу волу де: басаяьллачу кучан некха т1ехь орден а, шиъ мидал а йолуш керта вер ву Халад. Йоьхна, хазахетта, б1аьргех дуьйлучу хих эхь а хеташ, д1асахьийзар ю Эсила. Берашна вевзар а хир вац. Вовза а мега. Дедда деана, марахьарча мега Майрабеккий, Яхитий.   Керта хьовдур бу лулахой, гергарнаш. Х1уъа яьхьна а, цхьаъ яхьа еза царна совг1атна...
Т1ом чекх бала герга ма бахханехь, юхабалор бу вайн доьзалш Кавказе. Буьтур бац Казахстанехь а, Киргизехь а, — дуккхангара а салташкара-нохчашкара хезнера Халадна. Иза ша а тешнера цуьнах. Эсилийн кехат хьедаларехь а моьттура цунна: юха шайн ц1а д1абуьгуш, лара ца еш, йисина.
Т1ом чекхбаьлла, толам базбечу деношкахь д1аевллера коьртара ерриге а г1айг1ане ойланаш: «Х1инца-х дай дерриге а дика хир! Х1инца-х яй дуьненчу ялсамане х1уттур! Х1инца-м х1ун оьшура кхечу х1уманийн г1айг1анаш ян?!!»
**
Ши-кхо к1ира хан яра Халад шен накъосташца цхьаьна Бер¬лин г1алара ц1ехьа г1ерта. Ростов г1алахь Нохч-Г1алг1айчоьнан аг1ор йоьдучу поезда чу хиира Халад. Цхьаццаммо даг т1е шеконаш туьйсура: карор-техь хьуна Кавказехь  цхьа а вевзарг?
Сахила ши-кхо сахьт долуш кхечира поезд Грозный г1ала. Ха¬ладна дагахь лаьттара т1ом хилале хьалхарчу шерашкахь г1ала базара йог1ий шайн ярташкара ворданаш хуьлуш хилар. Цундела, бода д1а а къахкале, меллаша базар х1уттучу майданна уллохьа вахара салти.
Хьалха санна ворданашца буьйсанаш йохуш нах бацара базарна уллохь, бовха аьхкенанюккъера бутт лаьтташехь. «Серлаялахь-х кхетар вай вевз-везарг» — ойла йора Халада.
Амма малх гучу къеддачул т1аьхьа Халад базар х1уттучу уллохула дукха ца лелийтира. Т1евеара кочахь автоматаш а йолуш, патрулехь лела кхо салти.
      Схьагайтал, накъост, хьайн документаш! Нохчо вуй хьо?
— Ву.
— Схьавоьл тхоьца.
Халадна шерра дагадог1у х1тахь ша цу салташа вигна хиллачу ц1ийнан номер: Ленинан урам, 81.
Некъаца д1а мел доьлху а, Халадца кхин къамел ца дира пат¬рулехь болчара. Д1акхаьчча, бухахь ткъех нохчо а, г1алг1а а карийра Халадна, ша санна т1ам т1ера ц1абаьхкича, схьалецна. Царна юкъахь цхьа нохчо подполковник а, ши-кхо майор а, кхин а масех эпсар а вара.
— Цкъа кху чуьра аравалар нислахьара, ас дуьйцург дош дац шуна, со хьаьккхина Москва, Сталинна т1е ца г1ахь! — марсавуьйлура подполковник.
— Вахча, дера вац хьо цара Сталинна аьттехьа а вуьтур, — бохура цуьнга накъосташа.
— Вуьтур ву! Ца витахь а, вайна т1ехь йина харцо юьйцуш кехат-х лур дай ас цу Кремль чу!

  Шоллаг1чу дийнахь цу ц1а чуьра совцийна нах берриш а Бароновски т1ай олучу меттигна т1ехьа, цхьана эскаран декъе бигира. Цу декъехь кертахула д1асалела таро яра, кертал арахьа вала йиш яцара.
  Цхьана сарахь Халад улло вахара кебертехь г1аролехь лаьттачу салтичунна.
— Доттаг1а, хьо со санна салти ма ву. Вуй?
— Ву.
— Ас а ма бина т1ом ахь санна, Берлине д1акхаччалц. Биний?
— Бина хир бу-кх.
— Хьуна х1инца хьайн ц1а кхача ца лаьа?
— Муха ца лаьа...
— Суна а мел ч1ог1а лаьа ца хаьа хьуна? Сан ц1а-м х1инца уллохь дай, д1огахь гуш долчу лаьмнашна юккъехь. Цхьана дий¬нахь бан бен некъ ма ца бисина сан ц1а кхача. Деа шарахь ма г1иртина со оцу ц1а могуш-маьрша юхаверза. Х1унда сецаво ахь со? Д1авахийтахьа со. Ас дош ло-кх хьуна, б1аьрг а тоьхна, суо юхавог1ур ву аьлла... вахийтахьа со!
— Йиш яц. Ас муха вохуьйтур ву хьо? Сан-м жоп дала дезий хьох! — юхаг1ертара г1аролехь лаьттарг.
Юх-юха а доьхура Халада. Д1а ца вохуьйтуш, ша мел сецаво а алсам моьттура, шега шен юьртахь ц1а варе сатуьйсуш, хьуьйсуш хир бу.
— Дика ду делахь, — реза хилира хе х1оттийна салти, — бода
ма-боьллинехь, д1огарчу кертал т1ех а эккхий, д1аг1охьа. Вуьшта,
хьуо схьалацахь, ас д1авахийтинера ма аьллахь!
Цу буьйсанна д1аихча, сатоссуш  лома улло кхечира Халад. Серлаяьлча т1айна т1ех вала а ца х1оьттина, хи чухула а ваьлла, таь1на йолйолчухула, лечкъаш, лаьмнаш долчу аг1онгахьа хьалахьаьдира.
Д1але1ний, ле1азий, дог1анаша пенаш т1ера поппарш охьа а даьхна лаьттара цхьацца ирзешкара к1отарш. Алссам латийначу стоьмаша гаьннаш охьа а ийзийна лаьттара 1ежийн а, кхорийн а, хьечийн а дитташ. Некъаш лаьттина меттигаш а, г1ишлойн гонаш а бацо д1ахьулъеш лаьттара.
Деса дара даккъашкахь а, 1аннашкахь а. Гена хьала мел г1оьрти дог, карзахдуьйлуш, кийрара схьаэккха г1ертара.
Мацца а Халад шайн юьртана уллохь охьадог1учу хин тог1ий чу кхечира. Х1инца д1акхача шина-кхаа сохьтехь бен некъ бан ца дезара.
Малх даккъашна т1ехьа а баьлла, тог1ий чу бода кхаьчнера Халадна шен юрт дуьхьал х1уттуш. Шен болар кхин лаг1 ца деш, к1адвалар ца хаалуш, дуьхьал беттало цабевза нах ца тергалбеш, воьддушехь ша ваьхначу керта иккхира Халад.
Учахь куьйр техкош, когаш д1а а хецна, хиъна 1ара цхьа доккха 1аьржа корталий тиллина зуда. «Здравствуйте!», — аьлла, зудчуьнга оьрсийн маттахь маршалла а хаьттина, цунна уллохула а ваьлла, ц1а чу хьажа дагахь хилира Халад. Цу минотехь чуьра дуьхьал аравелира цхьа йоккха маж йолу къена стаг. Цецваьлла, воьхна хьоьжура воккха стаг Халаде.
— Это мой дом! Я хочу посмотреть туда! — элира Халада маца а воккхачу стаге. Вукхо, воьхна, куьйр техкош хиллачу зудче шайн маттахь цхьаъ элира. Зудчуьнга шийла мохь белира. Воккхастаг т1ечийхара цунна, хетарехь, мохь ма хьекха, бохуш. Важа-м саца дагахь яцара. Йоккха юкъ ялале кертахь ткъех стаг гулвелира. Цхьаболчийн карахь шаданаш, дагарш дара.
Керта хьаьлхинчу нахана юкъара цхьаъ нохчийн маттахь вистхилира Халаде.
— Хьо нохчо буй?
— Ву.
— Бац кхузахь шун нохчой. Д1абигна берриге а. Хьо а д1а г1о царна т1аьххье. Казахстане!
Шаданаш а, дагарш а айдина баьхкинчех, шена чохь са мел ду, цкъа доггах лата дагадеара Халадна. Т1аккха а са туьйхира, ойла а йина: «Кхеран х1ун бехк бу. Цхьанхьара балийна бу-кх х1орш а. Вуьшта, со шайх кхералур ву аьлла, дагахь-м дац техьа кхарна?»
      Улло веана, воккхачу стага Халадан куьг    лецира.    Цо цхьаъ эира.
— Х1ун боху кхо? — хаьттира Халада нохчийн мотт хууш волчуьнга.
— Чувола боху цо. Яа х1ума лур ю ша боху.
Оцу дешнаша дог к1аддира салтичун. Легашка хорам хьаьдира.
— Баркалла ала. Со меца вац ала.
Воккхачу стага, шен б1аьргех даьлла хи д1а а хьоькхуш, юха а цхьаъ дуьйцура.
— Х1инца х1ун боху цо?
— Т1ам т1ехь ши к1ант вийна цуьнан. Белларш юха бог1ур бац боху. Дийнанаш, бохийна, мичча бигнехь а, юха шайн ц1а боьрзур бу боху. Хьоьга вохе ма хьийза боху.
— Белларш-м шаьш ларбийриг шайн дайн кхерч буй а хууш, парг1атбеллера. Дийна болчара х1ун дан деза, и кхерч а боцуш бисинчу?!!
Нохчийн мотт хуучо д1аэлира воккхачу стаге и дешнаш. Вукхунна ша дуьхьал х1ун эр ду ца хаьара. Мацца а цо элира:
— Тхойшинца 1ехьа хьо а, хьайна лаахь. Тхойшинна-м новкъа вац хьо. Тхойшиъ мел деха а ца хаьа кху дуьненчохь.
— Х1ан-х1а. Цунах г1уллакх хир дац. 1едало лоцур ву. Д1аваха веза шен нахана т1е, уьш мичхьа бу а хьаьжна, — маьхьарий деттара гонаха болчара. Цара дуьйцург дерриге а гочдира Халадна нохчийн мотт хууш волчо.
Бода булуш лаьттара. Массо а цецваьлла хьоьжура Халаде, х1инца х1ун до техь кхо, бохуш. Кхин цхьаммо а ца олура «чувола, буьйса яккха, 1уьйранна ойла ер вай дан дезачун». Адамийн б1аьргаш чохь Халадна ца гора къинхетам, г1айг1а. Амма цецбовлар а, кхерам а хаалора.
Халад, меллаша кел арахьа ваьлла, ша схьавеъанчу тог1ии чу боьдучу новкъа велира. Даккъашкахь 1охкучех д1атесначу цхьана к1отарахь буьйса яккха сацам бира цо.

     Юучаца г1уллакх де-дийне мел дели г1еллуш лаьттара ор чохь волчу шинна. Хе х1оттайначу Солтабека шеггара цхьаццанхьара схьакхоьхьуш стоьмаш а, нерс-помидор а, бепиг а ца хилча-м х1ара шиъ, хетарехь, мацалла валарх а шекбевр болуш бацара кху уран дай. Церан 1алашонах лаьцна Солтабекана хууш х1умма а дацара.
     Селхана бут кхечира Ибрах1им кху чохь волу. Ши йийсархо  дог1маш бехделла, хьацарш дуьйлуш, хала 1ара. Ламаз эццал бех хи а ца лора. Хетарехь, иза геннара кхехьа дезаш хуьлура. Органан тата генахь хезара.
     Расул ша ца лоьхуш 1ийр воций хеара Ибрах1имна. Амма х1инца цунна а алсам сагатдора, цуьнах х1у хилла, дийна ву-вац, я ша санна цхьанхьа лаца а лаьцна, латтош-м вац техьа, бохуш. Лайсех а къа хетара.Амма дан х1ума дацара, Делера дикане са а туьйсуш, садеттарре бен.
     Хьасанан ц1еранаш а халчахь хир буй хеара Ибрах1имна.
     Жима кхаьршинан синошна г1оле еш дерш – къамелаш дара. Дуьйцург кхача а дой, вист ца хуьлуш масийтта сахьт далайтахь а, юха а дийца х1уманаш карадора цаьршинна.
     - Ибрах1им, вай кху Нохчийчохь лелош дерг бусалба дин ду аьлла хетай хьуна? – хаьттира Хьасана шаьшшиъ делкъаламазаш дина ваьлча.
     - Х1унда боху ахь? – цакхеташ хаьттира Ибрах1има.
     - Муьлхху а цхьа политик, куьйгалхо гучувалахь, ц1убдарш санна цуьнах летакха вайн динан дай бу боху и матросаш.
     - «Матросаш»?И бохург х1у ду? – цакхеташ хаьттира Ибрах1има.
     - Иштта, ца вешаш ц1е тилланакха царна Дудаевс. Хьаьжиц1а дахана шаьш, олай, куйнех лентанаш а доьхке д1абийлалокха уьш, матросаш санна.
     - Дин ц1ена латто дезара, цуьнах цхьане политикана а байракх а ца еш, - шеко йоццуш элира Ибрах1има. – Дин ловзо даьккхича эвхьаза долу адам. Сийлахь веза Аллах1-Дела цхьаъ ву, бусалбан дин а цхьаъ хила дезара, сунниташ, шииташ, ваххабиташ, суфеш бохуш декъа а ца доькъуш. Вайн кху чохь дерг-м данне а нийса дац, вирдашка бекъа а белла, шай-шай бен бакъ вац, бохуш, къийссабалар.
     - Иза ду ваххабиташа бохург а, - элира Хьасана. – церан девне бийлар, кара герз эцар нийса  дац. Иза цаьрга леладойтуш берш политикаш бу, вай декъа а декъна, вовшен кочадахайта г1ерташ болу.
     - Кхета хала а ма дацара иза-м, - доккхаса даьккира Ибрах1има.
     - Дацара, цакхетарг а луш ахчанаш дацахьара-м.
     - Цуьнан ойла-м аса а йина, - т1етуьйхира Ибрах1има. – шаьш мел лелхайтуш, т1амца х1аллакъечу х1уманийн кинош а йохуш, отчеташ йо боху цу ваххабиташа. Кинош х1унда йоху Делан дуьхьа арабевллачу наха, цхьамму шайна лучу ахчанашна отчеташ янний бен? И цаьрга отчеташ йоьхурш а бусалбанаш буй ткъа?
     - Цуьнан ойланаш к1езиг наха йо, - велар иккхира Хьасанехь. – Ахчано б1арздо адамаш. Ахчанах кхочушъеш проект ма ю х1ара, «т1ом» - аьлла ц1е лелаяхь а.
     - Дера, т1емаш а тайп-тайпана ма хуьлу, - реза хилира Ибрах1им. – Х1ара вайниг-м д1аболабелчахьанна а бу Йилбазан т1ом. Бахлур бу х1ара, сунна хетарехь.
     - Бахлур бу. Г1еллуш, марсаболуш, баь1а шаренга а г1ур бу. Д1акерчаш, схьакерчаш, йоллучу а Къилбаседа Кавказехула д1асалелар бу. Х1унда аьлча, шайн дай бу кху т1еман шортта, дахьа меттиг а йоцуш, ахчанаш а долуш. Ткъа нахана баха ахча оьшу, – дуьйцура Хьасана, - я заводашкахь, фабрикашкахь хьанала даьккхинарг, я Йилбазан гура чохь дерг. Кегийнах Йилбазан гура чу г1ертайта Россин лаг лаьцначу Йилбазо кху чохь заводаш а, фабрикаш а йохкур яц, хабарш мел говза дийцахь а. Царна вай дайа, жимда, вайна асарш дан, вай кхачо ма леа, идеологически лозунгаш муьлхха хилча а.
     - Ма атта дара Москвана и вай дайа, т1амна схьахоьцу ахча экономикайна а хьажайна, кху чохь нах д1анисбича. И ца олутехь цаьрга кху вайн хьаькамаш бу бохуш, Кремла чу лелачара?
     - Кремла чу лелачара цаьрга шайгара царна хаза луъург олукха. И дукха церан 1илма – массерал а сиха к1елбийша ларо хьажар, кхинаш хьалхабовлале.- Велар иккхира Хьасане. – Ца го хьуна, шай-шай бен вац нохчаша къобалвеш, бохуш, церан къийссабалар? Амма шаьш бахьанехь адамаш х1аллакхилча цхьа а холчах1оьттина хьаьзаний? Шайна т1ехь бехк хетий цхьанна а? Мелххо а Москва а воьдай, даржаш деха х1уттукха массо а, хьаькамалла д1адаьлча дерриге а шайн тайпа-тукхам дакъазадолуш санна.
     - Иза-м нийса ду, - реза хилира Ибрах1им. – Немцойн инарлаш шайгара ледарло яьлча, я шаьш динчу куьйгаллех нахана бала хилча шаьш шайна а тухай, леш хилла. Вайн политикаш Москвага кхи а лакхара дамржаш деха боьлху, цуьрриг а къомо шайна эрдолчух баша а ца бешаш.
     - Иза-м вайн вешан бехк  бара, - элира Хьасана. – Вайн къомана бен а вац, стаг хьал, тарой йолуш хилчахьанна, цунна мотт хьекха х1уьтту вай, иза политически преступник, я чиновник – уголовник велахь а.
     - Цундела ма аьлла имам Шемала Нохчийн тоьлларг т1е воккхуш гу а бац, эшнарг чукхуссуш ор а дац, - т1етуьйхира Ибрах1има. – Амма иза иштта мел ду, вайх къам-ма хир дац. Вовшен синош а, пехаш а дууш 1ийр дукха, къаьсттана,  х1ора замано ха мел  хорцу.

Баьпган юьхиг делкъахь кхачийна, масех 1аж а биъна, д1атесначу к1отарарчу ц1енойн тхов т1ехь, матарйоьллачу ала т1е чоа а тесна, аркъал ваьлла, ойланаш еш 1ара Халад. Наггахь уьшал чохь меттахйовлу пхьидаш бен, х1оьттина тийналла йохош х1умма а дацара. Рейка кагъелла, ши-кхо кибарчиг чу а йоьжна, гучуяьллачу стиглара чу къерзара сирла седарчий.
«Ванах, х1ара дуьне-м ша хьалха дерриг ма ду! Адамаша мел динарг а лан а ловш, х1умма а ца хилча санна, шек а доцуш, лаьтта-кх х1ара. Цхьа харцо-м д1анисйира ахь, Дела, немцой боха а бина. Х1инца х1ара харцо муха нисъя дагахь ву-техь хьо?
      Г1алахь юха гучу валахь, чувуллур ву, ведда, дезертир ву аьлла. Салтичун хорма а т1ехь гучу вала-м маггане а мегар дац. Кхин тиша хорма а лехна, х1уъа дина а Казастанан аг1орхьа д1аваха веза. Цигахь каро декхар ду гергарнаш а, доьзал а. Каро декхар ду! Берриге а нохчий а ма бу цигахь! 
Шай-кай-м яц соьгахь. Ахча оьшура, генна д1авоьдуш хилча. Мичара дер дара техь Казахстане д1акхаччал мукъане а и ахча?»
Буьйсанна, наб кхетале йина хилла ойланаш кхин а ч1ог1а язъелла, таро йохийна, хьаьвзира Халадан коьрте шоллаг1чу 1уьйранна. Дан х1ума дацара. Ахча дацара. Вевзаш, къахета цхьа а стаг вацара. Гучуваьлча, 1едало лоцур вара.
Малх делкъанга мел г1оьрти а, мацалла алсам хаалора. Шен салтийн т1оьрмаг а эцна, хьаьжк1ийн аренна улло г1оьртира Халад.
Хьаьжк1ийн кенаш дуьзна даьлла дацара. Наггахь ерг бен яттал хилларг а ца нислора. Х1етте а, ца 1ебаш, кара еъ-еанарг т1оьрмагна чу те1айора цо.
 К1отара вухавеана, сихха ц1е а латийна, хьаьжк1аш ятта вуьйлира иза. Дукха ч1ог1а мерза хетара церан чам. Ойла а г1еххьа екхаелира: «Х1инца-м, ца леш, мелла а хан яккха мегар ду кхузахь, д1аваха аьтту нисбаллалц!»
1индаг1ехь, д1атаь11инчохь, наб озийнера Халадна. Цхьана хенахь, уллохь терсаш говр хезна, самаиккхира иза. Евлла яккхий мажош а йолуш, оьг1азе б1аьргаш а къерзош, говраш т1ера чу хьоьжуш лаьттара цхьа ши къонаха. Цаьршиннах цхьамма, белш т1ера схьаяьккхина, пхоьазза йолу топ ерзийра Халадна т1е.
— Бусалба буй? Белахь до1а дешал! Бала боллу хьо х1инцца!
Халад хьалаиккхира.
— Бусалба ву! Хьох х1умма а кхоьруш а вац!  Х1ун оьшу шуна соьгара? 
Ши къонаха, цецваьлла, вовшашка хьаьжира.
— Вуй! Нохчо ву хьо?! Хьо мичара ваьлла? — мохь белира т1е
топ ерзийна хиллачуьнга.
Ший а говрашна т1ера охьаиккхира.
— Оссолом 1алайкум! — салам делира цаьршиммо.
— Ва1алайкум салам! — салам схьаийцира Халада. 
— Т1ам т1ера веана хьо?
— Веана.
     — Кху юьртара ву хьо?
— Вара-кх...
— И нийса боху ахь. Тхойшиъ а вара хьуна, со Шуьйтара, х1ара Мартант1ера. Х1инца д1адели х1ара. Х1инца вайн карахь х1ун ду — ваьш делла д1адовллалц латар, кху вешан махкаха д1а ца довлуш, далар! Вало тхойшинца. Цхьане йоккхур вай мела яккхахь а, зама!
       - Стенга доьлху вай? – ца кхетара Халад.
— Вешан накъосташна т1е.
         Халадна т1е топ ерзийна хилларг ханна жимо-о вара. Цо шен говр кховдийра Халаде. Халада говр схьа ца ийцира:
— Со-м г1аш а вог1ур ву. -0 Мелла а шеек вара Халад шина къонахчо лелочух. 
Генна некъ бира цара.
Суьйре юлуш д1акхечира цхьана хин хьеранна улло. Жимочу майдана т1ехь цхьана аг1ор, гулйина д1ах1иттийна тоьпаш а, автоматаш а яра. Царна уллохь, ха деш цхьа жимо к1ант лаьттара. Вукху ма11ехь летта йоккха ц1е яра. Ц1арна уллохь, схьатеттинчу к1егаш т1ехь доттучу жижиган хьожа етталора. Халадан цергех хиш девлира. Шеко алсамъюьйлура: мичара даьлла, х1унда леладо и герз? Х1ун нах бу х1орш, бан мукъане?
 Хеттарш дарх, цунах лаьцна шина накъоста х1умма а ца дийцинера, д1акхаьччахьанна дерриге а хуур ду хьуна, бохуш.
Пхеа стага го бира Халадна. Хеттарш дан буьйлира.
— Хьо мичара кхаьчча, накъост?
— Берлинера!
— Э-э! Хьо генара веана. Т1аккха, дикачу балхе вахана хиллий хьо?
Халадна хаьара, уьш ала г1ертарг х1ун ду. Делахь а, цара лелочух ша кхоччуш духе кхиъалц девне ца волура.
— Юха балор бай вайн д1абигнарш-м.  Гуттар а латтор ма бац уьш цигахь.
— Мича «цигахь»?!! — мохь белира цхьана лохачу къонахчун. Иза, ведда, Халадан мера к1ел иккхира. — Каспийски х1орд олуш хезний хьуна? Цу х1урда бухахь ду дерриге а вайн йиша-ваша! Буха бахийтина берриш а! Цхьаберш, йоьлхуш лаьтташехь вагонаш чохь чукхиссина, вуьйжаш х1урдакеманаш а лоьлхуьйтуш, буха эхийтина! Къематан де х1оттайна вайн къомана т1ехь! Иза ца хеа хьуна х1инца а? Бац нохчий! Цхьа а вац, вай пхи-ялх стаг бен! Кхин вовшашна гур дац вай кху харц дуьненахь. Эхартахь, бакъ дуьненахь вовшахкхетар ду вай!
Цецваьлла лаьттачу Халадан багах дош далале, лен велира цхьа зоьртала,  1аьржа китель т1еюьйхина къонаха. Хетарехь, иза кху тобанан тхьамда вара.
Х1ун ю, стаг, хьан ц1е?
— Халад ю.
— Мичара ву хьо?
— Меънийчуьра ву.
— Ладог1ал соьга. Вай х1инца цхьана куьйган п1елггел бен ца дисина. Оха дийрриг а деш, тхоьца 1ахь, вехар ву хьо, меллац вахахь а, къонаха а хилла. Леш лийр а ву хьо, къонаха санна. Тхох д1акъастахь я 1едало вуьйр ву, я суьйлаша вуьйр ву хьо, я мацалла лийр ву. Цхьахадерг къастаде. Хьуо тхоьца 1ан дагахь велахь, и хьайн белшаш т1ера погонаш а д1аяха, и хьалха кхозу мидалш а д1акхисса. Оха дийрриг дийр ду ахь, боьха а, ц1ена а ца къестош. Оха лоьхуш кхаьчна дац хьуна тхоьга а х1ара обаргалла. Цхьацца йолчу зудчух а турпал хуьлуш зама ю х1ара!
— Да-нана, йиша-ваша, доьзалш барий хьан, т1ам т1е вахале? — хаьттира т1ехьа лаьттачу цхьамма.
— Бара, — г1ийлла жоп делира Халада, цуьнан юьхьадуьхьал д1а а ца хьожуш.
— Уьш кхин гур бац хьуна. Церан синошна т1ера бекхам бу ахь бан безаш.
— Хьанна? — цхьа ша-шаха аладелира Халаде.
— 1едална! Салташна! Энкеведена! Суьйлашна! Ша массо а вайн халкъ х1аллакдинчарна! Вайн мохк шайн дола берзийначарна! – т1ечевхира иза.
— Х1ан, дитал. Ша а кхетар ву кхана 1уьйрре. Ламазаш дел. Юург а шелло вайн, — кхайкхийра т1ехь 1аьржа китель т1ехь йолчо.
Халадна хиира, ша хьанна юкъа кхаьчна. Ойла артйинера: «берраш а Каспийски х1урда чу кхиссина...» бохучу дешнаша. Цунна хеара иза бакъдоций. Х1инца Халадна хаа луург цхьаъ дара: нах д1абохийначул т1аьхьа вовшахкхетта ю кхеран тоба, я т1ом болабелча дуьйна советан 1едална дуьхьал хилла бу х1орш? 
Хьера уллорчу апари т1е бахана, ламазаш ийцира массара а. Т1аккха, д1ах1иттпна, ламазаш дира. 
Можачу шаршу т1е юург охьайилла буьйлира.  Юург шортта яра.
   - Схьавоьл! — мохь туьйхира 1аьржа китель юьйхинчо. —
Т1ехилал! Ирс долуш стаг хилла хьо, вогг1ушехь тхох 1оттавелла.
Шек а ма вала хьо. Вайн декъаза рицкъа вайгара даккха аддам а дац хьуна!
Халад т1еваха ца лууш, хиъна 1ара.
— Г1атта! Х1ун деш 1уьллу хьо? Хьоьга луьй тхо-м! — т1ечевхира китель ерг, т1улган басера суьйранна д1атийна кхокхий а къахкош. Массо а Халаде схьахьаьжира. Приказаш кхочушдан 1емана Халад, муха эккха а ца хууш, хьалаиккхина, шаршуна гобинчарна улло вахана, охьалахвелира.
Юучо дог-ойла г1аттийна, тоба къамелашка елира. Цхьацца волчо Халаде, цхьаъ хатта лууш, б1аьргаш къерзадора. Вуьшта, хетарехь, китель йолчух ца х1уттура.
        Бода боьлла, ц1аро бен серла ца йохура обаргийн яххьаш. Г1овг1анаш а жимма д1атийнера.
— Деа шарахь т1амехь а 1ийна, цу т1амера к1елхьара а бевлла
 ц1абирзинчу салташна т1е ас топ хьежор яц, — ша-шега санна,
амма ондда, массарна а хозуьйтуш, элира Халада.
Массо а тапъаьлла д1атийра. 1аьржа китель юьйхинчу тхьамдане хьаьвесинчохь бисинера уьш, цо х1ун олу техь, бохуш. Ткъа тхьамда мацца а бен вист ца хилира:
— Хьежор ю. Бойур а бу, мозий санна, хьуо доллучух а кхетта ваьлча. Хьайн б1аьргашна гур ду хьуна дерриге а! Оха кхана цхьа¬на кешнашна т1е вуьгур ву хьо.
— Мича кешнашна?,
— Кхана гур ду хьуна.
— Тховссехьа, х1инццехьа дийцахьа цунна, делхьа дийца! — дийхира лохачо.
— Берраш а ца кхийсина Каспийски х1урда чу. Бисинарш а бу кхузахь. Уьш муха «бисина» хаьий хьуна?
— Ца хаьа...
— Хуур дац. Ламарой охьабохуш, царна юкъахь хилла дуккха а къена, цомгуш, г1ийла, г1аш некъ ца балуш нах. Уьш т1аьхьа совцийна, шу дига ворданаш йог1ур ю, аьлла. Амма ворданаш ца яьхкина. Ворданийн метта автоматчикаш баьхкина. Кхо б1е гергга дакъа карийра тхуна цу меттехь...
— Д1алаца хьайна х1инца! Х1инца хьежор юй ахь салташна т1е топ? — меттахвуьйлура лоханиг.
— Бакъ дац! Бакъ дац аш дуьйцург цхьа а! Каспийски х1урда чу кхиссина бохург а бакъ дац! Соьга сайга кхаьчна Казахстанера, Павлодарски областера кехат! Х1ара кехат, гой шуна?! — мидалш д1атоьттуш, кучан хьалхарчу кисанара схьадаьккхина, кехат шен коьрта т1еххула хьалаайдира Халада.
Нах, цецбевлла, хьалалилхира. Массеран б1аьргаш а, къегаш, Халадан карарчу кехате хьаьвесинчохь дисинера, цу кехата т1ехь шайн кхид1а хин долу дахар, рицкъа, ирс долуш санна. 1аьржа ки¬тель йолчо, куьг айдина, массо а д1атевира. Иаккха ша айдина куьг меллаша Халадехьа д1акховдийра.
— Схьагайтал.
     Халада г1еххьа хан ялийтира, кехат д1а ца луш.
Шен кара кхаьчна кхо са болу кехат, цхьа уьне, къен елла х1ума санна, ц1ера улло а лоьцуш, д1асахьийзон вуьйлира китель ерг.
— Х1окху т1ехь печать яц. Х1ара хьо санна болу салти 1ехон, политотделашкахь тийсина кехаташ ду. Иштта, 1еха а веш ма вахийтина цара хьо Берлине кхаччалц а.
— Схьадал кехат! — т1ечевхира Халад. Китель йолчо д1адеира. Халада кехат, хьалха санна д1анисдина, кисана диллира.
Дала кхиавойла хьо хьайн доьзална т1е, эхартахь мукъа, — до1анна санна куьйгаш лецира лохачо. — Хьо хьайна лаахь теша, хьайна ца лаахь, ма теша. Хьо тешча а, ца течша а тхан духуш к1адда а дац хьуна. Тхо-м кхин цхьа нохчо гучуваьлла хаза хеташ, хьуна г1уллакх, накъосталла дан г1ер-
таш лелара. Оха лелочунна хьуо реза вацахь д1аваха а таро ю
хьан. Вуьшта, тхо дохка а доьхкина, хьуо к1елхьара вер ву бохург
дагадог1учух дала ларвойла хьо. Тхо-м тахана кхузахь, кхана ву-
кху маь11ехь ду. Хьо санна волчо доьхкича, дохкалуш хилча, тхох
цхьа а дийна висина хир вацара, кхидолу вайн къам санна.
Халадна т1е б1аьрг боьг1на 1ара массо а, церан тхьамда воцург. Халад ца кхетара уьш шега оццул лерина х1унда хьуьйсу.
— Астрахан олучу г1алийна т1ехбаьхна д1абуьгуш гина ма бохура оцу цхьамма... — г1ийла элира Халад схьавалийначу цхьана жимхас.
— Астраханера д1а а бу Каспийски х1орд! Астраханна т1ех ма бевллинехь, юхаерзийна вагонаш! — т1ечевхира китель ерг.
— Царах-м цхьа а дийна вацара! Х1ан-х1а, иза аьттехьа а дац. Дийна хилча, юха ца бог1уш 1ийр бацара, шиъ веана а, кхоъ веана а! — ч1аг1дира вукхара.
— Вайн накъостий почтана к1ело ян бахана бу. Кхана 1уьйрре новкъа девлла, царна г1о дан г1ур ду вай. Говраш х1инццехь схьалеций, д1аехкий йита, барголаш д1а а яхий, — къамел хийцира ки¬тель йолчо. «Цхьадика, со-м вита мега кхара, говр яц аьлла» — хийтира Халадна.
 Тоба самайоккхуш хьаькхначу маьхьаро самалелхийтира хьеран беданах а, терхеш т1ехь а, маь1-маь11ехь вертанех а хьирчина, бийшина 1охкурш. Сихха ламазаш а дина, х1ума а кхаьллина, говрашна т1е нуьйраш техка буьйлира уьш.
— Схьаэца д1огара расха говр. Беданахь нуьйр а карор ю хьу¬на, т1ечевхира китель ерг, юьстахаваьлла лаьттачу Халадна. Ха¬лад кхийтира, ша цаьрца ца вахча вериг цахиларх.
Шина сохьтехь гергга д1аихира уьш хьуьна юккъехула. Къегина кхеттера аьхкенан малх. Цхьа башха, чомехь х1аваъ дуьйлура малхо дохдинчу попан а, пхонан а диттех, леккха хьаладевллачу чорех. Халадан дог 1ийжара. Са карзахдуьйлура: маржа я1, кхера а ца кхоьруш, майрра лела таро елара шу хьаннашна, 1аннашна, шовданашна, ирзошна    юккъехула.    Кхин цкъа а    хир    дуй техь иштта?!
Цхьана хенахь, шаьш боккхачу некъана улло кхаьчча, хьалха ваьллачу 1аьржа китель юьйхинчо леккха куьг айдира. Берраш а севцира. Шина кхааннан ц1ерш а яьхна, уьш д1абигира коьртачо. Бисинарш, говраш т1ера охьа а биссина, ладуг1уш севцира.
Мацца а тоьпаш евлира. Маьхьарий хезира. Юха а тийналла х1оьттира. К1ело ян баханарш сихха юхабирзира. Х1инца уьш иттех стаг вара. Цхьана беречунна хьалхахьа, говрана пурх т1е виллина хьаьрса салти вара, куьйгаш т1ехьа а дихкина. Сахьтехь гергга д1аихна, боккхачу некъана гена бевлира уьш. Т1аккха цхьана к1айдаргана т1ехь севцира.
— Х1умма а хиллий? — хоьттура обаргаша вовшашка.
— Пайда болу х1ума ца хилла, — реза бацара к1ело ян бахана хилларш.
Массара а го бира говра т1ера чукхоьссинчу салтичунна. Цуь¬нан гай т1ехь, даьндарг кхетта, ц1ий дара.
— Хи лойша, цхьа къурд бан... Хи! Хи лойша... — доьхура цо оьрсийн маттахь. Китель ерг хеттарш дан вуьйлира, мийра 1оьттина, цуьнан корта хьала а нисбина. Халад цецвелира цунна ц1енна оьрсийн мотт бийца хаарх.
— Маца дахьар ду почто дуккха а ахча? — хоьттура коьртачо.
— Ца хаьа.
— Дийца, хьайна ваха лаахь!
— Ца хаьа. Тешийша, ца хаьа аьлча. Со тахана дуьххьара воуьйтуш вара почтийца. Хи лойша! Цхьа къурд байтиша! 
Салти малхехь 1илла а витина, берриш а д1асабевлира. Хала¬дан дог хилира т1евахана, цуьнан ши куьг д1адаста. Т1аккха, сихха вахана, цунна хи дан.
— Кхунна х1ун до вай? — хаьттира цхьамма китель йолчуьнга.
— Цунна дан дезарг суна хаьа, — элира лохачо.
        1уьллучу сал¬тичунна улло а вахана, шен юкъах кхозу шаьлта баттара яьккхира цо. Иза салтичун куьйгех йихкина т1ийриг хадон воллу моьттира Халадна. Цу минотехь, «Терканий, ломаний юккъера д1абигна, х1аллакбинчу нохчашна а, г1алг1ашна а т1ера!» — аьлла, цхьа лерг а лаьцна, салтичунна логах шаьлта хьаькха дагахь хилира лоханиг. Шийла мохь а хьокхуш, т1екхийтира цунна Халад:
— Ма хьакхалахь! Ма хьакхалахь!!!
Лоханиг Халадна а тоха дагахь, шаьлта а айина дуьхьалвирзира. Иза охьатоьхна, т1е а хиъна, легаш 1ийда вуьйлира Халад:
- Хьо нохчо вац, ъхьо вир ду! Нохчашкахь цкъа а ца хилла къизалла, акхаралла!!!
 Т1****табеллачу наха и шиъ д1асаваьккхира. Халадан куьйгаш а, дерриге дег1 а дегадора.
— Собар д-дел цкъа! Совцал! Х1ара м-мила ву, в-ван м-мукъа-не а? Мичара ву х1ара м-мидалш йолу хьаша? — Т1евеара сийсара дуьйна к1ело ян бахана хиллачарехь цхьаъ.
Иза вевзина Халад 1адийча санна висира: т1ом балале масех шо хьалха кхуьнан коьрта т1ехь шаьлтанан мо битина кулакан к1ант Ачар вара иза.
— А-а-а! Хьо ву х1ара мидалш а яхьаш в-в-веанарг? Х1ара-м
сан д-денний, девешинний д1адаьхна даьхний д-дажийнарг ма ву!
Д1аяккхал хьайн коьртара и б-б-боьрша йоцу к-куйнан т1елхиг!
Гайтал, ас д-дина сек д-1а-м ца даьлла хьан? Хьа-хьа-хьа!.. Э-э, в-ваша вала вай лелочун! Мила л-ларва    ваханера хьо? К-к-кер-станашкара мича дикачу б-балхе сатуьйсуш ваханера хьо? Мичхьа бу хьан гергарнаш, тайпа, къам?!!
Юьйлинчу пхоьазза йолучу тоьпан чапханан тата делира.
— Д1асахилал! Соьга яйтал цуьнан болх! — мохь беттара ша
Халада охьатохар ца лайна хьийзачу лохачо. Стиглахь, лаккхахь
1аьржа хьарг1анаш хьийзара, 1уьллучу салтичунна улло кхин цхьа
дакъа дужийтехь, бохуш санна.
Халадан юьхь оьг1азалло аг1ор яьккхинера.
— Бандиташ! Фашисташ! Хии суна х1инца шу х1ун ю! Ж1аьлеш! Варраш! Адамийн дегнаш дац шун кийрахь! Суна а моьттура, шу ламазаш дан х1иттича, цхьа адамаш ду. Схьатоха, модаша юьзна х1ума! Хьо санна йолчу х1уманех кхоьруш хилча, со Берлине а кхочур вацара! Шуна ца оьшу я доьзалш а, я къам а, цхьа а, шаьш доцург! Вайн къам Казахстанехь ду, х1урда бухахь дац. Кестта шайн ц1а а боьрзур бу берриш а. Амма шу-м хир дац царна юкъахь. Шу хьуьна юккъехь лийр ду, акхароша даь1ахкаш а ке-гош. Шун кешнаш а хир дац, нехан санна!
— Д1ахилахьа, Ачар! Юьстахвалахьа сихха! — хьийзара лоханиг, топ а айина.
— Собар! Д1аяккха топ! — мохь туьйхира 1аьржа китель юьйхинчо. — Ас биъна дуй бу цхьа а нохчо стаг вайн куьйгах лийр вац, аьлла. Схьаба муш, я чуха. Бухка а мегар бу. Диттах д1а а вихкина, вуьтур ву вай х1ара. Сарралц шен салти ларвер кхуо, къийгаша цунна т1ехь дечуьнга а хьоьжуш. Буьйсанна ша а д1акъовкъор ву акхароша. Берзалой а, черчий а дукха хуьлуш меттиг ю х1ара. Кхета ца воллу х1ара салти шех а, вайн къомах а 1оттаделларг х1ун ду.

Халадан ши куьг диттана т1ехьа а даьккхина, д1адихкинера. Бага горгам йоьллинера. Мидалш, некха т1ера схьа а яьхна, хечийн борчах тийсинера.
Цара ма дийццара хуьлуш лаьттара: вийначу салтичун докъанна т1е цкъа мозий, т1аккха, цхьанхьара схьаяьхкина, къийгаш   хьийза юьйлира.
Халадан ши пхьарс х1оьттинера, т1ехуьйшучу мозаша а хьийзавора. Царна корта лестийна, ворта а лазаяьллера.
Цкъа голаш т1е хууш, юха хьаланислуш, х1уъа дича а, лозучу меженаша сатухийла яйина, холча х1оьттина хьийзара иза. «Х1ай, 1овдал! Хили хьуна хила деззарг! Юьртара вогг1ушехь 1едална т1е вахана хиллехьара, дерриге а д1анислур дара. Доьзал а, гергарнаш а схьакарор бара. 1едало х1умма а дийр дацара деа шарахь т1ом а бина ц1авирзинчу салтичунна, цкъа ведда аьлла. Т1ам т1ера-х ца веддерий со...»
Багара торгам д1а ца яккхалуш, къа хьоьгура Халада. Иза д1аяьлча шена цхьа орца кхочур долуш санна.
Са довш лаьттара. Дагаоьхура 1аьржа китель юьйхинчу бан¬дита аьлларг: «Берзалой а, черчий а дукха хуьлуш меттиг ю х1ара».
«Вен ца воьйтуш, къахетта-м ца витина цо со. Соьга х1ара бала хьегайта витина-кх. Эх1! Маржа я1, х1инца цкъа к1елх1ара, валахьара. Вуьшта, дош дацара ницкъ а кхаьчна, оцу бандитех летта, летта вала ца велча!»
Хьуьнахахь тийна дара. «Ванах, х1ара пхи - ялх бандит бахьанехь дахий техь дерриге а нохч-г1алг1айн халкъ д1а? Х1ара масех мезиг схьалаца де ца хилла техь Гитлер а вохийначу Сталинан? Ма ч1ог1а кхеравелла хилла иза, дакъаза ма валарг, кху масех нохчочух!» — г1аддайна, ойланаш йора Халада.
Лакхо-о хьуьна юккъехь татанаш девлира. Дитташ юккъехь х1умма а ца къаьстара. Ц1еххьана говрахь цхьа бере схьаиккхира. Говрара охьаиккхина, т1еведира иза:
— Х1ара-м со вара, Халад. Ас х1инцца схьавосту хьо. Водур
ву вайшиъ, цхьане.
Халадна вевзира ша селхана самаваьккхина хилла жима стаг.
— Со кхин ца 1а цу ж1аьлешна юккъехь. Со хьайца Казахстане вуьгур вацара ахь?! Сан да а, нана а, вежарий а, гергарнаш а, бер¬риш а ма бу д1абигна, со лома сайн дедена туьха а, дама а эцна ваххийтина.
Халада шен дихкина лаьттина, лацаделла пхьаьрсаш мара къуьйлура. Ша к1елхьара ваьккхинчуьнга ала дешнаш ца карадора. Важа-м луьйчуьра ца соцура:
— Х1ара салти, каш даьккхина, д1а а воьллина, сихха кхузара д1авала веза вайшиъ. Со веддий хаахь, кхуза схьахьовха мега уьш.
Царна хаьа, кхузахь хьо а витина, со д1аваха реза ца хиллий. Лаха аренга охьа а воьссиша, Гуьмсе йолчу аг1ор д1аваха веза вайшиъ. Цига г1орта уьш баьхьар бац. Цигахь лелаш ц1ерпошт а ю. Дийцахьа боккъалла а, ца тийсиний вайнаш х1урда чу? Хьуна билггал хаьий? Хьуна гиний царех цхьа а? Х1ара хьайн мидалш а д1атийсахьа. Со хьайца вара алахьа. Вайшинна х1умма а дийр ма дац салташа, и хьуна хьалхара мидалш гича...
Шаьлтанца цхьана баса йистера харш к1аргдина, салти д1а а воьллина, говра т1е а хиъна, д1аиккхира и шиъ. Бода къовлабеллера и шиъ аренга кхочуш.
— Автоматан диска чохь патарманаш дуьззина дуй хьан? — хаьттира Халада шаьшшиъ г1еххьа генаваьлча.
— Ду. Х1унда хоьттура ахь?
— Схьаван везаш ца хиллера вайшиъ, цкъа царах цаца а бина бен!
— Хьан ц1е х1ун ю?
— Апти.
— Хьо муха нисвеллера цаьрца?
— Ас ма дийцира хьоьга. Со сайн дас лома вахийтина вара говр-салаз а йоьжна. Цигахь к1отарахь волчу шен дена дама а, туьха а эцна. Цигахь со тхешан дедас шина дийнахь сацийра, йол т1е яхьаш г1о деш. Кхоалг1ачу дийнахь со юьрта веъча, юьртахь аддам а дацара, мацалла уг1у ж1аьлеш бен. Цхьана а туьнкалгех болуш к1ур а бацара. Со кхеравелла д1асаидира, хилларг х1ун ду ца хууш.
       Цхьана борза т1ехь танк лаьттара. Со гучуволлушехь, цу танка чуьра цхьа шиъ охьа а иккхина, суна т1аьхьа хьаьдира. Со цаьршиннах лечкъира, цхьана нехан божал чуьрчу хьаьвдий чу а воьлла. Цу буса сан говр а д1айигнера, хьаъа йигнехь а.
       Т1аккха со, са ма-хилли, ведда тог1ий чу а вахана, сайн деда волчу лома хьаьдира, хилларг дийца. Амма цигахь я деда а, я цуьнан бежнаш а, устаг1ий а дацара. Т1аьхьо-о соьга дийцира, иза суьлийн милицис а, салташа а д1авигира, аьлла.
Ас цу к1отарахь, беданахь а, ала юкъа а лечкъаш, экъан т1ехь хьаьжк1аш а йоттуш, бутт гергга хан яьккхира. Йохъяла йоьлча, со охьавеара, цхьана т1оьрмаг чу еттина хьаьжк1аш а йоьхкина.
Цхьана буса хьуьнхахь летта ц1е гира суна. Со цу ц1арна улло вахара. Буьйцуш нохчийн мотт а хезна, т1евахара... иштта кхийтир-кх со а царах.
— Бакъдарий цара дийцинарг? — меллаша хаьттира Халада.
— Х1ун?
— Салташа г1ийланаш а, баккхийнаш а байира  бохуш?
— Бакъ ду. Дукха бехкбоцу нохчий байина г1азакхаша. Бойуш, багош, бердах чу кхуьйссуш. 
— Ахь вийний  цхьа а г1азакхе?
— Х1ан-х1а. Ца вийна!
— Цара бойурий?
— Бойура, т1елеттачохь-м. Суьлий а бойура.
-  Суьлийн х1ун бехк бу? нуьцкъаха бала а бина, охьаховший-на хир ма бу уьш а. Д1аг1ур бу хьуна, нохчий юха мааьхккинехь.
— Юха? Маца бог1ур бу уьш юха?
— Кестта. Кестта бог1ур бу. Т1ом чекх ма баьлла вайна
— Халад.
— Х1ун боху ахь?
— Ахь со цаьрца вара эр даций?
— Эр дац.
— Хьайца вара эр дуй?      
     — Эр ду.
— Халад.
— Х1ун боху?
— И цхьа мидал соьга а оллийтахьа хьалха.
— Х1унда?
— Со хьоьца т1ам т1ехь хилла моттийта.
— Хьоьгахь документаш ма дац, мидал олларх. Цул сов, со а х1ара хорма а, мидалш а д1а а яьхна, т1еюха кхин х1уманаш лаха дезаш ву.
— Х1унда? — цецваьлла, сецира Апти.
— Со д1алоцур ву, гучувалахь.
— Х1унда?
— Ведда со цхьана меттера.
— Т1ам т1ерий?
— Х1ан-х1а.
Апти кхуьйлира. Цуьнан хеттарш а лаг1делира. Реза воцуш хьоьжура иза х1инца хьалхаваьлла воьдучу Халаде.
— Т1аккха вайшиъ Казахстане муха кхочур ву? — мацца а лаьттира Аптис.
— Со а ву цуьнан ойла еш. Хуур ду вайшинна.
Беттаса доцуш, 1аьржа яра буьйса. Халадца г1иллакх лоьцуш, говрана т1е ца хуура Апти. Халадна а ца лаьара ша говра а хиъна, жимастаг г1аш ваийта. Рог1-рогг1ана говра а хууш, ваха барт хилира цаьршиннан.
Меллаша д1аоьхура ши къонаха йовхачу буьйсанан аренгахула. Керла к1а хьаькхна, динчу чен такхорех хьожа етталора.
Маь1-маь11ехь юха аха долийна лаьттара латта. Геннахь къаьстара стигла хьалакхерста, летта йоккха ц1е. Иза Гуьмса-г1алина уллохь, газ ягош тесна ц1е яра.
— Вевзаш цхьа а вуй хьуна Гуьмсе йолчу аг1ор? — хаьттира Халада шен накъосте.
— Вац, вуьшта, тхо цкъа а хилла меттиг яц иза. Цигахь жимма парг1ат хир дацара техь? Цигара ца йоьду ц1ерпошт Казахстане?
— Хаац. Жим-т1ама ахча а дезар ду вайшинна новкъа вала.
— Автомат а, говр а д1айохка вайшимма?
— Х1аъ, Гуьмсе базара г1ур ву вайшиъ хьуна немцоша елла автомат а, лачкъийна говр а йохка, — аг1ор вела къежира Халад.
— Говр-м лачкъийна яц! Говр-м д1абохийначу нохчийн йисина ю!
    Мацъелла говр яжа кхийдара. Охьара хьала мела мох бетталора. Гена мел волу алсам хаалора мацалла.
— Таьлсаш чохь юург эца езаш хиллера ас. Сихвелла, дицделир-кх дерриге а.
— Х1умма а дац. Дикахо а ду. Дика дара, хьо цхьа минот а хьалха суна т1е кхаьчна. Сан собар кхачийнера. Хаац, со цигахь буьйсанна к1ел вахана хиллехьара х1ун хир дара.
Ша охьавоьссина, Апти говрана т1е хаийтира Халада.
— Апти, цхьа х1ума дийцахьа, — шена гуттара а хаа луург хаьттира Халада, — вай д1а х1унда дохийна кхузара?
— Суна иштта хезна. Ломара цхьаболу нах а шоззакхузза Гуьржех бахана хилла, цигара даьхний далон. И гуьржий Маскох Сталинна т1е бахана хилла, шаьш нохчаша даха ца дуьту, аьлла. Т1аккха Сталина вайн г1алахь волу уггаре а коьр-та хьаькам Моллаев т1е а кхайкхина, хаьттина хилла боху: хьоьга хьайн нахана т1ехь дола дало, я ца дало, аьлла. Моллаевс шега къуй совцалур бац аьлла боху. Ткъа Сталина цу шен гергарчу гуьржашна дош делла ма-хилла, ша и нохчий д1асовцор бу аьлла. Т1аккха, ша делла дош къера ца хилийта, салтий а, машенаш а яхкийтина, берриг нохчий а, г1алг1ай а бига а бигна, х1урда чу кхиссийтина боху-кх цо.
      - Бакъ дац! Бакъ дац иза! — т1ечевхира Халад. — Сталинан бехк бац. Сталинна хууш а дац вайна т1ехь динарг. Иштта 1овдал стаг ма вац Сталин. Сталине вайна т1ехь динарг ма-дарра д1адийца г1ур волуш ву цхьа подполковник. Иза Москва д1акхачахь-м муххале а вайнаш сихха бухаберзор бу. Вуьшта, вайшиъ цаьрца галморзах ма валахьара.
— Ахь боккъала а бохий? — велавелла, векхавелла, г1адвахара Апти. — Т1аккха-м, 1а доллалц мухха а, кхузахь 1ийр ма вара вайшшиъ. Хьуьнах цхьа бун а йина. Юург а хир яра вайшинна. Хьаьжк1аш а гулйийр яра, яйа акхарой а хир яра, суьлийн бежнаш ца дайича а...
— Со-м к1адвелла, Апти. Д1огарчу чен холах воьлла, буьйса яккха вайшимма? Са ма-тесси, хьуьнаюккъе г1ур ву вайшиъ.
— Яккха.

 Говр д1айоьхкина, жимма ахча а даьккхина, бутт гергга зама яьхьира шина накъоста цхьаццанхьа д1атийссачу к1отаршкахь лечкъаш. Халада шен орден а, мидалш а т1ехь йолу салтичун коч д1алачкъийнера. 
— Вуй! Шу ма хила боьрша, х1ан-х1а, ма хила! Цхьа а соьле ца волу-кх соьгара автомат эца! — карзахвуьйлура Апти. — Нохчаша-м т1****талуш яла а, йола а юьтур ма яцара иза!
— Суьлийн бехк бац. Нах т1ом бан лууш бац. Нахана баха лаьа. Д1акхоссахьа эццига цхьана хорша, — олура Халада. Амма Апти¬на ца лаьара оццул ц1ена, тайна герз д1акхосса. Т1аьххьара а, шаьшшиъ Казахстане ваха новкъа волуш, цо иза вертанан т1омах и хьарчийна, хьуьнхахь цхьана боккхачу попан орамашна к1ел та1ийра.
Кандагач олучу станцехь, вагонаш ц1ерпоштана т1аьхьара д1а а хецна, латтон йолийча, цу чуьра вада дийзира лечкъина вог1учу шиннан.
Цу сарахь и шиъ милицис сацийна, чувоьллира. Шоллаг1чу дийнахь Халад аравалийтира, карахь документаш а хиларна, ша воьду меттиг хууш а хиларна. Амма Халадна Апти буха витина д1аваха ца лаьара, цунна дош делира, Аптин гергарнаш мичхьа бу хьожуш таллам а бина, иза царна т1евохуьйтур ву шаьш, аьлла.
 Иза дикахо а дара, лечкъаш лелачул. Ши некъахо, цкъа вовшийн мар-мара а хьаьрчина, д1асакъаьстира. Цул т1аьха Халадна Апти кхин ца гира. Кхано, нохчий шайн даймахка бухабирзиначул т1аьхьа цу юьртарчу наха дуьйцура, Аптина шен гергарчарех воккхаха волу ваша бен цхьа а ца карийцера, бохуш. Кхиберш берриге а 1944-чу шеран 1ай тиф цамгаро д1абаьхьнера.
1945-чу шеран аьхка, кан лахьо баханчу зударшна шед етташ волчу комендантана т1е а кхаьчна, иза говрара охьаваьккхина, цунна етта а йиттина, чувоьллина хилла бохура Апти.
Цкъа лаьцначуьра иза араваьлча, цхьанна а мича вахана ца хууш, вайна бохуш дуьйцура.

Павлодар г1ала д1акхаьчначул т1аьхьа, хин вокзалера Иртыш хина т1ехула меллаша хьалаг1ертара Халад т1ехь волу жима хин кема. Цуьнан д1акхача гатделлачу сига хьаьжча, и кема цхьана  меттехь лаьтташ санна хетара...
...Шовзткъа шо гергга зама д1аяьлла х1етахь дуьйна. Халадна х1инца а дагадог1у цу т1ехь хилла адамаш. Церан яххьаш а — шена х1инца а дуьхьаллаьтташ санна хета.
— Бахсарера аддам а вуй кху т1ехь? — хаьттира Халада кеман т1ехь болчаьрга.
— Со ву, — вистхилира цхьа г1ог1 доцу, салтичун чоа т1ехь долу оьрси.
— Эсила бохуш зуда юй шун юьртахь, бохийна балийначу нохчашца цхьаьна ялийна? — т1евирзира цунна Халад.
— Цхьа нах бан-м бу цигахь тоьланаш чохь бехаш. Ахь юьйцург суна ца евза. Со суо а дукха хан йоццуш бен ца кхаьчна цига, — элира ког боцчу салтичо.
— Тхойшиъ а ю Бахсарера, — элира казахин шина зудчо а, Халада хоьттучах кхетта. — Бу цигахь нохчий, — кортош та1ийра цаьршиммо, «чеченаш» — аьлла, ц1е йоккхуш шаьшшинна хезча. Халад, шаьш вовшех хала кхетахь а, къамеле велира шина зудчуьнца. Дерриге а хоьттура. Шина зудчунна шерра схьадийца ца хаьара, хоьттучух шаьшшиъ кхетча а.
1уьйкъахь хьаладоладелла хин кема, шоллаг1чу дийнахь делкъал т1аьхьа кхечира Бахсаре.
— Мичхьа? Мичхьа ю и тоьланаш, Эсила еха меттиг? — хоьт¬тура Халада шина зудчуьнга.
— Д1огахь, лакхахь, хи йисттехь, — п1елгаш хьажийра цу шимма.
Ц1е санна бовха чукъаьрзинчу малхо коьртах а, доллучу дег1ах а хьацар тохийтинера. Ц1къоцкъамаш т1ехула охьа оьгура даккхий, дуьра хьацаран т1адамаш. Букъа т1ера гимнастерка хи чу 1оьттича санна т1адийнера.
Халадна х1умма а ца хаалора, я йовхо а, я геннара шега б1аьргбетташ лаьтта Бахсарера нах а, я ша т1ехула д1ахьаьдда воьду латта а. Ши б1аьрг лакхахь хьалаайелла гучу тоьланашна т1е бог1абеллера.
Тоьланашна хьалхха, хи уллохь бедарш юьттуш йоллучу, к1ай жима йовлакх тиллинчу цхьана зудчух б1аьрг кхийтира салтичун. Иштта туьллура йовлакх ша хьелий оза хиъча Эсилас а. Детталун дог кхин а ч1ог1а карзахделира. Улло кхача воьлча г1еххьа воьхна висира салти, ша цуьнга х1ун ала деза ца хууш. Болар лаг1дира. Геннара д1а, меллаша кхайкхира, ша цкъа а ца яьккхина зудчун ц1е а йоккхуш:
— Эсила!
Х1уманаш юьттуш йолу зуда сихха хьала и иккхина, цхьа йоьхна схьахьаьжира.
— Хьуна мила оьшура? — хаьттира цо оьрсийн маттахь.
— А! Бехк ма биллалахь. Эсила… Эсила бохуш зуда юй кхузахь? Нохчо...
— Хаац суна-м. — Охьа а таь1на, г1ийлла елха йолаелира жи¬ма зуда, шен оза ши белш а егош.
— Вуй! Хьо стенна йоьлху? — воьхна хьаьвзира Халад.
— Бехк ма биллалахь, — ела къежира зуда, — суна хьо ц1еххьашха сайн майрачух тарвелира... Х1ан, иза-м х1умма а дацара. Тергал ма ехьа со...
— Ткъа Эсила бохург юй кхузахь?
— Хоттур ду ас х1инцца кхузахь болчу нохчашка. Со кхуза еана дукха хан ма яц, — тоьлий чу яхара иза. Халад а велира цун-на т1аьххье чу.
Боден делахь а, шийло-о дара тоьлий чохь. Нараш т1ехь йоьжна 1уьллура цхьа йоккха ши стаг. Халадах шаьршиннан б1аьрг кхетча, и шиъ халла хьалаайелира. Ц1енкъаюккъехь ловзуш хилла бераш а, кхераделла, цхьана соне д1атебира.
— Эсила боху зуда юй кхузахь? — хаьттира Халада зударшка, маршалла хаттар а дицделла.
Жимма хан елира шина зудчух цхьа а йист ца хуьлуш. Тамашийна дара цаьршиннан б1аьргаш, юьхь т1ера бос. Т1аккха цхьам-ма нохчийн маттахь меллаша хаьттира:
— Хьо Эсилин майра, Халад-м вац?
— Ву! Ву! Стенга яхана иза? — Сихвелла хоьттура воьхначу салтичо.
   Ши зуда, дуьхьал а еана, Халадна мара кхийтира. Цаьршин¬нан белшаш егон юьйлира. Са а ца тохаделла, шинггехь а ондда елхаран маьхьарш девлира.
Халад ца кхетара шина зудчо лелочух. Цунна ца хаьара, ши зуда я шаьшшиннан белларш   дагалоьцуш    йоьлху, я Эсилийна цхьаъ хилла, и схьадийца ца х1уттуш, йоьлху.    Г1еххьа лаьттира Халад, и шиъ йоьлхучуьра жимма теллац.
Не1арехьа д1а а йирзина, тийжаш йоьлхуш хьаьрса месаш йолу, Халадна Эсилех таръелла жима зуда а лаьттара.
— Кхин бац кхузахь нохчий? Стенга яхана техь Эсила? — оьр¬сийн маттахь хаьттира Халада не1арехь лаьттачуьнга.
— Берриш а колхозе балха бахана. Ахь хоьттург суна ца евза, — жоп делира цо.
— Шуьшиъ х1унда йоьлху? Х1ун хилла Эсилийна? — хоьттура Халада шина зудче. И шиъ-м кхин а алсам тийжаш, йоьлхуш, холча х1оьттинера. И шиъ ирахь а хала лаьттара. Цаьршиннан йист хила де дацара...

— «Эсила  елла д1адаьллачу 1ай цомгуш а хилла. Яхийта берийн ц1ийне д1аелла. К1ант цхьанхьа д1авахана, стенга вахана а ца хаьа». — И шатайпа кхаьънаш мокха бода хил¬ла хьаьрчинера шина куьйга корта а лаьцна, Иртыш хи улло охьахиъна 1ачу салтичун ойланах. Уллохь 1охкучу кешнашна юкъахь цхьа бе-башха а боцуш, керла бина  барз  бара.
Ша т1ам т1ехь мел лайна халонаш а йицъеллера Халадна. «Му¬ха хила тарло х1ара иштта? Деа шарахь дуьхьал лаьттина вовшахкхетаран ирсен сурт! Х1ара ду и сурт? Х1ара ду и ирсен де?».
Дог-ойла, цкъа к1адлой, легашка ира шад хьодура. Дуьхьал лаьт¬тара Эсилин аматаш. «Д1аяха карзахъяьлла хьаьрчина хилла-кх хьо сил ч1ог1а сан ойланех!» — ша-шега хьоьхура т1емалочо.
Тийна 1уьллура Казахстанан йоккха аре. Доллучу дуьненна а х1инца ша совваьлча санна хеталора салтичунна. Дагабаьхкира шен накъостий — т1емалой. «Муха нисделла-техь шун ц1адерзар? Масанна кечдина техь т1амо суна санна къаьхьа совг1ат?» 
Малхо еттинчу аренах шатайпа, Халадна х1инццалц евзина йоцу хьожа г1уьттура. «Муха вуьсур ву кху бекъачу, сахьар махкахь т1евеана стаг дийна а? Кехат-м даийтира Эсилас шайн дер-риге а ч1ог1а дика ду, са ма гатде, бохуш»...
     Генна аренгахь х1уманна а бала боцу масех эмкал лелара. Д1огахь хи т1ехула цхьа ца девза олхазар хьийзара. Маь1маь11ехь даьхначу 1уьргаш чуьра хьала лелхара сусликаш.
      Х1ара бацара салтичо шега оццул сатийсина мохк. Х1ара дацара бехачу т1ам т1ехь дийнахь а, буса а кхунна дуьхьал лаьттина латта.
      Ц1еххьашха, оьг1азалла хьаьдда, зов деара дег1е. Дерриг дуьне а цхьана мокхачу лаьттан барз хетабелира. Дерриге а цу т1ера адамаш — тайнигаш!
    Инзаре боккха ницкъ хаабелира    салтичунна    шен дег1ехь. Ницкъ, бала, чов, х1умма а дацара, хетарехь, цуьнга юхатохалур доцуш.
    Шен чоа буйна а лаьцна, шуьйр-шуьйра г1улч а тосуш, хин пристанехьа волавелира Халад.
 
  Яхийта д1аелла бохучу берийн ц1ийнан адрес эцнера Халада. Иза хила езара Павлодар-г1алина генахь йоцчу цхьана поселкехь.
«Шен ненах тера яра Яхийта, жима йоллушехь а. Йовза декхар а ду суна иза» — ойла йора дас.
— Яра, яра тхо долчохь и йо1. Д1айигир-кх иза шен дас, т1аьхьа а веана, — довзийтира берийн ц1ийнехь Халадна дуьхьал еанчу, ханна жима елахь а, къежъеллачу цхьана зудчо.
— Вуй! И бохург х1ун ду? Со ма ву цуьнан да! — воьхна хьаьвзира Халад. Зуда х1инца ша а йоьхнера:
— Ой! Нохчо ма вара и цунна т1аьхьавеана хилларг а. Яхийтас ша а ма элира иза шен да ву. Тхан йиш ма яцара иза бертаза сацон...
— Цхьа а тайпа документ а ца хаьттира аш цуьнга? Муха вара иза т1ехьаьжна мукъа? — дуьхе кхиа г1ертара кхоччуш воьхна Халад.
Зудчун б1аьргех хиш хьаьвдира.
— Ма-дарра дийцаза ер яц со хьоьга иза х1инца. Х1ун до
тхаьшкара яьлла ледарло хьох лечкъийна. Хилларг хилла даьлла...
Халад 1адийча санна лаьттара. Иза кечвеллера уггаре а шийлачу кхоэ ладог1а. Юьхь шарула к1айеллера. Юха а шен когаш к1елхьара латта д1адоьдуш санна хетара.
Къоьжа месаш йолу зуда дийца йолаелира:
— Со яра цу дийнахь дежурствехь. Х1инца хьо санна, кху кеберте цхьа къонаха а веана, со араелира. «Хьуна мила оьшу?» — хаьттира ас цуьнга. Цуьнца цхьаьна Яхийтел жимма воккха хила мегаш к1ант а вара. «Ша шен ши бер лоьхуш ву. Яхийта боху йо1 юй кхузахь?» — хаьттира къонахчо. Ас берийн ц1ийнан начальнике а хаьттина, Яхийта цаьршинна дуьхьал яхийтира.
 Уьш бехха лаьттира, шайн маттахь цхьа къамелаш деш. Со цара дуьйцучух ца кхетара. Хетарехь, шаьшшинца д1айола бохуш хьийзайора цаьршиммо йо1. Яхийтийна, схьагарехь, д1аяха ца лаьара. Нагахь цун¬
на яха лиъча а, оха йохуьйтур а яцара, цу къонахчун ц1е а, адрес а д1а а ца яздеш, цуьнан документашка ца хьовсуш.
Делккъа хенахь юха а веара и стаггий, к1анттий. Яхийтийна т1аккха а д1аяха ца лаьара. Сарахьо-о хи т1е лийча даханчуьра цхьадолу бераш хьалххе юхадаьхкинера. Цаьрца Яхийта а яра. Амма йоккха юкъ ялале и йо1 коьртах а яьлла, д1асахьаьвдча, тхуна иза цхьана а меттехь ца карийра... Милице а аьлла, иза лохуш тхо т1аьхьа а ца девлира... Цхьана зудчо дийцира тхоьга, шена и йо1 стагий, жимчу к1антий поездан станцехь шаьшшинца д1аюьгуш гира, аьлла.
      - Мила ю и зуда? Мичхьа ю иза? сихвелла хаьттира Халада.
— Яц иза х1инца кхузахь. Д1акхелхина иза кхузара, дукха хан йоццуш. Мича кхелхина а ца хаьа. Иза кхузахь хилча а, цо а дуьйцур дацар-кх хьуна асчул сов х1умма а...
Цу буьйсанна а, ц1ерпоштан станцехь декъачу г1анта т1ехь аг1ор а волуш, шоллаг1чу дийнахь а хьийзира Халад детдомана улло, юхюха Анна Васильевнига (иштта хиллера цу зудчун ц1е) Яхийтех лаьцна а, цунна т1аьхьавеана хиллачу шиннах лаьцна а х1уманаш хоьттуш. Хьалхарчу дийнахь хиъначул сов кхин х1умма а ца хиира.
Йоьлхуш йитира Халада Анна Васильевна, шаьшшиъ д1асакъаьсташ. Цуьнан майра а вийнера т1ам т1ехь. Украинера Пав¬лодаре схьакхелхаш беха, хала, шийла некъ а ца лайна, жима йо1 а еллера. «Яхийттел яра и сан йо1 а», — дуьйцура холча яханчу нанас.
— Вола юха а. Хьанна хаьа, цхьаъ тосадала а мегий суна-м хьан йо1ах, — элира зудчо.
— Вог1ур ву со, - г1айг1ане жоп делира Халада.
— Х1инца стенга г1ур ву хьо? — хаьттира Анна Васильевнас. Халада белшаш саттийра:
— Г1ур ву-кх цхьанхьа. Дуьне доккха ма ду.
       Дакъаделлачу лаьтта т1е етталучу эткаша татанаш а дохуш, д1аволавелира Халад. Жимма дехьа ваьлча, юхахьаьжча, Анна Васильевна шега цхьаъ ала йоллуш санна хийтира цунна. Бехкала вахана, корта а та1ийна, юха а сихха д1аволавелира иза.
Казахийн поппаран лохачу ц1еношна т1ехьа Халад къайлаваллац 1ийра Анна Васильевна цунна т1аьхьа хьоьжуш.
 
Жимачу станцера ц1ерпошташ шина аг1ор йоьлхура: цхьаерш малхбале, вуьйжаш — малхбузе. Малхбалехь Халадна девзаш аддам а дацара. Цигарниг цкъа а кхунна гина латта а дацара. Малхбузе — кхуо берриге бала а, г1айг1а а, цхьана йоццачу хе¬нахь ирс а лайна латта дара. Цигахь дуккха а кхунна бевзаш берш а, гергарнаш а бара, дуьне ма-дду д1асабаьржина. Амма берриге а шен доьзал кхузахь д1аса а кхоьссина, царна т1еваха а ца х1ут-тура. Ткъа кхузахь т1еваха а, дагавала а кхин аддам а дацара, ша х1инцца евзина Анна Васильевна йоцург.
 Геннахь, цхьана посел¬кехь алссам нохчий бу бохура. Амма царех стаг д1асаволуьйтуш вацара. Ши бер цаьрца хир ду олийла янне а яцара. Дийцарехь, и шиъ д1адигнарг а салти волчух тера дара.
«Ванах, доллучу дуьненна а совваьлла-кх со х1инца!» — дагара ца долура Халадна.
     Павлодар г1алахь областной милиции урхаллехь шен вайначу к1ентан а, йоь1ан а аматаш а, дерриге а шена хааделларг а д1адийцира Халада. Цигахь т1елецира шайн ницкъ кхочург дерриге а дан.
Йоца, йовха аьхкенан масех буьйса ц1ерпоштнекъан вокзалехь яьккхира Халада, цхьана сонехь лаьттачу декъачу г1анта т1ехь аг1ор а волуш, салтичун гатанан т1оьрмаг  г1евланга а буьллуш. Х1аллакьхуьлуш лаьттачу доьзалх цхьа йист ца яьлча, кхузара д1авала ца лаьара.
Ойла йоьхнера; «Мила хир ву и «со ву да» — аьлла, ваьлларг? Майрбек а ма вац х1инца ца кхеттал 1овдалдерг а, галдаьлларг а лелон. Х1унда йигна техь Яхийта д1а? Я 1ехийна те иза цу стага? Мича аг1ор яхана те х1етахь уьш чухевшина хилла ц1ерпошт? Я массо а г1аланашкахула а, ярташкахула а волавелла, чекхваьлча х1ун дара техь со уьш лохуш? Ткъа кхузарчу милици-на жоп даг1ахь, со муха карор ву кхарна? Кхузахь цкъачунна сецча мича г1ур ву со? Х1ун дийр ду ас?.. Комендатуро а хьийзор ма ву, цхьанхьа ваха хаа, бохуш»...
Халадна ша вокзалехь сецна 1ачу сарахь дуьйна хаавеллера, Майрбеккал жимма воккха хир волу кхузахула д1асахьийза кхо к1ант. Цхьаъ казахийн к1ант вара. Важа шиъ оьрси хила герга дара.
Хаалора церан дахарехь а т1амо шен шога, меца, дера лар йитина хилар. Цхьанна т1ехь, лахара когаш д1а а хедийна, лакхара т1ергаца т1еозийна г1ода юккъехь д1айихкина салтийн хечий, этт1а, боьха, цхьана хенахь сийна бос хилла майкий яра. Дукха евлла, охкаелла хьаьрса месаш лергаш т1е а, хьаьж т1ехула а чуохкаеллера. Вукху шинна т1ера бедарш а яра яккхий, яцъелла, жима. Кхааннен а когаш а, 1ора лелийна, 1аржбелла, айрабоьллера. Церан сихачу б1аьргаша, хетарехь, кхалла х1умма лоьхура.
— Х1ей! Схьадуьйла! — куьг ластийра Халада берашка. Бераш т1едаьхкира. Хьастаха дуьйна а вевзаш вара царна Халад, цо шайга шен Майрбеках лаьцна хеттарш дина дела.
— Х1ун боху ахь, дядя-солдат? — т1евеара кхо к1ант.
— Х1умма а хааделлий шуна сан Майрбеках лаьцна?
— Ца хааделла.
— Шу кху г1алара ду, я кхечухьара даьхкина ду кхуза?
— Даьхкина ду. Со Украинера ву, х1ара Ленинградера ву. И д1огарниг-м кхузара ву, — сихха жоп делира боьха майка юьйхинчо
— Да нана дуй шун дийна?
— Дац. Сан да а вийна, оцуьнан да а вийна. Д1огарчуьн да вайна   ву,   нана   а  елла, - бийла а буьйлуш, дуьйцура цара.
Халад цецвелира: «Ма атта буьйцу цара х1аллакьхилла шайн дай, наной?! Х1ун ду иза? Ца безаш, я цабевзаш хилла царна уьш? Бицбелла? Я мацалло, г1елоно артдина дегнаш? Я доллучу а дуьненна хилларг, шайх а 1оттадаларх тамаша ца бо цара? Хийцина те т1амо адаман амал?»
Халадна дагадеара, т1ам т1ера ц1авог1уш, шаьш Украинехула чекхдовлуш, вокзалехь шен цхьана жимчу к1антаца хилла къамел.
       —Берриш а байин аш немцой? — хаьттира Майрбекан хен-
нара хирволчу цу к1анта Халаде.
—Вайна дуьхьал летарш-м байи берриг а!
—Ма дика ду иза! Оха а хихкира хьуна уьш-м, — йовсарш!
—Хихкира? Муха хихкира? — Ца кхийтира Халад.
—Т1е а хуьйшуш, басах чу хихкир-кх церан г1орийна декъий,
салазаш санна.
Х1етахь а цецвелира Халад: «т1ам т1ехь леллачу тхайнаш артделла ца 1аш, ц1ахь болчу кхеран дегнаш а артделла-кх, берийнаш а цхьаьна!»
— Меца дуй шу? — хаьттира Халада шена улло веанчу кхаа к1анте. Берийн б1аьргаш серладевлира. Хетарехь, церан саде1ар а лаг1делира, Халад шайна цхьаъ яла воллий хааделла. Т1оьрмаг чу кхевдина, схьаэцна, берашка цхьа бепиган юьхьиг кховдийра Халада. Майка юьйхинчо иза сихха д1аийцира. Дехьо, г1анта т1ехь хиъна 1ара Халадан хеннара хинволу дукха хан йоццуш вокзала чу ваьлла цхьа салти. Халада а, цунна т1едаьхкинчу бераша а лелориг тергалдеш, цаьрга б1аьргбетташ 1ара иза.
— Х1ей! Схьадуьйла суна улло а! — кхайкхира иза Халадера бепиг схьа а эцна, д1алелха сихделлачу берашка.
— Х1ун боху ахь? — меллаша цунна улло дахара бераш. И салти а шен гатанан т1оьрмиган бертиг яста волавелира. 1адийча санна лаьттара бераш юха а. Халадан легашка шад х1оьттира: «Иштта лаьтташ хила мега-кх цхьанхьа сайнаш а, нагахь дийна делахь...». Салтичо берашна бакъийна цхьацца ч1ара белира. Уьш схьа а эцна, «баркалла, дядя», — аьлла, д1алилхира бераш. Салти, ша динчух реза хилла, велакъежира.
— Лийча г1ур бу х1инца, бепиг а, ч1ара а диъна, — схьакхайкхира иза Халаде. Халада корта та1ийра.
— Гена-м ца воьду? — юха а схьакхайкхира салти. Халада юха а вист а ца хуьлуш белшаш саттийра. Ткъа жимма хан яьлча, элира:
— Суна-м ца хаьа, доттаг1а, мича ваха веза а. Цхьанхьа г1ур-м хир ву со, мичча вахана а.
— И бохург х1ун ду? — шен т1оьрмаг а такхийна, улло веана, охьахиира онда дег1 долу, лекха, хьаьрса салти.
— Сайнаш, цхьаберш белла, вуьйжаш байна, х1инца кхузахь 1аш ву-кх, х1ун дер ца хууш. Дагавала стаг а вац, ма-дарра аьлча, — дуьххьара шен бала балхийра Халада хийрачу стаге.
— Иза муха хилла? — боккъалла а г1айг1а хилира салтичунна. Халада дерриге а ма-дарра д1адийцира цуьнга. Жимма шен дагна парг1ато яьлча санна хийтира, ша и бала шех террачуьнга д1абийцина.
Халад дийцина валлалц цунна новкъарло ца еш, леррина ладуг1уш 1ийра салти. Хетарехь, цо а шех 1иттаделла цхьацца х1уманаш дагалоьцура.
Вокзалана улло кхачча йоллуш, схьаг1ертачу ц1ерпоштан гу¬док хезира.
— Х1ан! Х1алаг1аттал! — куьг ластийра салтичо, леррина Халадан б1аьргаш чу а хьожуш.
— Х1унда? — цецвелира Халад.
— Цхьане г1ур ву вайшиъ. Со а вац кхузара д1а дукха генахь 1аш а. Сахьтехь гергга некъ бича, д1акхочу тхан станце. Сихсиха Павлодаре вар а хир ду хьан, хьайна лиънначу хенахь. Станцехь балха а х1уттур ву хьо, хьайна лаахь. Со а ву цигахь дукха хан йоццуш балха х1оьттина.
— Ткъа вайшиъ-х вевзаш а ма вац?! — г1еххьа воьхна висира Халад, ша х1ун дича бакъахьа ду ца хууш.
— Х1умма а дац, ваша, т1амо дина вайх вежарий. Х1инца коьртаниг иза дерриге а диц цадар ду. Сан ц1е Иван ю хьуна. Хьан ц1е х1ун ю?
— Халад.
— Во! Кхин вайшинна оьшуш х1умма а дац хьуна, Харитон, вовшашна г1о эшначохь кхайкха ц1ерш хиъчахьанна. Д1авижа мотт а, кхалла х1ума а вайшинна йолуш ю, кхидерг а хир ду, Дала лахь. Доркъана вожа мегар дац. Охьаиэга ца бина вай т1ом, ледар лела ца баьккхина толам! Схьаэцал хьайн т1оьрмаг, гур ду вайшинна кхид1а хиндерг. Цхьане хилча г1оле хир ду моьтту суна г1уллакх, хьо кхузахь хьуо вуьтучул.
Хаац, Ивана ша дуккха а ойла ян витина хиллехь х1ун дийр дара Халада, вуьшта, х1инца кхин дан х1ума ца хилира цуьнан, Ивана боххург а дина, хьалха ца ваьлча.
Доллучул а Халад реза хилларг — сих-сиха Павлодаре кхачар хир ду бохург дара.
 
Ц1ерпоштнекъан станцин кертахь йинчу г1ишлошкахь 1аш хил¬лера Иван а, цуьнан зуда Зоя а, шийтта шо кхаьчначу йо1аца Наташийца. Кхо-биъ бутт хьалха вирзина хиллера Иван т1ам т1ера ц1а а, уллохь иккхинчу бомбано контузи йина, баттахь сов госпиталехь а 1иллина.
Иванан зудчо доггах къахетта, гергарчу стеган санна бала кхаьчна, т1еийцира шайн керла лулахо. Г1одира шайн ц1енна уллора ши ц1а ц1анда, чу кир тоха, кораш х1итто. Чу маьнга а, стол а, г1ант а х1оттийра, шайн а башха алсамбаьлла боцчу бахамах схьакъастийна. Юучун декъаха ца воккхура цо иза. Ткъа Наташас Халадна дядя-Халит аьлла ц1е тиллира.
Гуттар ч1ог1а акхадаьлла, марсадаьлла Халадан са жимма лаг1луш лаьттара. Яйлуш лаьттара ша цхьана висича йина декъаза ойланаш. Баланаш лайначу, воно 1овжийначу стагна хила цхьа дарба ду — дикачу адамаша дакъа лацар, шайн тергонца цу стеган г1айг1а жимма а яшаяр. И дарба хиллера х1инца Халадна шена къемата а дагахь а, девзаш а доцчу адамашкара. Ша х1инццалц йинчу декъазчу ойланех ша-шех эхь хеттачу т1ег1ан т1е ваьккхинера Халад Иваний, цуьнан х1усамнанассий.
«Валол, ч1ерий леца воьду вайшиъ», «Кечлол, суна балха т1ехь накъост веза тахана», «Кхана г1ала г1ур ву вайшиъ хьан берех х1умма а къаьстиний хьажа», — бохуш, шен ма-хуьллу Халадан ойланаш яржон, цуьнан са теда г1ертара Иван. Цунах Халадна доккха г1о а хуьлура.
Станцехь, аьчканекъахочун болх даго т1е ца лецира Халадан. Юьхьанца иза колхозан бежа1у вахара, станцера шен 1ашволу меттиг а ца хуьйцуш.
 Халада 1аьвшина бала а, иза кхуза муха кхаьчна а кестта массо а станцерчу бахархошна а д1ахиира. Къа а хетара, лара а лорура массара а Халад, схьавеана йоккха юкъ яцахь а. Маршалла хоттура дуьхьал мел кхеттачо а.
Аьхке юкъал т1ехъиккхинера. Аренашкара йовхонан тов а жим¬ма лахъяла йоьллера.
Доьазза ваханера Халад ша цхьаъ воьдуш, Иванаца воьдуш, областной милицехь х1умма а хааделлий техь, бохуш. Х1оразза а «ца хааделла, цхьана к1иранах юхавола» — олура.
1уьйрре маж а яьшна, шена т1е йиттина, ц1ена бедар а юьйхина, беже хьажар Наташина т1е а диллина, пхоьазлаг1а новкъа велира Халад тахана а. Даго хьоьхура, тахана х1уъа къаьстина а, цхьаъ къаьстар ду, бохуш. «Дукха лерина элира дежурни волчу цу милцочо тахана юхавола. Ша а цхьана х1уманах тешаш волчух тера вара иза...».
— Дадашев Халад юй хьан ц1е? — хаьттира милиции эпсара, вела а къежаш, цхьа кехат буйна а лаьцна.
— Ю, — делира Халадан багах меллаша. Ши б1аьрг милцочун карахь долчу кехат т1ера ца болура, — х1ун боху цу т1ехь?
— Кху т1ехь дера боху, салти, хьан зуда а, бераш а дийна а ду, могуш а ду, хьо ц1аваре сатуьйсуш холчахь 1аш а ду! Хаза кхаъ баьккхиний ас хьоьга? Хелхавалал х1инца, эскарехь болчара ма-аллара...
Халад вист ца хуьлура. Цуьнан юхь т1ера бос байнера.
— Хьо-м хьайн доьзал схьакарийча а башха хазахетар долуш а ма ца хилла! Кхин доьзал-м ца болийна ахь? Х1орш башха оьшуш а барий хьуна? Мила ю ахь ялийнарг? Казашка, молдаванка, оьрси, украинка? — забарш ян г1ертара милицин эпсар. Халадна ала дош ца карадора. Аьрру куьг меллаша хьалаайделла, бегон п1елг корах ара хьажабелира:
— Цигахь... каш ду!  Цигахь... д1айоьллина ю ма аьлла соьга сан зуда.  Ткъа цу кехато х1ун боху? Дийна ю боху? Ц1е х1ун ю боху? Мичхьа ю боху?! — т1еволавелира Халад къежаш лаьттачу эпсарна.
— Хьажал х1оккхуза, — забарен моха д1ашершира милцочун
юьхь т1ера.—«Аш запрос йина ши бер Дадашев Майрбек а, Яхийта
а шаьшшиннан ненаца цхьаьна Актюбински областехь, Ключевой
районехь, Саратугай поселкехь 1аш ду.
Ключевой районни отделан начальник».
— Кхин х1умма а дуй?! — меллаша д1акхевдина, шен куьйга схьаийцира Халада кехат.
— Кхин х1умма а дац. Иза тоьар дац хьуна? Адрес а ма ду цу т1ехь ма-дарра яздина. Деша хаьий хьуна?
— Ца хаьа... Схьаяздехьа суна х1ара адрес а, кху т1ехь бохуш дерг а, — д1акховдийра Халада и тамашийна кехатан цуьрг.
Эпсаро шен накъост чу а кхайкхина, кехатан копи яккхийтира. Цунна зорба тухуш хан йоллушехь, кхоччуш воьхначу Халада хоьттура:
— Вуй, ткъа хила йиш юй ишттаниг? Эсила, сан зуда елча бен ма ца елла Яхийта детдоме а. Иза евзина хиллачу зударша ма дийцина соьга дерриге а ма-дарра! Галбевллий техь х1ара кехат яздинарш? Х1ун ду техь х1ара, дан мукъане а?!!
— Хаац, — х1инца г1еххьа шелвелира эпсар. — Ваха а вахана, хьажа дезар ду. Суна схьахетарехь-м, хьоьга иза елла аьлларш бевлла гал. Цу кехат т1ехь дерг хета суна-м бакъ. Ваха а вахана, хьажа дезар ду...
И миноташ а, сахьташ а, денош а, сема буьйсанаш а, ша оцу Саратугай д1акхаччалц яьхнарш, х1инца а ма-ярра дагайог1у Халадна. Х1умма а диц ца делла. Хета, и дерриге а х1етахь лелийнарш а, цул т1аьхьа 1иттаделларш а х1инцца, селхана хилча санна. Уьш дерриге а цхьана пхьег1ий чуьра молучу къаьхьачу хинан къурдех тера хетара цунна...

     - Мохьмад пайхамара, Делера салам-маршалла хилла цунна, шен умматна цхьа эзарре ах эзарре шо дпехна хилла, олуш хезний хьуна? – хаьттира шаьшшиъ делкъа ламазаш дина ваьлча Хьасана Ибрах1име.
     - Хезна, амма цуьнан ма1нех-м ца кхета со, - сиорлабелира цуьнан шиб1аьрг, шен накъост цу хьокъехь цхьа1 дийца воллий хиъна.
     - Цо ехна хан т1екхача дукха шераш ца диссина. Суна х1инца бусалбан дин дохо новкъадаьккхича санна-м хета, - доккхасадаьккхира 1илманчас.
     - Хьан? Жуьгташий?- сихвелдла хаьбттира Ибрах1има.
     - Жуьгташка дохалур дац вайн дин вай ваьш ца дохайчи.
     Ибрах1им леррана хьоьжура Хьасанан б1аьра. Цо цуьнга кхи х1умма а ца хоьттура.
     - Динах политически байракх йина дукхахболчара. Цара беш болу политически къийсам вай х1аллакда г1ертачу Йилбазца белахьара-м ша дара. Цара къуьйсуш дерш даржаш, ахчанаш ду. Шайн бусалбалла, шайн суьпалла динан обрядашца, процедурашца гайта г1ерта уьш, нахана г1улакхаш даран мета. Уьш обрядех, процедурех тешаш нах бу, Делах тешаш нах бац. Аллах1 Делал хьалха яьхна цаа шайн динан обрядаш. Иштта духуш а, дохош а ду тахана бусалбан дин.
     - Со реза ву ахь бохучанна, - жима ойла а йина, т1етуьйхира Ибрах1има. – Тходолчахь а вара цхьа алкоголик. Къаьркъа эцап ахча ца тоьаш, вермут олу цхьа угаре а дорах вино моьлура цо Советан заманчохь. Юьртахоша Вермут, аьлла ц1е тилланера цунна. Митингаш йийлаелча, цигахь мах боцуш чорпеш а яайо, ахчанашщ а доькъу, аьлла хезна, церах д1акхеттера иза. Т1ехьо Дудаев куьйгалле веъча 1арбийн махкара мах боцуш яьхкинчу путевкеха цхьа1 кхаьчна, Хьажиц1а а вахана, хъаьжо хиллера цуьнах. Х1инца нахана гергахь 1еламан стаг а хилла, хьехамаш бан г1ерта иза, 1едалан г1уллакхашна  юьккъе г1ерта. Наха-м Вермут – Хьаьжа, аьлла ц1е тиллинера цунна. Амма ишттачу нахана эхь ца хетта. Т1аьхьарчу хенахь-м иза Шари1атан кхел ечарна юьккъе вахана аьлла а хезнера суна.
     - И ахь буьйцу Вермут-Хьаьжой  букха хьуна, Ибрах1им, тахана х1ара вайн декъаза республика д1аюьзнарш, - г1айг1ане элира Хьасана. – ишттачара а, церах шайн политичнески г1оьнчий бинчара а дохош ду бусалбан дин. Цара лелош йолу шалхонаш гуш ма ю кегийчарна. Царех тера хила ца леа царна. Бусалбанаш хилар – царех тера хилар ду ма моьтту царна.
     - Мацах, Накъшбандин а, Къадарин а заманашкахь, ялх-ворхь б1е шо хьалха т1ерехьат дуьненан х1уманна а, 1едална а юьстаха а бовлий, лохуш хилла. Иза хилла Кунта-Хьажийн заманахь а. Х1инца цара, буьзна хьера а бевлла,  шайн зуькаран ч1уг Дудаевг1арна  гонахьа хьийзайо, - хетарг элира Ибрах1има.
     -  Цундела хетта-кх суна вай вешан дин дохош санна. Маьждигийн мах а охьаболдуш санна хета суна уьш тадайта а, дайта а ахча къушкара лехьош хилча. Ц1ано яц динан ц1арах а, динах хьекхалучара а лелош ерг. Ц1ано йоцчахь дерг бусалбан дин дац, йилбазалла ю. Ишттаниг гуш ехна хир юкха вайн элчано шеен умматна оццул хан. – шеко йолццуш дерзо вуьйлира Хьасан.
     - Жуккарш летта Нохчийчохь исламах, - г1айг1ане т1етуьйхира Ибрах1има. – Дела веза шайна бохуш, узбекийн, туркойн песаш а техкина, халаташ а юьйхина, мовладашкахь чорпеш муьйлуш лелаш ю, къушкара соьмаш ийзош. Иштта ца веза Дела. Дела везар – адамаш дезар ду, угаре а хьалха г1ийланиг, мисканиг, цомгашниг а везаш, уьш буучийн г1аланашкахь мовладаш йоьшу бохуш, уьш Дала а, нахана а гергахь ц1анба г1ертар дац. Кепекех Дела вохка г1ерташ лела тодакхаш. Цаьргара шаьш эцча Дела эцало шайга моьттуш 1ехабелла лела каетташ лела къуй а. Цундела тамаша буй кху чу т1ом беъча а, х1ара Нохчийчоь лаьтта буха яхча а?
     Жимма хан елира. Ибрах1им юха а лен волавелира:
     - Колхозаш, совхозаш, заводаш, фабрикаш йохай кхара, нахехь г1ело хиларан бала а боцуш. Производство ца хилча къомах къам ма ца хуьлу, дерриге а дика ду моттайта г1ерташ суьрташ лелорах, жоьлгийнт тоба хуьлу.  Я бусалбанаш а бац мацалла г1ел а белла ламазаш дан, я марханаш кхаба х1уьттуш болу нах. Церан дагахь дерг – мичара х1ун йоккхур яратехь, стенах катухур яратехьа, бохург ду, батош къилбехьа а ерзайна, Дала дуьхьал х1уьттуш уьш белахь а. Иштта ма ца дуьйцу вайн динан дайша нахе. Хьаькамашна тевр дара, бохуш, цхьа генара х1уманаш дуьйцу эзарре диъ баь1айе шо хьалха 1арбийн махкахь лелла долу.
     - Иза нийса боху ахь. Ислам – иза 1илма ду. 1илма доцчахь духу ислам,                -  ч1аг1дира Хьасана. - Сийлахьчу Къор1ана чохь угаре а сийлахь леринарг ду 1илма. 1илманехула бен кхиа йиш яц Делан къайленашна улло.- Жимма 1ийна, т1етуьйхира: - Вай моттарг1анаш лелаяхь а, доллучу дуьненчохь а исламе боьрзуш дукха нах ма бу – немцой, японцаш, французаш, американцаш, оьрсий. Цара меттах1оттор ду ислам, вай вешан саьхьараллицанне, шалхонашцанне, суьрташцанне и дохо г1ерташ къахьоьгуш дахкахь а.

Саратугай ша схьакхачале комендатурехь кехаташ нисдеш а, вуьшта новкъахь а ши к1ира сов зама елира Халадан. Эзар ойла хьаьвзинера цу деношкахь коьрте.
 Гуттар а дуьхьал лаьттара хазахетта, цецдаьлла хьийзина Иванний, Зоий. Цаьршиммо шеко йоццуш Эсила а,  бераш а дийна а, могуш а хир ду бохура. Цаьршиммо тешийнера иза дуьххьара и кхаъ а эцна станце кхаьчначу сарахь, Бахсарера зударий галбевлла, бохучух.
 Вуьшта, Ха¬ладан даго т1етт1а 1ийжар бен, кхин парг1ато ца лора. Дахделлера аьхкенан деха денош. Яхъеллера, йоций елахь а, аьхкенан буьй¬санаш а. Шен дег1 худалуш, г1ора жимлуш санна хеталора.
 Уггаре а халчу т1еман деноша а ца эшийнера Халадан дег1ера оццул г1о¬ра. Дог ца дог1ура нахе х1умма а дийца а. Цхьана сарахь, лийчина, шен дег1 а ц1андина, Иртыш хин баса йистте а х1оьттина, къилбехьа а вирзина,  дуккха а ламазаш дира Халада.
...Тийна а, шийла а дара цу аьхкенан сарахь Саратугайхь, цхьа¬на жимчу, Илек ц1е йолчу 1ина йисттехь, доккхачу, лекхачу талла к1ел йинчу тоьлий чохь. Халад чоьхьаваьлла йоккха хан ялале, кхуьнан дагахьдерг хууш волу х1усамда меллаша, корта охьа а оллийна, жимчу г1анта т1е охьа а хиъна, дийца волавелира. Аннех бинчу лохачу маьнгана йисте а тасавелла, цуьнга ладоьг1нначохь вог1авеллера хьаша а. Ши къонаха шаьшшиъ вара.
— Дерриш дацахь а, дукха х1уманаш тера ду вайшиннан дахарехь, — дуьйцура Сайдис. — Цундела ца вахавелира со д1а, сайга дехарш ден Майрбек а витина. Ч1ог1а схьахьаьрчинера и сох, со нохчо хилча, сох ч1ог1а гергара стаг тарвелла. Маржа я1, йитина хилла елара охашиммо иза цу берийн ц1ийнехь, схьаялон а ца г1ерташ. Делахь а, ч1ог1а лаьар-кх Майрбекана иза цигара схьаяккха. Хьанна хаьара иза юха а, акха х1ума санна, едда д1аг1ур юй...
Т1аьхьадевлла а лийлира тхо-м, ца карий-кх. Хи чу йоьжна х1ума санна яйра-кх... Асий, кху чуьрчу зудчой-м тхаьшшинна ду аьлла д1а ма яздайтира и ши бер ший а. — Доккха са а даьккхина, д1атийра Сайди, шен баьшначу, хьацарша буьзначу коьртах дай-й куьг а хьокхуш. — Хьуна тхо карор а бу боккха болх, — юха а дийца волавелира Сайди. —  Х1инца нохчо поселкера поселке валайтуш а ма вац. Хааделча, иттех шо хан а тухай, чу вуллу. Кху зудчо а, Майрбека а заявленеш деллера милицига Яхийта схьалахахьара, аьлла. Ша Яхийтин а, Майрбекан а нана ю бохуш яздина кху чохь йолчо. Цунах делла хьуна цара жоп а...
Халад вист ца хуьлура. Яцара салтичун дагахь я вас а, я оьг1азло а. Иштта дацахь а, терраниг хир дуй хьоьхуш дара даго а, шега милицехь хаам бичахьана а. Сатеснера х1инца сихха Майрбек мукъа ган.
— Дукха хьелур вац. Хи кхоьхьуш ву тхан Майрбек. Онда стаг ву. Хетарехь, вевзар а хир вацара хьуна иза арахь гича, — Халадан дагара хууш, дуьйцура Сай¬дис.
— Вог1ур вара иза-м, — дагара ца хаийта г1ертара да.
        Суьйранца де жимма шелделча, къанделлачу толла к1ел диллинчу г1ан¬та т1ехь хиъна 1ара Халад. Юьртана чу булучу г1амаран некъа т1ехь, геннахь гучуяьллера т1ехь доккха шелиг долу говр-ворда. Сайдина ца хаьара Халадан б1аьргаша и сурт схьалаьцний. Цо шениг дуьйцура:
— Тахана-м хье а ма вели Майрбек. Х1инццалц хьалххе схьа ма вог1ура иза. Дика к1ант ву. Онда накъост хир волуш а ву. Соьл дуккха а дика лараво-кх иза хи кхехьа. Х1инца ахь и д1авигахь, ч1ог1а а гатлуш, сагатлур ду хьуна тхан-м!

— Вала-алай, ма са гатлур ду-кх тхан! — б1аьргаш хих а дуьзна, улло хьаьвзира Сайдин х1усамнана а, чай дотта пхьег1аш вовшах а етташ.
...Дукха шераш д1аихна х1етахь дуьйна. Халадна х1инца а, цу дийнахь ша толла к1ел хиъна 1аш санна, шерра дуьхьалх1уттура и сурт: хабарш дуьйцуш, хьошалла лелош, хьалха хьийза Сайдий, цуьнан х1усамнаний, готтачу новкъахула г1ийлла схьаг1ерта говр-вордий...
— Вуй! Х1ара-м схьакхечи! Майрбек! Хьажал, и мила ву вайга веанарг? — хьалаиккхира Сайди. Шен б1аьргех девлла хиш йовлакхан т1омаца д1а  а хьоькхуш, дуьхьалъедира х1усамнана:
— Майрбек! Хьан да вай иза-м! Ца вевза хьуна? Вало, мара эккха! Схьакарийна хьуна, гой хьуна?!!
Халад, ша х1ун до а ца хууш, хьалаиккхина, дуьхьалхьада дагахь, масех ког а баьккхина, вог1авелла 1ара. Майрбек цкъа меллаша, т1аккха сихха т1еведда, дена мара хьаьрчира. Халадан ницкъ ца кхочура к1ант д1ататта, шен нийсархочуххий, цуьнан х1усамненаххий шена эхь хетташехь. Легашка шад х1оьттина, дош ца алалора. Воьхначу дас меллаша ши б1арг т1ехьаббира. 
— Д1авала. Наха эхь эр ду вайшинна, — мацца а аладелира Халаде.
— Нана  елла, — ши белш а   егош, юха а мара хьаьрчира к1ант дена.
— Х1умма а дац, х1умма а дац.
— Яхийта едда д1аяхана, мича яхана а ца хаьа...
— Схьакарор ю. Схьалохур ю вайшиммо...
— Дада, хьо юхаг1ур ваций?
— Дера г1ур вац. Со ц1а ма веана.    
— Мича ц1а?
— Муха, мича? Хьо волчу!
— Ткъа вайшиъ мичхьа 1ийр ву?
— Хьуна луъучохь. Хьуна мичхьа 1ан лаьа?
— Хьо волччохь.
— Вайшиъ цхьана 1ийр ву-кх т1аккха, — вела къежира да.
— Дала ма ваккха шуьшиъ вовшех! Дала нисъе шуьшиннан х1усам! — йоьлхура Сайдин х1усамнана. Сайди ша а хьийзара б1аьргаш а т1ундина.
Х1оразза, шена Майрбек дага мел веа а, дуьхьалх1утту х1инца Халадна и сурт. «Майрбек... цхьаъ бен воцу к1ант... ма ца моьттура цу сарахь хьо а иштта хера вер ву!».
Саратугайра кхоалг1ачу дийнахь д1авахара дай, к1анттий Иванний, Зоий дехачу станце. Цуьнгахь некъа маршонан кехат дара Павлодарехь комендатурехь делла.
Бажа бажор Майрбекана т1е а диллина, аьчка некъа т1е балха вахара Халад. Цхьа а де а ца  долуьйтура, ц1ерпочташ т1ехь т1ехбуьйлучу нахе Яхийта ца хоттуш, я цуьнан т1екаре ца еш.
 **
Пхи-ялх шо хан елира дай, к1анттий вовшахкхеттачул т1аьхьа, Цхьана аьхкенан сарахь Саратугайхь вехачу Сайдигара кхаъ кхечира, Яхийта схьакарийна, аьлла. И шена хезначул т1аьхьа, ши-кхо сахьт бен юкъа ца дулуьйтуш, т1ера х1уманаш хийциний-хийцанзий ц1ерпошта т1е хиира Халад. Дуьне декхаделла, деладелла, хийцаделла д1ах1оьттинера. Кхоччуш тешнера ден дог, шен йо1 схьа¬карийна хиларх. «Вевзар вуй те? Хазахетар дуй те? Муха хир ю те...?»
Буьйсанна, Актюбинск г1алара г1аш д1акхечира Халад Саратугай. «Карийна вайн йо1! Актюбинскехь, интернатехь хилла. Ц1е нийса язйина ца хилла цуьнан! Х1окху зудчунна хиъна, базара яханчохь», — дийцира Халаде Сайдис. Шоллаг1чу 1уьйранна Ха¬лад интернате вахара.
Делкъал т1аьхье яра иза. Гучу йоллушехь евзира Халадна шен йо1.
     — Яхийта! — ондда, воьхна мохь   белира   цуьнга.   Йо1,   йоьхна,  сецира.       
— Яхийта! Со ца вевза хьуна? Дага ца вог1у хьуна? Со-м хьан
да вай!!!
Яхийта йист ца хуьлура. Т1е а ца йог1ура. Тишделлачу ц1енойн сонехь лаьттара, т1еян а, д1аяха а ца х1уттуш.
— Яхийта, схьайола, мара кхета! Ас 1ежаш а ма беана хьуна,—аьрру куьйга лаьцна сетка хьалаийора дас. Аьрру пхьарс хьалххе айбинчохь бисинера, йо1 мара кхетар ю моьттуш...
Йо1 юхахьаьжира, шена накъосталла дан аддам а вац техьа, бохуш санна. Аддам а вацара.
«Хьалха Сайдис а, ша да ву а аьлла, 1ехийна дела, ца тешаш хила мега х1ара сох», — дага деара дена.
— Яхийта, со а, Майрбек а цхьаьна 1аш ма ву. Вай х1инца кхоь а цхьаьна 1ийр ду. Ас хьо лоьху мел хан ю хаьий хьуна? Схьайола, мараэккха хьайн дена. Чохь вуй шун директор? Вайшиъ цунна т1е г1о? — Йо1а юха а сихха юхахьовзийра шен корта, хедийна месаш д1аса а ластош. Т1ехьа цхьа а вацара.
— Хьо стенга хьоьжу? Яхийта... суна хьо ма евзира. Ма тера а ю хьо хьайн ненах... Дага йог1ий хьуна Эсила?..
Цо Эсилин ц1е яьккхича йо1 леррина ден б1аьргаш чу хьаьжира. Корта ластийра. Б1аьргех хи делира.
    — Хумма а дац. Ма елха. Цунна хала хетар ма ду вай цхьана ца хилча. Яло, шун директорна т1е г1о вайшиъ? — Пхьарс биллира цо т1ехьа йирзинчу йоь1ан озачу белшаш т1е. Йоккха хилла, Халадан дег1е хьаланисъеллера йо1. И шиъ интернатан кертал чоьхьа делира.
— Вуй иза хьан да? — хаьттира директора, Халадан некха т1ерчу ордене а, мидалшка а хьоьжуш.
  Йо1а белшаш саттийра.
— Ахь муха тешор ду тхо, хьуо Татьянин да хиларх? — хаьт¬тира директора Халаде.
— Татьяна яц иза, Яхийта ю. Сан йо1! Сан к1ант Майрбек а ма ву соьца, цуьнан ваша. Иза-х ма вог1у кхунна дага, со ца ваг1ахь а!
— Вуй, Татьяна, хьан Майрбек бохуш ваша? — хаьттира дирек¬тора.
— Ву, — г1ийлла жоп делира йо1а.
— Мичхьа ву иза? — хаьттира директора Халаде.
— Соьца. Повлодарски областехь. Станцехь.
— Муха къаьстира шу вовшах?
— Со т1ам т1ехь вара. Х1орш, массо а нохчий схьакхалхош, цаьрца схьабалийна. Иртыш хи улло бигна хилла. Цигахь елла кхуьнан нана Эсила  а, жимха йолу йо1 Лайса а.
— Ярий хьан Эсила бохуш нана? — хаьттира директора.
— Яра, — юха а, корта охьа оллийна, жоп делира йо1а.
     Г1еххьа хан елира.
— Татьяна тхан уггаре а дика юкъаралхо а, дика дешархо а ю, — дийца волавелира директор, — Комсомольски комитетан декъашхо а ю. Цкъа делахь, суна хаза хета, кхунна шен да карийна. Шоллаг1а делахь ч1ог1а хала а хетар ду х1ара тхо долчуьра д1айодахь. — Леррина йо1ехьа а вирзина: — Татьяна, хьуна лаьий кхуьнца д1аяха? — хаьттира цо.
— Ца лаьа, — меллаша корта д1асаластийра йо1а.
— Вуй! Муха ца лаьа? И х1ун ду, Яхийта, ахь дуьйцург? — воьхна хьаьвзира да. Йоь1ан б1аьргех хиш хьаьвдира. Белшаш хебира. Директор, хьалаг1аьттина, 1аса а луьйзуш, корехьа вирзира.
— Д1а ца еъна, х1ун дан йоллура хьо? Ас мел сатийсина ца хаьа хьуна, Яхийта, хьо лоьхуш? И х1ун ду ахь дуьйцург? — холча х1оьттина хьийзара да.
— Ца лаьа суна, — оьрсийн маттахь юха а ондда элира йо1а.
1адийча санна лаьттара да. Корех ара хьоьжу директор схьа ца воьрзура. Йо1а, хедийна месаш йолу шен корта, дегахьа схьа ца берзабеш, д1ахьийзабора.
Легашка онда шад хьаьдира Халадан. Б1аьргаш т1унлуш лаьт¬тара. Дегочу озаца, цо меллаша дийхира:
— Яхийта, со хьо сайна схьакарролц, бохуш 1аш ма вара Эсилин  каш тода ца воьдуш. Иза вай кхааммо — ас а, ахь а, Майрбека а — тодийр ду бохуш. Тхойшиъ ший а балхахь ма ву. Охашимма хьуна т1еюха хаз-хаза, уггаре а тоьлларш х1уманаш оьцур ма ю. Деша а йохуьйтур ю, балха а йохуьйтур ю, хьуна луъуча! Со муха г1ур ву д1а, хьо кхузахь а йитина? Сан-м воьдийла ма дац, хьо кхузахь а йитина...
Йо1ана нохчийн мотт бицбеллехь а бохуш, оьрсийн маттахь дора Халада х1инца дехарш. Директор, дерриг а хезаш, ша а 1ара, дас дуьйцучун дакъа кхаьчна.
— Со д1аяха мегар дуй? — мацца а хаьттира йо1а директоре.
— Мича «д1а»? — ца кхеташ, хаьттира дас.
— Чуьра ара яла мегар дуй? — хаьттира Яхийтас директоре.
— Дац. Мегар дац, — доккха са даьккхира директора. — Яло, хьайн т1оьрмаг кечбе. Да ма ву хьуна т1аьхьа веанарг. Т1емало ву. Салти ву. Кхетий хьо? Суна хаьа, хьуна интернатера д1аяха хала дуй. Делахь а, дан х1ума дац. Дас бохург ца дича ер яц. Яло, хьайн т1оьрмаг кечбе.
Т1екхетта, директор доггаха мара волла дагадеара Халадна. Улло а хьаьдда, баркаллаш баха волавелира.
— Со кхеташ ма ву. Ца оьшу баркаллаш. Со суо а ма вара да.
Шина беран да...

Вокзале кхаччалц, т1аьхьа хьоьжуш, реза йоцуш, йог1ура йо1. Цуьнан б1аьргех оьху хиш ца совцура. Иза теян г1ерташ, холча х1оьттинера Халад.
«Цкъа ц1а кхачахьара. Цигахь-м йог1у-уш, метта йог1ур яра х1ара. Маржа я1, Майрбек мукъа валийна хила велара ас сайца. Веза Дела, аьтту белахь сан, цкъа тхойшиъ станце д1акхаччалц мукъа!» — дог-ойла карзахъюьйлура Халадан.
— Х1ума яа а ца йог1ура Яхийта, делкъахь дуьйнна яаза, суьй-
ре т1екхаьчнашехь. Д1акхийдорах, 1ежаш а д1а ца оьцура. Йо1
ша а йитина, юург эца ваха ца х1уттура да. Йола бахарх, иза туь-
канашна улло а ца йог1ура.
Ц1ерпошт схьаяре сатеснера Халада. Маьрк1ажан бода булуш бен схьа ца кхечира иза. Йоьлхуш, юхаг1ертташехь, вагонна чоьхьа яьккхира дас йо1. Уллора нах резабоцуш хьуьйсура Халаде.
Ша чоьхьа йоллушехь, кора т1е б1аьрг а боьг1на, арахьежа юьйлира йо1. «Шен дависарг, сихха д1а мукъа йолалахьара х1ара!» — карзахдуьйлура ден дог.
Щеххьана, «Танька!», аьлла цхьамма хьаькхна мохь хезира арара чу. Йо1, сихонца хьалаиккхина, вагон чуьра д1ахьаьдира. Шен кога ма-воллу ведда, да цунна т1аьхьа хьаьдира. Вагон чуьра аракхоссалуш лаьтташ, г1одаюккъера схьалецира цо йо1. Ц1ер¬пошт д1аяха дагахь, тохаелира. Ден карара а яьлла, йиллинчу не1арх, аракхоссаелира йо1. Ша лаьтта кхоччушехь, едда, къайлаелира иза. Цуьнцанна д1аведдачу цхьана хьаьрсачу жимачу стагах б1аьрг кхийтира Халадан.
— Яхийта-а! Саца! Саца! Собар де! — мохь а аьлла, шен болар т1етт1а марса доккхучу ц1ерпоштана т1ера вуханехьа, харцахьа аг1ор охьа кхоссавелира Халад а.
       Тишъелла юьстахкхоьссинчу рельсан юьхьигах цхьа вон корта а кхеташ, лаьттах кхийтира иза. Карарчу сетки чуьра 1ежаш, д1ахахкаделла, йоьдуш лаьттачу ц1ерпоштан чкъургашна к1ел дахара.
— Яхийта Яхийта-а! Ма г1охьа д1а! Ма г1охьа, хьо стенга йоь-ду?!! — мохь беттара дас, велхаран къурдаш а деш. Хьалаиккхира, амма б1агор а хьаьдда, юха а охьавуьйжира.
 
Бутт гергга хан яьккхира Халада Актюбинскехь а, Саратугайхь а, Яхийта интернате юха ца йог1у-те, бохуш, ларъеш. Ца еара. Ха¬лада цхьаьнгга а ца дуьйцура ша йо1а д1ататтар, ша охьакхетар. Амма иза лан хала дара. Цкъа а ца х1оьттинера иза шен атта доцчу дахарехь оццул холча. Мел гинарш, мел лайнарш дицдинера йо1а.
Станце юхавеара Халад. Нахе ша х1ун дийца деза ца хаьара. Ма-дарра дуьйцийла яцара. Ца гира шена, аьлла, харцдерг а ца дийцалора. «Интернатерчу директорна а, хьехархошна а ца лаьара иза цигара д1аюьгийла. Цкъачунна, йитина веа со иза цигахь, дешна яллалц», — дийцира Халада.
 Карзахваьллера Майрбек. Х1унда веана иза цигахь а йитина, бохуш. Дас чийхийча а, къар ца лора к1ант. «Со суо г1ур ву иза схьаялон-м!» — эккхийтира цо цхьана сарахь. Дас дош делира, юха шарахь ша юха а г1ур ву иза схьаялон, аьлла. Дехча, интернатан адрес а ца делира цо к1анте, ца хаьа шена, аьлла. Хаа а ца хаьара цунна иза. Хиъна а х1ун дора. Амма Майрбек ца кхетара цунах...
 
Шоллаг1чу шарахь, б1аьсте ма-елли юха а вахара Халад Актю¬бинске. Х1етахь дуьйна, интернатехь гучу ца яьллера йо1...
Цигара д1а, шен дехой болчу хьошалг1а вахара Халад. Уллора гергарчарех цхьа а дийна ца висинера. Делахь а, вовза-везачара, баккхий буьйш хьошалла дира цунна. Хазахеттера х1ара дийна хилла. Циггахь, х1усамнана кхелхина вуй хиъча, захалу дийцина, йисина 1ан Хазару ялийра цара Халадна. Ший а новкъа а даьккхира.

Тахана, къанвеллачу 1уьйранна, ойла йича: «Х1унда хервелира те сох Майрбек?» — олий, Халадна дуьхьалх1утту Хазару а эцна, ша станце кхаьчна де. «Суна-м хьо Яхийта ялон вахана моьттура...» — шийла кхоьссира воккха хиллачу к1анта.

**
Шовзткъа шо сов хан яьллера цул т1аьхьа. Х1инца, шен да велла аьлла хезча, ц1акхаьчнера Майрабек. Шен йо1 Лайса а евзар яцара цунна, наха ца йийцича.
Халадан цхьаъ бен воцу к1ант цIакхаьчна аьлла хезна, цунна гучабийла оьхура юьртара нах. Кадамаш бора наха цуьнга. Майрабека кадам гIийлла схьаоьцура. Б1аьргаш идадора нахах. Къера вара шен бехкана. Хеара, да д1атесса лелар нохчаллийца дог1уш ца хиллий.
Дукха нах ца ихира Майрабекна дуьхьал хIитта. Кхоаллачу дийнахь Хойбахара Салман а, Обу1ели а, Ибрах1им а, масех хьехархо а, цаьрца зударий а баьхкира юха а, х1ара ц1акхаьчна аьлла хезна. Доьалг1ачу дийнахь тезет лаьттанчу керта аддам а ца веара.
 Дуьххьара гинера дена шен йо1 – Лайса. И шиъ х1инца а вовшашка дистхилаза дара.
 Майрабек ца х1уттура ша х1инццалц д1атесна йитинчу йо1аца ша виса. Цуьнца къамел доло. Ца хаьара ша цуьнга х1ун аьлча нийса хир ду. Цо шега х1ун эр ду. Хала дара цунна кху гергарчу нахана юкъехь хан яккха а. Хаьара, массара а шена бехкаш дохкий. КIелхьаравала, дийца х1ума а дацара.
Къаьркъано кхачош лаьташ, са дуткъделла стаг вара Майра¬бек. Ша юьхь1аьржа хIуттур ца хилча, кху лаьтта т1е охьа а воьжна, мохь тоьхнна, воьлхур вара иза. Къийлалора, б1аьргех хиш-м хьовхура нагахь, 1овраш санна. Т1ехьа а воьрзий, ша ма¬ра цIанбе йовлакх  хьокхий, д1адохура цо хиш.
Шех лаьцна къамел Майрабека Ахьмадца бен ца динера. Башха хеттарш а ца дора цуьнга наха тезета юккъехь, доцца могущ-парг1ат хаттаррий бен.
Цхьана 1уьйранна шен да къайллах кешнашка воьдуш гира Лайсина. Меллаша, цунна ша ца гойтуш, т1аьхьа яхара.
Жимачу, яьржанчу юьртана юьстах, хино голатухучу аьрру аг1ор, цхьана малхбасехь дара и шовзткъа-кхузтъка шо хьалха долийна хилла кешнаш. Кешнийн г1овланашкахьчул дукха дара кертана уллохь д1адийг1ина, кешнаш доцу чурташ.
Б1аьрг тоьхча, кешнийн кертахь ца гора Лайсийна шен да. «Ой! Иза мича вахана? Къайллах д1авоьдуш-м на хилла-техь иза, кхин 1одика а  ца еш?» — шеко даг чу хьаьдира муьлхха а вон лан кху т1аьхьарчу шарахь 1еминчу Лайсийна. Керлачу кошан борзана уллохь, лаьттахь цхьа 1аьржа х1ума гира «Ой! И ма ву дада... И х1ун деш ву?» — улло яхара йо1.
Майрбекна Лайса ца гора. Гор охьа а воьжна, тийжаш, дерриге а дег1 дегош, воьлхура к1ант шен ден кашна уллохь. Дукха халчах1оттарна, корта д1асахьийзабора цо. Лайса ца 1аелира едда т1е а яхана, шен дех ца хьаьрчича.
Йо1ах эхь хетта, хьалаайвелира Майрабек. Бехкалавахана, кьежара иза. Б1аьрхиша т1адийнера цуьнан къоьжа маж йитина, оза бат.
— Дада, хьо вуха ца ваха веаний? — хаьттира Лайсас. Цу минотехь Лайсийна луушдерг цхьаъ дара: доггах иза 1алашвар. Ц1анвина, кечвина, куьце а валийна д1ах1оттор. Кхин х1умма а ца оьшура йо1ана, шен да шена уллохь  хилчахьанна,   цунна уллохь, цунна оьшург а деш, ша йитичхьанна.
— Веана... аьлча а, цкъа д1аг1ур ву со. Т1аккха вуха вог1ур ву. Дера ву. Вуха в-вог1ур ву. Сихха вог1ур ву. Д-д1а ма кхаьччи.
— И зуда, Наташа юй хьан х1инца а? Иза х1унда ца ялийра ахь?
— Ю иза  а. Д1аяккхахьа д1а,  иза ма хьехаехьа.
— Х1унда? Иза а ялош, волал хьо ц1а! Ахь ца ялаяхь а, аса ялор ю иза-м схьа, т1аьхьа а яхана!
— Хуур ду ванна. Яло мега иза а, — б1аьрхиш д1ахьоькхура Майрабека. —  Яло, ц1адоьду вайшиъ.
Йо1ана хьалха а ваьлла, цхьацца ког боккхуш, лаьцна валон стаг санна, ц1а г1ертара Майрабек. Халад д1аваьлча даг т1е бижина хилла инзаре боккха цатам, бала кху да ву бохучу стага жим-жима байбеш санна хетара Лайсийна. Х1инца, тахана, кху сохьта-м ойланаш а ерраш бохург санна шена т1е ерзнйнера кхо. Хетара, коша чохь 1уьлдучу Халада кхунна гечдача санна. Шена чохь кешнашкара кхо схьадахьаш дерг Хададан са долуш санна.
Кху ткъей пхеа шарачохь, гергара стаг т1енисвелча а, ц1ера кехат кхаьчча а Майрабекна хезаш дерг ишта  дара: йита и меташка. Ц1авола. Ц1ахь кхин ялор ю вай хьуна. Эхь ца хета хьуна хьайн дех а, йо1ах а?!
Шо-шаре мел дели дена хьалха ван юьхь яцара. Йо1а а, Халадца цхьана йолуш, башха са а ца гатдора. Ма-дарра дийцичам, дерриге а къаьркъано д1адайинера. Меънийчоь иза иштта парг1ат муьлийла хир дацара Казахетанехь хийрачу нахана юккъехь санна.
Майрабекна дагадеара ткъех шо хьалха Павлодарски областе болх лаха веана юьртахо Ша1рани шех кхетар. Х1етахь Ша1ранис шега дина къамел.
     Машенара воьссина, т1ера ченаш д1а а егийна, малхо кхорзуш лаьттачу  некъа тIехула    схьавог1ура    Майрабекий,    Ша1раиий. Юьрта чу кхача гIеххьа некъ бара бан безаш.
— Майрабек, со, хьуна ма гарра, молла а вац, башха дешарна т1аьхьависина стаг а вац. Ас цхьа хьехар дийр дара хьуна, на¬гахь ахь дIалоцур делахь, харцахьара а ца хеташ.
— ЛадугIур ду ас-м хьоьга, Ша1рани. Схьадийцал.
— Гой хьуна, Майрабек, стага шена ялош йолу зуда цунах шена уггаре а уллора накъост а ван, цуьнга шен сий а, доьзал а, цIа а, ц1ийнан кхерч а ларбайта ялош ю. Зудчо дайахь сий а метта хIуттур дац хьан, зудчо бохийна латтабахь, кхерч а хир бац хьун. Цундела ялош йолу зуда б1аьргашна тайннарг хила езаш яц, хаза ойла а йина, цуьнан ден-ненан кхерч муха бу а хьаьжна, сий, оьздангалла, г1иллакх цу доьзалехь дуй а хьаьжна, яло езаш ю. Х1унда аьлча, цу шен ц1ахь дерриг х1оттор ду цо хьан ц1ахь а. Хьо цунах теший?
— Теша со-м, — г1ийлла жоп делира д1а ма доллийнехь а х1ара къамел мича тIе догIур ду хууш волчу Майрабека.
   - Хаза йо1    къастон    мегар ду    танцашкахь,    сакъера ваханчохь.    Яло,
улло х1отто зуда кхечанхьа лаха еза.
Ахь бехк ма билла суна ас хьайца и эвхьаза къамел дарх. Дог эт1а сан хьуна иштта хьехар цхьаммо а ца деш.
Жимма вовшашка вист ца хуьлуш веара и шиъ, шаьшшиъ цхьана хих дехьа валлалц.
— Мехкан доцчу эро цхьогал лоцур дац олуш долу вайнехан цхьа кица хезний хьуна? – Юха а хаьттира Ша1ранис.
 - Хезна.
— Доккха маь1на долуш кица ду хьуна иза. Д1адоллийначуьра, эвххьаза дийцина чекхдоккхур вайшиммо вайшшинан къамел. Суна хезна, бакъ делахь а, дацахь а, хьо цхьана меташканна тIевахана бохуш. Бакъ-м хир дацара иза. Кху наха а юьйцу шайна моттаел-елларш. Ишттаниг дича    хуьлуш   дерг    дийца ас хьуна?
Майрабек вист ца хуьлура.
— Ишттаниг диначарна хуьлуш дерг ас масех декъе доькъур дара. Хьалхара дакъа — «любов», аш ма аллара. Баккхийчарна хьалхара дIа а волий, вайн стаг, х1уъа г1иллакх доцург лело а маьрша а волий, цхьа а тайпа дуьненан т1аьхьалонан ойла а ца еш, шена гонахарнаш санна схьадаьккхинарг къаьркъанах а духкаш, д1аволало.  Цунна дахар 1аламат атта а, марха йоцуш а хетало. Доллучу дуьненан да а шех тарло. Ша кхиъначу доьзалехь дас-нанас, гергарчара, юьртахоша хьоьгуш дерг а, хьехнарг а 1азапен бала тарло. Царех йолу уьйр дIахерло. ТIенисбел-белла-чахь цара юьхь яха йолаелча-м муххе а!
 Иштта масех шо зама йолу, тилла ваханчо шен да-нана а, йиша-ваша а, юрт а, Даймохк а, шен къоман мотт а бицбой. Наг-наггахь дог Iаьвжа цуьнан шен юьртан урамашкахула, юьртана йистошкахула, 1аннашца, хьаннашца, ламанашца волавала. Амма дагадог1у шега юьртахоша ден долу хеттарш, 1иттарш. Х1умма а багахула схьа ца алахь а, церан б1аьргаш... Т1аккха ц1аван а дог ца догIу.
Иштта д1аоьху шераш, нагахь метташкано эккха а ца веш, и цу хене валахь. Баккхий хуьлу доьзалш. Т1аккха т1ех1утту шоллаг1а дакъа: къонахчунна лаьа шен доккхахилла йо1, я к1ант вайнехан амалшкахь хила. Амма цара олу: «тхо даккхий ду х1инца. Оха тхаьшна луъург бен дийр дац!» Иштта 1амадо уьш нанас. Шена муьт1ахь. Царех къонахчунна луучу кепара доьзалш ца хуьлу. Т1аккха хиллане а ца хуьлу цуьнан шен юьрта ван юьхь. Къаьркъа!
Кьаьркъано бина доттаг1ий. Айг1ар санна чухьийза зуда, кхиболчара санна майра шен кога к1ел а воьллина. Керла доьзал боло а т1аьхьа ду. Юьртахь кхерч бац, х1усам яц, гергарчарна х1инца оьшуш а вац. Да-нана дийна а дац. Ткъа цуь¬нан нийсархойн — шайн рицкъа а долуш, муьт1ахь, оьзда доьзалш а кхиъна, яхь а, г1иллакх а долуш, д1ахоьхкуш машенаш, даа- мала долуш, вонехь а, диканехь а вовшийн г1о а лоцуш, бехаш бу.
ТIаккха т1едог1у кхоалг1а дакъа — Т1аьххьара дакъа. Т1ег1оьрта къаналла. Хьерваьлла вахана хиллачун шен ц1аверза дог дог1у, велча, д1аволлийта а. ХIусамнана юха а дуьхьал йолу. Жимма а ларт1ехъ ерг нислахь-м берта а йог1ург хир ю иза. Бер¬та ца яг1ахь, и къанделла ешап, ша доллучохь а дитина, ша-а шен нахана тIе гIоьрта, нагахь шеен ц1ийца жимма а нохчолла йиссинехь. Наха-м т1елоцу иза.
Амма цуьнан де дац, гIора дац, нийсархойн санна улло бовла стелахаьштигаш санна к1ентий бац, невцарий бац. Цо неIалт боху ша дуьххьара тилла д1аволавеллачу денна. Амма аддам а бехке ван йиш яц цуьнан. Ша ву доллачунна а бехкен.
Шийла бу цуьнан кхерч, ойланаш. Беккъа цIена цхьа синтем бу цуьнан дагна: «велча мукъана а шен махкахь, шен нахана юккъехь д1а а вуллур вай ша!» Иза а ца нислуш меттиг а йогIу наггахь.
…Иштта ду хьуна, к1ант, меташканна тIе ваханчунна хуь¬луш дерг, нагахь дерриге а дика д1а а нисделла, и цуьнца чекхволуш хилахь а. Дукха хьолахь оцунна тIе а ца долу гIуллакх. «Х1ара сан квартира ю, сан бераш ду, яхийтал!» — олий, ара кхуссу, шен кхечуьнга «любов» ма яхханехь.
Юьрта чу кхача беха некъ бацара бан безаш. Майрбек ойла еш вогIура, х1ун, муха эр ша ца хууш ШаIранис диначу, ша реза воцчу къамелана дуьхьал. Кхеташ дара, Ша1ранис и къамел дук-кха а ойла а йина, доггах деш хилар а.
— Ша1рани, ахь дийцарехь-м, вай бен, кхин оьзда къам дан а ма дац кху дуьненчохь. Вай лелориг бен дош а  дац? Ма ч1ог1а дуьхьал дерзий ахь вай доллучу а кхидолчу адамашна? Ма хала хир ду вайна гонаха берраш а вонаш а болуш, царна юк¬къехь даха?

     -  Ас ца боху хьоьга кхидолу къаьмнаш вон ду, вай массерал а  диканаш ду. Вайн къоман вон амалш дукхахо а хила мега кхечу къаьмнийчул а. Вуьшта, и  амалш хIора къоман  а  шен-шен ю! Оьрси, я казашка, я немка схьа а ялийна, шен юьрта юккъехь вехаш хилча, зудчо юьртарчу нехан амал схьаоьцу. Вуьшта, хала ма хеталохь, хьо меташкане маре а вахана, царна юкье охьахйъча, хьан церан амал схьаэца дезар ду. Д1аверза дезар ду цаьргахьа! Къастаде цундела цхьахадерг. Хьан-ха, ц1ахь ша цхьаъ висина да а, жима йо1 а ду. Царах мукъа къа ца хета хьуна?
— Оцу вайн ц1ахь дан х1ума-м ма дац, Ша1рани! — тIечевхира Майрабек. — Мацалла лийр ма ву оцу вайн Даймахкахь виссинарг. Цигахь иштта дика хилча, шу дерриш а юха стена хехкало ткъа, «шабашникаш» бохуш, шайна и ц1ерш а тоьхкуьйтуш? Шарнна д1ай-схьай хехкалучул, атта дац кхузахь 1адда 1ар, Даймахке б1аьрг тоха ц1а а вог1уш? Гуттар а 1ийр ваций со-м кхузахь. Жимма шай-кай а гулйина, ц1а вог1ур ву.
«Меташка» боху ахь. Вайн зударий а бац х1инца меташканаш? Ламаз марха цара ца до. Чкъар-р бохуш, д1абуьйцуш берг а меташканнйн мотт бу. Цхьаъ бара уьш-м.
— Дика ду, хIета. Замано кхетор ву хьо, соьга ца кхеталахь а. Кхин ца дуьйцур вайшимма. Ас ц1авахча, хьан да Халад сайна гахь, хьо могуш-парг1ат а ву, кестта ц1авог1ур волуш а ву эр ду хьуна.
— Ала ахь.
Масане бетталора х1етахь дуьйнна нохчий. Массара дуьйцург а вовшех тера хуьлура.
Набахтехь даьккхира иттех шо. Вехна а волуш, машен харцийна, шина адаман далар хилира. Эццигахь хедира дерриге а. Меташка ялор дацара дакъазаваларан бахьана. Наташас-м, мелххо а, д1аг1о вай Кавказе, олура. Ца х1уттура меташка а эцна, Меънийчу ваха. Д1атаса а къахетара. Йо1ах, Любех
а къахетара. Х1инца иза а ю лоьрийн училищехь доьшуш. Иза а сан яц аьлла долийна боху наха. Со набахтехь волуш йина йолу дела. Суна таьхьа ма йог1ура Наташа. Иза ца хаьа нахана. Хаа ца лаьа. Со муха вог1ур вара уьш а балош, Меънийчу..?
  Къаьркъа! И ма хила г1оза! Цо а ца вуьтура кхетам чу ван.
 Иштта д1аихи шераш. Д1аихи. Уьш кхин духадог1ур дац. Дерри¬ге а дахар а дели д1а. Х1инца х1ун нисдийр ду? Ас х1ун тодийр ду Лайсин? Ас хьанна бехк т1ера боккхур бу? Сох хьан тамаша бийр бу, схьакхелхича а, ца кхелхича а? Со вайна ваьлла стаг ву, мацах Ша1ранис дийцина ма хиллара. 
Лайса... Сан йо1. Ма йоккха а хилла. Ма хаза а ю. Универси¬тет а яьккхина чекх.   Дависа, хьо мукъа к1ант воцу. Ма дика к1ант хир вара хьох. Зуда яла-йоьтур яра ас, ц1а а веана, уггаре а диканиг! Юьрта юккъера! 
«Дада... Хаьий техь хьуна, суна хьо хIинца мел оьшу?! Пекъар, верриге а воча а ваьлла ву. Дика х1унда ца лелаво техь Наташас? Ша мукъане а муха стаг ю техьа иза? Цуьнан йо1 х1ун деш ю техьа? Маре г1урриг хиллий техь? Ма хаза хир дара и шиъ ший а ялош, Дада сихха кху гурахь ц1авеъча. Ц1авола бохур ду ас. Ч1оггIа доьхур ду. ТIаккха ц1а ца вог1уш 1ийр вац иза»...
— Дада.    .
— Х1ун боху ахь?
— Со хьоьца д1айог1ур ю.
— Мича?
— Казахстане.
— Х1унда?
— Хьоьца цхьане юха ян. Наташа а, шуьшинан йо1 а ялош. 
— Хьайн балхана юкъар а ца йолуш, ц1ахь 1е хьо. Со-м ц1а воьрзур ву хьуна. Дала мокъалахь. Цигара ц1енош д1а а доьхкина, вайна кхузахь ц1енош дан шай-кай а яхьаш, ц1а вог1ур ву. Кестта. Са а ца гатдеш, хьайн болх бел ахь.
«Вог1ур вац. Ваг1ахь а, кестта вог1ур вац. Х1умма а дац. Ас т1аьхьа а яхана, схьа-м балор бу берраш а!»
Цул т1аьхьа ши де бен ца даьккхира Майрабека Меънийчохь. Д1авахара. Лайса юха а ша цхьаъ йисира яссаеллачу, тишачу х1усамехь.
Лайсийна оьг1азъяхана, меттаяза яра Амма а. Цо ша Лайсас юьхь1аьржа х1оттийнарг лорура. Белхаргахь а ца 1ийра иза-м цхьана дийнахь бен.
Дег1е хорша оьхуш, ц1еххьашха вон цомгуш хилира Лайса. «Ма дика хир дара со кху цамгарх елча», — дагадеанера цунна.

      - Лайса, хьо хоьттуш цхьа стаг веана-кх! — г1ехь г1оли хилла йог1у Лайса йолчу чу иккхира лулара Ахьмадан х1усамнана.
— Мила ву иза? — меттара хьалаайелира йо1.
— Суна-м ца вевза иза. Цхьа воккхо-о стаг ву-кх. Ас хатта а ма ца хаьтти цуьнга, хьо мила ву аьлла.
Сихха шена тIе х1ума а юьйхина, дуьхьалъелира Лайса.
— Ой, Салман Темирсултанович, хьо вац х1ара?! Схьавола чу! — хазахийтира йо1ана школан директор гича.
— Лайса, х1ара х1ун ду ахь деш дерг? Хьо цомгуш хилча, оха х1ун дийр ду? Ерриге а Хойбаха а яра кхуза схьая г1ерташ. Ас халла совций нах, айса хьо хьалаялор ю, аьлла, дош а делла.
Х1етта б1аьргкхийтира Лайсин геннахь сецна а лаьттина, хIинца кара тIоьрмигаш а лаьцна, уьйт1а йог1учу зудчун. Иза ярз Салманан  х1усамнана Совдат.
— Ой, Совдат, хьо мичара ели? — дуьхьал яхана, мара кхийтира Лайса зудчунна.
Лайса хьешашца а йитина, Ахьмадан х1усамнана сихха юург йохъя шен чу яхара.
Лайсин балдаш, хьеший баьхкина хазахеташ, къежахь а, б1аьргех хаддаза хиш оьхура. Ч1ог1а хазахеттера йо1ана хIара шена дукхадеза ши адам деана.
ГIеххьа хан яьккхира цара цхьаьна. «Хьада, д1аяло, машен чохь саца со схьаваллац», — аьлла, Совдат д1а а яхийтина, йо1аца ша висира Салман.
— Лайса, сан цхьа къамел ду хьоьца дан дезаш, — эсала, бехкала вахана элира Салмана. Йо1 леррана ладуг1уш сецира. — Суна дахарехь дукха гина, Лайса, харцонаш а, г1елонаш а. Масане дара уьш, диканаш а, вонаш а... Цаьрга ладоьгIча, тахана вайх 1итталуш йолу халонаш — х1умма а доцург ду! Шен-шен 1ожаллех д1аваха дезаш ву х1ора стаг а. Иштта дукха дахар. Вайга дахаран амалш хийцалур яц. Вай ца даьхча ца довлу, осала а ца хуьлуш, вешан кийрахь дегнаш мел деттало.
Хьо жима ю, Лайса. Хьо балано 1аьвшина. Хьуна хала ду. Хьан догьэца накъостий дукха бац хьуна уллохь. Доллучух а кхета со. Амма ма мотта, хьайна бен иштта хала ца хилла. Сан да а, нана а, вежарий, йижарий, цхьа а вац шайн каш долуш. Уьш дIасакхийсина, шайтIанан мохо чемхалгаш санна Сибирехулий, Казахстанехулий, Киргизехулий. Суна хета, церан кешнаш делахьара, сайна уьш дийна хетар болуш санна!
Хийла стеган, зудчун, беран дог 1овжийна зама ю х1ара. Ма мотта хьайх бен ца 1иттало халонаш. Хьайна бен ца хуьлу чевнаш. Стагана шена хуьлу халонаш яйло, нагахь иза нахана дика болх лохуш, аравалахь. Шена кху сохьта саина, цхьанхьа г1о оьшуш верг хир вуй хаахь. Уьш дерриш а ас а, сан чкъуро а лайна, зийна х1уманаш ду, Лайса.
Со ца г1ерта, Лайса, хьуна т1е1оттаелларг а жима киртаг ю ала. Делахь а, хьох къонаха стаг хила луур ду суна. гIайг1анаш тIеийзор мегаш дац. Вайн дайшкахь дуьйнна а магийна дац иза.
Оцу хьан дедас Халадачул вон Iалашо йийр яц охашиммо хьан. Цунна санна дукха а еза тхойшинна хьо. Д1ая еза хьо тхойшинца. Бераш а ду хьуна чIогIа сагатдеш.    Суо пенсе д1авахале, хьо юха а ялийна, царна совг1ат дай а лаьара суна.
Цхьа тамашийна к1еда дара Салманан аз. Гуттара а санна эсала, хаза дара цуьнан даккхий б1аьргаш. Лайсийн дог дашийра цу дешнаша. Ч1огг1а елха дог деара. Делахь а, эхь хетара.
— Д1айог1ур ю со-м, — элира йо1а сихха. Элира кху дикачу стагана ша иштта аьлча, хазахетар дуй хууш. Цо шега доггах бохий хууш.
— Ма дика ду иза, Лайса, — велакъежира Салман. — Хьуна лиъниачу дийнахь хабар даийта ахь, со вог1ур ву хьуна хьо д1айига. Я машен йоуьйтур ю.
— Хьашт дац, Салман Тимирсултанович, со суо д1айог1ур ю кхин а жимма г1олий а хилийтина.
Салман д1авахара.  Йоь1ан ойла дикка екхаелира.
«Д1аг1ур ю со. ГIур ю Салманан а, Совдатан а, берийн а дуьхьа. Ибрах1им... иза-м хир ву цхьанхьа хехкалуш. Сан бала буй а ца хаьа. Ма хила. Х1умма а дац. Дикахо а ду, хьалххе вевзнна. Шен дуьхьа со хьалаеана ма мотта-кх!»
Лайсас чухула д1аса б1аьрг туьйхира. Йоккхачу эвлара Меънийчу схьакхелхаш Халада шаьшшинна уггаре а оьшург бен схьа ца еанера. Дечиган маьнганна т1ехула тоьхна куз. Цу т1ехь кхозу тиша топ. Пеша уллохь, хьастамна т1е оьхкина суьлхьанаш, терхи т1ехь – Къор1ан. Маьнганна т1е тийсина гезарийн ц1окарчий. Царна т1ехь дора Халада ламаз.
Т1ехь яах1ума юуш хилла жима, горга стол. Стоьлана уллохь кегий г1анташ. Д1ора г1ант — Халада ша Казахстанера схьадеанарг  ду олура. Цо гуттар а цу т1е а ***й оьцура ламаз. И г1ант ша дуьххьара Казахстанехь шен куьйга динарг ду олура цо. Беже оьхучу хенахь дина.
Халадан лекха куй. Воне-дикане воьдуш цо т1етуьллуш берг. Эткаш. Плюшан к1адий т1е а хьарчош йиначу жимачу яьшки чохь жайнаш. Цу жайнашна юккъехь дара мацах Халаде Эсилийгара т1амт1е  кхаьчна кехат.
Муха юьтур ю х1инца х1ара чоь д1а а тесна, шел а йина, чу дехкий а хьуьйзуьйтуш, гезгашка машанаш а туьйсуьйтуш? Муха г1ур ю Хойбаха д1а дерриге а д1а а тесна?
«Х1умма а дац. Шо чекхдаллалц Хойбахахь болх а бина, юьртарчу школехь болх лаха хьожур ю со. Аьхка т1аьхьа яхана, Дада а ц1авалор ву шен доьзалца. Бакълоь Салман. Дийна висинарг ваха г1орта веза. Вала-м хала дац. Хьан тамаша бийр бу со яларх а? Яха ду хала. Со ехар ю, Дадин сина хаза хетийта а. Цуьнан безамна а.Хьийзаш боьдучу ламанан новкъахула меллаша хьалаг1ертара Салман а, цуьнан х1усамнана Совдат а чохь долу машен. Салман ойланашка ваьллера.
«Ма цхьатера ца кхоьллина адамаш. Цхьатерра ца делла царна ирс а. Ма нийсо яц кху дуьненчохь ерг. Цхьаволчунна-м дуьнене бохам беъча а ирс кхочу. Вукхуьнан дакъа, дуьне деладелла д1ах1оьттича а, декъаза хуьлу. Мотта-м моьттура т1ом д1абаьлча, дохийна дигначуьра духадирзича, дерриге а дика хир ду. Массо а стагах а ирсан да хир ву. Иштта ца хили. Саьхьаралла туьйли. Вовшен багара яха г1ерта. Къаьсттана, х1уманан чам кхеттарш. Вац, аьлла, Дела д1а а ваьккхина, ахчанах вина дела. Къонахчун дешан мах охьабаьлла. Бан а бац. Ахча ду лелаш дерг. Ахчангахь ю бакъо. Муха ваха веза и дерриге а ган а гуш, хаа а хууш?
Д1а ца нисбелла х1инца а бохийна, баржийна лелийна нах. Цареха  ву, хетарехь, Лайсин да Майрабек а.
 Харц замано хедийна уьйраш, кхолламаш, марзонаш... Атта д1анислур дац-кха иза дерриге а. Иттаннаш шераш д1аоьхур ду чевнашна гонаха мо хьаьвзина ца болуш.
Даймахке духадерзорах х1ун пайда бу, шайн лаьмнашкахь, шайн к1отаршкахь, даккъашкахь, ворх1е а да ваьхнначохь адамаш 1ен дитина ца хилча? Ур-аттала иттех уьстаг1а, говр, стерчий лело йиш ца елча! Я иттех туьма баттахь кхочуш бан белхаш а ца хилча?
«Х1ан, х1ара бу шуна шун бийцаре бийцина, аш сатийсина даймохк! Ле шайна мацалла» — аьлла духадерзий. Ткъа х1ун дийр дара наха юха Казахстане а, Сибреха а, кхечунхьа а д1а ца ихна?
 Царех хир ву-кха Лайсийн ден пекъар а. Д1авахана леллачунна хуьлуш долу има а, беркат а дукха цу пекъарна кхаьчнарг а.
Эх1, зама, зама... Ма тамашийна ю хьо. Адамийн кортош тхьуздолийна зама. Дуьйцург – цхьаъ, лелош дерг – важа.
 Хьаькамаша, къуша коммунизм хесто мегар ду. Дер¬риге а цаьргахь ду. Царна ю коммунизм а, капитализм а, мел оьшург а. Ша массо х1ума а духкуш ду: квартираш, машенаш, кара х1ума кхочу белхаш. Милицехь, суьдехь, райко¬машкахь, обкомашкахь, ша массо меттехь а — кхаьънаш! Тама¬шийна х1ума а ду х1ара паччахьалкх наха д1асаядийна, йоьхкина, кхачийна д1а ца йолуш!
Да цахилар ду дерриге а. Да вац цхьаний х1уманан а. Тахана шега кхаьчнначуьра, олий, катоха г1оьрта муьлхха а.
Хахкаелла йог1учу 1оврашкахь д1адов ц1енчу шовданийн хиш. К1езига-м хир дац хьанала, ц1ена, оьзда адамаш хьаькамашна юкъахь а. Вуьшта, мила ву и ц1енанаш лоьхуш, церан пусар деш, уьш оьшуш? Мелххо а, юьстаха кхуьйсу, церан амал шайнчуьнца ца йог1ий ма хиъинехь.
Доллучул а тамашена х1ума — шайн къомехь бала буй хуъушехь, лакхара хьаькамаш церан хьашташка буха ца хьовсар! Ца йо заводаш, фабрикаш! Наха шайна иштане х1умма а ло ма ца боху 1едале, шайга болх байта боху шайн Даймахкахь! Харцлоь уьш? Доцург дуьйцу цара?  Угаре а коьртаниг ма ду производство бохург! Производство ца хилча кхидерш – дерриге а суьрташ а бахьанаш а ду. Производство йоцчахь нах каетташ рицкъа лаха х1уьтту. Каеттачахь къуй кхуьу. Къуй дебош ду вай вешан республикехь? Къуй беш ду вай вешан къомах? Х1унда ца йо цуьнан ойла?
 …Маца бузур бу техьа вайн хьаькамаш шайн къоме бухахьовса доьналла хила? Ма бузурболуш ца хилла уьш. Ма ч1ог1а мацбелла хилла-кх уьш, дакъаза ма бовларш!
  Ма бехкбоцуш х1аллакьхилира-кх миска адамаш.  Девр дуйтехъа тхо цкъа а шун къилара? Х1ун бакъо ю тхан а шу ца даьхначу дуьненчохь даха?
Бакъо ю, нагахь шун весеташиа муьт1ахь а хилла, вовшашна г1о деш, вовшашна орцах довлуш, вовшашца къинхетаме хилахь. Оьздачу дахаро бен довлуьйтур дац шун бехкана кклхьара.
Оьздангалла... яхь... Нохчалла! Ма оьшура тхуна шу. Эзарнаш шерашкахь дайша дукха йийцинехь а, тахана ма ч1ог1а оьшура шу тхуна!»
Т1едуьллу долчу лайна мотт буьллуш санна охьадижинера хьаннашна юккъехь можа а, ц1ен а г1а. Лаьмнийн ч1ожашкахула шийла х1уо кхерстара. Сирла дара х1аваъ. Серладевллера эзар¬наш шерашкахь дай баьхна хилла маь1-маь11ера даккъашкара ирзеш. Кегийчарна-м уьш ирзеш хилла меттигаш юй а дера ца хаьа х1инца.
    Салмана  г1ийла б1аьрг беттара цаьрга, шена и ирзеш, к1отарш хьовха, цигахь баьхна хилла нах а бевзаш хилла хиларе терра.
    «Дац шу х1инца. Доьзалера цхьа а да ца вуьсуш белларш дукхахо а бу. Наггахь верг дийна висинарг, мичхьа ву а ца хаьа. Цхьана меттехь баха совцар атта нис а ца лой шу-м. Цкъа, хьовхе, Аргун г1ала я Теркайисте доьлху. Цигара цхьанхьа Россех жа, бежнаш лелон. Цхьаверг юьртахь ц1енош а оьций, ц1аван г1оьрта. Вуьйш ткъех шарахь а гучу а ца бовлу. Даьржана ду¬кха г1уллакх, доцца аьлча... Сакъоьруш лела дог хиллачу йисинчу зудчо д1атосу доьзал санна, шайн лааме д1ахецна ду-кха халкь республикан куьйгалхоша».
 
     Сарахь цхьа бетах маска йоьллина зоьртала къонаха веара ор улло.
     - Солом 1алайкум, берзалой! Муха ду ор чохь? – чу мохьбоьттура цо, шена чуьра ма боллу. Ор чохь волу шиъ-м сихха кхийтира, и къонаха я маларо, я наркотикаша вохвина хиларх.
     - Ва1алайкум салам! – ша воккхаха хиларе терра салам схьаийцира Ибрах1има. – Ор чохь дика ду, г1уллакхаша а ца хьийзаво, чуьркаша а ца къийзаво. Чу вале цхьа к1ира даккхал ахь, хуур ду хьуна.
     - Ор-м х1умма а йоцург ю. Ас карцерашкахь даьккхина ворх1 шо. Къонахий товш бу халонаш ловш. Халонаший, баланаший стагах стаг во, аттонаший, сакъоьруш леларой стаг стаг волчуьра воккху, - философии т1е велира маска ерг. – Делахь а шуьшинна баланаш кхана-лама чекхбевр бу. Шар1ан суьдо селхана сацам бина шуьшинна тоьпаш тоха. Ма-дарра аьлча-м кортош даха дог1ура шуьшинан, арсаш а хъьоькхуш. Делахь а, вайн шар1ан суд дукхъа къинхетаме хиларна тоьпаш тоха сай цара шуьшинна. И кхаъ бахьаш веана-кх со шуьшинна.
     Г1ехь хан елира цхьа а вист ца хуьлуш. Эххара а Хьасана хаьттира:
     - Бехк х1у бу тхойшинан дийцирай цу лекхъачу, сийлахьчу суьдо?
     - Вуй! Шуьшинна ца хеа шаьшшинан бехк? – цуецволу сурт х1оттайра маска юьйханчо. 
     - Ца хеа. Тхойшинца х1инццалц схьа кху иттех дийнахь цхьаммо а къамел дина а ма дац, - жоп делира Ибрах1има.
     - Ахь, Ибрах1им, колхоз йиъна, вайн суверенитет ч1аг1ъя, герз эца цхьа сом а ца луш. Ахь, Хьасан, вайн машаре пачхьалкхена дуьхьал активни пропаганда лелайна вайн мостаг1ашкахьа, г1азакхашкахьа а ваьлла. Ур-аттал телевизорш чухула а лелайна ахь и пропаганда, кхи эхь ца хеташ, - мохь бетташ дуьйцура бетах маска йоьлланчо.
     - Со суверенитетна дуьхьал вац, ас и суверенитет говза къовса еза баьхна, кара герз а ца оьцуш! – хьалакхуьйкхура Хьасан. Амма бетах маска йоьллинчо цо дуьйцург цхьане а меха ца лорура:
      – Х1ан, дитал эрна хабарш. Шуьшинна шаьшшинна дика хеа шаьшшингара даьлларг. Ас кхи цхьа кхаъ а боккху шуьшинга. Герз эца ахча оьшу вайн т1емалошна. Цундела ахь, колхоз йиъна Ибрах1им, ах миллион доллар дала дезар ду. Ахь,1илманча, аьлча а, болтун, баь1а эзар доллар дала дезар ду, т1аккха  парг1ат вуьтур ву шуьшиъ. Ц1а вохийтур ву, тоьпаш а ца тухуш. Ас кехатте ручкай ло шуьшинга шайн ц1ерачаьрга язда?  Лаахъ, камерайца яьккхина кассеташ а д1акхачор ю аш аьллаче.
     Ибрах1имна даго гуттара а кху ор чохь мел ву хьехнера х1инцай-х1инцай цхьа ишттаниг дахьаш цхьаъ гучуволукха, бохуш. Ахча а доьхур хилар дагахь дара цунна, амма ах миллион доллмар а, цуьнан ах а вовшахкхетар дацара дерриге а ковкарт д1адоьхкича а, гергара мел волчо шайн таро ерриг вовшахтоьхча а. Цундела иза х1умма а ца олуш, 1адда 1ара.
     - Интеллигентан мичара ду оццул ахча, кхаа шарахь цхьа пара мачаш а, пхеа шарахь цхьа костюм а лелош 1ан дезаш волчу? – мохь боьттура Хьасана.
     - Хьайн къоьла а хууш, 1адда 1ан везаш хиллера, политикай юьккъе а ца г1ерташ! – мохь бетташ т1ера чу кхуьйкхура буьххьеранаг. – Дехой, ненахой, тунзахой боцуш ма вац хьо. Думай, хьайна тоьпаш тоха ца лаахь. Ши де хан ю шуьшинна! Т1аккха а шун нах меттаха ца бовлахь шор1ан кхел кхочуш ца йича ер яц! – кхерам а тесна, сихха къайлавелира маска йоьлланарг.
    - Нахалаш. Боьха х1уманаш. Вайшинчалла а шера хеакха царна вайн гергарчеран оццул ахчанаш вовшахкхетар доций! – юха а мохь боьттура Хьасана. – Аса-м яздийр дац цхьаьнгга а цхьа а дош а. Шайна лаахь кху чохь мацалла а ве, шайна лаахь тоьпаш а тоха. Фашисташ! Хьо стена 1а вист а ца хуьлуш? Мелххо а цаьрга колхоз йоха ца йойтуш, дуьхьалвилларг вац хьо? – т1евирзира иза Ибрах1имна.
     - Вайшинган хьолаца к1езиг бала ма бу церан. Вайшиммо дуьйцург а цхьане а тидаме оьцур дац цара. Вайшиъ кхеро г1ерта уьш. Вайшингара х1умма а ца йолий хиъча я вуьйр ву, я д1авохуьйтур ву. Собар дийр ду вайшимма. Собар ду Далла угаре а дезнарг, - элира Ибрах1има. – Дика ду уьш х1уъа аьлла а, цхьаъ аьлла меттаха бевлла, - т1етуьйхира.
     Цу сараъхь ха деш волчо ор чу тоъал бепиг а, наьрс-помидор а кхоьссира.
 
1957-чу шарахь юха кхуллу шаьш, аьлла Москварчу хьаькамаша бахьана динчу Нохчи-Г1алг1айн республинкехь тур текхо д1ах1иттош болу мехкан дай а цу хьаькамаша шаьш къастийнарш бара. Вайнехан юькъараллин 1илманан да вина охьахаийнарг г1еметта х1оьттина вог1у Гаджиев Рахьим вара. Цул таьхьа, жимма шераш девлача вайнахах ву аьлла обкоман идеологин секретарь а вина охьахаийра Аулов Иван Чеченович. И тайпа тамашена ц1е лелор Ауловна нахана гергахь сийлахь дара: иза ша кхеттал хилале дуьйна детдом олучу меттехь кхиъна вара.
Кху тийпа нисделира х1етахь, цу генаяьллачу заманчохь, цунна ц1е тиллар.
   Салташа НКВД г1ишло чу деара саццаза доьлхуш хьийза цхьа бер.
   — Х1ара х1ун бер ду? — резазоцуш т1ечевхира начальник.
— Х1ара некъа юккъехь охьакхоьссина карийна тхуна. Х1ара оха схьа ца эцнехь дойуш дара-кх тхо к1ело йинчу обаргаша, аьлча а, бандиташа, накъост начальник...
— И бохург хун ду? Мича обаргаша? Мича бандиташа? Бер хьенан ду? И х1ун ю аш юьйцург? — оьг1азваханера начальник.
— Хаац, хьена ду. Вуьшта, долчунна сов-м даьлла х1ара, накъост начальник. Х1ара оха схьа ца эцнехь т1ееттачуьра тоьпаш сацо бохкуш-м бацара обаргаш. Инзаре дукха бандиташ баьржина  вайн лаьмнашца. Ког баккха-м  ца дуьту цара!
       — Цхьанхьа детдоме д1адала деара иза, накъост начальник, — элира уллохь лаьттачу салтичо. — Беран къа ду, кхуьнан дай бандиташ белахь а.
       —Д1алуш цу беран фамили а, ц1е а, ден ц1е а хаа ма еза.— элира начальника, бандиташа  кхерийна  к1елхьарабевлла баьхкинарш а, царел а ч1ог1а карзахваьлла ша а мацца а мета  веана ваьлча.
           —Вай ло кхунна фамилии, начальник? — элира салтечо.
          -  Х1ун фамили лур яра ахь цунна?      
            -  Х1ара бер цхьана эвлара ма ду, миччара делахь а. Цундела фамили — Аулов. Ц1е Иван тилла еза. Нохчаша шайна соваьлла д1акхоьссина а хилча, г1азакхаша кхиор а хилча. Сийлахь ц1е а ю Иван! — шеко  йоццуш элира Гаджиевс.
           -  Делахь ас отчество Чеченович а туюьллу-кх кхунна.  Веллехь а вацахь а цхьа цхьа беркатдоцу бандит, нохчо ву кха кхуьнан да — т1етуьйхира начальника.
         Иштта ц1е кхоллаелира цу беран. Оьрси энкеведен салташа нуьцкъала хьийзийна, нохчийн зудчо дайтинчу беран...       
          Гаджиев Рахьиман а, Иван Чеченовичан а зама  Нохч – Г1алг1ийчохь лаьтта ткъей итт шо сов хан яра.  Уьш  хьоьстура  Москвас  респуб¬лике  хьийсочу  обкоман    хьалхарчу секретараша, КГБ-н куьйгалхоша.  Царна совг1аташ, сийлахь ц1ерш лора, яккхийчу кабинеташ чохь, к1едачу машенаш  чохь д1анисбар совнаха.
        Москвас схьахьийсочу хьаькамийн  а, бухахь царна мот хьоькхучийн а цхьа «зерат», цхьав х1оллам, цхьа байракх яра Грозный г1алийна юкъехь  лаьтташ. Дагна там хуьлура царна и байракх гуш. Цу байракхо ницкь боуьйтура. Хьоьхура, мила ву кху карарчу дийнахь кху мехкан  бакъволу да. И байракх яра -  инарла, масонан Ермолов х1оллам (памятник). 
         Г1ишлошнана юккъехь, къайлазехь лаьттахь а, хаьара хьаькамашна  памятник муьлххачу а г1аланал, муьлххачу а ломал лекха юй. Цу памятнике бохуьйтура цхьаболчара шайн цу къома дерг юьхьа-дуьхьал д1аала йиш йоцурш: «Сан  са парг1ат хир дац кху дуьненчохь цхьа нохчо дийна а волуш! Нохчел сийдоцуш, боьха, тешнабехке къам кхиъна дац маьлха к1ел!»
        Ермоловга яккхий тоьпашца, цамзанашца дайа ца делла къам, Сталине мацаллей, шелоней х1аллакх дайта ницкъ ца кхаьчна къам, х1инца Брежневвий, Сусловвий, цаьрца цхьанабершший х1аллакдан г1ертара орамаш дакъийна, мотт бицбайтина, дин сийсаздина, исторех д1акъастийна, белхан меттигаш къийина, кхетам д1аэцна...
      Москвас схьахьийсочу векалшна дика хаьара мила улло озо веза, мила д1ахерва веза. Цкъа а д1а ца тоттуш, гуттар а уллохь сецабеш латтабора цхьаберш. Гаджиев Рахьиммий, Аулов Иванне  санна берш.
       Гаджиев Рахьимах 1илманча а, яздархо а хиллера. Яккхийчу тиражашца араюьйлура цуьнан атеизмах, интернационализмах лаьцна книжкаш. И книжкаш йийцаре еш, царна т1ехь ярташкахь дещархойн а, 1илманан а конференцеш йойтура.
        Цу массо а книжкийн маь1на цхьаъ дара: вайнаха дицда деза шайн ширделла, реакционни дин, заманан к1орге доьлху историн орамаш, мацахлера г1иллакхаш, 1адаташ, маьрша амалш. Дерриге а къаьмнаш а цхьатерра хиларо бен уьш вовшийн т1етт1а ийзор дац, уьш вовшех д1аоьйтур дац, цхьа советски къам хилайтур дац  — иштта яра цу авантюран идео¬логи. Цундела шен книгаш т1ехь авторо шуьйра даладора терахьаш, вайнехан маса стага меташка маре ялийна, вайнехан маса зуда яхана кхечу къаьмнеха стате маре. Иштта къаьмнаш вовшех эдар доккха интернациональный маь1на лоруре автора.
       И тайпа пропаганда ч1ог1а товра Москварчу баккхийчу хьаькамашна а, цара Нохчи-Г1алг1айчу хьежочу хьалхарчу секретарашна а. Х1унда аьлча, цу кеппара вовшашца захалонаш дан бийлабалар б1ей шовзткъай итт миллион сов долчу оьрсийн къомехьа дара. Миллион а боцчу вайнахе уьш ассимилировать балур бацара. Иза шера хзаа а хууш, цул сов, пачхьлкха юьккъе дог1у къаьмнаш вовшашца эг1а а дина, церагн вовшашца т1емаш а бийлийтина, пачхьалкхе сихха йохо муха йохор яратехь, бохуш, г1айг1а беш леларш а хиллера дуккха а. Цара шайн болх вуно говза беш а хиллера. 
        Гаджиев Рахьимна хаьара, ша лайн амал схьалаьцна хиларе терра, х1ун баьхча товр ду шен тайпа доккха долчу хьаькамашка. Хьаькамаша хьеха а ца хьоьхура Рахьима х1ун баха деза, х1ун язда деза, х1ун дан деза.  Гаджиевна шена  дика хаьара.

       Цхьана юкъехь шен рог1ехь араяьллачу книги т1ехь цо яздора, вайнехан цхьаболу интеллигенташ Ермоловн памятникана дуьхьал бу, иза коммунистически а, интернационалистически а политикца дог1ур дац, бохуш. Ермоловн политикехь цхьацца г1алаташ бен ца хилла бохура Гаджиевс.  Вуьшта, Ермолов вуьззина Россин патриот а хилла, декабристашна г1о деш, прогрессивни ойланаш йолуш а хилла…
     «Патриот» бохург муха цхьанадог1у Россин 1едал а пачхьалкхе а  йохон 1алашо йолуш арабевлла хиллачу декабристашца? Цуьнан ойла к1езиг йора, я ойла ян хаа а ца хеара НКВД-н эпсар лаьттинчу Гаджиевна. Хетарехь, КПСС партин куьйгаллехь лаьттачарна юьккъехь а бара цо шеен политика 1овдал а, бух боцуш а мел лело хазахеташ берш.
      Гаджиевга а, и санначаьрга а ладоьг1ча жима г1алатваьлла ягийна хиллера Ермолове нохчийй ярташ, жимчух а, воккхачух а къинхетам ца беш. «Г1алач ваьлла» йийг1ина хиллера цо нохчийн мехкан дагна юккъехьа кхерам туьйсу шахьарш. К1ез-мезиг г1алат ваьлла лаьцна хиллера Ермолове 1алашо дерриге а нохчийн каьам х1аллакдина, кхачийна д1адаккха, колонизаторшна къарделла, олаллина к1ел совца ца лаьара, аьлла. Уьш эзаршерийн к1оргера схьа цхьане а къоман кога к1ел ца совцуш, таханалерачу дийне схьабаьхкинера, аьлла.
         Къаналгахьа лестанчу яздархочунна Гаджиев Рахьимна а, къоначу  обкоман секретарна Аулов Иван Чеченовичана а дика хаьара Москварчу баккхийчу дайша схьалаьцнарг х1ун 1алашо ю.  Хаьара, республикерчу кхиболчу наханачул а сов. Хаьара, амма ойла йора х1орамма а: «Со цахиларх, сан метта цхьа кхин хир ма ву. Цхьа кхин Гаджиев. Цхьа кхин Аулов. Сан х1ун г1уллакх ду сайн метта кхин хилийта? Айса лелор ас сийлахь ц1е. Тахане  соьгахь ю. Кхане муххале а ю. Ламе-м сан къоман ян а яц.
      Х1орш объективни процессаш ю. Даккхийчу къаьмнаша гуттара а хьалакхоллу кегийнаш. Иза массанхьа а ду. Эрна корта лаза оьшуш а дац. Баккхийчу хьаькамашна товш дера-дерг а деш атта, мерза ваха веза. Со ца вахахь а кхин вехар ву. Ас дуьхьало йора аьлла, соьга хийцадала х1умма а дац. Со хьошур ву, сан метта кхин х1уттур ву. Кхин хьоьстур ву. Кхин велор ву. Со 1овдал   вуьсур ву. Соьх  т1аккха нах бешар а бац. Кхечунна къежар бу, кхечунна хьесталур бу. Кхечунах кхоьрур бу…
      Иштта ма  ду  адамаш. Тоьллачун  хама беш, эшнарг хьошуш. Иштта бу нах, шайн ворхх1е а дена не1алт хиларш!»
  Нах боккъала а 1адийча санна 1ара. Наха боккъала а Гаджиев а, Аулов а лорура. Уьш собранешка баьхкича, цара дуьйцучунна т1араш деттара. Царна къежара. Церан куьг лацар дозалла хета¬ра. Муьлхха а ламарочо, уьш шен х1усаме биссича, ша цкъа а, цхьанне а ца динчу хьесапехь хьошалла дийр дара. Уьш шайн керта биссарх доккха дозалла дийр дара.
 Иштта хьестало нах 1едалан белхалойх, уьш мухха белахь а, муьлуш белахь а.
 Хьестало нах боцу нах. Нах болу нах юьстаха лаьтта, нохчалла ца юхкуш.
      Иштта схьадеана гуттара а. Гутара а хир а ду иштта.
 Нах хьоьгура церан к1айчу, малхо багозачу юьхьан басах, це¬ран ц1еначу духарх, уьш балош йог1учу «Волганех».
  Хьаькамаш-м адамашка хье боцчу бежанашка санна хьуьйсура. Цара маршо лора адамашна шаьш лара, шайх хьега. Шаьш и адам цкъа а шайга хьалакхочур доцчу лекхачу лакхенгахь хетара царна. Ша-ша улло вахана, беран коьртах куьг хьаькхча, я пионеран кочара галстук тойича,  шайгара цхьа инзаре йоккха адамалла яьлча санна хетара царна.
 Мичча райцентре, эвла кхаьчча церан программа шина декъе екъалой хуьлура: официальный  ерг, официальный йоцург. Официальный ерг сихха адамийн тобане дистхилар. Я цхьа деза де бахьанехь, я кол¬лективна цхьа сийлахь грамота, ц1ен байракх ялар бахьанехь. Цул т1аьхьа долалора официальный доцу дакъа: тайп-тайпана даарш, маларш, эшарш, хелхарш. Илла а, билла а хила дезарг: коньякаш, шатайпанчу шишанаш чохь къаьркъа, шашлык...
 Гаджиевс а, Ауловс а шаьшшингахь    дерг цхьадолчунна декъаза де а лорура. Цаьршинна гора шаьшшинна уллора кхиболу хьаькамаш муха бехаш бу. Хьалхарчу секретарашна, министрашна, мах лелочу хьаькамашна, ахча шашаха хи санна т1е1енара. Царна гергахь шаьшшинан алапа а, книжкех схьаоьцу гонорар а хьанал ахча хетара партин идеологашна.
Шаьш д1а кхаьч-кхаьчначохь шайна бухара куьйгалхой а, цаьрца цхьана догц1ена адамаш а къежча, цара шайга эсала мар¬шалла хеттича, шаьш декъал дича, Гаджиевна а, Ауловна а, цаьршинга террачарна а моьттура кху доллучу а къомана юккъехь ойла еш, х1уманах кхеташ, хьуманан бала болуш стаг ван а вац. «Кхитайпа хьаькамаш-м кхарна оьшуш а бац» — 1ехабеллера уьш.
Амма ойла еш, дог эт1аш, ша дерриге а ма-дарра шера ган а гуш, хаа а хууш нах шорта бара. Уьш бара т1екхуьчу къоман интеллигенцина юккъехь, студенташна юккъехь, школерчу дешархошна юккъехь, муьлхха а хуьлуш лаьттачун ша шен коьртаца ойла ян к1адо ца ечу нахана юккъехь. Царна хаьара, гора гаджиевг1арий, ауловг1арий, шайн боьхачу, стешхачу когашца хьоьшу къоман дин, истори, г1иллакхаш, амал, сий. Гора, амма са деттара. Са деттара, хуьлуш лаьттачунна вовшахкхета ницкъ цкъачунна г1ийла хиларна. Говза д1анисделла хетара кху   системехь   дерриге а.
Нахана цхьаццанхьа совнаха каетта аьтту баьллера: ядош, лачкъаш, совнаха т1еяздеш, кхаьънаш оьцуш, спекуляци лелош, «шабашкехь» бозбуунчаллаш лелош... Цу кеппара каетташ волу стаг, мелла хилла а ша-шех вогуш хуьлу. Цара т1еоьцу, могуьйту, къобалйо муьлхха а идеологин авантюраш, шаьш каетта битичахьана... Цундела, чекхъюьйлу и тайпа авантюраш, адамаш законашца нийса ца хиларна, уьш шаьш лелочух богуш хиларна...
Мел лакхарчу а хьаькамо реза хуьлий т1еоьцу шен къоман сий лахдеш йолу муьлхха а концепци, ша шен са меца гай дузо витичхьанна. Республикан бакъонаш йолчу т1е а жимья, ур-аттал шовинистийн а, сионистийн а луург кхочушда республика йохо реза хир бара уьш, шайн багара марш д1а ца баьккхичахьанна, къоман синкхетам, синлерам алсамболуш хилар к1еззиг а тидаме а ца оьцуш. Иштта 1ена ц1ий. Иштта кхочуш хуьлу Йилбазан луург.
И ца хууш бацара республика метта х1оттийначу дийнахь дуьйна цунна т1ехь эксперименташ еш берш.
1адийча санна, не1алтан ц1ен марчо хьарчийча санна 1уьллура ерриге а Нохч-Г1алг1айчоь, дерриге а вайнехан къам.
Т1е хьун, къух, кондарш евлла 1охкура даккъийн басешкахь даьхна хилла ирзеш. Т1улгийн гунашший, акхабевллачу стоьмийн дитташший бен ца дисинера мацах к1отарш лаьттинчахь. Ах к1отарш-м шайн дай мацаллий, шелонний белла йисинера, юхаверза да воцуш. Важа йисинарш а 1едало нуьцкъала йохийнера, дийна бисинараш а юха ца берзийта.
Го баькххина долчу дуьнент1ехь нах бехачу меттигашкахь заводаш, фабрикаш дебаш, кхузахь еш х1умаа а яцара. Ма-дарра аьлча, адамашка цхьанхьа къахьега бохура, дала х1иттий, бинчу балхана тоъал алапа а ма деха бохура. Тоам бе бохура шаьш шайна ц1ечу к1адийна т1ехь язьен лозунгаш еша бакъо яларх.
Нах х1етте а баха г1ертара къайллах,  кхоьрруш, шаьш цхьан¬не къола деш санна. Шаьш дика баха г1оьртича  коммунизм ц1е йолчу ялсаманина цхьа тешнабехк хуьлуш санна...
    Цхьа юкъ еара, лам 1еттош санна, г1алг1айн халкъо шайн кийра ца таръелла г1айг1анайи, харцонаш аракхийссина. Уьш Грознехь майданна т1е х1иттира шайн ворх1е а дегара дисина латта, шайн ярташ, шайн кешнаш схьадоьхуш. Цуьнах йоккха г1овг1а яьржира.  Рог1ера «доккха эхь» доьссинера вайнехан халкъана т1е. Рог1ера не1алт кхайкхийра царна и халкъ цкъа а ца дезначара, и халкъ даима а мостаг1а хеттачара.
     Б1аьргийн ц1къоцкъамаш оьг1азе дусийра шаьш кхоьллинчу Нохч-Г1алг1айн экспериментан республикана Москварчу лакхарчу хьаькамаша. Меттахдаьлла «1овдал, тешам боцу» халкъ кхето чубахкийтира партин школаш чекхъяьхна кхечу къоман куьйгалхой. Царех цхьаъ вара Ширшяев. Цу куьйгалхоша дозаллийца къобалдора Москвас шайга кхачийна инзаре доккха г1уллакх.
     Амма Москва шекьхила оьшуш-м дараца. Мичча Ширшяевга царал а дика и церан мисси кхочуш йира йолуш бара бухахь болу гаджиевг1арий, ауловг1аррий.
     Цу шерашкахь кхоччуш меттахваьлларг Гаджиев вара. Газеташ, книгаш, телевидении а, радион а передачаш, лекцин аудитореш, ша ерриге а пропагандан  г1ирсаш д1абуьзнера цо, т1ом хилале а, т1ом   болабеллачу а шерашкахь вайнаха вовшахйиттнна «бандитийн» тобанаш юьйцуш.
1адийна 1уьллучу республикна т1е дуьттуш долчу д1овшо сакхате еш ерг коьртачу декъана интеллигенци яра. Шайн алапийна т1ехь йолу, хьанала къахьоьгуш йолу интеллигенци. Цаьрца цхьана студенташ а, ойла еш мел болу кегирхой а.
Кхидолу адамаш-м даха г1ерташ, цхьацца аьтту лоьхуш хьаьдда лелара, дуьне мел ду. Царна ца хаьара гаджиевг1ара т1едуьттучу д1овшан ойла ян, цунна дуьхьало ян. Интеллигенций, дешархой-м ауловг1еран карахь бара. Цхьа дош оллушехь, уьш д1асовцабора, «националист» — олий, кхерабой.  Уьш шайн, къаьсттанчу терахьа т1ехь лелабора.
 Партин идеологаша а , чекисташа а ойла йинчух тера дара: ванах, кхин х1ун ду техьа цу ламароша дозалла а деш, церан даг т1ехь куралла латториг, царна шаьш шайх нохчий, я г1алг1ай баха к1орда ца дойтуш дерг? Х1аъа! Шеко яц. Церан  дагахь лаьттарг Кавказан т1ом бу. Иза дага оьху царна. Иза дагара ца баьлла царна. Лаьхкина Казахстаней, Киргизей д1а а бигна бух х1аллакба г1ертарх, схьа а дохуш, кешнашкара шайн дайн чарташ когаш к1еллий, хьакхарчийн ферманийн пенашка доттарх, б1аьвнаш лелхитарх, тептарш дагийний, лечкъийний д1адахарх, кешнашкахь ирахъ яхийтина г1азот хиллачеран х1олламаш охьадеттарх, х1уа дарх а дагара баьлла хир бац царна Кавказан т1ом. Б1е шарахь герга шаьш латтийна т1ом...
Генна д1аяхана истори-м, шайна гучу мел яьлларг, лоре лачкъайора оцу «1илманчаша». Лерина лачкъийна латтадора цара вайнах шайн орам эзаршерийн к1оргене, Шеме, Нахчере (Метане) Хурри (1уьйренан) махка, Урарту олучу паччахьалкхашка д1абоьдуш хилар. Лачкъийна, вайнахана ца хоуьйтуш латтадора шайн дай хурриташ а, Римана культура елла хилла болу этрускаш хилар. И хурриташший, этрускашший дуьненчу уггаре а хьалха цивилизаци йиллинчарех хилар...
И дерриге а д1ахаийтича муха дицдойтур дара т1екхуьучу кегичаьрга шаьш нах болчу нехан т1аьхье хилар? 
     Х1ан-х1а. Генаяьлла истори-м хьехочохь а дацара. И истори багах яккхар а империалистний идеологически диверси ю бохуш докладаш кечъйора ауловг1ара.
      Миччара! Гена яьлла истории-м  хьехочахь а дацара. Обкомо шен бюрохь республикан 1илманан-талламан институтана  бехке леринера историна дукха к1орге г1ертар. Шаьш беш болу талламаш коьртачу декъана атеизманий,   интернационализманий   т1ехьовсабе,  бохура 1илманчашка Кремло ваийтинчу хьаькамо. И баха шаьш кхуллучу экспериментан  республикан  хакъволчу хьаькамо!
      Цу юккъехь  х1оьттира вайнехан Яздархой союзан правлении председатель а цхьа дош вайнехан маттахь хууш а воцу оьрси...  Бакъдерг аьлча, нохчашка а башха цигахь дойтуш х1ума а дацара. Жимма меттаха ваьлларг т1е з1акарш тухай, д1авоккхура.
      Муьлхха эксперимент а чекхйолура, коммунисташай, чекисташай йинарг. И эксперименташ 1овдал, адамаш а, къаьмнаш а вовшашца гамдеш, эг1ош х1унда хуьлу, бохучун бала болуш а к1езаг хуьлура. Гарехь, Америка коьртехь а йолуш, советан пачхьалкхе йохош дахьош болу некъ генара, к1оргера схьабог1ура. «Шийлачу т1амехь» США говза лелара. СССР – ан дайшна трибунаш т1ера даккхай къамелаш данне бен ца хеара…    СССРан мостаг1ий  тешнера: организм х1инца дийна яц. Дийна елахьара жима мукъа тохалур яра. Меттаха ер яра. Еллачу организмана т1ехь х1уъа а далур   ду.   Далур ду!  Муьлха до вай кху муьрехь Къилбаседа Кавказехь?
       Дагадеа! Дагадеа! Кавказан т1ом ма бу царна дагахь берг. Шайх Мансура айинчу туьраца, цо кхайкхинчу г1азотаца д1аболабелларг! Х1ан-х1а. Цунах г1уллакх хир дац. 1эхаделира шу, нохчий г1алгай. Шуна т1ехь эксперименташ яр-м тхуна дика кара, хьаха, дирзинера. Шуна-м, оха «х1уьси!» — аларга са а туьйсуш 1аш гаджиевг1арий, ауловг1аррий, хьаха,   бара.   
      Москвас къастийра шена луург каде а, х1айтъаьлла а ден дерш – гаджиевг1арра, ауловг1арре. Говза кьастийра.
— Историс доккхачу маь1ане лору  идеологица боьзна беш болу болх.
— Лору! 1аламат  доккха маь1ане  лору!
— Кавказан т1ом  даг чуьра ца болу тахана а ламаройн  т1аьхьенна.
       - Ца  болу! Баллане а ца болу!
            — Цо новкъарло йо вай бан г1ертачу халачу, сийлахьчу интернациональни балхана.
               - Йо. 1аламат йоккха  новкъарло йо!
             - Цо иркара х1иттайо вайнехан шайн д1аима а  парг1атонехьа лаьттина хилла ойла;   
— Х1иттайо! Дера х1иттайо!
             — Цундела и Кавказан т1ом хилла а бац аьлла 1илманан бух кхолла беза...
- ???
            - Цец ма вийалал шуьшиъ. 1алашо 1илманчашка д1айовзийта. Шаьш г1о а де. 1илманчаш карор бу шуна. 1овдал ма бац 1илманчаш  а. Царна юкъахь а ма бу сийлахь ц1ерш езарш  а, даржаш дезарш а, совг1аташ дезарш а...
       -  Бу! Бу! Дер! Болуш бу! Хир болуш а бу!
       - Белахь, д1адовзийтал царна вайн керла мехала исторически концепци!
       —Д1а а йовзуьйтур ю, цу инзаре хьекъалечу концепцина бух кхуллуш тхаьш 1аламат доккха дакъа а лоцур ду! Гора вай я1, «Дуьхьало йина ца 1аш — т1елата!» — шайн идеологехь яьржинчу коьртачу лозунган дешнаш а аьлла, д1аиккхира Гаджиевий, Ауловвий, шай-шай хьалхавала а г1ерташ.
     Цул т1аьхьа йоккха  хан ялале экспериментан республикехь д1адаьржира инзаре тамашена керла х1ума: «нохчий а, дег1астанхой а шайн парг1ато къуьйсуш ермоловг1еран къизаллина дуьхьал летта а бац. Нохчий а, г1алг1ай а ши б1е шо хьалха шайн лаамехь бахана  цу паччахьан олалли к1ел, лаьхьанан бага эккха пхьид санна. Нохчийн къам гуттара а Теркал дехьара г1алг1азакхий маьрша баха да буьтуш, къуй хилла дела паччахьо масех экспедици йина хила ламчу. И экспедицеш дукха ч1ог1а юсийна йийцина хилла пачча¬хьан заманахьлерачу историкаша. Цара харц тиллина хилла и ц1е а: «Кавказан т1ом». Ма дарра аьлча, и т1ом хилла а бац. Гой шуна х1ара документаш…
    Юха а д1асалестон долийра ц1ен к1адийнаш. Царна т1ехь – керла лозунгаш, плакаташ. И дерриге а сихха д1алоцура ц1ечу к1адийно гипнозе дигначу адамаша.   
    1адийча санна 1уьллура Нохч-Г1алг1айчоь. Цхьана хенахь алссам нах болу нах, къонахий, къонахийн дош, нохчалла лелла вайнеха шира латта.
       Цхьана пхьоьханахь воккхачу стага дуьйцура:
       — Мацах эвлаяаша хьехна хилла, цхьа зама йог1ур ю вайна бакълуьйриг воьлхуш, харцлуьйриг воьлуш. Тамашена х1уманаш гур ду нахана. Адамаша вовшийн дуур ду… Суна моьттура цу адамаша вовшийн кхехка а деш, дуур ду. Уыш хиллера тешнабехкашца, ямартлонашца, шалхонашца дакъаза а бохуш, буур болуш. Дера ю харц зама. Има доцу зама.
Уллохь лаьттачу жимачу стага т1етуьйхира:
— Зама керчаш, гобохуш, амалш тайп-тайпана хийцалуш д1аг1ур ю аьлла ду 1илмано. Цхьа хан йог1ур ю тахана вай юьхьара лаьцна хилла 1алашонаш бакъеш а. Цу заманчохь дукхахболчара  шайн жам1 вайн таханлерачу газетех, съездийн а, пленумийн а сацамах дийр ду. Амма царна гур дац вайна тахана гуш дерг. Царна дика хуур дац вайна тахана хууш дерг. Хьоладай юккъехь боцуш, адамашна юккъехь нийсо йо а аьлла, дерриге адам а вовшашца эг1ийна вай. Харцонца, хьарам х1ума яккха аьтто берг наггахь а вац шен гайн г1айг1а ца беш. Хьал, эхь, сий, нохчалла, дерриге а - духкуш ду. Эхь а ца хета гуш лаьтташ цхьаъ доллушехь важа дийца. Адам талхийна, сакхатдина кху шалхонаша. Дуьйцург цхьаъ – лелош дерг – важа.
**
Яхъеллера гуьйренан йочана. Наггахь, малх къегина деанчу дийнахь сихлой,  йол колхозийн фермашка д1акхачо г1айг1а бора Ибрах1има. Вуьшта, дукхахдолу денош-м цхьаний х1уманан а йист ца йолуш, эрна доьлхура. Стохка дуьххьара бахамаллин г1уллакх т1елаьцна волу директор, цецваьлла ца волура д1аг1оьрт-г1оьртанчохь 1итталучу халонех. Хьаькамаша шаьш-шайна ечу халонех...
      Машино-животноводчески станцина юьхьанца химически удобренеш чуяхка склад ян а, техника к1ел х1отто раг1у дан а ахча схьахецнера. Еттинчу кибарчигийн а, шиферан а, цементан а лимит а еллера. Болх вовшахтохаран г1уллакх директорна т1ехь дара.
       Ибрах1им воккхаверца волавелира г1ишлошъярхойн бригада вовшахтоха а, схьабелла г1ирс лома хьалакхачо а. Амма воккхавер кестта дуьйхира. Цхьаний а складехь бог1уш болу г1ишлошъяран г1ирс схьа ца хоьцура, цхьацца бахьанаш хьийзош.
— Х1ума езий царна-м, 1овдал, — кхетийра Ибрах1им цхьана сарахь дас 1абдурахьмана - Ахь д1а х1ума кховддолц г1уллакх дир дац хьан цхьаний а завсклада. И цахаа хьо жима а вац.
— Ас муха, мичара ло царна «х1ума»? — кхохкийра директор. — Аса-м вуьшта а ма дац, д1асахехкалуш, кху ц1а кхачош цхьа а кепек а.
— «Директор» аьлла ц1е хиларх ца тоьу, к1ант, кху вайн заманчохь киса даьтт1а хилча. Цхьана аг1ор ка ца йиттича г1уллакх д1а ца доьду. Шариповс хьо хьаькам х1оттийна визятка и йоцуш, и меттиг юьхьанца хала а хинйолу дела, цига г1ерташ башха нах а ца хиларна. Вуьшта, цхьа нахана юкъахь лелла йолу борз цу метиге кхаьчначул т1аьхьа, цо хаза меггарг шена пайда а бийр бара, хьаъкамашца дакъа а дийр дара. Шариповс хьо а веха латтор вац хьуна цигахь, ахь т1етаь11ина х1ума а йоккхуш, хьайн г1уллакх д1а ца кхехьахь.      
— Ахь х1ун дуьйцу, Дада, — куьйгаш д1асаластийра Ибрах1има, — сан-м юхашара ши эзар тонн гергга йол яй, кеч а йина, колхозашний, совхозашний д1аяла езаш! Мичара, муха яккха боху ахь соьга и «х1ума»?
— Йол кечъе. Эзар тонна паччахьалкханна д1а йоьхкинчохь ах б1е тонна нахана йохкарх цхьаний а дена хуур дац. Хиъча а, башха цец а бевр бац. Мила ву тахана х1ума ца йоккхуш? Гулйина г1еххьа сом-ком хилча, язийна стройматериал схьаерзо а аьтту хир бу. Баьхкина ревизораш д1аберзо таро а хир ю. Вуьшта, хьуо а вац хьо ваха хаа везаш? Цундела, 1овдал а ца хуьлуш, ас хьайга боххург де. Дохко вер вац хьо. Хьуна хала хетахь, ас лохур бу хьуна йол езаш нах-м. Цхьана элан салазах ткъей итт-шовзткъа туьма ахча ло 1аьна юккъехь. Ткъех тонн йол ахь д1айоьхкича а, диъ б1е туьма гергга сом-ком ю хьуна. Казахстанера шабашке баханчуьра баьхкина нах бу докъар доцуш, б1арз а белла, хьийзаш, цара д1аоьцур ю хьуна иза-м, 1ана-йожа а ца юьтуш  т1****табелла. Дика а ма хуьлу ламанан йол. Жарж бао ца оьшу бежнашна, ламанан йол яош хилча.
 Дас дукха  парг1ат  дуьйцура и дерриге а.  Аддам а вацара и шиъ волчу чохь. Ибрах1им стан¬цин директор вахана аьлла шена хезначу дийнахь дуьйна дан кечдина дара дас к1анте и къамел. Тховса, хетарехь, ма-оьшшура аьтту нисбеллера.
—  Аса ойла йина ахь бохучун, — мацца а элира Ибрах1има. — Со а вац батта т1ера охьавоьжна. Хаьа суна кху вайн заманчохь наха ца лелош а, нах цецбийла а дисина х1умма а доций. Суна йол йохка дагадеъча, иза оьцуш нах а карор бара. Цкъачунна сан иза къайла а ериг хир яра. Жим-т1ама сом-ком а гульяла мегара. Хетарехь, ас ишттаниг лелор ду моьттуш а хир бу дуккха а нах а. Амма со йол йохка волавеллачу шоллаг1чу дийнахь нахана со осал хетар вара. Уьш сох тешар бацара. «Иза-м шен кисанан дуьхьа лелара» — эр дара. Со и тайпа 1алашо лаьцна вахана вац цига. Я иза леладе, аьлла, Шараповс вахийтина а вац. Йоккха со¬циальна программу ю, Дада, охашимма цу лаьмнащкахь кхочушъян юьхьаралаьцнарг!
— Парграммай болх-м ца хаьа суна, ахь шайна д1акховдош х1ума ца хилча, цхьаний искладехь а хьуна цхьа а мегарг хьастам  а лур боций хаьа-кха. Цхьацца шайна новкъа йолу х1уманаш-м лур а хир ю хьуна цара, ахь еана кегъелла, аьчкабетонан плиташ а тишъеллачу ц1ерпошта т1ехьара схьабаьккхина яй а санна.
     Ибрах1им ойланашка вахара. Ша дена чай дуттуш мел 1а а, дуьхьалтуьйсура цунна ша д1а мел кхаьчначохь лелош болу бала.
— Г1ирсашна-м х1ун ден дарий. Уьш-м Шариповга обкоме з1е хьийзайойтуш а нисба хьожур варий. Расценкаш а ма ю тхан ч1ог1а лахара. Ца лаьа нахана цу расценкашца болх бан. Дан х1ума а ца хилла, сайн бакъо йоццушехьа, нахана шайна йол яккхийта жима-т1ама цанаш д1аекъна ас-м.
— Жимма сом-ком яьккхирий ахь? — довхачу чайна т1е х1уп а бохуш, хаьттира 1абдурахьмана
       -  Д1авала д1а! Цаьрца цхьане болх бан ца дезара сан?
— Хьуна цхьа х1ума хаьий, к1ант?
— Х1ун х1ума? — дена улло охьахиира Ибрах1им, шена а чай а доьттина.
— Х1ума а  йоккхуш, кисанахь шай-кай йоцу стаг шел лахарчара а ца лорий хаьий хьуна? Цунна арз а атта  яздо, цунна дуьхьал а лоь. Цхьацца кхерамаш а туьйсу. Туьйсу, и кхоьрий хууш. Кхоьруш хила ма веза  киса даьсса хилча, ишттаниг атта воккху балхара  д1а а.
Ткъа шайн хьаькаман шортта д1аяла х1ума юй хиъча, нах 1адда 1а, шаьш мел тийсаделча а иза д1авоккхур воций а хууш.   
Нах-м, к1ант, ж1аьлеш дай, вовшийн багара яккха г1ерташ. Цхьаллига цхьана дас эр дац хьуна ахь йол ца юхку, хьо мел ц1ена велахь а! Цундела хьайн аьтту баьл-баьллачохь жим-жима йоккхуш, х1ума яккха. Гуллур ю хьуна. Балхахь висахь-г1иллакх кхин а дика д1аг1ур ду хьан. Д1авоккхуш хилахь а, байттамал дац, Сом-ком хилча, болх кхечухьа а нислур бу, нехан луург далале.
— Хьуна цхьа х1ума ца хаьа, Дада.
— Х1ун ца хаьа суна? – т1ечевхира да.
— Со-м цхьаъ хилла ца 1ай кху сан белхан г1айг1а йолуш. Соьца-м Шарипов вай!
— Да хьакхийца воллийла сан, Шариповна а к1ордор вацахь хьо текхаван! Цкъа, шозза, кхузза, г1о дийр ду хьуна цо. Оьшуш хилахь, ондда накъосталла а дийр ду. Т1аьххьара а, к1ордор ву. Хьаькам-м ша шен балхах а, дег1ах а жоп луш хила везий. Шариповн кхин а ма ю кху районехь шортта г1айг1анаш, хьайнаш йоцурш а. – Жимма сецна, т1етуьйхира: - Цул сов, киса даьсса а долуш иза Къосумг1ераххий, Хансолтаг1ераххий тийсалуш велахь, цуьнан иза чекх а дер дац. Ша вухур ву. Хьажалахь, иза цу нахана хьаьвззина вохкалуш. Сан б1аьрг бокхур бу ахь, нагахь ши шо хан ялале я иза цара эца ца эцахь, я балхара эккха ца вайтахь. Шарипов т1е ца верзарх х1ун ду, Шарипов карахь волу хьаькамаш а цара эцна хилча! Грознехь хевшина 1ачара могуьйтур дац Шариповна шайна шура луш долу хьелий д1алакъайча. Я шен шура яла деза цуьнан, я шура луш берш 1адда бита беза. Иштта ю, к1ант, 1едалан амалш гуттара а, массо а заманчохь а. Кхид1а а хир а ю, вай эхарта дерззалц.   
— Иза а замано гойтур ду, Дада. Хьуна ма моьтту осала стаг вац Шарипов.
— Замано хьуна гойтур ду, сан к1ант! Суна х1инццехьа а гуш ду! Суна дукха х1уманаш гайтина кху замано.  Москва чохь д1аоьцуш  ю взяткаш! Хьуна хьуо цхьаъ ц1ена хиларх, ц1анлур ю моьтту х1ара ерриге а пачхьалкхе? Так  что, схьаяккха хьайна йог1ург, хьайн аьтту боллучуьра. Т1аьхьа байт¬тамал хир ду хьуна. Со а лаьттар вац  гуттара  хьуна хьехараш дан. 
— Хьо тховса буьйса йоккхуш 1ай, Дада?
— 1ийр ву со. Кхана 1уьйрре д1аваха атта хир ду суна.
Х1ума йиъна ваьлча, 1абдурахьман т1ера х1уманаш д1а а ца йохуш, мьнган т1е д1атаь1ира.
Ибрах1има х1инца шо хъалха санна аьттехъа а ца дуьтуш, д1а ца тоьттура ден хьехарш  хеара, цаьрца  маъ1на доллий.
Хьастаг1а агропромехь цхьа бухгалтер т1ееара, евзаш  а йоцу:

- «Хьо вуй Макаев? Уьстаг1ий дуй шун цигахь? Иттех кила жижиг яздар хир дарий-техь?» — «Хир дац» — аьлла, д1аяхийти. Ткъа кхана 1уьйрре цунах г1уллакх 1отталахь? Цо а эр ма ду, яша а ца ешаш, «хир дац».
Докъарийн отделехь цхьа кхин пенсионер ву агроном ву бохуш, хиъна 1аш. Цо а хоьтту: «Моз дац шун цигахь? Ламанан моз ч1ог1а дарбане хуьлу бохуш ма хезнера суна...» Цуьнга а эли, ца хаьа сайна, хьожур ву суо. «Хьожур ву» бохучух а «дахьар ду» — бохучух санна ма кхетта иза а. Б1аьргаш а къарзабой 1аш хуьлу х1инца, гучу ма веллинехь. Ша массо а д1аезаш бу-кх, дакъаза ма   бовларш! Онда х1ума ду-кх кху нахехь йолу мацалла! Белхан, адамийн, къоман г1айг1а еш верг ца волу-кх наггахь а! Доккха х1ума а ма ду х1ара-м!
— Кху т1аьххьарчу шерашкахь х1ума а ца йоккхуш, хьанала къахьоьгуш волу цхьа а колхозан придсидател, совхозан директор, кхин а и тайпа хьаькам чекхваьлла гиний хьуна? — ша 1уьллучуьра схьакхайкхира 1абдурахьман.
      - Хаац суна-м церан массеран а мах хадо, - шийла жоп делира к1анта.
— Суна-м хаьа. Х1ара 1едал-м доьхна д1адоьдуш дай. Ткъа шарахь лаьттар ду х1ара доьхний а ца хууш, - аьлла боху мацах х1уманаш хуучара.
Дас кхин а цхьаъ дуьйцура. Ибрах1им цуьнга ла а ца дуг1уш, корехула ара бодашка б1аьрг бетташ 1ара. Станци схьайоьллушехь разнарядкехула язина яра ц1енна «Камаз» ши машен, тракторина таьхьа тосуш долу йол хьокху г1ирсаш. Машенаш схьяла еза хан ши бутт хьалха чекхъяьлля. Агропромерчу ин¬женера къадийра хьастаг1а, и ши машен кхечарна д1аелла, аьлла. Цхьаццаммо шабар-шибарш до, х1ора машен йоккхуш шовзткъей итт туьманаш дала деза, бохуш. Мичара лур ду? «Айхьа цу машенна т1е вохуьйту волчу шофере далийта ахь. Цо лур ду хьуна иза-м, эшахь б1е туьма а, ахь ша иза схьадаккха витичхьана. Помидораш  я хорбазаш эций, цкъа-шозза Россех вахийта ахь, цо теттана х1ума яхьар ю хьуна а, шена а»,— хьехар дира цхьана вевзаш волчу юьртарчу шофера  а.
  Х1у дан деза? Шариповх дагаваьлча х1ун дара-техьа? Райкоман хьалхарчу секретараца дуьйцуш хуьлий-техь ишттаниг? 1овдал хетар вуй-техьа цунна со? Нийса д1а а ца хоттуш, хьийзош хаьттича муха хир дара-техь ?
      — Дада.
      — Х1ун  боху ахь?
       —Шайна сом-ком ца кховдийча, ц1ена машенаш схьа яла ца леа  г1алахь болчарна. Цхьа некъ лехна, иза аса дича, нагахь иза кхано гучудалахь, Шарипов юьхь1аьржа х1оттаво-кх ас. Цунах дага ваьлча х1ун дара-техьа?
  - Муха, со г1алахь болчарна визятка яла воллу аьллий?
— Иштта ца алахь а, иза кхето?
— Х1е-х1! Цундела ду-кха хьо х1инца а бер! Вуй, райкоман сек¬ретарь оьг1аз г1ур вуй ца хаьа хьуна, ахь ишттаниг юьхьа-дуьххьал шега хаьттича? Цо цкъа а эр ма дац хьоьга кхаь1наш кхийдаде, законехь доцург леладе. Цуьнан багах схьа иза хьоьга ала йиш ма яц! Вуьшта, ахь керла машенаш яха ма еххинехь, цунна шена хуур ду хьуна, уьш хьуна эрна ца хиллий. Иза-м иштта 1овдала а хир ваций. Ахь ишттаниг шега къадийча а цо хьоьга х1ун эр дара хаьий хьуна?
— Х1ун эр дара?
— Дер эр дара, «Хьо ву цигахь хьаькам. Хьайна дика хуур ду хьуна дан дезарг!» Хьо-м цо куьг а лаьцна лелон везаш ваций. Хьуо волчохь хьайн белхан да хилахьа, зама а, адамаш а девзаш, соьга дукха а ца бохуьйтуш.
 Ден дешнаш стохка санна д1а ца тоьттура к1анта. Кхета¬ра, нагахь ц1еххьашха Шарипов гучу а ваьлла, цо аьтту ца бинехь, шен х1инцале колхозера д1авала дезна хир дарий. «Ткъа хьанна т1е г1ур вара? Мичхьа лохур яра нийсо? Мичча а арз  яздича а, орцаш даьхча а уьш кхузза райкоме юхакхочур дара. Нахана хетарехь 1овдал а вуьсур вара. Тоьлларг бен ма ца лору наха. Эшначун сий ца до, иза мел инзаре харцоно эшийна велахь а. Иза нийса хила а мега цхьана аг1ор. Ша эшавайта хьакъ вац къонаха. Эшавахь а, эшначохь къарвала мегар дац.
Диван т1е д1атаь1на, тахана деана газета караийцира Ибрах1има.
      «1985 шеран апрелехь хиллачу Пленуман сацамаш кхочуш  беш, хийцина юха д1ах1отто езар ю экономика а, социально-культурни 1ердахар а.   Шен барамца, шен маь1нийца хийцина юхад1ах1отто езар ю  революционный процесс...»
«Дешнаш, дешнаш, дешнаш... Ма дукха дуьйцу, массо а аг1ор а хьийзош. Хьастаг1а веанчу лекторо дийцарехь-м, пачхьал¬кхехь 1аламат хала хьелаш кхолладелла хилла. Дийца-м дуьйцура  х1инццалц, вайн хьалкхехь массо а х1ума а массерачул а дика долуш санна... Мила 1ехош  хилла? Шаьн-шайн.  Х1унда? Мича бахьанина?
Ма тамашена х1уманаш ду х1орш. Б1арзделла-техь адам? Х1ан-х1а. Адамаша-м бакъдерш, хьаха, дуьйцу. Цара дуьйцурш д1алоцуш стаг вац-кх. Мостаг1а хуьлу бакълуьйш волчух. Цундела нах 1емана. 1амийна. Трибунашна буьххьера цхьаъ дуьйцу, шаьш кхо-виъ вовшахкхетта-кхеттачахь кхин дуьйцу.
Маца йог1ур ю техьа бакъдерриг майрра д1адийца йиш йолуш, д1адийцича иза д1алоцуш зама? Йог1ур а юй техьа иза? Дерриге а д1аниедала мегара-кха бакълуьйчаьрга ладуг1уш 1едал х1оттахьара.
Вуьшта, х1инца, цкъа кху сохьта-м цхьа бозбуанчаллаш леха деза куьйгалхочун шен г1уллакх жимма а д1адахийта. Т1етаь11ина болх а беш, планал сов даьккхинчу докъарах жим¬ма х1ума «на лево» ца яхийтахь, ер моьттуш вац со. Т1аккха х1у хуьлу цуьнах? Соьх а ца хуьлу уьззу Къосум?
Маржа я1, Шариповн дагара хууш мукъа делара ма-дарра. Цхьана хенара ши стаг мукъа велара тхойшиъ. Т1аккха атта хила мегара. Х1инца хала ду дагахь ма-дарра д1адийца а, цуьнан дагахь дерг хаа а.

Малх кхетта, даша доладеллера декабрь беттан юккъерчу деношкахь алссам диллина ло. Самукъане дара лаьмнашна юккъе деана, екхначу стигланна к1ел даьржина де. Яртийн урамашкахь, пхьоьханашкахь лаьттара  кегийчу нехан яккхий тобанаш.
Дехьа-сехьара хьошалг1а веанчунна хеталур дара, кху ярташкахь деза де долуш, нах балхана мокъабевлча санна. Вуьшта, кхузахь вехачунна-м хаьара, белхан де а, мукъа де а вовшаха кхузахь къаьсташ а доций, бан болх боцуш, мокъа лела нах дехачу 1аьно а кхузахь шортта хуьлий. Баккхийчу хьаькамаша шаьш цу нахана машенаш чохь т1ехлелхаш цхьацца д1аьвшен 1иттарш  йора: «х1ара шабашинкаш», «тунеядцаш», «бездельникаш»!
 
Цу  дийнахь, 1уьйранна, райкомана хьалха сецира Министрийн Советера, Грозный г1алара еана машен. Цу машена чуьра охьабиссина, райкома чу бахара цхьа нах. Амма, Шарипов чохь воций хиъча, уьш сихха юха а бевлла, райисполкоман председатель волчу чу бахара.
Салам а делла, могуш-парг1ат а хаьттина, шеца болу накъостий бовзийтира совминера веанчо райисполкоман председательна:
— Х1орш Новгородски областера бу. Скудновски районера. Х1ара — Николай Иванович — цу районера райкоман шоллаг1а секре¬тарь ву. И д1ора — Валерий Михайлович, цу районера рапон пред¬седатель ву. Х1орш баьхкина вайн районашкахь совъюьйлуш трудовой ресурсаш юй а хиъна. Шайна и ресурсаш оьшу боху кхара. Цун¬дела цу ресурсашца къамел дан баьхкина-кх х1орш. Вайна а г1уллакх хуьлу и шабашникаш а, тунеядцаш а д1ажимъелча. Кхарна а г1уллакх хуьлу.
— Иштта ма дийцал аш. Тхуна-м ца оьшу шун тунеядцаш а, бездельникаш а. Тхуна-м, коьртачу декъехь, хьанала белхалой а, специалисташ а оьшу. Ха-ха-ха! — велавелира Николай Иванович. - «Ха-хах-ха»! — бийлабелла, г1адбахара кхиберш а.
— Ахь иштта дийцича а, нисса ах район д1айига мегар ду хьуна!—т1етайра райисполкоман председатель.
— Х1ета, вайн-м барт хир бу.
— Делахь, дукха хан а ца йойуш, шина-кхаа сельсовете кхача хьовса вай, нах вовшах а тохийтий? -  хаьттира Николай Ивановича.
— Дика хир ду. Кхин хан йойур яц вай. Телефонаш тохийтахьа, Хатуев, нах вовшахтоха, алий. Хьо хьуо а вог1ур хир ву тхоьца-м?- хаьттира совминан белхахочо райисполкоман председа¬теле.
   — Вог1ур ву дера-кх!   Иза-м,   хьаха, ю   йоккха   политически
мероприятий,  — меттахвелира Хатуев.

        Делкъа хан яра. Дукха нах гулбеллера Жихаларчу культуран ц1ийна   чу. Хьалхарчу мог1арашкахь хиъна   масех   воккхастаг а, сельсоветан кхо-виъ белхахо а воцург, кхиберш, зал д1аюьззина кегий нах бара. Сцений т1е йиллинчу ехачу, ц1ен к1адий тесначу стоьлана т1ехьа охьахевшира хьеший. Къамел д1адолийра Хатуевс:
— Накъостий, вайдолчу баьхкина генара хьеший бу, — къежира иза. — Х1орш Новгородски областера бу. Кхара боху шайна шаьш долчохь белхалой оьшу. Кхарна оьшу, масала, юьртабахаман специалисташ...
        Хатуевга куьйгаца хича йира  хьешо, Николай Ивановича:
— Суна дош лохьа, бехк а ца буьллуш. Ас айса дуьйцур ма дара...   
— X1аъа. Х1инцца ло ас, — юха а зала чохь болчаьргахьа вирзира райисполкоман председатель. - Накъостий, х1инца шуна хьалха къамел дийр ду Новгородски областерчу Скудновски райкоман шолг1ачу секретара. Амма х1ара вист хилале суна цхьа х1ума ала луур ду: лерана ладог1алаш кхо дуьйцучуьнга. Кхо буьйцург 1аламат дика, боккха болх бу шуна. Кхо бохург аш дахь, вайна юккъера д1адер ду шабашничество а, тунеядство а, къолаш а, спекуляци а! Х1инца хьуна дош локха оха, Николай Иванович, — къежира Хатуев.
      Хьаша хьала а г1аьттина, фанерах йиначу ц1ечу трибунина т1ехьа велира.
— Хьоме накъостий! Со а, соьца волу накъост, Скудновски рапон председатель а мичара ву  шуьга дийци. Х1инца суна луур дара юьхьанца тхешан районах лаьцна ала. Тхан район мел ю аьлча, шун республике д1аг1оьртташ йокха ю. Йоккха а, исбаьхьа а ю тхан район. Вуьшта, бакъду, адам к1езиг ду тхан районехь дехаш. Верриге а вовшахтоьхча а итт эзар гергга  стаг бен вац. Х1инца ойла ел - шун республикехь вехаш цхьа миллион кхо б1е эзар стаг ву, ткъа тхан районехь, шун республликел йолчу  — итт эзар...
Латтанаш шортта ду, амма адамаш дац. Юьртабахамехь белхаш бан нах бац. Ткъа шун цхьана районехь, соьга ма дийццара, барх1 эзар сов стаг ву бан белхаш а боцуш, мокъа лелаш. Цундела оха шуьйрра д1абоьллу шуна хьалха тхешан районе бог1у некъ. Тхуна оьшу лаккхара говзалла йолу лоьраш, агрономаш, зоотехникаш, бежнийн лоьраш, хьехархой. Тхо долчохь оха болх карабойтур бу механизаторшна, скотникашна, дояркашна, электрикашна, сварщикашна. Цундела оха кхойкху шуьга тхешан районе балха дахкар! Шун таронаш хир ю интернацнональни доьзалш кхолла, керлачу лаьтта т1ехь керла, сирла дахар самадаккха!
Д1абог1учарна оха бошмаш а лур ю, царна т1ехь ц1енош дан кредиташ а лур ду. Доцца аьлча  оха кхойкху-кх шуьга тхешан районе гуттаренна а даха д1акхалха! Х1инца, нагахь шун хеттарш делахь,   хеттаршна   жоьпаш лур ду-кх ас.
— Сан ду цхьа хатта х1ума, — куьг айдира хьалха мог1арехь хиъна 1ачу воккхачу стага.
— Хаттал, х1ун ду хьан хатта? —бакъо елира цунна райис¬полкоман лредседатела.
— Х1ара кегийнах шайн махках а, ц1ийнах а, къомах а баьхна д1абига шаьш г1ерташ хилча, цхьанхьа уллохьа-а бала мегаш бацтехь  кхарна и мохк, масала, Ставропольски крайхь, я Волго¬градски, я Астрахански областашкахь? И цхьа хаттар ду сан. Шолг1а хаттар - и кхо дуьйцуш долу латта оццул дика а, токхе а, хаза а хилча, дасса х1унда деллатехь и латта? Мича бахана-те цу лаьтта т1ера нах?
— Ас жоп лур ду, — къежира хьаша, — гой шуна, луларчу областашкахь долу хьал суна дика ца хаьа. Массанхьа а шен-шен халонаш а, проблемаш а ю. Масала, тхуна специалисташ, белхалдой оьшу. Вукхарна — кхидерг оьшу. Цундела даьхкина тхо шу долчу, къинхьегацан ресурсаш алссам йолчу. Тхан ярташкара нах д1аихна г1аланашка, шайна атто езна дела. Шайна г1алахь промышленностан предприятешкахь болх а беш, квартирашкахь баха атта долу дела. Х1инца уьш цу г1аланашкара юха берзо 1аламат хала ду. Ткъа шу, дукхахдерш, юьртахь дехаш а, ярташкахь 1ен лууш а ма ду. Цундела шуна шортта латтанаш дукха цигахь. 
— Ас хатта мегар дарий? — мохь туьйхира т1ехьара схьа цхьа¬на жимчу стага.
— Мегар ду, — элира Хатуевс.
— Тхо дукхахдерш лоьраш а дац, зоотехникаш а дац. Тхо белхалой ду, 1аьржа болх бан 1емана. Тхо цхьа ткъех стаг вовшах а кхетта, балха веъча, тхуна аьхкано ян стройкаш хир ярийтехь  цигахь?
— Кхета со ахь хоьттучах, — элира хьашо. — дера, ахь ма-боххара тхо долчу стройкаш ян оьхуш а дуккха а нах ма бу шун Нохч-г1алг1айчуьра а, Дагестанера а. Делахь а, тхуна коьртачу декъехь тахана оьшуш берш гуттаренна а тхо долчу 1ен-баха д1абог1у болу нах бу. 
— Атта ма дац шен Даймахках а ваьлла, д1а а вахана, нехан махка охьахаа, цигара нах д1аихнера, - хьалаг1аьттира цхьа г1ехь шераш д1аихна, нохчийн куй тиллина къонаха. - Х1оккхузехь, тхо деххачохъ яхка мегаш яц заводаш а, фабрикаш а?  Тхо тхешан ц1ахъь 1ийр ма дара, аш жима аьтто бича. 
— Накъостий! Базар ма ел кху вайн собранех! Вешан г1уллакхаш ваьшна юьккъехь дуьйцур дув ай. И хаттар хьешашка лун хаттар дац!  - т1ечевхира райисполкоман председатель.  Председательна дика хеара лакхарчу 1едалан 1алашо нохчий д1анисбар йоций, нохчий дуьне мадду д1асабаржор юй, иштта къайлаха сацам а бина, х1ара нах арабаьхна буй а. Амма цу политикайна дуьхьло ян ваьхьаш цхьа а нохчийн хьаькам вацара.
      - Сан дара-кх хатта цхьа х1ума, — г1ийлла элира хьалхарчу мог1арехь хиъна 1ача цхьана жимачу зудчо.
— Хаттал. Х1ун хатта йоллура, хьо мукъа? — т1ечевхира цунна Хатуев.
— Оцу аш юьйцучу Новгородски областе д1аваханера кхо шо хьалха х1ара тхан чуьра стаг, шен берашна ахча даккха воьду ша, аьлла. Дуьххьарлерачу шарахь-м гурахь гучувелира иза ткъех туьма ахча а дахьаш. Бутт гергга ц1ахь а баьккхина, юха а д1авахара. Х1етахь дуьйнна кхин гучуваьлла а вац. Со а  шен диь бер а кхин тергалдеш а вац. Наха дийцарехь, иза цигахь цхьана меташканна т1е а вахана, 1аш ву. Нийса дуй иза? Ишттаниг де бохий 1едало боьршачу стаге? Иза дан г1ертатехь шу кхечеран майранашна а?
— Масани, хьан майрачо-м интернациональна доьзал кхоьллиний! Политикийца нийса дог1уш дац ахь дуьйцург. Мохь туьйхира зала чуьра схьа цхьаммо. Нах бийлабелла, г1овг1анаш евлира.
— Ма е кху чохь г1овг1анаш!  И х1ун ю аш юьйцурш? — ша  хиъна 1ачура хьала а иккхина, т1ечийхара Хатуев.
— Х1ун боху цара? Х1унда евлла и   г1овг1анаш? — хоьттура хьешаша.
— Хулиганаш ма ю кху чохь ерш. Адамаш ма дац. Адамийн маттах кхеташ ма яц х1ара акхарой! — дов деш хьийзара райислолкоман председатель.
К1еззиг хан ялийтира Хатуевс зала чохь евлла г1ошвг1наш д1ателлалц. Т1аккха элира:
— Нагахь дан хеттарш дацахь, къамелашка девр ду вай. Аш х1инца, хьала а довлуш, ала деза, муьлш реза бу Новгородски областе гуттаренна а баха д1абаха. Дийца деза, иза мел доккха маь1ка долуш, дика х1ума ду. Мила ву вистхила лууш? Ахь дийцал, Магомадов, - хьайна хетарг. Дош лур ду вай кху юьрта  председатель волчу Магомадовга.
Президиумера хьала а г1аьттина, трибуни т1ехьа велира Магомадов. Геннара д1а б1ррг кхетча а гуш дара иза мел ца лууш, мел хала воьду цу трибуни т1ехьа х1отта. 
— Накъостий, тахана вай долчу генара хьеший баьхкина. Къа а хьегна кхара, геннара дуьйнна схьабахка г1ерташ. Цара вайна т1ебеана некъ а нийса некъ бу. Цундела вай царна баркалла ала деза. Товш ду уьш схьабог1уш а, вай д1адоьлхуш а. Ишгга бен ца хуьлу уьйр-марзо а. Ур-аттала ши ваша а, ши шича а хера волу, вовшен сих сиха чу воьдуш ца хилча. Ладог1а деза кхара бохуче. Товш дац вайна х1орш йштта д1ахьовсийча  кхарна  луург  а ца деш. Д1адаха деза оцу... х1ун яра и... эх1ай, маржа, ма  йицъели суна иза...
— Новгородская область! — дагаяийтира Хатуевс.
       - Х1аъа! Оцу Новгородски областе. Иза, кхара йийцарехь, ч1ог1а бакъахьара меттиг ю. Д1адаха деза цига.   Г1олехь-м ду кху юьртахула деш-дуьтуш а доцуш, хатташ а кегош, лелачул. Дера ду. Вуьшта, вай кхузахь вовшахкхеттачуьра цхьа х1ума а дийца луур дара суна.   Госстрахо щун ц1енойх а, ков-кертах а ахча доьхуш хьийзадо тхо х1ора шарна а. Ткъа шу б1аьсте ма еллинехь, «т1овх1», олий, д1алелхий, д1адоьлху. Сан дехар ду шуьга и ахча шаьш д1адахале схьадалар, тхо т1аьхьадевлла а ца лоьлуьйтуш! Иштта йоккха план ю вайн сельсовето ян езаш жижиг дохкаран а, шура йохкаран а. Самообложени а яц аш шайн хеннахь схьалуш.  Урамаш  а ду вайн дукхахболчара дечигаш а, хавцаш а текхийна, бехдина. Эхь ма ду иза! Оцу Бийкатун ву цхьа къот1алг1а вина к1ант. Оцу шен тракторца дечигаш текхийна, массо а некъ а, нехак керташ а, хи дог1у кранаш а йохийна волуш лаьтта иза! Цхьана дас цуьнга  олуш х1ума  а дац!
— Магомадов, сов дерш ма дийцахьа. Уьш т1аьхьа дуьйцур ду ахь! — меллаша элира цуьнга Хатуевс.
  — Делахь, со вели-кх айса эриг аьлла, — сехьаваьлла, охьахиира юьртасоветан председатель.
      — Накъостий, кхин  мила ву ала лууш? — хаьттира Хатуевс. Зала чохь берш 1адда 1ара, бист а ца хуьлуш.
  —Дийцарх х1ун нислур ду? Хийла дуьйцу вай уьш. Йист йолуш х1умма а дац, — мохь туьйхира зала чуьра хьала цхьаммо.
— Шайн тхуна тхешан ц1ахь бала белхаш а бацахь, тхо шайна кхузахь  оьшуш а дацахь, д1дахитийша, сорок четвертый годехь санна товарни вагонашна чу а кхиссий! Хала х1унда дуьйцу аш?— мохь белйра кхечунгахь.
— Вуй! Мила ву и аьлларг? Мила вара бахий ас-м? Схьаваьлла и аьлларг х1оккхуза! — меттахваьлла хьаьвзира Хатуев.
— Ас ала мегар дуй? Со вистхила мегар дуй? Куьг айдина, ша хиъна 1ачуьра хьалаг1аьттира юккъерачу мог1арашкара цхьа жимастаг.
— Ала-м мегар ду, вуьшта и сорок четвертый год хьехийнарг тхуна карор-м ву! Бакъ ма дац цунна ша карор вац моттахь а!— кхерамаш туьйсура Хатуевс.
Трибуни т1ехьа х1оьттира ткъей пхийтта шо гергга хан хинйолу цхьа къонаха.
         - Накъостий, шуна массарна  а со дика вевза, — къамел долийра цо. — Итт шо хьалха веара со кху сайн ц1а Орджоникидзехь юьртабахаман институт а яьккхина. Кху юьртахь ду дехаш, щуна ма хаъара сан да а, нана а. Со воцург кхин к1ант а вац церан. Кхаа шарахь бира ас кху вайн колхозехь механикан болх, х1инццалц вайн хиллачу председателя  кхин сайн специальностаца болх ца луш. Цунна массанхьа а д1ах1итто шен гергарнаш а, хьашто ерш а оьшура, церан образовани а, специальность а елахь а, яцахь а. Кхин дан х1ума а ца хилла, суо ц1енош дан дезаш а волу дела, дуьйцуш товш дацахь а, сайн х1усам кхолла дезаш а волу дела, со договорца балха эха волавелира. Амма со цига г1адвахана оьхуш вац. Дан амал доцу дела оьхуш ву. Х1инца  х1окху баьхкинчу хьешаша боху со санна волче, 1ен д1авола. Х1унде т1аккха? Иза а кхеран шайн болх бу. Мацалла а, мискалла а ца вала стаг ишттаче д1а а г1ур ма ву. Д1авахча ваха а лур ву. Сан-м диплом дара. Вуьшта, кху залачу таттабелла кегийнах берриге а бохург сана цхьаннахьа а дешаза, цхьа а диплом а доцуш а бу. Кхарна х1ун де вай? Х1орш мича хьо вай? Х1окхеран цхьаъа а тайна г1айг1а ян а йой-техь вайн райкомо а,  райисполкомо а, Обком партис а, Министрийн Совето а?  Ткъей итт шо гергга зама юкха вай Казахстанера ц1адирзина, йина цхьа а завод а, фабрика а яц. Вай х1у дагахь ду? Цунна жоп х1унда ца ло аш цхьаммо а? 
        - И хабар тахана вай гулдаларан бахьанийца дог1уш дац! И хабарш кхечанхьа дуьйцур ду вай. Охьахаал хьо а, хьуо дийцина ваьллехь, — куьг ластийра райисполкоме председатела. — Кхин вуй вай тахана гулдаларан бахьанехь вистхила лууш стаг? Реза вуй цхьа а Новгородски облаете 1ен-ваха д1аваха? — оьг1азъоьхуш, мохь беттара Хатуевс.
        - Ас ала мегий? — куьг айдира пес тиллинча цхьана жимачу стага.
— Алал, хьуо Новгороде д1аваха реза хир волуш  велахь!
  Куьг айдинарг трибуни улло вахара.
— Хьастах тхешан лулахошкахь мовлад доьшучохь вара со, —д1адолийра жимача стага. Цуьнан багара и доллушехь, чохь берш  бийлабелира.
— Вуй! И х1ун ю ахь юьйцуш ерш? — хьалаиккхира Хатуев.
— Сих ма лойша, х1ай нах, — куьг айдира пес тиллинчо, — со-м цхьа кица дало г1ертара. Мовладе нах дукха а таттабелла,  чорпа йотта кедаш тоьаш дацара. Вайн эвларчу Ж1аппарана хьалха кад бара, амма цу чу чорпа йотта йицъеллера. Вехха 1ийра иза «совнаха кедаш дац», «кедаш ца тоьа» бохуш чухула д1асауьдучу зударшка а хьоьжуш, шена чорпа ца ютту-техьа цара, бохуш, ладуьйг1уш.   . Т1аьхара а цо элира:
— Х1ан, зударий, шу кху чу чорпа йотта дагахь дацахь, х1ара бу-кх совнаха  кад! Цуьнга терра, шу кху со винача, 1аш волчу, сан ворх1е а да ваьхнача лаьтта т1ехь бан болх луш дацахь, со ву-кха шуна мокъа, д1авигийша! Мацалла ца вала-м стаг миччахьа а г1ур ву. Амма воккха а веш-м г1ур вац, шен ц1ийнах а  ц1арах а ваьлла! К1езиг бу и шарнна а леш ц1акхоьхьуш берш? Хи чу вахана веллий, вовшех леттачохь веллий, машено вийний, бохуш схьакхоьхьуш декъий ду-кх кху паччахъалкхан массо а маь11ера1 Да воцуш къам ду-кха   вай  кьам. Цу аш юьйцучу Новгородехь вер вацара техьа вайна цхьа да, вайх къа а хеташ, вайн бала а болуш?      
        - «Бакълоь и к1ант!» «Бакълоь иза» — г1овг1анаш евлира зала чохь. Хатуев ша 1ачуьра хьалаиккхира:
— Ма адамаш дац шу! Эхь  дац иза? Шайна хьешаша т1ебеана некъ юха стенна тоьтту аша? Клянусь, ца хаьа шуна шайн дайшкара схьадеаца г1иллакх х1ун ю а, оьздангалла х1ун ю а! Что за безобрази? Магомадов! Хьо ву кхузахь юьртада. Хьан юрт ма ю х1ара. Ты мне за все это ответишь! Дика ду, тхо-м кхечу юьрта г1ур ду. Кхечухьара карор бу тхуна-м цига бахийта  нах. Но вы об этом пожалеете! — кхерамаш туьйсура райисполкоман председатела. 
Цу дийнахь нехан генарчу махка д1акхалха цхьанна а ца лира. Амма кхечу районашкарчу 1едало кортош а хьовзайна, ши баь1а сов доьзал д1акхалхийра цу махка. Ши шо а далале уьш берриге а шайн ц1а юхабирзира, меташканашна т1е а вахана сецца пхи-ялх  жимастаг воцург. 
**
     Шарипов  оьг1азвахана вара. Сарралц з1е хьийзорах райсполкоман председатель Хатуев чохь а ца карийна, х1инца 1аржъеллачул т1аьхьа, ц1а туьйхира цо цуьнга.
  — Ризван, хьо вуй иза?
-   Со ву.
— Къамел дара-кха вайшиннан дан дезаш. Хьайн аьтто белахь, балха т1е волахь.
— Сингаттеме х1ума-м дац, Махьмуд Вахаевич? — к1адвелла  хаьттира Хатуевс.
— Кхузахь дуьйцур ду вайшиммо.
  И къамел тховссехьа а ца деш кханенга д1атеттича шена чомахь наб кхетар йоций а, ша дукха холчахь буьйса йоккхур юй а хаьара Махьмудна. Собар кхачош лаьттара. Цецваьлла ца волура цхьаболчийн шайн къоман бала цахиларх.
      «Со кхин х1у, сайн доьхьа лелаш ву? — ойла йора Махьмуда.— Шаьш х1умма а ца дахь, дан г1ертачунна дуьхьал стенна буьйлу?   Цхьажимма мукъа адамех, къомах эхь хетай, церан бала кхачахьара бен х1у боху ас цаьрга? Ца лаьа. П1елг п1елгах тоха а ца лаьа-кха! Бен д1а дац-кх царна дерриге а шайн халкъ мацалла даларх, шайн кисана х1ума йоьжчахьанна! Ма доккха х1ума ду х1ара!    Х1ара Хатуев а... Бакъ хила мега х1ара Ростоверчу партин лакхарчу школе а Хансолтассий, Къуддузий дийца а дийцина, вахийтина хилла бохург. Церан стаг ву, г1араваьлла хьийза ца вахьахь а. Мацах кхузахь хьалхара секретарь Ширшаев волуш бозабелла бу кхеран гезгамаша». 
      Дукха ца хьелуш, схьакхечира Хатуев.
— Со схьавеа-кх х1инца. Кхин-м ца кхайкхина ахь аддам а? —чоьхьавелира Хатуев. Махьмуда, дуьхьал ваьлла, цуьнан куьг лецира.
    — Х1ан-х1а. Ца кхайкхина. Вайшшиъ ваьшшиъ ву цкъа дагавала везаш.
Махьмуд а Ризван а вовшашна дуьхь-дуьхьал стоьла улло охьахиира.
— Ризван, и мила хьешии бара вайна тахана баьхкинарш?
— А-а, уьшший? — ган а гуш парг1атвелира Хатуев. — Уьш-м Новгородски областера бара. Реза хилла д1абахара уьш-м.  Юхадог1ур ду шаьш бохура. Х1инцца, ду¬кха хан йоццуш д1ахьажий ас хьеший-м. Дика хьошалла а дира Хансолтас. Ч1ог1а мерза шашлык яра. Амма коньяках бад д1а йийр йолуш а хиллерд-кха уьщ! Лаххара а итт шиша коньяк д1амели-кха оцу берзалоша. Хьа-хьа-хьа! Ч1ог1а реза хилла баха, мара бетталуш, обанаш бохуш. Х1инца кест-кеста оьхур ду шаьш боху вай долчу. Маржа я1, аьхка баьхкина хила белара уьш, вайн природа — х1ума хазъеллачу хенахь...
— Ризван,- вайна х1ун пайда хуьлу махкаха а баьккхина, б1е доьзал д1абахийтича? — меллаша хаьттира, кхохка а вина хеъна 1аш волчу Махьмуда.
 — Уй... пайда-м хаац суна... телефон ма тоьхнера Ауловс.
— Х1ун аьлла?
— Уьш т1е а эца, царна улло а валий, цара х1ун боху а хьажа. Реза хилахь, районехь мел верг а д1авахийта...
— Ас Ауловга ала ма аьллера айса районехь и тайпа политика лелор яц!
— И суна хаац, — парг1атваьлла, г1онтах букъ а та1ош, аркъал сеттяра Хатуев. — Ца соьга телефон   тохар-м бакъ ду. Хьайна лаахь, хатта а хатта-кха.
 К1еззиг вовшашка вист ца хуълуш 1ийра и шиъ. Махьмудан оьг1азло х1инца шина декъе екъалуш лаьттара. Т1аккха, доккха  са а даьккхина цо элира.
— Тамашена политика ю вайн куьйгалхоша вайн республикехь лелош ерг. Гайта-хазамана санна конференцеш ещ, нахана болх бан меттигаш  кхолла еза бохуш. Т1еоьцу дика сацамаш. Вуьшта, къайлаха кхин леладо. Вайшинна а, вайщиъ санна волчунна а ган ца деза ткъа  и Москварачу1едало къайлах лелош дерг?
— Х1ун «къайлах»? Со-м ма ца кхета, — боккъала а воьхна хьаьвзира Хатуев. Цунна дуьххьара хезаш дара кху 1едало лелош ерг шалха политика ю боху х1ума. Доллучул а тамашена дара и бохуш верг райкоман хьалхара секретарь хилар.
— Лачкъорах а, ядорах а, кхаьънаш эцарх а, бозбуанчаллаш лелорах а, х1уъа дарах а мегаш ду х1ара 1едал, стага шен къоман хьакъдолу хьашташ меттах ца даьхчихьанна. Ма тамашена х1ума ду х1ара, Ризван. Б1аьргаш бац-те шун? Хьекъал ца тоьа-техь ойла ян?
— Стенан?..- воьхна виссинера Хатуев.
— Х1аллакь хуьлуш ма лаьтта вай, Ризван. Гуш лаьтташехьа! Кху замано талхош ма лаьтта адам а, къам а. Ткъей итт шо кхаьчна кхушара вайн республика метта х1оттийна. Йиллиний цу заманчохь районехь цхьа а завод, цхьа а фабрика? Доллучунна а Москвара бакъо оьшу. Ткъа и бакъо къовса вайн республикан хьаькамаш ца баьхьа. Ваьхьаш верг цара х1отта а ца во. Цара хьоьстуш берш Гаджиеввий, Ауловвий саннарш бу. Ткъа вайшиъ а церан бага а хьоьжуш, царех кхера а кхоьруш 1ан веза? Хьанал юй вайшинна иштта юуш йолу сискал, мел хьена иза елахь а? — Дов даран кепехь т1ечийхара х1инца Махьмуд.
Хатуев цецваьлла, б1аьргаш а бетташ 1ара. Хьалхарчу секретаран и дешнаш майра а, нийса а дара. Хаьара Хатуев уьш Махь¬мудан даг чуьра, к1орггера схьадуьйлуш дуй а. Кхин цхьаъ а хаьа¬ра цунна, шен дагахь угаре а коьртаниг  иштта ойланаш ечу къонахчунна улло бовла дукха нах хир боций. Иштта ойланаш ен стаг шен киса дуза г1ерташ сутарваьлла хьийзар воций а. Цу доллучо а безам бохуьйтора цуьнан Махьмуде. Хийца ялийтира х1инццалц кхуьнах хилла ойла.
— Х1ун дича бакъахьа дара-те т1аккха? Дукха ма ю вайн трудовой ресурсаш.
       - Яц! Яц, Ризван! Дукха яц. Я уьш «трудовой ресурсаш» а яц, вайшиннан вежарий, йижарий, дай, наной бу. Жимма шераш довлахь, вайшиннан бераш а ду. Сов уьш ца бевлла! Инзаре, дуьненчохь цхьана а къомана ца гинчу тайпана харцонаш, баланаш а лайяа ц1адирзина адам дай иза-м, шайн ц1ахь цхьа ц1а а, Даймохк а бу моьттуш! Сов дерш вай ду, нагахь уьш д1анисба ца хаахь. Со цецваьлла ца волу вайнехан собарх, оьздангаллех, г1йллакхах! Уьш-м, ма-дарра аьлча, «охьаяхка тхуна болх бан меттигаш!» — аьлла д1ах1иттича а бовлурий, цхьа инзаре йоккха митинг а йина. Цара иза дийр а ду т1аьххьара а.  Дича уьш бакъ а хир бу. Вайн ах гергга къам х1аллакдина Сталина а цо кхоьллинчу  системас а. Важа ах халлакдеш дерш вай ду,  «шабашникаш», «спекулянташ» — бохуш ц1ераш а тохкуш. Д1ахьажал цу наха шайна чохь баха дечу ц1еношка! Д1ахьажал церан корматалле, говзалле, баха лааре! Ойла ел мича кепехь хир яра ламанца йоцу меттигаш, нагахь и нах шаьш баьхначу юха бахийтина хиллехь. Яьсса лаьтташ ю х1инца Чеберлойски, Итум-Калински, Шаройски, Галанчожски районаш хилла меттигаш. Д1атийсина к1отарш, ирзеш. Акхаевлла, хирцина ламанан ярташ. Бассабелла дийнна ламанан мохк, б1еннаш эзарнаш адамаш кхаьбна болу. Вайшимма х1ун дина и нах цига юхаберзо хьажа?
— Х1инццалц динче хьаьжча...
— Нийса боху. Х1инццалц динче  хьаьжча, цхьацца х1уманаш дина, амма дан дезаче хьаьжча, баь1алг1а дакъа а ца дина! Некъаш, т1айш, г1ишлош ю уггаре а коьртанаш. Ахча оьшу, г1ирсаш оьшу. Москвага саг1а деха дезаш х1уманаш ду юха а. Ткъа х1унда доьху саг1а? Цара вайга хетта а ца хоьттуш, д1акхоьхьуш ма ду вайн мехкадаьтта, масала. Иттанаш шерашкахь, миллионаш тоннаш д1акхехьна. Миллиардаш пайданаш бина. Ткъа вай саг1адоьху, лам чу бига некъ баккха соьмаш лахьара, бохуш. Ауловг1арна цуьнан бала бац. Вайшиъ а Ауловг1еран бага а, б1аьра а хьаьжна 1а. Вайшиннах тешна халкъ 1а. Х1инца вайшиъ, ур-аттала, уьш шайн махкаха баха пропаганда лело х1оьттина...
— Деррига а вайшинга д1анислур дуй-техь и х1уманаш? — эккхийтира Хатуевс.
— Нислур дац цкъачунна кху 1едало лелочу политикца вайн хьаькамийн мацаллийца дуьстича-м, кхин  баь1а шо делахь а, т1ет-т1а дохарре бен! Вуьшта, и  бохуш вайшиъ а 1ан веза? Къовса ца деза? Тахана вайшиммо ца къовсарх, кхана къомо ша къовсур ма ду. Амма цхьадерш вайшинга тахханехьа далун долу х1уманаш а ду. Масала, вайшиннан заготконторехь, госстрахехь, милицехь, банкехь, военкоматехь, окахахь, собесехь, общепитехь,  массанхьа а хевшина 1аш дерш ц1убдарш ду боху наха. Шайх декхаш 1аш. Вайшингахь ницкъ бац цу ц1убдарийн метта хьанал, оьзда кегий нах ховшо, и цкъа а юзур йоцу мецигаш д1а а яьхна?
— Э-э,— вела а къежна куьг ластийра Ризвана—  дера дац иза иштта атта. Цу ц1убдарех декхаш 1аш г1алара ц1убдарш а ма хуьлу.
— Хилча х1ун ду? Вайшингахь дац меттигера 1едал?
— Хьуна хьайна ма хаьа, Махьмуд Вахаевич, госстрахан пред¬седатель д1аваккха воьлча, цунах хилларг. Совмин а, обком а холча ма х1оьттинера х1етахь. Шаьш бохург ца дича, чомахь болх бан а ма ца вуьту цара. Районерчу нахана-м моьтту царех декхаш 1аш дерш вай ду. Царна ма ца хаьа цу х1ума йоккхучу нехан гергарлонаш районна т1ех а довлий республике а, ур-аттал Москва а д1акхочий хуьлий.
— Х1ара не1алт хилла система дера яра бехкениг-м. Делахь а, вайшиммо лелош дерг а гуш хир ма ду нахана. Бюро-н дийцаре и тайпа хаттар х1оттадойла яц, цундела хьайн рог1ерачу сессехь дийцаре дан деза ахь цу вайн госучрежденешкахь кхолладелла хьал. Талламана юккъе милиции белхахой а озо беза. К1аьсттана ОБХСС.
— Дика ду.
Вист ца хуьлуш 1ара Махьмуддий, Ризванний. Ма-дарра аьлча, цаьршинна шинне а дика хаъара шаьшшиммо мел дийцарх а, шаьшшинга  хийцадала даккхий х1уманаш  доций. Масала, т1едуьллур ду милицина, ОБХСС-ана цу йийцинчу учрежденешна таллам бар. Амма цхьа а к1оргера зулам гучудоккхур дац. Цхьа а  кхаъ эцна меттиг а карор яц. Х1унда аьлча, берраш а вовшийн бевзуш бу. Вовшашца гергалонаш ду.
Х1ораммо а цхьацца харцонашца йоккхуш йолчу х1уманна юккъе ца г1ерта. Х1ора а цхьацца аг1ор д1анисвелла ву. Х1оранна а ша етташ йолу ка хьарам ца хета. Ура-аттал кара дехьа-сехьара х1ума ца кхочуш болу болх - болх а ца хета. Я и х1ума ца йоккхуш волчу стага лелош дерг дош а ца хета.
 Иштта 1амийна замано. Иштта эцийтина кху системо амал. И дерриге а шера хаьара шина къонахчунна. Делахь а, нагахь Хатуев къар а велла, цу системан йийсарехь сецнехь, цу йийсарехь цунна парг1ато а, рицкъа а карийнехь, Шарипов цунна реза хир вацара. Иза кийча вара къовса, лата! Амма стенах? Мичахьа? Муха летар ву?
 Аьтто бацара къовса. И зулам цхьана  хьеначу, горгачу пхьег1ин хьесапехь дара, каралоцу т1ам а мукъ а боцчу. Цул сов,  т1етоха ж1ов кечйича а варзап д1алаца тешаме накъост а вацара уллохь. Ж1ов т1екхетачу заманчохь бухара ши куьг д1а а дадийна, варзап юханехьа хьалакхоьтуьйтучу тайпана накъостий бара.
— Вайна ваьш когех а, куьйгех а буржалш а тоьхна, дацош ца хилча йийсарехь дац моьтту, — г1еххьа  к1адвелла, элира Махьмуда.— Йийсарехь муха дац, ур-аттала цхьа хьеран к1ар-к1ар а Москвара бакъо йоцуш вайн йилла йиш ца хилча. Союзан Министерствийн монополеш ю-кх  вай логан шад а лаьцна 1аш. «Им¬периалистически монополизм» олу вай. Иза-м х1умма а йоцург ю вайн ведомствийн монополизме хьаьжча.
— Батарейкаш ечу заводан филиал йилларах дош ца хуьлу вайн? — хаьттира Хатуевс.
— И ма ду аса дуьйцург а! Дехарш дан ваха везаш ву-кха вай¬шиннах цхьаъ Москва. Амма юхаволийла-м дац. Нахана дош хетар дац вай лелориг.
— Тишачу ферман г1ишло меттах1отто проект а яьлла бохуш з1е еттура г1алара хьала, — элира Ризвана.
— Дика ду. Схьая езар ю сихха.
Тишачу ферман г1ишло чохь, цунна ремонт а йина,  бедарш тоьгу цех йилла дагахь болайна болх бара.  Нагахь цхьана юьртахь цунах г1уллакх хилахь, районехь массанхьа а уьш яхкийта дагахь вара Шарипов.
Кхин а вехха 1ийра и шиъ хьалхарчу секретаран кабинета чохъ. Шаьш тахана дийнахь лелийначунна Хатуев дохко ваьлла юха ваьлча, Махьмуд а дикка ваставелира. Делахь а, райисполкоман председательна башха реза-м вацара иза. Уггаре а цуьнгахь хьалхьарчунна ца товщ дерг —  шен ойла, кхетам, позици цахилар. Муьлххачу хьаькамо, я адамийн тобано бакъдина дуьйцучунна т1аьхьа-х1отта иза кийча хилар.   Цундела лаьара иза гуттура а шен 1аткъамна к1ел латто.   

     Шозлаг1чу  дийнахь делкъал т1аьхьа кхозлаг1а накъост а схьатуьйхира ор чохь воллучу шиннах. Цкъа а кхаьршинна кху чу кхочур ву  аьлла дага а вог1ур воцу накъост – Пятигорскерачу угаре а йоккхачу банкан директор, Блюмберг Лазарь Моисеевич ц1е йолу шовзткъа шо т1ехъиккхина, лоха, томма, куьйса жуьгте.
     Воьхна, ша х1у дан, х1у ала деза ца хууш, хи чу 1оьттича санна хьацарша ваша а вина хьийзара банкир. Кочара галстук кучана чоьхьа яьллера. Куча чухулара  майка хечена т1ехула охьаоллаеллера. Хеча, дихкина доьхка схьадаьккхина, оллаелла, гуттара а цхьана куьйга сецая езаш яра.
     Ибрах1имнай, Хьасаннай  схьагушшехьа къахийтира цуьнах.  Мелла а дешнашца цунна г1оле ян лиира, иза дог иккхина лахь а, аьлла.
     - Шу муьлуш ду? Со мичахь ву? Суна х1у дан г1ерта шу? – б1аьргаш къерзабора ор чу кхалхайначо.
     - Тхо а дукха хьо санна кху чу кхийссина. Хьо-м кху махкара а воцучух тера ду, хьан цецваларе хьаьжча.  – Жоп делира Хьасана.
     Йоккха хан ялале боьхачу гоьнан соне охьахаайначу хьешо шен ц1е а, ша мичара, мила ву а, шена тешнабехк хьан бина а дийцира, жимма мета а веана.
     Сарахь Лазарь Моисеевич кхеравелачуьра жимма юхаверзира. Цуьнан б1аьрса х1инца сирла дара, хеттарш а маь1не дара.
     - Со ахча даккха валайна, - шеко йоццуш элира цо бухахь волчу шинга. – Х1ун аьлла хетта шуьшинна, мел доьхур ду цара соьгара? – Сихха т1етуьйхира: - Шуьшингара мел дехна?
     - Вай цхьа х1ума дан деза! – шиб1аьрг къегира Хьасанан. – Вай кхааннах ахча дерг хьо цхьаъ бен вац. Аъхь вайха кхааннех а д1алур ду, т1аккха тхойшиъ хьо волдчу банке балха а веана, охшимма хьан ахча д1атокхур ду!
     - Соьга баха-м хьанха баьхнера нохчех ма веттало, уьш угаре а баккхай жуьгтий бу, - г1айг1ане элира банкира. Хьасан велавелла г1адвахара:
     - И хууш тхуна чу садан ма ца дуьту аша. Юхьанца дуьнна нохчашнай, оьрсашнай юьккъе цим баржайнарг жуьгте, масон Ермолов хилла. Тахана Ельцин боху алкоголик, хъакха куьйгалле а ялайна, СССР а йохайна, Нохчийчу т1ом беанарш а жуьгтийн банкираш, олигархаш бу. Аш цим ца тийсахьара тхо-м оьрсашца хаза а, бертахь а 1ийр дарий! Тхан шира дай-м «Ц1ена бу бакъволчу оьрсечун некъ» - бохуш 1ийна бай! Хьо вер вац хьуна кху ор чуьра ара сачохь. Тхойшиъ д1аг1ур ву, хьо кху чохь вуьтур ву, дийна воллушехьа т1е латта а кхоьссина!
     Жуьгтечун шиб1аьрг, кхеравелла, къаьрззинчахь биссанера. Ибрах1има цуьнга элира нохчийн маттахь:
     - Ма кхеравехьа иза. Къа ма ду цуьнан.
     - Кхеравайтахьа, - жоп делира Хьасана меллаша. – Кхо-м ша дикка кхерайчи вайшиннаха а лур ма ду ахча.
     Ибрах1им велавелира:
     - Нохчийн г1иллакхаш, нохчалла ор чохь хилча а лелон дезаш ма ду. Х1ара вайн мехкан хьаша ма ву. Вайшиъ кху уран х1усамда ву.
     Банкиро б1аьргаш къерзабора, кху шиммо х1у дуьйцу ца хууш.
     - Хьо вист ма хиллахь, Ибрах1им, кхуьнца дергт ас айса лелор ду хьуна. Пайде вала мегаш ву вайшинна х1ара жуьгте, - ч1аг1вира шен накъост Хьасана.

       Шозза т1ек1алйинчу г1ишло чохь яра районера КГБ, гонахьа йина лекха мокха керт а йолуш. Цу кертахь цхьа жима, лоха г1ишло яра, кест-кеста къайлах, бодашлахь цхьаболу районан хьаькамаш чугуллуш. Цу лохачу г1ишлонах цхьаболчара баня а, вукхара сауна а олура.
   Стоммачу 1аьржачу эчиган - пешан сонаххий, цу т1е дехкинчу т1улгеххий хи тоьхча схьахьоду йовха 1аь кху дохалла д1адилланчу шуьйрачу уьн т1е хьодура. Оцу шуьйрачу уьн т1е хьекхадора хьаькамаша шайн 1ора дог1маш. Шийлачу арара чу кхоьхьура пивон, коньякан, къаьркъанан шишанаш, тайп-тайпана т1екхоллург.
  Оцу шуьйрачу, стоммачу уьнах дозалла дора КГБ-ан хьаькамо Василий Рахимовича. Цо кест-кеста олура: «Х1ара уьш сан дена Рахьимна а дага дог1у. Энкавэден набахти чохъ дара боху цо х1ара а. Наггахь кху т1ехь ша буьйсанаш йохуш меггигаш а йог1ура бохура цо».
    Хаац, муьлха дагалецамаш хьомен хеташ хилла Гаджиевна кхуьнах лаьцна. Давадан, б1еннаш и санначеран 1енийна ц1ий, кху т1ера аратекхийна, цхьана а тайпана бехк а гунахь а доцчу ламаройн декъий, я Полла санна дакъаза баьхна болу къона зударий...
        Кху уьн т1е нехан хьакъ дууш дарстийна дог1маш  хьекхадора хьинца хьаькамаша. Т1е1енадора тайп-тайпана маларш. Т1едеттара ловзон кехаташ.
— Нах яцара вай-м, — эккхийтира общепитан директора Хансолтас ч1ачкъа а ч1ечкъина, шен  карара коньяк  д1амелла стака уьн т1е охьа а х1оттош. Жимма хан елира цуьнца цхьана берш дуьхьал бист ца хуьлуш. Уьш а шаьш х1инцца д1амеллачара т1е х1ума кхоллущ 1ара. Виъ вара уьш цу сарахь сауни чохь  КГБ-ан на¬чальник Василий, райсполкоман председатель Ризваний, милицийн начальник Шордуй, х1ара шай. — Вай нах елахьара кху районехь вайна лиънарг муьлхха а чекхдер дара, — т1екхаьллинчух къурд бина ваьлча т1етуьйхира цо.
— Вай-м дац цунах кхоьруш 1аш, — сихха элира Шордус, Хансолтас ала г1ертачух кхета а кхетта.
— Мила ву аш вуьйцург? — ша кхеттехь а,  ца кхеттехь а хаьттира Ризвана.
— Хьуна ца хаьа? Шарипов боху яьсса х1умма ю-кха, — резавоцуш элира Хансолтас.
Юххьанца, т1оьрмига чу алссам юург а, мерг а юьллий кху сауни чу вог1уш къежаш, хьесталуш хуьлура Хансолта. Царех шен баккхий накъостий хетахь а, мацах дуьйнна 1едалан нахах кхерар ц1ийх доьллера цуьнан. Амма шен логал чоьхьа к1еззиг маларх х1ума яьллачул т1аьхьа майралла юссура. Хеталора, ша деана рицкъа а дууш, шена къежа а къежаш, уллохь хевшина 1аш болу накъостий   шен дагахь  дерриг  долуш х1унда бац, олий.
Керлачу балхахь меца ца 1ахь а, хьалха санна шортта ахча т1е ца титталора Хансолтийна. Заготконторан директор волчу хенахь шарахь б1е эзар сом гергга х1ума кара кхочура.  Иза ша мел кхоьручунна д1адекъча а, шортта буха а дуьсура. Кхузахь, общепитан директоран болх бечохь иза дац. Цу т1е, цхьацца бозбуанчаллаш лелош къахьега а деза. Масала, г1айг1а хуьлу цхьана къен еллачу бежанан жижигах кхетта хьожа д1аяккхар. Халонаш 1иттало денна нахана юург латтон дезаш хиларх а. Ткъа цигахь, заготконторехь, чу а бог1ий, заготовительша, я т1ерг1ан складан заведующи волчо ахчанан таппаш охьайохкура. Иза бара болх. Цу балхо самукъа доккхура. Коьрте кура ойланаш оьхуьйтура.      
 Махьмуд Вахаевич куьйгалхо-м вониг вац шуна, — эккхийтира Ризвана, — Районах дог лозу цуьнан.
— Да хьакхийца воллийла сан, лазахь! — меттах велира Хансолта. — Кху районехь вина а, кхиъна а волчу вайшинначул дукха еза цунна х1ара район? Мелххо а, х1ума вайначул а, х1инццалц хиллачу хьалхарчу секретарел а дукха езар дукх цо лелош дерг. Мециг. Атта юзур йолуш ма яц иза!
— Цо шена улло ийзош ерш а ю ша санна цхьа мецигаш, — элира милиции начальника.
— Иштта бале ваьлла велахь, иза-м эккхо а хала дадара, — къежира КГБ-н начальнок Василий, шен кегий, стешхи  б1аьргаш д1аса а идош. — Д1амалий вай, цулла а. Сиха дохло х1ара кху сауни чохь.
— Мала.
— Хансолта х1ара котамаш ма ерстана хилла хьан. Нахана аш яош ерш а юй ишттанаш? — хаьттира Хатуевс.
— Наха-м талу даахьара. Дера яц. Х1орш ас базарара эцийтина ю-кх, цхьаннах ши туьма а луш.
— Мерза-м ю, — реза хилла корта ластийра даь1ахкаш а цхьа¬на жижиг 1уьйшуш воллучу Шордус. Цу меттехь-м хьо бакъахьа хир вара хьуна, — элира Василийс Ризване а хьаьжна.
— Мича меттехь?
— Хьалхарчу секретаран.
— Х1ан-х1а, д1аваьллахь  — куьг ластийра Ризвана. - 1адда виталаш суо волччахь. И аш бохий хаахь, Махьмуд Вахаевича дийна воллушехь виъна д1авоккхур ву.
— Ваа, хьаха, вуур ву цо хьо, иштта осал лелахь, — забарна а доцуш элира Хансолтас.
— Х1ан-х1а. И шайна дага а ма даийта. Суна суо волчохь а вон дац. Цул сов, «вся власть Советам» — боху лозунг а ма ю вай юха а хьалаийеш...
— Власть-м дера лур яцара шуьга партис, шена чохь са а долуш. Хьа-хьа-хьа! — велавелла, г1адвахара Василий.
— Ас тост кхайкхайо Советашна т1ера. Декъала хуьлда Советийн власть! — мохь туьйхира Шордус.
— Массара а д1амелира.
— Кура х1ума ю и Шарипов. Цхьаьнцца а лелош гергарло а дац. Я цхьаннахьа а сакъоьручохь а вац, — юха а лен волавелира Шорду. — Важа Хасанов вара бакъахьара стаг. Массаьрца а вела¬велла, векхавелла. Цхьаьнцца а дов а дацара.
 — И бакь ду! —т1етайра Хансолта, - шега д1акховдош ерг д1а а оьцуш, 1адда 1ара, девне а ца вуьйлуш, «Бухаюьсучух дала беркат дойла хьуна» — эр дара х1оразза а. Иза вара хила ма везза хьалхара секретарь. Цундела х1умма а шена т1ехь не1алт дитина а ца ваха кху районера д1а.
— Хасанов хьекъал долуш стаг ма вара. Цунна хаа ма хаьара х1ара 1едал кху вайн районехь доьхна ца 1аш,   йоллучу Советски Союзехь доьхна дуй а,   шега нисдала х1ума доций а,— къамел д1аийцира Василийс. — Махьмуд а кхета герга ду кестта. Ца кхетахь, веха вахлур вац.
— Шен ворх1е дена не1алт хуьлда цунна кхул т1аьхьа-м вахвелча  а, ца вахвелча а! — меттахвелира Хансолта, —1ебар вацара со кхузара цуьнан дакъа ца даьхьча!
— Ма дийца, иштта ма дийца. Халахетар ду, д1ахазахь, — г1еххьа воьхна висира Ризван.
— Дакъа-м дохьуьйтур дац вай, амма ваьшна луъучу кепара амал-м оьцуьйтур ю! — ч1аг1дира Василийс.
Хансолтин кара заготконторехь алссам х1ума кхочучу хенахь, цо комаьрша дакъа дора милиции начальника а, КГБ-н начальник-ца а, прокурорна а, райкоман хьалхарчу секретарна а. Х1инца Махьмуда цу балха х1оттииначу Борис бохучо цхьа кепек а ца лора. Кхарна хетара цу Бориса дерриге а дакъа а Махьмудна д1алуш санна.
 Вуьшта, цигахь хуьлуш дерг-м кхи тайпа хьал дара.
Бо¬рис цкъачунна шаьш лелочун дуьхе ца кхуьий а хууш, заготовительша мел лачкъиинарг дерриге а шайна дуьтура. Уьш г1адбахана хьийзара, шаьш ялсама  кхаьчча сана.   Цул сов,  иштта «1овдал» директор заготконторехь веха лаьттар воций а хууш, шай-шай директор хила лиъна, шай-кай гулъя х1оьттинера. 
Республикехь кхолладеллачу хьолехь, дукха хенахь дуьйна кхузахь бозабеллачу «мафия» олучу гезгамашанах цхьа га д1атесна ца хилча, Махьмуд шен балха т1ехь веха вахлур воций х1оранна а хаьара. Иза ца везахь а, цунах г1еххьа къахеташ верг а вара, Хатуев санна верг. Амма иза велча а, г1айг1а ца беш, шайн хьалха хилла аьтто карлабаккха  1алашо лаьцнарш а бара. Кьаьсттина керлачу секретарера цатам баьлларш.
Къаьркъа алсам мел мели, шен даг чуьра цабезам ма-барра гу¬чу бохура Хансолтас а.
— Ша иштта парг1ат кху районехула «Волга» хоьхкур ю моьтту хир ду цунна! Бакъ дац. Вайн делор, кхин сайн г1уллакх ца хилахь, ас цхьана сарахь дуьхьал а ваьлла, тапча еттар ма ю цуьнан лобовой стеклох чу! Д1аз-д1аз-д1аз-з-з! — тапча кхуьйсуш санна, куьг д1а а дахийтина, п1елг ийзабора общепитан ди¬ректора.
— Цулла а, эццига цхьа баь1а туьма а лой бич я наркоман ялаехьа г1алара. Цо д1авоккхур ву хьуна иза-м — ша забар еш санна хьехар дира милицин  начальника.
— И цхьа кегий магнитни минанаш дика хир яра, — ша забар еш санна, къажа а къежна, элира КГБ-н начальника. — Меллаша машена к1ел латийчихьана— «Поф-ф!» — и нет Махьмуда. Хьа-хьа-хьа!..
— Вот! И нийса боху ахь!— хьалаиккхира Хансолта. — Васи¬лий, и мина ахь лаха еза. Ас ши баь1а... нет, пхи баь1 а туьма локха хьуна ахь иза яхь!
— Д1авала д1а, аса-м забар йой,— юхавелира Василий. — Ишттаниг-м нахана д1ахезча а хаза дац.
— Нахана х1ун хуур ду вай ца дийцича? Делор, ца йо ас хьоьга забар!
— Д1авала, Хансолта, ма дийца. Машена чохь шофер а хуьлу. Цул сов, пассажираш хиларан а сахьт дац. Вай-м х1инца Сицилехь даций. Мегар дац ишттаниг. Кхин некъаш карор ду вайна иза д1аваккха-м. Сихлур дац вай. Сиха дахана хи х1ордах ца  кхетта олуш дац вайн дайн кица.
— Кица-м кхитайпа а  хьаха, ду — элира Хансолтас.
— Х1ун тайпа?
— Ладийг1инчу нело хьаьжк1аш ца йиъна, бохуш.
— Хьа-хьа-хьа! — бийлабелира накъостий. Шордус элира:
       - Иза-м нийса ду. Х1ара ерриге а район а ас юуш ю моьтуш 1аш бу и сан Министерствера хьаькамаш а. Реза ма бац уьш а сох долуш х1ума ца хилча. Ткъа оцу Махьмуда х1умма а дан дуьтуш а дац. Оха мел боккху ког а цунна гуш бу, оха мел цадийриг а цунна хууш ду. Ур-аттал, айса еш йолу ойланаш а цунна евзаш сана хетакха суна. Ладийг1арх г1уллакх хир дац. Цхьаъ дан-м деза, х1уъа дина а.
— Хабарех г1уллакх хир дац. Цхьа план х1отто еза вай, нагахь иза боккъала а д1авоккхуш велахь, — элира Василийс
— Дера, ду-кха! Дера ду-кха!!! — мохь белира Хансолте. — Кханнехьа д1авоккхуш-м ду, нагахь аьтто хилахь. Со сайн хиллачу метте заготконторе д1авахайтойшу, ас хьалхачул а шозза сов х1ума хуьлуьйтур ю-кха вайна массарна а!
— Делахь, вай цхьа х1ума дан деза. Вай цхьа йоккха митинг ян еза кху райцентрехь. – Элира КГБ н начальника.
— Х1ун?  Митинг? Х1ун митинг? — ца кхийтира Хатуев.
— Вай нахе шайга алийта деза «Долой Шарипова!».
— Иза муха далур ду? — къаьрзира Хансолтийн ши б1аьрг, КГБ-н начальника бохучух ца кхетта.
— Им ас сайна т1е лоцу шуна. Вуьшта, нагахь цхьана сачуьрчу стагана вай виъ воцчунна иза д1ахаахь, вайн дерриге а доьхна д1адахана а ду-кха шуна!
Цхьана юккъехь массо а ойланаш еш, луьйчуьра д1асевцира. Мацца а Ризвана хаьттира:
— Вай мелххо а митингашна дуьхьал хила дезаш дерш дац?
— Дуьхьал хила мегар ду вайна, ваьшна цатам хила мегачу митингана-м!—жоп делира Василийс.
— Иза вайна дуьхьал хир яц аьлла тешна вуй хьо?  - хаьттира Ризвана.
—Тешна ву. Агенташ диканаш бу вайн. Сайна лиъча, кхана  цхьана дийнахь х1ара еррига район а вовшийн коча йохуьйтур яра ас. 1едало, НКВД-с ч1ог1 а кхерийна ма бу вайн нах. Цундела т1ех ч1ог1а кхера а кхоьруш, теша а теша уьш. Сийлахь хета дукхахболчу нохчашна тхан агенташ хилар а, шаьш вовшашна меттанаш деттар а.
— Х1ан-х1а, цунна со реза вац, — д1ахадийра Хатуевс.
— Стенна? — цецвелира Василий.
— Тешнабехк-тешнабехк бу, ша бинчух боьдуш а бу хьаьвззе. Аш шайна луъург де, со декъахь вац цу г1уллакхна.
   Накъостий кхуьйлира. Шай-шай х1ун эр ду ца хууш висира х1ора а. Т1аккха Хансолтас элира:
— Хьо   деша вахийта г1ерташ хьалхаваьлла лелларг мила вара, Ризван? Дагадог1ий хьуна?
— Дагадог1у. Къосум вара.
Къосумна обкомера хьаша вовзийтинарг, шен хенахь, мила вара хаьий хьуна?
— Хьо хилла хир вара-кх.
— Хир вара... Ткъа хьо суна х1инца иштта «баркалла» олуш ву? Г1уллакх тоделла хьан х1инца? Комсомолан секретарь ву бохуш этт1а ризанкий плащ а юьйхина лелаш санна дац хьан г1уллакх х1инца?— девне вала кечвеллера Хансолта.
— Собар! Собар!— хьалаиккхира  х1инца Василий, — Вай вовшашна оьг1аз эха оьшуш дац кхузахь. Вай вовшех кхеташ хила дезаш ду уггаре а хьалха. Вай-м дац х1умма а дан кечделла а.  Вай йийраш забарш яра. Забарх ца кхета стаг лай ву ма аьлла вайн дайша а. Аьллий, Хансолта? — б1аьрг та1ийра Василийс Хансолте. Иза дара «1адда 1е, ма къийсало, кхйн цхьа а дош ма далийталахь хьайн багара» — бохург.
Хансолта, гарехь, кхетта, д1асецира.
Пар йолчу чу Василийс шийла хи деара. Вовшашна нораш детташ, маьхьарнй хьоькхуш, зовкх хьега х1иттира уьш.
Кхано шаьш д1асакъаьсташ Василий Хайсолтин лере таь1ира:
— Г1ара ца вуьйлуш, цхьангге а х1ума а ца дуьйцуш  1адда 1елахь. Ойла а йина, цхьа х1ума дийр ду вайшиммо т1аьхьо.
— Дика ду, воккхаверца реза хилира Хансолта. Т1аккха, б1аьца йина, юьстаха а ваьккхина, элира:
— Цхьа жеро ю со волчохь нисъелла. Ас аьлларг х1уъа а дийр долуш. Ас иза яиита хьуна сауни чу? Нуй дика тухур бара хьу¬на цо...
— Х1ан-х1а. Тховса ма яийта. Х1ара чохь ерг ц1а яхханчохь цхьаъ дер вайшиммо.
— Дика ду- Мичча хенахь а йолуш ю хьуна.
Хьеший кел арахьа бовлуш, куьг лаьцна, лере а таь1на, Васи¬лийс элира Ризване:
— И вайн 1овдал забарш тидаме ма эцалахь, Ризван, х1ара дарделла адам вайгара х1ун ледарло йолу-техьа, бохуш, лерг а ирдина 1аш ду хьуна. Хьа хьа-хьа!..
— Со цакхеташ ма вац, Василий. Аш динчунна реза ву со-м, — х1ундда хьесталахь а хьесталора х1инца  раййсполкоман председа¬тель. Хетарехь, цхьана хьен к1оргенехь цуьнан кхетамо бохура: «Райкоман хьалхара секретарь х1аллаква а кхеран де хилча, хьох долчуьнан а сихха йист йоккхур ма ю кхара... Реза а хилла 1адда 1ийча, райкоман хьалхарчу секретаран дарж шашех кара дожа а мега…»
Вовшашна мара а беттабелла, д1асакъаьстира уьш.

    Б1аьстенан мела х1уо детталора 1аьно г1орийна лаьттачу лаьмнех. Малхбасеш-м тоххара якъаелла, бецан сеналла хьала еддера.
Ломан когашкахула охьа1ийдалу ахк 1оврех тарделла, марсадаьллера. Деган мерзех з1аьнарш туьйсуш, аьзнашка дуьйлуш сана хеталора самукъане хьозарчий.
         Ша-тайпа дог-ойла айелла, ц1анъелла, цхьана доккхачу ирсан не1арехь ша лаьтташ санна хетара кху б1аьстенан юьххьехь Лайсийна. Тешнера иза Ибрах1иман ц1еначу, безамо д1алаьцначу 1алашонех.  Кхин а ч1аг1ъеллера цаьршинан уьйраш.
    Цхьа 1аламан шело хилла ца 1ара кху б1аьстенан юьххехь Лайсех д1акъаста г1ертарг, ширлуш лаьттара Халад д1аваханчу дийнахь дагна хилла чов, юхавог1ур ву ша а аьлла, д1авахана д1авайначу дас Майрбека юьхь1аьржа х1иттор. Цеца к1ел кхобу т1ам бойна  олхазар санна экаме йолу жима Лайса денъя, тея, дахаре юхаерзо хиънарг-м 1абдурахьмий, цуьнан зудий дара.
Довха деанера юккъе баьллачу апрель беттан де.
Делккъалц  Грознера кира кхоьхьу машенаш хьалакхачаре а хьежна, уьш ца яьхкича, дог а эт1аш, делкъе ян ц1авог1учу Ибрах1имна  геннара схьа б1аьрг тоьхна гира накхарийн яьшканаш меттахаяьхна воллу Салман. Бахьана доцуш цаьрга ваха ца х1оьттинера к1ант цкъа а, школехь дукха гучавийлар а бакъахьа ца хетара. Лайсийна а эхь хетара шен накъостех х1ара гучаваьлча. Х1инца, дог айделла, хецна, арахь болх беш воллучу Салманна т1е вахара:
— Де дика хуьлда хьан, Салман!
— Диканца вехийла хьа а, — хьалаайира вукхо шен юьхь т1ера сетка. — хьо ву х1ара, Ибрах1им?
— Со ву. Г1о де ас хьуна?
«Х1ан-х1а. Ма де», — ца элира хьекъалечу воккхачу стага. Кхетара цуьнан кху кертах х1ун ойла хьерча.
— Г1о де, нагахь хьуо накхарийн юнах ца кхерахь. Х1ара цхьа йолу яьшканаш вовшех д1ахерйийр яра вайшимма.
Воккхавеш, керта вахара к1ант.
— Хьайна моза мел улло барах куьг ма ластаделахь. Тергал а ма бе. Т1аккха ю тухур яц хьуна.
— Шайга дов хьедийриг ца веза-кх мозашна а? — велакъежира Ибрах1им.
— Дера ца веза. Эсалниг вевза хьуна массарна а. Х1ара накхарий мел тамашена х1уманаш ю хаьий хьуна? Кхара шайниг санна д1анисдина делахьара вай вешан дахар а. Тоххара ялсамане кхьоьлана хир яра. Кхара дукха х1ума 1амадо. Бакъе а, цу хьайн эмжеэсехь накхарий х1унда ца доладо ахь? Боккха пайда хир бара-кха царех 1едална а, нахана а. Дукха моз оьцур дара-кха кху лаьмнашкара. Цул сов, аренгахь цхьатайпачу беца т1ера эцнарг санна а доцуш,  дукха ч1ог1а дарбане моз ма хуьлу кху ламанан бецех даьккханарг.
— Хьоьга цуьнах дерг хатта, дагавала, хьоьга суо а цу балхах жимма кхета а вайта веана-кх со, х1ара тетраддий, ручкий дахьаш,— самукъаделира Ибрах1иман.
— Бакъ веана. Дера веана бакъ. Нагахь хьуна кхузахь уьш д1адоло стаг ца карохь, юхашара пенсе а вахана, со а вог1ур ву-кха хьуна. Д1аоьцур вуй ахь?
—    Барт хили-кх вайшиннан! Со-м дукха хан яра хьуна кху балхана хьо волчу ван лууш хилла.

      — Э-э, дера ю х1орш дукхе дукха тамашена х1уманаш. Дукха х1уманийн хьесап дойту кхара  — гарехь цхьаъ дийца воллура Салман, ша нег1арш хьала а ийдеш,   цхьацца рама   хьалайокхуш, накхаршка б1аьрг а бетташ. — Массо а сачуьрчу х1уманан а, доллучу дахаран а шен законаш хилар дика гойту кхара, Ибрах1им, вай хийца г1ертарх хийца а лур доцуш. Масала, вайн идеологица стага юкъара х1ума шен долахь долчул а хьоме леладайта г1ерта. Иштта кхоллалур ю боху коммунизм.  Амма наггахь а ца велира, шен ц1ера юкъара, пачхьалкхан тхов к1ел д1аяхьа г1ерташ верг. Ша массо а юкъара ерг шен дола яккха г1ерта. Вай г1ертара стаге ваьшна луу амал эцийта.
Дика 1алашонаш хьалха а х1иттийна, кхоьллира пачхьалкх. Амма дикачу 1алашонех бала хуьлу, нагахь и 1алашонаш азаллехь адам кхуллуш деллачу законашца йог1уш яцахь. Масала, кху на¬кхаршка шайн законаш, амалш хийцайта г1ертарх, иза эрн а ду.  Ахь шайна ян а йина,  йиъ к1ов алхаш д1ах1итторах,   цара шайн ялх са болчу балозан алхаш чу бен моз дуьллур дац.
Х1ора накхармоза шен-шен жоьпаллин г1уллакх деш бу кху чохь. Х1оранна а дан г1уллакх карадо. Амма массарна а коьртехь цхьа эла ву. Оцу элан къоналле,  х1айталле, дикалле хьажжина онда а хуьлу и доьзал. Эла ца хилча, юху накхарийн пачхьалкх. Ши эла а ца мега царна. Лата а летий, г1ийланиг х1аллакво. Иштта ма ду вайн адамийн дахарехь а. Паччахь г1ийла, цомгуш, де доцуш, я цулла а доьхнарг а  — 1овдал  хилахь,  адамийн г1уллакх а декъаза хуьлу.
— Х1инццалц схьадаьхкина вайн г1уллакхаш санна бохий ахь?
— Боху те. Дера боху. Цул сов, д1ахьажал, мел лерана болх бо х1ора мозано. Болх бо, кхэран законаш цхьаммо а талха ца динадела. Ткъа, ойла ел, х1ун хир дара, нагахь кхарна юккъехь шаьш моз а ца деш, кхечаьрга «моз де!» — бохуш хьехамаш беш берш бевлча. Лозунгаш а, плакаташ а ийеш, профсоюз, партком, комсо¬мол, соревнование бохуш, цхьа мозий юстахдийла доладелча,   т1аккха х1ун хир дара?
— Т1аккха вайна хилларг хир дара-кха.
— Хир дара. Цундела цхьана а сачуьрча х1умано шен законаш талхо ца деза. Уггаре а коьрта закон: цхьана а сачуьрчу х1уманна мацалла яла ца лаьа, бахам гулба лаьа. Цундела цуьнга иза гулбайта аьтто хилийта беза. Шолг1а закон — массо а сачуьрчу х1умане шен таронашка хьаьжжина байта беза болх, массо а цхьатерра д1анисва  а ца г1ертош. Масала, кху накхарийн керла даьхна къона мозий ц1ано еш, к1орнеш кхобуш, ц1енна мох тухуш, яьшки чохь долу г1уллакхаш деш хуьлу. Шаьш онда девлла, г1еметта х1иттича, уьш моз кхехьа х1уьтту. Кхоноле къандала доьлча, моз кхехьа генна д1а ца ихаделча, яьшкин соне охьа а ховший, г1аролехь лаьтта.  Шайна цатам ма хиллинехь, т1екхетий, ю туху. Дерриге а дукха ч1ог1а д1анисдина ду церан. Ю а тоьхна леш болу моза а къенаниг, ша доккху долу моз даьккхина баьлларг бу церан.
  — Тамашина-м ду, — реза хилира Ибрах1им.
 — Кхеран амал евзича стагана ша муха ваха веза а хаьа хьу¬на, - дуьйцура кхид1а Салмана. — Дуккха а х1уманех кхетаво кхара. Масала, доьзалаш готтехь бита мегар дац цкъан а. Готтехь нах дера хуьлу. Церан болх  бан дог ца дог1у. Девнаш хуьйлу кест-кеста. Иштта, шайн бен гат ма беллинехь, накхарийн вой долу. И вой д1адоьду миччанхца а, шайна 1ен-даха кхин меттиг лохуш. Нагахь ахь иза схьалаца г1айг1а а бина, керлачу яьшкичу нисдахь — кхин цхьаъ а доьзал бу хьуна. Ца нисдахь, хьуьнаха а доьдий, акха а долий х1аллакьхуьлу вой. Иштта хуьлу вайн доьзалашца а. Нагахь дас-нанас г1ишло а юг1ий, шайна улло ваха охьа хаа вахь, веха к1ант. Ца хаавахь, цхьанхьа д1а а воьдий, тила а туьлий, х1аллакьхуьлуш меттигаш дукха нисло.
 Вуьшта, вайн ерриге а Нохч-Г1алг1ай чохь цхьа доьзал лерича а, кхузахь а цхьа инзаре доккха вой даьлла ала мегар ма ду. Вайн коьртехь болу никх цомтуш а, де доцуш а хиларе терра, адам даьржина,  бан белхаш  бац. Кху яьшки чохь,  гой хьуна, мозий алсамдевлча ас кху юьккъе - балозах йина рама юьллу. Т1аккха мозашна бан болх хуаьлу. Доь¬зал мелххо а ч1аг1ло. Вой а даьлла д1адаха ца г1ерта. Изза дан ма дезара вайн республикехь а. Вац-кх цкъачунна и рама х1отто да... .
— Дера, ахь нийса-м боху, — реза хилира Ибрах1им. — Декъаза бобер ду-кха вайн къам тахана, шена ца хаахь а.
Ц1еххьашха сахьт т1е хьаьжира Салман:
— Эх1! Со-м хьелуш лаьтта. Урокаш ма ю сан делкъал т1аьхьа. Хьажахьа, лара ца ви-кх со! Цхьадерг Лайсега ца дайтахь дер дац. Иза ю х1инцца балхара ц1акхача езаш.
— Х1ун ду иза, Салман? Ас дан мегар дацара?
— Х1уна хуур дац. Молханаш ю тоха езаш. Варроатоз олуш цхьа веччалг ю кхарех леташ. Цунна дуьхьал щавелеви кислота олу молханаш яра-кх тоха езаш. Вуьшта, яьшканаш д1асахилош г1о-м дийр дара ахь хьайн йиш елахь.
— Дийр ду ас! — г1адвахара Ибрах1им!
— Валол, делахь, цкъа цхьана х1ума кхоллур ю вай.  Мецаниг ца веза мозашна а. Мецачунна юнаш алсам етта цара.
    - Боккъала а бохий ахь? — цецвелира Ибрах1им.
— Боху, — велавелира  Салман. — Лайса-м теша хьуна цунах. Хьастах ю тоьхна, балда а дестийна  хьийзи  школе яха эхь хета шена бохуш.
И шиъ чу вахара. Дукха хан ялале Лайса а ц1а еара. 

        Б1аьстенан довха де суьйрангахьа кхевдинера. Ч1ог1а самукъа  даьлла, накхарш т1ехь болх беш доллура Ибрах1иммий, Лайсий.
Юххех т1ехьйолучу цхьана йо1а «дебийла хьан, беркат долуш  хуьлда хьан х1орш, Ибрах1им!» — аьлла доггах къобалбира Ибрах1иман болх, Лайса тергал а ца еш. К1анта дуьхьал баркалла элира, вела а къежна.  Лайсас 1а а ца елла 1оттар йира.
— Хьо ма ч1ог1а г1адваха.
— Х1ун де ас ткъа? Х1орш сан а дац, сайца бала а ма хила  баха-м ца деза ас?   
Шен дагахь вела а воьлуш вист ца хуьлуш г1еххьа хан ялийтира Ибрах1има.Т1аккха дийцира:
— Цхьа к1ант хилла боху дас нуьцкъала чуьра ара а ваьккхина, уьстаг1аш дажло вахийта хьийзош. Дукха ч1ог1а реза воцуш  уьстаг1ашна гонаха хьийзаш х1ара а волуш, уллох т1ехволучу къонахчо аьлла: «дебайла хьан х1орш, жима къонаха!». К1анта дуь¬хьал жоп делира боху: «Чу а г1ой, сан веше ала ахь иза. Иза ву хьуна х1орш тахана дажо воьдуш верг, со вац хьуна!»
Цуьнга терра  «школе а г1ой, Салмане ала ахь иза», — баха-м ца дезара ас цу йо1е?
— Ца дезара, — реза хилира Лайса. — Аса-м забар йора.
Стохка Лайсега Халад д1аваьлла вон деъчахьана безамах лаьцна дош ца аьллера Ибрах1има йоь1е. Лайсина шена а иза ч1ог1а г1иллакхе хетара. Амма доркъана   вожар т1аьхь а дац бусалбан стагана. Дийна виссинарг ваха ца ваьхча да волу. Иза дика хаьара къоначу шинна а. Х1нца, ур-аттал к1иранна цкъа а вовшахкхетар ца хилахь а, Ибрах1иман уггаре а мерза дог-ойла Хьайбахахь сецош ерг Лайса яра. Лайсина ша кхузахь яха а Ибрах1иман дуьхьа ехаш санна хетара.
Дуъххьара евзинчу дийнахь санна лепара тахана Лайсин шиб1аьрг. Воккхавера Ибрах1им шена йо1 иштта гуш. Воккхавера таханалерчу дийнахь йолучу б1аьстенах, доллучу дуьнена! Белхан г1айг1анаш, кху дуьненчохь нийсо йоцуш эт1а дог, дерриге а дицлора йо1 уллохь хиларо. Къаьсттина тахана.
«Со 1овдал. Сан сайн бехк бу доллучунна а. Дуьххьара Лайса гинчу дийнахь дуьйна ма хаьара сан дагна х1ара сайн ца хилча ца йолий. Х1етахь дуьххьарлерчу дийно ма хьехнера дерриге а! Сихха, катоьхна, х1уъа дина а, ялон езаш ма хиллера. Цхьана хила дезаш ма дара х1етахь дуьйнна!
    ...Делахь а, бехк бац-кх сан а. Суна х1ун хаьара? Хьанна гора бан кечбина тешнабехк? Амма х1инца-м д1атуьттийла яц. Цхьа йист яккха езар ю. Хан йиллийта хьожур ву. Кхин д1атетта г1уллакх дац...»
       Шаьшшиъ дара Ибрах1иммий, Лайсий. Наггахь воьдуш — вог1ург т1е  1оттавелча, цхьанна а ца гучахь, малхбасехь.
       Шаьшшиъ дара дагара дийца. Дехачу 1аьнах баьлла, боккхабеш схьакъерза х1ара б1аьстенан малх санна карлабаьллера къоначу  шиннан мерза безам. Иза дика гойтура цу шиниан б1аьргаша, багах схьа цу хьокъехь дош ца далахь а.
  К1оргера безам тешаме хуьлу. Ц1ена хуьлу, лаьттан к1оргера  схьадуьйлу шовда санна. К1орггерчу безамца доггах дукхаеза йо1, шен хьомечу йишех тарйо к1анта. Цундела, безамца цхьана и башха тешам хаабеллера цу шинна вовшех дуьххьара девзинчу дийнахь дуьйнна. Боккха бара тешам. Амма инзаре бокха бара лаам а. Лаамо, чехкачу мохо г1ийла летта ц1е санна, безам а байарна а кхоьрура Ибрах1им. 
— Ма хаза ду, Лайса, и хьан ши куьг.    
— Хьайн карара рама нийса лацахьа, сан куьйгашка а ца хьоьжуш.
— Ма хаза ю, Лайса, и хьан хаза месаш…
— Ма хаза ду, Ибрах1им и хьан куьйгаш...
— К1анте олуш ма ца хуьлу, Лайса, куьйгаш хаза ду.
— Олуш хуьлу аьлла боху ахь соьга а? — къегира сетки т1ехьара йоь1ан ши б1аьрг.
— Х1ан-х1а. Аладелир-кх. Шашах. Эш-ш-ш-ш!!!
— Юха а туьйхи? — Елаелла, г1адъяхара Лайса.
— Туьйхи!
— Масолг1а?
— Пхоьалг1а!
— Тухур яцара, д1аса а ца къерзаш, рама нийса лаьцнехь.
— Суна х1унда етта цара уьш, боккъал а, хьуна х1унда ца етта?
— Суна цхьа къайле хаьа.
— Хаьа? Йийца х1унда ца юьйцу ткъа ахь иза?
— Хьайна хаьа и йийцича, хьо буьйсанна моз лечкъо оьхий а.
— Со д1а-м воьду, х1ара рама охьа а тесна.
— Г1о. Аса-м ца сецаво хьо. 
 Ибрах1им цхьа к1еззиг мохь а аьлла, жимма кхоссавелира. Г1ара ца вала г1ерташ, сатуьйхира. Лайса кхийтира: к1антана х1инца ю цхьана хьаштдоцчу метте тоьхнера. Хала са деттара цо ела ца яла г1ерташ. Цергашца шен балда 1уьйдура.
— Дийцахьа, Лайса, боккъала а, суна бен х1унда ца етта кхара юнаш? — юха а хаьттира, кхуза варна а  х1инца г1ехь дохковаьллачу  Ибрах1има.
— Суна а етта. Ас са ма туху. Пайдехь ма ю уьш йиттйча. Кест-кеста волал хьо Дадийна г1о дан.
— «Дада» олу ахь?
— Олу. Х1инцца долу вайшиъ. Аса яхана, раг1у к1елхьара кхин цхьа банка а кислота дохьу. Т1аккха долу вайшиъ.
— Со кхарна юккъехь латта веза, хьо юхаяллалц?!!
— Хьуна уьш со юххьехь хилча, соьца г1иллакх лоьцуш 1а-м ца моьттура? Жимма саца хьо. Х1умма а дийр дац  хьуна. Вуьйр вац.
— Хьо иштта къиза стаг юй ца хаьар-кха суна. Дика ду евзина.
— Ма-ярра ца евзина хьуна х1инца а.
Юхахьаьжча, накхаршна юккъехь висина Ибрах1им т1амарш лестош гира Лайсийна.
— Ма ластаде куьйгаш! Куьйгаш ма лестаде,   марсадоху ахь уьш мелхо а! — Мохь туьйхира Лайсас. Амма т1аьхьа дара. Мозий т1елеттера. Шен кога ма воллу ведда, Ибрах1им раг1у к1елхьарчу  оти чу а иккхина, не1  д1а ч1ег1ира.  Кху чохь яра Лайса а.
— Со кхин ца воьду хьуна цу хьакхарчашна юккъе! — мохь туьйхира к1анта.
— «Хьакхарчий» баха ма ца мега накхаршна, — йоьлура Лайса.
— Цхьа а тайпа г1иллакх доцчу х1уманех х1ун эр ду хьакхарчий бен? Дег1а т1ехь цхьа меже ца йити-кха цара сан ю ца тухуш!
     — Еттар яцара, хьо французски одеколон а тоьхна ца веанехьара. 
— Вуй! Маж ца яьшча волурий со? Ванах, и хьожа ца езаш леттера уьш суна т1е? Хьалххе х1унда ца олура ахь? Со д1аг1ур ма вара!
— Хьо д1авахча суна яьшканаш хьан ойур яра? — йоьлура йо1.
— Хьайна хуъушехь, еттийти-кх ахь уьш суна! - забарна т1еволавелира к1ант йо1ана.
— Собар! Кислота ду хьуна сан карахь дерг. Ма 1ана дайталахь. Д1овш ма ду х1ара.
Жимма хан елира. Лайса кислотах молханаш еш 1ара.
— Цу юнаша-м дег1 цхьа тамашена даха а дой, настроени мелххо а тоеш хилла, — элира Ибрах1има.
— Жимма кхин а еттийта еза т1аккха.
— Х1ан-х1а. Тоьар ду. Ворта д1аса а ца саттало соьга-м. Къаьстина новкъа ю х1окху метте тоьхнарг.
— Мичахьа?
— Х1оккхузахь, — вортанна т1е п1елг хьажийра Ибрах1има. Лайса улло еара. Охьата1начу к1ентан коьртара месаш йоь1ан накхайх хьекхалора. Безамо б1арзвинчу Йбрах1има йоь1ан г1одаюкъ меллаша, эсала схьалецира.
— Лайса...
   
— И х1унда ди ахь, Ибрах1им? — меллаша хаьттира цо к1анте девне а ца юьйлуш, ваша санна иза тешаме а хеташ.
— Ма хьийзаде вайшимма вовшийн?  Вовшах кхета вайшна  кханнехьа? — меллаша хаттар дира цо, йиша санна уллора иза а хеташ.       
— Цкъа кху чуьра арадала вайшиъ? — йо1, д1акъаьхкина, не1арехьа йолаелира.     
— Собар дехьа, Лайса! — юхаерзийра к1анта иза,  йо1 х1инца, гарехь, ойла ян йоьллера хиллачун. Цо д1акъехкавора к1ант, иза шена мел хала делахь а. Елхаран моха хьодуш лаьттара цунна.
— Лайса, Делан дуьхьа ма яла кху чуьра ара хан а йиллий бен.  Маца йог1у хьо  соьга?
— Хаац. Дитахьа. Арадала вайшиъ кху чуьра?!
— Дер дац ахь «х1аъа» аллалц-м! Даккхахьа цхьа де билгал! Маца? Тховса? Кхана? Лама?
— Ма лелахьа 1овдал, Ибрах1им, иштта ма ца до иза! — хьала ийлора цуьнан карзахбаьлла накха, хаза а хезаш детталора кийрахь дог.
— Хьо ма лелахь 1овдал, Лайса. Юха а вайшинна юккъе цхьа тешнабехк баре-м ца хьоьжу хьо? Вонаш а, сингаттамаш а кхачор бац. Уьш-м нахах а 1итталой. Дийна висинарг ца ваьхча ма ца волу. Даккхахьа цхьа де билгал! Хийра ду техь вайшиъ вовшийн иштта, ахь ойланаш дукха ялла? Я ... я со хьашт вац хьуна? Ца веза хьуна?
— Гурахь деш ма хуьлу наха ишттаниг, - меллаша элира йо1а.
— Хилахь, маца? Дукха гена ма титталахь, Лайса!
Цхьаъ уьйт1а варна, цхьанна шаьшшиъ кху чохь гарна а кхоьрура Лайса. Хан ца йиллича, ара ца йолуьйтура к1анта..
— Ноябрь беттан дуьххьарлера оршот — дош делира йо1а.
 
**
  Юьхьанца велавала дог хилира Ибрах1иман. Амма кестта вуьйлира. Нах вовшех ца буьйлура. Уьш вовшех боьллера. Массарна а  хаьара  шаьш иштта дуй. Цундела терго а ца йора.
 Бан-м тамашена бара. Масала, х1ара лакхахь т1ома бевлла леларш. Царна т1ехь башха духар дара. Т1ехь ченан хал боцуш костюмаш. Коча тийсана галстукаш. Т1ома к1ел лаьцна ц1ен папканаш. Амма массеран  а хечин айланаш этт1а яра. Цхьаболчеран шарбалшна т1ехь сахь доьдучу кедан барамехь даккхий 1уьргаш дара девлла, г1анта т1е охьаюьллу меттиг ерриге а 1ора а йоккхуш. Наггахь волчунна т1ехь-м хечеш янне а яцара. Уьш къаьстина майра лелара. Уьш кура а бара т1ехь 1уьргаш девлла хечеш йолчарел а.
Эхь хеташ, воьхна хьийзара Ибрах1им, и сакхаташ шена т1ехь долуш санна. Амма иза цхьаммо а тергал ца вора. Тергал войла дан а дацара. И болх эхье лоруш бацара кху йоккхачу шахьарехь цхьаммо а.
Нахана юккъехь нийсо латтае аьлла х1иттийна бара цхьа нах, коьрта ц1ен куйнаш а техкина. Царна т1ехь-м бедарех х1ума цхьа этгаш бен яцара. Уьш д1асахьийзара, тапчанашший, къорза г1ожмашший, к1алк1озаршший охкийна. .
«Ванах, ма эхь ду х1ара. Муха лела кху нахана юккъехула бераш, зударий, баккхийнаш? Боьлла кху балхах? Я гонахарниг ца гуш, б1аьрзе бу уьш? Я ца го шайна моттуьйту? Ванах, там бара тхуна юккъе Лайса кхача? Ма эхь дара иза т1аккха!» — даг чутесира Ибрах1имна. Цу сохьта цунна хезира хи уллохь девллачу дитташна юккъехь цхьа делхар. Г1ийла, декъаза, байлахь дисинчу беран делхар. Къахетта, д1ахьаьдира Ибрах1им. Хи уллохь цхьана гуьйригна т1е охьа а лахъелла, йоьлхуш 1ара... Лайса.
   - Вуй! Лайса, хьо яц х1ара? Хьо мичара яьлла кху хи улло? — т1е вахана, улло охьалахвелира Ибрах1им.
— Со вайн эвлахь шовданна улло еанера хи эца. Цхьамма чу теттина, хи чу юьйжира. Цу хино, йадийна, охьаеана-кх. Т1ера х1уманаш а т1адийна, - юха а елха йолаелира Лайса, шен готтий белшаш а егош, шина куьйга корта а лаьцна.
— Ма елха, Лайса, аса д1аюьгур ма ю хьо. Вайшиъ цхьана г1ур ма ду лома хьала. Хьо сох теший?
— Х1аъа, — г1ийла къежира йо1.
         Ибрах1има цуьнан месех, б1аьштигна улло дай куьг хьаькхира. И шиъ хьалаайделира. Шен даго дукха тийсина са къобалдеш, Ибрах1има меллаша, эсала маракъевлйра йоь1ан дуткъа, тамехь, ховха дег1. Лайса д1а ца къехкара. К1анта хьожа йохура цуьнан къедачу месех. 
      «Хьа-хьа-а-а!..» — буьйлуш, г1адбаханчу нехан г1овг1а елира, ц1еххьашха 1аьхначу хьарг1анийн санна. Воьхна виссира Ибрах1им. Мара хьарчийна йо1 д1а а ца хоьцуш, д1асахьаьжира иза шена гобина лаьттачу нахе. Уьш берраш а х1инцца кху урамашкахула хечеш этт1ий, уьш т1ехь янне а йоцушший, д1асалелларш бара. Цхьанна коьртахь ц1ен куй, когаш т1ехь эткашший, 1орачу хаьнт1ахь тапчий кхозучу къонахчо ши бесне а юсийна шок еттара, ша дукха сихваларна багах ара туйнаш а кхуьйсуш.
Ибрах1им, Лайсин куьг а лаьцна, хи уллора д1авала дагахь, басах хьала г1оьртира. Амма басах хьалаболу некъ шах бина шера а, шийла а хиллера. Цу некъа т1ехула хьала ца валалора. Юха-юха а хьалаг1оьртира Ибрах1им, Лайсийн экама куьг буйнахь а къуьйлуш. Х1ан-х1а. Гор а вужий, юха а чухахкалора.
— Куьг лойша цхьаммо мукъа! Нохчий дац шу? Адамаш дац щу? — дог эт1аш, мохь туьйхира Ибрах1яма буьйлуш, кхаьрдаш т1ера чу хьуьйсуш лаьттачу нахе.
— Куьг лур ду оха бохург ахь дахь! — кхетийра наха.
— Х1ун ду иза? — хаьттира Ибрах1има.
- Шуьшиъ х1унда г1ерта тхоьх къаьстина хила? Хьажал шаьшшина т1ехь долчу духаре!
— Вуй! Цунна кхаьрдаш ду шу тхойшиннах?
— Ду!
Ибрах1им лерина хьаьжира х1инца Лайсега. Х1инца цунна т1ехь хино т1адийна коч яцара. Цуьнан дег1ан х1ора а башха дег1ан меже хьоьстуш санна т1ейохна,  дукха ч1ог1а товш, ло санна к1ай г1абали яра.
Ибрах1имна шен коьртахь нохчийн холхазан куй хаабелира. Цхьа инзаре боккха ницкъ хаабелира цунна шен дег1ехь.
 Доккхадерца тохаделира цуьнан дог. Цхьа куьг Лайсийн белшаш т1е диллина, йо1 шена улло а озош  важа куьг лаьттан кийра дахийтина, дуьненан цхьа маь1иг «теккха хьалаайбира к1анта. Лаха охьа мел долу бехлуш деана хилла хи х1инца юханехьа к1егара хьаьдира. Лакха хьала мел долу ц1анлуш, седа санна ц1анделнра иза.
 Басайистехь кхаьрдаш лаьтташ хилла нах цу хи чу оьгура. Хина лакха хьала мел боху ц1анбора уьш. Хийцалора царна т1ера духар а.
Вехха  1ийра Ибрах1им иштта, дерриге а  адам ц1андаллалц. Лайса йоьлура, йоккхаеш. Ибрах1им воккхавера  цуь¬нан даккхийдеш лепачу хазачу б1аьргаша. К1анта хьоьстура и б1аьргаш, и балдаш, и дуткъа к1ай лаг, и экаме хаза куьйгаш, и к1еда месаш...
Хино хьала деана адам дерриге а ламанашца д1асадаьржира. Ц1анъелла, айелла, хирцина пенаш, тхевнаш мета х1иттина, чу са деача санна самукъане д1ах1иттира маь1-маь11ехь г1аланаш, б1аьвнаш, жоьланаш, массо а лаьмнашца мел хилла к1отарш. Амма цхьа билгало яра хьалха цахилларг-массанхьа а электросерло, з1е д1акхачийна б1ог1амаш, тодина шуьйра некъаш.      
Самукъане яра адамийн яххьаш. Массанхьа а беларш, мехкарша лоькху эсала, мукъаме эшарш. Массарна т1ехь а к1ай чоэш, к1ай г1абалеш, ловзарга баха кечбелча санна.
Цхьана хенахь лома буьххьера меллаша гучувелира цхьа безамехь, эсала, баккхий б1аьргаш болу къонаха. Цунна т1екь а дара дерриге а к1ай духар. Иза вара Устаз, шайх, хьехамча. Ишттанаш гуттара а хилла нохчашна юьккъехь.
Дерриге а халкъ а цунна дуьхьал д1ататтаделира.
 
     Цхьа башха к1еда, меллаша, х1оранан а б1аьра а хьожуш, х1ора а ша бохучух дика кхета а веш, вистхилира Устаз:
— Сан вежарий, сан йижарий, маршаллийца, маршонца, машарца, Нохчаллийца веана со тахана шуна т1е, шу декъалда!
Адам кхи а алсам Устазана т1ег1оьртира. Х1оранна а ша цунна уллохь хетара. Шаьшшиъ нийсса цунна хьалха лаьтташ карийра  Ибрах1имний, Лайсайний.
— Заманан амалш, заманан къайленаш Делехь ю. Амма Дала бохург дар, сийлахьчу Къор1ано т1едилланчукх нийса кхетар – и вайна т1ехь ду, - къамел долайра Устаза. -  Далла езнарг бакъо, нийсо, парг1ато, собар, оьздангалла ю. Далла безнарг - тешам, хьанал къинхьегам, ларам, барт.  И дерриге а цхьане чулоцуш елла Аллах1-Дала вайна Нохчалла. Ас кхаъ боккху шуьга: Нохчалла цкъан а, цхьангге а д1аяккхалур яц вайгара, иза Делера йолу дела, иза вайн ц1ийца йолу дела, иза вайна Дала делла т1ерехьат долу дела!
   Тахана шу дерриге а декъалхилла го суна. Шун декъалхилар - шу шайн дайн кхерче, Нохь-пайхамаран кхерче, Нохчалле юхадерзар. Дайн кхерчара ц1е д1а а яйтий ма лела дуьненан аренаш толлуш, нехан мехкашкахула рицкъанаш лоьхуш. Шайн дайн кхерчахь йоккха, йовха ц1е а латаяй, иза д1аевр цахиларх теша а теший, довла д1аса. Т1аккха шу цу ц1аро т1еийзор ду, мел генахь шу хиларх, шу а, вайн т1аьхьенаш а. Цу ц1еро шун синош довха латтор ду  вайн а, вай мел дезачеран а. 
    Далла везнарг — шен дайн сий динарг. Шен Даймехкан сий лардинарг. Нохчалла ца дицдинарг.
    Даймахко къонахчун даге кховдийна Нохчалла, Нохчаллин ницкъ — Аллах1 - Дала шегара белла ницкъ! Уггаре а тоьлла, яхь йолуш болу къонахий — боллучу а Даймехкан, доллучу а къоман къонахий! Бусулбан дин, Нохчалла  — къонахийн дин!
         Адамийн дегнаш кхоччуш даккхийдедора Устазан дешнаша. Устаза бехкаш ца дохура, юьхь ца йохура. Цуьнан б1аьргаш чу хьаьжначунна шера хаалора иза тахана кху дуьненчу кхаъ бахьаш веаний. И кхаъ – нах болчу нахехь самайолуш лаьтта Нохчалла.
— Устаз, хаттар дан мегар дарий? — вистхилира цунна хьалхха, Лайсийна уллохь лаьтта Ибрах1им.
— Вистхилал, сан ваша, — эсала схьахьаьжира Устаз.
— Ма к1адделла адам. Ма к1ордийна цунна оцу хьалхабуьйлучу баьччанаша ден даккхий къамелаш, цара х1иттон суьрташ, нахана деца шаьш, бохуш.  Ма талхош лаьтта адам оцу даккхийчу къамелаша, оцу декъазчу кураллаша. Х1ун дийр дара-техьа оцу баьччанашна шаьш деланаш а, Делан лаамца лелаш а доций, хаайта? Делан лаамца лелачара угаре а хьалха нахана болх бан, рицкъа даккха аьтто бир барий, хаайта?   Тоьар дацара-техь цара дала мел г1ертийначу «ирсо» адамийн мел диъна синош, мел 1енийна ц1ий?
— Хьан хаттар — иза сан деган 1ийжам бу, сан ваша, — жоп луш, вистхилара Устаз, — цхьа дика т1аьхьа доцуш, цхьа а вон лур дац ша аьлла Аллах1-Дала. Бехк боцуш, хеназа кхелханчунна эхарт хир ду, дуьне ца хиллехь а. Мел лайна халонаш, баланаш, эшамаш — иза дерриге а, цхьана коьртачун мах бу. И коьртаниг — адам ша бечу некъо ша кхетош. Кхеттарг хьалавоккхуш, цакхеттарг буха хьош. Иштта ю кху дуьненан амалш. Дуьненчуьра дахар - къийсам, т1ом. Иштта ца хилча адам маллур дара, г1еллур дара, дуьне адамех дасссалур дара. Иштта яц Аллах1-Делан 1алашо. Делан 1алашо – адамашка шаьш-шайн къийсамехь дахчадайтар. Цу т1амехь Дала нохчашна къизаллин мета Нохчалла елла. Иза дицда мегар дац. Цуьнах кхеташ хила деза муьлхха харцонаш, баланаш 1иттабелча а.
      Иштта бу Делан лаам. Кога даха 1емаш долу бер охьа ца кхеташ ца дуьсу. Дуьненчуьра адам х1инца кога¬ даха 1емаш ду. Йист йоцуш, барам боцуш, ирсен дахар ду адамана хьалха 1уьллург. Амма цу т1е боьду некъ, т1етехьат – Нохчалла. Из аду нохчаша доллучу дуьненна ам д1адовзийта дезаш дерг.
      Беха бу дахаран некъ, азаллера абаде кхаччалц. И некъ адамана беллачо дийцина адамашна и некъ муха бан беза а. Амма цу лаьттахь хьочу некъал а барам боцуш гена д1айоьдуш ю Нохчалла. Нохчалла – гуттаренна а елла Аллах1-Дала кху харц дуьненахь а, кханалерачу бакъ дуьненахь а.
        Х1инццалц хиллачунна Дала гечдийр ду шуна. Дала къинхетам бийр бу шух х1ораннах а, шу Нохчаллин т1ерехьатна т1ехь д1анислахь. Дац кху дуьненчохь а, эхартахь а цул хаза а, деза а х1ума! Д1адовзийцта иза доллучу а дуьненчохь массо а адамашна, массо а къаьмнашна! И ала веана со тахана шу долчу.
Нах баккхийбера Устазан хьехамашка ладуьйг1уш. Цхьана воккхачу стага хаттар дира:
— Сийлахь Устаз, мел х1уъа дийцича а, тхо х1инццалц тхаьш дуьненчохь йоккхучу заманчохь цхьацца къинош ца летош ца 1ийна, кхул т1аьхьа х1уъа хилахь а. Зама а яра хала, шалхонаш лело дезаш. Наггахь а ца ваьлла цу заманах чекх цхьа дерт шена т1ехь доцущ. Алахьа, х1ун дича вер вара тхуна Дела къинт1ера? Х1ун дича бийр бара цо бехке воцчунна къинхетам?
— Дала массо а къиношха д1ац1анваран цхьа некъ бу, — жоп делира Устаза,—иза бу адамаш шаьш вовшашна къинт1ера довлар. Шен кху дуьненчохь цхьана а стагаца хьаг1 а, цабезам а бац-кха, ша массарна а, массо а х1уманна а къинт1ера вели-кха, — аьлла даг чу дижинчу стагах Дала ша а бийр бу къинхетам.
        Бусал¬бан стаг — иза дог ц1ена стаг ву. Догц1ена стаг г1олий ву дийнна цхьа маьждиг кузех а дуьзна, маьждига чохь денна ламазаш деш волчул а. Дог боьхачу наха лелош дерг Далла тевр дац,  цо дашо маьждигаш дарх а. Деш дерг стага шен Делан дуьхьа къайлах дан деза, ша г1араваларан дуьхьа а ца деш. Бусалбан динехь коьртаниг стеган ц1ена ойла ю, цуьнан дог ду! Ахчанах, таронех эцалуш вац Дела. Иза ц1ена дог-ойла, хьанала 1алашо йолчу,  хьанала г1уллакхаш  дечу нахаца ву даима а.
          Адам, Устазан хьехамаша дегнаш ир-кара х1иттийна, даккхайдеш т1ег1ертара. Гуш дара таханалера де церан дахарехь уггара а коьртаниг хилар. Церан хазахетар т1ехдалар меттадало санна, Устаза г1айг1ане элира:
— Цхьа х1ума ду, вежарий, Далла аш сингаттам латтош.
    Адам юха а   тап - аьлла   д1атийра.   Г1айг1ане   хилира   церан яххьаш.
— Вай  кхуллуш ерг, вай кхобуш ерг, вай кху дуьненчохь дахош ерг вайн массеран а цхьа нана ю. Цу ненан ц1е — Латта ю. Шен арренашца, шен хьаннашца, шен 1аннашца, шен шовданашца.  Лаьттан пусар дар дицлуш лаьтта вайна, лаьтта т1ехь къахьега ца леа вайцна, атто еза вайна, цу аттоно вешпан синошт а, дегнашт аи талхадой ца ихеа вайна.
 Халбата хийша ца боху Дала адамашка. Дала адам дуьненчу ирсе, парг1ате, самукъане даха кхоьллина ду. Амма и ирс, парг1ато, дуне дезар луш дерг цхьа х1ума бен дац. И х1ума - къинхьегам! Ша шен куьйгашца даьккхинарг бен рицкъа дууш ца хилла сийлахь Кунта – Хьаьжас. Тахана къахьегаран некхъаш дуккха а ду. Амма цареха угаре а сийлахь некъ – латта дезар, хаздар, лаьтта т1ехь къахьегар. Лаьттан пусар динчун Аллах1- Дала пусар ца дан йиш яц. Латта дезар – Нохчаллин коьртачеха цхьа билгалло ю.
Дала гечдийр доцург, Делаха д1ахаьддачо бен дийр доцург ду Латта, 1алам бехдар. Бусалбан динехь волчу стага, я цуьнан доьзалех волчо цкъа а кхуссуш ца хилла шовдана чу боьха х1ума. Цкъа а тухуш ца хилла дечигах эрна диг. Цул къилахь лоруш цхьа х1ума а ца хилла. Тахана цхьаболу нах  эвхьаза бевлла Лаьттаца.   
       Ойла ейша, мел хала дац, мел оьзда ду, мел сийлахь а, ц1ена а ду бусалба а хилла Нохчаллица ваха! Эзар шерийн к1оргера схьадеанчу Нохчаллин т1ерехьатан нур ма-дарра д1адовзийта вай вешан кегийчарна? Даржаде вай иза   доллучу а дуьненчу! Дуьне цуьнга сатесна 1аш ма ду! 
Варийлаш, диц ма делаш Дала аьлла кхин цхьа х1ума а: ша санна лаьтта т1ехь вехачу стагана корта а та1ийна, хьаставеллачунна, цуьнан дикане сатуьйсуш ц1уьх1аралла лелийначунна къематан дийнахь 1амал йийр яц ша аьлла шуна цо. Ма йохкалаш цкъа а ахчанах, даржех, совг1атех шайн Нохчалла!
  Лаьтта т1ехь ша массо стаг а цхьатерра кхоьллана ву, цхьаъ тоьлашший, важа эшний воцуш. Цундела цхьа а цхьанна а хьеста ма ло. Цхьанненан а дикачу балхе са а ма тийса, и Дела ша воцчуьнгара бен. Хаа шайн синойн а, шайн дог1мийн а дай хила! Маьрша, парг1ат, корта айбей даха кху дуьненчохь. Х1ара дуьне-м вайна Дала корта айббина даха делла дай, ваьш муьлуш ду а хууш, вайна цо т1едехкинарш х1у декхарш ду а хууш.
Юха а самукъане яра адамийн яххьаш. Цара д1алаьцнера шайн Устазан багах мел даьлла х1ора дош. Уьш цу дешнашна кхоччуш реза бара. Уьш ирсе бара. 
     Цу заманчохь стиглахь цхьа вон г1овг1анаш евлира. Геннахь, къилбаседехь гучуелира цхьа 1аьржа жима ши х1ума, мелкъанех тера а йолуш. Улло мел кхочу къаьстира и шиъ вертолет тайпа ши кема хилар.
      Цхьанна чуьра аракъерзара Гаджиев бохучу къонахчун къежбелла корта. Вукху чуьра аракъерзара Иван Чеченович боху хьаькам. И шиъ адамашна улло нисваларца кеманашна чуьра нехан кортошна т1е цхьа боьха 1овраш 1ена йолаелира. Цу 1овраша дог1маш дагадора, дегнаш шелдора, синош эгадора. 1оврийн гор вожо ницкъ ца кхаьчначунна ластадой лакхара чу хаьштиг тухура. Т1ера чу бечу т1амна ян дуьхьало йолуш, холчах1оьттина хьийзара адам. Шийла мох баьллера. Малх а, 1аьржачу мархаша бадийна, чубуза боьдура.
Б1а1ргашна дуьхьал куьг а лоьцуш, т1ера чу 1еначу 1оврашка ша б1арзе ца вайта, д1ахьаьжира Ибрах1им шайн Устаз лаьттачу гу т1е. Иза х1инца а лаьттара цигахь, г1ийла корта а оллийна.
— Ва Устаз!!! Ца го хьуна х1ара х1инца а адамашна т1ехь беш болу ницкъ? Муха могуьйту х1ара х1инца мукъа Аллах1-Дала? — мохь туьйхира Ибрах1има шена чуьра ма боллу, хьоькхучу мохехь, яьллачу г1овг1анехь  шен аз цунна д1ахазийта а г1ерташ.
— Сан йиш яц даджалашца къийсавала, — жоп делира Устаза — Сан ницкъ шу х1оранна а шена-шена д1абекъна бу. Цхьаволчунна алсам кхаьчна хила мега. Вукхарна к1езиг. И ницкъ шу¬на вовшахтоха хаахь кху цхьана стиглахь лело харцонаш хьовха,  ворх1е а стиглахь лелон харцонаш эшо а ницкъ кхочур бу шун. Цхьацца хьала а лелхаш, б1аьллаш кхийсарх и б1аьллаш юха шайн кортошна т1е охьаоьгур ду ду.
— Кхин цхьа х1ума дийцахьа, Устаз! — мохь туьйхира Ибрах1има.
— Х1ун ду иза?
— Дукха юй техь кху дуьнент1ехь иштта оха санна вовшен дакъаза даьхна меттигаш? Дукха дуй техьа тхо санна вовшех ца дешаш къам?
— Со кхета, Ибрах1им, ахь хоьттучух, — велакъежира Устаз — шен къоман сакхташ довзар — иза толаман цхьа юьхь ю. Со дикачух тешна даима а. Со теша эзар шерийн къоргера Нохчаллийца схьадог1у вайн къам а декъала хирг хиларх. Д1ахьажал— даджалаш шиъ бен вац. Шу эзарнаш ду. Аш массара а цхьана х1уп аьлча, лилхина д1адоххал бен ницкъ ма бац цу кеманийн. Цу кеманаш чуьра охьа - воьссича цу шина къонахчун-м де данне а дад. И шиъ -1индаг1аш, тайнигаш бен яц
  Цу т1аьххьара а Устаза аьллачу дешнаша Ибрах1имна шен дег1е цкъа а ца хиллачу кенара ницкъ беъча санна хетийтира. Иза хьаланисвелира, белшаш мархех д1а а г1ортош.
— Х1ай! Адамаш! — мохь туьйхира цо шен г1ора ма-дду. Цу маьхьаро иза самаэккхийтира.
Корах чу беттан серло етталора. Буьйса юьккъе яхана яра.

     Банкир ор чу кхоьссанчу кхозлаг1чу дийнахь веора бетах масканаш йоьхкина ши стаг веара видеокамера а яхьаш. Бетах к1орам1одаш а хъекхна, Блюмберг волчу т1е а чамбоцчу ваьккхира цара, иза кхоччуш халачу хьолахь хилар гайта лууш.
     - Д1адийцал х1инца хъайн ц1ерачаьрга, хьуо муха балехь ву. Сихха ит миллион доллар вовшахтоха алал цаьрга, дийна хьуо юхаверза лаахь!
     - Ит миллион доллар? Сан мичара ду оццул ахча? Ас банк йиллана а ма дац кхо шо а?!  Цхьа миллион вовшахкхета мегакха сан гергарчеран, дика уюш хоьвзахь! – цецваьлла ша моттайтуш, д1асахьаьвзира банкир. Бетах маска йоьллинарг цу хабарх вешаш стаг вацара. Вела а велла, цо элира:
     - Ткъа миллион! Хьо кхи бур-бур аьлла вист хилахь, мах ткъей итт мили оне хьалабер бу хьуна!
     Блюмберга кхи цхьа а совнаха дош а ца элира. Шега мел аьлларг юха а олуш, д1аяздайтира цо камерайга.
     - Х1ара жуьгте охшимма ларварна тхойшиъ х1умма а доцуш, араволийтай аш? – сихха хаьттира Хьасана. – Кхо оццул ахча шайна луш хилча,  тхойшинан кепекех х1удо аш?
     - Банкирца болх бе. Хьовсур ду  вай, - эккхайтира кино яккха веанчо.
     Хьасанан дика самукъа даьллера:
     - Гой хьуна, Ибрах1им, жуьгташкара а наггахь пайда болу хьуна.
     Блюмберг корта куьйгашт1е охьа а бахайтина, ша хеъна 1аччахь велха волавелира, б1аьргеха хин 1овраш а уьхуш.
     - Вуй, хьо стена врьлху? – улло вахана, охьахиира Хьасан. – Жуьгтийн ахчанал дукха х1ума дан а дуй? И дерриге а америкера долларш деш дерш шу дац, царна т1е шайн масонийн суьрташ а детташ? Ткъа миллион доллар х1ун ю банкирана? Хьуо кху чуьра ара ма ваьллинехьа цхьана эхза шарахь схьадоккхур ма ду ахь иза.
     - Мичара? Муха? Со теттана декхаралла г1ур ма ву. Велла д1аваллалц ваца мА деза сан оццул ахча д1адала г1ерташ.
     Х1умма а дац. Ахча даккха шуна хаа ма хеа. И шун болх ма бу. Кху паччахьалкхера дерриге ахча а шайна д1адерзо ма йохайна аш СССР. Оццу бахьаненна ма болайбайтина аш шаьш х1оттайнрачу Ельцине Нохчийчохь т1ом а. Зуда а, бераш а дуй хьан?
     - Ду.
     - Гой хьуна, хьо ткъа миллион ма деллиехьа хьайцн зудчана а, берашна а т1е д1аг1ур ву. Ткъа тхан бехкбоцуш т1амо байинарш цкъа ма боьрзур бац юха. Болабайта безаш ца хиллера шун Березовскисса, Гусинскисса, Филатовсса, кхийолчу жуьгтийн тобано кху чохь х1ара 1овдал, боьха т1ом. Цундела ахь хьайха а, тхойшиннаха а жимма сом-ком яларх х1умма а духур дац. Хьо хьайн зудай, берашше, езаршше хьеста д1аг1ур ву, турпалхо санна. Мел хьайн ц1е хьалаер ю хеай хьуна, нохчийн зиндана чохь хилла, бохуш. Шун жуьгтийн журналисташа ч1ог1а а юьйцу уьш, массо а нохчочун а ц1ийнах ю, бохуш. Аш иштта бехдина дукха дийцарна мА 1емина тхуна а цхьацца х1уманаш.
     - Витахьа иза, Хьасан, ма  хьийзавехьа. Ца го хьуна, иза мел халчахь ву, - схьакхайкхира Ибрах1им.
     - Х1ара-м халчахь велахь а кестта шен ахчанна юьккъе д1аг1ур вара. Къа вайн къоман ду. Маца юхайохкур ю вайн колхозаш, совхозаш заводаш, фабрикаш? Маца чу са дог1ур ду вайн къомана? Цу Москвахь барш а кху жуьгтийн министраш ма бу. Царна маца луур ду нохчашна чу садан?
     - Вайн вешан бехк бу. Вай х1унда туьйсу кхеран дикане са? Караеанчу кепекех вовшашца понташ а ца лелош, производство, экономика дебо езара. Кхеран вовшашца барт бу, вайн бац. Вайн вовшашца хьаг1 ю. Анекдот хезний хьуна?
     - Муьлханиг?
     - Дуккха а яьш ду  боху жоьжаг1атехь чохь нах кхехкош. Цхьана яй т1ехь  ниг1ар  дац боху. И х1унда дац, аьлла, хаьттича жоп делла боху: цу чохь берш нохчий бу. Цара цхьаъ хьаоавала воьлча а, ши ког а лоцай, юха чу озаво…
     Хьасан велавелла г1ад вахара:
     - Иза-м нийса ду. Делахь а ишттанаг кхечу къаьмнашка дийца мегар ма дац. Цара лотрур ма дац вай ма - дарра девзича.

      Гуьйре к1арг мел ели сингаттаме хуьлура Хьайбахахь, къаьсттина кхузахь 1ен 1емина воцчунна, Лайса санна дехьа-сехьара т1евеанчунна.
     Хаза йолу кхузахь б1аьсте,   эсалчу малхо дерриге а 1алам а хьостий, деладой, ерриге а ламанийн басеш  бес-бесарчу зезагаша  къарзйой. Тамашена ю кхузахь олхазарша етта шакарш. Июль бутт юккъе баххалц ека кхузахь, лахенгахь июнь баттахь екачуьра д1асоцуш йолу отйокх.
    Мел довха де дарах ца х1утту йовхонан тов. Унахц1ена ду ламанийн бецийн хьожано дукъдина х1аваъ.
    Дукха кхочу кхуза аьхкенца туристаш, студенташ. Алсам лаьтта адам мангалан хан чекхъяллалц.
     И дерриге а д1ажимлуш лаьттара х1инца. Ур-аттала Ибрах1м а  д1авайнера. Бутт гергга хан яра иза Лайсина ганза. Цхьаболчара 1аьржачу х1урда т1е сада1а вахана, бохуш дуьйцура. Вукхара станцина цхьацца техника нисъеш лелаш ву олура. Лайсин догдат1о луучара-м иза цхьанхьа-м зуда ялон кечам беш лелаш ву бохура. Цу доллучух а ч1ог1а бала  хиллера Лайсина.  Хала дара цунна лан ша хан йиллина к1ант оццул дукха гуча ца волуш 1ар а, ша воьдучу хенахь иза шега вист цахилар а.
«Там бара иза соьга ша хан йиллийтина дохковаьлла лелаш  хила!» — карзахдаьллера йоь1ан дог. Йиллина хан — ноябрь беттан дуьххьара оршот — т1екхача дисинарг иттех де бен дацара.

  Шен нанна Сепетна дарба лоьхуш, иза лоьрашна гойтуш ша мел лела кест-кеста дагаоьхура Ибрах1имна Лайса.
 - Лайса...
И хьан эсала аз, хьекъале ши б1аьрг. Сагатдеш хир ю, ас х1ун леладо, со мичахула лела ца хууш.
...Ноябрь беттан дуьххьара оршот... Лайсас хан йиллина де! Иза-м т1екхаьчна долуш ма лаьтта. Х1етале-м д1аг1ур со кху Москвара, нана больницера ара а яьккхина.  Цхьадика, лоьраша  дестар д1ажимделла боху.
Лайсин ойланаш-м яьржинера.  Цо цхьанга а ца дийцинера ша Ибрах1имна хан йилларх лаьцна. Цхьанна а ца хаьара иза цу шинна бен. Т1аккха, мича вахана Ибрах1им? Сренгахула лела иза? Х1унда къехка? Дохко ваьлла боккъала а? Х1унда? Мича бахьаненна? 
      Хатта стаг вацара. Ца хаийта г1ертара Лайса шен дагара цхьаьнне а. Амма ца хаалуш ца дуьссура. Хоттура: «хьо цомгуш-м яц, йо1?»
Леррана Лайсин б1аьра хьажа, иза къамеле яккха г1ертара Салман. Цунна хаьара Лайсас Ибрах1имна сагатдой. Вуьшта, ца хаьара и сагатдар стен марсадоху.
Хьастаха Салманна хиънера Ибрах1им шен нана эцна Мо¬сква больнице ваханий. Делахь а, цо иза цхьангга а ца элира. «Ц1а веъча, Ибрах1има ша дуьйцур ду дийца луъучу кепара», — ойла йира цо.    
Стамлуш, стамлуш, дийнна цхьа лам, цхьа дерриге а дуьне хиллера Лайсина моьттачух. «Сихвелла,  хан йиллийттинехь а, х1инца дохко ваьллачух тера ду  Ибрах1им. Нахана гергахь а ца лаъа хир ду яло... жеро... Х1аъа. Иза ду дерриге а. Ткъа со-1овдал! Кху лаьмнашна юккъе еана, иза вара, аьлла. Цунна суо атта а хоьтуьйтуш. Сайн юьртара, сайн нахана юкъера схьа а яьлла, кху нехан стеган,  Салманан  дехарех 1еха а елла. 1овдал, 1овдал, 1овдал!!! Хила деззарг хили. Хьехар дан стаг ца хилар а хили…»
  …Дада, нана... — иза дерриге а 1аьткъина, ца лайна, едда к1оргачу 1ина чу яхара Лайса. Цу чохь аддам а вацара. Ур-аттала дежаш бежана а, декаш олхазарш а, ц1ийзаш цаьпцалгаш а, х1умма а дацара, леккха стиглахь д1асахьийза цхьана сингаттаме сатуьйсу 1аьржа хьарг1анаш йоцурш.
Хи улло лаьтта охьа а йоьжна, мохь бетташ, тийжаш елха хиира Лайса. Доггах йоьлхура иза, дерриге а дага а лоьцуш. Шех къа хетара. Шел декъаза адам ца хетара кху доккхачу дуьненчохь.
Елха мел йилхи, кхин а елха лууш йилхира Лайса, т1ег1ертачу суьйренан бодано кхерийна саццолц.
Алссам канашкахь хи оьцуш, шен юьхь а йилина, басах хьалайолаелира йо1. Иза тешаш йоллура кху дуьненчохь шен дахарехь кхин тодала х1умма а дац бохучу кхерамечу ойланах.   

Стохка дара иза: КГБ-н начальника Василийс з1е туьйхира райцентрехь ехачу Жансари ц1е йолчу цхьана зудче:
— Жансари, вайшиннан къамел дар-кх дан дезаш. Хьо кхана  мокъа  юй?
— Ю дер...
   — Елахь, хьуо Грозне йоьду алий, боккхачу новкъа охьаялахьа 1уьйранна барх1 сахьт долуш. Новкъахь, машен чохь дуьйцур ду вайшимма. Кхийтин хьо?
Жансари ткъех шо хьалха з1енан отделенехь КГБ-на болх бина яра. Цуьнан болх — наха з1енехула дуьйцучу къамелашка къайлах ладийг1ар, шена хезнарг д1алийцар — бара. Къайлах болх бара жерочо бийриг. Цунах цо дозалла а дора.
Цхьа к1ант бен кхин бер дацара Жансарин. Руслан яра цу к1ентан ц1е. Шаьш дош делла ма хиллара, и к1ант университете, исторически факультете д1аоьцуьйтуш г1о динера КГБ-хь болчара. И шена дина г1о Русланна хаа а хаьара. Наггахь универси¬тете вог1уш хуьлуш волчу цхьана озачу къонахчо «х1ун ду кхузахь? Х1ун боху студенташа?» — олий, вела а къежий, хаьттича, шена хуург а, тосаделларг а д1адуьйцура Руслана.
Шега аьллачу хенахь новкъаяьлла карийра Василийна Жанса¬ри. Цо иза машена чу хаийра. Машен меллаша Соьлжа-Г1алехьа йолаелира.
— Жансари, оха Русланна деша воьдуш а, доьшуш мел лела а дина г1о ма хаьа хьуна.
— Хаьа дера-кх. Дела реза хуьлда шуна. Шу ца хиллехьара сан мича ницкъ кхочур бара цхьа да веххарг а делла, иза деша д1атаса а, цуьнга цигахь дешийта а, — меттахаелира Жансари.
— Школехь болх бан хала-м дац-техьа цунна?
— Ва Дела, Василий, ма хала бу-кха и школера болх. Алапи т1е а хиъна, 1аш волу стаг ма къен ву. Зуда яло дезаш а ма ю со цунна. Делан дуьхьа, хир бацара-техь цунна цхьа к1еззиг мукъа кара х1ума кхочуш болх? Цу берашна юккъехь-м нерваш а мегар яций. Хьажахьа, Василий, хир бацара-техь цунна мего-о цхьа болх?
— Хир бу болх а. Дерриге а хир ду, — элира Василийс. Т1аккха т1етуьйхира: -   шега бохург цо дахь, иза тхан къайлах агент хила реза хилахь.   
        Василийс иза баг1ахь схьа ца аьлча а, цуьнан дагахь и дуй шера хаьара Жансарийа. Жерочо мацах юьхьанца ша а кховдийра шегара д1а комаьрша безам мацах хиллачу КГБ-н белхалоче, ша з1енан конторе балха д1аоьцуш. Цун¬на дика хаьара, шайца к1едамерза хилча, кху организацина а дуьхьал баркалла ала хаьий.
—   Цхьанхьа кара сом-ком кхочучу балха ваха аьтто бийр бу-кха вай цуьнан. Вайгахь ду-кха и дерриге а Хи-хи-хиъ! — велар иккхира Василийга.
— Ва, устаз, ма дика хир дара иза. Дела реза хила хьуна. Цо аш боххург дийр ду шуна, — шашах багах схьаиккхира Жансарин.
— Цулла а, Руслан тхоьх кхетийтахьа. Вуьшта, ахь цхьа х1ума дийца деза соьга ц1енна дерг.
— Х1ун ду иза, Василий? Устазор, дуьйцур ду-кха!
— Къайлах долу х1ума къайлах сацо хуур долуш вуй хьан к1ант?       
— Дера ву! Иза мел къайлах, мел серьезни к1ант ву хаьий хьуна? Цунна ца лиъначул т1аьхьа, цуьнан багах дош доккхур дац-кх аш, шаьш делла эгарх! Цхьа а тайпа   совнаха х1уманаш долуш ма вац иза. Шен амалехь,   сийдоцуш   стаг ву, шуна ма-веззара!
— Тхо сийдоцуш ду ала-м ца г1ерта хьо? — г1еххьа цецвелира Василий.
  - Х1ан-х1а, Мичара! Шу-м цхьа пекъарш ма дайц, — йоьхнера Жансари — аса-м иза цхьа шен амалехь, къайлах, нахаца башха уьйр йоцуш стаг ву бохий... ала г1ертай...
— Нахаца уьйр а, доттаг1алла а, т1екаре а ца хилча-м иза тхуна а хьашт вац.
— Ву хьуна. Ву хьуна. Иштта ма ву иза!
— Велахь, цкъа айхьа къамел а дей, кхана военкомате ваийта-иза суьйранна 4-а сахьт даьлча, ша цара т1екхайкхинчуха. Цигахь ас айса дуьйцур ду цуьнца. Х1инца вайшиъ юха а дирзина, ц1аг1ур ду. Ас нах боцчохь охьайосуьйтур ю хьо машен чуьра.
Гуттара баркаллаш бохуш хьийза Жансари, Василийс сихха юха ялийра.

         Йиллинчу хенахь военкомате веара Руслан. Х1инца изий, Ва¬силий шаьшшиъ вара военкоман кабинета чохь.
        — Нанас х1умма а дийцирий хьоьга? — хаьттира    Василийс.
       — Цхьа болх буьйцуш-м яра иза.
— Белхаш шортта хир ду хьуна луъучехь. Амма коьрта болх – тхоьца беш берг хир бу. Реза вуй хьо?
— Сих мА ло. Жима олйла яйта хан лой оха хьуна?
— Ца эш. Ас йина ойла;- шек вацара Руслан ша бечу къастамана.
 
— Йинехь, цхьа х1ума диц ма делахь хьайна. КГБ-н ц1арца долу х1ума дерриге а къайлах, дукха ч1ог1а лачкъийна хила де¬заш ду хьуна. КГБ-с цхьане дена а ца могуьйту хьуна шайн къайленаш гучаяхар. КГБ-на ца хууш, цуьнан бала ца кхочуш х1ума цхьа а дац хьуна кху пачхьалкхехь! Ур-аттала х1ора стага мин-минотехь са хьала-охьа мосазза до1у хаьа хьуна КГБ-на.
Амма тхан болх, къайлах хиларе терра,  шен амал йолуш бу. Мостаг1ий дукха бу пачхьалкхан дозанал арахьа а, чоьхьа а ког мел баьккхинчохь. Цундела дерриге а къайлах хила дезаш ду. Де¬лахь х1ета, ас хьайга х1инцца дуьйцу дерг цхьана а са чуьрчу адаме хьахор дац айхьа, аьлла т1елоций ахьа?
— Лоцу.
— Хьажалахь, д1аса ма хьахаделахь. Тхан карахь таронаш ю хьуна ахь иза дуьйцу  ца дуьйцу хаа. Г1уллакх муха ду аьлча, вайн адамаш эвхьаза довлуш лаытта. Демократи бохург — иза массо а стага а шена луъ-луург леладе бохург ма дац. Т1аккха-м пачхьалкх а юху. И ца йохийта г1аролехь дерш ма ду вай. Гой хьуна, Руслан, мел дукха бездельникаш яьржина вайна тайп-тайпана неформалаш ю шаьш, бохуш. Цара лелош дерг вайна хууш ца хил ахь, мел боккха г1урт баржа таро ю. Церан кханалерачу дийнан бала ма бай. Цара лоьхург шайн гайн, кисанан аьтту ма бу. Д1ахьажал, Карабахехь хуьлуш лаьттаче!
Деха дийцира Василийс кхид1а а. Сохьтехь гергга дийцира. Иза дерриге а бакъдолчех тера а дара.
Ша дийцина ваьлча, Василийс уггаре а коьртаниг элира:
—    Уггаре а коьрта х1инца ахь дан дезаш дерг – неформальни тоба кхоллар.   Хьайна луъург цхьа ц1е а тиллина. Иштта тоба цхьана 1овдалчу, зенехьчу нехан  кара йоьдучул вайн карахь хилар г1оле ю. Реза вуй хьо?
— Реза ву.
— Ц1е х1ун туьллур вай?
    Руслана ойла йора, б1аьргаш а керчош.
     -Ладно, дита, тохана-кхана ойла а йина, цхьаъ дер ахь. Масала, ишттаниг тилла а мегар ду хьуна: «Кавказан доттаг1ий», я «Бусалба вежарий», я «Парг1ато».      
 Цу сарахь дуьйнна дерриге а КГБ-с х1отийначу планаца д1адоьдура. Неформальни тобано шена ц1е тиллира оьрсийн маттахь, «Свободная Чечня»  — аьлла.
Масех де хьалха къамел хилира КГБ-н начальникан Василийн а, «Свободная Чечня»» неформальни цхьанакхетараллин председателан Русланан а.
 -Митинг хила еза бохуш хабарш ду районехь даьржина. Инициатива вайн карара д1аялийта йиш яц, — элира Васи¬лийс.
— Оха х1ун дича бакъахьа ду? — хаьттира Руслана.
— Объявленеш шаьш етта д1а. Шаьш ду и митинг еш, алий, цу белхан хьалхе яккха еза. Масех стаг кечва веза къамелаш дан.
 — Митинге гулбелларш райкомана лен буьйлалахь, х1ун дан, деза? — г1айг1ане хаьттира Руслана.
— Во! Х1инцца веа хьо уггаре а коьртачунна т1е! Гой хьуна, вайн райкоман хьалхара секретарь Шарипов кхаьънаш оьцуш стаг ву, ма-дарра аьлча. Иза новкъара д1а ца ваккхахь, кху районехь цхьа а перестройка а хир яц. Дикахо а дара ишттанаг наха шаьш д1аваккха, баьхча. Т1аккха аьтто хуьлури тхан а, обкомехь болчеран а.
        Руслан тийшира Василийх. Цунна шаьш дан дагалаьцнарг боккъала а хьанал, майра г1уллакх долуш санна хийтира. Василийс-м кхид1а а дуьйцура:
— Дукха ахча а эцна, кху вайн общепитера Хансолта пищекомбинатан директор вахийта г1ерташ ву иза. Ткъа Къосум цуьнан метта д1анисва г1ерта. Х1инца и г1уллакх тхуна гучу а даьлла, оха цкъачунна новкъарло еш латтош ду цуьнан. Делахь а, харцо, ахча тола г1ертачух тера ду. Иза митингехь дуьйцийла яц. Уьш къайлаха хаамаш бу. Амма митингехь дийца деза вайн районехь тишлуш долу хьал. Колхозийн а, совхозийн а пачхьал¬ кхан декхарш совдолуш лаьтта. Туьканашкахь схьаэца товар дац.
Иза а Шариповс налево цхьанхьа д1акхоьхьуьйтуш ду.
 Нахана болх бан меттигаш яц. Больницаш,    школаш,    клубаш    ерриге    а тишачу г1ишлош чохь ю. Шариповс кху районехь деш цхьа а тайпа дика х1ума дац, доцца аьлча. И хабарш а юьйцуш, кхаьънаш а оьцуш, хехкалуш лелаш ву. Цо д1ах1иттийна куьйгалхой берраш а къо¬лаш деш, пачхьалкхан собственность д1аюьхкуш лелаш бу.   И х1уманаш ду-кх, митингехь дийца дезаш дерш.
       Реза хилла, корта те1абора Руслана
       — Квартираш 1аламат к1езиг ю районехь. Пачхьалкхан машенаш шайн долахь йолуш санна, д1асахоьхкуш ю наха.  Цаьрга х1ума олуш да а вац. Милици цхьа порядок ян йолаелча а, Ша¬риповс дерриге а  дохадо. Доцца аьлча, иза балхара д1аваккха, бохуш, къамелаш дан деза-кх шун юкъараллин декъашхоща. Далур дуй шуьга ишттаниг?
          — Далур ду! -  шеко йоццуш т1елецира Руслана. Цуьнан шиб1аьрг, дукха реза хилла, схьаэккха санна къегара.

Стиглахула мархаш лелахь а, т1е ца йог1уш, г1еххьа мела, башха шийла а доцуш, ноябрь беттан хьалхачераха цхьа де да¬ра иза.
Дукха адам гулделлера райцентрерчу майданахь. Дуьххьара вовшахкхеттера кхузахь оццул адам шен лаамца. Дехьа-сехьарчу ярташкара, районашкара нах ихнера. Массанхьа а д1адаьржинера хьалхара секретарь Шарипов д1авоккхуш еш митинг ю, бохуш. Наха, хьала а буьйлуш, иттанашкахь шерашкахь гулбелла шайн г1айг1наш, баланаш  буьйцура.
      «Нах совбаьлла кху районерчу хьаькамашна. Уьш болх беш цахиларх, церан чохь даа х1ума цахиларх, ур-аттала, чуьра бераш мацалла леш хиларх бала бац вайн хьаькамашна. Дуьне мадду хехкалуш, болх лоьхуш лелаш бу нах. Болх кара а ца бой, кисанахь мел долу кепек д1а а долий, цомгуш а хуьлий, ц1абоьрзуш меттиг а  йог1у. Церан бала бац цхьанна а. Вайн хьалхара секретаре Шарипов шен «Волга» а хоьхкуш, сакъоьруш лелаш ву, нахехь берг бала бу!» — мохь беттара машенан кузовх йинчу трибуна буьххье а ваьлла цхьана къонахчо.
«Изза дац ткъа ас меттаха даха г1ерториг а, машен хехкарх... —халахеташ, юьстаха а ваьлла лаьттара Шарипов.
«Кхо-виъ стаг ву кху районна буьххье а хиъна, нахах векхаш 1аш. Цаьрга х1ума ала ваьхьаш стаг а вац. Миллионераш бу вайн районехь Хансолтаг1ар, Къосумг1ар. Юьхьанца, нахана цхьаъ моттийта, царех тасало ша аьлла сурт х1оттийра Шариповс. Х1инца иза уьш кхин а дикачу балха д1анисбеш ву боху! Хьашт вац вай¬на иштта хьалхара секретарь!»    .
— «Хьашт вац».
— «Д1аваккха!»
— Юханехьа вахийта шен Соьлжа-Г1ала» — маьхьарий деттара гулбеллачара.
Трибуни буьххье велира цхьа горга, дика кхаьбна жима стаг, б1аьргех   доьхкина   куьзганаш   а   долуш.   Иза мохьбетта вуьйлира:
— Диц ма делаш, накъостий, кху райкомаша вайн бусалба динна, историна, нохчийн маттана т1ехь лелийнарг. «Дела вац» — аьлларг бен парте а ца оьцуш, лелла шуна х1орш. Амма шайна б1е туьма делча, муьлхха стаг а парте воккхура кхара. Тоьар  ду кхара нехан мел мелла ц1ий!
    — «Тоьар Ду!»
— «Тоьар ду, бакъ боху!»
        — «Бакъ боху. Лахка  беза берраш а!»
— «Берраш а лахка  беза райкома чуьра, ур-аттала, уборщицаш а цхьаъна» Уьш а озабезамца балха эцна бу цара!»— маь¬хьарий деттара, т1араш деттара, шакарш еттара наха.
Митинг еш а, кхуза нах схьагулба г1ерташ а Русланаг1еран «Свободная Чечня» юкъаралло къахьегнехь а, х1инца мукъ шайн каралоцуш берш Хансолтассий, Къосумай маттара бина нах хилар гуш дара.
 Ц1еххьана кхоллаеллачу кху митингехь еш йолчу г1овг1анаша цецбаьхна, Шариповгахьа дика дош ала луурш а 1адда 1ара, 1адийча санна. Гарехь, и тайпа дика дош ала цара вуьтур а вацара, маьхьарш, шакарш детташ.
- «Ванах, х1ара х1ун ду, дан мукъа? И дерриге а меттадалор яцара ткъа сан 1алашо а? Х1ара х1ун ду кху наха дуьйцург? Мичара яьлла кхарна оццул оьг1азалла»? — воьхна лаьттара Махьмуд. Уллохь лаьтта райкоман масех белхахо кхуьнан дог- ойла ир-кара х1итто г1ертара. Цхьа шиъ, трибуни т1е хьалаваьлла,   къамел дан а волавелира. Амма цаьршинга х1умма а ца дицайтира. Шакарш а тоьхна, охьаваьккхира.
-Х1умма а дац дац. Дицийта. Бакъ ду цара мел дуьйцург а — олура Шариповс шен накъосташка.
      — Вайна х1унда ваийтина Грознера перви сикиртар? У нас нет что ли? У нас много будет цига бахийта нах! —  чуьраюьйлура трибуни т1е хьала а яьлла, цхьа жима зуда. — Цо х1ун дийр дара вайн районехь? Шортта шена х1ума а яьккхина, д1аг1ур ву-кха иза. Ишттанаш дукха на беза обкомана. Цара цуьнга т1аккха кхин а диканиг болх а лур бу.
Ч1ог1а юьхь1аьржа х1иттавора Махьмуд цу наха. Цкъа а ца моьттинера цунна шен дахарехь х1ара саннарг лан дезар ду. Мохь беттарш а муьлш бара — юьхьанца уггаре а ч1ог1а хьесталуш, къежаш хилларш. Хаьара Махьмудна кхара дуьйду х1уманаш шен мостаг1аша д1асадаржош хилла эладитанаш дуй а.
Махьмудна улло ца бог1уш, юьстаха лаьттара дукхахаболу хьаькамаш. Мича вуьтур вара цара иза хьалха улло ца лелхаш, ца къежаш, хьеста ца луш.  Даима  а ч1ог1а Махьмудна чов йинарш кхид1а дуьйцурш дара:
— Шуна и Шарипов ма варра, шен орамашкара ца вевза.
Цуьнан да энкеведехь  чекист лелла ву нах чубухкуьйтуш, нахана меттанаш детташ, нахана тоьпаш йоьттуьйтуш. Дукха хан йоццуш кху районе а веана лелла иза, кхузара нах боьрша бац, ша тапча еттар ю массарна а, бохуш! Ткъа кхуьнан ваша бакъволу наркоман ву, цул сов анаша юхкуш, нах х1аллакбеш а ву. Дукха хан йоццуш схьалаьцна иза милицис и юхкуш.
И къамел ден накъост Руслана кечвина вара. Руслане и «бакъдерш» дийццнарг Василий вара. Кхи д1а са а ца деттададла, три¬буни т1е хьалавелира Махьмуд, нах д1аса а теттина.
— Ма дийцийта цуьнга! Охьаваккха и цу т1ера! — мохь туьйхира цхьаммо. Вукхара шакарш еттара, т1араш деттара. Ца вуьтура Махьмуд цхьа дош ала а.
— «Накъостий!» — олий, куьг айдора Махьмуда. Амма ша¬карш, т1араш кхин а алсамдовлура. Дан х1ума а ца хилла, иза трибуни т1ера охьавоьссира.
— «Д1аваккха Шарипов балхара!».
    — «Долой Шарипова!» —«Вон Шарипова из района!» — маьхьарий хьоькхура наха.
— Вай кху майданара д1аг1ур дац обкомера хьала а баьхкина, пленум а йина, Шарипов балхара д1аваккхалц! — мохь туьйхира цхьаммо!
— «Г1ур дац!»
— «Г1ур дац!»
— «Г1ур дац!» «Цхьана а метта кхузара девлла!»    
— «Д1аяккха кху районера а и боьха х1ума. Юьзна яьлла хир ю х1инца. Ши шо ду и кхузахь ежаш йолу!»
      Ша кхузара д1а а ваьлла, д1авахар нийса хир доций хаъара Махьмудна.Амма кхузахь харцонна садетташ 1ан а кхин ницкъ бацара.  Шен дагахъ кху нахана эшахь, шен са а д1адала дагахь хилла Махьмуд, вуно ч1ог1а цец а ваьккхинера, холча а х1оттийнера кху балхо.
Шен иза г1алат хилахь а, х1уъа хилахь а, Махьмуд цу митингехь кхин ца 1ийра. Ца 1авелира.
Иза юьхьанца шен кабинета чу веара. Цу чохь а ца сацавелира. Араваьлла, машен а латийна, юьртана юьстах  велира.
«Х1ан-х1а. Соьгара гучуяьлла цхьа а ледарло яц цу нахана. Уьш кху 1едална оьг1аз бахана. Х1инццалц лаьттинчу 1едална. Ткъа 1едал тахана — иза со ву. Цундела йоху сан ц1е. Бехк бац церан. Х1инццалц шайна т1аьхь латтийна харцо, бала бу цара тахана охьа1енош берг. Перестройкано шайна маршо яларе терра. Вуьшта, со х1ун дан ларийна кху цхьана шараххьи эха шараххьи? Ас дина дика а дац кхарна гучудаьлла цхьа а. Сан 1алашонаш, сан къийсамаш — уьш ца го нахана цхьанна а. Нах тешон сихха деш даккхий г1уллакхаш хила деза. Ткъа хьан дийр ду суна г1о? Обкомо? Совмино? Цаьрца девне вийларх х1ун нислур ду?
Х1ан-х1а. Кху пачхьалкхехь, кху 1едала к1ел х1умма а нислур дац. Ша дерриге а галдаьлла. Чухчухула даьлла. Адам талхийна системано. Кхечу пачхьалкхашкахь санна, социал-демократин куьйгаллина к1ел система х1оттарах а, вайн адаман кхетамца дикачу 1алашонашка кхачалур вац. Кху пачхьалкхехь экономика галъялар-м кхераме а дацара. Кхераме талхийна адам ду.
        Маржа я1, маца меттадог1ур-техь х1ара дерриге а? Мел дукха шераш д1аоьхур ду-техьа?
       Х1инца, х1ара митинг бахьана а дина, ша д1аваккха обкоман боккха аьтто баьллий хаьара Махьмудна. Даг чу вас кхуллура дан дагалаьцнарш цхьа а кхочуш ца хиликх бохучу ойлано.
«Дан х1умма а дац, къар а велла 1адда ца 1ахь. Г1уллакх хир дац мел веттаваларх. Бакъо яц. Хилла а яц кху т1аьххьарчу ши б1е шарахь, Росси пачхьалкхаца юькъаметтиг еанчу дийнахь дуьйна. Цунах нах кхето беза х1уъа дина а. Бакъо, нийсо ца хиларх кху республикана могуьйтуш ду Москвас. Цо ца могуьйтуш дерг — къомо шен парг1ато къовсар. Цундела цхьана а нохчийн лакхарчу хьаькамна ша шен мехкан да ца хета. Хьеста ца велча, мотт ца хьекхча, шен г1уллакх д1аг1ур доций а хаьа.
    Генара схьа ю харцонаш. Генара схьадаийтинчу куьйго лаьцна бакъонан легаш. Шаьш бехачу шайн лаьтта т1ехь нехан хуьлуьйтуш барт бац. Вовшех ца теша.
    Вовшех кхоьруш латтадо адам КГБ-с. Массо а районехь а ю церан контораш, чохь яккхий штаташ а йолуш. Стенна латтайо? Х1ун пайда бу цара беш? Адам шаьш латтош ду иштта машаре, девне ца дуьйлуьйтуш, — ала даттайо-кх.
    Республикехь болх бина кхечу къоман хьаькам дукха ч1ог1а айвой вуьгу кхузара д1а, халачу хьелашкахь болх бина, бохуш. Уьш-м боьлху д1а баха-маллу, теттана рицкъа а гулдой!
     Маржа, нохчий, маца кхетар ду техьа вай вовшех? Маца хуур ду техьа вайна коьртаниг хьесап доцчах къасто? Маца хуур ду техьа, вай ваьш вовшийн ца дича, вайн пусар дан стаг воций? Маца хуур ду-техьа к1ай-1аьржий, бакъой-харцой вовшах къасто?»
    Тог1е истехь цхьа хьаьмцан колл яра. Т1евахана, хьамц кхаллира Махьмуда. Иза х1инца а ношбалаза, онда бара. Махьмудна дага деара: дуьххьаралера г1ура хьакхаелча бен кхоччуш хуьлий ца болу хьамц.
«Иштта дукха адаман дахар а, цкъа воно, харцоно кхоччуш 1овжа ца 1овжича ца хуьлу стагах къонаха. Воно 1овжийначохь стогалех, собарх ваьлча а ца хуьлу стагах  къонаха. Лан дезаш х1уманаш ду-кха х1орш. Харцоно вахчош хилла-кх стаг, шийлачу хи чу 1оьттича дахчалуш долу ц1ийделла болат санна.
Суо пленумо д1а ца хоьцуш балхахь витахь а, кхин 1ойла дац. Нехан б1аьра муха хьоьжур ву и тайпа къамелаш дийцинчул т1аьхьа? Заявлени а яздина, д1аваьлла, д1аваха веза кхузара, сайга кхувзахь кхи сихха х1ума хийцалш дацахь.
Куьйгалхойн кадраш д1асахийца езар ю. Макаев Ибрах1им санна ц1ена куьйгалхой оьшура. Цуьнга уггмаре а районехь йоккха колхоз яла мегар ду. Иза ларор ву. Цу к1антах со теша».

Кхана дара Лайсас Ибрах1имна хан йиллина ноябрь беттан дуьххьарлера оршот. И де диц ца деллера хьалхарчу дийнахь шен цомгуш йолу нана а ялош, Москвара ц1акхаьчначу Ибрах1имна. Сагатделлера к1ентан Лайса ган, цуьнан   эсалчу б1аьргашчу хьажа, ша лелийна халонаш,  дерриге а цуьнга д1адийца.
Ша цхьана инзаре доккхачу вонах к1елхьараваьлла, ирсе стаг хеташ воккхавеш хьийзара Ибрах1им х1инца, лоьраша шеен нана  сихха толур ю, аьлла т1е а лаьцна. .      
— Хьан доттаг1а Шарипов а ву д1аваьккхинчу новкъа. Заявлени делла боху цо селхана. Мила ву хьан г1олаца, хьоьх къа хета? 
— Тешнабехк бу цу ж1алеша Махьмудна бинарг! Шайх-м г1ур бу хьуна иза царех. Шарипов хьаха  вац иштта атььта зевайалур волуш стаг!

           «Ванах, х1ун, муха г1о дийр дара-техь Шариповна? Цу митингехь мукъа хила велара со» - г1айг1а яра Ибрах1имна.

 **
      Хан йиллина де т1екхарчале цхьа де хьалха мукъа илла  а, билла а шена Ибрах1им т1ева хьожур ву моьттинера Лайсийна. Цуьнан леларх цецъяьлла, цхьа а кечам а ца бинера и суьйре т1ееъча араяла.
Т1екхаьчна делира и де. Меллаша, йоь1ан дог санна муьста корех чуетталора дахкаро т1унъйина  серло. К1еззиг бен наб ца йинера йо1а цу буьйсанна.
      Серло алсам мел ели алсамдуьйлу б1аьргех оьху хиш, г1айбанна т1е охьаледара. Лайсийна ца хаьара стенна, х1ун муълха ойла ян еза.
     Кху лаьмнашкара охьаедда, миччара лехна а, цкъа  Ибрах1им схьалохур вара цо, шен даге хаьттича. Схьа а лехна, леррина цуьнан б1аьргаш чу хьожур яра. Б1аьргаш чу а хьаьжна, дагах хуьттур дара: «Х1ун хилла? Х1унда къехка хьо сох? Схьадийцахьа цкъа хилларг дерриге а ма-дарра!  Ас  кхи х1умма а ца боху. Суна кхин х1умма а ма ца оьшу!!!
 Оршотан де. Мокъа дара и де Лайсийн. Дог ца туьйш, т1е х1ума а юьйхина, аренгара лома хьалабог1учу некъана йисте яхара Лайса. Коьллашна т1ехьа д1а а лечкъина, охьара лома хьала мел йог1учу машенна чу хьажа 1алашо яра цуьнан. Шек яра иза Ибрах1им шен конторе а вог1уш, ша йолчу гучу а ца волуш, лела-техь, бохуш.
Лайсас лелочун тидам бинчо иза хьераяьлла эр дара. Лечкъаш, тебаш, 1аннашчухула юьйлуш, когара носкеш, кучан юх а ерриге а т1елеттачу баь1ех а юьзна, д1аг1ертара иза кондаргашна юккъе. Т1уьначу дахкаро т1адийнера т1ера жакетка, коьртара йовлакх. Кхохцалш тийсаделлачуьра настарех ц1еш девллера.
Цхьана хенахь дохк айелира. Эсала схьахьаьжира малх. Шина куьйга корта а лаьцна, кондаршна т1ехьа т1улга т1е охьахиъна 1ачу Лайсина х1инца наб оьхура. Иштта адам ца гучахь, шен баланца ша цхьаъ йолчахь жимма дагна парг1ато хуьлура йо1ана.
Ног1етташ, лома хьалабог1у некъ, дукха генара гора Лайса хиъна 1ачу гу т1ера чу хьаьжча.
Уггаре а генарчу некъо ног тухучу меттехь хьалаг1ертачу цхьана машенах б1аьрг кхийтира Лайсин. Дог тохаделира. И машен Ибрах1има лелоча «УАЗ» машенах тера яра.
       Лайсас х1инца хиъна 1ачуьра хьала а иккхина, тергайора чехка хаьхкина йог1у  машен
   Мацца а машен лаьм т1е хьалаелира. Улло г1ертара...
   Ибрах1им! Машена чохь верг Ибрах1им вара, шен мокха курткъа а т1ехь, ши мекх а долуш! Мохь аьлла, т1еяда дог хилира йоь1ан. Иза лаьтташ 1ашшехь, машен ткхъиккхира.
Лайсин дог тийшира иза шена т1аьхьа вог1уш хиларх. Юханехьа едира иза 1инчухула, кондаршка юккъехула. Х1инца ерриге а 1ора настарш цоьстура к1охцалгаша. Д1акхача к1еззиг меттиг йолуш, сецира. Ибрах1иман машен конторана хьалха гора. Иза цу контора чохь вара.
«Там бара иза юха д1а ваха со шена гучу а ца йоккхуш... Х1ан-х1а! Ишттаниг муха хир ду? Ишттаниг хила муха тарло хан йиллинчу дийнахь?!  Х1ан-х1а! Х1ан-х1а...» - Кхийсалора йоь1ан дог, корехь  беттадун кхокха санна, схьаэккха г1ерташ. - «Х1ан-х1а, х1ан-х1а...»   

       Иттех де делира. Кхи цхьа а гучу ца волура.
       Цхьана дийнахъ Блюмберга маска йоьллинче схьакхайкха, аьлла, хабар туьйхира хехоче. Шоллаг1чу дийнах са ма  хилли схьаеара Маска.
     - Банкир, х1у ала воллура хьо соьга? – чукхайкхира иза.
     - Суна спутникови телефон езар ю. Къамел дан волу со сайн нпакъосташка, - хаайтира банкира.
     - Дика ду. Ас кхана яхьар ю хьуна телефон, - д1авахара Маска.
     - Миччахьа а тоха мегпай и телефон? – т1евирзира цунна Ибрах1им, цхьаъ дагадеана.
     - Мега, - жоп делира банкира.
     - Магахь, юха д1а ца луш, дуккха а хьайгахь латтаелахь, д1а ца йоьду хьайн, бохуш. Соьга цхьа звонок яйталахь!
     - Дика ду, - барт хилира цаьршинан.
     Цу сарахь Ирах1има шен юхьанца гергарло тасаделла, ша машен лур ю, аьлла дош делла волу Солтабек ор йисте кхайкхира.
     - Солтабек!
     - Х1у боху ахь?
    - Кху деношкахь и сан машен ю хьуна совг1атана, хьо тхоьга дика хьажарна, схьаялор йолуш. Мича юьрта бийла ала ас цаьрга? Хьан фамилии а муха ю?
     Солтабека дерриге а дийцира.
     - Дика ду, Солтабек, цу наха хьайга аьлларг дерриге а делахь, г1уллак вон хир дац хьуна хьан. Цара и машен а, кхи цхьа машен эццал ахча а лур ду хьуна.
     Ибрах1имнга хеара, шен ц1ерангаш, угаре а хьалха шен к1ант Расул ша лоьхучара цкъа а ца севцний а, мичхьа ву шайна хиъча парг1ат ца воккхуш цара вуьтур воцарий а.
     - Хьуо кху чуьра аравалале цхьа х1ума дуьйцур дарий ахь, - юха а коча вахара Хьасан банкиран.
     - Х1у ду иза? – реза вацара Лазарь Моисеевич.
     - Шу кху дуьненах х1уда г1ерта?
     - Муьлуш «шу»?
     - Шера хеара хьуна-м ас муьлуш буьйцу. Шу, жуьгтий.
     - Цхьа оьрсийн хабар хезний хьуна, «На то и щука в пруду, чтобы карась не дремал»? Иштта дукха, Хьасан, сан жоп.
     - Пачхьалкхийн перевороташ, революцеш, т1емаш беш шаьш кху дуьненчу хьийзон к1ур адамашна пайдехь бу, ала г1ертакха хьо? – кхоччуш т1евирзира цунна Хьасан.
     - Черчилльа муха аьлла хеий хьуна жуьгтех лаьцна?
     - Муха аьлла?
     - Цо дера аьлла, «тхуна жуьгтий новкъа бац, тхуна тхаьш жуьгтел 1овдала ца хетадела.» Жуьгтех кхоьруш берш царна гергахь шаьш лахара а, 1овдала а хеташ берш ма бу.
     - Вот, ахь дечу хабарх тешар бу хьуна 1овдалнаш! Амма со а, со саннарш а тешар бац! Хьекъал сов долуш лелош бац аш дуьненчохь шайн мекара пал, ахча дукха гулделла лелош бу. Ахча доккхуш муьлхха некъ та магайна шуна шайн Талмуда. Бусалбанийн иштта дац. Бусалбанийн хъьаналниг а, хьарамниг а декъна ду! Шун х1уманна а я доза а, я барам а бац. Цундела хъьалхадевлла шу кху муьрехь. Амма зама хийцалуш ю. Хьарам-хьанал ца къасточу нехан оьмар еха яхъялайтур яц Дала!
     - Дела воьхканчу молланашна т1ехь къа алсам ду, жуьгтийн банкирашна а, коммерсанташна а т1ехьчул. Тхан х1умма а лачкъайна дац. Ткъа шун молланийн багахь днрг цхьаъ ду, дагахь дерг важ ду, лелош дерг кхин ду.
     - Берраш бац иштта! – т1ечевхира Хьасан.
     - Жуьгте а бац берраш а банкираш а, коммерсанташ а. Мел дукха бу тхан доллучу а дуьненчохь говза 1илманчаш, лоьраш, композиторш, адвокаташ!  Тхъан къоман санна Нобелен лауреаташ цхьаний къоман а бац.
     - Нохчийн а ду цхьа хабар. Т1ахъаьлла стаг ву, аьлла цхьана къонахчунна, жоьжаг1атера хаьштиг а дахьар долуш. Вукхо боху бохура: тамаша а дера бац, цуьнан санна и схьакховдо бухахь нах хилча муьлххачо а дахьар дара. Цуьнга терра, и ерриге а дуьненаюьккъера премеш а шун карахь ю, шуна луъучунна луш а ю. Шун ахча ду дуьненчохь берриге а к1ур хьийзош дерг.
     - Хьо антисемит ву, Хьасан, - майравелира банкир. -  Кхидолу къаьмнаш сийсаза дечал цкъа хьалха шайн къоман сакхаташ д1адаха.
     - Тхан х1у сакхаташ го хьуна? – банкир майраваларах цецваьлла, хаьттира Хьасана. Ибрах1им, вела а къежаш, ладуьйг1уш 1ара цаьршинга, гоьна т1е аркъал д1а а таь1на.
     - Оха тхешан бераш кегий доллашехьа г1айг1а бо церах доллург х1у пох1ма ду хъьажа г1ерташ. Доьшийту цаьрга, х1уъа г1айг1а бой а. Аш шайн институташка шайн бераш кхаьънаш делларш бен д1а а ца оьцу.  Шун бала а ца хуьлу шайн хинболчу инженерашца, лоьрашца, 1илманчашца, художникашца, композиторшца. Церан пох1ма х1аллакдо аш, взяткаш яла церан ахча дацара, олай. Я баккхай хилча царна балха х1итта меттигаш а ца кечъйо аш. Шайн заводашкара мехала станокаш металлоломана д1аелла аш, акхароша санна. Жуьгтийн х1у бехк бу, шу шайн берийн, шайн мехкан, шайн кханенан бала ца хилча? Х1ун хьехархой хир бу взяткашна т1ера шайн некъ д1аболайначу студентех? Х1ун лоьраш, говзанчаш хир ду школан программа а ца хуучу студентех? Шуна дезакха и ахча массо х1уманал а дукха, шайн бераш дакъаза дахарах а аш и ахча деш хилча! Тхан-м ахча деш берш совдегарш, банкираш, коммерсанташ хуьлура, шун ахча деш берш – институтийн ректорш, профессорш бу боху мехцалгаш лехьон йовссарш, министраш, массо а тайпа чиновникаш. Жуьгтийн Израилехь чиновнико кхаъ эцарал доккха эхь дац. Ткъа шун бусалбан республикехь кхаь1наш ца эцар ду эхь…
     - Эх1! Дела реза хила хьуна, Лазарь! Ма дика элира ахь! – хьалаайвелира Ибрах1им. – Д1алаца хьайна, Хьасан. Ахь иза вита-м ца витира цуьнга бакъдерг ца дийцайтича.
     - Кхеран Ермолов вукха вай  мацах дуьйнна галдаьхна хилларг. Кхеран роеволюцеш юкха вай хъьерадаьхна хьийзош хилларш! Кхара х1оттайна Ельцин вукха таханга а вай дайаш верг! – дуьхьало йора 1илманчас.
     - Тхо санна дукха хьийзайна къам дац кху дуьненчохь, - юха а лен волавелира Лазарь Моисеевич. – Амма тхо дайа ца делла цхьангге а. Х1унда цуа делла? Оха тхаьш гуттара а лору дела. Тхешан дин а лору, цуьнах политически байракх ян а ца г1ерташ, тхешан истории а лору, тхешан г1иллапкхаш а лору.
     Тхешан берашка оха жуьгтий угаре а тоьлларш, угаре а Дала дукхабезнаш бу, бохуш дуьйцу. Уьш цуьнах теша. Цундела царна гуттара а ждуьгтий а хилла баха леа кху дуьнепнчохь, иза мел хала делахь а. Шуна шайн бакъйолу истории йовзайта г1ерта 1илманчаш а, яздархой а бораха хета. Цара кхолла г1ерта патриотизман идеологи сийсазъеш самукъа долу шун.
     Суна и дерриге а дика хеа, суо кху Къилбаседа Кавказера а волу дела, и идеологически х1уманаш дукха ч1ог1а мехала а долу дела.
     Шун кхетам белахьара, жуьгтий сийсаза бан а ца г1ерташ, жуьгташа лелайначу халонаш т1ехь 1емар дара шу.
     - Лазарь, охшимма хьо кху ор чуьра д1авохайтур вац. Ахь дукха пайдехь х1уманаш дуьйцу. Х1инццалц х1унда 1ара хьо, хьуо кху Хьасане хьийза а войтуш? – воьлура Ибрах1им. Хьасан вист а ца хуьлуш 1ара, вуса а велла. Цунна а хеара Лазарь Моисеевич бакълуьйш вуй.
     - Лечкъайна д1аяьхьначу шайн музейн экспонатин бала бац шун, шайн суьртийн галерейн бала бац, шайн библиотекийн бала бац. Уьш к1елхьара х1унда ца йохура аш, кху чу бахьаш болу т1ом шайна гушшехьа? Ишттачу г1ирсашца кхуллуш ма  бу къоман кхетам, къоман культура, къомана ша шен лара, ша шен пусар дан хаайтар. Шуна массо х1уманах а шайн кисана дог1у ахча дан леа, юькъара г1уллак эрна долуш санна хета шуна. Иза – доккха сакхат, йоккха цамгар, йоккха акхаралла ю. Хьанна луур ду шух тоьлла къам хила, шуна шайна а лууш ца хилча?
     - Бакъдерг аьлча, х1инццалц тхо тхешан мехкан дай хила дитина дац, - вист хилира Ибрах1им. – Тхуна х1иттийна хьаькамаш а я оьрсий, я жуьгтий, я оьре, жуьгте ялайна нохчи бен х1иттош бацара. Церан тхан культурайца а, историца а бала к1езиг хуьлура. Кхулт1ехьа, х1ара т1ом д1абалахь, меттах1уьттур дай тхо-м.
Хьастаха митинг яра, тахана доккха ловзар дара райцентрехь а, Хансолтийн х1усамехь а.  Хансолтийн к1ентан Ширванин нускал дара д1адерзош.  Висаит Хумидовичан лоьрийн институт чекхъяьккхина йо1 яра Ширванина ялийнарг.
Дукха адам таттаделла, йоккха 1алаг1ожа вовшахкхеттера.
Соьлжа-Г1алара филармонера балийна артисташ бара пондарш а, эшарш а лоькхуш, чуьрабевлла хьийзаш. Х1ора сахьт мел дели, гайчу дуьттучу маларан барам алсам мел бели, ч1ог1а декара церан пондарш, аьзнаш.
Жимма д1асаца аьлча а вухаверза ца кхеташ, шена чуьра ма боллу мохь хьовкхуш, мацалла уг1а хиъна борз санна, уг1уш хьийзара ерстина бат йолу цхьа къонаха. Белша т1е цхьа гуьйриг санна аппарат а йиллина, кино йоккху ша бохуш, д1асауьдура цхьа ира, дастаме маж йолу геннара валайна мехка воцу къонаха.
Мелла, буьзна, кхоччуш шайх къонахий тарбелла д1асахьийзара «Свободная Чечня» юкъараллин декъашхой. Уьш дозаллаш дина а ца бовлура шаьш хьастаха митинг вовшахтохарна.
— Вайна лиънарг бен кху районехь перви сикиртар хир вацкха шуна! Айбе кад, нохчийн кура к1енташна т1ера! — мохь беттара цхьаммо, стоьла т1е буй а бетташ.
Уьйт1енан йохаллех д1ах1иттийна масех мог1арехь стоьлаш яра т1ера юург, мерг ца ходуьйтуш. Х1усамашкахь гулийна кхин а стоьлаш ю бохура. Цу х1усамашкахь хевшина 1аш баккхий хьаькамаш бу бохура Соьлжа-Г1алара обкомера, совминера, милицера, прокуратурера, КГБ-ера, массанхьара а баьхкина.
     Масех вара пондарча. Масех вара вотанча. Дукха бара хелха буьйлуш берш, юхаберза а ца кхеташ. Шинхьа дара ловзар. Хансолтин х1усамехь а, райцентрерчу  майданахь а. Ши деза де вовшахъийнера. Сийлахьчу Октябран революци язъеш хилларг а, си¬ла волчу Хансолтийн к1анта зуда ялийнарг а.
      Лоькхура пондар. Еттара вота. Деттара т1араш. Буьйлура хелха. Лоькхура эшарш. Минминотана марсадуьйлура ловзарш. Геннара д1а б1аьрг бетташ лаьттара Лайса Ибрах1иман машене. Кхоьрура ша чу яхча иза д1авахарна. Ца лаьара цуьнан машен б1аргашна хьалхара д1аяла. Моьттура, иза х1инццалц сан¬на шен машенахь хи йисте вог1ур ву. Ша схьакхайкха  цхьаъ воуьйтур ву.
Контора чуьра аравелира Ибрах1им. Машена чу хиъна, машен д1айолаялийтира, амма шовданехьа схьа ца хьаьвзира. Ма¬шен лаьллина, дукха чехка ц1ехьа вахара...
Ца кхеташ, масех минотехь лаьттира Лайса. Иза юха ца вирзира. Д1авахара. Кхин садетта де дацара йоь1ан. Цхьан тамашена ц1е хьаьрчинера доллучу а дег1ах.
   Геннара  д1а б1аьрг тоьхча б1аьргашна хьалха гуш цхьа лекха мокхаза берд бара. «Маржа я1, со цу бердана буьххьехь йоцу! Ма хазахеташ, йоккхаеш чу кхоссалур яра со цу буьххьера» — сонта лаам беара йоь1ан даг чу. «Х1ан-х1а, де дац сан цу буьххье яла. Ницкъ тоьар бац».
Юха а дагадеара цунна цкъа а дагара ца долу и довха б1аьстенан де. Накхарий. Цара юнаш йиттина, отий чу иккхина Ибрах1им...
   -  «И х1унда ди ахь, Ибрах1им?»
   - «Ма хьийзаде вайшиммо вовшен? Вовшахкхета вайшиъ кханнехь?»
   - «Цкъа кху чуьра арадала вайшиъ»       
   - «Собар дехьа, Лайса! Делан дуьхьа ма яла кху чуьра ара, хан а йиллий бен! Маца йог1у хьо соьга?»
   - «Хаац, дитахьа, арадалий вайшиъ кху чуьра?! Гурахь деш ма хуьлу наха ишттаниг».
   - «Хилахь, маца? Дукха гена ма титтахьа, Лайса!
    - «Ноябрь беттан дуьххьарлера оршот».
Садаьхьча санна, х1умма а ца тергалдеш, оти чу яхара Лайса. Цу чохь, дахалла д1атоьхначу у т1ехь банки чохь щавелан олу кислота дара. Накхаршна молханаш еш кислота. Иза д1овш ду аьллера Салмана. Лайса ларлора цунах. Шен куьйгах а ца хьакхаболуьйтура цуьнан т1адам. Х1инца йо1а иза схьалехира. Цу банки чохь йолчух шен доьхна д1адаханчу дагна молханаш долуш санна хийтира йоь1ана. Сихха д1адаьккхира цу т1ера нег1ар,  банка шен карара цхьаммо д1аяккха г1ерташ санна. Сихъелла, шозза боккха къурд бира. Кхин ца бабелира. Карара банка, охьайоьжна, йоьхна д1аяхара. Ангалешна улло меллаша ша а охьалахъелира...
     Спутникан телефон еара Маскайо шозлаг1чу дийнахь. Ибрах1има б1аьрг та1айра банкире, шаьшшимма селхана бина барт карлабоккхуш.
     Д1а ца лора Лазарь Моисеевича спутникан телефон, д1а ца йоьду шеен, бохуш. Маскайо иза сих ца вора, телефон д1а мА яхханехьа шена ткъа миллион доллар охьадужур ду моьттуш, дог-ойла айелла вара иза.
     Цхьа юкъ еара Маскайна телефон ларьеш ор уллохь латта к1ордайна. Иза дара Ибрах1имна оьшург.
     Сихха телефонан трубка каралаьцна, масех шена дагайог1у номер т1ёета1айра цо. Маца а цхьана номерехь жоп делира. Ибрах1има сихха Солтабек вехапчу юьртан а, цуьнан ц1е а, фамилии а д1айийцира, цу адресца схьалаха ша а, шеца бьлу накъостий а, аьлла.
     И хаам шена ма хеззинехь Тарзан волчу хьаьдира Расул. Хеара, ша яхье ваьккхича цо накъосталла дийр дуй. Цул сов, т1ом ма баьллиехьа шен г1ерах дуккха а кегийнах а тоьхна, йоккха отряд яра цуьнан. Дудаевс инарлин дарж  а деллера.
     Буьйсанна керта лилхина, Сотабек хьалха а ваьккхина, ор улло кхечира Тарзанне, Расуле, цаьршинца иттех т1емалой. Сихха хьалабехира ор чуьранаш. Банкир-м кхеташ а вацара хуьлучах. Цхьанххьа а ма вига, ма ве ша, ахча кестта хирдолуш долуш ду, бохуш мохь уьхура цуьнгахь. Дийцарх иза тешар а ца хилла, Ибрах1има шен к1анте Расуле куьйгаца д1акъовлийтира цуьнан маж яьлла бат.
     Ц1а бига кхераме долу дела, аренца цхьана юьрта гергарнаш болчу бигира Расула к1елхьара баьхнарш. Самукъадаьлла бара берраш а, цхьа банкир воцург. Иза ца тешара ша х1инца цхьа а доллар а, цхьа а сом а доцуш, к1елхьараваьлла бохучах.
     Цхьана дийнахь банкирна Лазарь Моисеевична т1аьхьа баьхкира БТР чохь. Цхьана масех федералин эпсар а вара. Мел ахча делла ша к1елхьара воккхург, бохуш, хоьттура банкира. Халла бен ца тийшира иза ша х1умма а доцуш к1елхьара ваьлла бохучух.
     Банкир новкъа воккхуш, Г1алг1айчоьнан дозане, Слепцовске веара цуьнца Хьасанне Ибрах1имме.
     Цхьана хенахь Лазарьре Ибрах1имме машена чохь шаьшшиъ виссира. Ибрах1имна хетара, банкир ахчанца хилла ца 1аш, вуьшта политикайца а яккхай таронаш йолуш къонаха волуш санна. Иза шек вацара банкиран доллучу а дуьненчохь блчу жуьгташца а, церан юкъараллин организацешца а цхьацца з1енаш хирг хиларх.
     - Лазарь, - к1орггера къамел дан дагахь т1евирзира Ибрах1им бапнкирана.
     - Х1у боху ахь? – дуьхьалвирзина, Ибрах1иман б1аьргаш чу хьаьжира иза. Йоккха баркаллин йовхо хаалора цу б1аьргаш чохь.
     - Со ца кхеташ цхьацца х1уманаш ду кху дуьненчохь. Угаре а хьалха – х1унда бац адамашна, къаьмнашна юьккъехь барт? Мила ву и цим лелош верг? Дуккха а наха, царна юьккъехь 1илманчаш, яздархой, политикаш – жуьгтий бехке бо. Бакъ дуй иза?
     Лазарь Моисеевича г1ехь хан ялайтира, жоп ца луш. Цо ойла йора, шеен жоп кхачам боллуш хилайта.
     - Гой хъуна, Ибрах1им, Мохьмад пайхамар д1акхелханчул т1аьхьа цуьнан угаре уллорачу накъосташа а ма бина вовшашца т1емаш, хьалхе къуьйсуш. Царна юьккъе цим тийсинарш жуьгтий ма ца хилла. Адам шина декъехь ду. Иштта кхоьллина Дала. Цхьа дакъа ийманехъ ду, важ дакъа - акха ду. Вайшинна мел лаарх дуьненчуьрчу адамийн  амалш хийцалур яц я вайшинга а, я вайшиъ санна болчу миллионашка а. Дистина, севсана дог1у хи сацо атта дац, амма иза жимма д1асадерзо ницкъ кхочу. Иштта 1алашонаш лаьцна инзаре дукха ахчанаш долчу наха.
     - И нах жуьгтий бац ткъа? – хаьттира Ибрах1има.
     - Жуьгтий бохург а шина декъе декъа мегар долуш ду, - жоп лора Лазарь Моисеевича. – Цхьа дакъа – этнически. Важ дакъа – социальни. «Этнически»  бохург кхеташ делахь, «социальни» бохург х1инца а теллина дац. Ишттаниг толлучарна 1илманан даржаш ца ло.  И дакъа, эр вай церах прагматаш,  хьалхадаьла дуьненан доккхачу декъехь. Америка а, Европа а д1алаьцна  цу кеперчу финансисташа, коммерсанташа, ахчанах ахча дечу наха. Уьш бу дуьненчохь тахана политика еш берш. Муьлххучу а пачхьалкхенан мехкадаьттанна, я кхидолчу хьолана т1екхача шайна лиъча т1ом болабо цара, цхьаннех а эхь а ца хеташ.
     - Цу доллучух а вай кхета, - юкъараваьккхира Ибрах1има банкир. – Дуьненчохь глобализм х1отто г1ертар а цу наха ерриге а дуьненчуьра коьрта экономика шайн краерзо г1ертар дуй а дика хеа нахана. Вуьшта, итайпа политика, и т1емаш дикачу аг1ор ма ца доьрзу. Хьуна моьттарий хьуо цу т1амо иштта тешнабехкаца юьккъе озор ву? Хийла бехкбоцу стаг дакъаза ма воккху цу мекара политикайцо. Дала магайтур ма  дац ишттаниг. Я и ахь буьйцу нах, парагматаш, Делах ца теша? Делах ца тешачу нехан кара доьдуш ду хьаьвззина х1ара дуьне? Я шаьш деланаш хила г1ерта и нах? Суна хеа, вайшинга ваьшшинга х1умма а нислур дац. Цундела цхьа дуьненаюкъара конференции, я горга стол е вай и х1уманаш ма-дарра а дуьйцуш, хабаршка а дерзайцна, пайдабоцчу даха а ца г1ертош, х1инццалц деш ма  хиллара?
     - Со реза ву, - сихха жоп делира Лазарь Моисеевича. – Телефонаш вайшингахь йолуш ю. Барт хир бу вайн.


       Кхоччуш марсадаьллера ловзарш. 
       Соьлжа-г1алара КГБ начальникан да Гаджиевий, кху районера йоккха стаг Зайдаший дара хелха долуш. 
     Зайдаша, районера дуьххьарлера комсомолка ю бохуш дукха берашна коча ц1ен галстукаш хьерчийнера, дукха комсомольцашна билеташ д1асадекънера. Ткъа Гаджиев, х1ета а вета а, вевзаш, сий деш стаг вара. Тахана а яра иза валош леррина еана «ЧИС» —  сери йолу, 1аьржа «Волга».
Хелха дуьйлура Рахьиммий Зайдашший х1инца пхийттара даьлла долуш санна. Бухь буьйг1ура Гаджиевс, г1абалин т1ам шершабора Зайдаша.
 Там хилла, г1адбахана т1араш детташ лаьттара Рахьиман к1ант Василий, милицин начальник Шордуй,  райисполкоман председатель Хатуеввий. Хансолтиний Къосуманий уллохь, уггаре а еза кечъйинчу х1усамашкара арабевлла лаьт¬тара Соьлжа-Г1алара хьалабаьхкина хьаькамаш. 
Еттара вота. Лоькхура пондар. Деттара т1араш. Рахьим т1аьхьа-т1аьхьа дика волура хелха. Хетара, иза доггах кхоссавелча мархашка хьалаг1ур волуш санна. Зайдаш а хьийзара, даьндарг санна, х1инццалц ша дуьненчохь яьккхина хан кху дийне кхача г1ерташ яьккхича санна.
Лоькхура пондар. Еттара вота. Деттара т1араш. Ловзаран г1овг1а йоллучу а Нохч-Г1алг1ай чохь д1ахезара. Цу ловзаран г1овг1ано меттаха ваьккхина, чуьра аравелира Салман.. Г1овг1а дукха генара, охьенгара хьалахезара. «Х1ара ма онда х1ума ду. Ма доккха ловзар ду цигахь дерг» - ойла йира  директора.
Цуьнан б1аьрг кхийтира йиллина лаьттачу отин не1арх. Иза цу чу вахара.
...Ц1енкъахь 1уьллура Лайса.
— Лайса, Лайса!!! — т1екхийтира иза йо1ана. 
— Лайса! Лайса!! Лайса!!! Ахь х1ун до?!! — маракъуьйлура Салмана йо1.
        Иза йист ца хуьлура. Араиккхира Салман, йо1 мара а йоьллина. Орца дохура. Амма цуьнан мохь цхьанна а ца хезара. Дерриге а, массо х1ума а къорадолийнера охьара хьалахезачу ловзаран г1овг1ано.
«Банга-банга-бигар» — етталора вота. «Ц1ай-ц1ай- ц1ай-ц1ай» — эт1ара пондар. «Г1арс-г1арс-г1ирс», «ч1алх-ч1илх-ч1алх-ч1илх» — хезара мачийн, жир1аннйн, т1аранийн г1овг1а.
  Ша цхьаъ вара Салман инзаре даккхийчу лаьмнашна юьккъехь карахь кхетамчохь йоцу Лайса а йолуш.
Кхоччуш халчах1оьттинера Салман.
Йо1 а эцна, цхьана лекхачу гу буьххье волавелира воккхастаг. Ловзаран г1овг1а д1ажимъялаза яра иза цу буьххье кхочуш а. Кхузара д1а ерриге а Нохч-Г1алг1айнчоь а гора.
Меллаша шена хьалха лекхачу беццарчу бай т1е йо1 охьайиллира воккхачу стага. Б1аьргеха уьху хиш озачу беснеш т1ехула, к1айчу можа т1ехула охьа1ийдалора. Йоь1ан корта шен кара а биллина, шен хих дуьзна б1аьргаш стигал хьала хьажийра цо:
— Х1ай веза Дела, воккха Дела, кхин х1ун ду техьа ахь суна хьайгара кечдина? Мича 1алашоне кхачош ду-техьа ахь  тхо? Ахь дечунна реза ца хилча-м ца довлура тхо кху харц дуьненахь а, кхана кхочу долчу бакъ дуьненахь а, вуьшта, х1ун г1уда хилла-техьа хенан к1оргенехь тхох хьарчинарг?
Тоьар яцара-техь, х1ай веза Дела, ахь тхан къомана хьалха х1итто яккхий киртигаш? Кхин стенца тхо зер дисина-техьа хьан кхочушдаза? Дерриге а ма лайнера оха иманах ца довлуш, яхьах ца духуш…
 Г1азотехь, т1амехь эгарх, мацалло, цамгаро хедорах, йоцу ц1е тиллина, сий дайина хьийзорах, хьох болчу тешамо, безамо х1аллак ца хуьлуш таханенга ма кхачийнера тхо, х1ай веза Аллах1-Дела! Х1унда хьегадо-техьа ахь тхо тахана а кху мерзачу дахарх, кху башхачу дуьненах? Х1ун Йилбаз  ду техьа, х1ай веза Дела, тхан ц1ийх, тхан сихойх доьлларг, шен ямарт, къиза ницкъ алсамбаьлла хьан къинхетам тхоьх д1акъахкийнарг?
Мохо кхин а алсам ядийна, лома хьалакхачийра ловзаран  г1овг1а. «Банга-бигир — банга-бигир — банга-бигир — етталора вота. «Ц1ай-ц1ай — ц1ирлакун — ц1ай-ц1ай» эт1ара пондар. «Г1арс-г1ирс — г1арс-г1ирс; ч1алх-ч1илх — ч1алх-ч1идх» — хезара мачийн, жирг1анийн, т1аранийн г1овг1а. «Орс! Орс! Орс-ва-а-а-й!» — маьхьарий деттара кхоччуш ловзаро г1адбахайтинчара.
Цу до1ийна Дала жоп делча санна, марсадаьллачу ловзаран г1овг1а д1атийра. Ладоьг1начахь, 1адийча санна диссира дерриге  а дуьне.
Цу минотехь Салманна уллохь машен сецира. Охьаиккхира Ибрах1им:
     - Х1у хила? Лайса яц иза? Х1у хила цунна?!!
     Салман вист ца хилалора. Легашкахь шед бара. Беснешт1ехула, 1овраш санна, хиш уьдура.
    - Лайса! Лайса!!! – дай куьг хьаькхира Ибрах1има йоь1ан бесне т1е. Йо1 кхетамчу еара.
    - Ибрах1им…
    К1антана Салманах эхь хийтира.
    - Х1ай, веза Дела, сийлахь Дела, воккха Дела!!! – Хастам бу хьуна! – мохь туххуш велха вуьйлира Салман. – Совбаккхалахь хьайн къинхетам кху кегийчех мукъа. Ма гайталахь кхарна айхьа тхуна гайтинарш.
    Кхи Деле х1умма а деха ницкъ а ца кхаьчна, къевллана марадоьллира цо Ибрах1имме Лайсай, массо а вочу х1уманах ларда г1ерташ санна.

     - Шуьшиъ х1у дуьйцуш вара цу машена чохь? Ахча доькъуш-м вацара шуьшиъ? – ша забар ечаха хаьттира Хьасана Ибрах1име шаьшшиъ Слепцовскера юхавог1уш.
     - Цуьнан ахча-м ца оьшура вайна. Дагаволуш варакха, кху дуьненчу цхьаботлчу наха даржош долу талу д1а муха жимлурдаратехь, бохуш.
     - Т1аккха, д1ажимдинна аьшшима?
     - Цхьа нах вовшах а тоьхна, дагадевр ду, аьлла барт-м хили тхойшинан.
     - Нах, нехан нах вовшахбеттарх вайн къоман х1умма а нислуд дац вайн вешан вовшашца барт ца хилча. Мацах цхьана эрмалойн элайо аьлла боху, шина эрмалочун барт хилча дерриге а дуьне доладоккхур дара, аьлла. Х1инца эрмалойн а барт бу, жуьгтийн а барт бу, Европехь керстанийн а барт бу, бусалбанийн барт бац.
     - Миллиардаш бусалбанаш-м х1унда буьйцура вай, цераха цхьа миллион бен боцчу нохчийн а бац барт вовшашца, - г1ийла велакъежира Ибрах1им. – Хетарехь, тайпа-тукхамех къам хуьлучу муьрехь кхеташ цамгар ю иза.
     - Вайх кхеттарг-м яхъелла иза.
     - Яхъелла вайн экономикайн, производствойн структура д1анисъелла ца хиларна. Вайн экономика - каеттар ма ю. Каеттачу нехан цкъан а ца хуьлу барт, уьш вовшен багара яха г1ерта. Проризводство хилча г1уллакх иштта хир дацара. Производство садам оьзда кхиадо, церан вовшашца къийса х1ума дац. Хьанала технически интеллигенции кхуьу, шаьш даьккхина хъьанала ахча шайн доьзалшна чу а хьош. Т1аккха церан шайн доьзалшна дов а деш, уьш нийсачу новкъахь кхио а аьтто хуьлу.
     - И нийса боху ахь, - сихха реза хилира Хьасан. – Х1инца доьзалш кхобуш берш базаршкахь лаьтта зударий бу. Боьршачу стеган деш сий дац вайн республикехь тохара коммунисташ болуш доьнна а. Х1етахь вай царех шабашникаш бинера, х1инца – маь1-маь11е хьанал а, хьарам а бен а ца еш, каеттарш.
     - Цул сов, х1инца х1ара д1адерзахь а Москвана луур дац вайн экономикайн бух ч1аг1бала. Вай  юха а Россех д1акъаста г1ертар ду, бохуш дагахь хир ду царна. Кху чохь юх-юха т1емаш хьийзахь а – и дуккханна а луу дерг ду. Церан ч1ог1а самукъа ма долу кху чохь сих-сиха асарш а деш, уггаре а доьналлехь болу, тоьлла к1ентий х1аллакбеш, - гуттара а санна, г1айг1ане дара Ибрах1иман къамел.
     - Аьлла бохукха нохчочо, шега хьо мича нацеха ву, аьлла хаьттича, «декъаза наци».
     Г1ехь хан елира ши накъост кхи вовшашка вист ца хуьлуш, ойланаш еш вог1уш.
     - Доцца аьча, заводаш, фабрикаш, производство, нахана белхаш дан меттигаш хуьлий – вайх къам а хир ду, вайн къомехь кхетам а хир бу. Ца хуьлий – вайн мел сийлахь спортсменаш, бийцаре баьхна яздархой, хабаршна шера политикаш, инзаре майра т1емалой хиларх, вайн мохк декъаза болчуьра бер бац. Вай 1ехор ду шовинисташа а, сионисташа а, шаьш ловзочу политикехь вайх тайнигаш а еш. Кху Кавказе г1ертачара Америка а соцур яц, цим туьйсуш, я борша боцчу 1аьрбашкара а, туркошкара а вайцна г1о- накъосталла а хир дац.  Вай 1ийр ду, вовшин пехаш а дууш, вовшех даша а ца дешаш. Стаг волчу стаге дан кхи доккха вон а ма дац ша-шех цавашарал доккха.
     - И сецна бакъдерг ду, - реза хилира Ибрах1им. – Цхьаболчеран г1аланаш ирах-м уьхур ю, амма г1ийлачарнай, хьолана хьерабевллачарнай юъккъехь башхалла йоккха мел хили а къомехь вас хир ю. Вай 1емана ма дац цхьаблчарех элий а бина, лай а хилла цаьрга бухара хьалахьежа.
     - И «элий» а шайн хьанала  даьхний  гулдина элий а боцуш, нехан ц1ий 1ийдина къуй-элий хилча бохий ахь?
     - Дера боху.
     - Собар ду вайн нахехь. Собар кхачайчи карайна собар – нохчалла ю аьлла а ду. Вуьшта, гуттара а и собар кхачо г1ерта ма ца веза. Массарна а бале ма долу и т1аккха.
     - Вайн-м, Хьасан, хир барий барт а, ц1ано а, шалхонаш а д1аевр яра, и коррупции боху х1ума Москвахь а, йоллучу Россехь а закон а хилла д1ах1оьттина яцахьара. Вайн кхечу пачхьалкхешка 1ен-баха д1абахана нах мел цецбуьйлу цигахь долчу низамна!
     - Дера, Ибрах1им, Росси ц1инъяллалц бохуш вай 1ахь, вай ваьш дахкалур ма ду кестта. Цундела цхьа барт а хилла, ойла ян еза вешан хиндолчун: вай ваьш йо вешан кхел, д1анисбо вешан кхоллам, я вайх х1у дан деза, вайна кху дуьненчохь х1у меттиг кхачо еза,  вешан лулахоша а, мостаг1ша а къастадо.
     - Кхолаг1а некъ бац, вай мел дукха дийцарх а, къийсарх а. И къастам бу-кха Дала а, Кхолламо а вайн къомана тахана хьалха билланарг.

**
        Цул т1аьхьа к1ира а, бутт а, ахшо а, шо а делира.  Банкиро Ибрах1име кхи телефон схьа ца туьйхира. Ибрах1има хьовзайнарг схьа а ца ийцира. Сиха дицделира цунна ор чуьра хьалаваьлча шена дина накъосталла а, шаьшшинан хилла барт а.
        Гарехь, цунна кхи х1умма а ца оьшура нохчашкара, ша шен хьола т1ехь парг1ат 1адда витичахьанна.
        Гарехь, иза дика ца кхеттера ор чохь дуьненчуьра дуккха а адамаш а, къаьмнаш а хиларх а, цхьана наха х1инццехьа вовшах а кхетта г1айг1а беш ца хилча уьш цу чуьра цкъа а шаьш-шаьш хьаладевр цахиларх  а.


 














Собарца, ийманца халонаш т1елаьцна,
Ца бохош Нохчаллин, оьздаллин мах,
Г1илачийн сий дина, элашна ца баьцна
Болуш бу Нохчийчохь нах болу нах.

Ахчанах я даржах шайн сий ца доьхкина,
Заманаш мел керчарх, ца лийна харц,
Сатоьхна, къурд бина, Нохчаллех ца боьхна,
Бехаш бу Нохчийчохь нах болу нах.

Дела цхьаъ  винчеран сийдолу т1аьхьенаш,
Исторехь деналлин йитина лар,
Шумерин генара шайн ц1ийца эс лардеш,
Болуш  бу Нохчийчохь нах болу нах.

Делера Нохчалла заманца ца хадош,
Мел беза х1отторах цо шайна мах,
Нохчаллин ийманца, Нохчаллин беркатца
Бехаш бу Нохчийчохь нах болу нах.
 
Хьарамчу  ахчанах шайн сий а доьхкина,
Эхьечу осаллех кураллаш еш,
Кхахьпаллех  х1онс йина, сийлахь къам бехдина
Хьийзаш бу Нохчийчохь нах боцу нах.

Г1илачийн ц1ий 1уьйдуш, тоьллачех ийзалуш,
Мотт хьоькхуш, лайш хилла лардеш шайн дарж,
Болх бечу меттана къолаш дан 1амийна,
Хьийзаш бу  чинушаш, нах боцу нах.

1илманчийн, 1еламчийн ц1ераш а лелош,
Шайн къоман са дакъош лела цхьа нах.
Г1ерта уьш суьрташца, аьшпашца т1еховша
Ши шай а мах боцу нах боцу нах.

Шаьш мел ца леринарш  осала базбина,
Лахбеш шайн историн, шайн динан мах,
Лела уьш совг1атех, мехцалгех сатесна
Нохчалла йоьхкина нах боцу нах.
 
Хьанала къахьега аьтто а ца нисбеш
Д1атесна шайн г1ийла, шайн миска нах,
Хабаршца базбелла, ахчанца совбевлла
Хьийза  кху  Нохчийчохь нах боцу нах.

Йог1ур ю цхьа зама – нийсонан цхьа зама
Дала ша къестабеш бен-башха нах.
Сийдина, айбина, декъалчийн шен дарже
Кхачор бу Аллах1а нах болу нах.

Делах а ца тешаш, вовшех а ца бешаш,
Дукъийна тешхачу  хьоло шайн са,
Хьарамчу г1аланех к1арлаг1аш таръелла,
Буьссур бу заманца нах боцу нах.

Т1аьхьенаш дебар яц нах боцчу цу нехан.
Саьхьарло хьербаьхна, уьш буьгур ю.
Оьздаллин 1аьнарца Нохчаллин яхь ийна,
Даймахкахь нах болу нах бехар бу.



 

    С-Хь. Нунуев
    г. Грозный
    Чеченская республика