Даймохк! – аьлча, т1аьхьадог1у дош -
Х1ора-х1ора кхетамехь.
Сан Даймохк бу - бепиг лоьху нах,
Бераш кхио Лаьтта т1ехь.
Сан Даймохк бу - бепиг доцу нах,
Буззалц даа Лаьтта т1ехь.
Сан Даймохк бу - къинхетаме нах,
Вовшашна берш орцанехь.
Рицкъа лохурш - кхералуш Делах,
Шун доцург шайн къадуъчехь.
Ишттачарех нахах Нохчийчохь -
Кху дуьненан ц1онганехь…
@